XXIV
ХIинццалц шен нуьрца Покровский хьаьстина болу тIеман ирсан седа чукерчира. Отрядах дийна хIорш цхьа кIеззиг бен ца биснера. Цунах хила тарлуш дерг дика кхетадора Сергей Петровича. ХIара ловчул, ша оцу тIамехь вийна хуьлуьйтур вара цо. Невельской - и цхьаъ ву кхуьнгахьа гIо даккха ницкъ кхочур болуш. Амма иза инарла ву, тIеман стаг. Хилларг ма-дарра шена дIахаахь, цо пIелг пIелгах тухур бац Покровский кIелхьара ваккхархьама. ЦIена эхь ду хIара. Уггар луьра таIзар дан а догIуш. ХIунда левелира Сергей Петрович? Иза-х зеделларг долу эпсар ву. Дуккха а тасадаларшкахь а хилла, ламанхойн хIилланаш а девзаш. Муха Iехавойтур ву ша иштта!
...Оцу дийнахь Маруся коча хьаьрчинчуьра дIа а ца йолура. Кхана ма валахьа новкъа бохуш, дехарш дора цо. — «Вон гIан гина суна».- «ХIун дара и?» — хаьттира оцу хабарех ца вешачу эпсара. - «Iаьржа цициг» — жоп делира езаро. Сергей Петрович велавелира.
- «Iаьржа цициг, Iаьржа цициг...»,- хьийзара коьртехь. ХIун зIе ю хиллачунна а, цунна а юкъахь? Стенна дагадеа суна иза? Мел лехарх жоп ца карадора оцу хеттаршна. Амма Покровскийна цхьана синхаамо хьоьхура и зIе хилар...
Шена моьттинчунна тIехь Сергей Петрович гал ца велира. Ламанхоша отряд йохор сиха даьржира эскарехь. Петербургера хилларг къасто йогIуш эпсарийн тоба ю аьлла, хабар даьржира гIопахь. И хаам Марусяс беара кхунна. Коьртехь инарла а волуш, тIетуьйхира цо. Амма цуьнан фамили ца хаьара. Шена хатта эхь хетара, даго ца вуьтура. Хирг дIахир ду, сацийра цо. Амма къайлах сатуьйсура: Дела, Невельской хилийталахь иза!
Хьогах волу стаг тIаьххьара а шовдана тIе нисвелча хуьлу ойла хилира Покровскийн, тIеман комиссин коьртехь лаьтташ верг инарла Невельской вуйла хиъча. Схьакхаьчначу саррахьехь адъютант а вахийтина, къайлах шена тIе вийхира цо Сергей Петрович. КIоршаме дара инарлин вистхилар. Юьхьанца хийра стаг санна вара иза кхуьнца. ТIаьхь-тIаьхьа ваставала волавелира. Инарлас лерина ладуьйгIира Сергей Петровича дуьйцучуьнга. Важа ваьлча, хаа лиира:
- Кхин хIумма а дуй хьан тIетоха?
- Дац, - меллаша жоп делира Покровскийс.
- Делахь-хIета, хьайн дийцарера совнаха дерш дIадаха... -шен бажа хила гIертачуьнга леррина хьаьжира иза.
- Со кхета...
- Цу агIорхьара тIелеттарш ах эзар гергга стаг вара. Шайгахь дикка герзаш а долуш. И дуьххьалдIа тIелатар хилла ца Iа... И... и ламанхойн гIаттам бу. Хьалххе кеч а бина, дуккха а наха дакъа а лоцуш болу. Кхетадой ахь?
- Кхетадо.
- Цу тIехь латта.
- Кхечара кхин алахь?..
- Шаьш шайн мостагIий-м бац уьш! - аьтту бIаьрган цIоц-къам хьалаайдира инарлас. - Вуьшта, шайн боьхна а болуш хIуъу а дийца тарло цара. Цундела вай иштта дийр ду. Ас массаьрга а цхьаьна чу кхойкхуьйтур ду шуьга. Хьалха хьоьга хеттарш дан волалур ву. Цу кеппара, ахь даьккхинчу хорша чухула дIагIур ду къамел...
- Леш а дицдийр дац ас, хьан сийлахь-воккхалла, ахь дина верасалла!
- Хьуна хаьа-кх и соьгара цхьаьнгара доцийла...
- Хаьа. Цо диначун мах хадо а хьожур ву со...
- Цхьа хIума ду... Командующи чIогIа оьгIазвахана ву. И кIайдарг дIаяккхархьама, ламанхошна тIехь бIаьрла толам баккха беза. ТIаьхьа а ца тоьттуш.
- Кхочушдийр ду, хьан сийлахь-воккхалла!
- Деккъа герз хилла ца Iа толаме вуьгург... Царна шайна юкъахь вайца барт хуьлийла лууш берг лаха беза.
- Цара тешнабехк бо, - юкъаиккхира Сергей Петрович.
- Хьо ца кхийти со ала гIертачух. Ас буьйцурш... вайга хаам бийр берш бу.
- Муха?.. - вуьйхира Сергей Петрович.
- Иштта, сан хьомениг. ДIахаалахь: массо а заманийн тIеман хьаькамаша пайдаоьцуш хилла царех. Римски имперера дуьйна.
- Ас ладугIур ду хьан хьехаме.
- ДогIахь, юьхьIаьржа хир вац.
ГIуллакх къастор хIокху шимма барт бина ма-хиллара чекхделира. Комиссин декъашхой атта тIетайра ннарлина хетачунна. Церан сацам Покровский бехказа воккхуш бара.
Инарлас бина хьехам дагара ца болура Сергей Петровична. Амма и кхочуш муха бийр бу ца хаьара. Кестта кхолламо ша аьтто баьккхира.
Салташа йийсаре валийна Хьайдарбек йиттина, гIиба ваьккхинера. Багара цергаш а йохуш. Цо ма-хуьллу дуьхьало йира. Дош ца хилира. Салтий дукха бара. Цу тIе, гIуллакх гIопан пенашна хьалхха а нисделлера. Дерриге а чекхдаьлла аьлла кхунна хеттачу муьрехь. ДаветIана еттаро гIовгIа ца яьккхинехьара. Хьайдарбекна хIун хаьара, шен дахарехь цкъа-шозза бен гина а йоцчу гIаз олучу зIакардохно иштта гIовгIа йоккхийла. Iуьйранна дуьйна гIезаш лар а йина, уьш гIопана жимма гена ма евллинехь, тIекхетта, царах цхьаъ схьа а лаьцна, дIаиккхинера хIара. Вукхо шен маьхьарца орца ца даьккхинехьара...
Нахана дIахезча а эхь ма ду хIара-м, ойла йора йийсар винчу Хьайдарбека. Ткъа хIоранга а и гIаз шена стенна оьшура баьхна а вер вуй. Я ма-дарра дIахиъча а, кхетар буй цунах. ЦIен ло дагIахьара уьш кхетале. ГIуллакх хилла делара. Муха Ю техьа иза хIинца? ГIоле ца хилла техьа? Цуьнан дуьхьа кхо дийр а доцуш хIума ма дац.
Кхокха цомгуш хиллера. Меттахь йиснера. Цунах чIогIа цатам хилла, ша мича вер ву ца хууш, хьийзара цIийнда. Эмгара Хьулимата хIума хууш йолу зуда ялийра лазаро лаьцначунна тIе.
Хьулиматан гIоьнца Кхокха кIегара хааяйтира дарба лело оанчо. ТIаккха лерина цуьнан бIаьргаш чу хьаьжира. Сих ца луш, элира:
- Хьам баьккхина. КесталгIа гергарчарех цхьа а кхелхиний кхуьнан?
Эмгаро, цецъяьлла, жоп делира:
- Ваша дIаваьлла, шу марша...
- Цунна тIера сагIийна хIума яла еза.
- Лур ю-кх, хIара тоелчхьана.
- Цхьа-ши де даьлча юха сох схьакхета, - иза а аьлла, дIаяха тохаелира хIума хууш йолу зуда. - Нагахь санна цунах гIоле ца хилахь, кхин дарба хьоьхур ду. Цхьана хIуманах шек ю со...
СовгIат а эцна, дIаяхара «хIума хууш» йолу зуда. Амма Кхокхина гIоле ца хилира цунах. Важа юха а тIеялийра.
- Дол дилла деза, — сацийра цо хIинца. - Суна цIеран кIегий а оьшур ду, кхуьнан кучах даьхна цуьргаш а, коьртара мас а... КIур тоха беза кхунна. Кораш, неIарш дIакъовла. КIегара хааел хIара...
Аьшкалца кхера схьаийцира кIегий, царна тIе тесира тишачу кучан цуьргаш а, мас а. Корта къайлабоккхуш, чертах бун йира Кхокхина тIехула. ХIаваъ тIедогIийла йоцуш. КIуьро а, хьожано а садукъдинера ишта а лазаро гIелйинчу цуьнан. Меттахъяла дегIехь ницкъ а бацара. «ХIинца соьгахь долу хьал хуьлу хир ду-кх леш воллучу стагехь, - ойла йора цо. - Атта долуш-м ца хилла и са...» Циггахь кхетамчуьра елира иза.
Денош дIаоьхура, хийцалуш хIумма а дацара. Кест-кеста йоIе хьажа йогIура Зайнап. Цуьнан гIевлинге а хоий, ехха йоьлхунI Iара. ХIара цхьа доьзалхо бен кхин хIума ца диснера Зайнапан хIокху доккхачу дуьнен тIехь, йоккхае, Iехаяла. Цунах а яла мегаш яра. Элберд вийча ненан мерцина кийра хIинца а Iаь гIуьттуш бара. Ткъа Кхокхина а цхьаъ хилахь, яла йожа бен ца деза кхуьнан.
Хьайдарбек а вацара сакъералуш. Жима нускал цомгуш хилчхьана дуьйна лаьттан бIаьра хьаьжжинчохь виснера иза. Цхьа-болчара-м тIехьашхула олуш а хезара: стогаллах ваьлла. Кхунна шена а хаьара и къонахчуьнгахь товш доцийла. Делахь а, син гаттаман гуро чIогIа лаьцнера Хьайдарбек. Хьалха кхунна цкъа а евзина йоцу марзо еанера Кхокхас шеца хIара вехачу хIусаме. Хьулиматца хIокхо йоккхучу хенахь ишттаниг аьттехьа а ца хиллера. ХIора тIейогIу буьйса ларйора цо. Хьогалло бIаьрзвинарг шовдана тIе кхача санна, сихлора изза марахьарчо...
ХIинца и дIадели. ГIелъелла, ешна дIайолуш лаьтта Кхокха. Тохарлераниг юй техьа хIара аьлла хеталуш. Цунна уллора дIайолуш а яц Хьулимат. Лерина хьожу эмгаре, аьхна куьг туху.
Суьйренан бода баьржина цомгашниг чохь Iуьллучохь. Яй наб озийна цунна. Чухьаьжи цIийнда. Хьулимата куьг ластий: дIавала.
- Хезий хьуна, схьайоьл...
- ХIун до ахь сох?
- Схьаеачхьана хуур ду хьуна.
- ДIаваьл, - дека бодашкахь Хьулиматан аз.
- Собар дехьа.
- Собар муха до? Узарш ден ца хеза хьуна? Шуна, божаршна, дотIана хилчхьана, кхин хIумма а ма ца оьший.
Эмгар йолчу чу йоьду Хьулимат. Хьаж тIе куьг дуьллу.
- ЦIе санна, йогуш ю. Миска, ма бала хьоьгу-кх ахь. Кхин дуьненахь а дарба ца хили. Цкъа дагар догIу, тIаккха - хорша. Хьан дестечо цхьа молха дийцинера суна...
- ХIун молха ду и?
- ГIезан даьтта а тухуш, кечдан деза бахара-кх цо и. Мичара дер ду-м хаац суна.
- ГIазакхаша лелайо-кх уьш...
Иштта юкъаделира и къамел. ХIетахь дуьйна ойла юх-юха цунна тIейоьрзура. ГIезан даьтта ма-хиллинехь, Кхокхина гIоле хир йолуш санна хетара. Цхьана дийнахь Хьайдарбека сац^м бира гIопа ваха.
- ...Хьо муьлхачу юьртара ву хоьтту эпсара, - шерачу нохчийн маттахь вистхилира кхуьнга талмаж.
- Гихтара.
Талмажа гочдира. Вукхо, резахилла, корта таIийра.
- Кхуза хIунда веанера?
Оцу хаттарна ша хIун жоп лур ду ца хууш, холчахIоьттира Хьайдарбек. Ма-дарра дIаолийла а дацара. МостагIашка беламе ваккхийта ца лаьара.
- Хьо вист хIунда ца хуьлу? ГIеза' жижиган чам баккха воьллера? - цавашарца велаозийра талмаж.
- Хьан дена хуьлда неIалт!
Талмажан бос баьхьира. Шаьлтанах ка туьйхира цо. Амма эпсара куьйган эшарехь сацийра.
- Эпсарна хаа лаьа, хьо къу ву я тIеман къайле талла ваийтина мостагI ву, - цабезам хьул ца беш, бохура талмажа. - Къу велахь, хьо набахти чу вуллур ву...
- И хIун ю?
- ТIулгах доьттина цIа. НеIаре догIа а тухуш, вада ца вадийта.
- ТIеман къайле талла веанехь?
- ТIаккха тоьпаш тухур ю.
- Цунна веанехьара, гIезана тIе кхевдар варий со? Къола дан веанера...
- Эпсар ца теша. Цо и хьан хIилла хила а тарло боху. Шеца хуьлуш дерг ирча гIан хетара Хьайдарбекана. Цхьана
дуьнен тIера кхечу дуьнен тIе ваьлча санна. Кхузахь мел дерг дерриге а хийра дара цунна. Ша муха-хIун ала деза ца хаьара. Борз тосаелча цхьана кIаже дулу жа санна, ойланаш цхьана хаттарна гонах хьийзара: кIелхьара муха валалур вара техьа? ТIамехь, девнехь шадерг кхеташ ду: хьуна дуьхьал мостагI ву, я цо хьо, я ахь иза... Майраллой, ка даларой, герзой йист йоккху шун къовсаман. Ткъа кхузахь... Дерриге а керла, хийра... Нохчийн мотт бийца цхьа стаг валар - деккъа и цхьа хIума ду-кх хIокхуьнан хьалхалерачу дахарца юткъа зIе латториг. Цунах тасавала веза. И хадахь - дIадаьлла...
- Чуьраниг ю чIогIа цомгуш хилла. - Хьайдарбекан аз дегадора. - Цунна дарбанна гIезан даьтта хьехнера хIума хуучу зудчо...
- ХIун хилла цунна? - хоьтту эпсара.
- Дагар ду... Хорша кхетта...
- Зуда чIогIа езаш хила-м деза, - боху эпсара,- иза бахьана долуш, иштта кхераме некъ юьхьарлаца.
- Валаволлучу стеган хьеннан а ду къа, - хьовзийна жоп делира йийсарвинчо.
- Яларх иза кIелхьарайоккхийла лаьий хьуна? - хоьтту эпсара.
- Лаьа.
- Кхара молха лур ду хьуна. Иза мелча, хьан хIусамнана туо а лур ю. ХIорш къинхетаме нах бу. Доглозуш. Хьуна гIо дан воллу эпсар. Варийлахь, хама белахь хьайна дечу диканан...
Буйна лаьцна тIоьрмиг а болуш, тIеман духарца волу цхьа стаг веара чу. Цунний, эпсарний юкъахь къамел хилира. Цул тIаьхьа шегара тIоьрмиг схьа а баьстина, деасонара кехат схьаийцира цо. Талмаже дIакховдийра.
- ХIокху юккъера молха, тIе хи а молуш, дийнахь кхузза дIамалийта цомгашчуьнга. КIира далале цунна гIоле хила йолалур ю. ТIаккха юха схьакхета. Кхин молха лур ду хьуна. И дIамелча, хьан зуда цкъа а цомгуш ца хилча санна, тоелла дIахIуттур ю.
Хьайдарбекан бIаьргаш чохь цакхетар, цатешар дийшира Покровскийс. Амма кхо дагалаьцначух хIинца вухаволийла дац. ГIалатваларна кхерам белахь а, цкъа дIа ца долийча ца долу... Замано гойтур Невельской бакъ хилла я ца хилла. Дагадар - ах гIуллакх бен дац. Важа ах - и кхочушдар. Невельской шениг дина ваьлла, рагI - кхуьнгахь ю...
- Хьо паргIат ву. ДIагIо. Вуьшта, цхьабакъду, юьртахошна ма хаийта хьайца Iоттаделларг. Уьш нийса кхетар бац хьох. Шеко кхоллалур ю. И хьехар эпсара до хьуна. Дан хьайна луъург де...
Кхокха де дийне толуш схьайогIура. Ша кIегар а хаалора, кхачанах а кхетара. КIира чекхдолуш меттара а гIеттира. ЦIийндас доккха са даьккхира... Цу тIе, кхин цхьа «хазахетар» а хилира Хьайдарбекана: Бикатус цунна ваша вира.