II
Олхазара йоIе йиллийта лийрина кхане тезетца еара иза вехачу керта. Юьртана малхбалехьа агIор чувуллучохь хи тIехь лаьтташ яра кхеран хьер. КIант ловзаргахь самукъадаккха схьа а ваийтина, да ша бухависнера оцу дийнахь. Ахьа дезарг кхо-диъ гали бен а дацара. Цу балхаца ИсмаьIал ша а ларор вара.
Де суьйренгахьа лестинера. ТIаьххьарчу галин бертиг дIайихкина а ваьлла, мох кхетийта аравелира хьархо. МаьркIажан бода къовлабалале ахьар кийча хилийта дош деллера цо, тIера цIийнда а кхелхина, бераш кхобуш Iаш йолчу Зайнапана. ХIинца иза схьаяре хьоьжура ИсмаьIал.
Аьхкенан тов малделлера. Чубузучу маьлхан зIаьнарша цIиййинера анайист. Хьун йолчу агIорхьара мело-о хьоькхуш механ хIо а хаалора.
Юьхькуьг дила дагахь Гиха йисте воьссира хьархо. ТIулгашна тIехула а керчаш, шен самукъане йиш лоькхуш, охьадогIура хи. Мел дукха ду ИсмаьIалан дахарехь цуьнца доьзна. ХIара жима волуш кхечу берашца цхьаьна, вижар-гIаттар бен цIахь доцуш, Гиха йистехь хуьлуш вара гуттар а. Йовхачу хенахь кхузахь луьйчура уьш, гIулгех ловзура, ткъа Iай хи тIе бежнаш а, уьстагIий а кхуьйлура. Iа шийла а деана, ша бина меттиг нисъелча, баккхийчара тIаьхьа а баьхкина цIа лахккалц, хехкалуш лелара. Хийла неIармача йохийра кхо ша тIехь, хийла когаш башийра!
Суьйранна регIан дукъал тIехьа къайлаболу малх санна, дIаелира бералла. Пхийттара ваьлла ИсмаьIал кхечу Iалашонца вогIура хIинца хийисте. Нашхойн юккъера Падам яра кIентан ойла дIаехьнарг. Кхуьнан хенара йолу иза бакъонца йоI-стеган кепе йирзинера: дуткъа цIоцкъамаш, царна бухара, буьйсанна шовдана чу эгна седарчий санна, лепа бIаьргаш, туьйдаргаша халла къевлина латто накха, гIургIезачух тера дайн болар, говзачу куьйгаша сацкъарх дича санна дегI.
Дуьххьара гар а хийистехь хилира церан. ХIетахь дуьйна цхьа а белхи, синкъерам, ловзар дIа ца долуьйтура кIанта Па-Дамца цхьаьнакхетар ца лохуш. ИоIана а везавелира хIара. Кестта нускал хилла ИсмаьIалан цIен тIе йоьссира иза.
Хьалхарниг кIант хилира. Олхазар аьлла цIе тиллира цунна. Де-нена доккхадеран доза дацара. Хьалхара бер хиллачул тIаьхьа кхин а куьце еана, таелла дIахIоьттира Падам. «Ирс тIедирзина оцу цIенна»,- олура юьртарчу наха. Амма кхолламо цIеххьана ха хийцира. Схьагуш цхьа а бахьана доцуш, хала цамгар а кхетта, меттахь йисира жима зуда. Хьажа еанчу хIума хууш йолчу зудчо иштта кхетийра цунна хиллачух: «Вон бIаьрг бу кхунах бахнарг». Кхо шо кхаьчна Олхазар тIехь нана йоцуш висира...
Циггахь байра ИсмаьIалан ирсан седа. Ткъа шарерий бен ца ваьллачу кхунна тIаьхьа дацара керла доьзал боло. Схьахьехош захалонаш а дара. Амма ИсмаьIал сиха вацара кхечу нускалца чуверза. ДIаоьхура шераш. Гергарчара а, кIорда а дина, витнера хIара, зуда ялае ца бохуш. Олхазар денанас кхиош вара.
ДегIах дахана схьа ца даккхалуш дисина кIохцал санна, бехара ИсмаьIалан даг чохь Падаме болу дуьххьарлера безам. Цкъа лулахь ехачу цхьана жерочуьнга бегаш бан велира иза. ХIокхо боххучунна тIетан кийча важа а яра. Юьртахь хабарш дуьйладелира, ИсмаьIал зуда яло воллу бохуш. Амма и хила доьгIна ца хиллера.
Цхьана сарахь кханенна кечамбеш, мангал тусуш воллучу дена тIе а хIоьттина, Олхазара хаьттира:
- Дада, хьо суна керла нана яло воллу? - Жоп даларе ца хьоьжуш, велха а ийзош, бIаьргаш чу хи хIоьттина, лен велира: - Суна кешнашкахь ерггий, йоккха бабий йоцург цхьа а ца оьшу хьуна...
Оцу буьйсанна дукха ойланаш йира ИсмаьIала. ШоллагIчу дийнахь ша бегаш беш йолчу жерочуьнга цо дIахаийтира, шегахьара иза хIинца дуьйна дIа паргIат хилар.
Ненах тера волу Олхазар, йоI санна, хаза кхиънера. Амма юьхьчкъор иштта делахь а, къонахчун дог детталора цуьнан кийрахь. Да воккхавийна а ца волура цунах. Тахана а иза ловзарга вахийта дIа а хьажийна, вехха лаьттира да, кIантана тIаьхьа хьоьжуш. Цунна хезнера, иза Таймасхина тIехьийзаш ву бохуш. Оцу захалонна дуьхьал хуьлийла а яцара. ИсмаьIална дика вевзара йоьIан да. Нахана ала хIума ца дуьтуш, хьанала къа а хьоьгуш, ша даьккхинарг бен кхин рицкъа а доцуш, доьзал кхаба гIерташ воллуш стаг вара иза. Кхидолу бераш дала а делла, цхьа Таймасха яра йиснарг. Цундела дас-нанас чIогIа хьоме а лелайора...
Дера, хIара хи санна дIа ма ихи ИсмаьIалан денош. Борз санна тебаш тIееа къаналла а.
Юьхьах хи кхерзина а ваьлла, хьалатаьIначу хьархочунна гира ша волчухьа хаьхкина вогIуш волу ши бере. Уьш тIекхаьчча, говраш нуьйраш техкина цахиларан тидам бан кхиира ИсмаьIал. Хьалхарчу беречо (иза вукхул воккха вара) салам а делла хаьттира:
- Хьеший тIеоьций ахь?
- Дера оьцу, динара дисса шайна,- элира хIумма а дагахь доцчу хьархочо. Вукху шиннан когаш лаьттах хьакхабаларций цхьаьна, хьуьна юккъера схьалилхира дойшкахь болу салтий. БIаьргнегIар тухучу юкъана тоьпаш евлира. Уггар хьалха тоьпан Iалашоне нисвелларг де а бехкгуьнахь доцу ИсмаьIал вара. Хуьлуш долчух ма-дарра иза кхетале, сийначу цIаро кийра морцуш санна хийтира цунна. ДегIера гIора дIа а даьлла, ша лаьттачохь нийсса хи чу бертал вуьйжира. Цхьана юкъана хино гIоле еш санна тарделира хьархочунна. ТIаккха кхетамчуьра велира...
Цуьнан дерриге а дахар дара хIокху хица доьзна. Кхузахь дIадахара бералла, кхузахь бевзира безаман чам. Оцу хино кхобура хIара. Оцу хи чохь валар а хили ИсмаьIалан.
Тоьпийн тата долуш хьерана герга кхаьчна йогIура Зайнап. Кхераелла, ша хIун до а ца хууш, цигахьа дIахьаьдира иза. Ирча сурт хIоьттира бIаьргашна хьалха: цхьа стаг хи чу воьжна Iуьллура, важа куьйгах хьаьрчина бахтар схьа ца дасталуш, къаьхкинчу говро текхош вара, кхоалгIаниг дина а хиъна дIаэккхашехь, цхьа инзаре ши куьг дIаса а тесна, охьавуьйжира. Вуьйш салтий бара... Юха а йирзина, шийлачу маьхьарца юьрта чу юьйлира Зайнап. Цуьнан орца дара ловзарга кхаьчнарг.
...Iуьйранна тезета схьаэха буьйлабелла нах сарахь а лагI ца беллера. ИсмаьIал вевзаш я цуьнца цхьа гергарло долуш а ду-кха адамаш дара. Гихтахь хьовха, луларчу ярташкахь а. Цуьнан кхалхарх дерг хезча, стерчийн ворданашкахь а, дойшкахь а шайна халахетта хилар схьахаийта оьхура уьш. Кадам схьаоьцуш ИсмаьIалан деваша Элмарза вара. Олхазар, дIанехьо, кегийчу нахана юкъахь лаьттара, вахьийча санна, бос а байна, гIийлачу ойланаша шайн йийсаре вина. Тезетан дега кадам бина а ваьлла, кхунна тIевеара совдегар БатIал.
- Воха ма вохалахь, Олхазар,- элира цо.- Хийла кIант висна хьуна тIера да дIа а ваьлла. ХIун дер тIаккха, Делан кхиэл хийца йиш яц-кх вайх цхьаьннан а. Хьан да бакъдуьненахь ву. Дала гечдойла цунна. Дика стаг вара иза, дика стаг.
Оццу дешнашца кхин а дуккха а нах тIеоьхура Олхазарна. Сила-а долчу халкъана новкъа деанера цуьнан ден валар. Наха иштта дакъалацаро мелла а байбира кIентан даг тIе бижна халахетаран мохь.
Тезетера дIавоьдуш, цхьаьна иисвелира БатIаллий, Бекмарзий.
- Хьуна хIун хезна хIокху гIуллакхах лаьцна? - хаьттира совдегара шен даржехь хIинца а чIагIвелла валаза волчу юьртан дега.
- Бакъ ду-дац хаац суна, амма наха дийцарехь, хьуьнха дечиг даккха баьхкина болчу салтийн говраш ядийна хилла-кх къуша. Церан лорах богIуш хиллачух тера ду-кх салтий,- жоп делира вукхо.
- ИсмаьIал хIунда вийна кхара тIаккха? - хиллачун дуьхекхиа гIертара БатIал.
- Цунах дерг суна ца хаьа хьуна,- бохура Бекмарзас.
- Со стенах шек ву дийций ас? - аз лахдира совдегара. Гонах дIаса а хьаьжна, шабарш дан вуьйлира: - Вайн юьртахо цаьрца цхьа барт болуш хиллий техьа? Хазахета топ тухур ма яц гIазакхичо а. Цхьа хIума доцуш дац хьуна иза.
Бекмарзина ца тайра и дешнаш. ХIокху тIаьхьарчу хенахь паччахьан Iедалан векалшца шен ма-хуьллу гергарло таса гIерташ лелара хIара. Хьатуца хиллачу къамело дуккха а хIумнаш хийцира цуьнан дахарехь. «Бакъ луьй иза,- ойла йира Бекмарзас-Муьлхха а Iедал дан а ду Делера. ТIехь Iу воцу бажа санна, баьржина бу нохчий. Паччахьо шен олаллина кIел лаьцча, яккхий гIоленаш хир ю массарна а. Шаьлтанашший, дедайх йисина мажар-тоьпашший хIун ю когера коьрте кхаччалц уггар дикачу герзах боьттина болчу паччахьан салташна дуьхьал яха! Цу тIе, церан хьаькамаша схьахьедарехь, уьш ламанхойн гIуллакхашна юкъа гIертар болуш а бац. Дин а шайн луъург леладе боху. Юьртан къеда а, юьртан да а шайна юккъера харжа... Талораш а ца дичхьана, Iедална муьтIахь а хилчхьана».
Цкъачунна гиххошний, салташний юкъахь маслаIат дара. Оцу тIехь доккхах долу дакъа кхочура Хьатуний, кхунна, Бекмарзиний. Цу шиммо тIекаре латтайора гIопарчу воккхачу эпсарца. ХIинца и, къацахетарша еттарш, говраш ядор бахьана долуш, дерриг а доха мегаш дара. Кхара эпсар теша ма винера шайн юрт машаре хиларх. Катоьххана хIокху гIуллакхан цхьа йист ца яьккхича ца йолура. Цундела Бекмарзина ца дезаделира ИсмаьIал говраш ядийначарех дIатухуш деш долу къамел.
- Веллачун къа хьаьрчар ду доцург дийцинчух,- элира Бекмарзас, вукхуьнан бIаьра а хьоьжуш.- Цу тIе, иза волчарна дIахезча, жоп доьхур долуш хIума а ду. Хьо санна волчу стагера долуш товш дац мотт-эладита. Варийлахь, кхечухьа тилкхаза валий а хьаха ма делахь и. ЮьхьIаьржонан сахьт дац,- кхерам тесира цо совдегаран даг чу.
|