XVII
Ша иштта мел Iиллина Таймасхина шена а ца хаьара. ТIаьххьара а бIаьргаш схьабиллича, кор а, неI а доцчу тоьли чу ша нисъелча санна хийтира цунна. Корта меттах хьабира. ЯьIне лазар иккхира. Дерриге а дегI тхьусдоьллера. Хаьрцинчу цIеношна бухахь хаба а хебна ехха Iиллинчух тера дара йоI. Цу тIехь а дика дера йисинера иза-м. Кхуьнан ирсана, тхевнан чалх сацийнера юккъехула каг а делла, ах охьахаьрцинчу пенах тасаделлачу дукъоно. Цо шена тIелаьцнера тхевнан йозалла. Цу кепара кхоллаеллачу херонна юккъехь кхетамчуьра яьлла, шена хилларг хIун ду ца хууш Iиллира Таймасха цхьана юкъана.
ХIинца иза меттайогIуш лаьттара. Халла кIегархиира. Гонах бIаьрг кхарстийра. Ойланаш яьржина яра. Хиллачун дуьхье ца кхуьура. Цунна шера дагадогIура ша сарахь дIайижар, гIенах Олхазар гар... ХIокху тIаьхьарчу хенахь иза кест-кеста вогIура йоьIан набаршка. Дийна волуш санна, шен безам балхош, хан йиллар доьхуш. ГIенах хуьлуш и делахь а, хIоразза чIогIа ницкъ хуьлура Таймасхина. Iуьйранна гIеттича, дегI сахиллалц арахь асар деш яьллича санна, гIеллой, бодлой хуьлура. ХIинца а хIара шиъ иштта хи йистехь лаьттачу заманчохь, когашна бухара латта дегош санна хийтира, цхьа гIовгIа елира. ТIаккха дерриге а дайра. Метта а еана, бIаьргаш схьабиллича, хIокху инзаречу хьолехь карий...
Таймасхина хаа йиш яцара цу ирчачу Iуьйранна хилларг.. ХIинц-хIинца цIийелла йогIура малхбале. Iалам набарх далаза дара. Амма маьлхан йоьзан хIоз стиглахь лакха мел бели, алсамйолура цо дуьнен чу яржош йолу серло, юкълора олхазарийн самукъане эшарш. Мелчу мохо дай-й дегадой, мерзачу набарх самадовлуш санна хеталора диттийн баьццара гIаш, бецан дуткъий хелигаш. Чопа санна кIай Iаь гIиттош, садоьIура боданан йийсарера даьллачу лаьтто.
Аьхкенан Iуьйренан и исбаьхьа сурт дохийра цIеххьана хIаваэхь иккхиначу цхьана вочу татано. Шакарца лерг Iадош, цIийзаш, бахана юьрта юккъе буьйжира йоккхачу тоьпан чуьйнан хIоъ. Латта дегийра. Оццу минотехь сийна дIовшалу тосуш, иккхира иза. Набарх ялаза йолу юрт шийлачу орцанца гIеттира.
МостагIий садаьржаш тIелетира. Схьахетарехь, и хан ларамаза хаьржина яцара. Дагахь а доцуш тIом болор тIелеташ болчаьргахьа ду. Цара хьалххе бина хуьлу кечам, уьш сема бу, церан тоьпийн Iалашонаш билггалчу метте тIеерзийна ю, лаг озийчхьана йолуш.
Ткъа шайн мискачу саьккалшна чуьра Iадийча санна аралелхачу гиххошна ур-атталла шайна хуьлуш дерг хIун ду а ца хаьара. МостагI мила, мичхьа ву ца къасталуш болу божарий, яьхна шаьлтанаш а йолуш, бIаьрзе дIасахьийзара. Зударийн, берийн белхар лаьттара хIаваэхь. ХIинца юьртан еа а маьIIехь лелхара яккхийчу тоьпийн хIоьънаш. Даккхий зенаш дора цара адамашна а, гIишлошна а. Шайн дайшна хуьлуш болу бохам хаабелла Iоьхура хьайбанаш. ГIийла цIийзара жIаьлеш.
Йоккхачу тоьпан цхьа хIоъ АьстамаргIеран керта буьйжира. Чуьра араиккхина хГусамдай, божли чохь етт бетташ йолу гIовгIано уьйтIа яьккхина цуьнан зудий цхьаьна нисделлачу меттехь иккхира иза. Таймасха оцу ирчачу декъах яьккхинарг сахуьлуш чIагIъелла йолу наб яра.
Хьалха караеъана ларча пхьаьрса кIел а йоьллина, урам-новкъахула гIора мел ду едда йогIучу Бикатуна гира и дерриге а. Кхуьнан бIаьргашна а гуш хIаллакьхилира дийнна доьзал. ДегIера са малделла Бикату, кхин дIаяха ницкъ боцуш, ша лаьтта-чохь когаш тIе охьалахъелира. Ша бIаьргаш дIахьаббича хила гIоле йолуш санна, куьйгашца юьхь а лаьцна, керта йисте дIатебира иза. Иштта хIара Iаш цхьа хан елира. Вайн везачунна ма гойла цул тIаьхьа кхунна гинарг. УьйтIа юккъехь аркъал воьжна, корта цIийша а буьзна Iуьллура Аьстамар, дIанехьо -хIусамненан дакъа. Ткъа цу шинна гена йоццуш... ХIаъ, иза Таймасхин коч яра лаьттахь Iуьллуш ерг. И кIади чIогIа хазахеташ яра Бикату. И санна ерг шена а эца бохуш, майрачуьнца цкъа-шозза дов а даьккхинера кхо. «Миска Таймасха, ахь хIун до хIинца оцу хьайн кучах а, жималлех а? - къаьхьа ойланаш йора Бикатус. - Декъаза йоI хиллера хьо а».
Кхуьнца бала болуш цхьа а вацара. БIарзбелла хьийзачу нехан когийн татанаш, белхарш лаьттара Бикатун лерехь. Хьала а гIеттина, дIаяха де дацара. ХIокхо кIелхьараяларх дог диллинчу юкъана, цхьамма-м ондда пхьарс а лаьцна, ша хьалагIаттош хааделира цунна. Лерина дIахьаьжира цуьнга. БIаьргашна хьалха хIоьттина дохк дайделира. ЦIагари вара кхунна хьалха лаьттарг. Цо пхьарс дIа ма хийццинехь, ша лаьттачохь галъелира Бикату. Ког баккха ницкъ бацара. ХIинцца бен буьззинчу барамехь шегарчу хьолан мах хадо кхетам ца тоьира цунна. Кхуьнан дахар хIокху муьрехь ЦIагарин карахь дара. ХIокху муьрехь хьовха, дукха хенахь дуьйна а... Керлачу ницкъаца самабелира хIокхо еххачу хенахь деган кIоргенехь къийлина цуьнга болу къине безам.
Юьртан майда яьккхинера массанхьара а схьауьдучу наха. Вон-дика хилча, даима а кхуза сихло уьш. Тахана тIехь Iу воцу бажа санна баьржина биси гиххой. Хьалхавала да воцуш. Дан дезарг хууш къонах воцуш. ТIаккха дийкира майдана тIехула Даркешан гIоргIа аз.
- Делла довла вай делаI, яхь яйна гиххойн кIентий! Йоллучу юьртана доьхна деанчу хIокху ирчачу дийнахь гIодамийн такхорах йоьлли техьа вай вешан къонахалла?! Ма бIарзделла хьийза! Ма йиш йоьхна цIийза! Хьакъ ма дацара вай вешан мехкарийн дай хила, вешан зударийн майрой хила. ДIадаха шайн коьртара куйнаш. Зударийн корталеш товш хир ма дара вайгахь...
Оццул долчу адамашна юккъера хьалха велира ЦIагари. Цунах тасаелла лаьттинчу Бикатун дог схьадала доллуш санна детталора, ша дIа а теттина, иза майдана юккъе ваьлча.
ЦIий кхехкара цуьнан пхенашкахь. Тоха са доцуш, цергаш хьекхайора. Стелахаьштигаш кхерстара бIаьргаш чохь.
- Бехкаш доху хан яц хIара, Даркеш, - мохь тухуш, дуьхьал вистхилира ЦIагари. - Тхо кIезий бен дац, хьалха яьллачу барзана-тхьамдина тIаьхьахIитта. ТIаккха хьовсур вай хьанах хIун доллу.
- Тхьамдех дерг-м хаац суна, - майда Iадош аз айдира Даркеша, - амма, бакъду, мостагIашна яхь дIа ца луш, яла а кийча къена борз-м ю шуна хьалхаяла. Суна тIаьхьа хIитта, шу реза делахь!
- Тхо реза ду-кх хьуна! — массарна а хьалхара жоп делира ЦIагарис.
- Делахь-хIета, ладогIа соьга, - кхидIа а шен къамел дора воккхачу стага. Оцу юкъана иза гинчо цхьамма а эр дацара хIинца шена хьалха лаьтташ верг къена стаг ву. Цуьнан бIаьргаш чохь цIе йогура, аз ондда а, нехан дегнаш ира-кара хIиттош а декара. Некха тIе кхаччалц йолу луьста, ло санна кIайн маж йоцург, кхин хIума дацара иза къанвеш. Ерриге а майда дIатийнера, цуьнан багара долу хIора дош схьалоцуш. И аз гIелдан ницкъ ца кхочура юьйлучу яккхийчу тоьпийн хIоьънийн гIовгIане а.
- Аьтту болуш боцу тIом битар бен дарба дац. Хьем ца беш, юьртах довла деза вай. Лаьмнашка хьала. Хаьа суна шун дагахь дерг. Атта дац дайн кхерч бита. Амма тахана и ца дича ца довлу вай. Са дадийна ца доьлху цига. Ницкъаш а гулбина, метта а даьхкина, мостагIчунна луьра бекхам бархьама доьлху. Кхин некъ бац. Юьртах довла! - оцу дешнашца хьалха а ваьлла, шуьйра гIулч йоккхуш, шен ехачу Iасана тIе ца вазлуш, мелхо а, иза леккха хьала а ийеш, лаьмнашкахьа дIаволавелира Даркеш. Жима а, воккха а цунна тIаьхьахIоьттира.
...Юьрта чу бевлла салтий юьхьанца ца кхеташ бисира. Урамашкахь тийна дара. Са долу хIума дацара цхьанхьа а хаалуш. Ур-атталла декъий а ца гора гонах. Дуьхьало еш стаг а вацара. ТIаккха доллучух а кхийтира: наха дIатеснера юрт. ТIап-аьлла, байнера. ГIаратата доцуш. Лар йоцуш.
ОьгIазвахана, туьран мукъ а къуьйлуш, лаьттара Покровский. Цунна кхин лиънера: юрт йохийна ца Iаш, цуьнан берриге а бахархойн хIу дайар. Кхо дагалаьцначух ах бен кхочуш ца хили. Лаьттах баха уьш я стигла бевли? Лерина дIасахьаьжи. Гонаха — цIе-кIур. ХIара ала хIусам яц йохонза. ХIаваэхь тоьпан молханан хьожа еттало...
«Муьлхачу агIор дIабахна уьш?» - оцу хаттарна жоп лоьхура Покровскийс шен ойланашкахь. Аьлча а, ша-шен Iехавора-кх. Цунна шера хаьара ламанхойн некъ лаьмнашка Iуьллуш бен боцийла. Амма цунна даре дар мостагI кIелхьаравалийтарна къера хилар санна хIума дара. Церан лорах ваха ца хIуттура эпсар. «Цу тIе, салтий а гIелбелла, бIаьхаллин шовкъ а хьалхалераниг яц», — бохуш, керл-керла бехказлонаш ягарйора Покровскийс. «Уьш дIалевчкъина лаьмнаш ша Iаламо кхоьллина буьрса гIап ю, хIокху ницкъашца йохалур а йоцуш», — оцу бакъдолчунна тIехь сацийра эпсаро хиллачун хьокъехь ша еш йолу ойланаш.
Когаша шаьш урамехула дIавуьгура иза. Гонахара меттигаш хьалха гина, евзаш йолуш санна хеталора. Кху юьртаца доьзна цхьацца хIуманаш дара эпсаран. Диканаш а, вонаш а цхьаьнаийна. ХIинц-хIинца бен ца йирзинера имам ваьллачохь бинчу тIамехь кхунна йина чов. Амма бисинера муо - дегIа тIехь, даг тIехь. Шена и йинарг мила ву а хаьара цунна. Аьлча а, шек вара-кх. Цу хьокъехь дерг дага моссазза деа, стенна делахь а, бIаьргашна хьалха хIуттура Iаьнан буьйса, ша берзан багара ваьккхинчу ламанхочун сибат. Юьхьанца ши хIума ул-улло хIотто ца туьгура кхетам: селхана хIара Iожаллах ваьккхинарг тахана луьра мостагI вара. Амма тIаьххьара а иштта маьIна даьккхира хиллачух: «Акха гIиллакхаш, акха амалш».
Цундела хIокху юьртана тIелетачу бIонна коьртехь лаьттачу цунна ша дийриг хIумма а бехке, оьзда доцуш гIуллакх ца хетара. Мелхо а, Покровский тешна вара, Кавказехь оьрсийн герзо толам баккхарехьа болу некъ ламанхойн хIу дайарехула Iуьллуш хиларх. Шайн исторически кхиарехь тIаьхьабисна а, оцу тIаьхьабисарх хьалхабовла цхьацуьрриг а лаам болуш а бац. Цу хьелашкахь деккъа дуьсуш дерг - хIаллакбар. ХIаъ, билггала и.
Цхьана ша тайпанчу кхардаран а, ша-шех дозалла даран а ойланашца схьавогIура иза йохийначу ламанхойн юьрта юккъехула. Кхаьрдара Петербургехь бисинчу нийсархойх, бевза-безарех. Дозалла дора шен когашна хьалха цIеран кIур а гIуьттуш, къаръелла Iуьллучу юьртан толамхо ша хиларх. «Сту Бельская реза хир ю суна, — сатийсамашка велира Покровский. — Цхьана даржана лакхаваьккхина, орденца совгIат а дина. ХIара толам а буьсур бац хьакъ доллу мах ца хадош.» ХIокху шиннан гIуллакх дийцина-чекхдаьлла ду. Билгалдаьккхина ловзар хир долу де. ТIаккха Покровскийс Iодика йийр ю Кавказан. Тоьур дац цо хIокху махкана дIаделла шен дахаран уггар хаза, къона пхи шо?! ХIинца кхидIаболчу шен кхолламан ойла ян а мегар ду. Ткъа иза, схьахIуьттучу суртехь, къелла йоцуш а, ирсе а хир бу. Цкъа-делахь, сту Бельская чIогIа хьал долуш а, даккхийчу гIуллакхашкарчу нахаца гергарлонаш долуш а ю. Цхьана инарлин Невельской бажа хилар а ма дац кIезиг, кхидерш ца хьехийча а.
Зуда ялийначул тIаьхьа кхуьнан дола йолу иттех сов юрт. Амма Iаш волу меттиг Петербург хир ю. ЦIенош аьлча а, яккхий гIаланаш ю кхузахь Бельскаян цIартIехь. Хьалха хиллачу майрачух йисина. Цхьа ког коша а бахана, къаналла «къикъ» бохуш хиллехь а, хазалла ялла йоллучу, пхийттара яьллачу Софья Андреевнех шен бIаьрг ма кхийттинехь, юучун чам а, наб а яйра инарлин. Наха олу долчун ойла ца еш, жима нускал а далийра. Бакъду, цуьнца шина шаре а-м ца велира. Жима зуда башха йоьхна а ца хеталора тезетахь. Къайлах-къулах лела делира хабар: «Иза-м, дера, къоначу зудчо новкъа ваьккхинийла а ма ца хаьара... Цунах паргIатъялархьама. Беза мохь бара и дIатекхо».
- Муха мегар ду ишттаниг, Далла кIел а хиъна?! - бехк баккхарца хоьттура цхьаболчара.
Цул тIаьхьа гIеххьа хан яьлча, ловзаргахь дуьххьара гира жимчу стагна дешица-дарица кхелина йолу сту Софья Андреевна Бельская. И цхьаьнакхетар шен ехха тIаьхье йолуш хила доьгIна а хиллера.
Оцу генарчу, мерзачу дIадаханчара корта дIалаьцна вогIу эпсар цкъа тIехвелира некъо гола тухучохь Гихан бердах летта йоллучу хIусамна. Яккхийчу тоьпаша шайн томмагIа дитинера хIокху кертахь а: цIенойх пенаш бен ца дисинера, хьокхий малделла, керт охьайоьжнера, зIар раздаьллера. Оцу зIарах евзира цунна ша хьошалгIахь хилла хIусам. Цхьа вон тохаделира кийрахь дог. Цхьамма иза буйнахь Iаьвдича санна. Амма и хьал деха ца лаьттира...
Буьйсано комаьрша лаьтта тIе Iанийнера бода. Хаьрцинчу цIеношна кIелахь йисина Таймасха ма-дарра доллучух а ца кхеттехь а, амма шеко йолуш яцара тIехIоьттинчу кхерамах. ХIара къайлах йоллучохь шера хезара кхунна оьрсийн маттахь ден къамелаш, беларш, чIургийн гIовгIа, говрийн терсар. Муьлш белахь а, уьш мостагIий бара. Цундела, цициг-кIорни санна, таба а тебна Iара йоI. Цунна ца хаьара хIинца а дех-ненах хилларг, юьртара нах мичхьа бу. Делахь а, даго диканиг-м ца хьоьхура. Iаржъяллалц ша лечкъина йоллучуьра гучу ца яла сацийра цо.
ТIаьххьара а тIебеара кхуо чIогIа сатийсина бода. Арахьара гIовгIанаш а дIатийра. Кхин хьелойла дацара. Таймасха меттахъхьайра. ДегIан меженаш лацаеллера. «ТIох-тIох» бохуш детталора кийрара дог. Лаьхьа санна когех хьерчара кхерам. Оцу чалха юккъехула корта халла арабаьккхира йоIа. ДIасахьаьжира. Уллохь са долу хIума дацара. ДIанехьо уьйтIахь латийна йогуш цIе а, цунна гонах Iаш салтий а бара. ЦIе серла моссазза ели, буьйсанан бодашкахь лепа довлура церан тоьпийн цхьамзанаш. Вовшашца таьIIина къамел деш бара уьш.
ДегI нисдеш хьалахIотта ца яьхьаш йолу Таймасха, тебна, хьаьжкIаш йийначу керта елира. ХIара гIодмашна юккъе юллушехь, нийсса хIокхуьнан когашна кIелхьара гIовгIанца цхьа хIума дIаиккхира. Чуьра са дIадаьлла, охьалахъелира. Оцу гIовгIано ерриге а юрт Iадош санна хийтира. Лерина ладуьйгIира. Салтий болчу агIорхьара схьадеара:
- Цигахь цхьаъ ван-м ву...- Юлучу тоьпан тата хезира. Дуьхьал дийкира кхин аз:
- Цигахь цхьа а вац, хьан кхерабеллачу бIаьргашна хьалхахIуьтту гIаларташ доцург.
Салтий бийлабелира. Юха а тийналла хIоьттира.
Таймасха цхьана юкъана меттах ца йолуш, йогIаелла Iийра. ТIаккха, ларлуш ког боккхуш, гIодамашна юккъехь къайлаелира. ХIинца цунна хаьара ша мича яха еза. Лаьмнаш долчухьа. Даго хьоьхура: мостагIех бевдда, цига бахана юьртахой а.
Эвла йистехьа теIара йоI. Цхьа-ши керт бен ца йиснера Iалашоне кхача. Буьйса елахь а, ша кхаьчнарг ЗайнапгIеран уьйтIе юйла хиира Таймасхина. ХIусамдайша дIатеснера хIара бахам а.
Тайп-тайпанчу меттигашкахь дегI Iийжара. ГIодамаший, коьллаший йитина ларш яра уьш. Шех каетта йолаелира йоI. Эццахь тидам хилира цуьнан: тIера чухула юху коч эттIера. Сийна цIе хьаьдира кийра - со мостагIчун кара гIахь! ХIан-хIа, йоI лийр ю, дегIан сий ца дойуш. Цуьнан шеко яц. Олхазар дIавуллучу дийнахь кхуо нигат дина: кхечу стеган куг хьакхалур дац соьх, дуьненчохь ас мел дукха хан яккхарх!
ЗайнапгIеран саьккал йохоза йиснера. Дукха ойланаш ца еш, цу чу яхара Таймасха. Билгала Iалашо а яра: тIеюху бедар лахар. ХIокху хьолехь цхьанхьа а йоьдийла дацара.
КIора санна, Iаьржа бода лаьттара чохь. БIаьрга Iоьттича, пIелг а гур боцуш. Куьйга эшарехь тIеюха мегар йолу хIума лоьхура йоIа. Амма карайогIург я пхьегIа, я хIуманна а пайденна йоцу бехчалгаш хуьлура. ТIаьххьара а цхьана йоккхачу хIуманах дIагIоьртира гола. Таймасха охьатаьIира. Куьйга эшарехь теллира. Хьалха дерг тIорказ дара. Тата ца далийта гIерташ, негIар схьадиллира. Хержа ца хоьржуш, хьалха караеъанарг схьаийцира. Бедарш тIеийзо йоьлча, Таймасха кхийтира: иза божарийн барзакъ дара. Ткъа къестамаш бан хан яцара. Муьлххачу а юкъана кхунна тIекхача тарлора. Оцу ойлано эшийнера кхин мел дерг.
Гихан бердаца хьалайоьдура Таймасха. Юрт генна тIехьа йисира. Кхерам дIабаьллера. СадаIа сецира иза. Юхахьаьжира. Йоккха юрт лаьттина меттиг Iуналла деш доцчу кешнех таръ-еллера. МаьI-маьIIехь йогуш йолу салтийн цIерш йоцург, кхин хIумма а дацара цунна чохь дахар хиларна тоьшалла деш. Дог доьлхура. «Мичхьа ду техьа да-нана? Кхиъний техьа кIелхьарабовла? Суна сагатдеш хир бу. Цхьаъ хилла моьттуш. Амма со могуш-маьрша ю. Кестта вай цхьаьна хир ду. Со дIайогIу...»
Буьйсанан тийналла йохош, белхар иккхира гонах. Таймасха яра йоьлхуш ерг.
Сираниг ладугIуш сецира. Бодашкахь доьлхург адам дара...