XXX
Эпсара сатийсинера оцу хааме. ТIаьххьар а кхечи и. ГIаттаман ун даржийна волу Даркеш вийна. ХIинца хала дац. ХIинца рагI Iаьржачу зудчуьнгахь ю. ХIилланца караяло еза иза. Хьайдарбекехула. ТIехьаьжча тентаг хетахь а, коьрто болх бо цуьнан-м. СовгIатна биллина динний, туррий гича, бIаьргаш серлабевлира гиххочун. Мотт тохаран башхалла хIун ю хьуна аьлча, и цкъа тоьхнарг шолгIа ца тухуш цаIавалар ю. Къаркъа малар, кехатех ловзар, къола дар санна, марзлуш хIума ду и стагна. Царах муьлхха а цхьаъ дуьххьара дIадолош, тIаьххьара хир ма ду хьо олий, доладо. ТIаккха шолгIачунна тIехь доза туху. Цул тIаьхьа кхоалгIачунна тIехь чIагIо йо. Цигара дуьйна хьесап дар тосий дуьту. Цунах шера кхеташ волу Сергей Петрович кхин дуьхьал хIумма а ца олуш сацавелира, Хьайдарбека тIаь-хьенна зайл тухуш гуттаренна а дIасакъастарх дерг къадийча. Иштта болу сацам шина хIуманна тIехь лаьтташ бу: хьайн гIуллакх дина а ваьлла, цунах хьайна йогIу ял схьаэцча, паргIатваларний, и цхьанна а гучу ма далахьара-кх бохуш, кхерамо боьгIначу гуро лацарх ларлуш Iерний. Амма денош дIаоьху, хьалхарчо хьо воккхавевеш, бIаьрг хьоьстуш. ШолгIаниг, тIеттIа жимлуш, шен иралла йовш, дIадоьду. Кхераман ойла артло.
Стом хилла баллалц и ца хьебан сацам бира Покровскийс. Невельскойга баккха кхаъ болуш бу. ХIокху деношкахь гIопа схьакхача везаш а ву иза.
Кхеран цхьаьнакхетар Сергей Петровична ца моьттинчу кепара нисделира. Карарчу ханна кхузахь кхолладелла хьал ма-дарра инарлина дIадийцира Покровскийс. ТIаккха шена тIаьхьа ца туьттуш дича бакъахьа хетарш дагардан волавелира:
- Гиххой корта боцуш бисна. Цунах пайда а оьцуш, эскар цига хьаладахийта деза. Вай вешан стаг ву царна юкъахь. Оьшуш меттиг хилахь, цуьнга йоьйтур ю бIобаьчча...
- И бохург хIун ду хьан?
- Гиххойн баьчча... зуда ю, хьан сийлахь-воккхалла.
- Муха??? - цецвалар ца лачкъало инарлига.
- Иза бакъ ду, хьан сийлахь-воккхалла, Таймасха.
- ТIаккха, тIаккха...
- Ас ма-аллара, и новкъара дIаяьккхичхьана...
- ХIунда йоккхуш ю иза дIа? - Сергей Петрович юкъахвок-кху Невельскойс.
- Гиххошца долчунна тIехь тIаьххьара тIадам хIотто, хьан сийлахь-воккхалла.
- Оьший хьовха и тIаьххьара тIадам, Сергей Петрович, хIан? -ойланашка волу инарла. - ТIадам - иза дерзоран билгало ю. Дина чекхдаьлла гIуллакх - делла гIуллакх. Хьо оьшу и гIуллакх мел ду. Сихий, аттий динарг тIе а дай оьцу. Сиха диц а до и... Хьо кхетий со ала гIертачух?
Эпсар кхиира цо бохучун дуьхе. Цу хьокъехь кхо хьалха ойла а ца йинера. Инарлин дешнаша жимма хьалаайдира цунна дуьхьал оьллина кирхьа. Дисначух хIара ша кхиа везара. Шен хьекъалца.
- Кхета, хьан сийлахь-воккхалла.
- ХIун дан дагахь ву?
Оцу хаттарна дала дуьззина жоп цкъачунна эпсаран дацара. Цундела ма-дарра цо инарлига дIа а элира.
- Суна хетачуьнга хьуна ладогIа лаахь...
- Баркаллица тIеоьцур ду!
- Ламанхошца долчунна тIехь сихвала ца ошгу, - меллаша дIадолийра цо. - ДIадайта цаьрга шайн талораш... Амма хIора гIулч тергамехь латтае. Дика ду вайн вешан стаг царна юкъахь волуш. Гиххошна тIехь толам баьккхиний, Нохчийчуьра гIаттам хьаьшна дIабаьккхиний бохург бен-бен ду... Яржийта цIе. Таймасха элирий ахь?.. Серлоно тIеийзайо садолу хIумнаш санна.. цунна гонаха хIуьттур бу вайн мостагIий. Таханлеранаш а, кхана хила тарлуш берш а. Гучубахийта шаьш. Цхьанхьа яьлла цIе яйа атта ду, массийттанхьа яьллачу, мотт а баьккхина, дIасауьдучул. Цхьанхьа яйина валале, цуьнан суйнаш кхечухьа а кхочуш.
Ахбакъдерг бен дацара иза. Важа ах шена дIадиллинера инарлас. Цуьнан мах кхунна цхьанна бен ца хаара. И кхо цхьанцций а доькъур дац. Метта а ваьлла, бIаьргаш дIахьаббира инарлас. Ца хьаббира наб кхетийта дагахь-м. Петербурге ша дIакхаьчча, паччахьца шен хин долчу къамелан сурт дуьхьал хIоттийра цо. И дан башха хала а дацара, хIунда аьлча, паччахьан амалш а, хьекъал а, марзделларш а дика дэвзаш хиларна.
«Хьан веза-воккхалла, Нохчийчуьра вогIуш даьтташехь, ур-атталла некъан духар а ца хуьйцуш, хьуна тIекхача сихвеллера со...»
«Духар-м хийцинехь а мегар дара хьуна, инарла, - Iоттар ярца, мара дIа а берзош эр ду паччахьа. Дешнаш кхин хила а мега, амма чулацам...».
«И сан ледарло ю, хьан веза-воккхалла».
«Еккъа и цхьаъ бен хьоьца яцахьара, со иштта резавоцуш ца хила а тарлора» - тен туьгур вац кхечаьргара бехкаш дахар марзделла волу цуьнан веза-воккхалла. Амма кхунна хаа цуьнца къамел муха дIадахьа деза.
«Гечде суна, ас сайна сиха хеттачу хаамашца синтем бохийнехь...»
«Сиха хаамаш?» - керланиг довзаран сутараллин цIе лета паччахьан бIаьргаш чохь.
«ХIаъ, Нохчийчуьра сиха хаамаш, хьан веза-воккхалла...»
«Ламанхой къарбина вай? И вон кост дац».
«Цу тIе бахка герга бу уьш, хьан веза-воккхалла...»
«И сихдарна тIехь вайна новкъарло еш дерг хIун ду?»
«Вайн цхьаболу инарлаш тIех шайх тешна хилар. Меттигера хьелаш тидаме ца эцар».
«Ас и нисдан вахийтина вацара хьо?!»
«Цигахь дерг телли ас. Кхузза Нохчийчохь хиллачул тIаьхьа...»
«Хийцаделла хIумма а дац!» - мохь тоьхна, юкъахвоккхур ву хIара.
«Эскарна тIехь куьйгалла дар сан карахь дац, хьан веза-воккхалла...»
«Хилча хIун толур дара?!»
«ЛадогIахьара ахь соьга, хьан веза-воккхалла...».
«Шун хабарех вуьзна со! Эхь ду и! Масийтта шарахь оцу акхарошца ца ларадо Европехь уггар нуьцкъала долу эскар. Со ца теша шух ».
«Хьуна хьалхара вала а кийча ву со, хьан веза-воккхалла. Боцу бехк ма баккхахьара Ахь...»
«Аш массара а олу иштта».
«Ас гIуллакх тIехь гойтур ду сайн хьуна муьтIахь хилар, хьан веза-воккхалла. Логах муш а тесна, ялийна хьуна хьалха хIоттор ю-кх ас и нохчийн Жанна д'Арк».
«Хьо лартIехь вуй, инарла?» - паччахьан бIаьргаш горглур бу. Цо хIара тиларчу вахана лору. Ткъа и Невельскойна оьшшург ду.
«Нохчийн гIаттаман куьйгалхо ас йийсар йийр ю!»
«Паттаман куьйгалхо?..»
«ХIаъ, хьан веза-воккхалла!»
«Зуда... ю иза?..»
«Ю те, хьан веза-воккхалла».
«Хьо гIалат-м ца ваьлла?»
«ХIан-хIа, ца ваьлла, хьан веза-воккхалла!»
«И ду хаза...»
«Башха стаг ю хьуна иза, хьан веза-воккхалла. Цуьнан карах велла инарла Севцов, цо шен куьйга кIел латтайо ерриге а маьрша йоцу Нохчийчоь. Ламанхоша шайн коьрте хIоттор яцара мух-мухха а зуда».
«Делахь-хIета, хьоьга хаьттича, суна халахета деза я хазахета деза? Ахь ма чIогIа хастий иза?..»
«Майрачу, цIеяхначу мостагIчунна тIехь боккхуш болу толам гIолехь бу, цхьанна а ца вевзачу, гIийлачу мостагIчунна тIехь боккхучул».
«Хьан дешнаш шайца цхьа маьIна долуш ду... Ас ойла йийр ю. Нохчийн Жанна д'Арк тов!..»
Эццахь паччахьа балда доккхур ду. Ша аьллачунна кхин тIехдаьккхина хIума ца алахь а, Невельскойна хаьа и цуьнан коьрта чуьра дIадер доцийла. ХIара волчуьра сихха ара а ваьлла, шен зуда йолчу гIур ву иза. Цецвоккхуш долу керланиг дийца...
Иштта я цунах терра хир ду дерриг а. Цуьнан щеко яц. ШолгIачу дийнахь паччахьа шена тIекхойкхур ву хIара.
«Ойла а йина, сацам тIеэцна ас, - эр ду цо, хIора дош ша-ша доккхуш, кIорггерчу маьIница. - Нохчийн гIаттам цIийлахь хьаша беза. Баьчча йийсар е. Дийна а йолуш Петербурге схьакхачае иза. Сан дайшна гина Разин, Пугачев санна болу зуламхой. Амма царна юкъахь баьчча-зуда ца хилла. Ламанхойн Жанна д'Арк! И санна дерг бIешарахь цкъа бен ца нисло. Ас массарна а гойтур ду оьрсийн паччахьана зударийн сий дан хааррий, къинхетаме доггий».
И мичара даьлла Невельскойна шера хаьа. Кхо ма-леррара дIадоьду шадерг.
И гIаттам бохор инарлас шена тIеоьцур ду. Покровский юкъа а озош. Толаман доккхах долу дакъа паччахьна герга лаьттачунна кхочу. Цуьнан IиндагI къоначу эпсарна а тоьур ду. Иза кхуьур ву хастаман лакхене кхача. Невельскойна дIахецна хан кIезиг ю. Цундела сихвала веза. И дерриге а дагалаьцнарг хIара цхьаъ ву. Диснарг цхьа кIеззигниг бен дац... И гIаттам вовшахтохар. Ламанхоша шаьш и ца дахь, уьш цу тIетатта. Муха? Цо Сергей Петровичан, сан хьомсарчу бажин Сержан, корта лазийта-кх. И санна дерш цунна керла дац. ТIехьажош хьекъале куьг хилчахьана, важадерг ша дийр долуш ву... Уггар халаниг и Таймасха - цIе а ма ю, схьааьлла валале мотт а кагбийр болуш -дийна а йолуш караялор ду. Елла а йолуш болу цуьнан мах дуккха а лахаболу. Паччахьна акха, дийна тайниг санна оьшу иза. Ша санна болчу Европан кхечу паччахьашна хьалха дозалла дан: «Хьовсал сан караIамийначу акхачу тайпан зудчуьнга. ГIаттаман коьртехь лаьтташ а хилла. Амма со къинхетаме ву. Ас гечди сайн мостагIчунна. Зуда ма ю иза».
И ойланаш шаьш яхка а тарло паччахьан коьрте. Ткъа ца ягIахь, инарла Невельскойс къамелашкахь, вукхунна хIун ду а ца хоуьйтуш, цу чу йохкур ю уьш. Тардина олуш, къадош, шечух цуьнаниг дой, дIаухьуш. Дозалла дар дезаш ву паччахь. Ткъа хIо-кхо хIинца цуьнга кхийдориг ша санна дерг кхин хилла доцуш хIума ду. Цунах тасавеллачуьра вер вац иза. Французаша лаа аьлла дац: шерше ля фам (Зуда лаха). Кхунна и карий...
Инарлина мерза наб озайо. Там хилла Iуьллу иза кисин кIедачу меттахь. Таймасха къаьхьачу балано лаьцна, ден а, ненан а меттана шена хиллачу Даркешан докъан гIевланга хиъна Iаш ю оцу ирчачу буса.
ШолгIачу дийнахь орцахъелира юрт шен къаночунна. Хьаннаш, аьрцнаш, боьранаш, Iаннаш цистира, иза ца карош. КхоалгIачу дийнахь Таймасха Iоттаелира цунна тIе. Тамашийна нисделира и. ХIора кулла кIел хьожуш, шеко йолу меттиг толлуш хIара лелаш, ча-кIорнешна тIе нисъелира. Кхунах къахка ца къаьхкаш, вовшашца ловзуш йохкура уьш. Ткъа адам шайна тосаделча, дIайовдаран меттана, кхунна тIе а яьхкина, когех хьерча юьйлаелира. ЦIеххьана йистехьо буьрса «гIар-ра» хезира Таймасхина. Сиха цигахьа йирзира. Нийсса бIаьргаш кхунна тIе а доьгIна, борз лаьттара. Ша хIун дан деза ца хууш, юьйхира хIара. Ца кхетара ча-кIорнешний, барзаний юккъехь долчух. Вуьшта, царна хIума дайта йоллучух тера-м яцара борз.
Ча-кIорнеш, шек а йоцуш, Iункар-бертал хIуьттуш, кхуьнан когех хьекхалуш, ловзура. ТIаккха борз тосаелча, самукъадаьлла, цунна тIе хьаьвдира. Таймасха, доккха са а даьккхина, вукху агIорхьа дIайолаелира. Жимма гена яьллачул тIаьхьа, юха ца хьажалуш ца Iаелира иза. ТIаьхьа хIоьттина йогIуш тохарлера борз гира. Тапча яра йоIехь. Амма стенна делахь а, цунах пайдаэцар дага ца догIура. Таймасха сецча, соцуш, иза дIайолаелча, тIаьхьа йолалуш, гIеххьа некъ бира кхушиммо. Iина йисте кхаьчча, кхин цкъа а юхахьаьжира Таймасха. Борз гуш яцара. «Со шена кхераме йоцийла а хиъна, тIаьхьара яьлла хир ю» -ойла йира йоIа. Амма эццахь, аьтту агIорхьара ша йолчу а яьлла, лерина шега схьахьоьжучу берзан тидам хилира цуьнан. Кхуьнга тIаьхьа кхойкхуш санна, дIайолаелира иза. Делахь а, хIара кхечухьа дIайолаелира. Жимма дIаяхча, юха а барзах бIаьрг кхийтира. ХIинца аьрру агIорхьара кхуьнца нисъелира иза. Лерина схьа а хьаьжна, дIайолаелира. Масех гIулч хина, кхо хIун до хьожуш санна, юхахьаьжира.
Таймасха берзан лорах йоьдура. Цунна шена а ца хаьара ша и хIунда до. Амма берзан хьежарехь цхьа йовхо, тешам хаалора цунна. Маттаца дийца таро йоцург бIаьргашца бохура цо.
Iуьйранна оцу меттехь толлуш яра Сираниг. КIорнеш юзо езара. Уьш кароле дуьненах догдиллина йолу хIара, хIинца дахаран дезарша ядийна лелаш яра. ХIаваэхь адаман хьожа кхийтира барзана. ХIун ду хьажа цигахьа гIоьртира. Кестта гира цунна иза. Адам аркъал а доьжна, меттах ца долуш Iуьллура. ХIилла дуй техьа и аьлла, шекьхилира Сираниг. Цундела тIеяха ца сихлуш, ехха тебна Iийра. Адамца хуьлуш хийцам бацара. ТIаккха, хуьл-хуьлуш, цунна герга хилира Сираниг. СадоьIу ца хаалора. Адам дийна дацара.
Таймасха чайтаIашна уллохь тосаелча, сийна цIе хьаьдира Сирачун кийра. Царна иза вон дан йоьллехьара, барзо ша кхоор яцара. Амма адамо бохам ца бира. ТIаккха дагадеара Сирачунна, адамо адам лоьху хир ду хьуна, аьлла. Кхунна хаьара: цхьа дика гIиллакх ду адамийн — дакъа эрна арахь ца дуьту цара. ГIо ца дойла дацара.
Барзо тIеялийра Таймасха Даркешан дакъана. Экха тIекховдаза карийра цунна иза. Наб кхетча санна, хаза Iуьллура Даркеш. Бос а докъан бацара. ТIе ма кхеччинехь, цуьнга хьаьжча, кхунна-м иштта мотта а моьттинера.
Сиха гучуделира Даркеш топ тоьхна вийна хилар. Амма и хьан дина хир ду хууш стаг вацара юьртахь. Цхьаъ воцург. Цо дуьне доьхча а, цунна даре а дийр дацара-кх.
Кхечарна юкъахь тезета веанера Хьайдарбек а.
- Доккха вон деана вайга, - кадам бора цо Таймасхига. -Мерза а, нахана оьшуш а стаг вара Даркеш. Дала ша вирзина хIусам декъалйойла цуьнан. Виснарг дIа ца лелча ца волу. Собарх ма йохалахь. Бекхам боцуш вуьсур вац и динарг... ГIазакхех ца даьлла беркат ду.
Тезета вогIуш, ша и эр ду аьлла дагахь дацара Хьайдарбекна. И тIаьххьара аьлла дешнаш шаьш даьхкира меттан буьххье. Цуьнан хьекъалехь, шеко цигахьа ерзо декхар дара цара. Ткъа кхуьнгара хьал кхунна шена бен ца хаьа.
Даркеш вийначу хьалхарчу буса, наб ца кхеташ, веха кирчира иза меттахь. Хьацар деттара. Хорша еъча санна. Эзар вон ойла хьерчара дагах. «Дийна висна хила мегара иза... ТIевахана хьажа хIунда ца хьаьжира со? Кхеравелира. И дечохь вацара... Боккъалла, иза чов хилла виснехь, ма дала тохар ду хьо. Со гирий техьа цунна? Гойла-м дацара. Ткъа гинехь? Вала ма велла иза... Веллий техьа? Хьажахь, тIевахана хиллехьара, хIинца хIара бала хьогур бацара. ХIан-хIа, топ нийса кхийтира. ЦIетухург... И мича яьхьира ас? Цигах охьакхоьссина хила там бара...»
Меттара хьалаиккхина, къуьда а латийна, цIетухург лоьхура Хьайдарбека. Цхьанхьа а ца карайора. Схьаэккха доллуш санна детталора дог.
«ДIадели... ДIадели... Гучуваьлла лара. Собар, собар... Цига хIинца а цхьа а кхаьчна хир вац. Со ваха веза... Тховссехь. Хилча хIун ду буьйса?.. И нехан караяхале. Бодашкахь карайой-м ца хаьа. Караяхь, тамаша бу. КIорга Iин дара цигахь. Гоьллец яьлла буц а йолуш, карор яц. Цига ваха мало йина-м Iийр вацара... Делахь а, цхьанна тосалахь? ДIадаьлла тIаккха. Сатоха деза. Iуьйранна къаьстар ду. Гуттар ца хуьлчу далахь, талла ваханчохь йоьжнера аьр-кх. Массарна хаьа, со талла лелий. И вен кийтарло яц. Мухха елахь а, цхьа а йоцчул гIолехь-м ю...»
Цхьаццуьрриг сатедира цо. Халла наб озийра. Амма иза озоза велар-кх хIара. ГIенах тохарлерра Даркешан буьрса аз дийкира: «ХьалагIатта!» Хьераваларна гергга вара Хьайдарбек. ХIетахь дуьйна буса дIавижа ца ваьхьа доьалгIа де дара.
ЦIерачаралахь хьалха майрачун хийцавалар Кхокхина тосаделира.
- Хьуна хIун хилла, ва стаг, хила? - хаьттира цо.
- ХIун хилла суна? ХIумма а ца хилла-кх, - сихха жоп делира вукхо. - ХIунда бохура ахь?
- Набаран суй беш вац, мегарг юучух а ца кхета...
- Могуш воцуш ву со, - аьшпаш боьттира Хьайдарбека.
- Цхьа дарба лело дезар-кх тIаккха, - бала кхечира хIусамненан.
- Цхьаъ дийр ду ас, - шога кхоьссира майрачо.
Кхокхас дегабаам бира. Кхуьнца цкъа а кIоршаме хуьлуш воцу хIара тIаьхь-тIаьхьа кхиссарш ян а, тIечеха а волавелла. Шегарчух ишта а йоккхаеш лелаш йоцчу кхунна гуттар деза дара и. Юьхьанца моьттинарг гIан хиллера. Кхо сатийсинарг дацара кхаьчнарг. Буьйсанна эсала хуьлура Хьайдарбек. Дийнахь хIара тергал ца ян гIертара. Иза-м, дера, нахана хьалха хIиттош кеп ма яра. Делахь а, Кхокхина кхечу кепара гинера-кх маре дар. Вуьшта, вон ву ала, вон а ма вац хьуна кхуьнца иза. Нехан майранашка хьаьжча-м муххале а. И дагадеъча, жимма синтем хуьлура. Лерах мехий дохуш Iаш нана а яра.
- Варийлахь, хьайгара хIума мадалийталахь, - бохура Зайнапа йоIе. - ТIехь цIийнда воцург дахар дац хьуна. Ткъа хIара зама майранаш хоьржу зама а яц. ГIеххьачух тоам а беш, Iан еза...
И гIеххьа дерг долуш дара. Цундела кхечух дог а диллина, ехара Кхокха. Кестта ша нана хилла дIахIотта езаш хиларо мелла а къагадора цуьнан денош. Доьзалхо хилча, шадерг дикачу агIор хийцалур долуш санна, хеталора. Мухха делахь а, оцу ойла цо хьоьстура хIара, сингаттаман я гIайгIанан кара дIа ца лора.
Цхьа хIума дара цатам беш дерг. Ша Iаш йолчу кхуьнан ненан терго яр шена тIеэцнера дечиг ког болчу Сапарбека. Вон стаг вац иза, керстанех схьаваьллехь а. ТIекаре, схьаийна, куьйгана чIогIа говза, ткъа къинхетаме ма ву моьттахь! Божалан тхов туьллуш а, серийн керт юцуш а, зIар хIоттош а Зайнапана доккха гIо дина цо. Зайнапана хьовха, цхьа а гиххо хир вац цуьнан деган комаьршалла йовзаза. Юьртахоша лара а лору иза. Дозалла а до цунах. Ша Кхокха ма-цецъяьллера цхьана сарахь меран йоIа дийцича: ког дIабаьккхина волу Сапарбек сайн бIаьргашна ги-кх суна шина а кога тIехь дечигера вогIуш. «ДIаяла, ахь хIун дуьйцу?!» - аьттехьа а ца дитира дестечо.
Иза-м хIун дара хьуна, дийнна юрт еанера Хьатус шена ул-лохь дакъа а делла ваха охьахаийначу Сапарбекан уьйтIа. Массарна а шайн бIаьргашца ган лаьара и инзаре хIума. Цхьа хан дIаиккхина волу Сапарбек, бер санна, вела а воьлуш, гиххошна хьалхахула волалора. Жимма цхьана когана астагI лелхар бен кхин хIума доцуш, шина а кога тIехь лелара иза.
- Тамаши хума дац, - нохчийн маттана цхьаццуьрриг гал а волуш, олура Сапарбека гулбеллачаьрга. - Дечиг ког дика ду, диг тохах а лаза ца до... Дика ду, нах...
- ХIинца цхьамма-м хабар хецнера йисна Iаш йолу Зайнап йига воллу иза аьлла. Кхокхина и чIогIа новкъа а деанера. Стенна делахь а, ца лаьар-кх. Цуьнца цхьана ненах кхета а гIертара. Хьалхе тIера цIийнда кхелхина, хIара шиъ кхобуш Iийна, дуьне ца гуш. Бахана хIорш баккхий хилча, Элберд де а гIуллакх доцуш, эрна вай. Кхо шен рицкъа лехи. Нана цхьа йиси. Хала ду цунна. Тишъелла. Боьрша стаг оьшура цIентIехь. И дагадеача, ойла хийцало Кхокхин. Наха олу долчух а кхоьру. Делахь а хIун эр дара цара? Я цара и аьлча, тIелата хIун эхь ду? Дера дац-кх. Цул доьхнарш, хьаха, лелийна наха хийла... ТIетан гергга хуьлура Кхокха ишттачу муьрехь.
Сапарбека иза йигначул тIаьхьа дуккха а денош дIаихира йоI нанна тIе ца йоьдуш. ОьгIазло а яцара иза сецориг, даго ца юьтура-кх. ТIаьххьара а нана йолчу яхара Кхокха. Iен а ца елла. Вовшийн гушшехь, хьалххе барт бича санна, мар-мара а кхетта, йилхира ший а. Цу сарахь дуьйна кхарна юккъера ша бешна дIабелира.
ХIинца цхьа хIума оьшура Кхокхина - доьзалхо. Къайлах кIант хиларе са а туьйсура. Цунна хаа ма хаьара Хьайдарбека ша ялоран коьрта бахьана хьалха ялийначу Хьулимата кIант цавар дуйла. ХIан-хIа, майрачун шеца йолу юкъаметтиг талхарна ца кхоьрура иза. Да ца гина а, вешин дика довза кхиъна а йоцчу цунна ондда гIортор оьшура дахарехь. И гIортор боьрша стаг ву.
Майрачун сингаттам цуьнца боьзна буй техьа аьлла, шекьелира иза. Бер дан хан гергакхаьчнера. Цуьнца нисделира Хьайдарбекан хийцавалар. Бакъду, хIинца жимма меттавогIуш лаьтта иза. ХIума а юу, буьйсанна наб а кхета. Делахь а, сингаттаман IиндагI кхоччуш дIадала туьгуш-м дац цуьнан юьхь тIера.
Даркеш дIавоьллина дикка хан яьллера, Хьайдарбек Маьлхан ирзе ваха тохавелча. Ма-хуьллу и де тIаьхьатеттинера цо. Кхин Iойла дацара. Динний, туррий шайн бакъволчу дегахь хилча бакъахьа дара.
Эпсаран велавелла хиларх а, талмажан тIекаренах а Хьайдарбек кхийтира уьш шена резахиларх. ТIехь бIаьрг ца соцуш хаза бара дин. Кест-кеста лоцура кхо кIужал йолчу туьран мукъ. Эпсар ца Iийра хIокхо и хаьн тIе ца тесча. Кхин хIара кхузахь сецош хIума дацара.
- Динний, туррий мичара даьлла аьлла, юьртахоша хьайга хаьттича, хIун жоп лур ду ахь боху эпсара?
- Церан хIун бала бу цуьнца? - курра кхоьссира гиххочо.
- И жоп дац...
- Хьуьнхахь тIе а Iоттавелла, паччахьан эпсар дIакъовкъийра эр ду-кх.
- И ша гIуллакх ду.
Цу тIехь къамел чекхдаьлла а лерина, дIавирзина дIавахча шен и нийса хир ду-дац ца хууш, холчохь вара Хьайдарбек.
- Хан яьлла вайна... - элира цо.
- Хье ца веш, дIавохуьйту оха хьо, - кхетарца дуьхьал вистхилира талмаж. - Эпсарна хаа лаьара гиххошна герз мичара долу.
- Коьртачу декъана, салташца хуьлучу тасадаларшкахь доккху-кх...
- Тоьпаш дукха юй? ХIоъ-молха?..
- ХIора шолгIачуьнгахь-м ю.
- Юьрта чу вуллучохь хIоттийна йоккха топ ю бохург бакъ ДУЙ?
- Вай кхузахь лаьтташ хилар санна бакъ-м ду.
- Йолуш юй иза?
- Таймасхас Дунда бен цунна улло вохуьйтуш а вац. Цо бахарехь, къаьхьа де дийр долуш-м ю. ЧIогIа лерина а лелайо цара иза. Цхьа хIума йоьхна меттиг ялахь, Сапарбеке кхойкху. Иза-х вай дечигний, аьчганий чу са а кхуллур долуш, - церан шега болу тидам алсам мел бели, цунах цхьа дозалла а деш, къамеле велира айкханча.
- Мичара ваьлла шуна оццул говза пхьар? Мила ву хIара ван? - Хьайдарбек велаозийра.
- Цхьана агIор, сан стунда, вукху агIор, шун къомах стаг а ларалуш ву-кх иза...
- «Шун къомах» бохург хIун ду хьан?
- Иза гIазакхий хилар. Салтех.
- Шу долчу муха кхаьчна?
- Цхьана тIамехь чов йина, йийсар валлийначохь висна-кх.
- ЦIе хIун ю элира ахь цуьнан?
- Тхан Iедалехь-м, Сапарбек ву иза... ГIазакхаша шех Сабел, Сагел, Савел... Ца хаьа суна... Цхьаъ олу-м бохура цо.
Покровский ойланашка велира. Гиххочун оцу хаамо дагале-цамийн уьйриг баста безийтира. Тен юьхьиг караеллера - оьрсийн салти. «Савел... Савел... Велахь а, вацахь а - Савелий! ХIаъ. ХIетахь тIамехь... Со венза волуш... Иза тIепаза вайра. Дийна а воцуш, беллачарна юкъахь а воцуш. Хьажахь, ма вицвеллера суна иза... Цкъа мукъана а дагавеарий?.. Хила а ца хилча санна. Вуьшта, уьш дагахь латтийна а мила вер ву. Со цхьаъ бен вац. Уьш бIеннаш чекхбуьйлу сан бIаьргашна хьалхахула. Хьажал хIоранна хьайн ойланашкахь меттиг йита. Цунах гIуллакх хир дац. Амма Савелий... Цуьнца доьзна сан дуккха а дара. Вицван везаш ца хиллера. Иза и велахь...»
Лерина талмаж шега хьежаро ечу ойланех воккху Сергей Петрович.
- Хаттал цуьнга, иза гойла хир дарий тхан.
- Шу тхо долчу дIадагIахь, гур а ву-кх, - Iоттар янза ца Iа-велира Хьайдарбек.
- Хьоьга боккъалла а хоьтту, - басна хийцавелира талмаж.
- Ас боккъалла а жоп а ло-кх: я шу тхо долчу дIа ца даьхкича, я иза шу долчу схьа ца веъча, гойла дуй шун вовшийн?
- Ахь хIуъу а дина а, кхуза вало веза иза... Стунда а хилча... Собардел, хьан стунда муха хуьлу иза?
- Вацара иза стунда-м, - дог ца дарца боху Хьайдарбека. -Соьгахь йолчун ненан мар ву-кх. Шун Iедалехь и муха нисло-м ца хаьа суна.
- Мухха делахь а, тIеваха цхьа некъ бу-кх хьан цунна, -шечунна тIера ца волу талмаж. - Аьр вай, дечиге валавехьа хьайца... Оха аьллачу метте. И дичхьана, хьо вели-кх... Эрна дойур дац...
- Хьожур ву со, - тIе ца тайча ца волу Хьайдарбек.
- ШолгIачу кIиранан оршотан де... Виц ца велла-кх хьо?
- Ца вицвелла. Цхьалха кхор кхуьучохь.
- Мегар ду.
ЧIогIа лиънера Хьайдарбекна совгIатна беллачу динна тIе а хиъна, юьртах чу вола. Амма цхьана гуш боцчу ницкъо сацийра. Цуьнан юьхь а лаьцна, шен алашна тIе а хиъна, цIехьа вирзира. Кхуза ван араваьлчхьана дуьйна, бина сацам бара: хIетахь и хиллачу хIотта. ЦIетухург кароза яра хIинца а. Иза нехан карайохуьтийла дацара. И шена кароре сатуьйсура. Беза мохь дIаболура цуьнан даг тIера тIаккха.
Iинна гергакхаьчна хIара воьдуш, юьхьарлаьцна богIу дин, корта а лестош, карзахе терса болабелира. Цунах ун даьлча санна, синтем байра кхунна кIеларчу алашин а. Бода чIагIбелла хан яра. Кхерам боьссира Хьайдарбекан даг чу. Бодашкахь серло кхеташ санна хийтира цунна. Лерина дIахьаьжира. Къегаш дерш берзан бIаьргаш дара.
Говран чоже когаш а тухуш, оцу меттигна генавала дагахь, кхечу агIорхьа ерзийра Хьайдарбека алаша. ЦIетухург лохучохь дацара гIуллакх.
Болар кхин лах ца дойтуш, чопа йинчу алаша тIехь юьртах чу вуьйлира иза. ШолгIа боргIалш а йийкира.
Юьртахь сиха даьржира: Хьайдарбека хьуьнхахь эпсар а вийна, цуьнан дин а балийна, кхелина тур а деъна. И йоккха къонахалла ю олура цхьаболчу гиххоша, вукхара тIетухура: къонахаллах дерг хаац, боккха аьтто-м бу... Хьулиматна уьш а, вуьйш а бакъ луьйш хетара. Сахуьллушехь и арадаьккхинарг а иза ма яра.
Делкъе хиллера цо говрашна хьалха хIоъ буьллуш воллучу майрачуьнга олуш:
- Хезий хьуна, цхьанхьа дIасавалахь... Кхокхех шек ю со. Цхьанна гале...
Хьайдарбек, сихха шен гIуллакх дина а ваьлла, кех велира. Билггала кхуза гIур вара-кх аьлла, цIе тоьхна меттиг ца хиларна, хийисте вахара иза. Айма йолчохь доьрчий деш волу Дундий, Сапарбеккий гира цунна. ТIевахара..
- Салам Iаликум!
- Ва Iаликум салом!
- Болх меле хуьлда шун.
- Дела реза хуьлийла хьуна а.
- ХIун дагадеана воллу шуьшиъ?
- ХIокху Сапарбека, лаахь а, ца лаахь а чIерий леца вахийта аьлла, ара ма ваьллера тхойша вала-м, - элира Дундас. - ГIуллакх хилахь тамаша-м бу. Дуоца муха лоьцур ду чIерий?
- Э-э-э, Дунда, собарде, - бохура Сапарбека.- Дика хир ду. Чара лоцур ду. Бой дац. Дуо дика ду.
Хьайдарбек а вацара дуоца чIерий леца гIертарх кхеташ. Делахь а, Сапарбека и бахахь, цхьаъ доцуш дац. Захалш шаьш ларалахь а, чуваьржина вацара хIара цуьнца. ТIехула дерг леладора. Чукаре хила гIерташ къа вукхо а ца хьоьгура. Цхьанаэш-шарехь юкъаметтигаш яра. Амма гIопарчу эпсара кхунна тIедиллинчу гIуллакхо мелла а и юкъаметтигаш тояр лоьхура. Цундела Дундиний, Сапарбекний гIо деш сецира Хьайдарбек. Цу тIе, цуьнан кхин дан хIума а дацара. Ишта яйина а, хан йойур-кх.
Дуо бина баьлча, шина агIор иза а лаьцна, хи чу велира Дундий, Сапарбеккий. Цу шинга а хьоьжуш, шен дагахь, ма дуо ца бузур-кх ашшимма бохуш, лаьттара Хьайдарбек. Кест-кеста хьалнехьа бIаьрг тухура: цхьа а ца вогIу техьа кхаъ бохьуш?
Дуо айми чухула такхийра.
- Дика ду, дика ду, - шена хьалха Iемина а, марзделла а нохчийн дешнаш олура Сапарбека.
- Нах белийта воллу-кх хьо вайшиннах,- корта лестабора Дундас.
- Доьлур дац, доьлур дац, - дуьхьал вистхуьлура важа. -йисте вала, йисте... Чара да ма дахийта.
Берда йисте схьатакхийра дуо. И буьззина аьлла, чIерий дара чохь. Хьайдарбека гIо а деш, уьш схьадаха хIиттира хIорш. Мичара кхечи ца хууш, схьакхечира берийн сур. Баккхийчарна го а бина, гIо дан буьйлабелира. Цул доккха хазахетар ган а ца гича санна.