Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

XXVI

Билгалйинчу метте сихвелла воьдура Хьайдарбек. Эпсара дел-яачу молханах гIоле хиллера Кхокхина. Амма кхоччуш лазаро дIе ца хецнера иза. ШолгIа мала дезачу молханах дерг дагадеара тIаккха Хьайдарбекна. Ца лаьара цига ваха. Делахь а, дIадолийнарг чекх ца даьккхича ца долура. Цу тIе, цара кхуьнга бохург кхин хIума а дац. Накъосталла дар бен.

Цхьаьнакхетаран меттиг гIопана гена доццуш къастийнера. Хан - шолгIа боргIалаш кхайкхича. Цундела, Iарж ма елликехь, цIерачаьрга ша мича воьду ца олуш, юьртах велира нза. I Iскъ дика бевзара. Билгалйина меттиг а хаьара - Маьлхан ирзе. Цигахь кхуьнга хьоьжуш хир ву эпсаррий, талмажжий.

Йиллинчу хенал жимма хьалха дIакхечира Хьайдарбек. Кестта гIап йолчу агIорхьара гучувелира ши стаг. Беттаса кхетта яра буьйса. Герга ма-кхеччинехь, вовшийн бевзира царна. Салам-маршалла хаьттира.

- Воле хилирий хьан хIусамнанна, хоьтту эпсара, - лохха дийкира талмажан аз.

- Хилира те, — жоп делира Хьайдарбека,- Дала хан яхйойла шун!

- ХIинца ахь цуьнга малийта деза молха хIара ду хьуна, -хIайкалал долу доьазза тIекIел диллина кехат дIакховдийра талмажа гиххочуьнга.

- Цхьанна а тоса-м ца делира хьан кхуза вар?

- - ХIан-хIа.

- И дика ду. Нохчашна тоьллера паччахьан Iедалан векалшна муьтIахь хиллехьара. Цуьнан меттана, уьш девне бевлла. Хьан юьртахой а тIехь...

- Тхо хьалха гIазакхашца мах лелийна ду... Сан да шуна вевзаш хила а мега.

- ЦIе хIун ю цуьнан?

- БатIал. Совдегар БатIал.

- Эпсара дукха дика вевзара шена боху. Муха Iаш ву хIара хIинца?

~ Могуш-маьрша ву иза-м, - ма-дарра дийца ца хIоьттира Хьайдарбек. Аш, юрт йоккхуш, ха а дойна, охьахаийна олийла-х дацарий.

- Шун юьртахой массо а бу тхуна резабоцуш?

- Резаберш а, боцурш а нисло.

- ТIелетарш дийраш муьлш бу?

- Даркешший, Таймасхий IаддаIахьара... Вуьйш-м маьрша нах бара...

- Иштта дош лелаш къонахий бу уьш?

- Цхьаъ воккха стаг ву. Важа... йоI.

- Муха, йоI?

Покровскийга цецвалар ца лачкъаделира. Талмаж-м цул а цецваьллера.

- Ой, шайн Жанна д'Арк а йолуш бу нохчий? — эккхийтира эпсара.

Талмажна ца хаьара Жанна д'Арк мила ю. Цундела шатайпана дара цуьнан гочдар.

- Зуда йоцург, хьалхаваккха кхин къонах виса а ца висна гиххойн?

- Даркеш ву-кх и тхан коча хаийнарг.

- Ламанхой буьззина къонахий лоруш вара ша боху эпсара хIинццалц. Амма хьоьгара хезначо цу хьокъехь шеко кхоьлли.

- Шуна ца евза иза, - китарло лоьхура Хьайдарбека. - Ша и цициг санна каде а, тIах-аьлла а ю. БIаьрганегIар тухур доцуш.

- Эпсарна хаа лаьа цо хIун духар леладо?

- Божарийн духар дера леладо.

- Мича басахь?

- Iаьржа дуьйхинчуьра йолуш яц.

Гиххочун и дешнаш гочдешшехь, Сергей Петровичан кийрахь цхьа вон дог тохаделира. «Iаьржа цициг... Iаьржа цициг, -хьаьдира юха а коьрте.- Лаа дац иза. Цхьа йоккха къайле ю кхузахь...»

Вист ца хуьлуш вахвеллачу эпсаран бага а хьаьжна лаьттара талмаж. Цунна хаа йиш яцара вукхуьнгара хьал. ТIаьххьар а кисана куьг дахийтира Покровскийс.

- Эпсарна чIогIа тайна хьан къамел. Цо ши деши ло хьуна. ХI.айдарбекна ца хаьара нийса муха хир ду. Схьаэца даго ца нуьтура (хIара сагIа доьхург-х ваций), ца эцча, вукхунна новкъадарна кхоьрура (ша цаларар ду моттахь). И шалхе хааелира талмажна.

- ДIаэца, - элира цо. - Эпсарна халахетийта мегар дац. Цунна хьоьца гергарло деза. Ламанхойн Iедалехь дац цу тIехь дуьхьало яр.

Хьайдарбекана хаа-м хаьара и шена томана бохуш дуйла. Делахь а, шегахьа дерг дIатеттар башха хьекъале а дац-кх.

- Вайна юкъара барт эгIийна леларш зуламе нах бу. Уьш дШбаха беза боху эпсара. Нийса а лоь. Цунах дерг хьайн юьртахошка а къададе. Паччахьан эскар эшо ницкъ бац. Дела цхьаъ-халар санна, бакъ ду иза. Нагахь санна гиххойх цхьаберш зуламна гIовтта кечлахь, ахь тхоьга схьахаийта деза. Диканна арабевлла бац уьш. Тхоьга схьа тоха бегIийла долуш цхьа хIума далахь, хIора кIиранан шолгIачу дийнахь хIоккхуза схьакхета. Хан - хIарра. Барт хилин вайн?

- Хьожур ву со, - шина даггахь жоп делира Хьайдарбека.

- Марша гIойла!

- Маршалла хуьлда шуна а!

Гиххо лаьмнаш долчухьа вирзира. Сахилале цIа кхача деара цуьнан. Ткъа некъ беха бара. Буйнахь молха а къуьйлуш, дIанехьо диттан генах тесна латтош йолу говр схьа а яьстина, Iоьрта чабол ийцира Хьайдарбека. Кхандоххал ваьлча, дагадеара цунна шена делла ши деши. Чета а кхевдина, схьаийцира. Шен дахарехь шолгIа я кхоалгIа гуш яра кхунна нахарташ. «Доккха хIума ду-кх и, - ойла йора Хьайдарбека, - дас бохург бакъ делахь, хIокху шина дешех базарахь етт а, говр а эцалур цар-кх...»

Сахилале дIакхечира гиххо. Говр паргIат а яьккхина, гIовгIа ца ян гIерташ, Хьулимат йолчу чу вахара...

- Хьо лаа вуй, стаг?

- ХIара йолчуьра вогIура со-м.

- ДIавижа веъна хир ву хьо суна?

- Хьайдарбек-м хьаха ву шина зудчуьнца хьовха, шийттанца а ларор волуш. Хьо хIун ала гIерта?

- Дала бакъ де и...

- Дукха шар ма лол.

- Мотт ца хуу хьайба санна лелча, сайна хилла баркалла а гуш ю со.

- Iуьйранна хIара молха дIамалийталахь цуьнга.

- Айхьа дала ца мегара?

- Ца мега...

- Ва, стаг, уьшалара нал йоккхуш санна, и узарш ма дехьа сан лерехь...

Арахь сай, бодий дара къуьйсуш. Хьалхарниг шен марара дIа ца хеца гIертара дуьне, шолгIаниг - цуьнгара и даккха.

...Таймасха набарх яьлча, малх дикка хьалабаьллера. ДегI доьхнера. Дог а таьIна дара. ГIенах хиллачу ницкъо хьаьшнера ойла. ХIетахь, юрт йоккхуш, лаамаза тIедуьйхичхьана дуьйна, кхин дIа ца доккхуш, божарийн духар леладора йоIа. Иза а тIехь йижар, гIаттар а хуьлура.

КетIахь цхьа гIовгГанаш евлира. Луьйш адамаш дара. Сихха чуьра араелира Таймасха.

Урам дIалаьцна лаьттара кхунна бевзаш боцу нах. Даркеш вара цаьрга ладоьгIуш.

- Тхоьца МартантIера а, ГIойтIара а нах бу, - бохура лохочу дегIахь волчу ламанхочо. - Ший а юрт ягийна дIаяьккхина салташа. Оха дуьхьало йира. Амма дукха хиларна, уьш туьйлира. Охьенца даха меттиг яц тхуна. Аш тIеэцахь, кхузахь совца дагахь ду...

- Цхьа нохчий дац вай?! - кийрара схьа мохь белира воккхачу стеган. - Оьцур ду, дера-кх, оха-м шу тIе. Тхан ницкъ кхочу гIо а ма дийр ду.

- Дала сий дойла шун, гиххой! - элира оццу лохачу стага. -Оха дицдийр дац де доьхначу дийнахь аш тхуна дина вошалла.

Кхелхина баьхкинарш доьзалшций, гергарчаьрций цхьаьна гиххойн хIусмашкахула дIасабийкъира. Къамел дина лохочу дегIехь верг шен доьзалца ДаркешагIаьргахь висира.

- Хьан цIе хIун ю? - хаьттира цуьнга хIусамдас шаьшшиъ рагIу кIел ваьлла, охьахиъча.

- Доьрчий деш волу Дунда олу-кх сох наха, - жоп делира вукхо.

- Сан цIе Даркеш ю.

- Хезна суна наха вуьйцуш.

- Дуьне гатделла адамашна, Дунда. Вовшийн багара яькхинарг бен сискал мерза ца хета.

- Оцу дешначу наха юьйцу тIаьхьара зама ю моьттуш ву-кх со хIара, Даркеш.

Воккхастаг гIийла велаозийра.

- Со хаъал хилчахьана дуьйна хезаш ду суна и дешнаш.

- Керста Дажал ваьлла боху, Даркеш. Цкъа бага гIаттийча, юрт йиллал адамаш дIа а кхоллуш. Салтий цуьнан бIо бу.

Даркеша, резавоцуш, корта ластийра.

- Хабарш дара уьш-м, Дунда. Iаьржа бIо хилар - иза-м ду бакъ. Амма вайн а санна, ши ког а, ши куьг а ду церан. Тоьхча, даза а бо. Са лоцце кхетча, лан а ле. ТIамо бен ца туху тIом Оуха.

- Бехк ма биллалахь суна, Даркеш, цхьа тамашийна хIума Квзнера тхуна. Хьоьга цунах дерг хоттур ду бохуш, хиллера 80...

Бехке дац, хатта ахь.

- БIона хьалхаяьлла лелаш зуда ю ма боху шун.

- ДIогара жимха гой хьуна? - Таймасха йолчухьа куьг хьажшчра воккхачу стага.

- Герзаца муха ву хьо?

- Шаьлтан тIехь сол тоьлла стаг-м вац хIинццалц.

- Хьуна хезий тхан къамел? - Таймасха йолчухьа воьрзу Даркеш.

- Хеза, воккха дада.

- Тасалой хьо кхуьнца?

- Тасало, хьуна лаахь-м...

Шиммо а шаьлтанаш йоху. Вовшашна тIедолало. Зуьйш, Юаьлта ластайо Дундас. Жимхас бIаьргнегIар а ца туху. ХIинца тоха дагахь айайо Дундас шаьлта. ХIаваэхь суйнаш довлу. Кхин цкъа а... Кхин цкъа а... Болато духатуху болат.

ГIелвалар хаало Дундина. Пхьарс а шашах охьаоьху. КIадвелла. Делахь а, къурд олийла дац.

Алу йогу жимхин бIаьргаш чохь. Хьацар тоьхна юьхь тIе. Лмма куьйго чIогIа къуьйлу хIинца а шаьлтанан мукъ.

Жимха тIетеIа. Дунда вухаволу. Леккха аййой, кхуьнан коьрта тIе охьайоуьйту жимхас шаьлта. Шегарниг дуьхьал лаца кхуьу х Iара. Тохар духатуху. Амма шаьлта юккъехула кагло. Ткъа ша Дунда, вухаволуш, ког а тасалой, аркъал вужу.

- ДIабаккхал хьайн коьртара куй.

Жимхас кхочушдо шега аьлларг. Белш тIехула месаш яьржа.

- И жоп ду-кх сан хьуна дала, Дунда... - велакъежа Даркеш.

Сарахь кхура кIел кхеташоне гулбеллера гиххой. Цига кхайкхина яра Таймасха а. ТIебаьхкинчарах - цхьа Дунда. Хьалхара дош ийцира Даркеша.

- Паччахьан эскаран Iалашо цхьа юрт я ши юрт йохийна Iер дац. Дийнна вайн мохк караберзор - и ду цара дагалаьцпарг. Цхьана куьйган пIелгаш ду вай. Царах цхьаъ ца хилча, мел гIертарх, буй балур бац. Вайн даьржина хилар мостагIчуьнгахьа ду. Цхьаьна хила деза. Шу реза делахь, кхечу ярташка геланчаш бохуьйтур бу. Кхузахь хилла къамел царах дIатоха. Шуна муха хета?

- Ас къобалдеш гIуллакх ду-кх и, - доцца хадийра Бекмарзас.

- - Ишта-м ма дара иза, - ойлане хилира Хьату. - Вуьшта, кхин агIо а ю-кх цуьнан...

- Алал хьайна хетарг, - пурба делира Даркеша.

- Нахана вуно даккхий зенаш хилла, - меллаша дIадолийра цо. - ТIеман кIегашна тIе хIуп баьхча, цIе марсаялар бен хIума хир дац. Барт лаха безара. Со дика кхета, Даркеш, хьоьгахь долчу хьолах. Цхьана дийнахь ворхI кIант коша виллина дай кIезиг бу дуьнен тIехь. Велла дIаваллалц йоьрзур йоцуш чов йина хьуна... Делахь а, сиха ма хила, собаре хила...

Хьатус и къамел деш, юьхь тIера цхьа хьаса меттах ца белира Даркешан. Лерина цуьнан тидам беш Iара Таймасха.

- Хьо велин, Хьату?

- Вели, Даркеш.

- Вай сан кIентийн чIир лаха ца гулделла кхуза. Халкъан юкъара гIуллакх дийцаре дан даьхкина. Къамел цу хоршехь дIа а дахийта...

- Нийса боху, - къамелна юкъавеара Уки. - Массо а нохчех хьакхалуш ду вай дийцаре даьккхинарг.

- Со реза ву аш бохучуьнца, - вистхилира хIинццалц ладоьгIуш Iийна Дунда. - Уьш дIабаха а, я вайца бертахь баха а баьхкина бац кхуза. Кху мехкан дай хила баьхкина. Цара ДIалуьйцу уггар тоьллашха долу латтанаш. Шайна юкъахь доькъу уьш. МаьI-маьIнехь гIаьпнаш хIиттайо. Теркал дехьа ярташ ехкина. Хьалха вайца машарехь баьхначу гIалгIазкхашна юкъахь эладитанаш даржадо. Питанаш туьйсу. Вадарх кIелхьара ца волу тIамах.

- Сапарбек, хьуна лаьий вистхила?

- Вистхир ву со, Даркеш, - йовхарш а тухуш, къамеле велира важа. - Шуна хууш ду сох дерг... Еххачу хенахь шуна юкъахь Iаш, дукха ойланаш йина ас, дукхачу хIуманех кхетта. Оьрсий а тайп-тайпана бу, гиххой. Мисканаш - миска, хьалдерш - хьалдолуш. Нохчашца мохк къуьйсурш мисканаш бац. Белахь а, гIожаца эскаре лаьхкинарш бу. Со санна. Ма мотталаш уьш шайн лаамехь я даладелла лелаш бу. Ца бевлла лела. Муьжгийн цхьа а гамо яц ламанхошца. Хьоладай бу шайн хьал дебо арабевлларш. Уьш а, вуьйш а аш къастабойла луур дара суна... Кхин цхьа хIума а ду. ПаргIато мерза стом бу шуна. И шайгара ма яккхийталаш. Цуьнан мах лолла кIел ваьллинчунна бен хуур дац.

- Хьекъале дешнаш ду, хьекъале, - тIетайра Даркеш. -Миска нах массанхьа а бу цхьабосса. Церан вовшашца къийса хIума а дац. ХIара хьан ю, хIара сан ю аьллачу шина вешина юкъара а дIайолу марзо. Цхьаъ вукхул тоьлашха хила гIертаро вовшахдаьккхина адам... Таймасха, хьан дуй ала хIума?

- Гиначара бахарехь, тIеттIа керла салтий бу гIопа схьакхуьйлуш. И лаа дац. ХIинццалц вай, дукха хьолахь, мостагI тIе-датталц а Iай, тIаккха бекхамна гIовттура. Соьга хаьттича, тахана кхечу кепара дIабахьа беза къийсам. Кегийчу тобанашка декъа а делла, аьтто баьл-баьллачохь салташна тохарш деш...

- Дера, вайн дайша аьлла-м ду: хьалха дIатоьхнарг тоьлла, - ажъаиккхира Дунда.

- Вижар-гIаттар цхьанхьа долуш хила беза вайн бIо, - кхи-дIа а шена хетарг бохура Таймасхас. - Хьашт ма-хиллине, кийчча хила. ХIора кетIа хIуьттуш а ца лелаш. БIаьхой кхечу гIуллакхех мукъабаха а беза. Ерриг а хан, ницкъаш тIеман гIуллакхна цаьрга дIабалийта. Царна говраш, кхача латтор юьртана тIе а дуьллуш. Ишттий бен вайга хьокъала йоллу дуьхьало ялур яц мостагIчунна.

- БIона юкъа боьлхуш берш уггар каде, майра къонахий х илча, уьш кхаба а, царна оьшург латто а ницкъ кхочурий техьа баккхийчу нехан а, зударийн, берийн а? - шекьхиларца хаьттира Укис.

- Дийнахь а, буса а юкъ ца йостуш верг иттех стаг бен хир вац, - кхетийра Даркеша. - Уьш юьртана ха деш а, мостагIчо дийриг шайн тергамехь латтош а берш хир бу. Вуьйш цхьана билгалонца, орца ма-деллинехь, хьалххе къастийначу меттиге дIагулбала беза.

- И ша гIуллакх ду, - синтеме хилира Уки.

- ХIора кIуьра тIера цхьацца тIемало къасторна барт хуьлий вайн? - хаттар дира Даркеша.

Хуьлу, - элира Бекмарзас массарна а хьалхара.

- Оьшучу бараме хьаьжжина, хийца а болуьйтуш, тIекхойкхур бу вай уьш. Низам лардар массарна а тIе а дуьллуш...

Талла ваханчуьра цIа вогIуш волчу Хьайдарбекан бIаьрг кхийтира кхеташоне хевшина Iачу нахах. «ХIун дуьйцуш бу техьа хIорш бан?» — ойла йира цо. «Жана хьалхаяьлла къена бож санна, Даркеш ву-кх гиххошна тIехь олалла деш. Таймасхех баьчча йинарг а иза ма ву. Вайн Делора, хIетахь.оцу талмажа вийса-м ма бохура: «Къонахий дIабевлла гиххойн?» ЙоьIан гIуллакх ду, шаьлта хьалха а тесна, божаршна юккъехь дар-дацарш мел даьллачу лела? ЮьхьIаьржо ю-кх, цIена юьхьIаьржо. ХIинца а цхьана хIуманна беттало хир бу... Ваша вала кху белхан, Таймисха ю кхеташоне кхайкхина! Дуьйцу а цахезнарг...»

Кхокха дуьхьал еара кхунна. И шолгIа молха мелчахьана дуьйна, вукхара ма-бохху, «хах-х» аьлла тоелла, когашна тIе хIоьттира Хьайдарбекан жима нускал. Мецачо юучуьнга тосу са санна, цуьнца цхьаьна метта дIавижарх сатесна вара цIийнда. Цундела кIелдIахула Кхокхин некхех бIаьрг беттара цо. Куьйгех хи кхорзучу юкъана уьйтIахь хийра нах хилар тосаделира Хьайдарбекна. Ца кхеташ, хIусамнене хьаьжира.

- Юрт йохийна, вайна тIебаьхкина бу уьш, - элира Кхокхас. - ХIусамашкахула дIасабекъна.

Оццу хенахь тIехьахула тIе веана цхьаъ вистхилира: «Воха ма вохалахь, хIусамда, хьуна дукха новкъарло ца ян хьовсур ду хьуна тхо». И аз шена цхьанхьа хезча санна хийтира Хьайдарбекана. Вухавирзича, шена хьалха лаьтташ талмаж гира. Доза доцуш дара хIусамден цецвалар. Цхьана юкъана вист ца хилалуш, мотт сецча санна, лаьттира, тIаккха халла хазийра: «Воха хIума дац кхузахь-м. Хьаша Делера ву». ДIабохург и делахь а, эзар ойла хьаьдира коьрте. ТIаьххьара хIорш гичхьана дуьйна кхо-диъ кIира а даьллера. Шен гIуллакх дуьззина кхочушхилла волу Хьайдарбек башха саготта а вацара и гергарло кхидIа дахдан. Цхьана дегIана юьртахь и тосалахь, хIара хIаллакьхилла ваьллера. Цундела Маьлхан ирзе кхача сиха вацара хIара. Хилларг дицдала гергадахнера. Мичара волу а ца хууш, талмаж гучу ца ваьллехьара...

Бодашкахь шиннан аьзнаш хеза:

- Хьо тIап-аьлла ва ма вайна?..

- ХIинций-хIинций бохуш... Цхьаъ ца нислуш, кхин галдолуш...

- Эпсар вара хьо ган лууш.

- Могуш-маьрша веца хIара?

- Дика ву иза-м. Юьртахь хIун ду? Лелалой, дахкалой шу?

- ДIадохку, гIийла тхайн дуьне дууш.

- Тахана баккхий нах кхеташоне гулбеллера ма боху.

- Боху те.

- ХIун къастош бара хIорш хьовха?

- Хьанна хаьа и... Со цигахь вацара.

- Хьо санна волчуьнга ца кхойкху ишттачу.

- ХIан? Хьан хIун дара суна ала?

- И ас кхечухьа эр ду.

- Хьуо сахуьланга валахь.

- Дала цадинарг хIумма а хир дац. Хьоьгара-м муххале а.

- Дела а ву хьан, копар-керста?!

- Со бусалба ву. АллахI цхьаъ а, Мохьаммад цуьнан пайхамар а лоруш.

- Керстанашна доьшанах хIунда воцу хьо тIаккха?

- Цара вина сох стаг.

- Стаг вешшехь хуьлуш ву стаг, ша велахь, цхьаммо а веш вац.

- Деза ма дийца, кетаран меза... Хьайдарбека шаьлтанах ка туху.кхорзучу юкъана уьйтIахь хийра нах хилар тосаделира Хьайдарбекна. Ца кхеташ, хIусамнене хьаьжира.

- Юрт йохийна, вайна тIебаьхкина бу уьш, - элира Кхокхас. - ХIусамашкахула дIасабекъна.

Оццу хенахь тIехьахула тIе веана цхьаъ вистхилира: «Воха ма вохалахь, хIусамда, хьуна дукха новкъарло ца ян хьовсур ду хьуна тхо». И аз шена цхьанхьа хезча санна хийтира Хьайдарбекана. Вухавирзича, шена хьалха лаьтташ талмаж гира. Доза доцуш дара хIусамден цецвалар. Цхьана юкъана вист ца хилалуш, мотт сецча санна, лаьттира, тIаккха халла хазийра: «Воха хIума дац кхузахь-м. Хьаша Делера ву». ДIабохург и делахь а, эзар ойла хьаьдира коьрте. ТIаьххьара хIорш гичхьана дуьйна кхо-диъ кIира а даьллера. Шен гIуллакх дуьззина кхочушхилла волу Хьайдарбек башха саготта а вацара и гергарло кхидIа дахдан. Цхьана дегIана юьртахь и тосалахь, хIара хIаллакьхилла ваьллера. Цундела Маьлхан ирзе кхача сиха вацара хIара. Хилларг дицдала гергадахнера. Мичара волу а ца хууш, талмаж гучу ца ваьллехьара...

Бодашкахь шиннан аьзнаш хеза:

- Хьо тIап-аьлла ва ма вайна?..

- ХIинций-хIинций бохуш... Цхьаъ ца нислуш, кхин галдолуш...

- Эпсар вара хьо ган лууш.

- Могуш-маьрша веца хIара?

- Дика ву иза-м. Юьртахь хIун ду? Лелалой, дахкалой шу?

- ДIадохку, гIийла тхайн дуьне дууш.

- Тахана баккхий нах кхеташоне гулбеллера ма боху.

- Боху те.

- ХIун къастош бара хIорш хьовха?

- Хьанна хаьа и... Со цигахь вацара.

- Хьо санна волчуьнга ца кхойкху ишттачу.

- ХIан? Хьан хIун дара суна ала?

- И ас кхечухьа эр ду.

- Хьуо сахуьланга валахь.

- Дала цадинарг хIумма а хир дац. Хьоьгара-м муххале а.

- Дела а ву хьан, копар-керста?!

- Со бусалба ву. АллахI цхьаъ а, Мохьаммад цуьнан пайхамар а лоруш.

- Керстанашна доьшанах хIунда воцу хьо тIаккха?

- Цара вина сох стаг.

- Стаг вешшехь хуьлуш ву стаг, ша велахь, цхьаммо а веш вац.

- Деза ма дийца, кетаран меза... Хьайдарбека шаьлтанах ка туху.

- Дера дара ас хьан парт-аьлла са доккхур!

- Со хьаша ву хьан цIен тIехь. Цул сов, соьгахь герз а дац.

- Хьашт доцург ма дийца тIаккха.

- Хьо санна, ламанхо ву со а. Амална сиха а, дашна ира а волуш.

- ХIун оьшу хьуна соьгара?

- Вайн гергарло цахадор.

- Ас мотт беттар бац. И беттачарах ваша а ца веша.

- Шена саерриг до стага. Хьуна тхох дикий бен ца даьлла...

- Бехк ма билла, совнах дерг далийтинехь.

- И ду-кх къамел...

Хьешо кхо де даьккхира юьртахь. ТIаккха кхечу ярташкахь шен гергарнаш лаха воллу аьлла бахьана а хIоттийна, дIавахара. Билгалйинера Хьайдарбек Маьлхан ирзе вогIу волу хан а. Цунна тIедиллинера гиххойн къаноша кхеташонехь сацам бинарг хIун ду хаар а, дан дагалаьцнарг, цуьнан мехала хиларе хьаьжжина, сиха гIопахь болчаьрга дIатохар а. Ша хIусамдеца къаьсташ, кхо деши дIакховдийра цуьнга Бешар-талмажа.

БатIалан цIен тIера бIо вахар Хьайдарбекана тIехь дисира. Важа ваша чолакх вара. Бикатус винарг некхах а ваккхаза вара. Ха чуьра даьккхина БатIал Iасана тIе тийжаш, дуьххьара воккхах волу кIант вехачу керта веара. УьйтIа воллушехь, хьалха Кхокхина гира иза. Марда несе мотт бастийтина а вацара. Цундела Кхокха йоьхна хьаьвзира, ша хIун дийр ду ца хууш. БатIал а кхийтира шегара даьллачу гIалатах.

- Аракхайкхал хьайн майрачуьнга, - элира цо, кхин дан хIума а ца хилла. Нус неIарна тIехьа къайлаелира.

«Яц сан нус ирча а йолуш-м, - дагадеара мардена. - Хьажахь, ян а еаний кхуьнга! Сан дикачу десара, тхан хIух схьа мел бевлла божарий зударшна баъал дукхабезаш ма бу, дуй хьуна».

Хьайдарбек уча велира.

- Хьо чу хIунда ца вогIу?

- Арахь мох кхеташ Iар гIоле хеташ ма сецира со-м. ХIоккхуза IиндагIе охьахаийтал вайшиъ.

- Чу веанехь, бакъахьа ма хетара суна-м.

- Охьахаал суна юххе. Иштта. Ванах, ва кIант, вай вовшаш-м кур а бетташ лелла девр дуй техь, хIан?

- Нахана хьалха а хаза-м дац...

- Дац, сан дикачу десара, данне а-м. Хилларг хилла даьлла. И диц а дина, вовшашна тIе а доьлхуш, бертахь, мерза даха деза.

- Сох а, сан аьллар долчарах а гIоьртина хIума дуьсур дац.

- Хьоьга бIо кхайкхина ца боху?

- Кхайкхина.

- ХIун дер тIаккха, къонахийн гIуллакх ду иза. Хьуна махаъара, сой, юккъернагтий воцчу новкъа ву, жимах йолу мераIуьрг ненан юх а лаьцна леллал бен вац. Хьуна хьайнна диси-кх вайн цIийнах бIо гIуллакх дIакхехьар. Цкъачунна.

ХIинц-хIинцца кхетта БатIал воккха хилча стеган дог кIадло бохучух. Дера, тохарлернаш дIа ма девлла. Кхин юха а догIур доцуш. Цхьа мур хиллера и. Карахь болуш хама бан ца хууш, карара баьлча, доллучух а волуш. Цхьа де барзехь а ца лаьттина. Ма хетта ца хилча, ма торру. ХIокху тIаьххьарчу шераша къанви БатIал. Бала бу кхуьнан кийрахь, нахе бийца йиш а йоцуш. Дала кхиэл яро синметта туьйхи... КIант бохург-м, дера, доккха хIума ма дара... и хьан махьарлах вина велахьара. Кхунна-х хаьий иза шех ца ваьллийла. Гуттар хIара вохийнарг Бикатус бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна, хьан цIийхсих схьаваьлла ма ву хIара, бохуш, къарвар дара. «Сох муха волу иза, хIокху тIаьххьарчу хенахь хьуна улло веъна а ца хилча? » - чуьравуьйлура хIара. «Хьо ниха мелла, вехна вара цу буса, айхьа хIун леладо а ца хууш», - кийтарло йира вукхо. «И а хуур доцуш, вехна-м хилла хир вац хьуна со!» - тен ца туьгура БатIал. «Хьо хьайх вага Iемина ву, цундела цкъа и хьайгара даларх а ца теша!» -дIовш схьадеттара эхь-бехк дайначу зудчо. ХIара кхийтира цуьнца къийсаваларх ша тулург цахиларх. Къаьхьа къурд бина, дIатийра. Де-дийне даларца шалхаелира кхуьнан ойла а. «Боккъал а, цо ма-боххура, хила а мегара иза. Мелластаг - велла стаг ма ву. Вуьшта, цхьана а хIуманах хьожа йогIур йолуш-м яц хIара, дала дIаэцарг. Делахь а, сайгахьа дерг къобалдан деза...»

БатIална шен важа доьзал а дагабеара тIаккха. Ур-атталла, цамгаро лаьцна Iуьллучунна тIехIитта а волавелира. ХIинца Хьайдарбек волчу а веа. Къинош лето хан дIаели. Миэл хин берг дан деза.

- Варийлахь, сан кIант, наха вон цIе яккхарх ларлолахь! -БатIал дIаваха хьалагIеттира.

- Цхьана пхьор дер вай. ХIе, хезий хьуна, текх хIоттадел...

- ДIагIур ву со, - тIе ца тайра да. - ГIоза юийла. Шун нана йолчу хIотта дезаш а ву...

Хьайдарбекана хазахийтира шайн и къамел хилла. Хуьлучу бохамаший, цатемаший веддина, хьаьшна цуьнан дахар серла-долуш лаьттара. Халачу цамгарх хьалхаяьллера Кхокха. Ши кIорни а еш, хьалхий, тIаьхьий ехкира гомашаш. Хьалха ялийначу зудчуьнца йолу юкъаметтиг а шелонан хьу дIаяьлла, ясталуш йогIура. Деца а тай. Делахь а, деган кIоргенехь шера къаьсташ а боцуш, цхьа сингаттам бу дай-й ов детташ. Лаамаза некха тIе куьг хьо цо. ТIийриг а тесна, коча оьллина бохча хаало пIелгашна. Пхи деши ду цу чохь дIалачкъийна. Царах вала а ца лаьа, хIоразза уьш дага ма даьхккинехь, бохчано накха багош санна а хетало. И цхьаъ доцург кхин кхуьнан синтем бойуш хIума дац. Хьалха и иштта кхераме а ца хетара цунна. Амма Бешартал-мажца къамел хилчахьана кхийтира: бегаш бац. МостагIашца зIе тесна кхо. Ца тесна ша лоьхуш-м, иштта нисделла-кх. ХIетахь уьш ца хиллехьара, Кхокха хIинца могуш-маьрша кхунна хьалхахула а хьийзар яцара.

Шен са дадийна лела массо а. Кхечарна цара хIуъу динехь а, Хьайдарбекана дас-вашас ца дендолу дика дина-кх оцу гIопарчу керстанаша. Ламазна корта бетташ суна-м ца гина Даркеш. Я цхьанна а ца гина. Къайлах нал дIа а етташ Iа-кх. Со суо вац масех шо хьалха хьуьна юккъехь иза нал тилош воллуш тIекхаьчнарг? Хьажа-Iела вара-кх чIогIа суьпаваьлларг... Иза а нах юха ца богIучу дIаваха. Хьам баккха пурба ма лойла цунна! Ткъа Хьатус-м церан Дела а, бусалба Дела а цхьаъ ву боху. Дера, и бакъ хила мегаш а ма ду. Вовшийн тIассаш йиъна девр дуй?

Цу кепара еш йолу ойланаш сов мел йийли, ша дийриг вон хIума цахиларх тешара иза. Яа дог хилча, чено шен кIорни ченала хьакхийна боху.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)

Неудачно.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека