Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

XXIX

Нохчийчохь маьршачу яртех ларалуш яра Саьмбин-Ирзе. Цуьнан бахархоша дуй биънера паччахьан Iедална муьтIахь хила а, кхечаьрца берта а бахна, тIом ца бан а. Юьртда хIоттийнера Саьмби, коча олла ехачу йоьзан зIена тIехь кхозуш йолу мидал а луш. Iедалан стеган билгало ю иза, элира талмажа юьртан гуламехь. ХIинца дуьйна дIа паччахьна хьалха шух жоп луш ву хIара. Кхо бохучуьнга ла а догIа, лара а лара, хьашт доцург а ма леладе.

Инарлин Невельскойн дIадолорца, гIопан хьаькама Покровскийс кхочушъечу политикан цхьа дакъа дара и. Юьхьанца тIеман ницкъехь коьрта гIортор хеташ хилла волу Петр Карлович кхийтира шен гIалатах. ХIорш Кавказехь ламанхошна тIехь толам а баьккхина, бухабаха баьхкина бацара кхуза. ХIокху махкахь биса баьхкина бара. Гуттаренна а. Дийнна халкъаца болу къийсам цхьана герзаца дIабахьарх тоьуш дац. Цхьана куьйгахь герз, вукху куьйгахь сискал хилийта еза. Герз долчу куьйго вожо везарг вожор ву, сискал йолчу куьйго - хьостур. Ламанхойн хIу дайа-м лур дара, амма и дархьама дуккха а ницкъаш, хан оьшу. Ткъа Россин мостагIий кхечухьа а бу. Нохчийчохь маьршаяккхаран политика ю дIакхехьа езарг. Цхьанна а ца лаьа дешначу Европина хьалха чалтач хилла латта. Догдика, къинхетаме халкъан верас - и ду дуккха а гIолехь дерг. Цул совнаха, йозанчаша - цIерачара а, дозанал арахьарчара а - яьккхина гIовгIа тидаме ца оьцийла а дац. «Ламанхой паргIато езаш халкъаш ду, шайн гIиллакхашца, Iедалшца бIешерашкахь даьхна а долуш, церан коча шайн къепаш тийсар нийса дац... Царна юкъахь серло яржо еза... ТIаккха уьш вайн цивилизацех схьакхетар бу...» РадищевгIеран ун даьржина Россехь. Диканна дац и. Амма Европана хетачуьнга ла ца доьгIча ца довлу.

Саьмбин-Ирзе ТIулган гIопана уггар гергахь Iуьллучу яртех яра. Оцо шина а агIонан дика аьтто а боккхура. Муьлххачу а хIуманна тIехь юьртда а, цуьнан бартахой а шен тIома кIел лоцура Покровскийс. Шен-шен хенахь хIума а тосура. Резабоцурш бевлча а, уьш сиха тебора. И гIуллакх аттачу даккхархьама, юьртан къеда а хаьржинера. ПIарIехь а, ширачу Iадатехь а кхиэл яйта. Паччахьан Iедал вониг ца хилийта. Дан тхуна луъург де, амма - шайн куьйгашца. Иштта некъ бара лаьцнарг.

Саьмбиирзахошна шайна а ца хаьара, генарчу Петарбухерчу паччахьан цIентIера схьа ерриге а Нохчийчохь шайна лело къастийначу маьIнах а, цуьнан гена йоьлхучу тIаьхьенех а дерг. Цара ларамаза шина декъе бийкъира нохчий: хIорш санна, паччахьан Iедална тIетан ойла йолучаьргий, шайн мехкан дай хиларе кхойкхучаьргий.

«Нохчийчоьнан дегIа тIехь даI ду Саьмбин-Ирзе», - элира цкъа Даркеша. Таймасха а яра оццу ойланехь. Гиххошна юкъахь а хIокху тIаьхьарчу хенахь кест-кеста хаза тарлора цу хьокъехь къамелаш. Дукха хьолахь Хьайдарбек хуьлура дIадолош верг. Шен ненахой бу цигахь бохуш, цига леста а волавелира.

Даркеша сацам бира Саьмбин-Ирзе ваха. Шеца Таймасхий, Дундий а вуьгуш.

Хьалххе гIевттина, новкъа бевлира уьш. Динахь хьалхаваьлла воьдуш воккха стаг вара. Цуьнан еха кIайн маж мох боллушехь яьржара. Цу хенахь ондачу къеначу ножах тарлора иза. Маж - мохо техкочу генех...

Боьлхуш лаьтташехь, юьртан майдана бахара гиххой. Кхарах бIаьрг кхетта юьртахой цхьацца а, тобанашца а кхуза схьатат-табелира. ХIорш муьлш бу а, хIун дохьуш баьхкина а хаа. Ул-лохь лаьттачара салам-маршалла а луш, хьалде хоттушехь, веъна схьакхечира юьртда. Цунна ца тайра тIебаьхкинарш. КIоршаме дийкира цуьнан аз:

- Шу муьлш ду?

- Иштта оьцу саьмбиирзахоша хьеший тIе? - мохь туххуш хаьттира Даркеша. - Я дайн гIиллакхаш дицдина цара?

- Хьеший а тайп-тайпана хуьлу, — хадийра юьртдас.

- Хуьлу хир бу, - тIетайра Даркеш. - ХIусамдай а санна. Амма хьаша миска ма ву, тIевеанарг иза волу дела. Динара восса пурба мукъана а лой аш суна?

Саьмбиирзахоша бIаьргаш охьабахийтира. КIелдIахула шайн юьртдега хьуьйсура уьш. Вукхунна юьхьанца дуьйна хиира и воккха стаг мила ву. Шек вара цо деанчух а. Делахь а, дан хIума дацара. Кхин тIехдаьккхина кхо дийцича, нехан догдадар бен са ер яц. Цундела жимма кIадвелира Саьмби.

- Динара восса а мегар ду, - элира цо. - Шуна ма-хаъара, луьра зама ю хIара. Хьан хIун леладо а ца хууш. Сема ца хилахь, юьхьIаьржа а хIуттур волуш.

- И нийса боху ахь, Саьмби, — дуьрста шел хьалха динара йоьссинчу Таймасхе дIа а луш, вистхилира Даркеш. - Зама ян а ю да хьоьгур воцуш. ТIаккха, саьмбиирзахой, дахалой шу, дахкалой?

- Дала вон ца кхобу, - юьртахошна хьалхара жоп делира Саьмбис. - Шу а деца могуш-маьрша?

- Ирахь ду тхо а, - маслаIате декара воккхачу стеган аз. -ТIехдерг оха леха а ца лоьху, долучун хама а бо. Вуьшта, юкъара цхьа сингаттам бу...

Таймасхас бIаьрг ца боккхура Даркешна тIера. Цуьнан къамелах хьаьгна хуьлуш яра иза даима а. Нахе вистхила хууш ву. Дош карош. ХIинца а, генара долийнехь а, говза шечунна тIеверза некъ карор буйла хаьара цунна.

- Ненан бала цуьнан кIентийн бала бу, - бохура воккхачу стага. - Уьш, нагахь санна яхь а йолуш, доьналла а долуш кIентий белахь. Дуй иза иштта, саьмбиирзахой?

- Дера ду...

- Ца хилча долий и?..

- Ненан юьхь ца ларйинарг кIант вац, - маьхьарий девлира нахана юкъара.

- Бакъ боху, - аз айдира Даркеша. - Вайн массеран а юкъара нана яц хIета Нохчийчоь?

- Ю, вина нана санна, хьоме а, еза а йолуш-м! - дийкира юха а нахана юкъара.

Саьмбин бос баьхьира. ГIуллакх цуьнан карара долуш лаьттара. Иза юха шен караэца некъ а ца гора.

- Алийша соьга тIаккха, саьмбиирзахой, шайн ненан сий хьоьшуш, сийначу цIарца ягош, ницкъ беш, дарбелла хьийзачу мостагIаша доьттинчу доьшанах хIунда леделла шу?! - стигал къекъаш санна, дийкира воккхачу стеган и дешнаш.- Мича яхана шун яхь? Шун дозалла? Хьан дIабехьна шун хье? Эхь дац и! Бехк бац и! Айра дааделла неIар-мача санна, ма дIатеси аш дайн гIиллакхаш. Гай хьалха а даьккхина, юьхь яйи! Шу-х цхьана нанойх схьадевлла ду. Бийца дай бу. ХIунда Iехадели? Цхьа вежарий ма дара вай. Дийца тайпа-тукхам долуш. Оьзда орам болуш. Далла хьалха а, кху лаьтта тIехь нах бисахь, нахана хьалха а юьхьIаьржа лелийла-кх Даймехкан, къоман сий дайинарг, схьаваьлла меттиг йицйинарг, ахчанах вохкавелларг!

Iадийча санна лаьттара саьмбиирзахой. Цхьа а ца хуьлура вист. Тийналла лаьттара майданахь. Хьалха меттавеара юьртда.

- Ла ма догIалаш цо дуьйцучуьнга, — цIогIа хьаькхира Саьмбис. - Делан неIалт хиларг ву шуна. Иблиса лебеш бу цуьнан багара мотт. Вай дакъаза даха гIерта... Ле ма лолаш. ДIасадоха, нах! - куьг ластийра юьртдас. Амма цхьа а меттах дIа ца велира. Саьмби кхийтира ша бохург хила доллуш цахиларх.

- ЦIий ма дац хьо вийначу стагна тIехь! - шаьлта а яьккхина, воккхачу стагна чухьаьдира собарх воьхна Саьмби. Амма айдинначохь куьг а дуьсуш, бертал вуьйжира. Нийсса даг тIе хьажийна тапча ялийтира Таймасхас. БIаьргнегIар тухучу юкъана хилира и дерриге а.

- Ва, нах, хIара хIун ду дан?.. - мохь белира юьртан къедигара. - Вайн стаг вий-кх цара... Беа а бехк-гуьнахь доцуш. Хазахета санна. ЧIир эца, чIир эца!

Тобана юккъера схьаиккхира Саьмбин ваший, кIанттий. Шингахь а баттара даьхна тарраш дара. Даркешна хьалха хIоьттира Дунда. Таррашна тIехь лата буьйлабелира уьш. Йоккха майда гатъеллера царна. Хьалха вуьйжира Таймасхица леташ хилла волу Саьмбин кIант. Дундина пхьаьрсах чов йинера, амма стогаллах ца волура иза. БугIа санна онда вара юьртден ваша. Ча санна дарвеллера. Делахь а, Iожаллех хьалха ца валавелира. Дундас, кIелара дIа а иккхина, ластийна тоьхначу туьро накха бийкъира вукхуьнан.

Цхьа а стаг юкъа ца гIоьртира царна. Хуьлуш дерг сиха хилира.

- Саьмбиирзахой, шуна тIедеънарг эхь дац шуна! - элира Даркеша. - Тхо толар а дац шуна и. Зуламечу кхаа стагах цIанъели-кх шун юрт. Цуьнца цхьаьна вайн Нана-Нохчийчоь а. Декъий кешнашкахь дIадохка. Хаац суна, шена уьш хьарам хиллачу лаьтто шен кийра оьцур я цаоьцур. Бакъду, нахалахь вон цIе-м юьту цара. Шайна луъург дан паргIат ду шу...

Хьакхавелла, нахана юкъара а ваьлла, керташца гIап йолчу агIорхьа дIатилира юьртан къеда. Цхьанна а ца тосавелира иза. Массеран а тидам кхечунна тIехь бара.

- ХIара иштта дуьтур дац паччахьан хьадалчаша, - бохура Даркеша. - Дукха уллохь бу шуна берзан бен. Уьш кхуза схьакхочур бу. Цундела, шена луург тхоьца дIавола. Iен меттиг а хуьлуьйтур ю, дан долу накъосталла а дийр ду. Ца луург - буха а виса. ТIедожош хIумма а эр дац. Амма цхьа дехар ду: шаьш миччахь а делахь а, хIокху лаьттан дай хилар диц ма де. Гора ма эха цхьанна а хьалха. И динарг оха халкъан мостагI лорур ву. Паччахьан салтийн тоьпийн цхьамзанех валахь а, яхь йолчу нохчийн шаьлтанах вер вац иза. ДIахоийла массарна а!

Саьмбиирзахойх дукхах берш гиххошца дIабаха реза хилира. Буха бисира баккхий нах а, бисна Iаш болу зударий а, бераш а. МостагIаша шайна хIума дийриг цахиларх догдохура цара. Ткъа кхелхина дIабаха де дацара.

Юьртан къеда гIопе дIакхаьчча, Покровский бухахь ца карийра. Хилларг Бешар-талмаже дийцира цо ма-дарра. Хьаькам схьа ца вогIу хан чIогIа яхъеллера шинна а. Амма иза воцуш хIумма а дойла яцара. Кест-кеста, говран бергийн тата ма-хеззинехь, арахьожура и шиъ. Цкъачунна кхара ларвийриг гучуволуш вацара...

ХIокхо боккхачу лаамций, тешамций дIадолийна цхьа а хIума чекх ца долуьйтура гиххоша. Бухахь шена Саьмбин-Ирзен юьртан къеда ма-гиннехь, эпсаран дог вон тохаделира. Хаза кхаъ бахьаш веанчух тера вацара иза.

- ХIун хилла? - хаьттира Покровскийс динара вуссушехь хьеше.

- Къаьхьа де хIоттий тхоьга Даркеший, цуьнца хиллачарий,-къила вахана, арз дан волавелира саьмбиирзахо. - Юьртда вий, цунна орцахбевллачарна а изза дин. Шу сиха дIа ца кхачахь, вай мел хьегна къа эрна довш лаьтта. Юьртахой, багнаш а гIиттийна, цаьрга ладоьггIанчохь бисна...

ЯьIна лазаелира эпсаран. ХIокху тIаьхьарчу хенахь цхьа хIума ма ца тайннехь, я оьгIаз ма вахханехь, лазар эккха кхуьнан цигахь. Узар ца беш, хала сатуьйхира цо.

- Дуьхьало хIунда ца йира аш? - резавацаре тIечевхира Покровский. - Шун багахь мотт бац?! Я кхераделла, са мере кхаьчнера?..

- Ас цхьамма хIун дийр дара? - бехказвуьйлура юьртан къеда. - Шуна хаийта кхуза сихвеллера-кх со. Вай сиха ца хьовзахь тIаьхьа а хир ду.

ТIаьхьа-м иштта а хилира. Хаьхкина дIакхаьчча, ах юрт еса карийра. Уггар тоьлла болу къонахий гиххошца дIабахнера. Сергей Петровичан бIаьрга цIий хьаьвзира. Къарш оьккхуьйтуш, цергаш хьакхийра.

- ХIинца хIун дан деза, хIинца хIун дан деза?.. - йиш йоьхна висира юьртан къеда.

Майданахь ченалла йоьжна Iуьллучу юьртден мидалх бIаьрг кхийтира эпсаран. ТIевахана, схьаийцира иза. Цхьана юкъана вист ца хуьлуш лаьттара. Са кIамделлера хIара юрт а, бахархой а шаьш болччохь а битина, сийна цIе йолийла шух, кхин нах доцчу аьлча санна, дIа а вирзина, дIаваха. Амма цо и дича, ша инарлин Невельскойн хьехарца долийнарг чекх ца даларна даре дар санна хIума хуьлура цунах. Шена догIучу декъана жоьпалла тIеэца реза а вара. Делахь а, вукхунна хетадерг цахааро сецавора.

Вист ца хуьлуш, пIелг ластийна, юьртан къеда шена тIевалийра цо. Кхин хIума ца олуш, мидал цуьнан коча оьллира, ша и дича дерриг а нислуш санна. «ГIуллакх дIа ца додахь, и боккъалла а дIадоьдучуха моттаргIанаш лелае. Хьенан дара и дешнаш?» - дагадаийта гIертара Сергей Петрович, амма дош ца хуьлура. Уьш Невельскойн хуьлийла чIогIа лиънера эпсарна. Делахь а ша-шена хьалха къера хилира: уьш кхуьнан шен коьртехь кхолладеллера.

Говрах лата цаваьхьнарг нуьйрах летта бохучунний дайна, шен оьгIазло ага стаг лоьхура гIопа вирзина вогIучу эпсара. Цу гIуллакхна бегIийла цхьа Хьайдарбек бен ца карийра. ХIинца берриге а цатамаш цуьнан коча бохуьйтийла дара. «Цо ца деллера Даркеш вен дош? Иза вацара кхара шайн лергаш а, бIаьргаш а дина гиххошна юкъахь витинарг? Хаам хIунда ца бина? Со Iовдал хета цунна. Шех теша дела. ХIан-хIа, ямарт нах бу ламанхой. ЦIока юьззина шайца тешнабехк боллуш. Кошо бен нис а бийр боцуш. Цхьанхьа сох вела а воьлуш Iа хир ву. Собарде ахь. Ас уьстагIан маIа йийр ю хьох. Соьца чекхдер дац... Я Даркешан корта схьабахьар бу хьуна ахь суна, я хьайниг боцуш вуьсур ву хьуна».

Оцу ойланашца гIопах чу вуьйлира Покровский. ТIаьхьа ца тоьттуш, дагалаьцнарг кхочушдан а волавелира.

... - ХIусамда, хьаша тIеоьций аш? - и аз шен лере ма кхеччинехь, Iаччохь кхоссавелира Хьайдарбек. Сиха дуьхьал вахара цунна.

- Оьцу дера-кх, марша вогIийла, Бешар, - шена чIогIа хазахетта кеп хIоттийра хIусамдас. - ХIоккхуза сов цIа чу вер ву вайша. ХIей, хезий хьуна, сихха юург хилийтал тхуна.

Бешар баьрчче охьахаийра Хьайдарбека. Иза хIун дохьуш веана ца хууш, вуно холчохь а вара. Амма хатта бакъахьа а ца хетара. Цхьадика, хьешо ша дIадолийра:

- ГIуллакх сиха ца хиллехьара, хьо хьевийр вацара оха. Хьал телхина доьдуш ду... Хьоьгара гIо оьшу тхуна. Хьем ца беш, дIаваккха веза иза, — аз лахдира хьешо. - Хьо кхета-кх ас дуьйцучух?

- Кхета-м ма кхетара со, и муха дийр ду ца хаьа-кх, - дог ца догIуш жоп делира Хьайдарбека.

- ЦIера цхьанхьа а дIасаволуш вац иза?

- Вац, Таймасха шена уллохь а йоцуш-м.

- Ший а...

- Ала атта ду и, - оьгIазвахара хIусамда. - Дехкина зуд санна лета Таймасха. Вукхуьнца цхьаьнца ларавахьара.

- Кхо де ду хьуна...

- ХIун кхо де?

- Иза вен.

- Цул а лаьтта кхоьссина долу туй дакъадалале йолу хан лохьа, - ца вешаш, кхоссар йира Хьайдарбека.

- Со дIааьлчахьана волу.

Бакъдерг дийцича, эпсара кхуьнга аьлларг кIира дара. Кхо де кхуо шеггара тоьхна хан яра. Важа партал ца хилийта, тIех ладоьгIуш ца Iейта.

Карахь текх а долуш, чуедира Кхокха. Хьеше маршалла а хаьттина, кхача хьалха а хIоттийна, араялале майрачуьнга элира:

- Со оьшуш меттиг хилахь, чу кхойкхур-кх ахь.

- Кхойкхур ю.

ТIаккха хIара чуяро юкъахдаьккхина къамел дIадечуха, хьешехьа вирзира:

- Хьажахь, гергарчарах цхьа а ца карий-кх хьуна...

- Ца карий дера...

Кхокхина тIехьа неI дIакъовлаелча, хьаша ца Iавелира:

- Хьо сан дуьхьа лелаш вац. Айхьа дийриг, веза а ца веш, де.

- Цкъа ахь дог этIочуьра а вериг хир ву-вх со.

- Хабар дукха а ца дуьйцуш, гIуллакх дичхьана.

- Хьожур ву со, - машаре дийкира хIусамден аз. - ХIан, юучух кхета вайша. Хьо меца а хир ву, гIелвелла а хир ву. Са а доIуьйтуш... Новкъа маца вала дагахь ву?

- Кхана. Iуьйррехь.

Хьешана хьалхара декхар тIера а даьккхина, цуьнан буьйса декъал а йина, уьйтIа волу Хьайдарбек. Кхокха йолчохь богуш къуьда бац. ГIелъелла, дIайижна хир ю. Охьахарцца йоллуш ма ю иза. Хьулиматан корехь гIийла серло еттало. - Мел хан яьлла со цунна улло вахаза? - ойла йо цIийндас. Тховса мукъана иза йолчохь буьйса яккха еза. Пекъар, соьга хьоьжуш Iа хир ю, дIа ца юьжуш. Аьхна тулгIе яьржа кийрахь. Юха, чуьрко ю тоьхча санна, дог къовзадо цхьана ойлано... Стаг вен атта дац. Даркеш санна волу стаг-м муххале а. Стенна сихбелла хIорш? Иза-м чуьрк яций, куьг тоьхна ен. Дависа, ма леца делар-кх ас и сайна тIе. КIужал йолу тур доцуш а мегар вара, ткъа дин сайниг а тоьур бара. Дукха дезаро долчух а воккху. Вухаваьлча хIун дара хьовха сайн дашах?.. ХIун дийр дара цара суна? Бешар вижна Iуьллучохь вен а вийна, цхьана дена хIун ду ца хоуьйтуш, лаьттах воьллича? Хьанна гина иза со волчу вогIуш? Кхокхина. Цо со нахала воккхур вац. Сатасале дIавахара аьлчахьана... ТIаьхьавала стаг цуьнан а вац. Ткъа иза набарх валахь? Тапча а ма ю цуьнгахь. Хьанна хаьа, шена наб кхетта а моттийтина, со цо гучувоккхий а. И ца дер аьлла а дац. ХIан, айса дагалаьцнарг кхочушдер ас. Эпсарна ма хаьа иза кхуза веанийла. Цо дуьтур ма дац. ХIан-хIа, кхузахь кхин оьшу... Даркеш вийчхьана, шадерг нисло. Иза цхьалха стаг ву. Къайлах вуьйр ву. Са долчу дегIана хIума а ца тосадолуьйтуш. Цо йист йоккху доллучун а. КхидIа гIопарчаьрца долу доттагIалла дах ца деш, хадор ду: шун дехар ас кхочушдина, кхул тIаьхьа вай девзаш дац шуна! Сайн кIант а кхиош, йисина хан парггIат йоккхур ю. И сецна даьлла...

Байна синтем юхабогIу кхуьнга. Гира беза мохь охьабиллича санна хетало. Маржа-яI, Кхокхех тасавала йоцу йиш. ХIун дер тIаккха, Хьулиматна югIур-кх вай тховса. КIозйохург санна елахь а, сан десара, церг леташ-м ю. Цу тIе, суна тан гIерташ, цо хьоьгу къа а тоьур ду. ХIан-хIа, ши зуда хилар боккха аьтто бу боьршачу стагна. Бу те.

Жимма хан яьлча, Хьулиматан корера серло йов.

Хьайдарбек самаваьлча, малх гIеххьа лакхабала кхиънера. Корах арахьаьжча, уьйтIахь гIуллакхаш деш йолчу Хьулиматах бIаьрг кхийтира цуьнан. ДIанехьо гомашан кIорнина шура малош йоллуш Кхокха а яра. Йоккхах йолу йоI хьаьжкIашна асар деш йоллура. Хьаша дагавеара хIусамдена. Ара а ваьлла, Кхокхига мохь туьйхира;

- Хьаша гIаттаза ву?

- И гIаьттина дукха хан ю, - дуьхьал йистхилира зуда. -ДIаваха а кхиъна цул тIаьхьа.

- Со хIунда ца гIаттийра аш?

- Цо пурба ца делира.

Иза дIавахарх шена вас хилла моттийтахь а, Хьайдарбекна хазахийтира ца догIучу дагца цунна хьошалла лелор чохь дуьсуш хиларна. Цу тIе, цуьнга безам а бацара кхуьнан.

Ларамаза Даркеш вехачу керта бIаьрг туьйхира цо. Дундий, воккха стаггий рагIу кIел къамел деш Iара. ХIун маша бузуш ву техьа хIара шиъ хIинца? - ойла йора цо. Дунда хьала а гIеттина, цхьанхьа дIавахара. Таймасха арахь гуш яцара. Даркеш а, чу а вахана, хье ца луш, топ карахь а йолуш, юха аравелира. ТIаккха жIайн гIанта тIе дIа а нисвелла, бехчалгаца биргIа цIанъян волавелира. Хьайдарбекан корта болх беш бара: «Топ цIанъеш ву... Цхьана хIуманна эшна... Билггала талла ваха воллу хьуна иза... Цу гIуллакхна бен топ воккхачу стага схьа а ца оьцу. Кхо тергалдина. И ду-кх кхунна оьшшург. Хьуьнхахь дагалаьцнарг кхочушдан башха хала а хир дац. ГIалатваьлла ма хилахьара хIара. ГIур вац техьа?.. Ларван веза ас и...»

И де чекхделира. Хьайдарбека бIаьрса ирдина шен тидамехь латтадора Даркешан уьйтIахь хуьлуш мел дерг. Бода къовлабелча бен чу а ца вирзира. Даго хьоьхура: воккха стаг талла ваха кечвелла. Цундела шена мотт рагIу кIелахь биллийтира Хьайдарбека оцу буса. Сахуьлу хан яра хIинца ларъян езарг. Наб озийра цунна.

Вон гIан гора Хьайдарбекна. Цхьаъ кхунна тIаьхьа уьдура, хIара хьалхара дIауьдура. Важа тIекхача гергавоьдура. ХIара, когаш а лацалой, меттах дIа ца валалуш, сецна лаьттара. ДегIера гIора дIа а даьлла, охьавуьйжира иза, куьйгашца корта а лоцуш. Цхьанхьара буьрса Даркешан аз дийкира: «ХьалагIатта». Хьайдарбек самаиккхира. КIегар а хиъна, гонах дIасахьаьжира. ТIаккха доккха са даьккхира. Закъ-аьлла, зIар доьллуш хезира. Кех а ваьлла, хьун йолчу агIорхьа волавелла воьдучу Даркешан тидам хилира цуьнан.

Оцу дийнахь ши стаг вара гиххойн хьуьнхахь толлуш. Цхьамма экханан лар толлура, вукхо - ша санна долчу адамниг.

Сай тосабелира Даркешна. Кест-кеста, бежачуьра саца а соций, корта хьала а айбой, гонаха дIасахьожура иза. Кхераме хIумма а ца хааделча, юха а охьатаьIара. «Хаза дийнат ду сай,- ойла йора воккхачу стага. - ДегI оьзда, болар - дай, бIаьргаш - хьекъале. МаIийн кур мел товш бу, говзачу пхьеро бустам боккхуш бича санна. Дагахь хIума дац мисканна. Хаахьара, ша Iожаллин зила тIехь лаьттийла». Меллаша, тата ца далийта гIерташ, букъа тIехьа оьллина йолчуьра топ каралецира Даркеша. Сай Iалашоне лецира. ПIелг лога тIе бижира.

- ХIинцца топ ер ю, - сацийра воккха стаг лерина тергалвеш коьллашна юкъахь дIалечкъина воллучу Хьайдарбека. Цуьнан ирс довр-м хьаха дацара. Гой хьуна, сайна тIе Iоттавели. Цуьнан жижигах хайра-м хирий хьовха...

Амма топ ца елира. Лаг ца озаделира Даркеше. Селхана дуьйна цхьа тамашийна хьал ду кхуьнгахь. Хьалха цкъа а девзина доцу. Стенна деанехь а, дегIах хи кхарза дагадеара цкъа, юха цIена бедар юьйхира чухула, когийн-куьйгийн мIараш хедийра. Ткъа садаьржаш ша кешнашна тIехволуш элира: «IадIе, IадIе, наб уггар чIогIа марзло хан ю хIара. Кестта цхьаьна хир вай, кIентий...»

Дуьххьара шен дахарехь экханах къахийтира Даркешна... КIорггера ойла йича, кхуьнан хIун бакъо яра иза дуьненах баккха? Са деза хир ма ду цунна а. ХIинццалц хIунда ца деана техьа кхунна и дага? Тамашийна хIумнаш ду хIорш. Атта тIе а кхуьур воцуш. Ур-атталла, хIара санна бIе шарахь ваьхча а. Тахана дуьйна дIа нигат до кхуо, кхин цкъа а са долчу хIуманан цIий ца даккха.

Хьайдарбек ца кхета воккхачу стага лелочух. Сай а дIабахийти, тоьпан хьокха диттах тоьхна, юккъехула кагбин. И хIун хир дара-а?

Воккха стаг цIехьа воьрзу. Кхин хIокху хьуьнхахь дан хIума дац цуьнан. Сацам бина баьлла. Оцу цIеххьана кхунна хьалха схьаделлалучу керлачо ойла серлайоккху, ницкъ боуьйту.

Кхин хьал ду адамна тебачуьнгахь. Иза вуьйхи. Цо дагалаьцнарг кхочушхилаза диса герга ду. ХIан-хIа, цунна къа ца хийти ша санна долчу адамах. Цо нигат ца дин са долчу хIуманан цIий ца даккха. Воккхачу стеган тамашийна леларо галваьккхи иза. Амма цуьнан лар эцна воьдучуьра ца соцу. «КхидIа Iойла дац. ХIара аьтто болуш меттиг ю... КIорга Iин, бухахула охьадоьду ламанан сиха хи. Дерриг а кхуьнгахьа ду. Лаг озийчхьана волу». Хьалха воьдучу Даркешан пханаршна юккъе топ хьажайо Хьайдарбека. Куьйгаш дегадо цуьнан, Iалашо цхьана меттехь ца сацало. «Хьанах кхоьру?.. Эхь дац и?!. Шена догIург цо диъна хIокху дуьненахь. Хьайн а, хьайн хинволчу кIентан а ойла е... ХIаъ, и ма ву иза ...«Къена боргIаллий, меъий» аьлларг. Цу тIехь гIалатвели хьо. БоргIал къена хиллехь а, цунах дазделла меъ. Сайх кхардар хIинца доькхур ду ас. ДIаэца хьайна!»

Къорра топ йолу. Цуьнан тата йилбазан махьаро дададой, аьрцнашкахула, басешкахула чекхдоккху...

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)

Неудачно.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека