Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

XII

ТIекхечира Iаьнан уггар шийла наджигонцохойн бутт. Халонашца цхьаьна ламанхойн дахаре хазахетар а дохьура оцу батто. Керла шо оцу баттахь даздора нохчаша.

Цхьа кIира хьалха кечам бан йолаелира Зайнап. Дезачу денна мерза даарш кечдан лерина, берех дIалачкъийна шурула кIайн дама чохь долуш тIоьрмиг бара дIабиллина. Цунах Зайнапа далла йийр ю. Керла шо тIекхочуш хIоразза а шен жималла дагайогIу цунна. Кхеран нанас йора иштта далла. Iаламат хаза хуьлура и: малх санна горга, зIаьнарех тера шена тIера дIасауьдуш сизаш а долуш. Цкъа жимчу йоIа хаьттира шен нене, цу кепара хIунда йо далла, аьлла. «Иза-м маьлхан сурт дай», - кхетийра цо Зайнап. ХIетахь дуьйна цхьана къаьсттина болчу хьагамца лардора цо керла шо тIедар. Хаьара, шен берашна, Кхокхиний, Элбердний, и иштта хьоме дуйла.

Далла йина а яьлла, доьзалхойх цхьанна лерина долу бепиг дан хIоьттира Зайнап. «Хьенан цIарах дича бакъахьа дара техьа и?» - ойлане елира иза. Арахь ловзуш долчу берийн тидам бира цо. Элберд кхиъна вогIуш кIант ву. УьтталгIа шо бен дацахь а, дегI даьккхина. ЧIогIа дех тера а ву. Маржа яI, схьавелахьара, ма хаза а хетар дара иштта шен доьзалхо кхуьуш. Ун деанчу шарахь кхелхира иза. ХIетахь Элбердан пхи шо а ца кхаьчнера.. Кхокха ю йоккха миска. Иза еш да дуьненчохь а вацара. Йичхьана дуьйна а гIийла бер дара йоI. Цо ца токхуш цамгар йиса а ца йиснера. Нанна цунах къахетара. Кхокхина лерина бепиг дан сацийра Зайнапа. Бод хьийна а яьлла, цу юккъе хIун юьллур яра техьа ша бохуш, ойланашка елира иза. Юккъе яхка нахарташ цIен тIехь яцара. Дагадеара, ша гуьйранна цхьа кана хиллал кIен буьртигаш кхаби чу дахкар. Сиха карийра кхаба. Кераюккъе охьадоьхкира аьхкенан маьлхан бос эцна долу буьртигаш. Царех иттех схьа а къастийна, уьш бадана юккъе дехкира. ХIинца бепиг деттичхьана йолура иза. Кхана цо и берашна хьалха дуьллур ду. Нагахь санна кIен буьртигаш долу дакъа Кхокхина кхачахь, иза ирс долуш хирг хиларан билгало лара догIу и. Веза Дела, кхачийталахь и цуьнга!

Гуттар а санна, керлачу шеран Iуьйранна а хьалххе гIеттира Зайнап. Самадехира бераш а. Йолчарех царна тIе цIена бедар а юьйхина, текхан гонаха охьаховшийра. Хьалха биллира кхача. Даллана а, бепигна а тIера бIаьрг дIа ца боккхуш хьуьйсура Кхокхий, Элберддий. Амма кегий белахь а, царна хаьара собар дан дезийла. ХIорш керлачу шарца декъалбан ван везаш ву беркате стаг. Цуьнца боькъур бу кхара шаьш сел лерина кечбина кхача. ТIаккха дийнна шарахь цIен тIехь токхо лаьттар ю. Теза къурдаш а деш, Iара бераш. Ненан дог лозура царех. Делахь а, дайн Iадат дохадойла яцара. Вуьшта, кегийнаш ловза арабовлийта-м мегар дера дара. Кхера ца кхерахьара. Хьанна хаьа керлачу шеран Iуьйранна беркате воцчу стагах бIаьрг кхетий а, тIаккха дийнна шарахь цатамаш хир бу. Цундела сатоха деза...

Арахь гIовгIа елира. Чуьрачеран чIогIа сакъераделира. Хьен ца луш, чоьхьа велира ЦIагари. Иза велавелла-векхавелла вара. Хьалха хIусамненехьа вирзира беркате стаг.

- Керлачу шарца Дала декъал йойла хIокху кертара хIусамнана! - элира цо. - Ирс-беркат ма эшадойла цIен тIехь! Ялта хьийкъина кхуьийла, даьхни дебийла, берийн вон ма гойла!

- Дела реза хуьлда хьуна а, беркате стаг! — жоп делира Зайнапа.

ЦIагари Элберде вистхилира: «Унах цIена, могуш-маьрша кхуьийла хьо. Вон цIе яккхийтина, ден сий ца дожош, нехая бага вахана, ненан дог ца Iовжош, йоккхийла ахь кху дуьнен тIехь йоккху хан!»

ТIекхечира Кхокхин рагI. Йоккха зуда санна, тидаме хилла, лерина ладоьгIуш Iара иза беркатечу стага кхечаьрга олучуьнга. ХIинца иза ша йолчухьа схьавирзича, доккхадеш тохаделира кийрахь дог. ЙоI тешна яра, беркатечу стага мел олуш долу дика кхочушхирг хиларх.

- Маьлх-Аьзни санна, бос хаза а, башламан ло санна, дог цIена а кхуьийла хьо, - бохура хьешо. - Йоцчара елара а бохур долуш, йолчеран баккхийбер а ца кхачалуш ехийла хьо!

Оцу дешнашца хьешо стоьл тIе диллира совгIатна деана дакъийна жижиг. ТIаккха кхерча тIе а вахана, аьшкалца цIе кегийра: «Цкъа а дIа ма йойла хIокху кхерчара цIе!»

Каде гонах хьийзаш Зайнап а йолуш, кхачанах кхета охьахевшира уьш. Хьешо бепиг доькъуш, дийриг саца а дина, лерина цунна тIейогIаелла лаьттара хIусамнана. «Хьанна кхочу техьа беркате дакъа? »

Элберда ловза ца деш, логал тIехтилийтира шена хьалха диллина дакъа. ЦIагари а Iара шениг дууш. Цхьа Кхокха яра, тIекховда ца яьхьаш санна, шен декъах куьг ца тухуш Iаш. Нанас йишмаIаш йира: «ДIакхалла». ЙоIа, лерина схьа а эцна, дегаза церг тухуш Iуьйшура бепиг. Массо а цуьнга хьоьжуш вара. ЦIеххьана хIума юучуьра сецира иза, елаелира, нене дIакховдийра буйнара бепиг. Ирсе дакъа Кхокхина кхаьчнера. Чуьранаш сакъераделла хьаьвзира. Амма массарел а йоккхаера ша Кхокхий, иана Зайнаппий. ХIоьттина лаьттина иза а охьалахъелира хIинца кхачанах кхета.

Веркате стаг ваха везаш меттигаш кхин а яра. Цундела ЗайнапагIаьргахь хье ца велира иза. Сакъераделла доьзалан Iодика

а йина, дIавахара ЦIагари.

Бикату тоххарехь нускалара яьллера. Дешдуьтуш а доцуш, махьарла бахана жим санна Iара иза. ЦIен тIехь оьшург деш гIарбаш ю. ТIедохьуш лелаш майра а ву, тIедеънарг тIекIелдуьллуш хIара а ю-кх. Хьалхарчу зудчо вина ши кIант, дехьа юккъехь, шаьшшинна а ваьлла Iа. Лазаро лаьцна эмгар чохь яцахьара: «Дала дIа а ца ийци иза-м, къила ма лорийла». Кхия новкъа-нацкъара хIумма а дац.

Майрачун цIе йоккхуш цахиларна, чохь шаьшшиъ долуш «СтаргIа» олий, йистхуьлура цуьнга Бикату. Вукхунна вуно чIогIа хаза а хетара, шега иштта кхайкхича. Бакъду, шовзткъе итт шаре лестина БатIал керла нускал далийначул тIаьхьа цхьана юкъана ша дикка къонвелча санна хеташ хиллехь а, Iа доьлчахьана дегIана реза воцуш вара. Цкъа ан кхетий, хьала а ца гIатталуш, охьа а ца хаалуш, вуьсура, юха, жIаьлин ун кхетий, вужура. ХIара тIаьххьара кIира ара ца волуш токхуш а вара иза.

Майрачун и хийцам дуьххьара Бикатуна тосабелира. Буьйсанна кхуьнца забар ян а дог ца догIура вукхуьнан. Иштта дIаелира бутт гергга хан. Къоначу зудчунна набарх дуьхьал хIуьттура хьалхалера майра. Дала дIаэцарг, хIоразза а верзина а хуьлура иза! И муха туьдур ду ца хууш, холчахь яра Бикату. Хьалхалераниг гIенах дуьхьал мел туьйсу, шолгIачух чам болуш лаьттара цуьнан. «Дала суна къийбина хилла-кх хIара божарий, - оьгIазъяхарца ойланаш йора цо. - Цхьаъ бугIа санна онда вара, цхьамма тай а дихкина хьера ца ваьллехьара. Важа тай дехка а ца оьшуш, вехкавелла ву суна долчунна. Ас хIун до хIокху наьрсан гуьжалгах, ша берамала ца йоллахь?»

Юьхьанца Бикатуна товра шен майрачун тIедаьлла ге а, бIоржамаш санна долу мекхаш а. ХIинца кхечу бIаьргашца хьоьжура иза цуьнга. («Пхорачу зудчун санна ген тIуьнтIалг, ворхI жIаьлина баъал корта».) Цхьа хазахетар дар-кх Бикатун дахарехь: Бахам. Яа мерзаниг а, тIеюха езаниг а.

Сийсара майрачух дог-йовха хиллера Бикату. Керлачу шеран буса бехха юуш-молуш Iийра кхаьргахь хьеший. БатIал а вара чIогIа самукъадаьлла. Цкъа-шозза кIелдIахула ша тергалъеш тосавелира иза хIусамнанна. Довха цIий хьаьдира коьрте... Хьеший дIабахаре сатесна яра Бикату. Амма Даркешан забарш хедар йолуш-м яцара.

Шен сирделла мекх кура ирх а хьовзош, мохсам чохь долу кад айбира Даркеша. Чуьрачеран гIовгIа дIатийра.

- Юьртахой, - дIадолийра цо, - вай гулделла шира шой, керла шой къаьстачу буса. Вон мел дерг шеца дIахьойла дIадоьдучу шеро, дика мел дерг шеца тIедохьийла тIедогIучу шеро. Беркат ма эшадойла вайн хIусамашкахь... - Воккхастаг луьйчуьра сецира. ТIаккха велаозийра. - Вай долчохь Хьажа-Iели, Хьатуй а вац. ХIокху кIарула Iаьржачу буса вай лелориг стиглахь Iачунна а хуур дац. Цундела и дерриге а тидаме а лаций, кад бахийтий вай?!

Хьеший бийлабелира. Цхьабосса дIамелира кедаш.

- Деллахь, Даркеш, оцу вайн дешначу наха дуьйцург бакъ хилахь, ма ялсмане даха дог дац-кх кху чуьрачеран, - къамеле велира Уки.

- Сан десара, и хуьлуьйтийла-м яц, - Iаччохь тохавелира маларо майраваьккхина БатIал.

- Са ма гатдейша, гиххойн кура кIентий, - шек а воцуш бохура Даркеша, - паргIат хила мегар ду шуна. Вай санна дерш а оцу ялсмани чу буьтуш бацахь, валлахI-Iазмора, еса-м иза а хир ма ю хьуна.

- Царна вайл тоьлашха берш карор-м бац, дуй-деци хьуна! -чуьравуьйлура хIусамда. - И хIун къамел ду дан а!..

- Iеса хабарш дитийша, - хьекъал дала вуьйлира Бекмарза. -Хьатус цхьа а вон хIума ца боху-кх вайга. Цуьнга ладоьгIнарг муьлхха а нийсачу новкъара а вер вац-кх.

- Хьату-м мегар волуш стаг ма вара, - тIетайра цунна Даркеш, - оцу гIазакхашца дукха тIекаре вацахьара. Уьш шайний, вай ваьшний хила дезара.

Жижиган тIус йиъна а ваьлла, хьена куьйгаш ехачу Iаьржачу можах а хьаькхна, къамелана юкъавеара Уки.

- Дайн Iадаташ лардан деза, - элира цо. - Маьрша вогIург машарца а, тIамца вогIург тIамца тIе а оьцуш...

- Вайга цара бохуш хIума-м дац, - ша ца хазарна кхоьруш санна, мохь тухуш бохура БатIала. - Уьш шайний, вай ваьшний муха Iа, ва Бекмарза, церан гIап Соьлжа тIехь лаьтташ хилча? Вайн мера кIеллахь... Лулахой хоржуш бац. Суна дикий бен, зен ца даьлла-кх царех, дуй-деца хьуна.

- Дуьйцуш хаза дуьйцу захало, - кхоьссира Даркеша. -Ялийна яьлча, кхечу кепара хуьлу... Шайн цIахь Iийна белар-кх уьш.

И дешнаш шегахьа кхетийра хьешашна хьалхара дассаделла шун схьаоьцуш йоллучу хIусамнанас. «Дера со сагIа дIадала еана йолуш санна ма ца догу БатIалан бIаьргаш, - ойланаш йора Бикатус. - Къанделла кIож, суна ца кхаьчна, кхин хьанна кхочур дара? - Бакъду, майрачун бIаьргашна чохь цхьана юкъана суйнаш-м хааделира кхунна. - ЧIогIа бахбели хIорш а, соьгахь долу хьал ца гуш, хIуьттаренна санна».

Буьйса юкъал тIехъяьллачу хенахь дIасабахара хьеший. ПхьегIаш дIа а яьхна, кхачанах бухайиснарг цхьана боги чу а ерзийна, араелира иза. ЦIенна гонах дIасакхиссира уьш. Керлачу шеран буса са долу хIумнаш а ма хуьлу юучуьнга сатесна. И дича, цIентIера беркат деба олуш хезна Бикатуна ша жима йолуш дуьйна.

Шийлачу арара чу яьлча, дегIехь кIадъялар хааделира цунна. Амма цуьнца цхьаьна кхин цхьа хIума ца тоьуш санна а хийтира Бикатуна. ДегI ийзадора... Довха цIий хьаьдира юха а Iсоьрте. Къуьда сиха дIа а байина, цу чу яхара иза. Тешна яра, важа шега хьоьжуш хиларх.

- СтаргIа, со хIинцца дIайогIу хьуна, - хьастаелира иза. -ДIахилал цхьацуьрг. Ахь хьайна йогIу меттиг дIалаьцчхьана, хIара паднар вайшинна тоьур ю-кх хьуна...

Юххе дIайижира Бикату. ЦIубдар санна, тIехьаьрчира. БатIал мурйоьллачу гуьйригал башха меттах а ца велира. Кхуо иза аркъал верзийча, чохь цуьнан «хур» даьржира.

- Вистина вала хьо, хIан, вала! - халахетаран къурдаш дора жимчу зудчо. - Йоккха топ тоьхча а хезар доцуш дIа ма вижна хIара-м... Дош дан а дацара, хьо хьуо Iуьллучохь а витина...

ХIаъ, билггала цу буса, набаро боьршачу стеган доьналлах ваьккхина Iуьллучу къеначу майрачунна уллохь кхоллаелира цуьнан и ойла: «Сайна везар лаха ма веза ас».

Хан яьлча йижнехь а, са ма тессина хьалагIеттира дегI доьхна йолу Бикату. Керлачу шеран хьалхара де дара. Беркате Стаг вара ван везаш. Цунна шун хIотто дезара. Иза-м гIарбаша дийр ма дара, кхуьнга хьежош а ца латтош. Делахь а, хIусамнана ма ю хьешана дуьхьал яла езарг. Ца ялахь, юьртахь йийцина чекх а йоккхур ю. Дика, хьаха, ду, даарш кечдеш ялла ца дезаш. Куьзгана тIе а яхана, ша куьце яло хIоьттира иза. Хьалха кхуо лелий на хIумнаш дацара уьш. Кху тIаьхьарчу хенахь марзделлера-кх... БатIала, ша цхьанхьа мах бан вахана вухавогIуш, гуттар а совгIаташ дахьара хIусамнанна. Юьхьанца-м кхунна царех хIун дан деза а ца хаьара. Амма зударийн хьекъал сиха кхуьу ишттачу хIуманах. ЧIагарш еш мас хьовзор а, басар хьакхар а карадирзира Бикатуна кестта. Амма цул йоккха къайле а ю кхуьнан. Цкъа ГIизларера, шовда санна хьаьъна а долуш, шишана чохь цхьа мемса-молха олуш долу хи деанера хIусамдас. Хорша еача мала. Цхьана дийнахь дагар деана, ша мича эккхар ю ца хууш, хьаьвзира иаа. Дагадеара мемса-молха. ТIус а баьккхина, къурд бира. Бага ягийра. СхьаIеттоза елира. Амма лазар ловчул хIуъу а дан реза яра Бикату. Цундела хьожа ца яийта, мара дIа а къевлина, легаш дагошшехь, масех къурд бира. Жимма хан яьлча, дегI, пиллаг санна, дайделира. Мерза ойла яьржира коьртехь. Елаяла дог догIура. Иштта сакъераделла цкъа а ца хиллера Бикату. ХIетахь дуьйна, БатIал цхьанхьа дIаса мосазза волу, шена и мемса-молха дар тIедуьллура цо. Вукхо и кхочуш а дора. ХIинца хорша яллалц бохуш а ца Iара хIусамнана. Дог таьIна меттиг ма-еъанехь, дIадиллинчуьра шиша схьаоьцура. Мохсам мелча, божарий а хуьлура оццу хьолехь. Цундела иза шек-м яра-кхи мемса-молханах. Делахь а нахе дуьйцу хIума дацара и.

ХIусамда Iуьйранна ша самаваьккхира Бикатус. Ца ваьккхинехь, делкъахан хиллалц меттара хьала а гIоттур вацара. Реза вацарна узарш а деш, халла тIе бедар юьйхира. Корта лозура. Цу тIе, Iаббалц наб а ца яйти.

- ХIей, хезий хьуна, мичхьа ю сан мачаш?

- Ахь охьаехккинчохь хир ю-кх.

- Сан десара, хьо шаръелла-м йогIу...

- Ахь соьга хIун де боху, ва стаг?

- Хьайн цIумар дIасацае боху-кх.

- Ас и дIасацийча, хьуна мачаш карор юй?

- Важа ешап стенга дахна?

- Мича гIур яра иза, цунна хIума яош хир ю-кх.

- Цуьнга-м хьо хьажа а мегар дара. Мел хиларна кхоьруш яцахь.

- Кхин дан хIума доцуш ю хьуна со.

- ХIан, дитал и. Сийсара хьеший а болуш, совнаха хабарш-м ца дийцира ас? Сан десара, даI ма ду и Даркеш... Къийзориг санна...

- ТIехваьлла хIума ца элира.

- ТIорказ тIехьа хIунда кхийсина хIорш?...

Схьа а эцна, майрачунна хьалха хIиттийра Бикатус неIар-мачаш.

- Цига дIайийша яхана хила а мегий уьш-м. Кхахь, кхахь, -аьлла велавелира БатIал.

- Стенга ваха воллу техьа са а хилале?

- Хьату керлачу шарца декъал ца вича вер вац. Наха лоруш стаг ву иза.

- ХIума кхоллий ахь?

ХIума кхоллу хьошалгIа воьдуш?

- Меца волчо-м кхоллу, — ца къарлора важа.

- Вай цкъа а ца хилла меца, дуй-деца хьуна, — куралла йира БатIала. Цунах а тоам ца беш, ге тIе куьг хьаькхира, аьлларг чIагIдан санна.

«Иза-м дара хьан, кхин хIума а елахьара, — шен дагахь мпйрачух кхаьрдара Бикату. — Божарийн дозалла ге яц...»

«ХIара стенна карзахъяьлла, яла? - ойла йора БатIала, неIар-мача тIе а ийзош. - Вир санна, телхаш лаьтта. Десачу хьаьвди тIехь а лаьттина, схьаеанчу хенахь иштта яцара. Мотт Iемина богIу зуьдан кIезанна. Гой хьуна, туьра-дитт хилла цуьнан дуьхIал ялар, ас цхьаъ дIааьлча, итт юха а олуш. Бехк-м сан сайн бу-кхи. Качйина. Диннарг могуьйту. Сан десара, иллешкахь вийцина Адин Сурхо со а хир вац, Анзора Зазу-м Бикату а ма яц хьуна. Яц те. Цхьа лол ца тохахь, вер ву моьттуш вац со. ХIара-м гуттар эвхьаза йолуш лаьтта, дуй-деца хьуна».

Майрачунна тIаьхьа араелира Бикату. Бамба санна, Iуьллуш ло дара. Шийла аьлла шийла а яцара. Iуьйре елахь а, эвла юккъе гуллуш нах бара. Берриш а божарий. Зударшка и деза де кхана кхочур ду. Дикка хан яьлла хIара ден цIа яхаза. Цига ца кхетахь а ер яц. Хьалха хилла лулахой ган а сагатделла. Къаьсттина Таймасха. БIаьста бай тIехь гIотту цIен зезаг санна, кхиина йогIуш ю иза. Дависа хьан, къоналла делаI, ма еха ца лаьтта-кх. Бикату а яра и санна цхьана хенахь. ХIинца санна даа а, тIедуха а дацара. Амма хаза мур бар-кх. ХIуъу а даларх, дIалур боцуш.

- ХIусамнана, хьаша чу ца ваийта-м ца хIоьттина хьо цу неIаре? - цхьаьннан аз дийки, хIара ойланех а йоккхуш. «Дела ваа хьо, хьуо везачара, хIан, ваа! Мичара вели, вала?..»

- Дера ца лаьтта, — ца юьйхира Бикату. — Хьаша чохь тIеэцар башха гIиллакхе а ца хеташ, цунна дуьхьал еана лаьтта-кх.

- ХIай, хIай, хIусамнана, иштта алал ахь, - велакъежира ЦIагари.

- Схьа чоьхьа вала, беркате стаг.

- Беркат ма эшаде кху цIен тIехь, хIан, ма эшаде!

- Охьахаал, вай хIинца вузор-м, хьаха, ву.

- ГIоза юийла! ХIума юуш Iийр вац со.

- Дера, сан кхачанах а ца кхеташ, ара-м вер ма вац хьуна хьо, - чIагIьелира Бикату.

Кхузахь доцуш даарш дан а дацара: жижиг, далланаш, хьокхамаш, гIаймакхаш, маларш, ниха, мохсам. ЗайнапагIара хIоттийначу шуьнах къаьсташ дара БатIалгIара хIоттийнарг. Делахь а, ЦIагари вуьзна вара йисина Iачу зудчо цIенчу даггара кечбинчу кхачанах.

- Ахь иштта бохуш хилча, хIара хи чу боьллина хьаьмц кхоллур бу ас, чIогIа безаш ву со хIорш, - аьлла, тIе а кхевдина, хьаьмцийн чам баккха вуьйлира иза. - Моз санна бу-кх. Хьан куьг кхетта хIума кхечу тайпана хуьлийла а дера дацара.

- И-м суна там бан бохуш дара хьан, — эхь хетта кеп хIоттийра хIусамнанас.

- Бакъдерг бен со олуш-м вац, - тешийра цо Бикату. -ХIан, йиънарг Дала сагIа йойла, дIаваха воллу со, - хьалагIеттира хьаша. - Бахам дебийла шун! Вониг ма гойла керлачу шарахь!

- Дела реза хуьлда хьуна а! Кхин жимма Iийна велара хьо!

- ДIагIур ву со.

НеIсагIехьа а ваьлла, цIеххьана вухавирзира хьаша. Лерина хIусамненах бIаьрг туьйхира:

- Ун ма кхета хьан дегIах, хIан, ма кхета!

Сихха аравелира. Когаш лахийча санна йисира Бикату. «И хIун дара-а? Дерриге а дегIе зуз хьаьди-кх сан. Лаа-м дарий хьовха. Ватта, сан дела, там бара, цуьнан соьга безам бахана хила! ХIан-хIа, иза кIантстаг ву, къона, ирча вац... Тарделла хир ду суна. Вуьшта, цхьа тамашийна-м хьаьжира иза соьга. Хьаьжира те. ДIакхалла санна-м... ТIаьхьа а ца ели-кх со цунна. ХIума дага-м ца догIур техьа?.. И муха элира цо? «Ун ма кхета хьан дегIах»... ХIан-хIа, тIаккха тIетуьйхира: «ХIан, ма кхета...» Догхаийтар санна хIума ма ду иза-м. Елла яла со делаI, и хIун ойланаш ю ас йийраш, ян! Цхьа хIума дIатосалахь, СтаргIано юьйр дера яра со, бIаьрганегIар ца тухуш. Иблис ду суна и боьха хьехамаш бийриг... Дала ларйойла...»

Сов цIа чу еара гIарбаш. Букъ сеттина, багахь цхьа а церг а йоцуш, малхехь якъийча санна, оза йоккха стаг яра иза. Цунна шена а ца хаьара ша мичара-мила ю. Бер долуш обаргаш олучу цхьана къизчу наха цIера ядийнера. Цхьана йоккхачу базарахь йоьхкира. Дала седа дуьхьал войла иза эцнарг! ХIинца а и хан дагалаьцча, хорша йогIу йоккхачу стагна. Ма бала лайра. Цомгашчу зудчуьнца ша Iаш вара хIара эцна воккха стаг. ЦIен тIехь мел дерг кхо дан дезаш дара. Цуьнца-м хIара ларайора. Цомгашчуьнга а хьожура. Буьйсанаш тIейогIуш ца хиллехьара...

Буьйса тIе ма-еъанехь, мичча а хIара дIалачкъарх, схьа а карайой, ша волчу дIатакхайора воккхачу стага. Гуттар далхош дерг цхьаъ хуьлура: «Со-м хьан дуьхьа воллий, Iовдал».

...Дукха хье ца делира и шиъ. ХIара ша йисира. Амма белларш дIаберзийна а ялале, хIусамден верас велира. Кхечу юьртара дешича. Цхьа хан дIаяьлла стаг вара иза а. Маж а йолуш боьрша стаг гича, Iетто дог оьхучу яьллера йоI. Цундела хи тIе йоьду а аьлла, едда оцу юьртара яйра иза. Ца кхочуш меттиг ца йисира. Амма декъала цхьанхьа а ца хилира. ГIизларарчу базарахь БатIал тIеIоттавелира цунна. Цо къа а хетта, ша волчу цIа ялийра иза. Ткъе итт шарера яьлла гIарбаш йоккхачу стеган куьце яхнера. Цо кIелхьараяьккхина хила а тарлора иза БатIалан камIарех. Важадерг хьалха а ма-хиллара дара: цомгушчун Iуналла дар, цIен тIехь а, арахь а яцар.

- Делин доьхьи, ма миска ду БатIалайн и доккхах доли зуд, -бохура гIарбаша. - Бапиг а ца дуу. Дала доллу хьона из.

- Цунна-м хIума хир дацара, - ша ечу ойланех елира Бикату. - Лен тайпа дац. Бежнашна хьалха йол тесний ахь?

- Таснай, Делара. Хи тIе а ма яханай.

- УьйтIара ло дIа хIунда ца хьокху?

- Дала охьадаитай беркат ма дай из.

«Беркат делахьара-м, сан керта а ца догIуш, къона марой болчеран керта деана хьаха хир дара иза», — олура цо мIаьрагонехь. Хозуьйтуш элира:

- Хьайга бохург дичхьана йолу хьо.

- Ай, со-м доьхьала ма яций, - араяла тохаелира гIарбаш. Доллучу дуьненна оьгIазъоьхура Бикату. Цунна товш хIума

дан а дацара кху тIаьхьарчу хенахь. Наб а яйнера. «Ун ма кхета хьан дегIах». Муха тида деза и дешнаш? Юкъ тIера дIаяьккхич«, кIелахь алу гIуьтту кIегий догуш санна хьал дара кхуьнан кийрахь. Чохь кхин Iа а ца елла, уьйтIа елира иза.

Кегий нах лайн гIап юттуш бохкура. Царна юкъахь цунна невзира Олхазар. «Дависа, цунна цхьа барт баккха йоцу йиш. Ткъа цунна улло хьийзарг? И дера ву ЦIагари... Ша везачо ваарг». Везачо виъча-м, кхунна а кхача мегара цунах дакъа. Олхазар санна куц долуш вацахь а, БатIаршал гIолехь-м ву... БатIарш! И цIе хIинцца тилли-кх цо шен майрачунна. СтаргIа-м мичахь яра иза, БатIарш ву-кх, ша ма-варра... Елаяла балда озийра цуьнан. Цхьанхьа ген тIингар юзош воллуш хир ву, хьераваьлча санна... Сийна цIе йолийла-кх хIокху дуьненах, хьо къанвеллера аьлла, ас сайн жималла-м ца йойу елахь!

Наджигонцхойн ловзаршна кечам беш бара гиххой. Юьртан мпйда дIалаьцнера кегийчу наха. Лайн гIап еш бохкура уьш. Дукха хьалха дуьйна дIа вайнахана юккъехь кхолладелла гIиллакх дара иза. Лайн гIап шатайпана набахти яра, шена чохь малх лачкъийна йолу. Йина ма-еллинехь, цунна го а бой, дIахIуьттура кегий нах. Лайн мижаргаш а дой, уьш детташ, гIап йохайора. Цу кеппара малх Iаьнан цIийнан йийсарера паргIат-боккхура.

ГIопах боккха лайн барз бен ца бисира. Олхазара хьалха дуьйна кеч а йина, юьстах охьайиллина йолу ножан гуьйриг юьйгIира цу борза тIе. Дитта тIехь масех га дитинера. Царна тIе оьхкинера бIараш, Iежаш, чIургаш, ялтин кенаш. Гоьрга тIе чиркхаш тосуш воллура ЦIагари.

Ловзар дIадоладалале хьалха чиркхаш латийра. Юьртахошна юккъера хьалха велира Даркеш. Массо а дIатийра. ХIинца иза гиххойн цIарах ГIура-Нанига дехар дан хIуттур ву.

- ГIура-Нана, - дIадолийра цо, - юха а хьан дикане сатесна, дехар дан дохку тхо хьоьга. Вочух ларделахь тхо. ОьгIазгIой, хьайн диканах ма дахалахь. Ялта хьийкъина кхиийталахь тхан кхаш тIехь. Шен хенахь догIа доуьйтуш, шен хенахь малх кхоьтуьйтуш. Тхан даьхни Iахара ма диталахь. Дебийталахь хIусамашкахь беркат. Мехкарий хаза, кIентий оьзда кхиийталахь тхан.

- ГIура-Дада, хIинца хьоьга дехар а ду тхан. Дикачун декъах ма дахалахь тхо. Вочух ларделахь. Хьан сийнна йоккха цIе латайо оха хIокху майданахь. Маьлхан ницкъ алсамбаккха. БIаьста цуьнан серло дуьненчу яржийта.

Суьйренан бода тIебазбелла майда серлайоккхуш, цIе летира юьртан майданахь. ДIадоладелира хелхарш дар. Сакъера араяьллера дийнна юрт. Схьахетарехь, цхьа Хьажа-Iела бен вацара оцу дезачу дийнан ловзаргахь дакъа ца лоцуш. Ур-атталла, Хьату а веанера кхуза.

ГIийла богучу къуьданан серлонехь халла бен ца къаьстара Хьажа-Iелин юьхьан аматаш. ОьгIазваханера иза. Цунна шера хезара сакъоьруш болчеран гIовгIа. Пондаран аз. Вотанан тата.

- Мунепакъаш, - бохура цо ша шега, - стенах даккхийде шу? ХIара дуьне-м гIан дай. Самадовлар ма ирча хир ду моьтту шуна. Iехаделла адам, Iехаделла.

Дагадаьхкира шен бераллин шераш. ХIетахь хIара а хуьлура иштта керла шо даздечарна юкъахь. Дохк лаьттара кхуьнан бIаьргаш чохь... Ца девзара бакъ дин. КъурIаной, жайнаший схьадиллира кIантана дерриге а. ХIинца цунна хаьа нийса некъ мичхьа бу...

Меллаша неI еллаелира. Чоьхьа велира сакъераделла волу Олхазаррий, ЦIагарий. Суьйре дика йира.

- Ва Хьажа-Iела, хьо ма ца гира тхуна юьртан майданахь? -вукхо дуьхьал жоп цадалар кхин тергал а ца деш элира ЦIагарис. - Дийнна халкъ ду-кх керла шо даздеш.

- БIаьрзениг бердах воьдура аьлла, цунна тIаьхьа хIотта ца оьшу сагушверг, - ойлане хилла вистхилира хIусамда. - Бусалба динан дайша магош доцу хIумнаш ду аш лелораш. Суна моьттинера хьой, ЦIагари, хьой, Олхазар, Делаца дуьйцучарех ву. Сайн ламазашкахь шуьшиъ воьхура ас Хастамхиларе. Эрна хилла сан доIанаш. Ког шершачу новкъа хIоьтти... Ас сайн мурдаш леринера шу. Шуьга барт хоттучу дийнахь хьалха а ваьлла, тоьшалла дан кийча вара... Иблисан зурма мерза ю. ХIун дер тIаккха, Дела ву-кх дерриге а гуш...

- Сан устаз, - воьхна хиларна, толкха лелха волавелира ЦIагари, - ма алахьара ахь иштта. ХIун бехк бу тхан? Тхуна хаа ма ца хаьара. Ахь хIинца санна кхетийнехьара... Дагахь а ма дацара...

- Хьажа-Iела, — холча хIоьттинера Олхазар а, - тхоьгара цхьа гIалат даьллехь, гечде. Лаамаза хилла и, хиллехь.

- Ас гечдарх пайда бац, тIехь Iаш волчунна дерриге а гуш хилча, - бIаьргаш хьала хьажийра хIусамдас. - Иза Iехалур вац вайга.

- ХIун де оха тхаьшкара даьлла гIалат нисдархьама? - дегочу озаца хаьттира ЦIагарис.

- Сан балдашна юккъехула схьадолуш долу Делан дош шун лере кхаьчнехь а, дегнашка ца кхочуш дисна хилар хии суна тховса, - лен велира Хьажа-Iела. - Цу тIехь цхьана декъана сан бехк хила а мега. Дашах теша хала ду... Ас дечунна тIехь тешор ду шу Делан къайленаш яккхий хиларх.

Иза а аьлла, хIусамда дехьа чу велира. Цо лелочух ца кхеташ, неIсагIехь лаьттара Олхазаррий, ЦIагарий. Хье ца луш, гучувелира Хьажа-Iела.

- Схьанехьа валий, хIоккхуза охьахаал ший а, - истанг тесна цIенкъа юкъ гайтира цо. Кегийчу наха кхочушдира шайга аьлларг. Улло охьалахвелира ша хIусамда а.

- ХIара буц шатайпана буц ю, - элира цо, хьешийн цецбовлар а гина. - Лаьтта тIехь цхьа меттиг бен яц иза кхуьуш. Мил-милла а тIекхочуш, хьаьнг-хьаьнга яккхалуш а яц. Цуьнан бахьана ас довзуьйтур ду шуна... Боккха ницкъ боллу хIокху бецах. Доккха са доккхуш, чуозалаш цуьнан кIур. БIаьргаш дIахьаббай, дегI малде. Цхьана а хIуманан ойла ма е. Лерина ладогIа сан озе... КхидIа хиндерг шуна шайна гур ду. Кечло...

Хьажа-Iелас ма-аллара дира кегийчу наха. Цхьана юкъана тийналла хIоьттира чохь. ТIаккха меллаша догIу хи санна, дека доладелира хIусамден аз: «ЛаилахIа иллаллахI, Мохьаммадан расулуллахI. Делан къайленаш дукха ю, стиглара седарчий санна. Ас шуна юьйцур ю царех цхьаъ. Лерина ладогIалаш. Бусалба нахана гIазот диллина Дала. ХIун ду гIазот бохург? Керстанашна дуьхьал болу тIом. Iожалла яц оцу тIамехь стагна карор ерг. Ялсамане ю. ТIом кхехкачу оцу буьрсачу муьрехь стиглара лаьттахь хуьлуш долчуьнга хьуьйсуш хир бу хIуьрлаьIан мехкарий. ХIарий, хIарий сан ву бохуш, къестор бу цара майра леташ болу бусалба кегий нах. Церан синошна меттиг ялсаманехь кечйина ю... Гой шуна баьццара варкъ даьккхина бошмаш?.. Шурин татолаш... Мерза стоьмаш...

Боккъалла оцу дерригенан а суьрташ хIуттура Олхазарна хьалха. ДегI бодделла, дешаш санна хеталора. Мерза ойланаш хьийзара коьрте... ГIан ду хIара, туьйра ду?.. Дуьненца йолу зIе хаьдда, хIинццалц девзина доцчу дахарца вехара Олхазар.

Ишттачу хьолехь вара ЦIагари а...

Хьалха меттавеара Олхазар. ХIинц-хIинцца хIорш охьахевшича санна, шек а воцуш Iаш вара Хьажа-Iела. Ткъа кхуьнан накъост, набаро лаьцча санна, дIатевжина Iуьллура. Хиллачух ца кхетара хIара.

- Хьан накъост меттаваллалц собар дийр ду вайшимма,-элира Хьажа-Iелас. - Муха хийти хьуна?

- И хIун дара, ва Хьажа-Iела? - хаттарна дуьхьал хаттар дира вукхо.

- Сих ма ло, сан кIант.

- Самаваккхий ас?..

- Иза набарх вац. Цуьнан са, дегI а дитина, цигахула, - ирх пIелг хьажийра цо, — лелаш ду. Собарде, и юха а цуьнан дегIе доссалц.

ЦIагари, и дешнаш хезча санна, меттахъхьайра. БIаьргаш схьабиллира. КIегара хиира. Гонах дIасахьаьжира. Олхазарна санна, хьацар тоьхнера цуьнан юьхь тIе. Хьаж тIе куьг хьаькхира...

- ХIинца хаьий шуна, мел хала ду дегIера са долуш, — элира Хьажа-Iелас. - Шун синош, дегIан ботт дIа а тесна, стигла довлуш ницкъ хиларна, тоьхна хьацар ду и...

Доза доцуш инзарваьлла ши накъост вовшашка хьаьжира.

- Шуьшиъ кхеттал хIума ас дийци, - озехь кIадвалар хаадаларца элира хIусамдас. — ГIеххьачул ган а гайтира... Дисинчун ойла шаьш е.

- Тхан хьекъал тоьурий техьа и дан, сан устаз? — шекъхилира ЦIагари. - Ма доккха хIума дара и дан!

- Адаман мотт къен бу-кх шуна хезначунна а, гиначунна а кхин тIетоха...

Iелина (Хьажа бохург тIаьхьо кхийтира цуьнан цIарна тIе) дагадеара, дуьххьара оцу бецан кIур чу а уьйзуш, моллин озе ладоьгIуш ша Iер а. Цундела цунна дика хаьара кегийчу нахера хьал. ЧIогIа инзаре хIума дан а дара и. Цул тIахьа цхьа а шеко йоцуш тIеийцира кхуо бусалба динан хьехамаш. Тешна вара хIинца изза хIокхара а дийриг хиларх.

Селхана луларчу юьртара стаг веанера хIара волчу. Хабар дохьуш. Кестта имам вер ву. Цунна кийча хила деза... Мила ву иза, кост дохьуш веанчо ца дийцира. Амма тешийра и бакъ хиларх. Цо тIом болор бу керстанашна дуьхьал. ТIаккха массо а ламанхой гIовтта беза. Гиххошна юкъахь и болх дIабахьа декхарийлахь верг хIара ву. Иштта боху имама. Цунна вевза Хьажа-Iела. Дуккха а диканиг хезна цунах лаьцна. ХIинца гIуллакх тIехь и дерриге а гойту хан тIекхаьчна.

Цундела вара Хьажа-Iела сиха. Уггар хьалха къийсамна гIовтта кийча кегий нах хуьлу. Уьш тIехьа ца хьуьйсу. Майра бу. Олхазаррий, ЦIагарий хьалха ваьлчахьана, царна тIаьхьа хIуьттур бу массо а гиххой.

ХIинца и ший а гIазот дIакхехьалур долуш ву. Цара хьалхара гIулч яьккхина, гIопана хехь лаьтташ болу салтий а байина.

- Хьажа-Iела гIелвеллачух тера ду, - элира Олхазара. - Цуьнга садаIийта деза. Кхуьнан буьйса дика а йина, вайша дIавахча, бакъахьа хета суна. Кхана чекхдоккхур вай вешан къамел.

И хезча, хIусамда гIийлла велавелира.

- Ахь юьйцуш йолу кхане тIееана вайна, Олхазар. Буьйса чекхъяьлла. ДIахьажал ара...

Керлачу шеран керла де дара лаьтта тIехула шен серло яржош.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)

Неудачно.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека