Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча
I
 

- ХIорс тох, кIант воккхуш!

- ХIойт, гора бал яI!

- Хьовзае, хьан нанас ца йина хьуна!

КIант винчохь хIоттийна юьртан ловзар мIаькдаьллера. Кадечу хелхарехь хьийзара Олхазаррий, Таймасхий. Горгачу юьхь тIера коканаш санна долу йоьIан Iаьржа бIаьргаш, эхь хеташ, охьадахийтина дара. Нагнаггахь цо корта хьалаайбича, кIант ларавора царна чохь безаман марзо а, лаамийн шовкъ а ган. Дависа цуьнан делаI, дукха боца бу-кх и исбаьхьа мур - бIаьргне-гIар тухучу юкъана.

Эрз санна юткъа йолу йоьIан гIодаюкъ къевлинера дато варкъ даьккхинчу доьхкано. Олхазара бохь а бугIуш, ша лаьттачохь иза хьаьвзачу хенахь боккъалла бай-й хьоькхучу бIаьстенан мохехь техкачу эрзах тарлора Таймасха. ДегIана тIелетта йолу таьIнасийначу бесан гIабали товш яра йоIехь. Хелхаран болехь цо шуьйра даржош дIасатесна пхьуьйшаш гIаргIулин тIемаш санна детталора хIаваэхь.

Олхазар а вара куц долуш кIант. Лекхачу дегIахь, Iаьржочу аматахь, дика хелхар дан а, забаре дош ала а хууш. Шо гергга хан ю иза Таймасхина тIехьийза. Дукха тIе ца кIавахь а, йоIа кхин шех къехкош а вацара дехьа юккъерчу хьархочун ИсмаьIалан кIант Олхазар. Юьртахь дика цIе йоккхуш а, наха лоруш а доьзал бу цераниг. ХIокху юьртахь хьовха, махкахь а хуьлуш дерг хууш йолчу жерочо Бикатус дийцина кхунна церан ворхIе а дай муьлш бу а, уьш мичара схьабевлла а.

Тахана хIокху ловзаргахь догдохуш Iаш Олхазарна шайн юкъаметтигашкахь дуьххьара тосаделира Таймасха къаьсттина тидаме а, ша бохучунна тIетан а резахилар. Цундела цо сацам бира, кханнехь лулахошка ирахь Iен чу а кхайкхина, цуьнга хан йиллийта.

- Гора къоналла яI! Ма мерза стом бу-кх хьо, бан!

- Дера Таймасхин да вехачу керта кестта захалш бисса ма мега!

-И шиъ цхьаьна догIуш а-м дера ду. Барт цхьаъ бойла!

Лоькхучу пондаран а, еттачу вотанан а гIовгIанехь юьртахойн и маьхьарий шера дIакхочура Таймасхин лере. Цо сема хилла ладоьгIура цаьрга, цунна хьоме дара уьш. ЙоьIан готтачу кийрахь цкъа безаман цIе кхерстара, юха ойла тIекхуьуш боцчу цхьана кхерамо дог шелдора. ХIокхул хьалха цкъа а девзина доцу цхьа башха хьал доьссина тховса цуьнан синтеме боцчу кхетаме, аьрхачу ойланашка. Гуш боцчу, амма хьегамечу, мерзачу ницкъо дIа ца хоьцуш, шена тIеийзайора иза, хьоьстура...

Бал чекхбелира. Олхазаррий, Таймасхий дIасадала а кхиале, ловзаран шуьйрачу гона юккъе иккхира паччахьан инарлин туьтамIаьжиг коьртах йоьллина волу жухарг. Цуьнан белшаш тIехь яра хьаьжкIийн хьесех а, кIадин цуьргех а йина погонаш, доьхка хуьлучохь - масех шед беш бихкина муш, туьран меттана хаьн тIе оьллина гома гIаж, бIоржамаш санна мекхаш. Иза гучу ма-веллинехь, сила долчу адамашна юккъехь белар иккхира. Важа-м шек дIа а воцуш, цхьа ког хьалха а тесна, мекх ирх а хьийзош, кура кеп йина, дIахIоьттира. Нах гIадбахана боьлура цунах.

Чета куьг а дахийтина, цхьа кехат схьаэккхийтира жухарг-инарлас. БIаьргашна хьалха иза а лаьцна, доьшучуха, аз тодеш, къамеле велира.

- Ахьмин кIант Бетарсолта, хьалха валал, суна а гойтуш! Хуьлуш дерг боккъалла долчуха, нахана юккъера сехьавелира цо цIе яьккхинарг.

- Хьайна тIехь схьадалаза гIуда дуйла хаьий хьуна? - чукхохкавелира цунна жухарг-инарла.

- ЦIе яржа кIегаш тIе, хIинцца ма дара со оцу балех ваьлла, -йиш йоьхна хьаьвзира миска стаг.

- Ахь схьаделла кIуьра тIера, цхьа маIа йойначу гомашна тIера, шайн бешарчу бун чохь нIаьнина улло хууш йолчу доца цIога долчу бероза котамна тIера, - охьадагардора гIуда даккха веанчо. - Амма, - эццахь аз чIагIдира цо, - оцу нIаьнина улло хуучу доца цIога долчу бероза котамо кху бIаьста тойна а хиъна даьккхинчу кIорнина тIера схьадалаза ву! Мискачу стага доккха садаьккхира.

- Ва, инарла, - элира цо, -ахь дуьйцу и кIорни цул тIаьхьа дукха хан ялале куьйрано ма даьхьира. Цуьнгара схьадехахьа и гIуда.

Мискачу стага «инарлина» деллачу жоьпана шаьш резахилар керлачу ницкъаца иккхинчу беларца хаийтира наха. Олхавар а вара оцу шатайпанчу дешан къовсамах самукъадаьлла доггах воьлуш Iаш. Амма иза виц ца лора кест-кеста Таймасха йолчу агIор бIаьрг кхарсто. Цкъа-шозза цу шиннан хьежар дуьхь-дуьхьал нисделира. Иштта меттиг моссазза еа, йоIа, цIийлой, бIаьргаш охьадохуьйтура. Ткъа «инарлин» а, мискачу стеган а дов-м гуттар марсадаьллера.

- Хьо сох воьлу, аьшнаш ван гIерта? - чуьравуьйлура жухарг-инарла. - Делора вара ас хьо, буржалш а тоьхна, Сибреха вохуьйтур. - И дешнаш тIечIагIдан санна, шен «салташка» омра дира:

- Схьа а лаций, набахти чу волла иза!

Кегийчу наха куьйгаш-когаш а лаьцна, докъаполла бина иаьхьира важа.

- Паччахьан Iедало шен векал веш хIокху юьрта тIе хIоттийна волу Олча-Махьма, схьагучувалал, - буьрса кхайкхира жухарг-инарла.

ДаьIахкана тIедоду меца жIаьла санна, «инарлина» хьалха дIахIоьттира юьртан да.

- Со ладугIуш ву-кх хьоьга, хьан сийлахь-возалла, - хьаставелира иза.

Жухарг-инарла чIогIа оьгIазвахнера. ГIажтур а даьккхина, вукхунна тIеволавелира. Ласттийна гIаж ялийтира. «Юьртан да» «ахIи-ахIи» дан хIоьттира.

«Инарлас» цу юкъана бехкаш дохура:

- Хецна битна ахь хIара боьха ламарой. ТаIзарехь бахкичий бен хIорш мегаш ма бац! — цIогIа деттара цо.

- Ас хIун дан деза царна, ладугIуш ца хилча? - бехказвала гIертара «юьртан да», гIаж кхеттачу метте куьг а хьоькхуш. «Инарла» карзахвуьйлура.

- Ас дуьйцур ду хьуна хIун дан деза, - бохура цо. - Цкъа хьалха тоьпаш тохий, охьабахка, тIаккха шаьлтанаш хьакха!

Адмашна юкъахь маьхьарий девлира:

- Дера вайна чохь са дита-м ца воллу «инарла»!

- И, хьаха, ду цунна цахиндерг!

- Цул гIолехь-м вайн юьртан да а вац хьуна.

Оцу дешнаша вагийра тхьамдина аьтту агIор хиъна Iаш волу Бекмарза. Бегашийна дийцахь а, цунна дика хаьара тховса хIокху ловзарга гулбеллачарех дукхахберш оццу ойланехь хилар. Юьртахойн шега болчу цабезаман бахьана цунна гора, ша хьал долуш а, паччахьан Iедалан дайшца бертахь а, лела хууш а хиларехь. Юьхьанца дуьхьала вара иза ламанан махкахь шайн керста дин даржо гIерташ генарчу Россера баьхкинчу эпсаршний, салташний. Резавацарца хьоьжура церан гIуллакхашка. Амма цхьана дийнахь дерриг а хийцаделира. Суьлийн махкахь хьуьжарехь дешна а, Хьаьжин цIийнахь хилла а волчу Хьатуца къамел тасаделира Бекмарзин цкъа жамIат-маьждигехь. ХIетахь дуьххьара хезира цунна и дешнаш: «ХIора Iедал а Делера ду». Бекмарза цецваьлла висира Хьатун багара и даьлча. Иза тергал а ца деш, вукхо шен къамел дIадора:

- ХIокху доккхачу дуьненахь цхьабосса ши адам а ца кхоьллина Дала, — бохура цо, хьийзочуьра суьлхьанаш а ца совцош. -Тамаша бойла юй тIаккха хIоранна а шен-шен кхетам, хьекъал делла хиларх? Цуьнга хьаьжжина, нисдо стага шен дахар. ХIорда йистера гIум санна, дукха адамаш деха вайн лаьтта тIехь. Къаьмнашка, тайпанашка, тукхамашка декъаделла уьш. Цара буьйцу шайн лазамаш, цара лору шайн гIиллакхаш. Амма вай дерриш а цхьана Далла тIедаха дезаш ду, - дерзийра Хьатус.

- ОстопираллахI, остопираллахI! - кхин а чIогIа цецваьллера Бекмарза. - Ма-доккха хIума ду-кх сан лергашна хезарг. Жоьжахатан бIогIам хилла латтал Iеса хабар хета-кх суна ахь дуьйцург, ва Хьату.

Лерина ла а доьгIна, оьгIазвахар я дегабаам бар доцуш, аз ца хуьйцуш, кхидIа а шен къамел дора Iеламстага.

- Делан къайленаш дукха ю, - дIадолийра цо. - Уьш йовза тарлуш дац цхьана а садоьIучу дегIана. Делахь хIета, Дала ша кхуллушехь кхоьллина-кх хIара дуьне иштта: тайп-тайпана динаш, тайп-тайпана хьекъал, тайп-тайпана меттанаш долуш. Вала везачу стеган ницкъ кхочурий техьа царех бакъдерш къасто, харцдерш дохо? И дан гIортар Далла дуьхьал валар санна хIума ду.

- Ахь бахарехь, - кIел ца вуьсура важа, - хьакха а, къилахь елла хIума а юуш волий, кочахь жIар лелош волий, суьрташна корта бетташ волий гIазакхи а, Дела цхьаъъий, Мохьмад-пайхамар баккъий вина волу со а цхьабосса ву-кх хастам хиларна хьалха?

- Кхоьллинчуьнга бен далалур дац цу хаттарна жоп, - кIелхьаравелира Хьату. - Цунна дита вай цо дан дезарг, ваьшна тIехь доцург тIе а ца лоьцуш.

- Церан Iедал а нийса ду бохург ду-кх хьан и? - дуьхе кхиа гIертара Бекмарза.

- Дацахьара, Дала тоххарехь тIепаза байина хир бара уьш, - кхетийра Хьатус. Жимма хан юкъа йолийтина тIетуьйхира: -Цхьа а Iедал Делера бен хуьлийла яц, цундела иза лара а деза.

Ойланийн чалх хьийзара Бекмарзин коьртехь. Дукхе-дукха хьалха, хIара жима бер долуш, нана Iара товхи хьалха а хиъна тIергIа пазат юцуш. Уьйригца ловзаваьллера кIант. Кестта юьхьиг а, йист а ца карош, хьирчина, хIун ю а цахуург хиллера цунах. IIанна гучувалахь, шен цIока тусур юйла хууш волу жима Бек-марза, къайллаха цхьа дабагI дан гIертара. Амма гIуллакх хуьлуш дацара. ХIетахь шегахь хилла хьал карладелира цунна, Хьатуца къамел хиллачул тIаьхьа. Мел гIертарх, хезначух нийса маьIна даккха, тен юьхьиг кара ца йогIура. Бакъду, дукха хан ялале иза кхета-м кхийтира паччахьан Iедалан векалшца гергарло хилар цаьрца къийсарал гIолехь хиларх...

Дерриг а дика дера дара, нах IадъIахьара. Шайн баганаш совцош бац. Гой хьуна, хIара юрт яккхал долу ловзар кхунах делош, аьшнаш веш оцу Делан мостагIчо лелориг! Ша коьртах бIегIаг йоьллича, суна вевзар вац моьтту хир ду цунна. Собарде ахь, сан кара вогIур цкъа...

Оцу муьрехь жухаргана-м дагахь а дацара шена церг хьекхош хилар. Цкъачунна хIара вара «инарла». Цунна хьалха гIа санна вега а веш лаьттара «юьртан да».

- Хьо кхийтирий сох? - тIечевхира жухарг-инарла.

- Кхийтира, - гIийла жоп делира «юьртан дас».

- Кхеттехь, дийцал, хIун дан деза паччахьан Iедало бохург ца деш болчу нохчашна?

- Хьалха шаьлтанаш а хьекхна, тIаккха тоьпаш тоха еза-кх, -эккхийтира вукхо.

- Iовдал! Хьалха шаьлтанаш хьекхча, юха тоьпаш муха тоха иоллу хьо? - цавашарца хаьттира «инарлас».

- Ой, - кхета ца туьгура «юьртан да», - хIун бен ду и, хьалха тоьпаш а тоьхна, тIаккха шаьлтанаш хьаькхча а, я цкъа шаьлтанаш а хьаькхна, юха тоьпаш тоьхча а, уьш бойуш дирзичхьана?

- Цу тIехь-м хьо бакъ а ма ву, - тIетайра жухарг-инарла, -бойуш хилчхьана...

- Байа-м чIогIа бойу, - тIечIагIдира «юьртан дас». «Кхахь-кхахь» оьккхуьйтуш, деладелира довзар. Догучу

кIегашна тIе хаийча санна Iара Бекмарза. Мича эккхар ву ца хууш, холчохь вара иза. Жухарг вийча а, цунах дог Iебар доцуш. «ХIара диларийн тIекха БатIал мукъна а ма велира и шен бугIанан бIаьргаш кхунна тIе а боьгIна Iаш. Хьажал цуьнга, хьажал, адамах тера дуй цуьнан хатI а: чами санна бага, гIеххьа йолчу гIабакхал хир болу мара, ворхIанна баъал корта. ХIай, хьан дена хила неIалт, хIан хила!»

Бекмарзин и ойланаш хиъча санна, «бойуш волу инарлий, «юьртан дай» витина, хьоло вукъвинчу совдегаран коча вахара жухарг.

 

- ХIинца сан къамел хир ду вайна массарна а хьовха, луларчу ярташкарчу жIаьлешна а дика вевзаш волчу совдегарца Къуркъаш-Махьмица, - дIакхайкхийра цо. Шена бен сту беллехь а кхин хазахетар доцуш хазахийтира Бекмарзина и хезча. Ткъа совдегар БатIал, кIел баI нисбелча санна, меттахъхьен велира.

Шина жимчу стага дехьарий, сехьарий а лаьцна, ловзаран гона юккъе ваьккхира жухарга цIеяьккхинарг. Важа-м дIа махец-цанехь, гIортор дIаяьлча хаьрца гали санна, ша лаьттачохь охьавахара.

- Ахь хIун до, хIай? - ца кхета кеп хIоттийра жухарга. -Хьо ма паргIат вели, нана маре яхча санна.

- Атта ду моьтту хьуна хIара мохь текхо?! - Оцу дешнашца «совдегара» дуо санна долчу шен ге тIе дай-й куьг хьаькхира.

- Ца моьтту хьан а, сан а десара, - элира жухарга. - Вуно дика а ма ду хьо сан хьаьвди тIехь латта ца дезаш. Хьала мукъна а гIатта цу ченалара.

- ГIо дехьа суна, - дийхира «совдегара», Iаччохь тоха а луш. Жухарг-м дагахь а вацара цунна орцахвала. - Ваша вала цу къамелан, - бохура цо. - Тахана уьстагIан гIоггIий, галнийн теккхий, кхо сискаллий, тIон богий, кхорийн цуй, хингалшший оцу хьайн гетIуьнтIаг чу тилош хIунда ца кхайкхира ахь соьга гIоьнна?

- Ишттачохь-м со-суо а ларавора, - велаозийра «совдегар». Жухарг декхарийлахь ца висира.

- Цигахь ларавахь, кхузахь а ларо веза, - элира цо. ДIасаветтавелла-веттавелла, веалара хIоьттира «совдегар». Резахилла, гонах бIаьрг кхарстийра. ТIаккха, шек а воцуш, дIахьедира:

- Хьажахь, мел атта хилла ишта лела. Со кхин шина кога тIехь нисвала гIертар а вац-кх хьуна.

Жухарга тIетуьйхира:

- Важа мел атта хир ду, гена охьакхийда а ца везаш. Ловзар гIаддахнера. Цхьа БатIал вара, мархаш яьхкина де санна, кхоьлина. Ша Iаччохь шаьлтан мукъ къуьйлура. ОьгIазло кхехкара кийрахь. Наха шена бехк буьллур бацахьара, тоххарехь хьала а иккхина, оцу къотIалгIа йинчу хIуьмалган чуьйраш охьахоьцур яра кхо. Амма и дан йиш яцара. ВорхIе а дайшкара схьадогIуш ду ловзаргахь жухарга хIуъу а леладахь а, цунна гечдан дезаш хиларан гIиллакх. Цул сов, и лар ца дича, ша гучу а вер ма ву. ХIинца-м дерриг а забарна тIе тидина, шех хьакхалуш доцчуха, Iийча а волу. Делахь а, чIогIа дастаме даьккхина дуьйцу-кх оцу седа дуьхьал варо хьоладайн гIуллакх. IадIе хьо, хьан лаг-м ас лоцур ду хьуна, мацца лаьцна а!

Ша шен теван гIерташ, ишта ойланаш йора БатIала. Мелла а ша меттавеъча, мехкарийн могIарехь тхьамда Iачу Бикатуга кIелдIахула-а бIаьрг туьйхира цо. Нисъелла аьлча, кхин шел нисъелларг хир йоцуш жеро яра иза. Хи диллина хьаьжкIа санна хьийкъина, ткъе пхеашарера яьлла, куц-кеп долуш, ког тоьхначуьра шовда а доккхур долуш, ша хьалха хьийзар йолчун дог-ойла юьйлина топ санна латтор ойлуш стаг яра-кх Бикату, БатIалан хьекъалехь. И чуьра нажжаз, ког кхетта а дIаяьлла елхьара, хIокхо нахе кхочуьйтур йолуш жеро а яцара-кх хьуна иза. Давуьсийла цуьнан делаI, меттиг ца яьр техьа куьйрано кхокха санна, и тило!

- БатIал ваккха, БатIал ваккха! - кхечира цуьнан лере. ТIаьхьа хIоьттина берийн могIа а болуш, рагIу кIелахь динчу цIа чохь къайлавелира жухарг. Хелхаран рагI совдегарехь яра. Шега дехарш ца дойтуш, вай-й гIаьттина, воьдуш лаьтташехь мехкарийн тхьамдина тIе а вахана, иза шеца хелхаяьккхира БатIала. Итт шарна ша къонвелча санна хетара бохь боьгIучу совдегарна.

- ДIа ма яьллахь! - мохь туьйхира Олхазара. Иза волчухьа а йирзина, Таймасха эсала елаозийра.

Дуьне Iадо санна дийкира цIеххьана:

- Ва, нана-бусалбанаш, орца дала. БIо богIу!
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)
[удалено]
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека