|
ЦІИНЦІОЛАГ-ЙОІ
Ехаш-Iаш яра цхьа зуда. Цуьнан цхьа а бер дацара. Цунна чIогIа лаьара шен, жима а долуш, бер хуьлийла. Цхьана дийнахь къена зуда-бозбунча йолчу а яхана, цо элира:
- Суна чIогIа сайн, жима а йолуш, йоI хуьлийла лаьа. Дуьйцур дацара ахьа, суна иза мичара ер яра?
- ХIунда ца дуьйцу? - жоп делира бозбунчо. -ДIаэца, хIара мекхан буьртиг бу хьуна. Амма хIара ахархойн кхаш тIехь болучух тера а боцуш, ша-тайпа буьртиг бу. И буьртиг, зезагаш дIадуьйш йолчу кхийрачу кхаби чу дIабе, тIаккха хуур ду хьуна кхидIа хиндерг.
- Баркалла хьуна! - элира зудчо бозбунче, цунна шийтта кегийра ахча а луш.
Цул тIаьхьа цIа а яхана, мекхан буьртиг зезагаш дIадуьйш йолчу кхийрачу кхаби чу дIабийра цо. Цу мекхан буьртиго, ша дIа ма-бийннехь, зIийдиг хийцира, ткъа цу зIийдигах доккха а долуш, инзаре хаза зезаг хилира, алцIензIамах* тера а долуш. Амма цу зезаган патарш, схьабел-лабалаза болчу силаман* санна, вовшашна тIеттIадахана дара.
- Ма хаза зезаг ду хIара! - элира зудчо, цу силамна оба а олуш.
Цо иза дешшехь, цу силамна юккъехь, тIах -аьлла, тата а даьлла, зезаг схьаделладелира. ХIинца иза ма-дарра алцIензIам дара, амма цунна юккъехь, баьццарчу йизана* тIехь Iаш йоI яра. Иза, цхьа цIинцIолаг бен йоцуш, чIогIа жима яра. Цундела йоIана, ЦIинцIолаг-йоI аьлла, цIе тиллира.
БочабIаран чкъуьйриг цуьнан ага дара, сийна тобалкх* - гоь яра, розин жаз* - юргIа дара. БIаран чкъуьйриг чу иза буьйсанна дIаюьжура, ткъа дийнахь стоьла тIехь ловзуш Iара. Цу зудчо стоьла тIе чохь хи долу бошхап хIоттийра.
Цу бошхепан йисте цо зезагаш дехкира. Церан деха гIаддаш цу хи чохь луьйчуш дара. Чохь хи долу бошхап йоIана боккха Iам санна хетара. Иза зезаган жаз тIехь цу хи чухула, хинкеманна тIехь санна, хехкалора. Пийсигийн метта цуьнгахь, кIайн а йолуш, говран ши мас яра.
ЦIинцIолаг-йоI дийнахь сарралц шен тамашийначу хинкеманна тIехь хехкалуш яра. Иза бошхепан цхьана йистера вукху йисте а юьйлуш, эшарш а лоькхуш, лелара. Цуьнан санна долу эсала аз цхьанна а хезна дацара.
Цкъа цхьана буса, ЦIинцIолаг-йоI шен агана чохь йижина Iуьллучу хенахь, дIадиллина долчу корехула хIара йолчу чуелира йоккха бецан пхьид. Иза тIеда а, ирча а яра.
Иза стоьла тIе а кхоссаелла, ЦIинцIолаг-йоI дIайижина Iуьллучу бочабIаран чкъуьйриг чу хьаьжира.
- ЭхI, ма тайна зуда хир ю кхунах сан кIан-гана! - элира бецан пхьидо.
ЙоI чохь йолу бIаран чкъуьйриг катоьхна схьа а эцна, кхоссаелла, корехула беша араиккхира зза.
Бешахь охьадогIуш хи дара. Цу хин йистехь Iаьтташ чуузу уьшал яра. Кхузахь, уьшалан Iехана юкъахь, ехаш яра и къена бецан пхьид шен кIантаца. Цуьнан кIант а вара, шен къена нана санна, ирча а, тIеда а.
- Вакъ, вакъ! - элира цо, шена бIаран чкъуьйриг чохь Iуьллуш йолу жима йоI гича.
- Ма ел гIовгIа! Самайоккхур ю ахь иза! Вай долчуьра едда дIагIур ма ю иза! - элира къеначу пхьидо шен кIанте. - ГIургIезан месал а яй ма ю иза. Вай иза хIинца хина юкъахь доккхачу зезаган гIа тIе охьахаор ю. И гIа хIокху цIинцIолагана йоккха гIайре санна ду. Цигара иза цкъа а дIаяхалур яц. Ткъа ас хIинца шуьшинна Iеханна юкъахь хаза бен бийр бу.
Хи чохь тIедолуш даккхий зезагаш дара. Церан даккхий шуьйра гIаш хи тIехула лелаш дара. Уггар доккха долу гIа хин йистенна геннахь дара. Цу гIанна, нека деш тIе а яхана, пхьидо йоI чохь йолу бIаран чкъуьйриг цу тIе охьахIоттийра.
Iуьйранна хьалххехь самаяьллачу ЦIинцIолаг-йоIана, гонаха бIаьрг тоьхча, шена цкъа а ца гинчу метте ша кхаьчнийла хиира. Гонахь массо а меттехь хи дара, ткъа хин йист геннахь яра. ЧIогIа кхераелла йолу ЦIинцIолаг-йоI йилхира.
Ткъа къена пхьид уьшалан Iеханна юккъехь шен цIа кечдеш яра, эрз а, можа зезагаш а тIе а туьйсуш. Иза шен къоначу несана там бан гIерташ йоллура. Кечам бина яьллачул тIаьхьа, йоккха пхьид шен ирчачу кIантаца ЦIинцIолаг-йоI йолчу тIеяхара. Цуьнан ага схьа а эцна, шайн бен чу охьахIотто дагахь яра иза. ЙоIана хьалха лохха охьа а таьIна, цо элира:
- ХIара сан кIант ву! Иза хьан майра хир ву. Шуьшиъ хин Iеханна юккъехь чIогIа дика даха хуур ду.
- Вакъ, вакъ! - аьлла, вистхилира пхьидан кIант.
Пхьидарчий, бIаран чкъуьйриг схьа а эцна, нека а деш, дIаяхара. Ткъа ЦIинцIолаг-йоI баьццарчу гIа тIехь латта йиссира. Иза доггах елха йолаелира. Цунна чIогIа ца лаьара боьха пхьид йолчохь яха хаа а, я цуьнан маьттазчу кIанте маре яха а.
Хи бухахь лелаш долчу кегийчу чIерашна гира пхьид а, цуьнан кIант а, царна иштта хезира йоккхачу пхьидо ЦIинцIолаг-йоIе дина долу къамел а.
Цара шайн кортош хи бухара гучудехира жимчу нускале бIаьрг тохархьама. ЦIинцIолаг-йоI шайна гича, царна чIогIа къахийтира пхьи-дарчашца яха езаш йолчу сел хазачу йоIах. Ишттаниг хуьлийла ма дац! Цу Iома чохь мел долу чIерий йоI тIехь Iаш долчу зезаган гIанна улло даьхкира. Цара сихха Iаьвшина цестира цу зезаган гIад.
Эццахь зезаган гIа хи доьдучу агIор дIадахара. Цу меттехь хи чIогIа сиха доьдуш дара, ткъа зезаган гIа а иштта сиха хино дIахьош дара. Пхьидана мел чIогIа лиъча а, иза йоIана тIаьхьакхи-алур яцара.
ЦIинцIолаг-йоI гена яьлла йоьдуш яра. Коьллаш юккъехь Iаш долу кегий хьозарчий, йоIе а хьоьжуш, эшарш лоькхуш дара:
- Ма хаза жима йоI ю! Ма хаза жима йоI ю! -бохуш.
Хаза кIайн полла ЦIинцIолаг-йоIана уллохь хьийзаш бара. ТIаьххьара а иза гIа тIе охьахиира. Цунна чIогIа хазахеттера жима йоI. ЦIинцIолаг-йоIа, шена тIера доьхка схьа а даьккхина, цуьнан цхьа йист поллана тIе тесира, ткъа важа йист гIах дIайихкира. ГIа кхин а сиха дIадахара.
ЦIаьххьана царна уллохула тIехъиккхира бумбари. ЦIинцIолаг-йоIах бIаьрг кхийтира цуьнан. Катоьхна, иза, схьа а эцна, дитта тIе дIаяьхьира цо. Ткъа зезаган гIа, тIехь полла а болуш, хино дIадаьхьира. Цу гIах дIабихкина болу полла мукъа ца балалора.
Ша бумбарис схьалаьцча, ЦIинцIолаг-йоI чIогIа кхераелира. Амма бумбари-м шек а яцара. Леккха дитта тIе охьа а хиъна, цо ЦiинцIолаг-йо-Iана мерза зезаган мутта делира. Бумбарих тера яцахь а, йоI шена чIогIа хазахета элира цо.
Цул тIаьхьа уьш болчу хьошалгIа яьхкира цу дитт тIехь ехаш йолу кхийолу бумбареш. Когаш тIера коьрте кхаччалц хьуьйсуш яра уьш ЦIинцIолаг-йоIе.
- Цуьнан шиъ бен ког а бац! - бохура цара.
- Цуьна-м мекхаш а дац! - бохура вукхара.
- Ма юткъа а ю иза! Адам санна ма ю иза-м! -бохура кхечара.
- Иза чIогIа ирча ю! - элира тIаьххьара а массо а бумбареша.
ЙоI схьаялийна йолчу бумбарина а иза чIогIа ирча хийтира. Цунна ца лиира иза ша йолчохь сецаян - шена луъучу дIагIойла хIара. ИоIаца цхьаьна дитта буха а яьлла, кIайдарг* тIе охьахаийра цо иза.
Зезаг тIе охьа а хиъна, йоьлхуш Iаш яра ЦIинцIолаг-йоI. Цунна чIогIа халахеттера ша ирча хилар. И хIума бахьана долуш бумбареша а эккхийнера иза.
Аьхке дIаяллалц, ша Iийра ЦIинцIолаг-йоI хьуьнхахь. Цо, екъачу бецах шена ага а дуьйцина, иза боккхачу баIан гIанна кIел дIатесира, догIа деъча ша яша ца яйта. Цо зезагийн моз а дуура, Iуьйранна бецана тIе диллина долу тхи а молура.
Иштта дIаелира аьхке а, гуьйре а. ТIедогIуш дара деха а, шийла а долу Iа. Массо а олхазарш дIадаханера, буц маргIалъеллера, ткъа ЦIинцIолаг-йоI бухахь Iаш болу боккха баI, маж а белла, бакъа а белла, хьаьвзина дIабаьллера.
ЦIинцIолаг-йоI шелонна егош яра: цуьнан коч эттIа дIаяьллера. ЙоI ша жима а, эгIаза а яра -иза муха шеллур яцара! Ло деара. ХIора лайн чим ЦIинцIолаг-йоIана, вайна цхьа бел ло санна хетара. Вай-м даккхий дара, ткъа иза цхьа цIинцIолаг бен ма яцара.
ЦIинцIолаг-йоI дакъаделлачу гIа юккъе хьаьрчира, амма цо иза жимма а йох ца йора. Шелонна егош йолу ЦIинцIолаг-йоI ша а яра, гуьйренан гIа санна.
ТIаккха ЦIинцIолаг-йоI, хьуьнхара ара а яьлла, шена Iа даккха меттиг лаха яхара.
Хьуьнхара ара яьлча, цунна доккха кха гира. Цу кха тIера ялта дуккха а хьалха чудерзийнера. ГIорийначу лаьтта юккъера кIен гIаддийн юьхкаш яра гуш.
Кха тIехь хьуьнхахьчул а чIогIа шийла яра, цундела миска йоI кхин а чIогIа шелъеллера. ЦIинцIолаг-йоI дехкан бенна чу доьдуш долчу Iуьрга тIе кхечира. И Iуьрг, тIе якъаелла буц а, гIа а диллина, дIакъевлина дара. Аренан дахка бовха а, токхе а болчу шен бен чохь Iаш бара, массо а меттехь дIадоьттина лаьтташ кIен буьртигаш а долуш. ЦIинцIолаг-йоI, неIсагIина тIе а хIоьттина, сагIа доьхург санна, лаьтташ яра. Цо, шена мекхан буьртиг ло аьлла, дийхира - ши де а дара цо хIума яаза.
- Миска хьо яI! - элира къеначу дехко (иза къинхетаме дахка бара).
- Схьайола кхуза, йохло, соьца хIума а кхалла!
ЦIинцIолаг-йоIа, бен чу а йоьссина, йох а елла, шена хIума йиира. Къена дахка йоIана чIогIа резахилира. ЦIинцIолаг-йоIе цо элира:
- Iа дIадаллалц со йолчохь саца. Ас кхобур ю хьо, ткъа ахьа, сан цIа чохь гIуллакх а деш, суна туьйранаш дийца. Суна чIогIа дукха деза туьйранаш.
Къеначу дехко шега мел аьлларг а деш, иза болчохь сецира ЦIинцIолаг-йоI. Бовхачу дехкан бен чохь чIогIа дика Iойла дара йоIан.
- Вай долчу кестта хьеший богIур бу, - элира цхьана дийнахь аренан дехко. - Со йолчу кIирнах цкъа сан лулахо вогIу. Иза чIогIа хьалдолуш ву, сол дуккха а дика вехаш а ву. Лаьтта бухахь доккха цIа ду цуьнан. ТIеюьйхина хаза бархатан кетар а ю цуьнан. Маре гIохьа цуьнга, йоI! Цуьнца хилахь, хьо йовр яц. Цхьа хIума ду вон: иза ша бIаьрзе ву, цунна хьо гур яц. Цунна, дуьнен чохь уггар хаза туьйранаш а дуьйцуш, Iийр ю хьо.
Амма ЦIинцIолаг-йоIана чIогIа ца лаьара лулахочуьнга маре яха - иза боьлкъазар* ма яра.
Кестта боьлкъазар хьошалгIа еара аренан дахка болчу. Иза чIогIа кура а, хьекъалх юьзна а, хьалдолуш а яра. Цунна тIехь чIогIа хаза бархатан кетар а яра.
Цуьнан цIа ткъозза доккха дара аренан дехкан чул а. Цу цIа чохь яккхий а, еха а чоьнаш яра. Амма цу чоьнаш чу цкъа а малх ца хьожура. Боьлкъазарна малх а ца безара, зезагаш а ца дезара - уьш цунна цкъа а гина дацара.
Езачу хьешана эшарш лакхийтира ЦIинцIолаг-йоIе. Цо чIогIа хаза ши йиш лакхар бахьандолуш, боьлкъазарна йоI езаелира. Амма цо цхьа а дош ца элира - иза таме, бакъхьара хьаша ма яра.
Цул тIаьхьа боьлкъазара шен цIенна тIера дехкан бенна тIе кхаччалц лаьтта бухахула чугIойла яьккхира. Цо дехке а, ЦIинцIолаг-йоIе а шеца цигахула дуьйладала дIакхайкхира.
Боьлкъазар, серло луш йолу мурйоьлла дечиг шен бага а лаьцна, хьалха а яьлла, дIайолаелира. Жимма некъ бинчул тIаьхьа цо, саца а сецна, элира:
- Кхузахь Iуьллуш цхьа олхазар ду, амма шуьшиъ цунах ма кхера - иза делла ду.
Боьлкъазара, шен беха мара а Iоьттина, тхов тIехь Iуьрг даьккхира. Цу сохьта маьлхан серло кхийтира лаьтта бухарчу чугIойли чу. ЦIинцIолаг-йоIана гира делла Iуьллуш долу чIегIардиг. Иза тIехь месаш а, зIок а йолуш баккъал долу чIегIардиг дара. Иза делла дукха хан йолчух тера дацара. Iа долалучу хенахь, дала а делла, боьлкъазаран Iуьрга чу доьжначух тера дара иза.
Делла Iуьллучу чIегIардиган тIемаш цуьнан дегIана тIетаIийна дара, ткъа когаш а, корта а месаш юккъе дIалачкъийна бара. Миска чIегIардиг, шело а ца лайна, деллачух тера дара.
ЦIинцIолаг-йоIана чIогIа къахийтира чIегIардигах. Аьхке дIаяллалц шена цара исбаьхьа эшарш лекхна дела, йоIана дукхадезара олхазарш. Амма боьлкъазара, чIегIардигах шен доца тIод а Iоьттина, элира:
- ХIинца-м шок еттар яцара ахьа! Суна луур-м дацара со хIара санна долу хьоза хуьлийла! Цунна чкъар-чкъир дан бен, хIумма а ца хаьа. Ткъа Iа тIедеача хIун дийр ду цо, шелонна я мацалла ца делла? Сан берашна-м кхера меттиг бацараIаьнах.
- Иштта ду иза, иштта ду! - элира къеначу дехко.
- ХIун пайда болу чкъар-чкъир дарх? Цунах вуьзна а хир вац, вох а лур вац.
ЦIинцIолаг-йоI, хIумма а ца олуш, лаьтташ яра, амма цу шимма чIегIардигана букъ берззошшехь, охьа а таьIна, чIегIардиган пелагаш дIаса а теттина, цуьнан дIакъевлина долчу бIаьргашна оба элира цо.
«Хьо аьхка хаза эшарш а лоькхуш, лелла хилла долу чIегIардиг хила а ма мега, - аьлла, ойла йира йоIа. - Ма дукхазза а самукъадаьккхира ахь сан, хьоме чIегIардиг!»
Цул тIаьхьа боьлкъазара ша тховх даьккхина Iуьрг дIа а дуькъна, къена дахка а, ЦIинцIолаг-йоI а церан цIа дIакхетийра.
ЙоIана буьйеанна наб ца кхетара. Шен меттара хьала а гIаьттина, якъаеллачу бецех куз а буьйцина, чIегIардиг долчу а яхана, делла Iуьллучу цунна иза тIетесира цо. Цул тIаьхьа дехкан бен чуьра бекъа а, кIеда а болу корсам а беана, цунах чIегIардигна мотт биллира цо.
- Iодика йойла хьан, хьоме чIегIардиг! - элира ЦIинцIолаг-йоIа. - Баркалла хьуна аьхка дитташ баьццара долчу хенахь, малх къеггина кхеттачу хенахь ахь суна хьайн хаза эшарш лекхарна!
ЧIегIардиган некха тIе шен корта а биллина Iаш йолу йоI цIаьххьана кхераелира: цунна чIегIардиган кийрахь цхьа хIума етталуш санна хийтира. Иза цуьнан дог дара. ЧIегIардиг делла дацара, иза шелонна гIорийнера. Ткъа хIинца иза, дох а делла, меттадеанера.
ЦIинцIолаг-йоI дукха кхераеларна егайора -цIинцIолаг бен йоцчу кхуьнга хьаьжча, олхазар инзаре доккха хетара. Делахь а, шегара болу ницкъ схьа а гулбина, ша бина болу куз чIегIардигна тIехьарчийра йоIа. Цул тIаьхьа едда яханчу цо шена тIетосуш лелош долу Iаждарбецан гIа, схьа а деана, чIегIардиган коьрта тIе хьарчийра.
ШолгIачу буса ЦIинцIолаг-йоI юха а, лечкъина, чIегIардиг долчу яхара. Иза денделлера, амма хIинца а чIогIа гIийла дара. ЙоIе хьажархьама халла ши бIаьрг схьабиллира цо. ЩинцIолаг-йоI цунна хьалхахь лаьтташ яра, серло луш йолу мурйоьлла дечиг карахь а йолуш -цуьнан кхин цхьа а тайпа чиркх бацара.
- Баркалла хьуна, жима йоI! - элира цомгуш долчу чIегIардиго. - Ма дохдели-кх со! Кестта толур ду со, тIаккха юха а малхенга дер ду.
- ЭхI, ма шийла ю-кх вайна! - элира ЦIинцIолаг-йоIа. - Ло ду догIуш. Цул а хьайн бовхачу меттахь Iе, ткъа ас хьан Iуналла дийр ду.
ЦIинцIолаг-йоIа зезаган жаз чохь хи а, масех мекхан буьртиг а беара цунна. Ша хи а мелла, мекхан буьртигаш а диъна даьллачул тIаьхьа, цо ЦIинцIолаг-йоIана дийцира, ша, коканан коьллех а тесна, тIам лазор бахьана долуш, вукху чIегIардигашца бовхачу махка дIадахаза дисна хиларх лаьцна.
ТIедеара Iа, арахь чIогIа шелъелира. ГIорийна долу чIегIардиг лаьтта охьадуьйжира... ЧIегIардигна кхин цхьа а хIума дага ца догIура - ша охьа муха доьжна а, ша лаьтта буха муха кхаьчна а цунна ца хаьара.
Iа дIадаллалц Iийра чIегIардиг лаьттан бухахь, ткъа ЦIинцIолаг-йоIа цунна Iуналла дора.
Я боьлкъазарна а, я дехкана а цунах лаьцна хIумма а ца хаьара - царна олхазарш деззане а ца дезара.
БIаьсте тIе а еана, арахь малх хьаьжча, ЦIинцIолаг-йоIа боьлкъазаро тховх даьккхина долу Iуьрг схьадаьстира, чIегIардиг дIадахийтар-хьама.
ЧIегIардиго йоIе хаьттира, шен букъ тIе а хиъна, изадIайогIий аьлла. Амма ЦIинцIолаг-йоIана къеначу дехках чIогIа къахетара - йоIана хаьара, ша дIаяхча, цуьнан чIогIа сагатлур дуйла.
- ХIан-хIа, сан хьоьца дIаян йиш яц, - элира цо чIегIардиге.
- Iодика йойла хьан, хьоме йоI! - элира чIегIардиго ша тIема долучу хенахь.
Цунна тIаьхьахьоьжуш лаьттачу ЦIинцIолаг-йоIан бIаьргех хи делира - цунна и олхазар чIогIа дукха ма дезаделлера.
- ЧIир! ЧIир! - аьлла, баьццара хьун йолчу агIор дIадахара чIегIардиг.
Ткъа йоI дехкан бен чохь йисира. ХIинца цуьнан дахар чIогIа вон дара. Иза малхе ара а ца йолуьйтура, ткъа дехкан Iуьрган гонаха лекха а, стомма а долу кIен кенаш хьаладевллера. ЦIинцIолаг-йоIана уьш луьста хьун санна хетара.
Цхьана дийнахь къена боьлкъазар еара, ЦIинцIолаг-йоIана захало дахьаш.
- ХIинца вайшимма хьуна маре йоьдуш дахьа хIума кечдан деза, - элира къеначу дехко. - Хьо маре йоьдуш верг чIогIа хьалдолуш волу эла ву, цундела хьан массо а хIума хила деза.
Цул тIаьхьа дуьйна ЦIинцIолаг-йоIан массо а дийнахь тIаргIа хьовзош Iан дийзира. Къеначу дехко болх бан йиъ гезг лецира. Уьш дийнахь а, буса а дехкан бен чохь тайп-тайпана кIадеш деш яра.
Ткъа онда а, бIаьрзе а йолу боьлкъазар, хIора суьйранна хIорш болчу а йогIий, къамелаш деш Iара. Цо, кестта аьхке дIа а яьлла, малх латта дохдечуьра соцур бу, ткъа латта юха а кIеда а, семсаа хир ду бохуш, дуьйцура. ТIаккха, зуда а ялийна, той хIоттор ду ша бохура цо. Амма ЦIинцIолаг-йоI, де-дийне мел дели, гIайгIане а, йоьлхуш а яра. Цунна ца лаьара ерстинчу боьлкъазаре маре яха.
ХIора Iуьйранна, малх схьакхетачу хенахь а, иштта, хIора суьйранна, малх дIабузучу хенахь а, ЦIинцIолаг-йоI дехкан Iуьрган йисте йогIура. Наггахь мохо кIен кенийн баххаш дIаса а хиладой, сийначу стигалх бIаьрг кхетара йоIан.
«Ма сирла а, ма хаза а ду-кх кхузахь!» - бохуш, ойла йора ЦIинцIолаг-йоIа. Цунна кест-кестта чIегIардиг дагаоьхура. ЙоIана чIогIа лаьара и олхазар ган, амма чIегIардиг цхьанхьа а гуш дацара: схьахетарехь, иза геннахь йолчу баьццарчу хьуьнхахь лелаш дара.
Тiееара гуьйре.ЦIинцIолаг-йоIан маре йоьдуш яхьа еза хIуманаш а кийча яра.
- Кхин диъ кІира, хьан ловзар хир ду! - элира ЦІинцІолог-йоІе, аренан дехко.
АммаЦIинцIолаг-йоIа, елхаайилхина, элира, шена сингаттамечу боьлкъазаре маре яха ца лаьа аьлла.
- Iовдал хIума ма дийца! - элира къеначу дехко. - Юххьара ма йийла! Хьо дукха тIехъялахь, аса сайн кIайн церг юллур ю хьуна. Хьо стенна реза яц боьлкъазарна? Паччахьан зудчуьнан а яц цуьнан санна йолу бархатан кетар. Цуьнан лармеш* чохь а деса дац. Далла хастам бе хьайна иштта волу майра карорна!
ТIаьххьара а тIедеара йоI маре йоьду де. Боьлкъазар шен нускал дIадига еара. ХIинцачул тIаьхьа ЦIинцIолаг-йоI боьлкъазаран бен чохь яха дезаш яра. Ткъа цуьнан бен кIоргга лаьттан бухахь бара. ХIинцачул тIаьхьа цунна цкъа а малх гур бацара - боьлкъазаро иза бен чуьра ара йолуьйтур яцара.
Мискачу ЦIинцIолаг-йоIана чIогIа хала дара малхах къаста! Иза тIаьххьара цунах бIаьрг тоха араелира.
Кха тIера ялта чудерзийнера. Лаьттара хьалакъедаш дакъаделла доца гIаддаш дара. Дехкан бенна уллора жимма дIа а яьлла, малхе куьйгаш дIакховдийра йоIа:
- Iодика йойла хьан, малх!
Цул тIаьхьа цуьнан бIаьрг кхийтира жимачу цIечу зезагах. Иза мара а доьллина, йоIа элира:
- ЧIегIардиг хьайна гахь, цуьнга маршалла лолахь!
- ЧIир! ЧIир! - олуш хезира йоIана шен коьрта тIехула.
Корта хьалаайбича, йоIана шена уллохула дIадоьду чIегIардиг гира. ЧIегIардигна а гира ЦIинцIолаг-йоI. Цуьнан чIогIа самукъадаьллера, йоI шена гича. ЦIинцIолаг-йоIа, елха а йоьлхуш, дIадийцира чIегIардиге шена ерстинчу боьлкъазаре маре яха ца лаарх а, цуьнца цкъа а малх ца кхетачу лаьтта бухарчу бен чохь яха хаа ца лаарх а лаьцна.
- ТIекхочуш ду шийла Iа, - элира чIегIардиго. - Со геннарчу бовхачу махка дIадоьдуш ду. Соьца дIайогIий хьо? Сан букъ тIе хаа. Охьа ца йожийта хьо чIоггIа доьхканца дIаехка. ТIаккха вай боьха боьлкъазар йолчуьра генна дIагIур ду, сийначу хIордал дехьа а девлла. Цигахь массо а хенахь аьхке а лаьтта, тIедовлуш исбаьхьа зезагаш а ду. ДIайола соьца, хьоме цIинцIолаг! Хьо сан хьоме цIинцIолаг ма ю! Ахь со лечуьра ма даьккхира, гIора а дина, Iаьржачу, шийлачу кIаг чохь со Iуьллучу хенахь.
- ХIаъ, хIаъ, со хьоьца дIайогIу! - элира ЦIинцIолаг-йоIа.
ЧIегIардиган букъ тIе а хиъна, цо ша дIайихкира цуьнан уггар доккхачу пелагах.
Iодара баьлла пха санна, стигала ирхдахара чIегIардиг. Иза Iаьржачу хьаннашна тIехула, зийначу хIордашна тIехула, тIехь ло долчу лекхачу лаьмнашна тIехула дIадоьдуш дара. Стигалахь чIогIа шийла яра. Цундела ЦIинцIолаг-йоIа чIегIардиган месаш юккъе а яхана, цу юккъера шен корта жимма гучубаьккхира. Цунна шайна эухахь схьагуш йолчу хазачу меттигашка бIаьрг-гоха лаьара.
ТIаьххьара а уьш бовхачу махка дIакхечира. Кхузахь малх чIогIа бовха бара, стигал вай долчуьра чул а шозза лекха яра, хершнашна а, кергашна а тIехула дIахьаьрчина хаза баьццара кемсаш а яра. Хьуьнхахь тIейолуш апельсинаш а, лимонаш а яра. Урамнекъашкахь ловзуш пелаш самукъане бераш дара, даккхий, къорза полларчий а лоьцуш. Амма чIегIардиг кхин а гена дIадоьдуш дара.
Боккхачу сийначу Iома йистехь, хазачу дитташна юкъахь лаьтташ кIайн шагатIулгах дина цоккха цIа дара. Цуьнан лекхачу бIогIамашна гIехула хьалахьирчина яра кемсийн таьллангаш. Цу цIийнан лекхачу тхевнна тIехь дина олхазарийн баннаш дара. Царна юкъарчу цхьана бен чохь Iаш дара чIегIардиг.
- ХIара ду сан цIа! - элира чIегIардиго. - Ткъа ахьа уггар хаза зезаг схьакъастаде. Ас цунна тIе охьайоссор ю хьо. ТIаккха хьо ирсе яха хуур ю.
ЦIинцIолаг-йоIан чIогIа сакъераделлера. Йоккхаеш йолу йоI самукъане тIараш детта йолаелира.
ЦIийнан уллохь Iуьллуш шагатIулган масех аьхк яра. Царна юкъахь тIедевлла даккхий кIайн зезагаш дара. Лаха охьа а даьлла, чIегIардиго шуьйрачу зезаган жаз тIе охьахаийра йоI. ХIара ма тамашийна хIума ду! Цу зезагана чохь Iаш жима а волуш стаг вара. Иза ша кIайн а, ангалех вича санна, чекх са гуш а вара. Цуьнан букъ тIехьа лесташ дайн тIемаш дара, коьрта тIехь жима дашо таж* дара. Иза вайн ЦIинцIолаг-йоIал бен вацара. И жима стаг эльфин* паччахь вара.
ЧIегIардиг зезагна улло деача, эльф чIогIа кхеравелира. ЧIегIардиге хьаьжча иза чIогIа жима вара! Амма цунна чIогIа хазахийтира шена ЦIинцIолаг-йоI гича - цунна цкъа а ца гинера цу тайпана хаза йоI. ЦIинцIолаг-йоIана хьалха охьа а таьIна, цо, цуьнан цIе хIун ю аьлла, хаьттира.
- ЦIинцIолаг-йоI, - жоп делира йоIа.
- Хьоме ЦIинцIолаг-йоI, - элира эльфо, -соьга маре ян лаьий хьуна?
ЦIинцIолаг-йоI цу сохьта резахилира.
ТIаккха хIора зезаг чуьра арадевллачу эльфаша ЦIинцIолаг-йоIана совгIаташ деара. Уггар а дика цара деана долу совгIат чекх са гуш долу тIемаш дара. Уьш ЦIинцIолаг-йоIана букъ тIе дIадихкира. ХIинца иза а, зезагна тIера зезаг тIе а юьйлуш, лелара. Цуьнан чIогIа самукъадаьллера и тIемаш бахьана долуш!
Ткъа чIегIардиг шен Бен чохь, эшарш а лоькхуш, Iаш дара. Аьхке дIаяллалц лийкхира цо эльфашна эшарш, амма шийлачу мехкашкахь бIаьсте тIееача, иза шен даймохк болчу дIадаха кечделира.
- Iодика йойла хьан, ЦIинцIолаг-йоI, - элира чIегIардиго, ша бовхачу махкара Дани-пачхьалкхе дIадоьдуш.
Цуьнан цигахь жима бен бара. И бен цо туьйранаш дийца хууш волчу цхьана стеган кора тIехь бинера. ЧIегIардиго цуьнга дийцира ЦIинцIолаг-йоIах лаьцна, ткъа вайна и хIума цу стагера хиира.
* АлцIензIам - оьрсаша «тюльпан» олу зезаг.
* Силам - оьрсаша цунах «росток» олу.
* Йиз - оьрсаша цунах «пестик» олу.
* Тобалкх- оьрсаша «фиалка» олу зезаг.
* Жаз - оьрсаша цунах «лепесток» олу.
* КIайдарг - оьрсаша «ромашка» олу зезаг.
* Боьлкъазар - лаьтта бухахь баннаш а деш, дехаш долу экха. Оьрсаша цунах «крот» олу.
* Л а р м а - цIийнан бухахь яьккхина чоь, оьрсаша цунах «погреб» олу.
* Т а ж - паччахьша коьртахь лелош болу куй. Оьрсаша цунах «корона» олу.
* Э л ь ф - туьйранашкахь хуьлуш долу, букъ тIехь тIемаш долу кегий адамаш.
|