Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

XVIII

Гихан тогIи чохь севццера юрт йоьхна баьхкинарш. Гобаьккхина луьста хьун яра. Кхоьлина лаьттара лаьмнаш. ГIовгIанца, тIулгийн чалх кегош, церан кийрара схьадаьлла, къона экха санна, бердех кур бетташ, гIергIаш, буьрса лахенга охьауьдура Гиххи.

Цхьаццанхьа баннаш йогIа а, четарш тоха а, лекхачу бердах тоьланаш яха а кхиънера гиххой. Уьш кхузахь бахбала дагахь бацара. Амма цкъачунна юханехьа болу некъ бихкина буйла хаьара. Иштта киртиг дуьххьара тIехIуттуш яц царна. Цхьа хан дIаиккхинчарна аьлча, хир дара нийса-м. Элбердан а, Кхокхин а дахарехь ишттаниг дуьххьара хуьлуш ду. Ткъа Даркешан-м дагардан дуккха а хир дара.

Мел халачу хьолех а булу нах. Юкъарчу бохамо кхитIе а гергадаладо адамаш, уьйр-марзо чIагIйо, олучу дашца, дечу гIоьнца вовшийн бала байбо. Амма берийн деларш, ловзарш ца хаало кхузахь. Самукъане яц церан яххьаш. Беснешна тIехула бIаьрхийн тачанаш йийшина. Ойлане бу баккхийнаш а. Зударий а, божарий а. Амма кхузахь а доьзалан хьаштех мукъа ца бевлла уьш. Юучун гIайгIа бан беза. Юхучуьнга, кIел юьллучуьнга ца хьаьжча а ца волу. Кхин масане ду уьш! ДIогахь, хи чохь, Элбердан коч юьттуш йоллу Зайнап. Ур-атталла хийцина тIеюха бедар схьаэца а ца кхиира хIорш. И дагадогIучохь бацара. «Далла бу хастам,- ойланаш йо Зайнапа, - вийна-ваьккхина стаг воцуш кIелхьарадевлла. Аьстамаран дийнна доьзал хIаллакьхилла бохуш, дуьйцу. Бикатуна шен бIаьргашна гина и... ТIе ма догIийла! Соьга лалур дацара берийн вон...»

Кхокха ша санна долчу зудаберашца акха стоьмаш лахьо хьуьна юккъе яхана. Пхийттара яьлла, безамехь йоI хилла дIахIоьттина иза. Шовданан коьрте йийла а йоьлла. ТIе хабарш а кхоьхьуьйту ловзаргахь-синкъерамехь. Боллан зазана тIе марзбелла моза санна, йоIана гонаш туьйсуш ву БатIалан хьалхарчу зудчо вина воккхах волу кIант Хьайдарбек. Зуда а, доьзал а бол-лушехь. Наха цу хьокъехь хIума шега хьахийча, шек а воцуш жоп ло: «Иза-м цаьрца Iан ялош яцара сан. Уьш - шайний, тхойшиъ - тхаьшшинний хир ду».

ЗайнапагIаьрга кхийдочу оцу захалонна тIехь гуттар а тамашиниг дара йоьIан нана цунна реза хилар. Цхьаболчара-м олура: «Iовдал яц. Махьарла бахана жим санна Iийр ю цуьнан йоI и маре дахь. Шортта там а бохьур бу. Цкъа а цунна ца гун дерг, дера, ду хила доллург...»

Ша когаш тIе хьалахIоьттичхьана дуьйна къоьллин буйнара яьлла яцара Зайнап. Миска дуьне дууш схьайогIура. Юззалц кийра ца бузош, тоъалц чу ца дохьуш. ТIера хIусамда дIаваьлча, гIуллакх гуттар телхира. Денош догIура, тахана хIара йиъча, кхана хIун юур яра техьа бохуш. Дахаран иштта дакъа шен берашка кхочийла ца лаьара нанна. ХIун ду иза зуда ялийна хилча? БIаьрг баьлла вац, астагIа вац. Хьал долчу нехан ву. Цуьнга яхча, хIун юур яра, хIун юхур яра ца хууш лелар ю. ХIара шел жима а, хаза а хиларна, дIаяхарна кхоьруш, кIеза санна хьесталур ву, хIума оьшуьйтур дац. Цу тIе Элберд а ма ву зуда яло дезаш. Там бан безий?..Мотт-гIайба кечбан безий?.. Кхуо стенах дийр ду иза? - иштта ша тейора Зайнапа. Хаьара, кхин аьтто бала меттиг боцийла.

Хьайдарбека кест-кеста бIаьрг кхарстабора Кхокха юкъахь а йолуш зудаберийн тоба дIаяханчу агIор. ТIаьхьаваха дог хуьлура. Амма и дойла яцара. Ненан некхах даьхна кIезий санна, цIийзара кхуьнан кхо йоI. И хезаш, ден догъэтIара. Цаьрца цхьа гамо яра цуьнан. ХIоразза а кIант хир вац техьа олий, сатосура. ХIуьттаренна санна, йоI бен ца йора зудчо. КхоалгIа доьзалхо хиллачул тIаьхьа цо чIагIо йира кхин шен зудчунна улло ца ваха а, керла нускал дало а. Цунна кIант оьшура, шен цIийнан кIур бойтур боцу. Кхана хIокхуо ши бIаьрг дIа ма хьаббинехь, къацахетаршна дуьсур ду кхуо цIийций, хьацарций мел даьккхинарг. И хуьлуьйтийла яц.

Вуьшта, Хьулимат кIорда а йина. Кхиболу зударий маре бахначул тIаьхьа, хьалхара доьзалхо ма-виннехь, толой, стамлой, юьхьност горглой дIахIуьтту. Ткъа хIара, акха дечиг санна, якъаелла дIаели. Юург тIе ца йолуш, молучух хайра ца хуьлуш. Ша санна болчу шен накъостех а эхь хетара кхунна. Царех уггар ира мотт болчо забар ечуха, оьккхуьйтура: «Хьайн десара дийца, Хьайдарбек, и хьайн хIусамнана стеран цIоганах якхош-м яц хьан? Иза урам-новкъахула схьайогIуш, утармех тоьхна боллу марс санна болу марий бен, гуш хIума ца хуьлу-кх цунах...»

Ша дуьхьал лата ца латахь, дан хIума дацара. Ткъа летча, нахала вер вара, забарх цакхетарг санна. Цу тIе, уьш бакъ а бара. Доцург дацара дуьйцург. Цундела, къаьхьа къурд а бой, пхоьханара дIавоьдура хIара. ЦIахь хьалха дуьхьал нисвеллачун коча а воьдура. Дукхахьолахь Хьулимат хуьлура иза. ЧIикъ ца боккхуш, едда кIелхьараяла ца гIуртуш, дуьхьал цхьа дош ца олуш, IаддаIара доьзалан нана. Хьайбанна санна, еттара Хьайдарбека зудчунна. Цо дуьхьало ца йича, кхитIе а оьгIаз а оьхуш, карзах а вуьйлуш.

ТIеяха бух болуш, дола дан верас волуш яцара Хьулимат. Цхьана хенахь тIе беркат дирзинера кхеран цIенна. Бетташ шиъ етт, гомаш яра. Урд дара лелош. Хьийкъина кхуьура хIора шарахь хьаьжкIаш. Дебара даьхни. ХIетахь, бахам букъбелла хIорш болчу хенахь, БатIала нах бахкийтира шен кIантана Хьулимат еха. Захало тайра массарна а. Иштта йоьссира Хьайдарбекан хIусаме иза. Юьхьанца чIогIа дика вара хIусамда.

Бехк боцуш лурвуьйлира Хьулиматан жимах волу ваша. Синкъерамехь йоIаца хелхаволуш, лаамза цуьнан некхах куьг хьакхаделлера. ЙоьIан гергарчарах цхьамма хьала а иккхнна, шаьлта тоьхнера кхунна, пхьаьрсах чов а еш. Нах юкъа а гIоьртина, дIасабаьхнера хIорш. Цул тIаьхьа дикка хан яьлча, кхунна шаьлта тоьхнарг, луларчу юьрта ваханчуьра цIа вогIуш, эвла йистехь вийна Iуьллуш карийра. Шеко Хьулиматан вешех хилира. Кхара юьртана хьалха цIано йиннашехь, цкъа вуьту аьлла, куьйге а бахана, тIаккха тешнабехкаца вийра ваша. Дас дуй биира, цуьнан чIир эца. Иштта дIадоладелла дов, кхуьнан ши ваша а, да а вуьйш дIадирзира. Шина а агIорхьара кхоккха стеган валар хилира. ТIаккха дийнна юрт юкъа а гIоьр^ина, церан верасашна юкъахь маслаIат дира. Амма Хьулимат схьаяьлла кхерч шелбала болабелира. Бисинчу бахамах цхьа дакъа а ца дира гергарчара. Iадатехь зудчун бакъо яц дех дисначун дола дан. Ден цIийнах яьлча, худаелла, гIелъелла дIахIоьттира жима зуда. ДIабелира дуьненан синкъерам. Шен дерриге а са кхаа йоIана чудиллина ехара иза хIинца. ХIоразза а ша берах моссаза хили, цо Деле доьхура кIант лолахь шена, бохуш. ХIума хууш болчу баккхийчу зударшна тIеоьхура, седажайна хьоьжуьйтура. Цара даима, хаза дуьйцуш, тейора хIара. Бакъду, хир ду баьхнарг кхочуш-м ца хуьлура. Хийла йилхира иза, Деле дийхира. Стенна делахь а, Хьулимат-м тешна яра воьалгIа доьзалхо кIант хирг хиларх. Амма тIаьхьарчу хенахь хIусамда кхуьнца гIуллакх догIуш а вацара. Ша-шена а тоьхна яллал бIарзъеллера иза. Делахь а, наха эр долчу неIалтой, кхо йоI нана йоцуш юьсург хиларой сецайора.

Хьулиматна хууш дара цIийнда Кхокхига безам болуш хилар. Къайлах цкъа цуьнга хьажа а яхара. Нисъелла яра кхуьнан эмгар хир ю бохург. Амма цуьнга цабезам, гамо ца кхоллаелира Хьулиматан даг чохь. Ша шен кхаа йоIаца йитичхьана, кхин хIумма а ца оьшура цунна.

БатIал вара захалонна резавоцург. Ткъа и резавацар цуьнан коьрта чу диллинарг Бикату яра. Кхечу зудчо винчу шина кIантах хьалхарчуьнан кхо йоI яра, шолгIаниг бер хуьлуш а вацара. ТIеялийначунна хаьара, ког когах а кхетта, шена тIера цIийнда дIамавеллинехь, ша, лулахоша кхе олла баьхьна яй санна, юха цIехьа ерзор юйла. Цундела цуьнгахьа дара эмгаро бинчу кIентийн доьзалшкахь божабер цахилар. ХIара ша яра БатIална кIант ван Iалашо йолуш. Бадах вича и мегаш велахьара-м, кхуо вина дера хир вара иза. Кхечунна тIехь дакъалоцуш майра а вацара-кх. Цхьа лазар текхна ша, цул тIаьхьа бер хир дац аьлла шега, бохуш, цхьацца хIуманаш дуьйцура цо, Бикатус вала а, вола а меттиг ца юьтуш, ша кIуркIамане хьовзийча.

Бикатуна хIумма а ца дуьсура и захало дохор бен. ТIаккха иза цIийнден лергах мехий даха йолаелира. «Хьан гира буьссур болуш ца хилла-кх уьш, баккхий хилча а, зударий а балийна, шайна баха хевшича а. Хьо хьайн долахь долчух ваккха гIерта. Цхьацца зуда ца тоьуш, керлачу нускалшна цергаш хьекхо буьйлабелла. Ас ца элира ма алалахь, кхана Iуьйранна цара хьо темехан биста кхаччалц дакъаза ца ваккхахь. И меца эскар кхаба-м вуно хьал долуш хила везий. ЦIоз санна тIелетта. Хьо ле ма вайталахь цаьрга. ТIаьхьа байтамал баха ца лаахь. Делан вазлора, вуьтур ву хьо цара хи чохь бIаьргаш биллича санна. Варийлахь, и захало ма дайталахь цуьнга»...

Цкъацкъа шен шолгIа ялийначу зудчух эвлаяъ тарлуш вара БатIал. Къаьсттина иза ле яьлча. Ткъа хIара зурма дийнахь а, буса а екаш яра кхуьнан лерехь. Иза-м ловр дара, важа дацахьара... Шен сил дукха езачу шайкайнах валар - оцо вожавора хIара доза доцчу гIайгIане. Махбар а хьалха санна дIа ца доьдура, тIейогIуш йолу хIума а кIезиг хуьлура. Даркеша-м цу хьокъехь къамел юкъадаьлча, Iоттар ярца олура: «Ва, БатIал, бух боцу чарма дуза ца лойла ца хууш ву хьо?! ЦIера къу ву хала...» Иза Бикатух хьакхалуш дара. Кхунна кхечаьргара а хезнера цо цхьацца хIуманаш гергарнаш болчохь схьайохку бохуш. Шайн юкъаметтиг талхахь а аьлла... Куьйгаш а ластийна дIа ца яха. Амма хIара тIаьхьа ца кхуьура цуьнан бозбунчаллашна.

Дас нахехула воккхах волчу кIантах дIатуьйхира цо шолгIа зуда яло бинчу сацаман хьокъехь шена хетарг. БIаьрган негIар ца тухуш, вукхо дуьхьал аьллера аьлла, кестта схьадеара:

- Соьга ма де бохург сан дас ша ца динехь дара бакъахьа. Ас дIакхоьхьург цо сайна гайттина некъ бу.

И хезча, Iаччохь хьалалелхара БатIал. Стоммачу вортан пхенаш, дусаделла, детталора. Цуьнан кийрахь яьллачу оьргIазлонан цIерга декъа чIийшаш туьйсура Бикатус.

- Схьалаца хьайна! Ас бехирий? Хьо цаларар бен иза хIун ду? Кхин накъостий баций уьш-м. Дена вас йина а, шена там бан воллу-кх. ХIай, хIара вала велла! Нахах эхь а ца хетий. Иза-х кхуьнан йоI а хила мегар долуш ю. ШайтIа! Корта а баьшна, дIахеца езара. Боьрша стаг къевелла хилла кхунна? Ца йогIу хьуна иза дойнарг хотта-м, динарг даа йогIу-кх, гоьл тIе ког а баьккхина...

Цу дийнахь дуьйна ден а, кIентан а юкъаметтиг шелъеллера. Вовшийн тIебоьлхуш а бацара. ХIара бохам юкъа ца иккхинехь, хIинца санна юх-юххехь а хир вацара.

Юрт йоккхуш БатIална чов йинера... уггар тамехь доцчу меттиге. Цундела бертал бен Iуьллийла а дацара. ХIоьан гериг Укис схьаяьккхинера. ХIинца «ахI-ухI» деш Iуьллура совдегар. Цу тIехула тIе, Даркеша йина аьлла цхьа забар а яьккхинера юкъа:

- Юха дар-дацар хилла меттиг хилахь, БатIале корта гIодамийн такхорах боллий ма Iе ала, шен юх а къайлаяккхийта, и йоцуш виса ца лаахь.

«Сан да гIон волчу кашора, дош муьста делахь а, ша олург са лоццуьйтуш олуш-м ву и воккхастаг, - къера хилира Хьайдарбек. Цо и иштта шен дех лаьцна аларна, цуьрг а дегабаам бина а вацара хIара. - Цхьа а дац цуьнан нехан санна, - оьгIазъ-оьхура кIант.- Бегаш буй хIинца кхунна улло а хиъна Iен везар? Узаршка ла а доьгIуш. Кхардам бу-кх, цхьа кхардам...»

ГIуммагI чохь хи а дахьаш тIееара Бикату. МеракIентан юьхьдуьхьал ца хьожуш, элира: «ПаргIат хила...»

Хьайдарбекна бIаьргаян ца езара шен десте. Шеквара, дений, шений юккъе мотт боьллинарг иза хиларх. Ткъа хууш ма дуй, зударий хьеннан а барт эгIо кадер долуш буйла. Цундела Бикатун багара и дешнаш ма девллинехь, цкъа вон цуьнга дIа а хьаьжна, вистхилар доцуш, дIа а вирзина, хьун йолчухьа дIаволавелира Хьайдарбек. Цигахьа лаьттара ойла.

Хьуьна чу вуьйлира иза. Гонах къора тийналла яьржинера. Дуьне Iадийча санна дара. Адамашна тIехIоьттинчу баланан дакъа Iаламе а кхаьчча санна хеталора. ГIайгIане вара Хьайдарбек. Йиш йоьхнера. Дуккха а шерашкахь кхуо халла гулдинарг тIепаза дай. ХIинца дерриге а юхадIадоло деза. Цунах хIун хир а хьанна хаьа. Я Iесадевллачу адамашна Дала йина кхиэл ю техьа? Дера Хьажа-Iелас - Дала гечдойла цунна! — баха-м бехира. Ла ца дуьйгIира-кх. Кхин хIумма а ца хилча, сан дас шех летийна къинош-м тоьур дера дара юьртах а Делан неIалт даха. Цамгаро лаьцна, меттахь йоьжна Iуьллуш йолу кхуьнан нана ша йолччохь а йитина, шен са дадийна кIелхьараваьлла веана... ГIарбашах а, ненах а лаьцна хууш хIумма а дац. Уьш хIаллакь-хиллачух тера ду. Вуьшта, хIара бала хьоьгучул, елла дIаяьлча гIоле-м дара цунна...

Дагахь а доцуш, ойланашка ваьлла вогIуш волу Хьайдарбек хьуьна юккъе воьллера. Лекхачу пепнийн луьстачу баххьаша лаьтта ца кхочуьйтура маьлхан зIаьнарш. Гобаьккхина IиндагIаш дийшинера. Цхьана юкъана сецца лаьттира иза. Ша кхидIа хIун дан деза ца хаьара. Тайп-тайпана ойланаш вовшех ийна, чучча яхана, юьхь а, чаккхе а йоцчу чалхе йирзинера. Эццахь, хьун Iадош, маьхьарий девлира...

Баттара шаьлта а яьккхина, цу агIор дIахьаьдира Хьайдарбек. Юьхь тIе детталора генаш, когашна кIелахь латта ца хаалора. Мохо вадийча санна, и дерриге а тергал ца деш, дIахьаьдда воьдура иза.

Кестта кхуьнан бIаьргашна дуьхьал хIоьттира иштта ирча сурт: масех зудий, йоIIий шайн карара тускаршший, ларчанашший охьа а кхийссина, маьI-маьIIе дIасаедда йоьдура. Царех цхьаъ яра-кх, йоха а йоьхна, ша хIун дан деза ца хууш, куьйгаш ирх а тесна, кIелйисна лаьтташ. ТIехьарчу когашна тIе а хIоьттина, буьрса Iеха а Iоьхуш, цунна гергакхаьчна йогIура нана йоккха ча.

БIаьрг ма-кхийттинехь евзира цунна Кхокха. ХIара волчухьа йирзина лаьтташ яра иза. Ткъа ча кхунна букъ берзийна яра. Хуьлуш долчух сиха кхийтира Хьайдарбек. Доллучух а ваьллера иза... Бисинарг беккъа хIокху йоIе болу шатайпана безам бара, кхунна хьалха бевзина боцу, бу-бац хиъна боцу. ХIинца хIара цунах а вала мегаш вара. Иист йоцчу оьгIазлонан тулгIе яьржира дерриге а дегIехула. Довха цIий хьаьдира коьрте.

Воьдуш лаьтташехь, Iодара кхоьссина тIулг санна, тIехьахула чанна тIе хьаьдира Хьайдарбек. Макъара кхаччалц чуяхийтира шаьлта. Ча цкъа галъелира, кIегар хиира, стелахаьштиг кхетча санна, яга йолийра ворта. Шена хиллачуьн дуьхье ца кхуьура иза. Мичара вели и мостагI? Муха ваьхьи соьца сан ижу къовса? ХIара-х сан мохк бу!

Хьун екош, Iа-а-а аьлла, шийла мохь белира чан кийрара. Юхахьаьжира. Кхуьнан эххал а хир вацара мостагI... «Вели хьо айхьа дуу дуьне диъна. Iовдал. Хьоьга хIун хIоьттинера сан некъ хадо? Тамашийна ду шу, адамаш... Гуттар а шайн гIуллакх доцчу гIерташ, къар ца луш, шайчунна тIера ца довлуш... Схьавола хьайн Iожаллин мара».

Стаг шен марахьарчийра чано. Къевлира. Амма меженаша ла ца дугIура цуьнга. Цхьа йовха, ира хIума дагах чекхйолуш санна хийтира цунна. Са малделира. Амма мостагI дIа ца хоьцура. ХIаваъ ца тоьура. Са дукъделлера.

Вовшашна чучча дахханчохь охьадуьйжира ший а: кийрара дахаран Iаь яйна ча а, лазийна кхетамчуьра ваьлла Хьайдарбек а. Юьхьанца дуьйна и луьра дов геннара гуш хилла болу зударий, улло тIебахка ца хIуьттуш, тийжа а тийжаш, гонаш туьйсуш бара хIинца. Царел доьналла долуш хиллера Кхокха. ТIе а еана, шена орцах ваьлларг ченан карара ваккха гIертара иза. Амма вукхо гуро санна лаьцнера стаг. Ехха тийсаелира Кхокха. ГIуллакх ца хуьлура. ТIаккха дуьххьара елхаийзо елира - гIора цатоарна, ницкъ цакхачарна, де цахиларна. ТIаьххьара а метта-баьхкира кхиболу зударий а. Цхьаьний, хала а, атта а ченан карара ваьккхира цара Хьайдарбек. БIаьргаш схьабиллича, Кхокхин йилхина юьхь гира цунна...

Гиххошна юкъахь сиха даьржира хьуьнхахь хилларг. Каркара а оьцуш дуьйцура иза. Цхьана юкъана дицделира шайн кхелхина бахкар а, юрт йохор а, хилла баларш а. Иштта ю-кх адамийн амал: керла тIедеанчо бухарниг дIатотту, и мел деза хиларх. Цхьана хIуманна тIехь еха ца лаьтта ойла. И иштта дацахьара, хедар дара адамийн хIу. Дахарехь тIе мел Iитталучеран йийсарехь стаг вуьсуш хилча, шена ваха а, кхечарна хIокху дуьнен чу неI елла а хан тоьур яцара.

Цу дийнахь цхьана Хьулиматна хиира-кх хIинца дуьйна дIа Хьайдарбек шена велла вуйла. Иза кхочур ву ша Iожаллин багара яьккхинчунна. Иштта хьоьхура даго. Ткъа и санна долчу хIуманашна тIехь зударийн дог гIалатдаьлла меттигаш кIезиг а ю.

Бен бохийна экха санна, хьийзара ЦIагари, валавола меттиг боцуш, са ца туьйш. Бекхамах догура кийрара дог. Хьажа-Iела, Олхазар... Церан чIир эца а кхиале, паччахьан салташа йохийна дIаяьккхи хIара вина юрт. ХIинца хууш а дац дех хилларг. Нана тиларчу яхана. Хьалха хиллачунна кхитIе а ЦIагарина къахьдели хIара дуьне. Кагбелла букъ лачкъалур бу гIовтал кIел, амма доьхна дог... Цунах ведда мича гIур ву? Лалур ду да валар а, нана ялар а. ХIун дан деза дахаре йолу марзо елча? Кхин хIокху доккхачу дуьненахь хьо воккхавевеш хIума ца дисча?,. Стенан дуьхьа вехар ву? Оцу къаьхьачу ойланаша стигла а, латта а гатдинера ЦIагарина. ЦIеххьана и дерриге а дIа а теттина, мархашна юккъехула схьахьаьжна сирла малх санна, еккъа цхьа ойла йижира даг чу: бекхам... бекхам... бекхам!..

Даркешах дагавелира. Иза дуьхьал вацара. Цунна хаьара къоначаьргахь долу хьал. Кхехкачу яй тIера негIар дIа ца даьккхича, иза тIехбогIу. Кхехкачу оьгIазлонна иштта негIар ду мостагIчух дог Iабор.

...Де суьйренга лестинера салтий гIопа бирзича. Арахь тов лаьттара. Иовхоной, бехачу некъой гIелбинчу салтийн могIа бахбеллера. Покровскийн башха сагатдеш гIуллакх а дацара и (хилларг хиллачул тIаьхьа, мила ваьхьар вара кхарна дуьхьал вала?).

Амма кхечу ойланехь бара гиххой. Бохамах а бевлла, кхерам боцчу кхаьчча, доьхканаш даста сих ца белира уьш. Хьалха ваьлла ЦIагари а волуш, бекхам бан гIевттира.

Гиххойн тоба кIело йина Iаш яра мостагIашна. Царна хаьара уьш хIокху новкъа бухабоьрзур буйла. Цундела шайн аьтто бер болу меттиг а хаьржинера. Некъа тIехIуьттуш луьста коьллаш яра кхузахь. Хьун а яцара гена. Сихха тIелатар а дина, вуьйриг вен а вийна, духадовларан Iалашо лаьцнера гиххоша. Вуьшта мостагIашца ларалур бацара. Уьш дукха бара.

Салтийн цхьа тоба мелла а тIаьхьайиснера кхечарах. Дукъарц санна лекха волу цхьа хьаьрса салти вара шен накъосташна забаре хIумнаш дуьйцуш. Юкъкара «гIогI» олий, белар, эккхара царна юкъахь. ХIуманнах а шек боцуш, паргIат богIура уьш.

Коьллашна юххе хIорш нис ма-беллинехь, цIеххьана тIелетира ламанхой. Хуьлуш долчух салтий кхиале, масех стаг вуьйжира царех.

Каде хьийзара лекха дегI долу хьаьрса салти. Цхьа а чов янза вара иза хIинца а. Амма къарлур волуш кхунна тIелеташ верг а вацара. Стелахаьштиг санна, бIаьргийн нур дIаоьцуш, лепара цуьнан буйнахь шаьлта. Делахь а, хIоразза салти кIелхьараволура цуьнан рогIерчу тохарх. Къона вара ламанхо. Цунах сиха кхийтира дикка дардацарш лайна волу салти. Цхьана агIор и кхуьнгахьа дара: тIеман зеделларг кIезиг ду мостагIчун. Вукху агIор, кхунна дуьхьал а ду: къоначуьнгахь ницкъ алсам хуьлу, атта гIел а ца ло.

ТIаьххьара а ламанхочун шаьлта Iалашоне кхечира. Карара топ дIа а хецна, шина а куьйга чож а лаьцна, гора вахара салти... Цхьа мостагI вожа а вина, накъосташна гIоьнна веара хаза юьхьсибат долу ламанхо. Дера летара иза. Лаамза цуьнан тидам бира ЦIагарис. «Ванах, суна ма ца вевза иза, ван мукъана а мила ву хIара?» - ойла хьаьвзира коьртё.

Цхьаъ кхечунна тIаьхьа ийгира салтий. Ламанхойх цхьанна-шинна чевнаш бен ца йинера. Уьш а кхераме а яцара. Коьртаниг -бекхам бар. И кхара бинера. Къахетар доцуш, дохкобовлар доцуш. ЦIийна дуьхьал цIий оьцуш. Шаьш санна долу адамаш дахарх дохуш, церан наной белхош, зударийн, берийн къа хьарчош. Масех де хьалха цара ма-дарра. Иштта ду тIеман бакъдерг. Цуьнан Iалашо — Iожалла, цунна тIевуьгу некъ — къизалла.

Ламанхой хьуьна чу буьйлира. БIаьрган эшарехь къона ламанхо лехира ЦIагарис. Йистехьо ваьлла, кхарна тIаьхьа а соьцуш, вогIура иза, цхьана хIуманах къехкахь а, я кхаьрца гIиллакх лецахь а. Цуьнан горга хаза юьхь цIен бос летта йогура. «Дера, суна иза цхьанхьа ган-м гина», - дагадаийта гIертара ЦIагари. Амма гIуллакх хуьлуш дацара...

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)
[удалено]
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека