Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

XXXI

ЦIер тIе оьллина яй санна, кхехкара Кавказ. Цкъа цхьанхьа, юха кхечухьа шайн паргIатонехьа а, дозуш цахиларехьа а гIуьттура ламанхой. Паччахьан эскарша къинхетам боцуш хIаллакбора гIевттинарш. Амма паргIатонан чам бевзина халкъаш къардан атта дацара.

Ламанхойн гIаттам хилира Чергазийчохь. Кавказан массо а маьIIе орца эцна бахара геланчаш. Кхечира уьш Гихта а. Юьртан къаноша сацийра: чергазашна орцахдовла деза. И кхочушдан ткъа стаг къастийра, шайн коьртехь Таймасха а йолуш. Кхин сов адамаш дохуьтийла яцара, хIунда аьлча, юрт ларъян езаш хиларна. И гIуллакх Бекмарзина тIедиллира.

Кхеран тоба ГIалгIайчухула дIаяхара. Масех стаг схьакхийтира цигахь а. Сатоссуш арабевлла хIорш маьркIажан бода къовлалуш дIакхечира.

Оццу дийнахь Хьайдарбек гIопа мотт эцна а вахара. Беттан шолгIа оршот де а доццушехь. Ижун хьожа кхеттера...

Салтий шина декъе бекъабелира. Цхьаберш Таймасхин лорах бахара, вуьйш юьртана тIелата кечбелира.

Чергазийн гIаттам цIийлахь хьаьшира. Майра летара ламанхой, амма царах хIоранна итт-итт мостагI кхочура. Цул сов, паччахьан салташкара герз дика а, алсам а дара.

Нилхаелира гиххойн тоба а. Таймасха а тIехь дийна висинарг кхойтта стаг вара. Дегнаш доьхна бухабирзира уьш. Ца хаьара цул а ирчаниг хьалха дуйла. Вовшашна юкъахь зIе йолчу паччахьан эскаран дакъошна хала дацара хуьлуш долчух кхиа. Покровскийга хаам кхечира: гиххойн тоба цIехьа йирзина... Коьртехь Таймасха а йолуш...

Яндаркхина гена доццуш кIело йинера Покровскийн гIерано. ГIартата доцуш, коьллашна юккъе а левчкъина, некъа тIера бIаьрг дIа ца боккхуш, Iара эпсарш а, салтий а. Хан яхъеллера. ТIаьххьара а гучуелира дошлойн тоба.

Таймасхина гIеххьа тIаьхьабисна богIура важаберш. Сергей Петровична евзира иза: Iаьржа зуда! Ян а яра иза Iаьржачу аматахь. Духар а - Iаьржа. ХIинца кхуьнан карара ер яц иза. Пал тесча аьлла ма-хиллара, дукха дуьхьалонаш, новкъарлонаш йин кхунна Iаьржачу зудчо. Сагатдайти. Тоьур! Кхиберш санна болу мостагIа хилла ца Iа иза... Инарлас луьра омра дина: дийна а йолуш, йийсар е!

Синтеме доцуш деттало эпсаран кийрахь дог. Таймасха гергакхочуш лаьтта. ХIинца кхунна шера къаьста цуьнан юьхьан сибат... БIаьргаш...

Шерачу арахь йина кIело. ХIорш севцца меттиг кол яьлла ю. Царна юккъехула болу некъ. Шина а агIор салтий бу. Тоба тIех а ялийтина, юха ца бовлийта некъ боьхкур бу дIанехьо тебна Iачу салташа. Цу кеппара аьчкан го къовлало ламанхошна гонаха. Баха а, бовла а меттиг ца юьтуш.

Цкъачунна дерриге а эпсара ма-леррара схьадогIуш ду. Тоба гона юккъе нисъели. ХIара Таймасхех къастош ерг масех гIулч бен яц. Кхин хьем бойла дац. Каде новкъа эккха эпсар. Таймасха тIехь йолу дин, къаьхкий, тIаьхьарчу когашна тIе хIутту. Хьалххе йинчу билгалонца дийнна пен хуьлий дIахIуьтту салтий. И дерриге а бIаьргнегIар тухучу юкъана хуьлу. Гиххой ур-атталла герз даккха а ца кхуьу. Нийсса тIеерзийна тоьпаш ю царна.

Таймасхин а, эпсаран а бIаьргаш вовшашна тIедогIаделлачохь севцира. ХIинццалц деган кIоргенехь ю-яц ца хууш Iиллина ойла меттахъхьайра Сергей Петровичан: Iаьнан буьйса, ламанхойн юрт, кхуьнан сийнна бина синкъерам, хелхар... ХIаъ, галволийла дац: и бIаьргаш дара уьш... ХIара хилла-кх и -Iаьржа зуда!

ЦIеххьана цхьанна а дагахь доцург хуьлу. Дин, мох санна, пен бина хьалха лаьттачу эпсарний, салташний тIехьоду. Аьтту белш ягийча санна хетий, буйнара тапча дIахоьцу Покровскийс. Салтий, шаьш дан дезарг ца хууш, бухий хьаьвза. Iаьржа духар тIехь долчу беречунна топ ма тоха аьлла дина луьра омра ду. Дин ша ма-боггIура гора хевшинчу салташна тIехула а кхоссалой, ченан кIур бен тIаьхьа ца буьтуш, бов. Эпсарна шена йина чов новкъа яц, Таймасха кIелхьараялар санна. Хьанна моьттинера! Невельскойга хIун эр ду хIинца? Цуьнан бIаьргашна хьалха муха хIуттур ву?

Шийтта йийсархо шайца а волуш, гIера гIопа юхайоьрзу. Чов йина волу Покровский дарвелла. ОьгIазе царгашца балда а Iуьйшуш, ойлакашка ваьлла иза. Кхин вокгхавевеш бац юрт йохо баханчаьргара болу хаам а. Гиххоша чIогIа дуьхьало йо. Салташа гуо лаьцна, амма юьрта чу ца бовлало. Нохчашкахь йоккха топ а, дика герзаш а ду.

Чов йихкина ма-еллинехь, лоьро бохучуьнга ла ца дугIуш, дин тIе хуйй, шеца салтий а оьций, го лаьцначу Гихта ваха новкъаволу иза. Даго хьоьху: Таймасха цигахь ю. Кхин яха меттиг яц цуьнан. Гиххошца дерг тахана тIаьххьара чекхдаккха деза!

ГIопара гIо кхачаро дегнаш ира-кара хIиттийна салтий керлачу ницкъашца чухахкало юрт яккха. Царна тIехь куьйгалла деш ша Покровский ву. ГIуллакх ца хуьлу. Шу тIехь Iуьллучу юьртана арахьара тIебогIуш цхьа некъ бен бац. Хинан тогIечухула. Цигахь яккхий чIагIонаш йина гиххошя, Гу тIехь лаьтташ йоккха топ а ю. Цигара охьа, кераюккъехь санна, го мостагIий.

Турмала чухула юрт йолчухьа дIа хьоьжу Сергей Петрович. Шена гуш болчеран яххьаш къасто гIерта эпсар. Цхьаъ, велахь а, вацахь а, Савелий ву. Цхьана когана астагI а лелха, маж яьлла а ву... Ямартхо! Ткъа хIара? Собар, собар... Таймасха! Дера, изам ю! ХIинцца тIееа динахь. Лерина хIара волчухьа схьахьоьжу. Вевзин техьа цунна? Цхьаъ бохуш ю. ДIайирзи... Къайлаели.

Де суьйранга лестина. Даккхий зенаш дина салташна. Гиххой къарбала дагахь а бац. Эпсар, ша хIун дийр ду ца хууш, холчахь ву. Турмала чу вогIавеллачуьра дIаволуш а вац. Iаьржа бере тергалво цо. Ткъа иза цхьана меттехь ца соцу. Стелахаьштиг санна, цхьана маьIIера вукху маьIIе вуьйлу, цхьа хьехамаш бо, хIорш болчухьа куьг а хьежош, дан дезарг Iамадо, юьртахой ира-кара хIиттабо.

Бодашкахь суй санна, цхьа ойла кхерста Сергей Петровичан коьртехь. Сиха Бешар-талмаж тIевоьху шена...

- ХIай, гиххой! - мохь туху Бешар-талмажа. - Шуьца къамел ду сан. Топ ма кхоссалаш!

Масех стаг шеца а волуш, цунна дуьхьал йогIу Таймасха.

- Тхо ладугIуш ду-кх хьоьга, - дека Iаьржачу беречун аз.

- Вайн барт хилахь, цхьа хIума хьахо векал вина со лакхарчу эпсара.

- Дийцал айхьа деанарг.

- Эпсар реза ву йийсар вина шун шийтта стаг схьахеца а, юьртана бина го дIабаккха а аш... - чекх ца доккхуш, соцу Бешар-талмаж.

- И дийриг оха хIун дан деза?

- Таймасха тхан кара схьало!

Лерина беречун бIаьра хьоьжу Бешар-талмаж. Цунна шера хаьа ша къамел хьаьнца до. Амма ша и тIаьххьара дешнаш аьлча а, вукхуьнан юьхь тIехь цхьана а тайпана хийцам ца хаало.

Таймасхина аьтту агIор дийнахь Iачу Джамболата туьрах ка туху. Гиххойн баьччас бIаьргашца сацаво иза. ОьгIазе, бос бехьна хьуьйсу талмаже Укий, Бекмарзий. Даркеш дIаваьллачул тIаьхьа юьртан къаночун декхарш шена тIеэцна волу Уки хуьлу хьалха вист:

- И хир доцург ду!

- Ойла е, гиххой...

- Цу тIехь вайн къамел чекхдолу!

- Бехк ма билла суна, Уки, дуьххьара хьайн дош ас дохорна, -лоххачу озехь, юьртан къаночуьнга йоьрзий, олу Таймасхас-Пурба ло суна талмаже сайн жоп дала.

- Таймасха! - мохь болу Джамболатан кийрара.

- Суна хаьа, гиххой, аш и цкъа а дийриг цахилар, - шен къамел дIахьо Таймасхас. - Шух муьлххачо а, эшча, суна хьалхара шен са а дIалур дара. Оцу бакъонах со а ма яккха! Шийтта стеган дахаррий, юьртан маршой беза мах бу, сан цхьаннан кхолламе диллича. Цундела ас сацам бо караяха... И сан сацам бохо ницкъ а бац дуьненахь! Нохчийчоьнан а, цуьнан халкъан а дуьхьа яьхна со. ХIун хир ду яхь йолчу дагна цул сийлахь?! Ткъа церан дуьхьа Iожалла тIеэцар - иза ирс ду... Валаза цхьа а вер вац. ХIинца СЗ.Н IгСХЭуК бели... Суна дуьхьал юьхьIаьржа догIийла шу, мехкан сий дойу делахь, шайн цхьа аьтто лехна, цуьнан партIато юхку елахь, мостагIчун къинхетамах, хазачу хабарех тоам бина, юкъ йосту елахь!

Динан чоже когаш тухий хьалхахьа дIаэккха Iаьржа бере. Гиххой, бист ца хуьлуш, бехха цунна тIаьхьа хьуьйсуш лаьтта. Булучу бодашкахь иза къайлаяллалц.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)
[удалено]
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека