XIX
Гуьйренан йочанаш юьйлаялале аьлла, керлачу меттехь юрт йиллира гиххоша. ЦIе хьалхалерраниг тиллира. Нийса-м цунах кIотар аьлча хир дара. Охьэнца санна, даккхий, шера урамаш, учеш йолу цIенош кхузахь хуьлийла дацара. Цхьа куп дIанисъян а ца тоьура шера меттиг. Цундела юьртахойн цIенош шунаша тIехь дIасакхийсина дара. Делахь а, оцу аьттонаш бацарийн кIезиг гIайгIа йора гиххоша. МостагI тIекхочийла ца хилчахьана, кхидерг могуьйтучу тIе бевллера уьш. Луьстачу хьаннаший, кIоргачу Iаннаший цхьана юкъана маьрша баха таро хуьлуьйтура нехан. И мел дахлур ду цхьанна а ца хаьара. Амма массарна а шера хиънера маьршачу дахаран мах.
Зайнап атта юьйлира керлачу лаппагIанех. Хьалха хIорш Iийна хIусамаш а яцара кхин кхарел башха тоьлашха. Баркалла юьртахошна, гIоьнна бахкарна! Уьш ца хиллехьара, гIуллакх тишо хир дара. Бакъду, къонах а хилла дIахIоьттина Элберд. Дечунна тIехь мало йийр йолуш а вац. Каде хьаьвзаш ву. ХIинца-м хIун хала дара, иштта накъост уллохь а волуш?
Етт оьзна а яьлла, Зайнап чу яха тохаелла йоллуш дара кетIа Хьулимат еъча. Цо арабаьккхинчу некъах кхуьуш йоцу хIусамнана юьхьанца йоьхна йисира: дов дахьаш еана хьуна иза! Хьуьнхахь Хьайдарбека Кхокха лечуьра хьалхаяьккхичхьана дуьйна, юьртахула хабарш даьржира: хIинца церан захало хилла даьлла, мискачу Хьулиматан бIаьрг белхо бохку, йоза хилла иштта...
- Суьйре дика йойла хьан, Зайнап!
- Диканца ехийла...
- Могуш деца шу?
- Могуш ду тхо-м. Шуьгахь хIун хьал ду?
- Тхо а ду дика дIа Iаш.
- Ма латта кетIахь, схьанехьа яла.
- Чу еана а Iийр яц со. Цхьа гIуллакх дара...
- Дийцал ахь, со ладугIуш ю.
- Со хьан йоI дIайига еана...
Оцу дешнаша гуттар галъяьккхира Зайнап. И доцург хIуъу а хаза кийча яра иза.
- Муха... дIайига? — лохха хаьттира цо.
- Иштта, - шек а йоцуш жоп делира Хьулимата. - Наха муха дуьгу нускал...
- Ватта дела, суна гина хIума дац-кх хIара...
- Хьо йохий а ма хьовза, йоьIан нана, - юьхь тIера цхьа а хьаса меттах ца болуш, шен къамел дIадора Хьулимата. - Вон захало дац хьуна тIедеанарг. Дала яздинчух вала йиш яц цхьаьннан а. Эмгар йина лело ца йоллу, сайн йоI санна лело юьгуш ю...
Хьайдарбек дечиге ваханчуьра цIа ванза вара. Бода къовлабалаза бара иза цIа кхаьчча. УьйтIара пеш а латийна, каде хьийзаш яра Хьулимат. РагIу кIелахь кхозуш тилийна уьстагI а бара. Цуьнан ах чарх яцара. ЦIера тIехь кхехкачу яй чуьра гIуьттучу Iаьнаро а, къоначу уьстагIан жижиган хьожано а цхьа а шеко ца юьтуш бохура: кху керта цхьа хазахетар деана.
- Ма латтал уьйтIа юккъе а хIоттий, - цкъа а ца хиллачу кепара хецца майрачуьнга йистхилира Хьулимат. - Хьешана а хIун моьттур ду, диг а карахь вогIавелла лаьтташ хьо гича?!
«Хьашада воьссина хир ву хIусаме», - кхетийра цо ша дIавоьдуш цIен тIехь хилла боцу хийцамаш. ГIуммагIа а йохьуш, кхуьнга куьйгаш дилийта тIееара йоккхах йолу йоI. Иза сингаттаме яра.
- Мила ву веанарг? - куьйгаш хи кIел лецира Хьайдарбека.
ЙоI дуьхьал йист ца хилира.
- Хьоьга ца хоьтту ас?
- Хьуна хIун бен ду иза милла а велахь а, хьаша хилчхьана, -йоIана хьалхара жоп делира Хьулимата.
И къамел ца тайра Хьайдарбекна. Амма эвхьазвала ца лиира. Хьешана хIун моьттур дара? Цундела хала са туьйхира цо.
Ахьаран галнаш яй чуьра схьа а яьхна, текха ехкира хIусамнанас. Жижиг схьадоккхуш йоллура юккъера йоI. Кхача сиха сов цIа чу баьхьира.
Куьйгаш дилина велира Хьайдарбек. Резавоцуш, чуьра араяьллачу хIусамнанна тIевогIавелира.
- Шуна мел оьшург чохь долуш ду хьуна, - сихха йист а хилла, Хьайдарбек дуьхьал хIума ала кхиале, тIаьхьа хIиттина зудабераш а долуш, БикатугIар болчухьа дIатилира иза.
Хьайдарбек сов цIа чу велира. ГIийла богучу къуьданан серлонехь са долу хIумма а ца гира цкъа. Юха сонехь лаьттачу цхьана адаман гIалартах бIаьрг кхийтира. «ШайтIанаша Iехош-м вац техьа со?» - дагатесира цунна. Дела цIе яьккхира... Дуьхьалара йоьIан гIаларт дIадолуш дацара. БIаьргаш буьйлира чуьрачу боданах. Цунна евзира Кхокха... Дерриге а гIенах долуш санна хийтира. Иштта цхьана юкъана неIсагIехь вогIавелла лаьттира Хьайдарбек. ГIулч яккха кхоьрура. Шена гуш мел дерг дайна дIадаларх кхоьрура. КIордийна сих а, мерах а чекхъяьллачу хIокху хIусамехь юха а ша цхьаъ висарна кхоьрура.
Цуьнгахьчул а вон хьал дара Кхокхегахь. Цкъацкъа корах ара а иккхина, яддал бIарзлора. Амма когаш, даш доьттича санна, базбелла цIенкъах дIалеттера. Юха елха дог догIура. Зайнапан йоьIан Кхокхин хIусам хилла дIахIотта езаш яра хIара ков-керт. Хийра ков-керт. ХIунда хилира иза реза хIокху захалонна? Нанна лиъна дела? Хьайдарбека ша Iожаллех яьккхина дела? Я хIора зудабер а, мацца даьлла а, цунах чекхдала дезаш долу дела? Оцу хаттаршна жоп ца карадора пхийттара яьллачу йоIана. Цунна цхьаъ хаьара: и хила дезийла. Амма и муха хуьлу цахааро синтем байинера...
Хьайдарбек тIе веара. ГIодаюккъера схьа а лаьцна, шена тIе озийра. Марахьарчийра. КхидIа дерг гIенах санна хилира...
Уггар хьалха Хьайдарбек «нахала» ваьккхинарг цуьнан жимах йолу йоI яра. Шаьш БикатугIеран уьйтIа ма-кхеччинехь, дедестечуьнга кхаъ баккха ларийра иза: «Нанас тхан дадина жима нускал ма далийна!» — эккхийтира цо дозалла дарца.
- Дакъаза ма яла хьо делаI, - йиш юьйхира Бикатун, - и хIун ду ахь дуьйцург?!
Йоккхах йолу йоI, тIехьа а йирзина, елха хIоьттира. Цу шинне а тIечевхира нана: «Сацийтал!»
...Цу буса дуьххьара лартIехь наб кхийтира Хьулиматна. Цунах чIогIа цецбевллера йоIарий. Царна хоийла ма дацара, де хьалха, цхьанна а ца гойтуш беша а яхана, бертал а йоьжна, лаьттах мIараш туьйсуш, сахиллалц иза йилхинийла. Цул тIаьхьа яхара иза ЗайнапгIеран керта...
- ХьалагIатта, марда, кIанта жима нускал далийна хьан, -охьаIеттийра Бикатус чоьхьа йоллушехь. - Томана яхьа хIума а кечъе, тIебахийта баккхий нах вовшах а тоха. ТIекIел ваьлла Iачохь дац хьуна гIуллакх.
- ХIун ю цо юьйцург, - резавацаре вистхилира БатIал. -Тиларчу-м ца яхана хьо?
- Тиларчу ца яханехь-м хьоьга йогIур а ярий? - декхарий-Лйхь ца йисира Бикату.
- Хьан дена хила неIалт, - чуьравелира хIетахь чов хилчахъана дуьйна меттахь висина волу совдегар.
Ма хила, цкъа хьалха хьайчунна а ца хуьлуш-м. Схьаэцна, зудчунна тоха хIума лехира БатIала. Певлангахь лт.ттачу Iасана тIехь сецира бIаьрг. И схьа а эцна, Бикатуна ластийра. Важа дIа а иккхина, Iаса неIарх кхийтира.
- Иммансиз, ас бийр бу хьан болх, дуй хьуна! Цкъа со меттара гIаттийта ахь, - кхерамаш туьйсура БатIала.
- Соьца санна, хьо кхечаьрца а велхьара майра, - дуьхьал тийсалора шен лааме яьлла хIусамнана.
- Хьо хIун ала гIерта, ва жоьжахатан бIогIам?
- Боьрша хилахь, ала гIерта-кх, цкъа мукъаца а! - цIогIа детта елира Бикату. - Довхачу дийнахь Iам чохь гомаш санна, хьо кху чохь Iуьллушехь, нах шайн гIуллакх деш бохку. Ялочо ялош а, юьтучо юьтуш а. Хьо вац-кх цхьана а декъехь.
- Дала сайна тоьхна лазар ца лайча волий со? - бехказвала гIоьртира хIара. - Цхьанна а ца хаьа шена тIе хIун догIур ду.
- Хьоьга-м хьайн кIант а ца сацавели!
- ХIун дина цо, хьо дакъаза маяларг?
- Керла нускал далийна.
- Делахь, цо хьан букъ бойна хьуна.
- Дала седа дуьхьал войла хьо а, иза а!
- Ас кху чохь сардамаш ма деха ца аьлла хьоьга?
- Хьох сардам бахна-м дукха хан яра...
- Хьо ас ялийчхьана дуьйна...
- Къанделла кож!
- ДIасацае хьайн бага, ешапах схьадаьлла боьха ешап! Иштта девнаш хIокху тIаьхьарчу хенахь кест-кеста дуьйлура
церан. Бикату тIеттIа карзахъюьйлура. БатIале цкъа-шозза хьажа веанчу Укис хIара астагI вуьсур ву аьллера. «И дара хьуна кхунна тIеоьшург, - ойла йора зудчо. - Кхидерг шадерг шеца долуш ву, «линтI-тIох» бохуш, астагI лилхичхьана... Чов а ур-аттала нахана ечу ян мегаш ца хилла-кх кхунна. Везан дела, ма доккха хIума ду хIара дан! И шен тIотI а текхош, нах сох бело воллу-кх хьуна хIара хIинца. Елла яла со делаI, елла дIа а ца ели...»
- И хьайн «гIов-гIов» а ца деш, лартIахь йистхир йолуш ян а юй хьо? - аз хийцира БатIала. - Кхета а веш, алахь айхьа олург.
- Хьан кIанта ги кхин цхьа мохь а боьлли хьуна, - те ца туьгура важа. - Дехьа чохь дIайижна стен йиъ хIума а ю хьуна. Хьан дохна деборхьама, шолгIачу нускалца уьшалара нал йоккхуш воллуш и а ву...
- Ой-хIай! Боккъалла бохий ахь?! - воьхна хьаьвзира БатIал.
- И боккъалла а дац-кх хьуна, шо далале ЗайнапгIеран зуьда-кIезано вайна херси ца яхь.
- ЗайнапгIеран боху ахь? - цецвелира БатIал. - Иза-х цхьа бератIорза ю...
- Цу тIехь-м да а, кIант а цхьаъ дера вара шуьшиъ, - шениг дита ца йоллура Бикату. - Со а яцара ахь ялош, хьан йоI хила а мегар долуш?.. - Дагахь тIетуьйхира: «Вистина валарг».
- Ваша вала цу къамелан! - цавашаре жоп делира хIусамдас. - Соьга кхачале, кхечунна тойна а хиъна, мустйоллалц Iийна йолу хьо... ВаллахI Iазамора, хьераваьлла а дика ма висина иза...
- Хьераваьллехь а, боьршаллех-м ца ваьллера хьуна иза, -са лоццу Iоттар йира вукхо.
Дов кхин а боккхачу ницкъаца марсаделира. ХIокху тIаьхьарчу хенахь цхьа а де а, буьйса дIа ца долура БатIалгIаьргахь и къапкъарс доцуш. Ший а доьллера цунах.
Хьатуй, Бекмарзий кетIа ваьлла Iаш вара, зудчун-майрачун «тIом» дIаболалуш. Цхьацца долу дешнаш шера схьакхочура кхеран лере.
- ХIан, дIадоладели хьуна, — элира Бекмарзас, вела а озош. - Бакъдуьненахь хIуъу а хилахь а, хIокху харцдуьненахь-м шена гIазот даьккхина воллуш воллу хьуна БатIал.
- ЦадогIург лелийча, догIучух волу, - кица далийра Хьатус. - Хьашт доцуш нехан бага вахана. Юрт йоккхучу дийнахь цамгаро лаьцна Iуьллу ша хьалха ялийна зуда а, миска гIарбаш а шаьшшиъ йолччохь а йитина, ведда кIелхьара ваьлла бохуш, дуьйцу... Дала а могуьйтур дац ишттаниг.
- ХIокху балхо йиш йохийна хьуна сан-м, - къамел кхечунна тIедаьккхира Бекмарзас.
- СинбIаьрзалло, оьгIазлоно тIулган дина адамийн дегнаш, -лазаме дийкира боданехь Хьатун аз.
- Цхьана доьзалехь а карош боцу барт, халкъашна юкъахь муха лохур бу, ва Хьату?
- Адам маьршачу дахарна кхоьллина ду, Бекмарза, - жоп делира Iеламстага. — Вайн дайша эрна ца аьлла: «ТIамо воI ца во, тIамо воI воь».
- Цара вайн юрт хIаллакьяр вайгахьара хIума а даьлла дацара, - аз айдира Бекмарзас. - Вайшинга хаза а дуьйцуш, тешнабехк бин. Кхин со ца теша царах.
- Тешам байна стаг - вайна стаг ву, - лерина, хIора дош нисдеш элира Хьатус. - Диканах дог дилла мегар дац. Цхьа бахьана доцуш хIумма а ца хуьлу дуьненахь. Тахана цуьнан дуьхе ца кхуьура аьлла, кханенна а зайл бетта ца оьшу.
- Яккхийчу тоьпийн маттахь къамеле бевллачаьрца адамийн Мотт бийцалуррий техьа, Хьату?
Мацца севцца а уьш а совцу.
Iожаллин дIовш схьа а Iеттадой.
Даккхий зенаш хилла нахана. Дела орцах волийла вайна. Цо Пуьтур бац шен миска лай гIо доцуш.
Оьрсашца дерг хадо дезаш ду, Хьату.
- Хадо-м хала дацара, хадийнарг юхаметта ца хоттало-кх атта. Цхьана яй чохь кхехкийча а, вовшах ца уьй хьакхин а,
уьстагIан а жижиг.
- Сапарбек оьрси ву, - доккха са а доккхуш, элира Хьатус. -Салти хилла а ву... МостагIчун эскаран салти, - жимма Iийна тIстуьйхира цо. - ХIетте а, тахана вайн цхьаццаболчу нохчех ас дШ а лур вацара. Схьаийна ву, гIиллакх цуьнгара доккхур дац, дехахь - са дIадала а кийча... Иштта дац и?
- Цхьа Сапарбек иштта хиларх, вуьйш ю боьха хьакхарчий.
- Хьуна хIун хаьа?
- Цара вайна тIехь динарг...
- Ахь хIуъу а дийцахь а, Хьату, хIокху хьелашкахь оьрсашца цхьа юкъаметтиг таса езаш хиларх дерг хьахо со хIуттур вац хьуна. Нах дарбелла... Царах кхета а мегар ду. Гиххошна хIинца Даркешший, ЦIагарий санна болу къонахий оьшу. Вайшининн хан тIехтили...
- Я хIинца а тIе ца еана.
- Мухха делахь а, вешаниг юха а даьккхина, массарна а долучунна юкъара хила веза-кх, - дерзийра Бекмарзас.
- Цу тIехь хьо бакъ хила а дера мега, - тIетайра Хьату. -Iай заза ца хоьцу Iожо. Массо а хIуманна шен хан ю.
КIарула Iаьржачу бодашкахь набаро йийсар йина Iуьллура керла йиллина юрт. Акхаройн лар бен евзина йоцчу хIокху акхачу меттехь адамаш хевшинера даха. Церан дечунна сутарчу куьйгаша, дахаран гIовгIано хийцинера гонахарчу Iаламан юьхьан сибат. Дерриг а къарделлера адамна. Дерриг а, цхьа борз йоцург. Буьйса ма-юьйллинехь, гу лекхачу а йолий, муцIар хьала а ерзайой, беттан серлонехь угIура иза...