Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

XV

Стиглахь кхетта стелахаьштиг санна, сиха баьржира и хаам: аренцара нохчий паччахьан эскаршна дуьхьал гIевттина. Каркара а оьцуш, цхьана юьртара вукху юьрта кхочура иза.

Хьажа-Iелина уггар хьалха хиира цунах лаьцна. ГIаттам киллачу шолгIачу дийнахь хьацарх юьзначу говрахь цхьа бере нуьйлира юьртах чу. Шена хьалха дуьхьал кхеттачу гиххочуьнга Хьажа-Iела чохь вехаш волу хIусам муьлха ю аьлла, хаьттира цо. Жоп ма-хеззинехь, ур-атталла баркалла ала а вицлуш, цу пгIор дIахаьхкира беха некъ идорна гIелъелла расха говр.

Хьаша веха ца хьевелира. Хьажа-Iелица цо къамел дечу юкъана бен садоIийла ца хилира говран. Схьа ма-варра, сиха юха дIа а вахара иза.

ТТТя дуьххьара тIеIоттавелла кIант Элберд вахийтира цо Олхазаре а, ЦIагарига а схьакхайкха. ХIинца Iуьйре елахь а, хьем ца беш веана схьакхечира ши накъост. ХIажа-Iела хьалхачул ойлане а, цуьнца онддачу лаамах вуьзна а карийра царна.

- Бусалба вежарий, - хIора дош къастош дIадолийра цо, -тIекхечи, йокъа хIоьттинчу лаьтто догIа санна, вай лардина де. Халкъ гIетти Делан гIуллакхна. Герз охьа а кхуьйсуш, керстанаш уьду... ГIаттам баьржаш лаьтта. Геланчаш кхочу массо а ярташка. Дела вайгахьа вирзина. Кхайкхаза вайн махка баьхкинчу оцу гаурийн хIу дайа деза. Кийча хила. Хан эрна дIа ца йохуьйтуш, орцах довла деза вай. Со а вогIур ву шуьца. Ишттачохь къонах верг тIаме воьду, кIилло гIодамийн такхорах вулу. Дийна дисахь, корта айббина лелар вай. МостагIчун карах далар хилахь - гIазот хир.

Молхана тIе боьжна цIеран суй бара Хьажа-Iелин дешнаш. Хьалха вистхилира ЦIагари.

- Устаз, хьуна тIаьхьа хIиттина, дала а реза ду тхо. Олхазара карзахе хилла тIетуьйхира:

- Тахханехь новкъа довла деза. Ког хецна Iа хан яц хIара. ...ТIом марсабаьллера. Шина а агIорнаш летара оьгIазаллица,

къар ца луш. Покровскийн буйнара тур юккъехула кагделлера. Амма вуха волийла дацара. ТIехьа, пен санна, кхуьнан шен салтий лаьттара, хьалха тIегIерташ ламанхой бара. Поручикна церан яххьаш бен ца гора: Iаьржа можмаш, цабезамах догу, чу цIий хIоьттина бIаьргаш. Дукхах, болчаьргахь шаьлтанаш бен яцахь а, салтийн карарчу тоьпийн цхьамзанашна тIеоьхура уьш. Хьалхий, тIаьхьий оьгура, узар бар доцуш, мохь ца хьокхуш, кхерабалар ца хаалуш. ХIокху инзаречу Iожаллин ловзаран йист хир а юй техьа олий, хеталора.

Юьхьанца Покровскийна ша туьран мукъ Iуьйдучу куьйгана хьацар даьлла моьттинера. Амма кераюккъехь цхьа тIе а леташ, мела хи даьржаш санна хетча, иза кхийтира шена пхаьрсах йинчу чевнах дуьйлу цIий и хиларх. ДегIера гIора кхачош лаьттара. БIагор хьийзара. Бага якъаеллера. Дукха хIума лур дара цо цхьа къурд балла хи хуьлуьйтург. ТIаккха велча а бен хетар дацара. ХIаъ, билггала хIинца кхузахь еара цуьнан коьрта чу и ойла: Iожалла. Маьршачу хенахь хеташ ма-хиллара, ирча а ца хилла иза. Хийла стаг тахана воьжна, кхин цкъа а ца гIатта. Салтех а, ламанхойх а. Поручик хьоьгу царах... Уьш бевлла шаьш лов дерг лайна. Iожаллех чекхбевлла... Иза ша а цецвелира цIеххьана шена дагадеанчух: Дела, валар лохьа суна, хIокху жоьжахатах воккхуш!

Кху шиннан бIаьргаш вовшашна тIеттIа богIабелира. Ванах, мичхьа гина техьа суна и юьхь? Лерина даьшна маж-мекх, дуткъа балдаш, хьаьрса никIапа... Олхазара ен ойла хадийра эпсаро кхуьнан коьрта тIехула айдинчу туьро. Дика хьаха ду и кагделла хилла. Вуьшта, ламанхочун корта белш тIехь буьсург хиларх тамаша бара.

И шиъ летара цхьабоссачу ницкъаца, оьгIазаллица, тола болчу лаамца. СовгIатна диллинарг - дахар... Сел деза и совгIат цхьаьнга кхачархьама, важа Iожаллин чам бовза безаш вара. ЦIеххьана поручикан карара тур охьадуьйжира. «Далла бу хастам, хIинца-х чекхдер дай хIара дерриг а!» - ойла йира Покровскийс. Лаамза бIаьргаш дIахьаббира. Хьалха бода хIоьттира. «Жимма сатоьхчхьана, волу... Цкъа лазор ву... Амма цул тIаьхьа дегIана а, сина а кхин хIумма а хаалур дац... Марша Iойла... сту Бельская...»

Чуччавахара. Шен лога тIехь шийла пIелгаш хааделира поручикна. Цара къамкъарг къуьйлура, са ца доьIуьйтура. ДегIера тIаьххьара ницкъаш гулбина, шен легаш къуьйлуш долу куьйгаш малдан гIоьртира иза.

Вехха хьирчира ши мостагI вовшах. Когашна тIехь ца латталуш, лаьтта охьа а воьжна кирчира Покровский, кхетамчуьра велира...

БIаьргаш схьабиллича, кIарула Iаьржа бода бара гонах, летачийн гIовгIа а яцара хезаш. Цхьа инзаре тийналла хIоьттинера дуьненахь. Покровский меттахвала гIоьртира. ГIуллакх ца хилира. Цунна тIе а воьжна Iуьллура тохарлера ламанхо. Даш санна веза вара иза я кхунна иштта хетара. Кхин цкъа а ша Iуьллучохь тохавелира дархо. КIегара хиира. ХIинца веллачун дакъа когашна тIера дIадаккха гIорта везара. Белш а лаьцна, юьстах теттира. Узарш деш санна хийтира. Корта ша волчухьа берзийра. Дахаран билгало ца хаалора. Эццахь, стенна ду а ца хууш, кхерам боьссира даг чу. ХIокху йоккхачу арахь декъашна юккъехь Покровский ша висинера. Цунна ца хаьара мел хан яьлла, ша мичхьа ву, мила тулуш бирзина тIом, кхидIа хIун дан деза. Цундела, кхул жимма хьалха шен луьра мостагI хилларг мукъана а дийна вуьсийла лаьара. Кху ирчачу арахь цхьалха ца виса, са долу хIума уллохь хилийта. Некха тIе лерг а диллина, лерина ладоьгIура цо. Дог детталучуьра ца сецначух тера дара. Я кхо Iехаво техьа ша...

Цунна шена а ца хаьара и муха нисделира. Сихха хIокху ирчачу меттигера дIавала лиъна иза, халла когашна тIе хIоьттина, леста а лесташ, дIаволавелира. ТIаккха, цхьа хIума йицъелча санна, вухавирзира.

Мел дIаихира иза мостагIчун дакъа а текхош - цунна ца хаьара. Амма кхин дIаваха ницкъ-м бацара. Цхьана диттах букъ а тоьхна, садаIа сецира дархо. Улло схьахилийра веллачун дакъа. И хIунда текхадо ахь аьлла хаьттича, дуьхьал дала жоп дацара цуьнан. ДIа ца тасалора-кх. Цуьнца мелла а синтеме хетара...

Коьллашна тIехьа цхьа татанаш девлира. Цигахьа вирзира поручик. Амма хIумма а тоса ца делира.

Тосалойла а дацара. Коьллашна тIехьа иккхинарг Сираниг яра. Цунна хаьара адамах лачкъа. Йоьллера церан амалех. Амма тахана кхузахь гинчо цецъяьккхинера. Хьуьна юккъехула а яьлла, адамийн цхьа тоба шерачу ара сихъелла йоьдура. Цунна дуьхьалъелира гIопара важа тоба. Иштта дукха гулбелла нах цкъа а ца гинера Сирачунна. Нагахь санна уьш массо а таллархой белахь, кху хьуьнхара цхьа а экха ер яц могуш-маьрша. Шена-м хIуъу а хилча а бен ца хетара Сирачунна. Дагахь дохкурш кIезий дара. ХIетахь, шийлачу буса, адамийн карах АстагIниг елчахьана дуьйна, кхуьнан цхьаннан кочахь дисира кIезий кхиоран дукъ. Хала дара цунна. Делахь а, цхьа а кIеза дала ца долуьйтуш, бIаьстенга-м даьккхира цо. ХIинца уьш кхуьнга дIагIоьрттуш ду. Царах йоккхайийна а ца йолура Сираниг. Амма хIоразза цаьрца доьзна бIаьргашна хьалха хIуттура езар яларан ирча сурт. Ишттачохь юха а самайолура бекхам баран ойла. Хийла тебира Сираниг адамашна. Цкъа кхуо цоьстачуьра велира юьртара цхьа кIант. Йишица салаз тIехь хехкалуш, генна юьртара ара а ваьлла, хьун йолчу герга кхаьчнера иза. КIеззиг меттиг бен яцара царна юккъехь. Амма эццахь говрахь вогIуш цхьа бере гучувелира... Цигахь аьтто ца баьллехь а, шолгIачу дийнахь нехан шинар-м дийра цо. Iаббалц сутарчу кIезашна цуьнан жижиг а даийра.

ХIинца хIун хила доллу техьа? Лаа гулбеллий техьа хIорш?.. КIезий кIелхьара муха дохур техьа?.. Сирачун и ойланаш эрна хилира. Дуьхь-дуьхьал хIоьттина адамийн ши тоба чучча яхара. Герзаш дийла дуьйладелира. Адамаша хIаллакдора адамаш. Генна юьстах а яьлла, хуьлуш долчух ца кхеташ лаьттара иза. Сарралц лийтира уьш. Дийна биснарш дIасабевлира. Амма Сиранчунна хаьара, буьйса дIа ма-еллинехь уьш юха богIур буйла. Адамийн цхьа гIиллакх тосаделлера барзана. Ур-атталла, вийначун дакъа а ца дуьту цара арахь Iилла. Дархойх дерг-м дийца а ца оьшура. Амма иза цхьана хIуманах ца кхетара. Шаьш вовшийн оццул лоруш хилча, вовшийн карах ла хIунда ле адамаш? Мел къиза а, дера а ю берзалой. Амма уьш вовшашца тарло. Къовсам болу царна юкъахь а. Делахь а, гIуллакх Iожаллина тIе ца долу. Ткъа кхара цкъацкъа вовшашна тIехIуьттий, шайн са а ца кхоадо, тIаккха и диц а дой, чуччабоьлху. ХIунда? Аренций, хьаннашций меттиг шорта ма ю. ХIун къуьйсу? ХIун ца тоьу? Берзалой шаьш мацъелча а вовшашна коча ца оьху. Цара цхьаьна а кхетий, ижу лоху... Цхьаммо кхечуьнан багара а ца йоху...

Iаьнан шийлачу хенахь-м мецачу берзалошний, къаьсттина чагIалкхашний той хIотто меттиг хир яра кхузахь. Са а даьржина, адамаш декъий дIадахьа схьадахкале, хIорш шайниг дан кхуьур яра. Амма бIаьста акхарошкара къелла дIайолу. ДуьххьалдIа адамаша дечунна тIе тидам бахана бацахьара, Сираниг тоххарехь дIаяхна хир яра кхузара. Шений, шен кIезашний кхерам боцийла ма-хиъинехь. Ткъа хIара дерриге а гуш, мостагIех-адамех дог Iебара цуьнан. Кхуьнга цададелларг цара шаьш дора вовшашна.

Ши стаг хьуьна чу вулуш гира Сирачунна. Схьахетарехь, чевнаш хиллера царна. Цхьаъ-м ша дIаваха де долуш а вацара. ШолгIачо шена тIаьхьа текхавора иза. Цунах а ца кхетара борз. Хьалхехьо къинхетам боцуш вовшах лийтира уьш. ХIинца царах цхьаъ важа дIатесна ца вуьтуш, цуьнан Iуналла деш ву.

Мархийн кирхьана тIехьара схьакъедара бутт. Тай санна буткъачу цуьнан серло а гIийла, беса яра. Делахь а, поручикна шера къаьстара шен мостагIчун юьхь, Шеко йоццуш, кхунна цхьанхьа гинера иза. ЦIеххьана дагатесира: Iаьнан буьйса, берзалой, ламанхо... Юха а леррина цуьнга хьаьжира. ХIаъ, гIалатйолийла дацара...

Хьуьна юккъехула ворда йогIура. Говран дуьрста а лаьцна хьалха ваьлла Бекмарза а волуш, юьрта боьлхура уьш. Вордан тIехь ши дакъа дара: Хьажа-Iелин а, кхин цхьана жимачу стеган. КхоалгIачу юьртахочух, Олхазарх, хилларг цхьанна а ца хаьара. Паччахьан салташний, нохчашний юкъахь хиллачу тIамах лаьцна долу шийла кост Гихта ма-кхеччинехь, Хьату кхийтира цу дийнахь цхьана а меттехь гуш шайн кхо юьртахо цахиларан бахьанах. Цундела Бекмарзица тIом хиллачу ваха новкъа велира иза. ХIорш дIакхаьчча, бода къовлалуш бара. ТIом лахбеллера. Салтий бухабевлира. Байинчарна юкъахь ши гиххо карийра царна. Цундела Олхазар дийна висина хир ву боху ойла йоьссира Хьатун даг чу. Ши дакъа а эцна хIорш юьстах бовлучу хенахь, эгна Iохкучарна юкъахь цхьаъ меттахъхьовш санна хийтира. Цунна тIехIиттира. Паччахьан къена салти вара узарш деш верг. Хьала а айвина, вукхарна улло охьавиллира дархо. ХIорш дIабаха тохабелча, тIебаьхкира мартанхой. Царах цхьаммо салам делира...

- Ва Iаликум-салом! - салам схьаийцира гиххойх воккхах волчу Даркеша.

- ГIазот хуьлда белларш! - доIа дан хIоьттира царах цхьаъ.

- Дала декъала бойла уьш!

- Бакъдуьнене дIакхелхи.

- Тхоьгара гIо оьший? Буьйса яккха совца хIунда ца совцу шу?

- Баркалла. ДIагIур ду тхо...

Берзан хIуо тосаделла, лергаш ира а хIиттийна, синтем байна, корта лесто йолаелира говр. Амма Бекмарзас чIогIа лаьцнера дуьрста. Сираниг тебна Iачу меттигна тIехбевлира гиххой.

Ворданан тата поручикан лере а кхечира. Шайнаш тIекхачарх дегайовха хилира. ХьалагIатта вуьйлира. Ницкъ ца тоьира. Тата гена долуш лаьттара. Йиш йоьхна, ша хIун дийр ду ца хууш, мохь туьйхира цо... Аьлча а, цунна хийтира-кх ша хьекхнарг мохь бу. Ткъа багара-м цхьа гIийла аз бен ца делира. Кестта вордан тата буьйсанан тийналлехь дайра. Ешна дIаелира тIаьххьарлера дегайовхо. ХIинца цуьнан берриге а тидам дахаран цхьа а билгало йоцчу ламанхочунна тIебахара. Дукха хIума лур дара цо и денлург! Вистхила стаг уллохь хуьлург! Бен а вацара - бусалба, керста, оьрси, нохчи... Дийна хилчхьана. Адаман къелла - уггар халаниг... Хьалха кхуо цкъа а ца йинера иштта ойланаш. ХIинца цара дIалаьцнера Покровскийн берриге а кхетам, тидам. ХIан-хIа. Цунна ца лиънера ламанхо вен... Ша дийна висна хиларна цу нохчичунна хьалха декхарийлахь ма вара иза. ХIунда нисдели иштта?

Поручикна дика дагайогIу и Iуьйре. Бохаме Iуьйре. Иза дIайолаелира хи дистина дарна тIера. Ша Iалам карзахдаьллера цхьана хIуманна. Маьхьарий, салтичун дакъа, бос байначу инарлин дешнаш. Уьш хIинца а дека кхуьнан лерехь: «Гой хьуна, поручик, и вон билгало ю... Ламанхошца машар хуьлийла дац. ЧIагIло...» Покровский чIагIвелира шен ойланехь: тIом. Цо кхачор ву иза сийлалле, аьттоне...

Амма ламанхой ца Iийра паччахьан салташа дечуьнга хьуьйсуш. Уьш шаьш хьалха тIелетира. Стенна делахь а, поручикна юьхьанца кIезиг тарбелира мостагIий. Цундела гIопара ара а ваьлла, царна дуьхьал вахара иза, тIаьхьа хIоьттина бIе гергга салти а волуш. И кхуьнан коьрта гIалат дара. Ламанхой ах хьуьнхахь дIалевчкъина хиллера. ХIорш аренга ма-бевллинехь, цара юханехьа болу некъ хадийра. Поручик шен салташца шина цIера юккъехь висира. ГIопара гIо кхачаре сатуьйсийла а яцара. ГIуллакх гуттар а талхийнера хи дистина даро. ГIопан бахархой оцу кхерамах бовла кхиъна а бацара хIара киртиг тIехIуттуш. Поручикна хIинца дагахь воллург инарла вара. Цунна хIума ма хилахьара. Амма поручикна хоийла дацара, ламанхой а, салтий а чучча ма-бахханехь, гIопан малхбалерчу кех а ваьлла, инарла ГIизларе боьдучу новкъа дIавахана хилар.

Шеца хиллачу салтех дерг цахааро а дог таIийнера поручикан. Шек-м вара уьш дийна бисна хиларх. Дикане сатуьйсийла яцара. Цхьа бутт бара гIийла кхуьнан бIаьра хьоьжуш. «ТIаьххьара гуш хила тарло суна стиглахь кхетта бутт, - ойланашка велира иза. - ХIун де дара техьа тахана хилларг? Мел гIертарх дага ца догIу... Вуьшта, бутт цIинло буьйса-м ю тховса... Жимма хан яьлча, юха а горгбелла дIахIуттур бу иза. Ткъа сан дахар хедар ду. Винчу юьртана, гергарчарна, веза-вевзачарна генахь... ХIун хир ду цул лартIехь доцуш, Iовдал? Цхьа маьIна делара... МостагIчунна тIехь толам боккхуш воьжнехь-м, турпалхо санна, велла эр дара. ХIинца хIун эр ду? Ламанхошка ша левайтина, салтий хIаллакбина. Эхь дац и?!. Делахь а, кхуьнан хIун бехк бу? Иштта нисделира-кх...»

КхидIа ваха цхьа а маьIна ца гора Покровскийна. Доллучух а дог диллинера. Бен ца хетара. КIордийнера. Мел дайнарг, лайнарг, гIенах санна, чекхдуьйлура цуьнан бIаьргашна хьалхахула. ХIун дара царна юккъехь схьакъасто, билгалдаккха, кхоам хета, лара? ХIумма а дацара. Кхунна цхьана хенахь мехала, коьрта хеташ хилла хIуманаш тховса цхьана а меха ца лорура цо. Тамашийна бу стеган кхоллам. Дагахь доццург тIедохьу. Дерриге а хуьйцу, цхьаъ бухдоккху, тIедоккху...

Жима нускал я тIехьийза йоI хилла хир ю сан карах веллачу хIокху ламанхочун. ЦIеххьана дахкарлахь санна цуьнан кхетамехь шеца синкъерамехь хелхаяьллачу йоьIан сурт хIоьттира. Цу шиннан вовшашка хьежар... Безаман алу хаалора оцу хьежарехь. ХIетахь кхунна и новкъа хIунда деара техьа? Кхечу дуьненахь бехаш нах ма бу уьш. Шайн хьекъалца, кхетамца. Суна мухха хетахь а, кхин дуьне, кхин дахар церан дан ма дац. Шайгахь долчунна уьш реза а ма бу. Со стенна гIерта церан гIуллакхашна юкъа? Хаьий техьа оцу йоIана, шен везар шийла дакъа хилла буьйсанна хIокху хьуьнхахь Iуьллуш вуйла? Цунна мичара хуур ду иза?.. Со бехке ву цунна хьалха... Къеначу салтичо Савелийс а вийр вара со бехке. Савелий... Мичхьа ву техьа иза? Дийна мукъана а висний те?.. Уггар хьалха суна тIаьхьа хIоьттинарг иза вара. Шозза-кхузза ламанхойн шаьлтанех а ваьккхира...

Вордано дIасаветташ хиларна меттавеара Савелий. Халла корта хьалаайбира цо. КIегара хаа дагахь хилира. Амма меттах ма-веллинехь, аьтту когах ов туьйхира, хIара юха а кхетамчуьра а воккхуш. Вордана улло хIоьттина вогIучо нисбира цуьнан корта. Цхьана хIумнах къаьхкина говр цхьадика хIинца дIатийра.

Ворда тIех а ялийтина, юха а шина адамна тIеяхара Сираниг. ТIехьарчу когашна тIе а хиъна, царах хIинца а дийна волчунна тIейогIаелира. Схьахетарехь, цунна ца гора хIара. Ши бIаьрг стигла а берзийна, Iадийча санна Iара иза. Барзана цхьаннах тера хетара дархо. Цуьнан юьхь, маж-мекх, балдаш... Хуьлийла дуй техьа ишттаниг? Эзарна юккъехь вевзар вара Сирачунна шен уггар луьра мостагI. Бодашкахь цунна шера ца къаьстара дархочун юьхьмарш. ХIинца беттан серлонехь ма-варра го... Кхочушхили кхуо сатийсинарг. Тховса Сирачо чIир йоькхур ю. Цунна новкъарло ян хIумма а дац. Иза кхуьнан карахь ву. Шена луъург дан... Даштухург цуьнгахь а яц, кхечух Сираниг оза а ца ло.

Борз хьала а гIеттина, адамна тIейолаелира. ОьгIазло кхехкара цуьнан кийрахь. КIомсарш гучуехира... Шена уллохь цхьа гIовгIа хезира Покровскийна. ДIахьаьжира цу агIор. Куьг дIа кховдолехь лаьтташ борз гира. Бодашкахь кIегий санна догура цуьнан шийла бIаьргаш. Цхьа-ши гIулч яьккхичхьана, шен ира цергаш тосур ю цо мостагIчун логах. ГIарчI-аьлла Iовдур ду, мел иза веттаваларх дIа ца хоьцуш. Цунна чуьра са дIадаллалц. Дуьхьало ян цуьнгахь гIора а дац. Йича а, Сираниг цуьнца ларор а яра...

Стаг гIийла велаозийра. Цуьнан дуткъа балдаш меттахдевлира. Кхеравалар ца хаалора цхьана а хIуманна тIехь. Мелхо а, Сирачунна-м иза хьалхалерачул дикачу хьолехь хийтира. Цо инзаряьккхина борз сецира... КхидIа цунна дагахь а доцург хилира. Стаг къамеле велира:

- Хьо схьаеа?.. Ма хье а еллера... Мичхьахула лелаш яра? Саца хIунда сеци хьо? Схьа тIейола. Со хьоьга хьоьжуш волу дукха хан ю. Кхера ма кхера... Ас хIумма а дийр дац хьуна. ДIаэца сан дахар... Цунна тIаьхьа ма еъна хьо. Суна цуьрриг а ца оьшу хьуна иза. Мелхо а, хьуна баркалла-м эр ду. КIордийна хIара дуьне... Тоьур ду. Сан рагI ю хIинца дIаваха. Гой хьуна и ламанхо? Цуьнан са ас даьккхина. ХIундий? Хьанна хаьа и... ХIинца ахь вийчахьана, дерриге а дIадоьрзу... Ваьхна хIун до ас?.. Палаташ, къинош IаIор бен, кхин дика дац ас цхьанна а дан. Схьа тIейола... Ца хеза хьуна со кхойкху? Ялахь айхьа дийриг дай. Борз ма ю хьо, майра, къинхетам боцуш... ХIун деш лаьтта, цIога когашна юккъе а ийзош... Ваккхахь со хIокху балех! Кхин ницкъ бац сан хIара лан?!.

Дархочун аз тIеттIа чIагIлора. Цуьнан маьхьарх кхераделла олхазарш гIевттира дитташна тIера. Ша хIун леладо а ца хууш, барзана тIекхийдара иза, схьалаца гIерташ санна. Сираниг юхахьаьжира. Ишта кхераеллий, холча хIоьттиний цкъа а ца хиллера иза, ур-атталла цу шийлачу Iаьнан буса а...

Дархо, гора а хIоьттина, Сирачунна тIаьхьа гIертара, шен инзаре дехарш а деш. Сираниг, юха хьажа ца хIуттуш, хьераяьлча санна дIаедира оцу кхерамечу меттера.

Вехха цунна тIаьхьа дIагIиртира веалара вахана стаг...

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)

Неудачно.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека