XXI
Сергей Петрович Покровскийн гIуллакхаш тIеттIа толуш доьлхура. Иттанаш адамаш дара кхуьнан карахь. Царах хIораннан а кхоллам хIокхо олучу цхьана дашах боьзна а болуш. БIаьста Петербургехь хилира Сергей Петрович. ТIеман гIуллакхна вахана. Цигахь схьаийцира цуьнан сийлахь-воккхаллин цIарах дина деза совгIаташ. Цхьаьнакхийтира стуца Бельскаяца. Хан йиллира. Кхеран ловзар гурахь хир долуш дара.
Хьалха санна, шампанскиций, зударшций, цигонашций долу сакъерарш дIадахьа аьтто ца хилира. ХIинца хIара юьхь тIера вевзара дуккха а нахана. Кхуьнан цIе йохура лаккхарчу гонашкахь... «Маьрша боцчу нохчашна тIехь толам баккхархо»,- массанхьа а иштта вовзуьйтура Покровский инарлас Невельскойс. Иза гуттар а кхуьнца хуьлуш вара. Сергей Петровична-м цкъа дагадеара: инарлин Iуналла стуйишера схьадолуш ду. Амма шена хIумма а ца тосаделлачуха, лелара Сергей Петрович.
Сиха чекхъелира кхунна Петербургехь яккха билгалйина хан. Аьхкенан хьалхарчу деношкахь Кавказе вухавирзира Покровский. Шалха ойланаш хьийзара гIопан керлачу хьаькаман коьрте.Цхьана агIор, дерриге а дика нисло кхуьнан дахарехь: дарж, чин, зуда ялор, лаккхарчу гонашкахь дIалоцуш йолу меттиг, бахам... Важа, шолгIа, агIо яцахьара. Олуш товш дацахь а, хIара стечу хIуманах кхетаза дуккха а хан дIаяьлла. Ткъа и лан 30 шаре бен ца лестинчу эпсарна цуьрриг а атта дац. ГIопехь а бан-м бу зударий, куц-кеп долуш а, хIокхунна тIетовр болуш а... Делахь а, Покровский шера кхета и санна дерг къайладахьалург цахиларх. ГIопарчу нахана вовшийн массо а вевза, хаьа, хьан хIун леладо. Цундела дуьненан цхьайолу марзонаш йита дийзира. Ур-атталла, кхечу эпсаршца кехатех а ца ловзура, цаьрца цхьаьна чагIар а ца молура Сергей Петровича. Оцу дерригенах а дерг сиха даьржира гIопахь. Цхьаболчарна иза чIогIа товра, вукхара олура: иштта вехачул, нохчийн шаьлтанах валар гIоли дара.
Цу дахарх деган кIоргенехь воккхавеш-м ша Покровский а нпцара. Амма цо ша хаьржинера шен кхоллам. «ХIумма а дац, -Ша-шен тевора цо, — жимма сатоьхчхьана, вер ву хIокху баланах». Ткъа къаьсттина сабIарзделча, маларх кхетара, кхетам чуьра валлалц.
Тховсалера буьйса а яра ишттачарех. Сахьийзара. Сагатлора. Юрт йохийначу хьалхарчу деношкахь ког лаьттах ца кхеташ ледара эпсар. ХIара декъалвора боккхачу толамца. Бакъду, хIорш гIопа бухабирзича, 5 салти тIепаза вайра. Цхьанна а ца хаьара царна хилларг. Цхьаммо олура, нохчийн кIелонна тIеIиттабелла х нр бу, вукхо, бевдда, лаьмнашка хьалабахана... Ишттаниг а нислора.
Делахь а, тIеман хьелашкахь пайда боцу хIума лара мегар долчу оцу могIарерчу гIуллакхо паччахьан эскаран кхиам лагI ца бора. И дара коьртаниг.
ТIаьхь-тIаьхьа хIуманна атта оьгIазвоьдуш а, дечунна резавоцуш а хила волавелира Покровский. Къаьсттина Петербургера схьавеъча. Цигахь дерг кхин дахар дара, шен хазахетаршца, аьттонашца, ловзаршца... Ткъа кхузахь? Кхузахь хIора дийнахь дахарний, Iожаллиний юккъерчу зила тIехула лела хьо. Пелхьо санна. Жимма а галвалахь — дахаран Iодика йийр ю. Дагара дийца стаг вац. Цхьана бесара салтийн духар...
ТIера хIуманаш дIа а ца йохуш, дIавижира иза. Сиха наб кхийтира. ГIан гора... ХIарий, Бельскаях тера йолу цхьа зудий прахь диснера. Иза кхунна хьалхара дIауьдура. Кара ца йогIура. Хаза яра и жима зуда. Чекх са а гуш йолу цуьнан кIайн дари коч ловзайора мохо. ТIера бIаьрг ца баккхалора. ХIинца-м схьалецира ас иза аьлла кхунна ма-хийттинехь, юха а кIелхьарайолура. ДIайодура. ХIара гIелвеллера, халла садоьIура. Амма нажа схьалаца болу лаам боккха бара. Цунах хьарча, цунах марзо эца... Кхунна ницкъ хуьлура.
ЦIеххьана самавелира иза. Ши бIаьрг схьабиллира. Ах схьаеллаеллачу неIарехула хIара волчухьа а йирзина, охьа а таьIна, горгам хьокхуш йоллучу Марусяна тIехь сецира тидам. Лакхара нуьйда ястаеллачу кучан четара схьагора чопа санна кIайн, горга накхош...
Дикка меттаваза волу эпсар, ижун хьожа кхетта экха санна, хьалаиккхира. Иза ша а вацара ша дечух кхуьуш. Коьртехь дохк лаьттара. Чухьаьдда, гора а хIоьттина, горгам хьокхуш йоллу жима зуда, бецан мор санна, кара схьа а эцна, метта дIаехьира Покровскийс.
Дерриге а хилира бIаьргнегIар тухучу юкъана. Бакъду, оцу хIуманех йоьлла йолу Маруся башха цец а ца елира хиллачух. Кхуьнан везар Хьаьрсаниг вийчахьана дуьйна боьршачу стагца гIуллакх деана яцара иза. Ткъа къона дегI хьаьгна дара къонахчун куьйгех. Хьалха а хIуманна пайдехь воцу Марусян къена майра, шен карах стеган валар хилчахьана дуьйна, гуттар доьналлера ваьллера. Цу буса даг тIе боьссина кхерам хIинца а дIабалаза бара.
Куц долуш стаг вара Покровский. Хийла цунах къайлах бIаьрг тухура Марусяс. Амма догдаха а ца хIуттура иштта ша цуьнца цхьаьна меттахь хир ю бохучух. Иза хьал долуш а, элех схьаваьлла а ву. Ткъа хIара? Цунна хьалха хIумма а йоцург. Делахь а, цхьа бахам бара Марусин: хазаллий, жималлий. Цара корта хьовзабо хьеннан а: хьоладен а, къехочун а, къеначун а, къоначун а. Ишттачохь духар мел хаза а, деза а хиларх дIадоккху, тIаккха хьан дегIе хьожжий хадабо мах... Зударийн хьекъалан и къайленаш дика евза Марусяна. Къона елахь а, шортта гина...
Цундела эпсара шех дог ма Iаббийнехь, цунна наб а озаяйтина, хьалагIеттина, бедарш тIеюьйхира Марусяс. Мотт тобира. Чохь мел долу хIума дIанисдира. ТIаккха куьзгана хьалха а хIоьттина, ша меттаялийра. Бакъду, цкъа хьалха дIа а йоьллина, юха, ойла хийцаелла, лакхара нуьйда схьаяьккхира цо. Божарийн оцу меттигца долу «гергарло» хаьара Марусяна.
ХIинца коьртаниг цунна цхьана а кепара шегахьара эвхьазло ца тосаялийтар ду. ХIумма а ца хиллачуха. Царна ца деза и -шен меттиг цахаар. Хьайна динарг доккха совгIат санна тIеэца, кхин баркалла а ца лоьхуш. Иза хьуна хьалха декхарийлахь вац. Хьо ю дIалуш ерг. Важа схьаэцчхьана волу.
Чуьра гIуллакхаш дина яьлча, кхин сеца ца соьцуш, сиха дIаяхара Маруся. Эпсар самаваларе хьоьжуш а ца Iийра. Цунна чIогIа лаа-м лаьара иза хьалагIоттуш ган а, бедар тIеюхуш гIо дан а, цо ша хьостийла а, шаьшшинна юккъехь хиллачун ша цхьаъ бен йоцу теш юйла хаийта а, ша и къайле коша хьуриг хиларх тешо а, кхин а дуккха а... Зударийн дозаллах буьзнера цуьнан кийра. Амма хьекъал туьйлира: со тIе ца гIерташ мел хили, иза суна тIемарзлур ву, кIезиг мел дели, дукха дезар ду, со бен ца хеташ мел хили - цуьнан тидам марсабер бу.
Кхана могуш йоцуш хиллачуха Маруся гIур а яц хIуманаш дIаяха. Цо гуттар галвоккхур ву иза. Ткъа галваьлла стаг шечунна тIеверзо атта хуьлу.
Самаваьлча, шен дегI, пиллаг санна, дайн хийтира Сергей Петровична. КIегар хиира. Чухула дIасахьаьжира. Аддам а дацара. «Ванах, гIенах дара хьовха и? Я вехна а волуш тарделира?» Корта меттабаза бара, амма ойла сема яра. Сеса санна. «ХIаъ, иза самах дара. Айса сайх стенна лечкъош ду? Дерриге а юха дуьхьал хIоьттира: цуьнан жимма кхераделла, алунах догу даккхий Iаьржа бIаьргаш, цхьацуьрриг ирах хьаьвзина мара, шура сннна йолу беснеш, кIеда дегI, мерза узарш... Оцу доллучух а ипла санна, Покровскийс корта ластийра. Амма ойла, къар ца луш, царна тIехь соьцура.
Барамчот йоцуш дахделлера и де. Iуьйранна дуьйна догъэтIа доладелира. Кхунна новкъа яра, мичара евли ца хууш, гучуевлла чуьркаш, тIаккха къеггина схьакхетта малх, чан гIиттош, дспдда лелаш долу бераш, могIарехь лела Iамочу салтийн гIовгIанаш, хин йистерчу хотталахь керчачу хьакхийн «хур-хур». Цкъа-шозза тIехбовлучу зударех цхьаннах иза таръелира цунна. Дог цхьа аьрха тохаделира. Кхунна хIинццалц девзина доцу эхь хьаьдира коьрте. «Кхахь-кхахь» аьлла цхьанхьа нах бийла-белча, кхунна шех буьйлу моьттура.
«Ас динарг! - ша-шена туьха туьйсура цо. - ХIун ю а ца хуучу цхьана стечу хIуманца. Эхь ду-кх и, эхь... ТIаьхьависинчу муьжгичо санна... И дIахаахь... Шен мотт багахь мукъана а сацабахьара. Ца сацабахь а, цунах мила тешар ву? Я яьхьар а ма яц иза. Цхьа бахьана а хIоттийна, лалла еза. Я... ХIумма а ца хиллачуха ша йолччохь йитича? Тергал а ца еш? «Хьо хьера-м ца яьлла, хьомениг? ГIан гина хир ду хьуна. Хьаханора, яра ас хьо тоьли чохь яхкор! ХIун ду цунна дагадеънарг? Мотт муха керча ишттаниг ала? Кхахьпа!»
Шегахьа дерш тIе мел кхийти, Покровский майравуьйлура. ХIинца кхечу кепара гора цунна гонахара дуьне, тохара санна юьхь ягош бацара малх, чуьркаш а тIепаза яйнера, салтийн могIа а нийса хеталора, ткъа хотталахь йохку хьакхарчий а башха ирча яцара. Оцу шен ойланашна велавелира Сергей Петрович. Хьалха ша верг вара иза!
ШолгIачу дийнахь чохь гIуллакх деш йолу зуда гучу ца елира. Цунах тамаша бира эпсара. Вехха Iийра иза ларъеш. Ца еара. «ХIун хилла Iийна техьа? Лаа юй хьовха? — оцу хеттарша карзахваьккхира.- И муха кхето деза?» — ша-шега хоьттура цо. Жоп ца карадора. ТIаккха даьнщикан коча вахара:
- ХIокху чуьра хIума дIайоккхуш стаг а ма вац! Ас даре хьежош-м ца латтадо? - тIечевхира иза даьнщикна.
- ЧухIоьттина цхьа зуда яра-кх и дан декхарийлахь, - бехказвуьйлура важа.
- Хьуна гой иза кху чохь? - оьгIазъоьхура Покровский.
- Ца го, хьан оьздалла.
- Ца гахь, бага экъана тIе яккхий а ца лаьтташ, хIун хилла хьажа!
- ХIокху сохьта!
Сергей Петрович дехьа чу а ваьлла охьалахвелира. Корта лазабаьллера. Маларо бен дан дарба дацара. Амма и дан аьтто цкъачунна боцуш бара. Де хIинцца бен ца доладеллера дIа. Дан дезаш гIуллакхаш дуккха а дара. Доцца аьлча, «кеп» ян хан яцара...
Сихвелла, чуиккхира кхуо вахийтинарг.
- Хьан возалла, иза сиркхо кхетта йоьжна Iуьллуш ю, - ша хаза кхаъ боккхуш санна бохура цо. - Ахь пурба лахь, ас айса дийр ду дерриг а!
КIира делира. Покровскийна дицделлера мел хилларг. Эццахь гучуелира Маруся - хаза-нисъелла, дайчу боларца, екхаелла. Эпсаран кийрахь керлачу ницкъаца самабелира хIинццалц бижна Iиллина синхаам. Амма собаре хила сацам бира.
Чухула гIуллакхаш деш лелаш йолу жима зуда лерина тергалйора Покровскийс. Вукхунна хIумма а тоса ца лора (кхунна моьттура-кх ца тосало, вукхуьнан тидамера-м ца долура хIумма а). Цхьана а тайпана хийцаялар ца хаалора цуьнан леларехь, хьежарехь.
Шеконан дохк хьаьрчира эпсарх. БIаьргнегIар тоьхна а, цIийелла а, йистхилла а цхьана а кепара шайна юккъехь хилларг дага ца доуьйтура цо. Цкъа юьхьанца Покровский вуьйхира: гIалатваьлла техьа со? Амма и хуьлийла дацара. БIаьргаш, месаш, беснешна тIе хIиттина кIаьгнаш хIетахьлерранаш дара. Жимчу зудчо лелочух кхета гIертара иза. ТIаьххьар а маьIна дира: къайле латто хуур долуш а, шен мах бевзаш а ю. Зудчун амалера и агIонаш ца тан йиш яцара цунах шен езар ян лууш волчу боьршачу стагна.
Вовшашка дистхилла дацара Покровский, Марусяй. Къамел цхьамма дIадоло дезара. Амма муха?
- Сан луьлла гирий хьуна? ТIап-аьлла яй-кх иза, - хьалха бага деънарг дIаэлира Покровскийс.
- Ца гира, хьан оьздалла. ХIинцца лохур ю ас, - тохаелира Маруся.
- Цига со хьаьжна хьуна.
- Кхуза?
Маьнги кIел хьаьжира жима зуда.
- Карий!
Луьлла эпсаре дIакховдийра Марусяс.
- Баркалла. Ден совгIат ду хIара. Яйнехь, чIогIа халахетар дара. Со декхарийлахь ву хьуна хьалха, - къамел дахдора Покровскийс.
- И стенна дуьйцу, хьан оьздалла? - дуьххьара Сергей Петровичан бIаьра хьаьжира иза. - Пайда боцу хIума дара ас динарг-м. Хьайн са а ма гатде ахь, и дагалоьцуш.
- ХIан-хIа, суна мухха дина а цхьа дика дан лаьа хьуна. Вайшимма хIун дийр дуй? Ахь хьайна луъучу цхьана хIуманна цIе тухур ю. Ас и кхочушдийр ду.
- - Суна бакъахьа ца хета...
- И сецца даьлла.
- Ца хаьа суна...
- Суна хаьа...
Оцу дешнашца стоьла тIе а вахана, цхьа гIутакх схьатеттира Сергей Петровича. Чукхевдира.
- ХIара чIуг...
- Хьан оьздалла, ас муха схьаоьцур ду оццул деза совгIат?
- Со дукха дийца Iемина вац...
Марусяс схьаийцира. ТIома дала хьоза санна детталора кийрара дог. ХIара дашо чIуг закъалт дара... Кхеран хIинца дуьйна дIа хир долчу дашочу денойн закъалт...
...ЦIагари цхьа виснера. Хийлачу гиххойн доьзале вон деара мостагIаша юрт йоккхуш. Керлачу меттехь, баха а ховшале, кешнаш даха дийзира церан. ДIадолла дакъа хиллачарна-м шайга кхаьчнарг тIехбоккха бохам а ца хетара. Кхин а доккха вон деанера гергарнаш тIепаза байначаьрга.
Цхьана гуьйренан дийнахь юьртах чекхделира: БатIалгIеран гIарбаш шеца цомгаш йолу хIусамнана а йолуш, хIорш схьа а лехна, еана схьакхаьчна. Хала дара оцу гIуллакхо совдегарна хазахетар деана ала. Амма уьш дIатаса йиш-х яцарий.
Оцо дегайовхо кхоьллира гергарнаш тIепаза байначаьргахь. Царна юкъахь вара ЦIагари а. Амма денош дIаоьхура кхин гучуволуш стаг а вацара. ТIаккха цо догдиллира.
Нахаца башха цкъа а тIекаре хилла воцу ЦIагари атта вуьйлира цхьааллех. Хьажа-Iелий, Олхазаррий дIаваьллачул тIаьхьа, цо уллора гергарло лелош цхьа а дегI дацара юьртахь.
Шен-шен хенахь ламаз дар, Делан цIе яккхар, салташца хуьлуш долу цхьа а тасадалар дакъа ца лоцуш тIехцадалийтар
- и кхо хIума дара цуьнан дахарехь диснарг.
Цхьа сатийсам а бара ЦIагарин - гIазот. Хьажа-Iелас дукха хаза дуьйцура цунах лаьцна. «Лаьтта тIехь вай хьеший бен дац,
- олура дешначу стага. - Эхарте дирзича, карор ду вешан бакъдолу цIа. Амма милмилла а кхочур вац цига - Суьртан тIай тIехула чекхваьлларг бен. Ткъа иза туьран дитт санна дуткъа ду. Дала шен тобанах верг воккхур ву цу тIехула дехьа.
ХIокху харцдуьненахь ЦIагари воккха а вевеш хIума дацара. Хьажа-Iелас тешийнера иза: «Хьан букъ кагбелла хилар цигахь дIадер ду, малико дай-й тIехула куьг ма хьаьккхинехь. Ткъа хIуьрлаьIан мехкарша иза сан вуй, сан вуй бохуш, къуьйсур ву...»
Амма и дерриге а хилийтархьама, гIазот хила веза. Керстанийн карах са даьлла. ТIам тIехь. Бусалбан дин лардечу тIам тIехь.
И санна йолу Iожалла лоьху ЦIагарис. Ткъа иза кхунах уьду. Къехка. Кхечеран кетIа хIуьтту. Делахь а, цкъа кхуьнан а бер бу кхаж. Валаран ирсан кхаж. Хала ца хеташ, дохковалар доцуш дуьтур ду цо хIара дуьне. КIордийна дуьне. Тишделла дуьне.
Лаьттах яьккхинчу тоьли чохь Iаш вара ЦIагари. КIел тосуш кхакха бара. ТIетосуш аьттан неI. Юург - сискал. Молург -деккъа хи. Цхьаболчара-м хIара халбата ваьлла олура. Кхин кхача шена беача а, меттан буьхьиг дIа ца тухуш, арара чу волучу дIахIоттабора цо. Шел а де доьхна болчаьрга дIабахьийта.
Цу хьокъехь дуьйцурш Бикатуна а хезнера. Амма ца тешара. Эладитанаш лорура. Дог лозура, долуш дерг ма-дарра ца хууш. Дуккхазза а тохаеллера иза цига яха. Амма бегIийла бахьана ца карадора. Цкъа цIеххьана дагадеара: сагIа! СагIа эцна гIур ю иза. ПIераскан буьйсанна.
Ша-шена хаа а хууш, тишъелла йогIуш ю Бикату. Денош дIаоьху, хийцалуш хIумма а дац, хIара эшна яхар бен. БатIарш цхьана а хIуманна пайдехь вац. Мах лелочуьра сецчахьана дуьйна цIен тIера хьал а лахделла догIу. Ах бахам юрт йоккхуш хIаллакьхилла. Хьайдарбек дика ца хьаьвз"инехь, дохнах а довлура. Бежнашший, гомашашший цо кIелхьараехира. Уьш мостагIийн караяханехьара, дала тохар хуьлура.
Теркайистерачу оьрсашца мах лелорах дерг хьехадойла а яц. Юьртахоша озийна вовшахвоккхур вара и дIахезча. Кхечу хIуманна гуьнахь БатIарш а вац. И даветIина еттарг, чов йичхьана-м муххале а. Iаса йоцуш вола а ца ло.
Оцу доллучунна тIе куй тухуш кIанта жима нускал а далий. Цхьа еттий, гомашший томана дIадаха хьуна. ГIу чу кхоьссина тIулг санна.
Иза а ловр дара кхуо, хьала масаттарг, еъна схьа гIарбаш ца кхаьчнехьара, и дакъа ги а доьллина (елла дIа а ца ели иза-м -Дала Iеса ма лорийла!). Кхойкхуш Iаш санна. Кхуьнан докъазаллина хих цIе дер ер яра. Доккха хIума дац и... цхьана а хIуманна тIехь ца болу аьтто. ЧIогIа-м хилла и кхунна боьллина сардам, цкъа а дIатекхна а бер боцуш.
ТIаьххьара мIар тосийла яра доьзалхо. Дависа, поппарх вича иза хуьлуш велахьара. Юх-юха а, хьаьвззий, цунна тIейоьрзура ойла. И ша дагалаьцнарг кхочушхилча, дерриг а нислур долуш санна хетара цунна.
...Халла ЦIагарин юьхьан амат къасталора Бикатуга - оццул Iаьржа яра чохь. ГIийла богучу кIожаман серлоно кIеззиг гIоле йора. Шена хьалха диллина кхехкийна дакъийна жижиггий, бепиггий дIатеттира хIусамдас. Къурд бан кхаба бете яьхьнра, амма цу чохь ерг жижиган чорпа юйла ма хиъинехь, иза а Юьстах дIахIоттийра.
- Дала сагIа дойла, баьккхина ког меле лорийла.
- Ахь мотт а ца туьйхи... Сан кхача бац и...
- ХIун юур яра ахь?
- Сискал.
- ЮхайогIуш йохьур ю ас... Хии делара.
- ХIумма а дац. Дерриг а Делан карахь ду.
- Иштта Iийна вер вуй хьо?
- ХIораммо а Дала шена делларг дIакхоьхьу.
- Вайшинна-м къийдина хилла цо и...
- Иблисо лебо хьан мотт. Ларло цуьнан хьехарех, жоьжахатан цIергахь яга ца лаахь.
- Кхузахь хIара бала хьегча, цигахь хIун дика болх хир бу хьуна? - аз айдира Бикатус, ша цунах цец а йолуш.
- ГIазот хир ву, - меллаша жоп делира ЦIагарис. - Стоьмийн дитташа юкъйинчу ялсманехь, тIехьийзаш хIуьрлаьIан мехкарий а болуш... - оцу ша тIаьххьара аьллачух эхь хетта, кхидIа вист а ца хуьлуш сецира ЦIагари.
- ХIуьрлаьIан мехкарий! - цаяшаре кхоьссира хьешо. - Хьуна хIун хаьа уьш муха хуьлу, ур-атталла айхьа хIокху лаьтта тIехь йоккхучу хенахь зударийн дерзина дегI а ганза волчу.
- ДIасаца! - мохь туьйхира ЦIагарис. - Кхин йист ма хилалахь.
- Хьайца хьайна луъург дахьара ахь, - саца а ца йоллура важа. - Амма соьга хIун де боху? Хьо вевзичхьана, безаман цIе летта богу сан кийра. Суна хIун бен ду, елча жоьжахатехь ягар а, дийна йолуш, шовкъан куьркахь яттар а?! Цуьнан ойла ян а йиний ахь? Суна яха лаьа, нехан дерг а долуш. Со хIинца а къанъелла яц, яла йижа. Дахарх марзо эцна а ца яьлла. ХIунда хьийзайо ахь со? - тIеттIа чуьраюьйлура Бикату. - ХIун бехк бу сан? Эхь-бехк, дозалла дайина сайн дагахь дерг хаийти... Ахь юхатоьтту. Сан къа мича даха деза? Я нахала яккха, я ей дIаяккха... Кхин хIара лан ницкъ бац сан...
ЦIагарина бIагор хьаьвзира. «Алмаз ду, алмаз ду адаман аматехь. Иблисо со галваккха даийтина... Я зен даийтина...» Цхьаъ кхечо хуьйцуш, тайп-тайпана ойланаш оьхура коьрте. Дагахь ошшада дийшира цо. Амма зудагIам дуьхьалара дIа ца долура. Хьешо балдаш хьедар бен, цуьнан аз ца хезара хIусамдена хIинца. Лерехь гIовгIа лаьттара. Ша хIун дийр ду ца хууш, холчахIоьттинера. ДегIо ла ца дугIура кхуьнга. Хьекъал ца тоьура.
Бикату ЦIагарина тIехилира. Цхьаъ бохуш, хьесталора иза. БIаьргаш дехаре хьоьжура кхуьнга. Маравоьллира. Куьйгаш бойначу букъ тIехь севцира. Шена кIелара латта дегош санна хийтира. Уггар чIогIа иза кхийринарг хуьлуш лаьттара. Дуьхьало ян ницкъ кхуьнгахь а бацара.
Дахаре болу йист йоцу лааммий, дуьненах догдилларрий вовшашца къийса делира. Шай, цIей ул-улло нисделира. Муьлха тулур ду царах? ЦIе. ХIунда? ЦIерехь мел буто ша а башо йовхо йолу дела. И цIе йолу дела...