Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

IV

Соьлжаца лаьтташ яра четарш тоьхна жима гIап. Масех цIа а дара дIанехьо. Хьалха хIокху меттехь гобаьккхина хьун яра. Иза салташа, хьаькхна, дIаяьккхинера. Гонах саьнгар аьхкинера. Аренан Нохчийчоьнан агIорхьара цунна тIебогIуш цхьа некъ бен бацара. Оцу новкъа вогIура Хьатуй, Бекмарзий. ГIопана тIе кхоччучохь саьнгарна тIехула тиллина дечиган тIай дара. Дийнахь а, буса а и лардеш салтийн ха хуьлура. ТIайл дехьа ма-веллинехь дIайолалора гIап. Цкъа хьалха гучудовлура ха дIахьош болчу салтийн, царех цхьаболчийн доьзалш а чохь Iаш долу поппар хьаькхна цIенош.

Шаьш долчу агIорхьа схьавогIу ши бере хьалха къоначу хьаьрса кIуж болчу салтичунна гира. Воккхах волчу шен накъостехьа а вирзина, цо кхоьссира:

- ТIуьсигаш яьшна хьан хьеший богIу хьуна.

Цу хенахь Савелий, хьаьжкIин якъаеллачу луьйдигна юккъе томка а доьхкина, и хьарчош воллура. Вевзаш волчу цхьана ламанхочо Iамийнера цунна иштта цигаьрка ян. Ткъа иза кIур ца боккхуш тIекIел ши сахьт даккхалуш воцчу Савелина доккха гIуллакх дара, хIунда аьлча, кехат наггахь бен нислуш цахиларна. Луьйдигийн къелла цкъачунна кхузахь яцара. Талха а ма ца телха уьш. Дика якъа а йина, тIуналла тIе ца кхоче дIаехкичхьана, дехачу Iаьнера а йовлу.

Чуозош, боккха кIур а баьккхина, дуьхьал вистхилира Савелий:

- БагIахь, хьаха, бу вай тIеоьцур. Цхьа адамаш ма ду вай, цхьана стигал кIелхула а лелаш.

Хьаьрсаниг (иштта цIе йоккхура цуьнан накъосташа) кхечу ойланехь вара.

- Уьш боцуш делар-кх вай,- цергашна юккъехула кхоьссира цо.- Шаьш байинчу салтех бIаьрг тоха богIу хир бу-кх... Дош-м дацар-кхи цхьамзана тIе уьш ца боьхкича.

Савелийс резавоцуш корта ластийра.

- Сиха ву хьо,- элира цо.- ТIом лоьхург тIамца вогIу. Иштта церан махка тIе даьхкинарш вай ду.

- Хьоьга хаьттича-м, вай Кавказера дIадаха деза,- къийса-валаран шовкъ йоьссинера Хьаьрсачуьнга.

- ЭхI-хIе, жима къонах,- юха а корта ластийра Савелийс,-хьуна ма моьтту а дац хьуна и.

- Дин а кхин ма ду церан,- къарвала ца туьгура жимха.

- Хилча хIун ду,- бохура Савелийс- Церан Дела а, вайн Дела а стиглахь цхьаьна тарлуш хилча, вай хIунда ца мегалаьтта тIехь цхьаьна?

Дуьхьала ала хIума ца карош, кIелвисира Хьаьрсаниг. Ши бере кхарна тIекхача гергавахнера.

ХIокху шиннах мелла а оьрсийн мотт хууш верг Хьату вара. Цундела ха деш лаьттачу салташка хьалха вист иза хилира:

- Издрасти,- элира цо.- Нам балшой хаким нада. Разгавор ест...

Салам-маршалла схьа а эцна, Савелийс тIайх чекхвалийтира ши нохчи. Цунна кхул хьалха а тосавеллера царех цхьаъ кхуза вогIуш.

- Цхьа тешнабекх бахьаш вогIу хир ву-кх,- карзахвуьйлура Хьаьрсаниг, шина ламанхочунна тIаьхьа а хьоьжуш.

- Тешнабекх бан саьрмакан бага ца вогIу,- хадийра Савелийс.

ГIопахь уггар лакхара волу эпсар чохь Iен цIа дика девзара Хьатуна. Цундела ма-воьдду цига дIавахара ши гиххо. УьйтIа кхаьчча, динара воьссира. Ведда тIевеанчу салтичо дуьрстанаш схьа а эцна, говраш дIатаса йигира. Гуш дара цо иза дуьххьара деш цахилар. НеIарехь лаьттачу денщика хIара шиъ вар дIахаийтира.

Чоьхьавелира. Хуьлуш дерг дерриге а керла дара Бекмарзина. ГIап тахханалц юьйцуш бен ца гинера цунна. Ткъа йийца буьрса юьйцура. ХIинца Бекмарза кхийтира, иза ларамаза хилла цахиларх. Ян а яра иза инзарвоккхуш йоккха а, чIагIйина а. Ткъа оццул дукха цIенош цхьана меттехь Бекмарзина гина а дацара. Уьш а муха цIенош - лекха, даккхий. Чуьра мел сирла ду! Маржа яI, дагатесира цунна, ма дуьне дац-кх оха дуург! Дийна долуш а, каш санна йолчу саьккалшкахь деха, делча а, цуьнан боданера девр дац.

Эпсар кхарех бIарг ма-кхийттинехь, стоьл тIера хьала а гIаьттина, дуьхьал веара. ПIиннан а куьг лоцуш, салам-маршалла хаьттира. Лекха когаш болчу гIанта тIе охьаховшийра хьеший.

Иштта уллора паччахьан эпсар гина вацара Бекмарза. Цунна хир дара цо иза лерина тергалвар. Куьцехь дитина маж-мекх, цхьана агIор дIахьаькхна никIапа, сийна бIаьргаш, белшаш тIехь дашо варкъ даьккхича санна къегаш йолу погонаш, тIехь товш долу духар, кIеда-мерза вистхилар - и дерриге а хIусамдега ларам а, тешам а кхуллуш дара.

- Хьашт доцург деа юкъа,- бохура Хьатус халахетарца.-Тхуна паччахьан эпсарна дIахаийта лаьа, шун говраш ядийна волу ши къу тхешан юьртара цахилар.

- Амма шун юьртахь тIаьхьакхиъна царна салтий,- шекь-хилира важа.

- Тхан юьрта богIу некъ бихкина бац цхьанна а.

- Тхан стаг а вийна, говраш ядийна богIучарний?

- Уьш муьлш бу а, муха богIу а тIаьхьа бен ца хиира гиххошна.

- Шун юьртахо а ма хилла царна юкъахь,- шениг тIедаккха гIертара эпсар. Цунна ша санна шера хаьара хилларг. Делахь а, гIуллакх шайна догIучу декъана даздар кхаьргахьа дара. Цундела бехк ламанхошна тIе а биллина, шаьш динарг ца девлла диначунна тIедига гIертара иза.

- Шун салтийчун карах валар хилла волу стаг хьархо вара, къоланашца цкъа а гIуллакх деана а вацара. Цунах цIано ас лур ю шуна,- бохура Хьатус.

Эпсар шечунна тIера вала лууш вацара.

- Суна гIолехь хетара, и гIуллакх сихха дижийча, амма тхан кхетамехь гиххоша паччахьан Iедале дов кхайкхор санна хIума ду-кх хилларг,- гуттар кIаргдан гIертара эпсар.

- ХIан-хIа,- резавоцуш корта ластийра Хьатус- И бахьана долуш, вайна юкъара барт эгIийта мегар дац.

- Ас къамел дийр ду сайл лакхахь лаьттачу хьаькамашца,-къинхетаме хилира хIусамда.- Тешо гIуртур ву, гIуллакх аша ма-бохху хиларх. Бакъду, тIейолчу хенахь гиххоша дита деза цу тайпана кхийсарш яр. Ца дитахь...- Стоьл тIе куьйган пIелгаш туьйхира эпсара.

Хьату кхийтира хIусамда ала гIертачух. Цундела иза тешо сихвелира:

- Тхо маьрша нах ду. Вайна юкъахь хилла къамел юьртахойх дIа ца тухуш а Iийр дац. Кхин цхьа хIума а дара къасто дезаш,- хабар кхечу хорша дерзийра Хьатус- Шуьца мах бан лаьара тхуна. ГIопа дахка бакъо елча, кхузахь хIуттучу базара богIур болуш бара тхан юьртахой. Цо вайн юкъаметтигаш а чIагIйийр яра...

- Цу хьокъехь а со дагавер ву,- дош делира эпсара. Тхайн хилла сацам тIаьхьо шуна бовзуьйтур а бу аса.

Оьрсийн маттах кхеташ воцу Бекмарза хIокху шиммо дуьйцучун дуьхе ца кхуьуш, цкъа эпсаре хьожуш, тIаккха Хьатуга хьожуш, наг-наггахь царех цхьаъ ша волчухьа вирзича, корта а таIош, Iара. Цуьнан берриге а тидам тIебахнарг пенах тоьхначу куза тIехь кхозу мажаран тапча яра. Иза ца тосалуш ца дисира хIусамдена а...

Къамел чекхдаьллийла хоуьйтуш, эпсар хьалагIеттира. Шина хьешо а дира изза. Чуьра аравалале, тIаьххьара тапчане бIаьрг ца кхарстош ца Iавелира Бекмарза. И гина эпсар вела а озийна, кузана тIевахана, хьалакхевдина тапча схьа а эцна, Хьатуга вистхилира:

- Суна девза ламанхойн гIиллакхаш,- дIадолийра цо.- Цундела тахана дуьххьара сайн хIусаме веана хьаша лара а лоруш, ас цунна совгIат до хIокху тапчанца.

Ша аьлларг Хьату гочдина валлалц а Iийна, совгIат Бекмарзига дIакховдийра эпсара. Хазахетар тIехдаьллачу гиххочо, ша муха боху а ца хууш, баркаллаш бохура хIусамдена. Вукхо, вела а воьлуш, ладоьгIура кхуьнга. ТIаккха Хьатугахьа а вирзина, Бекмарзас дехар дира:

- ДIаала хIокху паччахьан эпсаре, цо сайна динчу совгIатах со чIогIа там хилла ву алий. Ас дицдийр дац цуьнан дика. Вайна юкъара гергарло хада йиш йолуш дац. ХIуъу а хилла латтарх. Вола сан хIусаме хьошалгIа. Веза хьаша санна тIеоьцур ву.

ТIаьххьара аьлла дешнаш тайра паччахьан эпсарна. Вовшийн Iодика а йина, дIасакъаьстира хIорш.

...Тохарлерра ши салти вара гIаролехь лаьтташ верг. Царна тIехволуш, шина а нохчийчо Iодика еш корта таIийра. Хан яьлла волчо, кIеда-мерза вела а къежна, куьг ластийра, Хьаьрсаниг тIехьавирзира. Резавоцуш гIам-гIим дора:

- ХIинца делакъежахь а, Дала ларвойра со шун каравоьдучуьра. И мецачу берзан бIаьргаш а дина... Хуур дара, вай де эшна дисча. Суна дика бевза хьуна уьш,- тен ца туьгуш, луьйра Хьаьрсаниг.

- Хьуна-м хIун гинера хIокху дахарехь,— ойланашка велира Савелий.- Сан букъ тIера моьнаш нохчийчун шаьлтанах дисина дац. Иза сан хьалха хиллачу эпсаро шех лаьцна битина дагалецам бу. Охьа мичхьа вужур ву хаахьара, кIел ча хьорсур дара олучунна а дайна, стенан меха дара, хьаьнгара хIун хир ду хаахьара.

МаьркIажа бода къовлабелира. Цхьанхьа геннахь чIоб декаш хезара. Ломахь догIа деъча, дистина догIу Соьлжа Теркан кийра кхача сихделла доьдура. ГIопахь хьалхий-тIаьхьий мехк-даьтта даго стогарш летира. ЦIа дахка хьеделлачу берашка кхойкхура наной. ЖIаьлийн летарой, бежнийн Iехарой дегадора хIаваъ. ХIусамашкахь кечбечу кхачанан хьожа етталора гIопара схьа. РогIера цигаьрка хьарчош воллура Савелий...

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)
[удалено]
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека