Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

ДОШДЕРЗОР

Хьайдарбек ца Iавелира ша Даркеш вийначу меттиге бIаьрг тоха вахаза. Тоххарехь гIодамийн такхорна уллохь карийнера цIетухург, амма цхьана ницкъо цигга тIеийзавора иза. ДIакхачча воллуш, кхиъна йогIучу ча-кIорнина тIеIоттавелира. Нисъелла цIока ер яра цунах... Цу тIе, чан жижиг дарбане лоруш а ма ду. Шина бIаьрга юккъе хьажийна, топ туьйхира цо экханна. Шийла мохь баьлла, ча-кIорни яла юьйжира. Мичара эккха ца хууш, схьаиккхира борз. ЙогIуш лаьтташехь, кхосса-елла, стеган логан шад а лаьцна, иза хьекхо йолаелира Сираниг. ШолгIачу дийнахь орцах ваьллачу Сапарбекна вовшах хьаьрччинчохь са даьлла Iуьллуш карийра Хьайдарбеккий, къена борззий.

Кхокха, кIант карахь а волуш, учахь цIийнда цIа варе хьоьжуш лаьттара...

Дийна делккъехь а чIурам а латабой, паднара кIел хьоьжуш, чуьра хIора са толлуш, мотт-гIайба тIекIелтухуш, вахьийча санна, ша шега шабар-шибарш а деш, чухула хьийза Марусян хIусамда Епифан. Лерина цуьнга ладоьгIча, къаста тарло дешнаш: «Мича дахана и... Кхузахь цхьанхьа дакъа хила деза. Суна дика дага ма догIу...»

Дукха хан ю иза ша цхьаъ висна. Маруса эпсарца дIаяхна бохуш, дуьйцура. Амма хIара ца тешара. Ца тешахь а, бакъ-м дара. Покровскийс шеца Петербурге дIаюьгур ю иза. Юьртарчу цIеношкахь болх байта. Аьхке цигахь йоккху майрачой, зудчой. Цкъа цхьана дийнахь дитта кIел хIоттийначу стоьла хьалха вареница чай молуш Iаш, Бельскаяс шена чIогIа халахетарна кеп а хIоттош, эр ду:

- Хьажахь, ма къахета суна цунах...

- Хьанах? - кхетар вац Покровский.

- Оцу вайн къоначу гIарбашах, - шек а йоцуш, жоп лур ду кхуьнан хIусамнанас. - Мел жима яра иза... Хаза... Хьуна муха хетара, хьомениг?

- Цхьана агIор... Вуьшта, - шен вохар ца гайта гIерта цIийнда. - ХIун хилла цунна хила?

- Хи чу яхна...

Цу тIехь харц лоь иза. Ша барт а бой, хи чу тоттуьйту цо иза кхечу гIарбаше. Цуьнан шен майрачуьнца йолу юкъаметтигах шек а йолий...

Кестта иза йицло Покровскийна. Кхин гIуллакхаш хьалхадовлу. Тифлисе воьдуш, ТIулган гIопахь буьйса яккха соцу хIинц-хIинца инарлин дарже ваьккхина Сергей Петрович. ХIокху меттигашца доьзна дуккха а ду цуьнан дахарехь. Ойланашка ваьлла Iаш волу Сергей Петрович юкъахвоккху чувеанчу адъютанта:

- Хьан сийлахь-воккхалла... - КхидIа ша хIун аьлча бакъахь хир дара цу хууш, вухий, соцу иза.

- Со ладугIуш ву, - резавацар ца лачкъало инарлига.

- Хьан сийлахь-воккхалла, цхьа тамашийна йоккха стаг-нохчи ю-кх цигахь, - халла дешнаш вовшахтуьйсу къоначу эпсара. -Уггар лакхарчуьнца гIуллакх ду шен боху... ЧIогIа мехала гIул-лакх, - тIетуху цо бехказволуш санна.

Цхьа хIума меттахъхьов инарлин даг чохь.

- Схьа чу яийта.

БIаьргаш неIсагIина тIебоьгIна бу Покровскийн. Чоьхьа йолу йоккха стаг. Лерина цуьнан бIаьра хьожу корта къежбелла Сергей Петрович.

- Инарла, паччахьан деза совгIат схьадахьаш еана со... «ХIаъ, цхьа а шеко яц... Иза ю... Таймасха!»

- И муха кхето деза? - кхин ша хIун аьлча нийса хир дара ца хууш, хьалха метта боьххье деанарг хотту Покровскийс.

- Сайна тIехь декхар дуьсийла ца лаьа...

- СовгIат декхар ма дац.

- МостагI накъост а вац...

Бриллиантан кочауллург инарлина хьалха охьаюьллу хьешо. Чубузучу маьлхан зIаьнарш ловзу бриллиантан бIаьргаш чохь. Лаамаза оцу хазалле хьажавеллачохь латта вуьсу инарла.

...Берда йистехула хьалайоьдучун букъа тIехьа кхозу маьлхан йоьзан хIоз. Юха ца хьожуш, болар ца лахдеш, хьалаоьху иза. Аренан паргIатоне даьлла Гих, аьрха амал хуьйций, синтеме дIаоьху, бIешерийн шен некъ беш...


Предыдущая страница | Страница 36 из 36
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)

Неудачно.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека