III
Жижиган тIаьххьара дакъа дара боги чохь диснарг. Иза БатIалан доьзална доьгIна а хиллера. ИсмаьIална тIаьхьа доккхуш долу сагIа дIасадоькъуш гIоьнна еара церан лулахо Бикату. Закъаьлла ков а диллина, уьйтIа елира иза. Схьагуш аддам а дацара. Мохь туьйхира:
- Чохь мила ву?
Амма дуьхьал жоп ца хезира. ТIаккха Бикату уча хьала а яьлла, неI етта хIоьттира. Гучувелира набарна вата а ветта волу БатIал. Жеро Бикату гича, цецвалар а, хазахетар а цхьаьнаийра цуьнан даг чохь. КIеза санна, хьаставелира:
- Хьо я марша, хIан я! Ма дика болх а бин ахь, тхоьга еана! Схьа чоьхьа яьллахь, неIсагIехь а ца лаьтташ. Хьо-м, хьаха, ю еза хьаша,- бертаг ястаеллачу гали чуьра охьаIена кхоьш санна, дешнаш схьалелхара совдегаран багара.
- Чуеана Iийр яц,- аз дахдина-а йистхилира жеро.- СагIа дIадала еанера со. Аракхайкхахь цхьаьнга...
Мекара цхьогал санна хьаьвзира БатIал:
- Деллахьа, ма дош дацара хIара,- бохура цо, жерочунна тIебоьгIначуьра шен бугIанан ши бIаьрг дIа а ца боккхуш.-ХIуьттаренна санна, со воцург чохь кхин стаг а вац. Хьайна хала дацахь, чоьхьа а ялий, цхьа пхьегIа а лахий, охьадиллахь иза.
БатIалх дIахьакхалуш а, ца хьакхалуш а кхунна уллохула а яьлла, жижиг чудилла хIума лоьху кеп хIоттийра хIусамден дагара дика хууш йолчу жерочо. Паднара кIелахь цо хIун лоьхура-м ца хаьа совдегарна, амма Бикату охьа а таьIна, коч тIехьара хьала а яхана, бадах боьттича санна болу кIайн когаш гучубевлча, БатIалан дог цхьа инзаре тоха-м делира.
- Маржа, Бикату, яI, ма кхоам бу-кх хьан ба-м ткъа! - ца сацавелира иза.- Хьо-м хи чу буллу Iаж бацарий, хьалха а биллина бIаьргашца хьосту Iаж барий.
Жерочо Iоттар ярца эккхийтира:
- БIаьргаш-м дика долчух тера ду хьан, цергашца муха ву-те? БатIал кхийтира жерочун хаттарх.
- Вай гIон долчу эхартора, борз церг тосур йолуш-м яра,-кхин дIа ала ца хIоьттира.
- Ванах, суна хIумма а ма ца карайо хIара жижиг чудилла,- йиш йоьхначуха элира цо. Ткъа БатIалан ойланаш-м гена евллера...
- Бете а кхоьхьуш, тIе ца кховдуьйтуш болу дума бу-кх хала,- доккха садаьккхира совдегара.
- Ахь хIун дума буьйцу, ва БатIал? - цакхетарг хилира жеро. Совдегарна гуттар марзделлера Бикатуца иштта къамел дар.
- ВаллахI-Iазмора, хьера ма ваьккхина со хьо зудчо! - сиха шабарш дан велира иза.- Дуьненан бахам оьшуьйтур бацара-кх ас хьуна... Дехьа ас бохург... Дохкоер яц хьо... Махьарла бахана жин санна Iийр ю... Мерзаниг дууш, дезаниг духуш... ЛадогIа соьга...
Жерочунна оьшшург дара и. Ши шо хьалха ядийна маре йигнера хIара. Иза ца хиллера зуда кхаба къонах.
Дан дезарш цIен тIехь цкъа а кхачалуш а дацара. Сабодий къаьсташ когаш тIехь хуьлура Бикатун марнана. Цо цIена Iазап далладора кхуьнгахь. Де дIадолалора божли чуьра. Етт озар, беже дIалаллар, кхо дIадаккхар. ТIаккха цIа чу йолура. Мот-гIайба дIабаккхар, чу нуй-горгам хьакхар, кхача кечбар. ПхьегIаш дIаяьхний, уьш йилний, дIасалиттиний ялале, делкъе тIекхочура. ХIинца-м садоIур дара ас аьлла хIара охьа ма лахъеллинехь, марненан аз хезара:
- Мичхьа ю хьо цигахь, ян? Же, чехка гIой, хи да. Дера бац хьо а моз дутту моза, моз дуу моза бу-кх. Хьажал, сиха юй ду-кха?..
Иштта меттиг моссаза хIоьтти, ткъа иза-м хIора дийнахь ма хIуттурий, шена мел хууш болу сардам буллура Бикатус марнанна. Бакъду, хозуьйтуш ала-м ца яьхьара. Хаьара, майрачо бишка узур дуйла.
Де суьйранга лестара, нус кхин букъ хьаласатто ца кхуьуш. Аттана дуьхьал яхар, иза дIабехкар, беттар. Ков-керт дIаледар. ТIаккха цIа чу йолура. Пхьор кечдар. ПхьегIаш... Мотт-гIайба... Эццахь, дегI гIелделла делахь а, дуьненан чам бевзар-кх къоначу Бикатуна...
Амма цхьана буьйсанна дерриге а дуьйхира. Сарахь дуьйна леларца а, вистхиларца а хьалха санна воцуш, шатайпа вара кхуьнан майра. ГIуллакхаш дина а яьлла, чиркх дIа а байина, шена тIера бедар дIа а яьккхина, юргIи кIел юьйлира Бикату. Важа тIе ца вогIура. Соне а хиъна, куьйгашца голаш а лаьцна, ойланашка вахана Iара иза. ХIинций-хIинций майра схьавогIур хир ву-кх бохуш, дIаса а кирчина, тIаьххьара а, наб озийра цунна. Хьалхарчу буса хиллачун кхин башха ойла а ца йира цо. Амма шолгIачу буьйсанна а изза сурт хIоьттира. КхоалгIачу а, йоьалгIачу а буьйсанна хIумма а хийца ца делира. Хьалхалеррачу соне а хоий, хIара шега йистхилча, цхьа гIам-гIим а деш, Iара важа. Зудчунна улло ван-м дагахь а вацара. «Хьо вала велла хIан вала, ма стогалара ваьлла,- ойланаш йора кхо.- Хила мукъана а хIун хилла кхунна, лаа вуй техьа?»
Иштта дIабелира бутт. Хьаьнга хIун эр ду а ца хууш, холчохь яра жима зуда. Нахе дуьйцу хIума а дацара кхунна тIехIоьттинарг. ТIаьххьара, Iа а ца елла, дехьа юккъерчу пал тосуш а, хIума хууш а ю олучу йоккхачу стагана тIеяхара Бикату. Амма яхана дIакхаьчча, ша деанарг цуьнга дIа муха эр ду бохучу ойлано галъяьккхира... Жимачу зудчуьнгара хьал сиха кхетийра вукхо. Хьалхара цергаш дIаевлла хиларна, балдаш чIап-чIап деш, вовшах а детташ, ша олучух цуьрриг а ийза а ца луш, цо бохура:
- Хьаха ю со нIаьно шен меана дола ца да моьттуш. ХIинцца бабина кара-м хьаха дийр ду цуьнан бахьана.
Оцу дешнашца, кераюккъе схьа а эцна, юха шена хьалха кхоьш яржийра пал тосуш йолчо. ТIаккха лерина цаьрга хьежа йолаелира. Кхоьх доллург ма-дарра ша теллина яьлча, хIора дош къастош дийца йолаелира:
- Хьан майрачуьнга безам болуш кхин цхьа зуда ю. Шуьшинна юккъера барт бохорхьама, цо стаг боьршаллах воккхуш долу тай дихкина. Иза схьадастталц, цуьнан хьоьца гIуллакх а догIур дац.
Бикату тийшира шега аьллачух. Иштта долчух тера дан а дара. Пал тасарна йоккхачу стагна чиллан йовлакхца совгIат а дина, цIехьа йирзира иза. ХIинца цуьнан ерриге а ойланаш дIалаьцнера цхьана хаттаро: мила ю техьа и тай дихкина зуда (дала куьйгаш дакъадойла цуьнан, хIан, дакъадойла!)?
Жимчу зудчух къехкашверг цIен тIехь дечух а къехка волавелира. Иза ца делира ненан тидамера а. Цхьана сарахь марнанас несе элира:
- И кIант тиларчу вахана моьттуш ю-кх со... ШайтIанаша кхерийна хила там бара иза?..
Бикатус ца дийцира, шега палтосучо аьлларг. Амма эццахь иза кхийтира, шена цунах майра хила воллуш цахиларх. Ткъа меца денош а, эрна дIаоьху буьйсанаш а цхьаьна лан хала дара цунна. Цундела кхин цхьажимма майра ву бохучун цIен тIехь а Iийна, ден керта юхайирзира Бикату. Шен нене ма-дарра хилларг дIа а дийцира.
ХIора дийнахь бохург санна, кхеран неIаре хIуьттура нуц лаьттинарг. Схьаолуш хIума а доцуш, вехха Iара, хIара чуара юьйлуш ларъеш. И кIорда а дина, кетIа веъча а эккхавора иза стунвежарий хиллачара.
Марехь аьлла, марехь а йоцуш, йитина аьлла, йитина а йоцуш, хIетахь дуьйна жералла дIакхоьхьуш яра Бикату. Цхьацца захалонаш а дара тIекхоьхьуш. Амма Бикату хIинца Iеминера. Хьалде а долуш, шега къайлах безам болчу зудчо муш бихкича а боьршаллех вер воцуш волу стаг везара кхунна.
Бикатуна шера хаьара, БатIалан синтем байинарг хIун ду. Масех шо дара чуьра хIусамнана ха чуьра са дIа а даьлла, метта йоьжна Iуьллуш йолу. Ткъа БатIал ханна кIелвисна стаг вацара. Жеро ма-гиннехь, бодашкахь цициган бIаьргаш санна, лепа довлура цуьнан эхь ца хеташ долу бIаьргаш. И мосуьйтазза а тергалдинера къоначу жерочо. Цундела ловзаргахь, синкъерамехь цо сакъера шега аьлла тIе хабар даийтича, Бикатус дуьхьало ца йора. Цуьнан зуда тахана ю, кхана ю а ца хууш, цамгаро лаьцна Iуьллуш ю. Ког когах а кхетта, иза дIа ма-еллинехь, БатIална некъ маьршаболу. Цуьнан санна бахам кху юьртахь цхьаннан а бац. «Со шел жима а, куц долуш а хиларна, куьйгаш тIе а йиллина лелор ю... Хецна ворда а йодур йолуш ву ша-м ирча. Делахь а, цуьнан хазаллех ас хIун до?»...- Иштта ойланаш йора жерочо буьйсанна ша йисинчохь.
БатIал ле ма-веллинехь кхийтира Бикату, цо шега догхоуьйтург хиларх. Иштта бегIийла меттиг кхин ца яла атарлора. Цундела, шаьшшиъ диссинчуьра, ма-хуьллу хьеяла гIертара жеро. ТIаьххьара цо сатийсинчунна тIедахара гIуллакх. БатIална букъ берзийна латтахь а, Бикату тешна яра, иза куьйгаш ца тухуш Iалург цахиларх. ХIара хьалатаьIна ялале, иштта хила а хилира. Вахана тIехьахула хьаша марахьарчийра хIусамдас. Жеро марахь йоллучохь тохаелира. Кху шинна а ца моьттинарг хилира. Цхьана хIуманах ког тасабелла, гал а ваьлла, БатIал шен дегIан йозаллица аркъал охьавуьйжира, тIехь жеро а йолуш. Амма оцу хьолехь а, важа жеро дIахоьцур йолуш-м вацара.
Хьалха меттаеара Бикату. Марара а яьлла, хаьн тIе ши куьг а хIоттийна, чIогIа ша оьгIазъяханчуха БатIална тIейирзира иза:
- Хьуна со мила ю моьтту? Сан вежаршна и дIахаахь, цара шарбал а яьккхина, юьртах чекхвоккхур ма ву хьо! - кхерамаш туьйсура цо.- Цу тIе, со нехан цIар тIехь а ма ю... Царна и тосалахь, шарбал хьовха, цара корта а баьккхина вуьтур ма ву,-тен ца туьгура Бикату.
БатIал гIеххьачул кхеравелира. Цуьнан цо ойла йина а яцара. ХIинца жерочун карзахъялар а, цуьнан тIечехар а шен бIаьргашкий, лерей кхаьчча, кхидIа хIун дан деза ца хууш, вуьйхира. Ур-атталла цIенкъара хьалагIатта а хьекъал дацара. Довхачу дийнахь Iам чу яьржина гомаш санна, цIенкъа юккъе а хиъна Iара иза, лап-лаппехь даккхий бIаьргнегIарш а детташ.
Жеро гуттар а чуьраюьйлура.
- Ас хоуьйтур ду хьуна со мила ю! - мохь беттара цо.- Соьгара хIун даьллера, хьуна сел атта со хета?! Хьо цунах дохко ца валахь, со со яц-кх хьуна!
БатIалан са, кхеравелла, кийрара схьаэккха санна детталора. Бага а гIаттийна, тохара санна цIенкъа хиъна Iачуьра меттах а ца ваьллера иза. ХIуманах сиха кхуьуш йолу Бикату кхийтира, ша тIехъяьлла хиларх. ЦIеххьана дагатесира: «Ас жимма сайн алаша юха ца озахь, хIара-м мотт а сецна вуьсур ма ву!..»
- Цхьа пхьегIа кховдаел соьга,- къамел кхечунна тIе даьккхира зударийн хIилланах йоьттина йолчу жерочо.
Оцу дешнийн маьIна шен кхетаме ма кхеччи, баккхийчара аьлларг дан дIаэккха бер санна, хьалатасавелира БатIал. Дуьненах догдиллина ваьлла иза, вогI-вогIуш меттаван волавелира. ДIахьаьдда вахана, кад а бахьаш вухавеара хIусамда. Кхуо хьалха лаьцначу кеда жижиган дакъа а диллина, дIаяха тохаелира иза.
- Бикату,- гIийла вистхилира БатIал,- хьайн Делан а, пайхамаран а дуьхьа ма ваккха со нахала. Ахь боххург дийр дара-кх ас. Ма бегаш бац суна къанвеллачу хенахь иштта юьхьIаьржа хIоттар. КъинтIера ялахь суна! Кху чуьра маьрша ара ма волийла со, хьо яй хеттий, я ахь цхьа бахьана дитиний ас и динехь... ШайтIано корта хьовзийначохь дели-кх соьгара и...
- Дика ду, хьо айхьа динчух кхетта,- маслаIате хилира жеро.-Делахь а, тахана хьо мел бехкалвахний, воьхний хьовзарх, кхана хIара дIа ма дирззинехь, хьо сох кхаьрдар ву. Ахь соьга дог а хаийтина, куьйгаш а тоьхна. Суна-м ца хаьа, хIун дича бакъахьа хир дара... Суо бахьана долуш верваккхар хилийта а ца лаьара...
БатIална хорша еара. ГIуллакх кхунна ма-моьтту дерза доллуш дацара.
- Ой, ас хIун дича бакъахьа хетара хьуна тIаккха?
- Соьга хIунда хоьтту ахь и? - резаяцаре хилира жеро.-Иштта хIума муха дижадо ца хууш ву хьо?
- Къайлах мах байтича хIун хир дара техьа, там а, урдо а луш?..
- Мацца а даьлла а цкъа нахала ца долуш дуьсур дац. Суна ца лаьа, сайн цIе вон йоккхийла,- тIе ца тайра Бикату.- Ахь сох куьйгаш тоьхна... Хьо вен ца вийча я со... хьан дола ца яьлча, суна тIера дIадер долуш эхь дац и.
- Верах дерг ца хьехош хIума де вай,- хьаставелира совдегар.- Нагахь санна хьо резахилча, сайн цIар тIе йоккхур ма яра ас.
- Бухарчунна хIун до ахь? Хьан-х баккхий кIентий а бу... Наха неIалт ала а тарло,- зуьйра иза жерочо.
- Наха-м Iаьржа талу даахьара,- майравелира БатIал.-КIентий а баккхий хилла. Кестта зударий а балийна, шайна баха ховшор бу. Юьртана а хууш, хIокху масийтта шарахь меттахь йоьжна Iуьллуш ю сан хIусамнана. ЦIен тIехь зуда оьшу...
- Деллахьа, ма хьашт доцуш коча веа-кх хьо суна,- боккъал а долуш санна, ладамаш бора Бикатус- Ма суна дагахь ца хилла захало дар-кх хIара. ЦIерачаьрга хIун аьр?..
Хьалхара дIадаьккхина моз марзло. Ишттачу хьолехь вара БатIал. ХIокху къамелан йохаллехь мосуьйттазза жеро шен хилла ели олий, ойла кхоллалора цуьнан, тIаккха иза юхура. Бакъду, чаккхе кхунна луучу хорша йирзинера. Баккъалла а, зуда ца ялийча вер вацара хIара. Ткъа Бикату кхуьнан са лаьтта стаг яра. Билггал иза ша ялориг хиларан ойланехь чIагIвелира БатIал.
- Тезет-хIума дIа а ерзийтина, дукха хан юкъа ца юлуьйтуш, вешан гIуллакх къасто деза вайшиммо,- элира цо.- Ас дош ло-кх хьуна, кху дуьненахь вай цхьаьна йоккху йолчу хенахь хьан сий дан а, хьоьца долчу гIиллакхах ца воха а.
- И а замано гойтур,- ойлане хилира жеро.- Дала яздинчух вала йиш яц цхьаьннан а. Цуьнан лаамехь хилла-кх вайша цхьаьнакхетар а. Вуьшта, диц ма де-кх хIара де.
Бикатун багара мел долучу дашах тешара БатIал. Юьхьанца сел ирча хилла хIара гIуллакх боккхачу аьттонца доьрзуш лаьттара. Цунах воккхавийна а ца волура кхул жимма хьалха юьхьIаьржонан зил тIехь лаьттина совдегар.
Хьаша дIаяха тохаелира. БатIал тIаьхьа аравелира. Ков тIе кхаччалц дIавеара. ТIаккха жерочун дог ийцира:
- Бутт балале хIокху кертан хIусамнана хилла юссур ю-кх хьуна хьо. Со кестта дIакхетар ву...
- И хIумнаш лело вай кегий а дац,- мекарло хьовзийра жерочо.- Цул а, нах бахкийта ахь... со еха. Яхь ма ю тхайчеран а...
БатIала резахиларна корта таIийра.
...Некъа йистерчу цIа чохь Iуьллуш яра меттара гIатта де доцуш йолу БатIалан цомгуш хIусамнана. Дехьачуьра цхьа аьзнаш а, татанаш а хезара цунна. Амма и хIун ду хьажа ницкъ а, хатта багахь керчаш мотт а бацара. Ша Iуьллучу цIийнан беа пена юккъехь хуьлуш дерг бен кхин хIумма а ца хаьара цунна. Амма тховса даго диканиг-м ца хьоьхура. Сингаттамах буьзнера цуьнан миска кийра.