XXXII
...ШолгIа кIира дара Таймасха Петербурге схьакхачийна. Инарла Невельской паччахьна тIе ца кхачалуш холчахь вара. Амма иза кхетара, кхолладеллачу хьелашкахь монархан шега ладегIа дог догIург цахиларх. Цкъа гIовгIа дIа а тейтина, дерриг а дIадижийтина, тIаккха шечуьнца юкъавер ву хIара. Цкъа-чунна мехала йийсар Петропавловски гIопехь дIатарйийр ю. Къаьсттина кхераме пачхьалкхан мостагIий чубухкучу набахтехь. Цигара ведда вахана стаг вац.
ТIулг буттуш йина набахтин готта чоь кошах тера яра. Гуттар а бода лаьттара чохь. Са долу хIума дацара гонах хаалуш. Билггалчу цхьана хенахь, хIора дийнахь кхача бохьуш гIарол вогIура. Вист ца хуьлуш, ша еанарг охьа а хIоттайой, дIавоьдура иза. БIаьргашна гург мокха тIулг бен бацара. Жимачу корехула арахьаьжча, хIумма а ца къасталора. Дуькъа дохк кхозура хIаваэхь. ТIуьна яра чохь.
Кхузахь дерриге а керла дара Таймасхина. Шена цкъа а девзина доцчу дахаран кIуркIаманис чуийзайора хIара.
ЧIогIа цецъяьккхира хIара некъо... Цуьнан йист ян а яцара. ДIаоьхура денош, буьйсанаш. Гуьйре Iаьнгахьа лестира. Некъ хедаш бацара. Яртех, гIаланех буьйлуш, дIаоьхура хIорш. Хаддаза догIанаш оьхура. Некъ хударбаьллера. Говрашна ницкъ хуьлура. Амма йоццачу ханна садаIа а, говраш хийца а, кхачанах кхета а бен ца совцуш, хьалхахьа дIаоьхура.
Сема ха дара Таймасхина хIоттийна. Шен-шен хенахь хийцалора салтий. Эпсара куьйгалла а деш. ТIе стаг ца воуьйтура. ХIара дIаса ца йолуьйтура. Когех буржалш тоьхнера.
Цкъа цхьана суьйранна, тIедоьлхуш догIа а долуш, арахь вовшашка маьхьарий детташ, къамелаш дора хIара эцна боьлхучара. Цхьа дош кхетийра кхо: Петарбух... Талмажа хIорш новкъа-бовлуш схьааьллера хIара мича юьгуш ю.
«Далла бу хастам, - доккха са даьккхира Таймасхас. - Чкъургийн цIийзаррий, догIанашший, сецаршший-х хир даций. Ма доккха хилла-кх хIара дуьне, хила. Йист ян а юй техьа кхуьнан? Хьаьгна-кх, парггIат дIа а йижна, наб ярх, Iуьйранна хьалагIеттича, стигал гарх, лаьтта ког ловзарх... Сел гена хIунда юьгу техьа со кхара? Йийна дIа хIунда ца йэккху, соьга хIара бала а ца хьоьгуьйтуш? ХIун дагахь бу хьовха.? ЮьхьIаьржонах ларъелахь со, веза-воккха дела. Стогаллех маяккхалахь. ТIулгал чIагIделахь сан дог!..»
Ша набахти чу йоьллинчу хьалхатчу буса чIогIа наб кхийтира цунна. Цхьа а гIан ца гуш. Мел ]иллира а ца хаьа иштта. Хенан зIе хаьддера цунна.
Кийра бассабеллера. Цхьана а хIуканан ойла ца ян гIертара иза. Хьекъал ца тоьура шеца хуьлуш долчух кхиа, цуьнан мах хадо. Кхолламан мохо бухдаьккхинераТаймасхин дахаран дитт. Орамаш лаьттах схьадаьхна синтар санна, якъаелла, дIайолуш лаьттара иза. ГIелделлачу дегIехь халла хаалуш са дара. Цхьа сатийсам а биснера: Iожалла. Ма-хуьлгу сиха. Кхин лаам бацара. Дахарх хаьддера иза. Iожалла тIе да йогIура. Адамна уггар халаниг ю цу шинна юккъера къора аса. И ях мел ели а IаьIа, алсамболу цуьнгара бала. И бала хьоцура Таймасхас.
ГIенаш ган дуьйладелира. ХIара шен ма-хуьллу наб ца кхетийта гIертара. Ницкъ бацара уьш лан.Самаяьлча, кхин дан вон ца дуьсура. Набарца къуйсура цо. Цхьана юкъана хIара тулура.. амма тIаьххьар а, гIеллой, къийлалой, кхин тоха са а ца хуьлий, ша Iаччохь дIахаьрцара. Синкъераме гIенаш дацара уьш: ког галболий, кIоргачу Iин чу южура... Са доге кхочура оцу муьрехь. Гуттар халаниг дара кхочучу охьакхаьчна цаялар. И хан яхлора, цо ницкъ бора, холчахIоттайора.
Кхетамчуьра йийла йолаелира иза. Кхача бохьуш чувеанарг а дахкарлахь санна гора. Цкъацкъа пенаш дIасадовлуш санна хеталора. Цхьаммо дIакхойкхура кхуьнга... Хьала а гIоттий, масех гIулч йоккхура. Галйолура. Когаш тIехь саца а ца лой, охьаюжура.
Де, буьйса ца къасталора цуьнга. Ша санна долчу адаме йист-хиларх хьаьгнера. Ша-шега лен елира... Мотт бицбаларна кхоьрура. Балдаша шабарш дора: «Дакъаза ма яла хьо, Таймасха... Ма бIаьрза хьаьвзи... Дийна йоллушехь, юьжу мотт кошахь билли хьуна. Ма дика ду соьгахь дерг нанна ца хууш... Дена... Олхазарна... Даркешна... Со дIа хIунда ца йоьху аш? Дукха хан яьлла вай ганза. ХIара ловчул, еллехьара атта дара. МостагIий ма кхаьрда хир бу сох... Кхаьрда... Хьовсал нохчийн бIо-баьччига! ГIелъелла, тишъелла, тиларчу яхагерга ю... Кхин доьналла долуш нах баций и нохчий-м. Къайлах талораш данний, тIаьхьашха тохий бен...»
Церан белар хезаш санна хета Таймасхина. Куьйгашца лергаш дIакъовлу, амма лерера белар дIа ца долу.
«ХIан-хIа, цунах гIуллакх хир дап. Со яха еза! Церан хIуьттаренна. Шайна моьттург бакъ доцийла хаийта. Нохчийн собар, стогалла гайта. Цкъа а лийр йоцуш санна. Халонех бIо ца къажош. Сайх уьш ца боьлуьйтуш, суо царах йоьлуш... Эшнарг воьлху, тоьлларг воьлу. Хийцалур вай! ТIамехь йийсар ца йина аш со. Йохийна, кара ца ялийна. Сайн накъостийн дахар а, юьртан маршо а эцна сайн паргIатонца... Беза мах текхна аш... Вуьшта, со лаца ницкъ ца кхечира...
Кхача бохьуш чувогIу гIарол. ЦIеххьана цуьнан бIаьра а хьожий, тутмакх ела йолало. ГIарола шеха кхетадо иза. Кхералой, сихха араволу.
Паччахьан цIийнахь хIоттош той ду. Мехкан да сакъераделла ву. ТIекхечи Невельскойс лийрина сахьт.
- Хьан веза-воккхалла, нохчийн гIаттам хьаьшна, дIабаьккхина.
- Далла бу хастам! Империн дегIа тIера цхьа даI дирзина. ХIун хилира цунах?.. Мила яра иза?..
- БIо-баьчча Таймас-ха, хьан веза-воккхалла.
- ХIаъ, мичхьа ю иза?
- Петропавловски гIопехь, хьан веза-воккхалла... - Кхаьрга лерина ладугIуш ю паччахьан зуда. Лере а таьIий, цхьа шабарш до цо майрачуьнга.
- Кхуза схьакхачае иза, - омра до паччахьа. - Суна ган лаьа иза.
Инарла Невельской кхочушдан дIахьоду. Цхьа а минот йой-ийла дац. Хьалххе кечвина Покровский, Бешар-талмажжий.
...Чохь мел берш Таймасхига хьаьжжинчохь буьсу. Юккъерачу дегIахь, екъна, Iаьржочу аматехь... БIаьргаш... ЦIе санна догу уьш.
- Паччахьа хоьтту хьоьга, Таймасха: терго муха йо хьан? Ницкъ бой хьуна? - Бешар-талмажан аз дегош ду.
- Терго йо, - лохха жоп ло Таймасхас. Талмажа гочдо.
- Дохкояьллий айхьа лелийначунна?
- Ца яьлла.
Бешар-талмаж, ша и муха гочдийр ду ца хууш, вуху. Массеран а тидам цунна тIехь соцу.
- Дохко ца яьлла... Яьлла... боху...
- Паччахьан къинхетам боккха буйла хаийта цунна, - жоьпах шекваьлла мехкан да, къамелан урх шен карара дIа ца хеца гIерта. - Ас дахар ло цунна совгIатна. Паччахьан зудчун тобанехь гIуллакх дан дIа а оьцу.
Чуьрачарна юкъахь яй-й гIовгIа яьржа. Паччахьан догди-калло йийсар бина уьш. Хастамаш бо цунна.
- Баркалла паччахьна, амма суна дика болх бан шена боккъалла лаахь, ей дIаяккха, я и ца дахь, Нохчийчу дIаяха пурба ло, - Таймасхин аз чIагIло.
- Талмаж цхьана юкъана вуху, тIаккха гочдан волало, дешнийн маьIна паччахьна новкъадогIур доцчу агIор дерзо а гIерташ.
И дацара кхунна хаза лиънарг. Амма ша воьхна гайта йиш яц.
- Юха а герз карахь суна дуьхьала-м ер яц? - велало мехкан да.
- Ер яц. Ас дош ло хьуна... Къамелна юкъайогIу паччахьан зуда.
- Схьа тIе кхайкхал цуьнга...
Таймасха тIейогIу. Шена хьалхара схьа а йоккхий, бриллианташца кхелина дашо кочауллург дIакховдайо Таймасхига. Вукхо схьаоьцу.
Чуьранаш гуттар гIадбоьлху. Боккъалла а паччахьийн совгIат ду майрачой, зудчой динарг. Милла а цецвоккхур волуш. Кхих цхьанхьа а хезна доцу...