Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

V

Шен бахамца юьртахь гIараваьллера БатIал. ГIизларе а, Гуьржеха а махбан оьхура иза. Бекмарза нахана вевзара кура ойла йолуш а, олалла дан лууш а стаг хиларе терра. Паччахьан Iедалца гергарло лоьхуш а ву иза.

Дешначу стеган санна цIеяхна Хьатун. Кхечу молланашца жайнийн чулацам кхеторна тIехь къуьйсуш а ву.

Ткъа ЦIагари ловзарган жухарг ву. Цунах воьлла иза. Ловзаргахь жухарг хуьлуш волчун цIе ширачу ламанхойн гIиллакхца къайлах латтош ю. Цуьнан юьхь кхечарна ган йиш йолуш яц. Кхечунхьа мухха делахь а, кху юьртахь лардеш дара-кх и ламаст. Туьта-мIаьжиг коьртах а йоьллина, ловзарга юкъаваьлла жухарг ерриге а бакъонаш йолуш вара: шена луъург аьшнаш ван, беламе ваккха, йоI я жеро кхайкхо, метта буьххье еъана забар ян. Хийла стагна новкъадогIура жухарга ловзаршкахь лелош дерш. Амма дан хIума дацара. Цо диннарг ца магийтича ца долура. Бакъду, оьзда а, хьанал а вехаш волу стаг жухаргах кхера оьшуш дацара. Цуьнан ира дош, беламе леларш малончаш, гIиллакхах боьхнарш, осала хIума даьлларш я адамийн амалан кхидолу сакхташ Iорадахарна, уьш емалдарна тIехьажийна дара. Ловзаргахь тхьамда а озалора жухаргах.

Цундела дезара ЦIагарина и гIуллакх. Цуьнан шен кIорггера бахьана а дара.

Поп санна долчу ден-ненан иштта лоха, эгIаза кIант хир ву аьлча, цхьа а тешар а воцуш, дегIана жима, озийна ваьккхича санна вара ЦIагари. И цIе а цунна бераша тиллина ю. Бакъерг-м хIинца цхьанна а дага а ца йогIу, цунна шена а тIехь. Гонахчеран хоийла дацара, мел яхь йолуш, къонахчун дог деттало цуьнан кийрахь. И цунна шена бен ца хаьара. Нийсо езаш а, харцо лалуш а воцчу жимачу стагна бIаьрга ван ца везара пхора зуда санна ге тIе а даьккхина лелаш волу БатIал, кура са долу Бекмарза, оьрсашна хьалха корта бетта оьхуш волу Хьату. Цхьа а ловзар дIа ца долуьйтура цо, царех шен дог ца Iабош.

Тезет дIадаьллачул дикка тIаьхьа, Олхазар волчу веара иза цхьана суьйранна. Къамел хиллачу бохамах лаьцна дара. ЦIеххьана, Олхазарна дагахь а доцуш, ЦIагарис юьхьдуьххьал хаьттира:

- Ден чIир екха еза хан тIех-м ца туьлуьйту техьа ахь?

- Иза билггал хьан вийна хууш ма дац,- ша ца дечунна бехказвала гIоьртира Олхазар.

- Ас гIо дийр ду хьуна иза лохуш,- элира ЦIагарис.

- Муха? - ца кхийтира Олхазар.

- Хьан да паччахьан салташа вийна,- жоп делира вукхо.-Уьш лаьттачу ас вуьгур ву хьо.

- Сайггара и дойла ма яц, баккхийчарах дага а ца волуш,-къадийра Олхазара.

- И санна дерг баккхийчаьрга хоьттуш деш дац, дина карадойтуш ду,- шаьлта хьаькхча санна, хадийра ЦIагарис.

Олхазаран кийрахь бекхаман цIе летира. Цунна эхь хийтира, хийрачу стага шеца иштта къамел дича. «Ян а ю и юьхьIаьржо,- бохура кIентан даго.- Хазахета санна, топ а тоьхна, паччахьан салташа вийна кхуьнан да. Ткъа хIара, кадамаш схьа а оьцуш, маж цаяшар бен, кхин хуьлуш хало а йоцуш, сарахь тхов кIел а воьрзуш, кхачанах а кхеташ Iаш ву. Велла вала со делаI, ма стогаллах воьхна а хилла!» — ша-шен чехавора цо. Схьаэккха доллуш санна, детталора кийрара дог.

- Диканехь а, вонехь а со накъост ву хьуна,- бохура ЦIагарис- Кхана кийча хила. Вайша гIур ву цига... Хьан ден чIир а оьцур ю. Къонахий ду вай я дац?! - буьйсанан тийналлехь буьрса декара цуьнан аз.

Нийсархо дIаваханчул тIаьхьа, вехха наб ца кхеташ, ха хирцира Олхазара. Иштта Iуьйранга велира иза.

Ша Олхазарца дан дагалаьцначун дика ойла йинера ЦIагарис. Хийла кхирстина иза паччахьан салташа Соьлжа тIехь хIоттийначу гIопа гонах. Тергалбина цуьнан бахархой. Евза ха лаьтта меттиг, маса стаг хуьлу цигахь, маца хийцало уьш, хIун герз ду карахь. Дийнахь царна тIекхочийла дацара, бода а болийтина, текхний бен. ТIаккха церан цхьамзанаш долу тоьпаш кхераме яц. Ткъа ламанхойн шаьлтанаша, хуьлучух кхиина бовлале, шайн Далла дуьхьал бохуьйтур бу и копар-керстанаш. Селхана шен устазца Хьажа-Iелица къамел хилира ЦIагарин. Церан юкъаметтигах дерг цхьанна а ца хаьара. Хаийта йиш а яцара. Устаза дихкинера цунна цу хьокъехь дош багара далийтар. Хьажа-Iелас хьехамаш бора:

- Ларлуш хила веза. Вай юьхьарлоцуш долу гIуллакх къайлах ца латтийча, хала хир ду Iалашоне кхача. Нах Iесабевлла. Хьату бохучу оцу боьхачу жIаьло харцдаьккхина бусалба дин. Пазакхашца уьйраш туьйсу. Цаьрца цхьаьна шуьне а хуьйшуш, хьакхин жижиг дуу, стаг кхетамчуьра воккхуш волу испирт олу малар муьйлу. Бекмарза а цо иракара хIиттош лелаш ву. Хезний хьуна, и вирах схьадаьлла вир - БатIал гIопарчу салташца махбан волавелла. Кестта вайн зударий хьаьрса месашший, сийна бIаьргашший долу бераш дан буьйлалур бу. Нохчийн хIу довш лаьтта! - цергаш хьакхийра Хьажа-Iелас.

ЦIагари карзахе хилира.

- Вай хIун деш Iа тIаккха?! - мохь белира цуьнан кийрара.

- Хи тIе а кхачале ца йоху мачаш дIа,- кица далийра Хьажа-Iелас- Вайн хан тIе ца кхаьчна. Ницкъаш гулбан беза. Кестта хир болуш баккхий хийцамаш бу,- аз лахдира цо.- Имам вер ву...

- Дала бакъдойла и! - шен хазахетар ца лачкъийра ЦIагарис. Иза тешара ша хаьржинчу устазах. Цунна тIаьхьа хIоьттина бердах ваха а кийча вара. Жимчу стагна цкъа а диц ца лора дуьххьара шен цуьнца хилла вовшахкхетар...

ДегIана лоха а, эгIаза а хиларал совнаха, букъ кагбелла зара ЦIагари. Бакъду, и сакхт лерина ца хьаьжча хаалуш а дацара. И шен къайле цхьанна гучуяларх чIогIа ларлора кIант. Нийсархошца цхьаьна лийча а ца воьдура, де мел довха дарах. Еккъа кучаца уьйтIа вала а ца хIуттура, гарна кхоьруш. ХIокху доккхачу дуьненахь цхьа нана бен яцара и хууш. Цо ур-атталла дех а хьулдинера кIентан сакхт. Хьанна хаьара, ишта а доьзалхо эгIаза хилар кхуьнан бехкенна хеташ волчу цунна дага хIун догIу а...

Де дохдалале аьлла гIаьттина, стерчилн ворда а йоьжна, эвлах велира ЦIагари. Гихан аьрру агIорхьарачу бердаца хьалавоьдура иза. ТIехьа йисира юьртан бажа бажош йолу тогIи. Луьста хьун яьллачу ламанан басешна тIекхечира. Малх дикка лакхабаьллера. Мангал тоха буц хьийкъина меттиг карийра цунна. Стерчий а гIелделлера. ЦIагарис ворда сацийра. Гонах бIаьрг туьйхира. Са доIу дегI дацара гуш. Стерчий дажийта дIа а хецна, тIера чоа дIа а даьккхина, йол хьакха волавелира иза. Мангал ирбан бен ца соцуш, болх бора цо. Хьацар даьллера. Коч дегIана тIелетара. ДегIана гIийла хетачу кIентан пхьаьрсашкахь дикка ницкъ бара. Кадечу цуьнан куьйгашкахь, бIаьрг тIаьхьа ца кхуьуш, сиха буц хьокхура мангало.

Малх гIушлакхе баьллера, иза садаIа соцуш. Сискаллий, кIолдан мижарггий схьа а эцна, делкъе йира цо. ТIемолуш дерг шовданан хи дара. Иза дIанехьо бухдуьйлура.

Диттан IиндагIехь а ца вуьтура йовхоно. Лийча дог хилира. Новкъа-нацкъара хIумма а дацара. Гиха йисте воьссира иза. ТIера хIумнаш дIаехира. Хи чу кхийтира. Мел там хуьлура дегIана! Доллу хIума дицдина, хи чу ветталуш, корта буха бохуьйтуш, керчаш, ца Iебаш, луьйчура кIант. ТIаьххьара берда йисте хьала а ваьлла, довхачу тIулгаш тIе охьахиира, букъ малхехьа а берзийна. ЦIеххьана шена хьалха доьжначу IиндагIан тидам хилира цуьнан. Сихха тIехьавирзира. Еха кIайн маж а йолуш, цхьа воккха стаг вара тIехIоьттина лаьтташ. ЦIагари холчахIоьттира. Цуьнан къайле гучуелира... Хьала а иккхина, бедарш тIеюьйхира цо. Воккхачу стага бехк баккхарца элира:

- Дала динчух ийзавалар къа ду. Адаман лаамехь дац цуьнан гIуллакхийн мах хадор. Хьо къийлавала оьшуш хIума ца го суна...

Воккхачу стеган оцу дешнаша цхьа боккха синтем беара кхуьнан даг чу, тешийра, тевира. Ткъа вукхо кхин дIа а бохура:

- Стаг кхера оьшург ду: Iеса ойланаш, деган волла,- чIагIдора цо.- Делах ваьлла и хIумнаш шеца дерг...

Делкъал тIаьхьа мангал кара ца ийцира ЦIагарис. Сарралц дахделира воккхачу стагца тасаделла къамел. Цо дийцира кхунна шех лаьцна, ша Далла дечу гIуллакхан хьокъехь. Хиттира хIара цIера мичара, хьенан ву. Хаа лаьара кхуьнан накъостех, церан ойланех лаьцна.

Еххачу хенахь шен нийсархойх а, доттагIех а лечкъийнарг, ма-дарра тахана дуьххьара шена гиначу хIокху воккхачу стагна дуьйцура ЦIагарис. Дагавуьйлура цунах, гIо доьхура шена хьалха хIуьттучу чолхечу хеттаршна жоьпаш лахарехь.

Билггал хIетахь цабезам кхоллабелира цуьнан Хьатуга, ВатIале, Бекмарзе. Воккхачу стага ма-ярра схьайиллира ГЦагарина церан чутухург, цара юьхьарлаьцна некъ.

- Иблиса Iехийна а, цуьнан хьехамашца дIалелаш а нах бу уьш,- оьгIазло кхехкара кIайн маж йолчун озехь.- Керстанаш вайн мостагIий бу. Бусалба нехан хIун гергарло я маслаIат хир ду мунепакъашца? ТIаьхьара зама ю, тIаьхьара зама,- корта ластийра воккхачу стага.

- Муха, хIун дича бакъахьа ду тIаккха? - хаьттира ЦIагарис. Воккха стаг ойланашка ваьккхира оцу хаттаро. Цхьа хан

юкъаюьйлира иза вист ца хуьлуш.

- Бусалба нах гIазотана гIовтта беза,- элира цо. Амма жима стаг ца кхийтира цо аьллачух.

- Стенна гIовта-а? - юха а хаьттира цо.

- ГIазотана - керстанашна дуьхьал бечу тIамна,- кхетийра вукхо...

ДIасакъаьсташ, воккхачу стага тIетуьйхира:

- Цкъачунна вайшинна юкъахь хилла къамел цхьана а дегIана ма хаийта. Сан кост ларде...

Гуьйранна кхеран юьрта а веана ваха хиира Хьажа-Iела, хIетахьлера кIайн маж йолу воккха стаг.

Цунний, Хьатуний юкъара къовсамаш дIабуьйлабелира хьалхарчу дийнахь дуьйна. Хьатус бусалбашна магош дерг Хьажа-Iелас доьхкура, хьалхарчо къобалдийриг вукхо емалдора. Цуьнан а, вукхуьнан а агIо лоцурш нисбелира. Цхьа юрт, гуш лаьтташехь, шина декъе екъалуш лаьттара. ЦIагарис дукха ойланаш ца йира хьаьнгахьа хир вара техьа бохуш. Иза кест-кеста гора Хьажа-Iела вехачу кертахь.

Паччахьан салташа ИсмаьIал а вуьйш меттиг яьллачу муьрехь, чIогIа бале воьжна хьаьвзира Хьажа-Iела. Маьждигехь неIалт кхайкхадора керстанашна. Кхерамаш туьйсура, цаьрца юкъаметтигаш лелош берш жоьжахатехь богур бу бохуш.

Цунах тоам бина а ца Iийра. Цкъа маьркIажа хенан ламаз дина ваьллачул тIаьхьа ЦIагарица къамел тасаделира цуьнан. Вукхо дийцарехь, вийначу ИсмаьIалан кIант Олхазар хIокхунна дика вевзаш а, тIекаре латтош а вара. Хьажа-Iелас генара долийра:

- Нахаца яхь йолуш вуй хIара? - хаьттира цо ЦIагарига.

- Дера, хIинццалц схьа ша осал гайтина-м вац иза,- тешам боллуш жоп делира вукхо.

- И дика ду. Яхь йоцчу кIантах дан хIума дац. ТIаккха ден чIир аюьтург хир яц цо?

- Йитахь тамаша бу.

- Хьайн накъост ву элира-кх ахь иза. Оццул хала киртиг тIехIоьттинчохь цунна хьан гIо эша тарло.

- Со кхетар ву и волчу.

- Бакъ боху. Вай цхьа бусалба вежарий ду.

- Буьйса декъал йойла, сан устаз!

- Хьан а йойла буьйса декъала, сан бусалба ваша... Буьйсанан тийналла йохош Iуьйкъенан боргIал кхайкхира.

Цунна жоп луш санна, жIаьла летира цхьана йистехь. Юха дерриге а дIатийра. Серех юьйцинчу керташна уллохула, бодашкахь халла бен ца къаьсташ, цIехьа вогIура жухарг.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)

Неудачно.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека