XX
ВорхI кIант ву Даркешан. Аьрзу, Леча. ХьаргIа, Куьйра, Олхазар, Маккхал, Хьоза. Ден дозалла. Цуьнан гIортораш. ВорхIе а -иепнаш санна, догIмаш долуш, болатах воьттича санна, онда. ХIуманах а бIаьргнегIар тухур доцуш. Вухавер воцуш. Iуьргара моьлкъа а боккхур болуш, чIарх-аьллий, шайтIан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. ГIиллакхах вухур воцушший, яхь дIалур йоцушший.
Иштта кхиийна уьш дас. Цо хIинца а олу шен кIенташка: «Хьалха а ма хила, тIаьхьа а ма хила. Шун меттиг юккъехь ю».
Цкъа воккхах волчу Аьрзус, Iа а ца велла, хаьттира дега: «И юккъера меттиг хIунда хоьржу ахь тхуна, ва дада?»
Даркеш оьгIаз ца вахара оцу хаттарна. Тера дара цо и лардинчух. «Хьалха вийла Iеминарг массо а хIуманна тIехь а хьалхара хила лууш хуьлу, тIехьа сеца Iеминарг массо а хIуманна тIехь а тIаьхьара хила лууш хуьлу. Хьалхавалий, тIаьхьависий стаг гуттар а караво. Муьлххачу а гIуллакхан коьрта йозалла шена тIеоьцуш ерг юкъ ю. И онда елахь, халкъан доь довр дац», - жоп делира Даркеша.
Ден хьехар лардира кIенташа. ЦIагарица паччахьан салташна кIело ян баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьанцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий ХьаргIий, Олхазаррий, Маккхаллий. ТIаьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера.
Салтийн тоьпаш а йохьуш, ЦIагарин тоба цIа йирзича, гиххоша доккха са даьккхира... Цхьана Аружин юьхь тIехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь кIентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх. ВорхI кIант вина цо Даркешна. ВорхI кIант — ненан ворхI са. Цхьана деган эшарехь деттало и ворхI са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра Iовжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш...
Кхо кIант дена дуьхьал хIоьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу ХьаргIа.
- Дада, тхо духадирзи, зензулам ца хуьлуш.
- Бакъахьа хир ду, - кIентийн бIаьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. - ПаргIат хила.
Нана йолчу боьлху кIентий.
- Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш.
- Некъан хьовзамах, юьхьIаржонах лардойла шу вайн Дала, -меллаша дека тийналлехь Аружин аз. - ДIадуьло, паргIатдовла.
Воккхах волчу вешина Аьрзуна тIебоьлху вежарий.
- Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина.
- Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитин аш вайна? ~ хоьтту Аьрзус.
- Ца йитина, - жоп ло ХьаргIас.
- Дика хир ду, - там хиларца боху воккхах волчу вашас. -Хьовса шайн гIуллакхе...
Цхьана кертахь Iаш ву ворхI ваша, дечиг доккху гуьйриг цхьаъ а йолуш. Ялх зударий балийна ву, ворхIалгIаниг, Хьоза -кIантстаг. Цундела деца-ненаца цхьана тхов кIел Iа иза, вуьйш шайн доьзалшца - уьйтIарчу цIенош чохь. Массеран а бераш ду. Цкъа Хьозас дагардича, берхIитта хилира уьш, царех шийтта – божабер.
КIант, - жимах волчуьнга кхойкху да. - Кхана талла ва-хм дагахь ву со. Кечам белахь...
Мегар ду, дада, - кхин а цхьа хIума ала лууш, амма ца Цуттуш, неIсагIехь соцу Хьоза.
- Хьо хIун ала гIертара? - кIентан дагахь дерг хиъча санна, хоътту Даркеша.
- Со а ваийтахь хьайца...
- Са даржале когаш тIехь хила веза хьуна вайша...
- Ас сема йо наб...
«Ирс яI хьан, суна-м кхета а ца кхета хьуна и хIокху тIаьхъарчу хенахь. Iуьйккъалц товхи хьалха хоий Iа, тIаккха метта нолу. ДIасакерча, мосуьйттазза хорцу ха, буьйса сахуьлунга лестачу хенахь халла наб озайо. Дера, тускар чу хаочу даьлла моьттуш ма ву со сайн гIуллакхаш а», — самукъане йоцу ойланаш хьийзара коьрте.
Даркеш жим стаг волуш дара и. ХIетахь Нашхахь бехаш бара хIорш. Нашха! Ламанан мехкан деган юкъ... Даркешан бераллин ага. Гобаьккхина лаьттачу ламанан баххьаша мархаш яжочу эвлахь хьалакхиира иза. МостагIчо шен лар еана яц цига. Дерриге а дара дика... Латта кIезиг дацахьара. Куй биллал йолу меттиг а тIулгашца къевсина яккха езаш яра. Даха охьенга довла деза аьлла, хабарш даьржира эвлахь. Дукхах болчара къобалдеш гIуллакх а дара иза. Ткъа кхуьнан да Гелаг дуьхьал вара. "Сан ворхIе а да ваьхна кхузахь, кхузахь Iохку церан даьIахкаш, царна гена а ваьлла, сайн кхин рицкъа леха ца лаьа".
Охье. Ян мукъана а хIун ю иза? Даркешна хезнера цунах лаьцна гинчара дуьйцуш. «ТIулган экъа санна, бIаьрго ма-лоци,у шера аре. Цу тIе яьлла голашка кхаччалц йолу сийна буц. Хиш, лаьмнашкахь санна, аьрха а, дера а дац. Шайн болар лахдой, амал хуьйций, шуьйра даьржа уьш аренца. Акхарой мел дукха ду! Стоьмаш латийна, Iана а дахана лаьтташ долу дитташ! Дпйнахь сарралц некъ бича а ца кхачадо латта... Беркат ду-кх, беркат...
ЛадоьгIучеран бIаьргаш серладовлура, цецбовлий, кортош лестабора. Цхьаберш теша а ца тешара: туьйра дара иза-м, оццул латта мичара хир ду...
Хьалха лахенга охьабаха сацам хилларш нашхой бара. Уггар пуьцкъала а, нахана юкъахь дош лелаш а тайпа дара цераниг. Цунна хир дара кхидолу кегий тайпанаш а царна тIетар. Даркешан нана а яра нашхо. Дех ца вахьахь а, оццу ойланехь хилла волу Даркеш ненахошкахьа узуш вара.
Цхьана дийнахь хIара цIа веача, Гелаг тускар чу а хиъна Iаш карийра. Кхунна хаьара и тускар стенна лелош ду а, цу чу стаг хааран хIун маьIна ду а. Цундела воьхна висира Даркеш, иштта сурт шен бIаьргашна хьалха хIоьттича.
- ХIун деш лаьтта хьо?! - тIечевхира Гелаг. - Схьаэца тускар.
- Дада, хьо... хьалхе... тохавелла, - толкха а лелхаш, ма-хуьллу гIиллакхе хила гIертара кIант.
- Мичхьа гина хьуна кIезано къена борз Iамош?! Хьайга бохург де.
КхидIа дуьхьало ян ца ваьхьира Даркеш. Лерина схьа а эцна, тускар ги доьллира.
- Яхийта хIинца хьайн алаша! - дийкира букъа тIехьара. Даркешна базбеллера и мохь. ХIан-хIа, кхунна дегIана ницкъ
ца хуьлура. Лаьхьа санна, дагах хьаьрчинера ойла: «Дех вала воллу-кх со ».
- Дада, вухавахийтахь вайша...
- Соьга хIун дика хьегийта воллура хьо?
- Нахана дерг хир ду-кх вайна а.
- Сов ваьллачу стеган хIусам - кешнаш...
- Хьан боху хьо сов ваьлла?
- Сан даго.
Малхбузехьа дIагIерта кIанттий, дай. Когашна кIелахь - тIулгаш, цхьа гIулч юьстах яьккхича, охьахьаьжча - корта а хьаьвзаш, кIорга Iин. Бухахь гIергIаш, мокхазан бердех кур бетташ, угIура ламанан хи.
ХIора тайпанан а шен кешнаш дара. Маьлхана дуьхьал а дерзадой, лам огуш адамаша дора уьш я стагна хьалхара Iаламо къахьоьгий, даьхна хуьлура. Вала гергавахнарг я толур воцуш ун кхеттарг тускар чохь вала а вой, могтIара Iачу цхьана цIийнах схьабевллачу нахана улло кIегара охьахаавора. Даркешна тIе дуьххьара хIоьттина иштта гIуллакх.
КIантана хьацар тоьхнера. Хорша еача санна вара иза. Кхуьнгара хьал хиъча санна, букъа тIехьара схьа вистхилира Гелаг.
- ХIоккхуза сацал!
Даркеша кхочушдира шега аьлларг.
- Схьадерзадел тускар.
ХIинца чубузучу маьлхан зIаьнарш нийсса ден юьхь тIе йийшира.
- Хьайн серлонца хIара дуьне кхолуш волу хIай Дела, - малх болчухьа куьйгаш лецира Гелага. - Тахана тIаьххьара хьосту со хьан эсалчу зIаьнарша. Боданечу дуьненахь ваха дIавоьду со. Вай къастале, хьоьга дош ала лаьа. Баркалла хьуна ахь суна мел диначу диканна. Iуьйранна гIаттавора ахь со. ДIайийначу хIуманна хьайн йовхо луш, хьоькъуьйтура ялта. Сарахь чубузий, садаIийта дезийла хоуьйтура. Дехачу Iаьно чехийначу дегIе бIаьста ницкъ боуьйтура. Ехачу буьйсанан бода эккхабой, дуьнен чу серло яржайора, - дийначу адаме луьйш санна, декара Гелаган аз.- ХIун деш лаьтта хьо?! - тIечевхира Гелаг. - Схьаэца тускар.
- Дада, хьо... хьалхе... тохавелла, - толкха а лелхаш, ма-хуьллу гIиллакхе хила гIертара кIант.
- Мичхьа гина хьуна кIезано къена борз Iамош?! Хьайга бохург де.
КхидIа дуьхьало ян ца ваьхьира Даркеш. Лерина схьа а эцна, тускар ги доьллира.
- Яхийта хIинца хьайн алаша! - дийкира букъа тIехьара. Даркешна базбеллера и мохь. ХIан-хIа, кхунна дегIана ницкъ
ца хуьлура. Лаьхьа санна, дагах хьаьрчинера ойла: «Дех вала воллу-кх со ».
- Дада, вухавахийтахь вайша...
- Соьга хIун дика хьегийта воллура хьо?
- Нахана дерг хир ду-кх вайна а.
- Сов ваьллачу стеган хIусам - кешнаш...
- Хьан боху хьо сов ваьлла?
- Сан даго.
Малхбузехьа дIагIерта кIанттий, дай. Когашна кIелахь - тIулгаш, цхьа гIулч юьстах яьккхича, охьахьаьжча - корта а хьаьвзаш, кIорга Iин. Бухахь гIергIаш, мокхазан бердех кур бетташ, угIура ламанан хи.
ХIора тайпанан а шен кешнаш дара. Маьлхана дуьхьал а дерзадой, лам огуш адамаша дора уьш я стагна хьалхара Iаламо къахьоьгий, даьхна хуьлура. Вала гергавахнарг я толур воцуш ун кхеттарг тускар чохь вала а вой, могтIара Iачу цхьана цIийнах схьабевллачу нахана улло кIегара охьахаавора. Даркешна тIе дуьххьара хIоьттина иштта гIуллакх.
КIантана хьацар тоьхнера. Хорша еача санна вара иза. Кхуьнгара хьал хиъча санна, букъа тIехьара схьа вистхилира Гелаг.
- ХIоккхуза сацал!
Даркеша кхочушдира шега аьлларг.
- Схьадерзадел тускар.
ХIинца чубузучу маьлхан зIаьнарш нийсса ден юьхь тIе йийшира.
- Хьайн серлонца хIара дуьне кхолуш волу хIай Дела, - малх болчухьа куьйгаш лецира Гелага. - Тахана тIаьххьара хьосту со хьан эсалчу зIаьнарша. Боданечу дуьненахь ваха дIавоьду со. Вай къастале, хьоьга дош ала лаьа. Баркалла хьуна ахь суна мел диначу диканна. Iуьйранна гIаттавора ахь со. ДIайийначу хIуманна хьайн йовхо луш, хьоькъуьйтура ялта. Сарахь чубузий, садаIийта дезийла хоуьйтура. Дехачу Iаьно чехийначу дегIе бIаьста ницкъ боуьйтура. Ехачу буьйсанан бода эккхабой, дуьнен чу серло яржайора, - дийначу адаме луьйш санна, декара Гелаган аз.
- Сан гIуллакх дина бели хьо. Делахь а, цхьа дехар хир ду «сан хьоьга. Ахь и кхочуш а де. Соьца санна дика хилалахь сан тIш.хьенца. Ларбелахь уьш даг тIе бода боссарх. Лелалахь, царна де доьхначохь ницкъ луш, тилабеллачохь некъ гойтуш. Цу тIехь со чекхволу. Нагахь санна сан къамел хьайна дIахезнехь, и пйхьа тIеэцахь, цхьа билгало яхьара ахь..
Йоццачу юкъана мархашна тIехьа дIа а баьлла, къеггина юха схьакхийтира малх. Даркеш цецваьллачохь бага а гIаттийна виКра.
- Баркалла хьуна. ХIинца со сапаргIат ву, - оцу дешнашца бIаьргаш дIахьаббира къеначу Гелагас. ТIаккха набарха волуш санна, кIанте вистхилира:
- Жимма сатоха, ас дукха хьийзор вац хьо.
Шена хьалхара некъ ца гуш воьдура Даркеш. Оцу дийнахь шсм дахарехь дуьххьарий, тIаьххьарий вилхира иза. Дуьрачу бIаърхиша беснеш Iийжайора, легаш тIехула чета оьхура. Мохь ца хьакха цергашца балда а лаьцна, хьалаоьхура.
Дуьхьал хIоттийначу боккхачу чхарна хьалха сецира Даркеш. Тускар чохь да меттахъхьовш санна хийтира, резавацарна хир дара иза.
Куьйгашца тIулг дIахило гIоьртира. ГIуллакх ца хилира. Тускар гира охьа а ца дуьллуш, белш гIортийра тIулгах. Жимма меттахбелира. ГIора ма-дду кхин цкъа а дIатеттира. Стаг чоьхьа валлал херо елира. Даркеша гIулч яьккхира... БIаьргашна хьалха Iаържа кирхьа санна бода лаьттара. Юха а вирзина, араваддал бIарзвелира. Да шех воьлуш санна хетаделира. «ХIун до ахь, нанин ноькка, кхеравели?» Цхьаммо а ца элира и дешнаш. Амма Даркешан лерехь дийкира. ХIетахь, хIара жима волуш, Iин чохь дехачу алмазах кхеравелла чуведча санна.
ТIаьххьара а бIаьргаш буьйлира боданах. Болаза бисинехьара, гIолехь а долуш-м хиллера. Нисса хIокхунна тIе а дирзина Iаш ...адамаш дара. Сарахь пхоьхана хевшича санна. Кхунна хезнера маьлхан кешнашкахь адамийн дегIан чкъор кхелхиначул тIаьхьа а талха ца телхаш, ша ма-дарра дуьсу, бохуш. Цундела дийначу адамех тера дара декъий.
Юха а тускар чохь да тохалуш санна хийтира. Лаьтта охьабиллира цо мохь. ХIинца уггар халаниг дара дан дезаш: бухарчарна улло да дIатарвар.
- Дада, ас муха вуьтур ву хьо кхузахь? Дуьхьал жоп ца хезира.
- Вистхилахь, дада, - дехар дарца дена хьалха гора хIоьттира Даркеш. Ден бIаьргаш схьадиллина дара. Амма дахаран Iаьцаг ца хаалора царна чохь. Бос байна ангалин туьтеш дагадаьхкира Даркешна ден бIаьра хьаьжча...
Тховса дага хIунда деа кхунна и дерриге а? ТIекхача йоллу техьа кху лаьтта тIехь яккха цунна тоьхна хан? Дера, дукха некъаш ма идийна кхуо... Хенахь а дац хIинца-м. Базбелла шерийн мохь. Цо белш тIера охьатеIаво. Нийсархой а дIабевлла. Цхьа Уки ву-кх кхуьнца кетIа ваьлла, охьахаа, къамеле вала а. Иза а кхул иттех шо жима ву.
Iуьйкъенан нIаьна кхайкхира. Дог ца догIуш, хьала а гIеттина, метта велира Даркеш. Гуттар а санна. Кхана тахана дан цакхиънарг чекхдаккха.