VI
Гиххоша гIопахь уггар лакхара хьаькам лоруш волу Сергей Петрович Покровский поручик бен вацара. Цо куьйгалла дора гIарол тIехь. Ламанхой тIелатарх гIап ларъяран гIуллакх чIогIа мехала хеташ вара инарла Невельской. Кхузахь хьовха, хIокху берриге а ламанан махкахь а боккъалла а волу коьрта хьаькам вара иза. Цуьнан гIуллакхаш дукха хуьлура. Наг-наггахь бен ца нислора инарлин гIопа вар.
Декхна деанчу цхьана гуьйренан дийнахь Терка агIорхьара схьабогIучу новкъахула гIопа чу юьйлира дошлойн тоба. Царна юкъахь вара гIеххьа хан яьлла волу инарла Невельской а. Бухарчу эпсарша хьалххе цунна лерина цIа кечдинера. Веза хьаша хIоразза а оцу чохь соцура. Цундела гIопан бахархошна юккъехь «инарлин цIа» аьлла цIе а яханера цуьнан. Эпсаршна дуьсуш дерг чоьнаш цIена латтор а, оьшучохь бIаьрган Iуналла дар а бен кхин хIумма а дацара.
Ша схьакхаьчна ши сахьт а далале, эпсаршка кхайкхира инарлас. Ткъа уьш верриге а иттех стаг вара. Чохь гулбеллачарна Невельской мелла а гIайгIане хийтира. Цу тIехь эпсарш гал а ца бевллера. Иза чIагIдира инарлас дIадолийначу къамелан юьхьиго.
Инарлас резавацарца бохура:
- Нохчийчохь вайн гIуллакхаш дIадоьлхуш дац. Цхьана меттехь когаш бетташ лаьтта. Лаьмнашкахь хьовха, охьенца бехаш болу ламанхой а бац паччахьан Iедална муьтIахь. Кестта кхузахь гIазот кхайкхош, имам вер ву боху хаамаш кхаьчна сардале. Ткъа шуна хаьий и хIун ду? - гулбеллачарна тIевирзира Невельской. Чохь тийналла хIоьттира.- Ас дуьйцур шуна и хIун ду,- бохура инарлас- И бусалба динан дайша вайна кхайкхош болу тIом бу. Тоьпан молха санна, лелха кийча йолчу ламанхойн ярташна цхьа суй тоьур бу герз а карахь гIовтта. ГIопашна чу а лечкъина Iерах гIуллакх хир дац.
- Пурба ло вистхила... Iаламо ша ламанхошна еллачу чIагIонашна-хьаннашна-Iинашна хIун до вай? - хаьттира цхьана эпсара.- Эскарш тIе ца дахало ишттачухула. Ткъа кIезиг болчу ламанхоша хьаннашца баржа а баьржий, хIора дитта тIехьара, коьллаш юккъера герзаш детта, хьерабевлча санна...
- Цуьнан ойла а йина оха,- юьхь екхаелира инарлин,- Хьун хьакха еза.
- И хьаькхана маца вер ву? - къар ца лора тохарлерра эпсар. Невельской вистхилла валале, шена дош доьхуш
хьалагIаьттира поручик Покровский. Невельскойс пурба луш куьг ластийра.
Покровскийс, сихваларна дешнаш а кегдеш, эккхийтира:
- Хьун ерриге а хьакха ца оьшу... Вай дечиг доккхуш дац. Хьаннашна юккъехула нохчийн яккхийчу ярташна тIедоьлхуш долу некъаш даьхчхьана... Ас ишта кхетадо-кх и... Бехк ма билла...
Невельскойна тайра къоначу эпсаран къамел. Цо элира:
- Поручик нийса кхетта. Хьем ца беш, дIадоладе кечам бар. Билгалъяха меттигаш... Дагарш а хилийта. Дустош долу стерчий санна, деш-дуьтуш а доцуш лелачу салташна бан болх хир бу хIинца. ГIайгIа бе, нохчий вай лелочунна тIе ца кхиийтарна. БегIийла хир ду, Iаьнна дечиг кечдеш бу аьлла хабар хецча... Ойла е, ойла е, господа эпсарш...
ДIасабухучу хенахь Покровскийга тIаьхьасацар дийхира инарлас. И шиъ шаьшшиъ висира.
- Доллучунна тIехь а гуш ду, хьо хьекъал долуш эпсар хилар,- дIадолийра инарлас- Суна беза ишттанаш... Хьо муьлхачу декъехула гIуллакх деш ву гIопахь?
- ГIаролах жоп луш, хьан сийлахь-воккхалла,- дегI нисдеш дIахIоьттира поручик.
- Охьахаа, охьахаа,— куьг тесира инарлас— Ламанхошца йолу юкъаметтигаш муха ю шун?
- Цкъачунна - машаре, хьан сийлахь-воккхалла.
- Цкъачунна,- дахдеш элира инарлас- Дукха лаьттар ду аьлла хетий хьуна иштта хьал?
- Кхузара гена йоццуш йолчу юьртарчу бахархошна гергарло деза вайца,- ойланашка велира поручик.- Махбан гIопа а богIу уьш. Цигара цхьа моллий, хьал долу наххий хилира дукха хан йоццуш со волчохь... Вайн Iедал дIакхехьа реза бу уьш юьртахь...
Лерина ла а доьгIна, инарлас элира:
- Вай цунах ледала мегар дац. Ахь мел кхабарх, хьун йолчухьа хьоьжу борз. ХIара акхарой озалуш цхьа хIума бен ца тосаделла суна - ницкъ. Тоьшийла йолуш нах бац. Шайн аьтто баьллачохь тешнабекх бийр болуш бу.
- ГIопан гIаролах дахка а чекхбер бац-кх хьуна, хьан сийлахь-воккхалла,- тешам белира поручика.
- И дика ду,- кIеда вистхилира инарла.- Амма вай хIокху махка деана гIуллакх ха дарна тIехь чекх ца долуш, яккхий Iалашонаш йолуш ду. МостагIчуьнца машар леха ца беза, мостагIчуьнца тIом леха беза. ТIамехь бен ца боккху толам. Ткъа вайна оьшург билггала толам бу, ламанхошца долу гергарло а доцуш. Халахеташ делахь а, вайн цхьаболу эпсарш ца кхета цунах. МаслаIат дан гIерта иза хила йиш йоцчарна юкъахь. Оцу ойланех къаста веза уьш шеца ерг. Эпсаран декхар - тасадаларш, верваккхарш... Цигахь бен гучу ца йолу цуьнан къонахалла, доьналла, Даймокх а, паччахь а везар. Цунна билгалвала, лакхахь лаьттачу хьаькамийн тидам тIебахийта меттиг тIамехь йолу. ХIинца дуьйна дIа ас лерринчу тергамехь латтор ду хьан гIуллакхаш. Вуьтур вац сайн верасаллах ваьккхина...
И сахьт дара Покровскийс хIокху тIаьхьарчу кхаа шарахь лардинарг, сатийсинарг, герга гIиртинарг.
Исбаьхьчу Петербургехь дIадоладелира кхуьнан тIеман гIуллакх дар. Масех юрт шайн долахь а йолуш, хьал долуш нах бара ПокровскийгIар. Курачу ойланаша кийра буьзна вара жима стаг Сергей Петрович. Ша столице дIа ма-кхеччинехь, когашна хьалха оьгур бу моьттура цунна кхузара уггар хаза мехкарий а, зударий а. И тешам чIагIбора къоналло а, кисанахь деста а дистина доллучу ахчанан бохчано а. Къеггина догучу стогарийн серлонашца, тIулг биллинчу тротуарашца, шампанскин тIассийн лелхаршца тIеийцира хIара йоккхачу гIалано. Карийра дуккха а доттагIий, бевза-безарш... Яцара зударийн къелла а. Хелхарш а, чагIар мийлар, кехатех ловзар, къайлах зударшца цхьаьнадет-тадаларш — оцу керлачу дахаран кIуркIманино шена чуийзавора жима стаг.
Дас муьлххачу а цхьана пачхьалкхан балха хIоттар тIедиллинера кхунна. Амма кIант эпсар хила лууш вара. ТIемалочун духар а тIехь стаг гича, бIаьрг белалора цуьнан. ХIокхунна керла бевзинчу доттагIашна юкъахь ши-кхо эпсар нисвеллера. Цара IIокровскийна дош делира, хIара эпсаран дарже а воккхуш, эскаре дIаэцаран гIуллакхе хьовса.
Дукха ца Iаш бохча дуткъделира. ХIинца иштта сирла догуш ца хетара Петербургера стогарш, тротуараш а тохарлерапаш дацара, шампански тIассийн гIовгIа а наг-наггахь бен ца хезара. Нилха белира доттагIийн, бевза-безарийн могIа а. Зударша а ца вевзича санна букъ берзабора. Дерриге а дуьненна оьгIазвахнера жима стаг. Покровский цу кепара де доьхна висча, эскаре хIара дIаоьцуш хиларан хьокъехь хаам бахьаш веара иевзаш воцу дошло. Стиглара Дела охьавоьссинехь а, кхин хетар доцуш, хазахийтира жимчу стагна. Доггах мара а къевлина, лаьттачохь хьовзийра цо кхаъ бахьаш веънарг...
Эскарехь гIуллакх дар кхунна юьхьанца моьттуш ма-хиллара иштта къегина хIума а дацара. Цхьадика, хIокхунна, хьоладайх схьаваьлла хиларе терра, лахарчу эпсаран дарж делира. Мухха дийцича а, иза гIолехь дара салти хуьлучул. Ткъа могIарерачаьргахь даллош дерг цIена Iазап дара. Шегахь долчух тоам беш, IадIер бен дарба дацара царна.
Циггахь эпсаршна юкъахь даьржира, Кавказе паччахьа Екатерина П-чо эскарш хьовсадо боху хабар. Покровскийн кхета-мохь Кавказ дуьненан ялсамане яра. Цу тIе, Петербург хьехмарах а яьллера къоначу эпсарна. Мичча вахана а, кхузара дIагIур волуш вара Сергей Петрович. Маьршачу столицехь къоналлиций, хазаллиций ца даккхаделларг оцу акхачу махкахь акха бехачу ламанхошца бечу тIемашкахь даккха сацийра цо.
Цу кеппара кхечира иза Нохчийчу. Хаза хила а хиллера хIара мокх. Луьста хьаннаш, лекха лаьмнаш, йоьIан бIаьрхи санна цIена шовданаш, чу хьаьжча, корта а хьаьвзаш долу Iаннаш - и исбаьхьа сурт даг чу ца дижа йиш яцара.
Хьалхарчу муьрехь нохчашца тийсадаларш кIезиг хуьлура. Амма хIорш лаьмнашна герга мел гIоьрти, дуьхьало яр чIагIлора. Мичара бевли ца хууш, дагахь доццучохь, яьхна шаьлтанаш а йолуш, лерг Iадош маьхьарий а детташ, чухахкалора ламанхой. Цхьамзанаш долчу тоьпашна дуьхьал шаьлтанаш кхераме-м яцара. Делахь а, ламанхойн карахь буьрса герз хуьлий дIахIуьттура уьш.
Соьлжа тIе кхаьчча, паччахьан эскарш севцира. КхидIа гIерта ницкъ ца тоьура. И дан башха дог доуьйтуш хьалха лаьтташ йолу луьста хьаннаш а яцара.
Кавказе кхаьчначу шолгIачу шарахь поручикан дарже ваьккхира Покровский. ХIинца кхуьнан куьйгаллина кIел гIопан ха дIахьош болу салтий бара. Цаьрца кIоршаме ца хуьлура поручик. Салтичунна тIекховдар цунна сонталла хетара. Шайца дика волу эпсар везавелира салташна. Ала хIума ца дуьтуш, дIахьора ха дар. Цхьа а меттиг ца яьллера салтичо гIарол дIатесна я цунна наб кхетта.
Кавказан ламанхойх дерг нахера бен ца хаьара Покровскийна. ХIинца цуьнан аьтту белира уьш уллора бовза. Вуьшта, цкъачунна церан бIаьхаллин гIуллакхашкахула оен мах хадабойла ца хуьлура. Цундела цхьана дийнахь гIаролехь лаьттачу Савелийс ша волчу а веъна, цхьа нохчи ву эпсар ган лууш аьлча, иза резахиларца вахара цига. Дуьххьара ламанхойх цуьнан къамел тасаделларг Хьату вара. Наггахь долу оьрсийн дош бен ца хаьара ламанхочунна. Покровский халла кхийтира иза ала гIертачух. Делахь а, цул тIаьхьа хIара шиъ цхьаьнаветтавала волавелча, Хьатус буьйцу оьрсийн мотт а шарбелира.
Лерина тергалвора цо нохчи. Кхиа гIертара цуьнан ойланашкахь долчуьнга. Цхьацца нохчийн дешнаш Iамадора. Хьатус шена тIе тидам бохуьйтура гIиллакхе а, къамел дIадахьа а хууш хиларца. Хьатун гIопа лелар алсам мел дели тIекхетара Покровскийн ламанхойх лаьцна долу хаарш. Меттиг йогIура церан хьокъехь поручикан Савелийца къамел тасалуш а.
- Адам массанхьа а ма ду адам, хьан сийлалла,- олура къеначу салтичо. ТIаккха тIетухура:- Ши ког а, ши куьг а долуш.
Инарлица дIаса а къаьстина, схьавеанчул тIаьхьа, цхьацца ойланаш еш Iаш, къеначу салтичун и дешнаш дагадаьхкира Покровскийна. ХIинца церан чулацам керлачу агIор схьабелла-белира кхунна.
- Адамаш хиларх пайда буй,- бохура цо ша-шега,- уьш доттагIашка а, мостагIашка а декъалуш хилча? ХIуъу дийцича а, ламанхой шолгIачарна юкъабоьлху...
Хьатун юьхьсибат дуьхьалхIоьттира цунна. Цуьнан лер, болар, ладогIар. Мел лехарх, кхузахь ламанхочун мостагIалла гучудоккхуш долу хIума ца карадора эпсарна. - БIаьргаш! -дагадеара Покровскийна,- хIаъ, нохчичун бIаьргаш. Атта хаалуш боцу цабезаман суй кхерстара царна чохь. Цуьнан тидам хьалха муха ца бора?.. Бакъ луьй инарла, бакъ луьй.
Буьйса юкъал тIехъяьллера, цхьа ирча гIовгIа а яьлла, поручик самаваьлча. Кхунна тIехь лаьтташ вара воьхна, ша хIун дан деза а ца хууш волу Хьаьрсаниг.- Хьан сийлалла,- къурдаш а деш, бохура цо,- гIаролехь лаьттина вайн ший а салтий ламанхоша...
«Ткъа со хIинца а чIагIвелла ца ваьллера уьш вайн мостагIий хиларан ойланехь,- цIеххьана дагатесира цунна.- Ламанхоша шаьш теший со цунах».