Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

XXVIII

Кошан ши барз лаьтта ул-уллохь. Чуртан меттана — ши тIулг. Кхузахь дIадоьллина Таймасхин дай, наний. Кхунна и хуур а дацара, баккхийчу наха ца дийцинехьара. ХIетахь дуьйна кест-кеста йогIу йоI кешнашка. Дай-й куьг хьокху нана дIайоьллинчу борза тIе. Оцу муьрехь ша цуьнан коьрта тIе куьг хьоькхуш санна хетало Таймасхина. Суьйранна хIорш чубирзича, ненан чIабанаш схьаюца хуура йоI. Цунна чIогIа хазахетара ненан месаш. Еха, кIеда яра уьш. «ДIаялахь, цкъа а йоккха хир йолуш яц-кх хьо», - Iоттар ярца олура цо. - Бер санна, месашца ловзуш». Ала иштта алахь а, там хуьлура нанна. Кхуьнан даге хьаьжжина кхуьуш яра иза.

БIаьргаш дIахьаббо Таймасхас. И дерриге а догIий дуьхьал хIутту. Сийсара долуш санна.

ЧувогIу да: «Кхин дан хIума доцуш ю шуьшиъ?» «Ас хIун дийр ду кхунна, сан мссаш гича мегаш яц-кх хIара...» — реза-яцаран кеп хIоттайора хIусамнанас. «Цул а бежана хьалха хIума кхосса», - хIоразза а олуш и ду.

«Цхьаъ мукъана а схьаделира шуьшиннах, - сатосу Таймасхас. - Дагара дийца, гIо лаха, ладогIа».

Воккха хилчий бен да, нана оьшуш а ца хиллера. Жималлехь-м жималлах Iехалой дIалелара. ХIара дерриге а дуьне хьайн а хеташ. Схьакхета малх хьайн дуьхьа кхета моьттуш, дIабузу малх хьайн дуьхьа бузу моьттуш. КIеззиг долчух а сакъералуш. Селхане таханенах, тахане кханенах тера йолуш. Даима а иштта лаьттар долуш санна.

Хан дIаяьлча, дуьненан синкъерам а болу дIа. Дахаран дукъ дазло. Цунна кIелахь букар хьаьвза. Хьашташ, дезарш тIекхета. Эццахь оьшура да, нана. Амма уьш ца хуьлу юххехь. ТIаккха хаьа хьуна церан мах.

ДIаяха хьалагIотту Таймасха. Шегахьа букъ а берзийна Iачу Даркешах бIаьрг кхета. ГIалатйолийла дац. ВорхI кошан барз лаьтта цунна хьалха. Меллаша тIейолало. ТIекхача жимма меттиг йисча, воккхачу стеган аз хеза.

- Хаьа суна-м, хIара нийсо йоцийла, - дийначаьрца къамел дсш санна боху цо. - Со вара и хIинца шу долчохь хила везаш верг. Вара дера-кх. Делахь а, шун кхаж бели-кх. Бели те. Шуьца хийца-м лур вара шуна со. Ас-м диънера хIара, даадаллалц. Шу даха-кх дукха хьалхе дIа. Массо а цхьана дийнахь, гIаж хьаьккхина. Барт бича санна. Шу дуьнен чу дохуш-м хазанеха санна къахьегнера оцу шун нанас. Дузо, кхио гIерташ йорт ас а йиттира. МостагIашна-м хIумма а ца хийти шу ворхIе а мерзачу сих ваккхар. Шу цхьаьний дIахьажийначу сан бехк а бу цу тIехь. Цхьаъ мукъана а цIахь витнехьара... Ца хаьар-кх. Ца тардолуьйтура-кх. ДогIуш дацара-кх. ХьаргIа, хьо дукха тIех кIоршаме хуьлу хьуна вежаршца. И цхьаццадолу совнах дерш ца дийцича а дац хьуна кIад а. Варийлаш, ледара ма хилалаш. Со а кестта дIавогIур ву. ТIаккха цхьаьний Iийр ду вай. Хьалха санна. Олхазар, хьо вара-кх соьца чIогIа талла ваха лууш. Цхьа дика меттиг тосаелла суна... Шортта акхарой а долуш. Хьо-м молла вара, Куьйра. Хьажа-Iелига дIагIурттуш. Ца дезахь, ца диъчхьана ваьлла-кх хьо нелан жижиг. Вуьшта, и вон а хуьлуш-м ца Iа хьуна хьо. Хаттал вежаршка... И ца магийна агIо нислойла хIун хаьа. Шун ворхIе а дайша лийрина хIумнаш дацара уьш-м. Аьрзу, хьан кIант когавахана. Селхана гинера суна... Къонах ву-кх хьалакхуьуш. Цуьрриг ледара а воцуш. Хьайнаш а дика Iаш бу, Леча. Сингаттаме хIумма а дац. Шу цатоар бен. Хьоза, энаша хьийзош хуьлуш вара хьо. ХIинца муха ву? Газан цIока дика хуьлу бохура хьуна оцу гIуллакхна... Ларло-кх. ХIан, кIентий, вай хаза Iий. Шуьгара хьалде а хии. Сой? Вон вац со-м. Когаша дIа а лелаво, сайн дегIана дола а дало. Кхин хIун оьшу?.. Вуьшта, хьевелла-кх со хIокху дуьнен тIехь. Сан гергара-хенара берш массо а дIабахна. Къоначу бацалахь къанбелла баI санна, висина лаьтта-кх... КIорда а дина, бакъдерг дийцича. Дахаран мохь беза бу хан дIаяьллачунна. Дукха вахвели со... Марша Iойла шу. КесталгIа гур вайна...

ТIехьа лаьттачу Таймасхин IиндагI дуьйжи Даркешна хьалха. Вуха ца хьаьжнехь а, иза евзи цунна.

- Таймасха, хьо яц иза?.. Схьанехьа яла. Со кхарна сагатделла чухьаьвзинера. Кхарда ма кхардалахь сох... ТIехIоьттича, дазлуш хиллера хIара... Хьо хьайнаш болчу еана хир яра. Бакъахьа еана... Беллачийн синош хьогий хуьлу боху гергарниг, вевза-везарг тIеварах. Вайн бакъйолу хIусам ма ю кхузахь. Ялсманий, жоьжахатий елахь а яцахь а тIехьокху дерг хIара латта ду. Стоьмаша ссттийна бошмашший, хIуьрлаьIан мехкарий ца хилча а мегар ву-кх со, кху лаьттах дIавоьлличхьана. ТIеван кошан барз хилчахьана.

Таймасхас лерина ладугIура воккхачу стаге. Тамаша бора цуьнан хьекъалх. Мел хьо ца кхеташ, чолхе долу хIума цIандой, нисдой, кера юккъе диллича санна, шера схьаохьа хаьара Даркешна. Цундела муьлххачу а гIуллакх тIехь воккхачу стагах дагайолура иза.

- Воккха дада, сайн доцу гIуллакх дуй техьа ас лелориг? -шеконе хаьттира Таймасхас.

- Дера ду ду-кха хьайн доцу гIуллакх-м ахь лелориг, - цхьа а шалхо йоцу жоп делира Даркеша. Важа цецъелира. И цуьнгара хезар ду аьлла, гIенах-набархчул башха дагахь дацара бIобаьччина.

- ХIокху ворхIаннин, кхузахь дIабоьхкина бохкуш болчарах дукхах болчийн гIуллакх ду-кх ахь юьхьаралаьцнарг, - кхи-дIа а, аз ца хуьйцуш, бохура воккхачу стага. - Церан массеран а, юьртан а, халкъан а гIуллакх ду-кх, Таймасха, хьан къоначу белшаш тIе дижийнарг. Цуьрриг атта а доцуш. Даш санна, деза а, даI санна, хала а, лога тIе хIоттийна шаьлта санна, луьра а долуш. Хьаьнг-хьаьнга дIа а кхехьалур доцуш. Пондаррий, вотий дара гIолехь...

- Воккха дада, нигат до-кх ас, хьо теш а волуш, сайгара кхин ледарло ца ялийта, - тешам боллуш элира Таймасхас. - Оцу дашах со йохахь, луьйчуьра а социйла сан мотт!

Даркешна тайра йоьIан къамел. Цунна хаьара и даггара схьа дуйла. Иза гIалат ца ваьлла цунна тIехь. Яхь йолуш ю Таймасха. Ойла цIена лаьтташ. Нехан дуьхьа шен са а дIалур долуш. Гиххойн цхьаболчу божарех дIа а лур йоцуш. И дерриге а бакъ ду. Амма иштта бакъ ду важа а: шатайпа нисбелла йоьIан кхоллам. Цунах а кхета Даркеш. Хала хIуманаш ду уьш цхьаьна дало. Хьекъалечу дешан гIо оьшуш...

- ХIун дийр ду тIаккха, Таймасха, - йоьIан дог оьцуш, боху воккхачу стага, — дечунна дуьсу гIуллакхаш а. И дан карах ца долучо я ца луучо бегIийла бахьанаш лоьху, хабарна тIехь чекхвала гIурту. Къонах коьртахь куй лелабарх хуьлуш вац. Къонах нехан гIуллакхна юкъ йихкина леларг ву. Хир иза боьрша я сте - бен-башха а дац.

Даркеша къамел хададо. Цхьана хIуманан ойла еш лаьтта.

- Со жима волуш дуьне бохург сан кхетамехь вина юрт яра,— геннара дIадолийра воккхачу стага. - Хьалакхиъча, луларчу юьрта вахара. Тамашийна хетара цигахь а суо санна долу адамаш карийча. Дуьненан дозанаш мелла а шорделира суна. ТIаккха воккха хилира. Нашха, ГIаланчIож, Шуьйта, ЧIинха цIераш яьхкира сан дахаре. Цул тIаьхьа Нохчийчоь боху кхетам кхоллабелира. Доккха дуьне хетара суна иза. Амма хан-зама мел ели, керл-керланаш довза доладелира. Ма цецваьккхинера со Теркан гаро: цхьана берда йистера халла бен дехьара берд ца къасталора. Моьттира: хIара ю-кх хIара дуьненан йист. Цу тIехь а гIалатваьлла хиллера. Дуьне кхин а доккха хилла. Ас стенна дуьйцу хьоьга цунах лаьцна? Хьо а цхьана ойланна тIеяло дагахь. Дукха хьолахь хьан бIаьргана гуш а, лергана хезаш а доцург а хуьлу хьан дахарца а, хьан гIуллакхашца а, дан билгал-даьхначаьрца а герггара зIе йолуш. Ма мотталахь, Таймасха, хьуо юрт ларйича йолуш ю. Цкъа толам баьккхича, мостагIчун дерг дIадаьлла. Тахана ерриге а юьрто хьан кара схьало шен рицкъа. Хьо йоцург орцахвала стаг ца висна цуьнан. Яхь йолу йоI доккха беркат ду махкана. Цундела хьох догйовха ву со. Нах тIаьхьа хIуьттур бу хьуна. Муьлххачу а кхечунна тIаьхьачул. Къийсаман дозанаш шордан деза. Сийначу цIергахь йогуш ю ерриге а Нана-Нохчийчоь...

Кхул цхьажимма хьалха Таймасхин бассабелла хетта кийра юха а хьалабуьзира воккхачу стагера хезначо. Шеконийн лар а ца йиснера. Цунна шера гора хьалха лаьтташ йолу Iалашо. Къийсаман амал. Оцу сийлахьчу къийсамехь шена йогIуш йолу меттиг.

Даркешший, Таймасхий кешнашкара цIехьа дирзича, маьркIажан бода Iенира лаьтта тIе. Ламанхойн гIиллакхехь, воккханиг аьтту агIор а волуш, луьйшолуш схьадогIура и шиъ. Геннахь дуьйна царах бIаьрг кхетта, некъан йисте а ваьлла, къайлах тидам беш сецира Хьайдарбек. Цхьана а кепара кхунна оьшуш хIума дацара цаьрца новкъахь дуьхьал кхетар. ХIокхо тховса арадаьккхинчу гIуллакхе хьажча-м муххале а.

ГIопа ваха араваьллера Хьайдарбек. Цхьаьнакхета диллина шолгIачу кIиранан оршот де дара таханлераниг. Бешар-талмаж шен цIахь хиллачул тIаьхьа Хьайдарбек кхийтира уьш бегашийна лелаш цахиларх. Эрна луш дацара кхунна деши. Я кхин и дIахьажо меттиг йоцуш луш а дацара. Делахь-хIета, кхуьнгара дIа хила а деза...

Маьлхан ирзе дIакхаьчча, вуьйш бухахь карийра. Бешар-талмажа гоч а деш, салам-маршалла хаьттира.

- Хьайна тIаьхьаваьлла стаг-м ца тосавелира хьуна, хоьтту эпсара.

- Ца тосавелира.

- Ларлуш хила веза, хIуманан сахьт дац.

- Иза-м суна а хьаха хаьа.

- ХIун ду юьртахь керла?

- ХIумма а, дера, дац, хIун хир дара цигахь, - ша хаттарх ца кхетачуха, дерзийна элира мотт бохьуш веанчо.

- Дукха хан йоццуш гиххойн хьуьнхахь салташца хиллачу тасадаларх лаьцна хIун хаьа хьуна?

Ша муха жоп дала деза ца хууш, вуьйхира Хьайдарбек. ХIара а ма вара гиххошца цхьаьна. И хьулдича гIолехь ду я дIааьлча? Лачкъо сацийра цо.

- Даккхий зенаш дина бохуш дуьйцу шина агIонна.

- Гиххошна юкъахь дукха буй байинарш?

- Тоьур долуш, - царна новкъадогIур доцчу кепара ала хиира гиххочунна.

- Ткъа инарла хьан вийна?

- Таймасхас шен куьйга... - жоп делира цо. «Сан сайн бIаьргашна а гуш», - аьлла, тIетоха сакIамделира Хьайдарбекан. Амма ца хIоьттира и дан.

- Оцу ...зудчой?

- ХIаъ.

И хаттар деш дуьйна а шена дуьхьал хеза долчун башха шеко йолуш а вацара Покровский. Даго хьоьхура: Iаьржа зуда. Делахь а, кхоччуш цунах теша а ца туьгура хьекъал. ХIинца мотт бохьуш веанчо тIечIагIди. ЧIогIа лиънера цунна кхин хаза. Ша-шена даре ца деш, сатийсинера цуьнга. Поло бохург бакъ хила мегаш ду...

- Оццул адам мичара даьллера гиххошна?

- Кхечу ярташкара а схьабеттало...

- Мила ву и зуламе гIуллакх дIакхоьхьург?

- Мила хир вара и? Даркеш ву-кх, - и цIе цабезамца яьккхира Хьайдарбека. Шен да БатIал сийсазвеш цо къамелаш дечу хенахь дуьйна а цуьнга безам боцуш вара иза. ХIокхо Кхокха ялийча а аьлла бохура цо-м: «Къеначу боргIалан а, меан а гергарло сарралц бен ца дахло ».

- Эпсара боху, ша иза вуьйриг итт деши дуьллу, - лерина хIара тергал а веш, дIадолийра Бешара-талмажа. - Къонах вер варий и дан?

- Дешех хIун до, цунах схьаэца хIума ца хилча? - шена чIогIа жоп хезийла лууш долу хаттар дира Хьайдарбека хаттарна дуьхьал.

- Нуьйра кIел динний, дато варкъ даьккхина туррий делча? -кхо хоьттучух кхетарца элира Бешара-талмажа.

Хьайдарбекан дог сутара тохаделира кийрахь. Цхьа да ваххал бахам бара и.

- ТIаккха-м и нахе стенна долуьйтуш дара?..

- Шен дош мокхаз санна ду боху-кх эпсара.

- Хьо теш ву-кх вайн бартан...

- Тхо духур дац тхаьш аьллачух.

Иштта сиха цу тIехь шайна и тIетовр ву моьттуш ца хиллера я Покровский а, я Бешар-талмаж а. ХIун до хьажархьама къадийнера. ХIинца иза резахилар шайна гучудаьлча, кхечу кепара и хуьлийла йоцуш санна, тIе а ийцира.

ХIума ала санна атта дац и дан. Шегара и дешнаш довлуш Хьайдарбека кхин генара ойла а ца йинера. Кхетамал хьагIгамо хьалхаиккхина яьллера. Цу тIе, нуьйра кIел дин, тур мух-мухха а хуьлуш дац. Гиххошкарчу хIинцалерачу хьолехь-м муххале а.

Даркеш веран ойла чIагIъелла йогIура. И дIаваьккхича, гIеххьа хIумнаш хийцалур ду юьртахойн дахарехь. Дикачу агIор. Цуьнан ворхI кIант вийнера бохуш, хIорш а салтийн карах бала беза? ХIетахь хьуьнхахь хиллачу тIамехь дийна дика, дера, висира хIара. Таймасхин да, нана а ас ца дийна. Ша лаха-кх церан чIир а. Со а витий. Амма хозуьйтуш дIаалал цаьрга и. Кхайкхийна, юьртахь чекхвоккхур ву, кIилло хилла бохуш. Цхьа некъ бу-кх буьсург: цхьа ког коша а бахна Iаш волчу Даркешна сихха цига дIакхача гIо дар. И эрна дойтур а дац гIопарчу эпсара. Цу тIе, цунна-м сан да вевзаш а хилла. Доккха гергарло дара шайна юкъахь бохура. Иза яра-кх зама. Кара хIума а йогIура, шортта даа-духа а дара. ХIара къелла кIордийна суна-м. Ши доьзал кхаба а дац атта. Кхана йоьжча а хIума доцуш лелаш Кхокха а ю. ТIаккха кхин цхьа доьзалхо а тIекхетий хьуна. Дала мукъалахь, кIант хир ву... Кхин хIумма а ца оьшу кхунна.

Амма муха вуьйр ву Даркеш? Дов доккхийла цуьнца яц. Наха бехк буьллур бу. Кхеран пхьо хьаьрчина а иза вац. Даррехь, хIара суна новкъа ву аьлла, воьйла а дац. Дийриг къайлах-къулах дан деза. Цхьана а дегIана тоса ца долуьйтуш. И ду гIолехь дерг. КIело йина. Царна бен а дац ас мухха иза вийча а. Аьтто болуш меттиг лаха еза...

Адаман а, говран а хьожа кхийтира Сирачунна. Набарх яла дог ца догIуш, цкъа халла бIаьргаш схьа а биллина, юха дIакъевлира цо. Хьалхалера гамо яцара цуьнан адамашца. Цул сов, дахарехь керла хьашт а карийнера: го бина, цунна гонах, месала куйнаш санна, Iохкура чайтаIаш. Кхуьнан кIорнеш. Царна кхерам ца хилчахьана. Делахь а, хьожа хIаваэхь ешна дIаяллалц набаран тарца къийса-м къийсира барзо. Шайна тIегIортахь а бохуш.

Хьайдарбекна хаа йиш яцара, ша хIетахь Кхокха кIелхьара йоккхуш йийначу чан кIорнеш бахьана долуш, берзан кIомсарех ша хьалхаваьлла хилар. Ца хиира цунна иштта, ша юьртах чу вулуш, цхьана маьIIаргонехь Таймасхина тIе ца Iотталуш висарх дерг а.

Цу буса наб кхета ца туьгура ойланаша корта дIалаьцначу йоIана. Ехха меттахь кирчира иза. Наб ца кхетара. Чохь йовха яра. ХIуо ца тоьура. ДегIах хьацар деттара. УьйтIа елира иза. Тийна дара арахь. Мела мох хьоькхура. Иолаелла-а кертахула Гиха йисте яхара иза. Кхарна тIехьахула охьадоьдуш дара хи.

ХIинца а дийнан йовхо шайх дIаялаза йолчу тIулгашна тIе охьалахъелира Таймасха. Беттаса кхехкара хи чохь. Аьхкенан буьйса аьхна а, сирла а еанера. ОхьаIийдалучу хинан бIаьра а хьоьжуш Iара йоI. Дагаоьхура дIадахнарг. Олхазар, ша цунна хан йиллар... Мерза гIан хеталора и дерриге а. Жимчохь туьйранахь хезча санна.

Дехьарчу бердах хотталуш йолчу хьуьнхара цхьа-ши экха делира гуча. Таймасха тап-аьлла дIатийра. ХIуманнах а шек йоцу акхарой хи тIе схьаяьхкира. Беттан серлонехь Таймасхас къастийра: ши лу дара и шиъ. ТIе а деана, хи мала хIоьттира, сих а ца луш, наггахь шайн хаза кортош хьалаайдой, роггIана дIаса а хьожуш. Хьогалла а яйина, духаделира ший а. Цхьаъ вукхунна мера кIел оьхуш, эсала хьесталуш, мотт хьоькхуш, вовшашца ловзаделира лунаш. Цхьа аьрха дог тохаделира Таймасхин готтачу кийрахь. ЦIеххьана тIе мох хьаькхча овкъарна кIелахь серладовлу кIегий санна, алу хьаьдира дегIе. Дуккха а хенахь кхо шена чохь къийлина, бийна дIабаккха гIиртина синхаам белира сама. Цо садукъдора, ойланаш карзахйохура. ДегIан меженаш ийзайолуьйтура. Мерзачу шовкъан тулгIе хьодуьйтура пхенашна чухула. Лаамаза узарш дуьйлура балдашна юккъехула. БIаьргашна хьалха дохк хIуьттура. Кхетам артбеллера. Шен дегIана а, ойланашна а дола ца далора цуьнга. Урх хецаеллера...

Мичара, хIунда догIу а ца хууш, дагадеара: тховса-х лайтIа-къадар буьйса ю. Цхьа мур а ларбина, ахь дагалаьцнарг кхочушхир долуш. Муха дара иза-а? ХIаъ, хи дукъло, дитташ а, бецаш а юьйшу. Эццахь, хи чу куьг а диллина, ахь дина долу муьлхха а дехар кхочушдийр ду. Набарна базбеллачу, бистинчу бIаьргашна хьалха, худар санна, дукъло хи, дитташ, бецаш лаьттаца дIанислуш охьаюьйшу. ХIинца куьг хи чу дилла деза... Иштта... «Сан Дела, ялийталахь со сайгарчу хьолах! Кхин цкъа а ма довзийталахь суна иза. ТIулган делахь сан дог!»

БIаьргашна хьалхара дохк деша. Хи чохь Iуьллучу куьйго дерриге а дегIехула мело-о зуз хьодуьйту. Таймасха меттайогIу. Сихха хьалагIотту. Коьртачу ойланийн чалх яьржа. ХIинца юха а тоххарлераниг ю иза.

- Таймасха, хьо ма лела, - цецвалар хаалуш дека бодашкахь Джамболатан аз. ДаркешагIеран керта йистехула вогIуш тосаели цунна хIара.

- Чохь са ца туьйш араяьллера со-м, - кхераялар доцуш жоп ло йоIа. - Хьо кхуза муха нисвелла хан йоцчу хенахь?

- Ха хийцина вогIура со.

- ДIавало, гIелвелла хир ву хьо.

- ГIел ца веллера со-м, вуьшта, цхьа-ши дош дара хьоьга ала...- шина даггахь боху Джамболата.

- ХIун дара иза?

- Хьо иштта лелла ер юй техьа?

- Ца яьллачохь, соцур-кх.

- Со ала гIертарг кхин ду...

- Ца оьшу, Джамболат, - хадам боллуш дека Таймасхин аз. - Сайна Дала деллачунна со реза ю.

- КIезиг дезаш санна ца хета хьуна хьайна хIокху дахарехь? резавацаре хоьтту Джамболата.

- Даймехкан паргIато, маьрша дахар, халкъан сий кIезиг хIума лору ахь, Джамболат? - и дешнаш шаьш схьадовлу йоьIан даг чуьра. Цунна шена а керла ду и дерриге а. Аьлча а, и ойланаш ехара цуьнан хьекъалх, кхетамах дIаийна, хIаваъ, хи, кхача санна, шаьш йоцурш цатарлурш хилла. Цунах лаьцна дийца ца дуьйцу, и лов хIора синпхенаца, дегIан меженаца. Кхуьнан деган мохь бу иза. Лазам. Йоккхаер. Цуьнан дуьхьа муьлхха а хало Iовша мегар ду.

- Хабар дара иза-м, - дегала дуьхьалавистхуьлу Джамболат. — Кхин хьалхавала верас воцуш бисна техьа нохчий? Хьайга ца догIург ца лелийча а дацара кIад а. Тхо тхаьш а ларор дара...

- БIогIуллакх доькъуш кхочуш дац, Джамболат, бала болчо ша-шена тIеоьцуш ду.

- ХIан, хуьлуьйтур вай иштта, - къар ца ло жима стаг. -Алахь соьга, хьуна хьайна хIун ло оцу къийсамо? Оха, божарша-м, тхешан майралла, стогалла гойтура, цIе яккхийта, довзийта... Хьуна стенна оьшу и? ТIехьийзачунна хьалха, евза-езачарна хьалха дозаллиний?

- Массарна а долчух дакъа суна а кхочу-кх, - оьгIаз ца яха гIерташ, хала са детта Таймасхас. — И дика делахь — дика, вон делахь - вон. Нехан юкъарчух къастийна сайн хIума дац сан.

- Ва, Таймасха, зударийн гIуллакх ма дац и, - шениг дуьйцу Джамболата юха а. - Хьо хIинца а къанъелла Iаш а яц, тIаьхьайисна а яц...

- Сан ирсан олхазар гуттаренна а сецна безаман бешахь йиш лоькхучуьра, - цхьана шечун ойла а еш, гIийла дуьхьала йистхуьлу йоI.

- Иза воцург кхин воьгIна а вац? - шен дагахь дерг ма-дарра схьа ца Iеттийча ца Iало Джамболат.

- Дагах ши дакъа ца дало. Ахь цкъа цхьанна дIаделча, юха схьа а ца эцало.

- И наха бохург бакъ хила мегаш ду-кх хьуна.

- ХIун боху цара, Джамболат?

- Хьо жинашца тайна ю...

КхидIа къамел дан ницкъ бац Таймасхехь. ТIаьххьара аьллачо Iоьттина дагах чекхъяьккхи шаьлта.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)

Неудачно.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека