XIII
Буса барзах угIуш, дийнахь кIезанах цIийзаш дIаяхара Iаьнан уггар шийла мур ларалуш йолу чилла. РагI бардалIазе кхечира. Цо аьлла боху: «Чилла санна шийла хила ницкъ кхачахьара, стеран маIа а йор яра ас, йоIстеган тIара а оьккхуьйтур бара». ТIаьххьара кхийссарш а йина, резаяцаре узарш деш, чекхъелира бардалIаза а. Шайн масачу тIемашна тIехь цIе-кIегаш лаьттах юлу хан тIехтилча, ламанан махка кхечира алкханчаш. Iаламан бIаьрг беллабелира...
Гихан бердайистонашца луьста хьалаяьллачу сийначу бацалахь шайн маьлхан кортош а айдина, схьакъедара хIоьан буьйраш санна долу можа зезагаш. Еххачу хенахь ша схьа ца кхеташ бехкала бахча санна, къеггина хьоьжура стиглара малх. Цуьнан аьхначу зIаьнарша дендинера гонаха мел дерг. ХIаваэхь хезара олхазарийн самукъане эшарш.
Шано лаьцна латтийна Гих а цуьнан йийсарера даьлла, кегий тулгIеш а керчош ловзадаьлла бер санна, хеталора.
Иштта деанчу цхьана дийнахь берашца хин йистехь гIулгех ловзуш вара Элберд. Тахана чIогIа аьтто болура цуьнан. Схьадаьхначу гIулгаша тIоьрмиг буьзнера. Воккхавера кIант. Цунна дицделлера ша Iуьйранна хIума ца кхоллуш араваьлла хилар а, делкъанна морзан берамаххий, можачу сискалххий тоам бан безарг хилар а.
ЗайнапагIар хала бевлира Iаьнера. Жимма бен ца диснера ахьар. Аттана хьалха йилла хIума а яцара. Цуьнга хьаьжжина дара шура ялар а. Дечиг-м Iа юккъе а дахале кхачийра. Дика хьаха ду, хьовса юьртахой мукъана а болуш. Олхазара хьуьнхара шозза дечиг деара. Хьатус ах гали хиллал хьаьжкIаш яийтира. Ур-атталла, хIуманна сутаро волчу БатIала а марха лоцучу дийнахь жижиг даийтира сагIийна. Ма хаза яьккхира цара и буьйса. Хьал долчарна цкъа даъал бен доцу и жижиган дакъа дийнна кIиранна дахдира Зайнапа. Ша чорпа бен ца молуш, жижиг берашна хьежадора.
Божли тIехьа а яьлла, тамарх тайниг а йина, ловзуш яра Кхокха. Когех хьарчийна хулчеш тишъеллехь а, хIинца шелонна ийзалойла дацара. Комаьрша кхеттачу малхо дохдинера латта. БIаьсте уггар хаза хан хета йоIана. Iай а дацара вон-м, шелонаш еха ца латтахьара. И бахьана долуш, доьазза-пхоьазза бен арайолийла а ца хилира кхуьнан. ТIеюха а, когаюха а хIума яцара. Ерг ца кхоийча а ца йолура. Ткъа неIармачаш шиммо лело езаш хуьлура, цхьаъ чу валлалц, вукхо собар а деш.
БIаьста мухха лелча а мега. БIаьста Кхокхина чу са догIу. Жимчу йоIа ойла йо: «Дависа делаI, гуттар хIунда ца лаьтта техьа йовха? ТIаккха дечиг даго а дезар дацара, аттана яа буц а хир яра, ма-лиъи арайолийла а хир дара, уггар коьртаниг, хIорш меца а хир бацара. Йовхачу хенахь стом ма хуьлу... Кхунна нанас дийцина, ворхI ломал дехьа цхьа мохк бу бохуш, цкъа а шело ца хIуттуш. Цигахь доллу хIума ду... Дависарг, цигахь Iаш делара тхо. Нанас цхьажимма мукъана а садоIур дара. Цигахь-м мачаш а оьшур яцара. Йоккха хилчхьана, Элберд берта а валийна, нана а эцна, цу махка дIакхалха деза...»
- Хьо а йогIу, деца? - Кхокхас и гIиллакх лаьцнарг Бикату ю. Иза хьера йоьдуш яра. ЙоIа аьлларг кхин тергал а ца деш, ур-атталла кхуьнгахьа схьа а ца йоьрзуш, тIех а яьлла, дIаяха иза. «Ца хезара техьа цунна?»
Бикату-м яцара хIумма а хезачохь. Дийнна Iа дIа дера дели майрачун кхуьнца гIуллакх ца догIуш. Шена хаа а хууш, хи диллаза хьаьжкIин гIад санна, худаелла йогIу иза. Къаьсттина дог кIамдала доладелира бIаьста. ДегIо а шениг доьхура...
Мосуьйттаза ЦIагари гойла хилира цуьнан. ХIоразза а цхьа тамашийна лар юьтура оцу цхьаьнакхетарша жимчу зудчун даг чохь. Аьтто а баьлла, цо шега догхаийтича, дуьхьало йийр йоцчу тIе яьллера хIара. ХIинций-хIинций и хуьлу-кх олий а юьсура. Делахь а, бIаьргаш къарзбина кхуьнга хьежаррий, эвхьазо забарш яррий бен, кхин хIума схьахоуьйтуш вацара важа.
Да веллачул тIаьхьа хьер Олхазарна йисира. Кхечо-м доккха хIума а хеташ тIеоьцур дара и гIуллакх. Бакъду, Олхазар мелла а дегазо воьдура хьера. Да дийна волуш-м иза воккхаверца оьхура кхуза. ХIинца хьера мосазза веа, цуьнан бIаьргашна хьалха хIуттура да веран ирча сурт. Цуьнан чIир екхнехь а, дог лозучуьра ца соцура. Цундела дукхах йолу хан хьерахь кхуьнан накъоста ЦIагарис йоккхура. Иза хаза а хеташ вогIура кхуза. Къаьсттина, цкъа Бикату хьера еанчул тIаьхьа...
Де суьйренга лестинера, Бикатуна шайн учара дIахьаьжча, шовдана коьрте воьду Олхазар гича. Иза сиха кхийтира цуьнан йоIаца бина барт хиларх. Цунна тоьшалла деш санна, ша ехачу кертара урамновкъа елира Таймасха. Пхьаьрсах тесна кIудал яра йоьIан. ХIинца цхьа а шеко ца йисира Бикатун. Дукха ойланаш ца еш сацийра дан дезарг.
- Хезий хьуна, со эцца хьера яхана, хьаьаш аьхьна ца аьхьна хьажа йоллу хьуна, - кхоьссира цо дехьачуьрчу майрачуьнга. -Ас ца дича, и дан а стаг вац-кх хIокху кертахь, - тIетуьйхира шого.
- Со цига вахаре са-м ца туьйсура ахь? - дехьа чуьра схьавийкира БатIал. - Дера хаза-м хир дара, ги гали а доьллина, юьрта юккъехула вогIуш нахана со гича!
- Делахь-хIета, со цIоганера яьккхина хир ю-кх, ахь дийцарехь.
- Хьо мичара яьккхина и хьан нанний бен хуур дац, хьайн цIумар схьа ма леелахь суна, - човхийра хIусамнана БатIала. -Хьайна яха ца лаахь, эцца кIентех цхьаьнга ала...
Бикату кхийтира ша тIехъяьлла хиларх. ХIинца важа шек ца воллучу кепара дIадерзо дезара къамел.
- Цунах-м татин гота хир яра, цаьрга даккхал доккха хIума а дац, - дайдира цо.
Керлачу шеран буса Хьажа-Iелица къамел хиллачул тIаьхьа, Олхазарний, ЦIагариний юккъера уьйраш кхин а чIагIъелира. Вовшах волуш а вацара и шиъ. Дуй биъна ши доттагI цхьана устазана гIуллакх деш вара хIинца. ТIех ца туьлуьйтура цхьа а ламаз, шен-шен хенахь мархин бутт кхобура. Хьажа-Iелас ший а КъурIан деша Iамош вара. Хьажа-Iелас кест-кеста олура: «Дуьненан марзонаш йита еза аш, кIентий. ХIокху лаьтта тIехь хьеший бен дац вай. Эхартахь карор ду бакъволчу бусалбанна шен ирс... Ялсманин неI йилли ас шуна хьалха. Кхидерш - нехаш. Диц ма де и».
Цкъа ЦIагарица ша висинчохь устаза хаьттира цуьнга: «Ма-дарра алалахь соьга, хIун ойланаш йолуш ву хьан доттагI, муха го цунна шен кханалера де?»
- Олхазар тешам болуш накъост ву, ахь бохучунна тIаьхьа а хIуттур волуш,— жоп делира вукхо.
- Цунах шеко яц сан, суна хаа лууш дерг кхин ду, - и а аьлла, Хьажа-Iела соцунгIа хилира. Iийна-а тIетуьйхира: - Шу кегий нах ду. ХIора боьршачу стеган санна, мехкаршка ойла а лаьтта хир ю. Иза къилахь дац. Делахь а, цхьа хIума кхетаде: доллучунна а шен-шен хан ю. ХIинца дегIан лаамашка ладоьгIучохь дац вай. Синош кIелхьарадаха деза. Цундела цхьана ханна дита дахаран марзонашна тIаьхьаваьлла лелар. Шуьшиъ мурд ву. Цо даккхий декхарш тIедохку шуна. Кхидерш цкъачунна шайх дIахерде. ХIара къамел Олхазарх дIа а тоха.
И шийла кхаъ эцна воьдура Олхазар хийисте. Муха эр ду и? Таймасха нийса кхетар юй техьа? Ма юхъхьадели хIара, дала-м!
ЦIагарина а дагахь дацара и дехкар. Амма нагахь санна Хьажа-Iелас иштта бахахь, иштта хила а деза. Мел хала хиларх, собар тоьур ду цуьнгахь устазна ша деллачу дашах ца воха. Ткъа хIетахь цо Хьажа-Iелига элира: «Тахана дуьйна дIа сайн кийрана херби ас бовха кхача, дагна дихки стечу хIуманан марзо йовза. Гур вац со юьртахошна маж яьшна. Буьллур бац суна нанас кисин кIеда мотт. Пхоьханахь велавелла хир вац, ловзарга, синкъераме ког ловзур бац. Верриге а гIазотан гIуллакхна дIавели ас суо!»
Атта дацара ЦIагарина и нигат дан. Къаьсттина стечу хIуманах хьакхалуш долчу декъехь. ЦIагари жима стаг вара, цкъа а зудчун марзо а йовзаза. ТIаьхь-тIаьхьа Iаламан оцу йоккхачу къайленна гонах хьийзара кIентан аьрха ойланаш. Ловзаргахь а, синкъерамехь а гIабалин туьйдаргаша кепа тоьхна йоьIан я жерочун некхан баьрзнех бIаьрг кхетча, мерза, аьхна тулгIе яржара кийрахь. Къаьсттина безам бахнера кхуьнан жерочуьнга Бикатуга. Хийла къайлах ларйора цо иза. Хаьара, цуьнца цхьаьна а кхетта ваха хаарх гIуллакх хирг цахиларх.
ДIаоьхура денош, цхьаъ вукхунах тера. ЦIагарин даг чу боьжначу безамо зIийдиг хийцира. Цунна йиц ца лора Бикату. ШайтIано хьоьхура догхаийтар. И дан чIогIа марзделла а вара хIара. Амма цхьана гуш боцчу ницкъо сецавора. Цундела, йокъа еанчу шарахь лилхинчу латто догIа санна, тIеийцира цо Хьажа-Iелас шега кховдийна гIуллакх: «ХIинца мукъана а йицлур яцара техьа, валалур вацара техьа оцу кийра боттучу цIарах?»
* * *
Ши чIегIардиг дара хьеран пенах бен латош доллуш. Цхьаммо багахь чемхалгаш кхоьхьура, вукхо - поппар. Маса хьийзара олхазарш. Де хьалха болийна бен шолгIачу дийнахь бина боллуш боллура. Цунах тамаша беш вара ЦIагари. «Ма сиха а ларий. Хьажахь, адамаш санна дукха олхазарш а. Церан санна дан дезарш, церан санна гIуллакхаш, церан санна гIиллакхаш. Хьуна хастам, веза хинволу Дела, ма тамашийна кхоьллина ахь хIара дуьне! Са долуш мел йолу хIума дахаре кхийда. Цхьана хенахь иштта бен а бина, цхьаьнца ваха хуур ву-кх со а...» Юха а дагаеара Бикату. «ХIан-хIа,- бохура цо ша шега.- Иза нехан цIен тIехь зуда ю. Цу тIе, ас сайн устазца нигат а дина...»
- ХIей, стаг ван а вуй кху чохь? - дийкира зудчун аз. ЦIагарин дегIах цIе елира. Цунна девзира и аз. Бикату яра
еанарг. Чоьхьа а яьлла, лерина дIаса а хьаьжна, садаIа агIорваьллачу хьархочух бIаьрг а кхетта, амма иза шена ца гучуха кхайкха хIоьттира жима зуда.
- Ванах, кху чохь-м са долу адам дан а дуй хьовха. ХIокхо дIахецна неI тIетаттаелира. Чохь бода хIоьттира.
ХIумма а ца го кеп а хIоттош, нийсса хIара волчухьа йолаелира иза. ЦIагари, мотт сецча санна, вист ца хуьлуш Iара. Бикату улло тIекхечира.
- Ватта сан Дела, хьо хIун деш Iа дуьхьал жоп ца луш, кхераелла са дIадели-кх сан, - езаен йолаелира иза. - Бодане яй хIара чоь-м... Тхайн рагI тIекхаьчна ца кхаьчна хьажа еанера со...
- Бакъахьа еана, - хийцаделлачу озаца вистхилира хьархо. -Схьанехьа яла... - Оцу тIаьххьара аьллачо шена а эхьхетийтира цунна. Кхетамза метта боьххьера дуьйлура дешнаш.
- ДIанехьа яьлла а хIун дийр ду ас? - шалхо жоп делира Бикатус.
- Цхьаьна Iер вайша, - ЦIагарина Iина йистехь лаьтташ хетара ша, дегIана дан дола а доцуш, жимма галвалахь, чу а вужур волуш, схьалаца хIума а йоцуш.
- ДIагIур ю со... Оцу хьаьжкIех дерг хиъчхьана...
- ХIун дан йоллу хьо дIаяхна а?.. Я хаза дац тхоьгахь?
- Ас-м цунна ца бахара. Вуьшта, бакъахьа а ма дац. Ваьшшиъ...
- ХIунда дац и бакъахьа? — жимчу стеган ойланийн урх хецаеллера.
- Наха мотт-эладита кхоллахь...
- Вайшиъ хIун деш ду кху чохь наха доцург дийца?
- Хьанна хаьа, церан дага хIун догIур а. Хьо жима стаг ву. Бодашкахь цхьалха дисча...
- Ас хьуна новкъа догIу долу хIумма а дийр дац.
- Новкъа ца догIу дерг?
Оцу хаттаро марсаяьккхира кхуьнан кийрахь летта цIе. Корта хьаьвзира.
Хьера схьайогIуш дуьйна а Бикату сацам бина яьллера. Олхазар хийисте воьдуш ма гиннехь, хиира цунна хьерахь верг ЦIагари вуйла. Иштта меттиг кхин а йогIур ю ала хала дара. Цундела, и, цкъа а хила доьгIнехь, тховса хила дезаш дара.
- Хьо дIа ма тий, - хазийра Бикатус, хьархочунна улло охьа а лахлуш, - кхера-м ца велла хьо?..
- Стенах кхералур вара со, - Iоттар ца тайра ЦIагарина. -Хьан майрачух аьлча а, диларийн текханах? Я цуьнан марш оьхуш лелачу кIентех?..
- Сох.
- Хьох? Цкъачунна тосаделла хIума-м дац.
- ТIаккха, дIа хIунда хуьлу хьо?
- ДIа а ца хуьлу со-м. Хьуна меттиг яцахь а аьлла...
- Цкъа а зудчунна уллохь ца Iийна хьо?
- Ца Iийна...
- Хьажал хьайна муха хуьлу.
Бикату, ха а тоьхна, дIанисъелира. И агIо лацабелча санна хийтира кIантстагна.
- Сох ун даларна-м ца кхоьру?
- Ца кхоьру...
- Нанин кIорни ду иза, хIинца а мас а ялаза, - цаяшаре хIара хьеста йолаелира важа. — Схьаверзал со йолчухьа. Иштта. Ма лечкъадел хьайн бIаьргаш. ХIинца а зудчун марзо а йовзаза ву тов. Хьо хIун деш Iийна? Эхь хета сан кIорнина? Эхье хIумма а ма дац кхузахь. ХIоранна а цкъа тIе ма хIутту иштта киртиг. Къийлавала ца оьшу. Хьо сел воьхна хьовзаро сан а йиш йохий. Хьажал, сан дог муха деттало...
Оцу дешнашца кIентстеган куьг схьа а лаьцна, шен некха тIе диллира цо.
- Хаалой хьуна?
ЦIагарина хаалора. Хаалора цхьа кIеда, аьхна хIума. ПIелгашна шашах чу са деанера... Иза вегавора. Цхьана юкъана бIаьргашна дуьхьал хIоьттира Хьажа-Iелин юьхьан амат. Шийла ойла хьаьдира коьрте.
- Ахь хIун до?.. Со лаза ма ца йо. Хьайна там хуьллург де...
- ХIан-хIа, иштта бакъахьа дац. Далла хьалха... Нахана хьалха...
- Вайшиммо дуьххьара деш-х даций хIара, сан кIорни. Кхечарах дисинарг ду-кх. Нах цIена бу моьтту хьуна?.. Массо а воллу шена йогIург ЯККХЭ. гIерташ. Кхана ши бIаьрг дIа ма хьаббинехь, охьадуьллур ду шадерг. Цундела тахана чам баккха беза марзонан...
ЦIагарис дIаозийна куьг саца а дина, нуьцкъах чета доьллира жимчу зудчо. КIант-стагна бIагор беара. Чохь мел дерг бIаьргашна хьалха раздаьлла, хIаваэхь кхаза доладелира. Бикатус къевллина маравоьллира къона хьархо.
- Нигат! - коьртехь стелахаьштиг тоьхча санна, серлаелира и ойла. Шен ницкъ ма-ббу Бикату дIатеттира цо. Важа пенах корта дIа а кхеташ, ша Iаччохь охьаяхара. Йист йоцу хIорд санна, оьгIазло яьржира цуьнан кийрахь.
- Iовдал! Тентаг! И хьуна иштта дуьсур дац хьуна! Хьайна дика дича, ца хии. Сох кхарда воллу хьо? Цунах гIуллакх хир дац. Хьо ма хила боьрша! Беран тIорза. Хьуна моьттург бакъ дац хьуна. Ас ма-варра охьавагарвийр ву хьо. Ас дуьйцург дош дац хьуна, сан майрачо тIера шарбал а яьккхина, хьо юьрта юккъехула ца ваккхахь. Боккъал а со хьайца лела йоллура моьтту хьуна, Iовдал? Со-х хьо зуьйш яра. Шек йолу дела... Хьан ворхIий а дена неIалт хиларг! Боьха хIума!..
Карзахъяьллачу Бикатуна ша хIун дуьйцу ца хаьара. Бага деънарг дIаолура. Дог Iабо. Кхунна вас ян. Сардамаш доьхучу юкъана хьархочун бIаьра хьаьжира иза. Кхеравалар ца хааделира. Я дохковалар а. Ша мича эккхар ю ца хууш, холчохь яра жима зуда. Луьйчура сецча, елхаозорна кхоьруш, тIеттIа сардамаш доьхура цо.
- Букъ бойна иблис, IадIе хьо, ас ма-варра вовзуьйтур хьо нахана, — мохь хьоькхура Бикатус. Цунна шена а ца хаьара и тIаьххьярниг шен багара муха делира. Йза хIокхо маравоьллича, куьйгашна хааделира и. Цу муьрехь-м кхо башха кхин тидам а ца бира цуьнан. ХIинцца метта боьххье деа-кх.
ЦIагари вахьийча санна Iара. Цул хIара кхера а кхоьруш хIума дацара хIокху доккхачу дуьнен чохь.
ЦIагарин хийцавалар сиха тосаделира Бикатуна. ХIинца цунна хаьара, муха бекхам бан беза.
- Ас хьалха догхаийтира хьоьга. Къера ю. Хьайна лаахь, кхарда мегар ду хьуна. Къайле яй а ма латтаде, иштта хьайна гIолехь хетахь. Амма хьан багара цхьа дош дели-кх сох лаьцна... Дала ларвойла хьо и дарх...
- Со хIумма а ала гIерташ вац. Кхарда а ца кхаьрда хьох. Бакъдерг хьуна дезахь, хьо дага а йоьхна, вала воллу со. Дукха хIума дIалур дара цхьа барт мукъна а баккха. Амма ас нигат дина цхьана а зудчуьнца гIуллакх ца хила...
Юьхьанца Бикату теша а ца тийшира шена хезначух. Цуьнан цецъяларан доза дан а дацара. Цхьа а дош тIех ца туьлуьйтуш, лерина ладоьгIура цо къоначу хьархочуьнга.
- Сайн дерриге а дахар гIазотна лерина ас. Дуьненан марзонаш херйина сайх...
- Собардехьа, хIара ма доккха хIума ду!.. Ванах, ма дакъаза йоккхуш лаьтта ахь со. Хьайн дагара ца хоуьйтуш Iий велира. Суна атта хир ма дара хIинцачул...
- Иштта нисдели-кх и.
- Ванах, вайша хIун дийр ду, дан мукъана а?
- Хууш вац.
- И хьайн гIазот дита мегар дацара?..
- Дахар дита а реза ву, и ца дуьтуш.
- ЦIе йожа кху белхан делаI, ма дош дацар-кх дан!
- Сайн Далла хьалхара декхар кхочушдина ваьлчхьана, дегIан ойла а йийр ю. Хьоьжуш Iе.
- Хьуна мичара дели техьа и гIазот, дала? Хьан хьийхи?..
- Мегар дац иштта ала. Хьо йоккхаен еза хьайн везар и санна долчу гIуллакхна гIеттича. Цо дIадоккхур ду вайшинна тIера къа.
- Латийна а доцу къа дIа ца даккхарх а ма Iелур яра со-м.
- Дийр дара, аьлла, дагадеъча а тоьур ду...
- Ватта, сан Дела, ма молла хили хьох!
- Делан лаам адамашка бохалур бац.
- Кхиберш санна, ваха ца мега хьо а?
- КIеззигниш бен ца хоржу Дала.
- Хьо суна вита велара цо.
- Ма лебе хьайн мотт Iеса. Нехан долахь зуда ю хьо.
- Со зуда-м хьаха яра, иза суна майра вац-кх...
- Къа хьаьрчар ду вайшиннах. Цуьнан цIар тIера яла цкъа...
- ТIаккха хIун хир ду?
- Ас ялор ю хьо.
- Дийна висахь...
- Ца висахь, эхартахь цхьаьна кхетар ду.
ЦIеххьана летта дегайовхон суй юха а дIабайра. Жимчу зудчо хIокху тIаьххьарчу хенахь къайлах сатийсинарг кхочушхила доллуш дацара. «Молла а хилла, дIавели хIара-м, - ойла йора Бикатус. — Ванах, божарийн хIу дайна дIадала доллу хьовха?» Чуьра мох дIабаьлча дассаделла ахкарг санна, худаелира марзонан шовкъо марсаяьккхина ойла.
...Оцу хазчу бIаьстенан суьйранна хийистехь дог доьхна лаьтташ кхин цхьа адам а дара — Таймасха. Шийла ша бижнера цуьнан кийра. Сакъералуш Олхазар а вацара.
- Дала яздинчух вала йиш яц цхьаьннан а, - бохура цо меллаша. — ДоьгIнехь, цхьаьнакхетар вайша, ца доьгIнехь... - Луьйчуьра сецира кIант. ГIорийча санна лаьттара Таймасха. Олхазаран аз цхьана геннара схьа лере кхочуш санна хеталора. Къаьхьачу ойланашка яьллачу цунна, башха шера кхеташ а дацара кIанта дуьйцучун маьIна. Цхьа гIазот а хьехадо... Устаз... Керстанашка дов кхайкхор... ХIун зIе ю оцу дерригенна а, хIокхеран уьйрашна а юккъехь? Я соьга болу безам шелбелла техьа цуьнан даг чохь? Кхечунна тIейирзина ойла? ХIан-хIа, Олхазара и тешнабехк бийр бацара суна. Кхузахь дерг кхин ду... Ткъа билггала хIун ду хаа кхуьнан хьекъал ца тоьу. Бакъду, кху тIаьхьарчу хенахь даго вон хьоьху... Цхьа бохам хила боллуш санна. Юьртахойн къамелашкахь кест-кеста хеза «тIом», «гIазакхий» боху дешнаш. Диканна дац и. БIаьргашна дуьхьал хIутту кхуьнца синкъерамехь хелхаваьлла оьрсийн эпсар. Цуьнца хилла волу къена салти... Хаза хьошалла а дина, дIа ма бахийтира уьш. Дов хIунда доккхуш ду цаьрца? Вон адамаш долчух тера а ма дацара и шиъ. Мелхо а, и эпсар мел тидаме хилла хьоьжура кхуьнга... Олхазар, юха а хьоьга сатийса йиса йоллу техьа со? Ца доьгIна техьа вайшинна цхьаьна хила? Ма юхъхьадели хIара, дала...
- Дуьненан марзо лоьху хан яц хIара, - бохура Олхазара.-МостагI веана вайн махка. Халкъ кхерамехь ду... Наха стешха лорур ву оцу сийлахьчу гIуллакхна юьстах лаьттинарг. Сан бакъо яц халкъан хьашт тIаьхьа а теттина, сайн ирс лаха...
КIентан и тIаьххьара дешнаш ира шаьлта санна чекхдевлира йоьIан экамечу дагах.
...Талла ваханчуьра цIа вогIуш вара воккха стаг Даркеш. Къанвеллехь а, дуьненах догдуьллуш вацара иза. Мелхо а, шераш дIа мел ихи а, дахаре йолу марзо чIагIлора цуьнан. ТIех ца болуьйтура цхьа а синкъерам, ловзар. Гуттар юьртахошца вара. Цуьнан забарех доккха самукъадолура нехан. Схьахетарехь, гиххойх цхьа а хир вацара иза ца вевзаш а, ца везаш а. Делахь а, ши стаг оцу могIарера волура — Хьажа-Iелий, совдегар БатIаллий. Хьалхарчуьн кхуьнца гамо яра, хIокхо ширчу динан гIиллакхаш лардо бохуш. Цу тIе, Даркеш цкъа а маьждиге веана а ца гора, ламаз деш я марха кхобуш а ца тосавеллера. И дерриге а гечдан мегар дара, Даркеша-мунепакъа шен забарш ур-атталла бусалба динна дуьхьал ца ерзаяхьара.
...Талла воьдуш цкъа а топ ца хьора воккхачу стага. И оьшуш меттиг а яцара. Говза гур богIар карадирзинера Даркешна. Цунна дика девзара акхарой лела некъаш, церан амалш, башхаллаш. Цундела хьуьнха ваханчуьра цхьа ижу ца йохьуш, цкъа а вуха ца воьрзура къена таллархо. Цо боьгIначу гурах ца долура цхьа а экха. Тахана лаьцнарг нал яра. Гуран йийсарера ца ялалуш, дIасаеттаелла цIеша юьзнера иза. Даркеш тIекхаьчча, ницкъ кхачийна, йоьжна Iуьллуш яра, хала са а доьIуш, цIийделла кегий бIаьргаш схьалелха дохкура. Стаг гича, тIаьххьара ницкъаш гулбина, тохаелира нал. Амма гIуллакх ца хилира...
Ишттачохь дан дезарг шера хаьара Даркешна. Цо боьгIначу гуро дуьххьара лоцуш яцара нал. ТIехьашха тIевахара къена таллархо. Нийсса шен бIаьргашна хьалха дерг бен ца го нелана. Ворта дIаса ца хьовзало цуьнга. ХIинца коьртаниг - са лоццучу шаьлта Iоттар. Жимма дIаса а еттаелла, гуттаренна дIатуьйр ю нал тIаккха.
Даркеш юьрта вухаверза сиха вацара. Цунна хаьара, дийнахь йийна нал а эцна, нахана юккъе волийла шен доцийла. Лаьмнашка бусалба дин кхаьччахьана, дуккха а хIумнаш хийцаделла ламанхойн дахарехь. Хьалха магош хилларг хIинца доьхку. Хьалха доьхкуш хилларг хIинца магадо. Амма Даркешна тIаьхьа ду шен амал хийца. Сара болуш ца бина хIоз хьокханах балур бац. Цундела хьалхалерчу гIиллакхашна тIегIерта Даркеш. Дависа делаI хьан, зама, ма телхина йогIу. ХIара жима стаг волчу хенахь мичахь могуьйтур дара хьуна боьрша стаг махбеш лелар, зудчо цхьа цIийнда воллушехь, иза хьераваьллера аьлла, шолгIа маре дар, ламазаш до бохуш дийнахь пхоьазза цIенкъа юккъе кортош деттар (кхин дан хIума доцуш санна!). Пайдабоцчу девлла адамаш, девлла те... Хьалха нал йийча, дийнна юрт гуллора хIусаме. Жижиг кхехкадора. Даарх, маларх кхетара. Дечиг-пондар локхуш, иллига-эшарга ладугIуш, забарш еш сахуьлуьнга довлура. ХIинцалера синкъерам синкъерам бу? Даркеш жима волуш хуьлура-кх синкъерамаш! Дера тоьур дара-кх чуьрчу кегийчу нахах цхьамма къуьда дIа а бойий: «Дур бахайта!» -олий, мохь тоьхча, деган тохадалар-м! ХIинца дуьхь-дуьхьал охьа а ховший, вовшашка бIаьргаш къерзош Iа. ХIетахь бодашкахь караеънарг хьан яра. Цунна хьо мила ву а ца хаьара, хьуна иза мила ю а ца хаьара. Цундела тIехтохам бойла я кхаьрдийла а дацара... Дош ду хIара, бода боллалц хьуьнхахь Iан веза бохург? Юьртахойх цхьанна гарна кхоьруш. ДIахаахь, вийцина, юьртах воккхур ву. Кхин хIумма а ца хилча, цхьа Хьажа-Iела-м дера тоьур ву со нахала ваккха. Цо и, сискал ца яа а, дийр а ду-кх.
Нал тилийна а ваьлла, неI лаьттах доьллира къеначу таллархочо. Чоко коьллашна тIе охьайиллира - мецачу акхарошка яийта. Изза дира шеца дIадахьалур доцчу жижигна а. Хьуьнхахь бода къовлабала боьлча, цIа ван новкъа велира иза.
Гихан берда йистехула схьавогIура Даркеш, цхьа а стаг дуьхьал ца кхеташ. ИсмаьIалгIеран хьера тIе кхаччале соцунгIа хилира. Кхузахь адамаш хила тарлора. Цхьа а гучуволийла хьожуш, коьллашна тIехьа велира. Дукха хьоьжуш Iен ца дийзира. Чуьра ара а яьлла, гонах дIаса а хьаьжна, болар сихдина юьрта чу тилира БатIалан сесаг. ТIаьххье аравелира ЦIагари. Вехха лаьттира иза дIайоьдучунна тIаьхьа хьоьжуш.
- БатIалан доьзал а деба боллучух тера ду, - велаозийра къена таллархо. - Маржа, бIаьсте, доллу хIума меттахдоккху-кх ахь. Чу са доуьйту, дахаре марзо кхуллу, ойланаш тIема йоху. Жималла Iийр яц шениг дитина. Ваьшшиммо локху ерг лекхна ваьлла вайшиъ, БатIал...
Кхин хаалуш аддам а дацара. ЦIагари а, хи чохь юьхькуьг а дилина, къайлавелира. Даркеш берда йистехула хьалаволавелира. Амма кхандоххала а валале, когийн тата хезира цунна. «ХIара мила ву техьа хIинца, ван?» Сиха дIалечкъира. Хин йистехула схьадогIу шиъ Олхазаррий, Таймасхий дара. Вовшашка дист а ца хуьлуш, ойланашка дахана схьадогIура и шиъ. Шайна гена воццуш, коьллашна юккъехь тебна Iа Даркеш тоса а ца велира цаьршинна.
- Барт ца хилла моьтту суна къоначеран, - маьIна дира къеначу таллархочо. - Вуьшта, цхьаьна догIуш-м ду кIанттий, йоIIий. Кестта церан ловзаргахь со тхьамда Iе а ма мега. Кегийчеран эгIар-м хи даьржина дар санна хIума дара. Цхьажимма хан ма еллинехь, юха а хьаьар ду...
Тховса ДаркешагIеран хIусамехь нелан жижигах дира пхьор. Ала деза, цунна шений бен-м ца хаьара цунах дерг ма-дарра. Кхуьнан къайленах ца кхуьуш, жижиг чуоьхуьйтуш Iачу доьзалхошка кIелдIахула бIаьрг а бетташ, вела ца вала гIерташ, садеттара къеначу таллархочо. Эццахь цхьа хIума дага а деара цунна...
Даркеша жимха ваийтина, хьоьга шайга кхоцкхуш аьлла, схьахаийтича, БатIал шина даггахь хилира: вахча хIун дара техьа я цхьа бахьана а хIоттийна, цIахь Iийча хIун дара техьа? «Мила веллачу кхойкху кхо кхайкха мукъна а? - ойла йира цо. - Сан десара, лаа-м дац хьуна и... Цхьа Iовдал забар ян воллу хир ву-кх. Хьаша чу кхайкха де мичара ду, къелла ги гали а доьллина, хьаьмцаш лехьош лелаш волчу кхуьнан? Со ваха ма ца вахханехь, куралла йина ала воллу... ХIан-хIа, вахна хьажа веза со цо сайга стенна кхойкху».
- Хезий хьуна, со эцца Даркеш волчу хIоьттина схьавогIу хьуна. Бежнаш дIаIалашдинийла а хьажа... ГIуй дIа а болла... Лулакулахула яьлла а ма лела. ГIуллакх дац... Цомгашчуьнга бIаьрг а тоха. Адам дай иза-м.
- Хьайн гIарбаше де ахь и къамел.
- ДIасацае хьайн цубуург! Сан десара, йоллу хьо со хьайн коча ваийта.
- Иштта веана а коча вар гIоле ма хетара суна-м.
- Иммансиз, хIун ю цо юьйцург! Цхьанна дIахазахь, эхь дац и?..
- Сайн майрачуьнга луьйш яра со-м.
- ХIан, дIаяьл, шаръели хьо.
Бикату ша йисира. Халла бен багара дош ца долуш йолу гIарбашший, мотт сецна Iуьллуш йолу эмгаррий ца лерича. Уьш боцчу новкъа а бара. Ша БатIалан дола яьлчхьана дуьйна шозза-кхузза хIоьттинехь, кхин цомгашчунна тIе ца хIоьттинера хIара. Доллучунна иза бехке йолуш санна, цхьа цабезам бара Бикатун цуьнга. Хийла Деле дийхира цо иза дIаэцар... Амма шена а-м ца хаьара лазаро лаьцначу оцу мисканца ша хIун къуьйсу. Стенна делахь а, цхьана тхов кIелахь а новкъа яра-кх... Дика хьаха ду, цуьнга хьажа гIарбаш йолуш. Иза яцахьара, важа тоххарехь мацалла а елла хир яра, хIокхо сискал дIа ца кховдош-м.
Букара а сеттина, чоьхьа елира гІарбаш.
- Дохнна хьалха хIума йиллиний ахь?
- Йиллина, Дали вазлора.
- ГIуй дIабоьллиний?
- Боьллини, Дали вазлора.
- Къуьда латабел. Коша чохь санна, бодаш бу кху чохь-м.
- Латибер, Дали вазлора...
Стогаран серлоно башийра чуьра бода. Хийла стаг вара юьртахь мехкдаьттанца болчу стогаре сатуьйсуш. Амма хьен-хьенан а таро яцара и эца. Юьхьанца цуьнан серлонах йоккхайийна а ца йолуш хилла Бикату, хIинца бен а ца хеташ хуьлура и латийча а. Цуьнан даг тIехь кхоьлина дара. И кхолар дайа оьшург цхьана Бикатуна бен ца хаьара.
- Хьо ма гIайгIани доьжина...
- Стенах сакъералур дара сан?
- Ма алилахь, Дали дика ву. БатIалай дика адам ду.
«И дика адам хьуна а долуш, суна цхьа къона мар велара», -долура цхьа минот ца яьллехь цуьнан метта боьххьера. Ткъа хозуьйтуш элира:
- Хьуна-м хIун хаьара...
- Ма алилахь, хьан бали гуш ю со.
- Дийцал тIаккха...
- Къа хьаьрчинай шух.
- ХIун къа?
- Хьалхаларичу хьан цIийнадайн.
- И мичара дели хьуна?
- Пал тасина ас.
Бикатун дегIе зуз деара. Иза ша а шек яра цхьацца долчу хIуманех. Амма цуьнан ойла ца ян гIертара. ХIинца хIокху ешапо карладаьккхи. Билггала цхьа хIума хаьа хьуна цунна...
- ХIун боху хьан поло?
- Хьалхаларичу цIинадайн рицкъа кхачайна дац хьоца.
- И бохург хIун ду?
- Шу цхьани даха деза.
- Айхьа хIун юьйцу мукъна а хаьий хьуна, Iовдал? Со муха еха цуьнца, кхечуьн цIартIехь хилча?
- Поло бахи иштта.
- Цхьаьнгга а багах ма даккхалахь и. ЧIимаш биинчо а дуьйцур дац ахь дуьйцург-м.
ГIарбашна хьалха майра йийлахь а, Бикату боккъалла а кхераеллера шена хезначух. Лаа дац суна иза гIенах дуьхьал тийсар... Дала хIаллаквойла хIара, хIан войла! Суна цхьана гIуданна кхоьллина хилла-кх. ЦIе йожа кIегаш тIе, рицкъа кхача ца дина тов. И доцург, суна тIехIоттаза хIума диса а ца диснера хьуна. Гирзаш даьлла говррий, тиша керттий санна, хIара шиъ товр а-м вара хьуна цхьаьна. ТIаккха бердах а яхана, ялар бен ма ца дуьсура суна. Ванах, хIун дийр дара техьа?.. Арахь цхьамма кхойкхуш санна хийтира.
- Хьажал, цхьа а кхойкхий арахь? ХIокху чуьраниг-м хир ма вац иза... ДIакхочу хан а ма яц.
- Аза-м кIази дара угIуш.
...БатIална дагахь а доцург карийра, вахана ДаркешгIаьрга дIакхаьчча. Паччахь санна, веза хьаша вина тIеийцира хIара. Иштта велавелла-векхавелла цкъа а ца гинера БатIална хIусамда. Вехха Iийра хIара шиъ хилларг-хезнарг дуьйцуш. Хьешана тамехь дерг бен цхьа а дош ца долура Даркешан багара. «Соьгара цхьа дика оьшу хир ду хьуна кхунна, - дуьхекхиа гIертара совдегар. - ХIинцца дIахьаьжча, духалург ахча деха воллу хир ву. Дукха чу ца кхоьхьу делахь... Уьш-м хьаха девзара вайна. Цхьогал хьо делахь а, цхьогалан цIога-м со а ду хьуна...»
Схьа а деана, жижиг-галнаш хIиттийра хьалха. ХIинца БатIал шеко йолуш а вацара, кху кепара ша Iеха а вина, хаза дийцина, мерза даийна, шегара духалург ахча доьхург хиларх. Цуьнан сагатдийриг кхин дара: и къамел кхачанах кхетале хьалха юкъа ца даьккхичхьана, тIаьхьа цIога хьовзо-м кхунна хуур дара.
Цхьадика, БатIал кхийринарг ца хилира.
- ХIара дош хеташ-м ца бахара ас, БатIал, делахь а, хьо сайн цIен тIехь хIокху Делан беркатах кхетийла лаарна, цхьа бахьанаш лелийнера оха, - гIиллакхе ваьлла хьаьвзира хIусамда.-Паччахьашна хIоттош долу шун хIара дацахь а, тароне хьаьжжина биттина лол бу. Цундела дегаза а ца хеташ, сайца хIара кхача ахь боькъийла луур дара суна.
- Цхьа Дела воцург, вала везаш массо а ву, Даркеш, — генара-а долийра шен къамел хьешо. - Морза-бераммий, сискаллий а мерза кхача бу, нагахь санна иза доггах хьалха хIоттийна белахь.
- Дера цу тIехь а хьо бакъ ма ву.
- БисмиллахIи-рохьмани-рохьим...
Шун хьалхара дIадаккхарна кхоьруш санна, жижиг-галнаш чутилайора юучунна тIехь сутара волчу БатIала. Наггахь жижигна тIе гала а кхоллуш, кIелдIахула хьеше бIаьрг а бетташ, Iара хIусамда. Кеста барз боккхуш галнех дуьзна хилла текх дассаделира. Боги чохь а еккъа даьIахкаш бен ца йисира. Шен хьена куьйгаш можах а хьаькхна, токх хиллачу хьешо элира:
- Элхьамдулиллахь! ХIара дегI доккхуш, иштта мерза жижиг диъна вацара-кх со цкъа а. Сан десара, баьккхи ахь, Даркеш, хьайна боккха мел.
- Аьхна хуьлда,- сих ца луш, дуьхьал вистхилира хIусамда.-Вуьшта, боккъалла а, хьан дешнех теша со иштта сонта ву а ма мотта, БатIал. Ахь-м суна там хилахьара аьлла боху. Айса хIокху жижигах цаваьлла церг мосазза туху, хьуна хьалха юьхьIаьржа хIоттарна, дегIах цIе леташ дера Iий со. Вир хилла хир ду кхара, хьаша вогIу аьлла, дийнарг. Цхьа а чам боцуш...
ОьгIазвахарна, кхидIа дош ца алалучуха, дIатийра хIусамда.
- Сан десара, Даркеш, и жижиг тIум санна мерза а ма дара, ахь бохучух со кхеташ а ма вац.
- И мерза доллушехь, чаьмза дара баха соьга хIун хIоьттина, ва БатIал?
- Делахь-хIета, со ву-кх хьоьга доцург дуьйцуш верг?
- Стагна там хир бара алий, Iаьржачух кIайниг дан гIерта-м ца оьшу.
- Даркеш, хьо хабар муьста долуш ву. Сан десара, дац оцу жижигна ала хIума.
- ОстопираллахI! Ма доккха хIума ду хIара дан! Айса цуьнан чам баьккхина бацахьара, ахь бохучух тешар вара-кх со.
- Хьо тешахь а, ца тешахь а, иза иштта-м ду.
Кхеран къовсам кхидIа а бахбала мегаш бара, пхьегIаш дIаяха Даркешан нус чу ца еанехьара.
- Собардел, собардел, - несана тIе вирзира иза. - Ахь тхуна хьалха диллинарг хIун жижиг дара: тхов кIела хьалаоьллина кхаьзнарг я рагIу кIеларниг?
- Воккха дада, кIезиг хилахь а аьлла, цхьана яй чохь иза а, вукху яй чохь важа а кхехкийра-кх ас, - шена хьалха хьехна ма-хиллара, жоп делира несо.
Даркеш воьхна хьаьвзира. Хуьлуш долчух ца кхеташ, цкъа цхьаьнга хьожуш, тIаккха вукхуьнга хьожуш, шен баккхий бIаьргаш а бетташ, Iара БатIал. Даркеша кхидIа а хоьттура:
- Тхойшинна хьалха диллинарг цхьана яй чуьра дара я дацара?
- ХIан-хIа, воккха дада, шина яй чуьра дара.
- РагIу кIелхьарниг хьанна хьалха диллира?
- Вайн хьешана...
- Велла вала со делаI, ахь динарг!.. Ма-дарра дийцича-м, бехк сан бу-кхи. Цхьаьнгга а ала ма ца аьллера. Шуна хIун хуур дара... ДIаяло хьайна...
Ела ца яла гIерташ, са а детташ, нус дехьа чу яхара. БатIал-м кхидIа хиндолчуьнга ладоьгIуш Iара. Даркешера хIуъу а даларх цец вер волуш вацара иза. Амма цо хIинца аьндерг...
- Дера ву со, БатIал, ахь ши лерг а лаьцна, нал хаьхкина моьттуш.
- ???
- КъинтIера валалахь суна, хьайн десара! Селхана оцу кертарчу дай тIе марзъелла цхьа нал тосаеллера суна. Иза ен а йийна, жIаьлешна тосур-кх аьлла, жимма жижиг даьккхинера ас цунах. РагIу кIел охьадиллинчохь дицделла диснера... Кхара хIун ду а ца хууш, кхехко оьллина хилла-кх... Цу тIехь доккха гIалат дели соьгара. Хьо бакъ хилла. Суна сайна хьалха диллинарг а изза тарделлера. Вуьшта, нелан жижиг мерза хуьлу бохуш кхул хьалха а хаза-м хезна суна.
БатIалан бугIанан ши бIаьрг схьаэккхаза бисира. Юьхь цкъа макхъелира цуьнан, тIаккха лила тоьхча санна, сенъелира. Iетто дог керчира... ХьуьнкIаш яьхкира. Улло охьабиллина куй схьаэца ца кхуьуш, хьала а иккхина, мохо вадийча санна, цIехьа тилира БатIал.
Арара гIуллакхаш дина а яьлла, чу яха етталуш йоллура Зайнап. ТIеяхана, кхин цкъа а зIар тIекъевлиний хьаьжира иза. Юрт набарна дIатевжинера. ЦIеххьана ведда вогIучу стеган когийн тата хезира цунна. «Ванах, хIун орца дохьуш вогIу техьа хIара? Дала вонах лардойла!..» ДIанехьо яьлла сецира иза. Ведда вогIург герга кхечира... Беттаса дара кхетта. И ца хиллехь-м, Зайнапна ца вовза а мегара совдегар БатIал. Цхьана куьйга ге а, вукху куьйга лаьцна бат а йолуш, мохо ядийна куьйса кол санна, вогIура иза. ТIехваьллачул тIаьхьа бен Зайнапан тидам ца хилира совдегар корта берзина хиларан. «Ватта, сан Дела, тиларчу-х ца вахний техьа хIара? Хан яьллачу хенахь кхуо хIун леладо, сера дайна котам санна, юьрта юккъехула дIасауьдуш? Миска Бикату. Майра къийвелла хилла хьуна а... Воцуш хилар гIолехь ю ишттанаш хуьлучул-м. ВаллахI-Iазмора, и наха бохург бакъ хила мегаш а-м ду хьуна. Шиннах а къа дахна. Цамгаро лаьцна зуда тергал ца еш, дIа а тесна, БатIала керла нускал далий, ткъа Бикату кхечуьнан цIар тIехь йоллушехь, иза телхина вара аьлла, кхуьнга маре еа. Цхьаъ доцуш дац...»
Суьйренан бода булуш чIегIардигаш бен бина девлира. Чохь хаза дIа а тарделира и шиъ. Хьала хьаьжча, стиглахь къеггина кхетта седарчий гора. Iалам тап-аьлла дIатийнера, Вовшийн детталуш долу дегнаш хаалора олхазаршна. Цхьана йоккхуш йолу дуьххьарлера буьйса яра церан иза.