X
ХIокху ламанан махкахь ша яьккхинчу хенахь иштта шийла деана Iа дага а ца догIу Савелийна. Соьлжана буто ша бинера. Наггахь долчу дийнахь диллина ло гоьллец кхочура. Дикахьаха ду, даго шортта дечиг долуш. Iа цу кепара шийла догIур дуйла хууш санна, кечдинера кхушара дечиг. Хьалха пен санна лаьттина хьун хIинца юкъ яьшча санна хеталора, гIопара дIахьаьжча. Ши салти вийначул тIаьхьа кхин сагатдеш ламанхой а бацара. Цхьанаэшшарехь дIадоьдура гIопара дахар.
Iуьйранна гIеттина, ара а ваьлла, лайца юьхькуьг дилира поручика Покровскийс. Пиллаг санна дай хетара цунна шен дегI. Сийсара вехха кехатех ловзуш а Iийна, цул тIаьхьа чагIаран ши шиша дассийна бен дIа ца вижнехь а, дикачу дог-ойланехь самавелира иза. Бамба санна диллина ло гича-м гуттар хазахийтира. «Бакъдолу оьрсийн Iа ду-кх», - ша шега элира цо. ЦIеххьана дагатесира: «Дера веза со тахана талла ваха, мел исбаьхьа де ду!»
Шена цкъа марзделла хIума дуьтучех вацара поручик. ХIоъ-молха чудуьллуш ши топ а кечйина, говрана нуьйр а тиллийтина, шеца Савелий а эцна, Iуьйре дIаялале аьлла, хьуьнах дIатилира иза.
Туьйранехь юьйцуш ма-хиллара яра Iаьнан хьун. ТIе ло диллина дазделла генаш лаьтта охьаситтинера. Говраш а халла бен дIа ца яхалора доккха диллинчу лайлахула. Ши бере тосавелла, «къар-къир» деш, къигийн Iаьржа марха хьийзара кхарна тIехула.
Хьалха тIеIоттавелларг пхьагалан лар яра. Говрара а воьссина, лерина и мича йоьду хьаьжира Савелий. Куьйган эшарехь лайно хьулйинчу кулла тIехьа гайтира цо. Покровский кхийтира. Цу агIор дIайолаялийтира ша тIехь волу говр. Кхерам хаабелла, Iодара кхоьссича санна, дIаиккхира пхьагал. Амма тIаьхьа дара. Хьажа а йина топ туьйхира поручика. Пхьагал тIекIел а иккхина, ша Iуьллучохь когаш а хьаькхна, дIатийра.
- Нийса тоьхна топ яра, хьан сийлалла! - хастийра Савелийс эпсар.
Хьуьнан юккъе мел гIоьрти, ло алсам дара. ЦIеххьана сай гучубелира. И дIабадарна кхоьруш, хьажа а ца еш, топ кхоьссира Покровскийс. ТIе ца кхийтира. Лергаш ирх а дахийтина, дIаиккхина, тIепаза байра сай.
Таллархой кIадбеллера. Говрашка а са ца даIийтича дер дацара.
- Хьан сийлалла,- элира Савелийс- Делкъе ян хан тIекхаьчна. ХIума кхаьллича а хир дацара новкъа.
Цхьана доккхачу дитта кIелахь меттиг кечйира. Каде хьаьвзинчу денщика цIе латийра. Иштта сиха кечбира цо кхача а.
Покровскийс кхечарна юккъехь къастош вара Савелий. Цкъа-делахь, тайна стаг вара иза. Ала хIума ца дуьтуш, кхочушдора шена тIедиллинарг. ШолгIа-делахь, хIуманах кхуьуш вара. Совнах хIумнаш а дацара цуьнца. Кхин цхьа хIума а дара поручикна цуьнгахь товш - оьрсийн ахархошкахь хуьлуш йолу догди-каллий, хIилла цахиларрий. Ишта вац Хьаьрсаниг. Иза санна болчарах хуьлу боккхачу новкъахула дIавала а, схьавала а ца вуьтуш болу къуй. ТIера бIаьрг дIабалахь, хIуманах ка йохуьйтур йолуш а ву, ахь верах даре а дийр дац.
Савелийца шен генара бералла дагайогIура Покровскийна. Кхуьнан чIогIа терго йора Савелийс. Цо Iамийра кхунна хьуьнхахь жIаьлин нускалш леха а, чIерий леца а, говр хахка а. Оцу берийн дагалецамаша а чIагIйира поручикан шен куьйгаллина кIел волчу салтичуьнца йолу уьйр.
Беха ца Iийра таллархой садоIуш. Делкъал тIаьхьа ерг кIезиг хан яра. Iай суьйре хьалхе юлу. Цундела сиха вара хIара шиъ.
Таллархойн аьтто белира. Экхан лар тосаелира царна. Шеко йоццуш, лу дахнера кхузахула дIа. Цуьнан лорах воьдура эпсаррий, салтий. Генна дIаихира хIара шиъ. Лар хедаш яцара, экха а ца долура гучу. Муха йоьду а ца хууш, дIайоьдура хан. Цкъа-шозза вухаверзарх дерг къадийра Савелийс. Амма Покровскийс аьттехьа а ца дитира. ХIинций-хIинций луна тIекхуьур волуш санна хетара цунна.
ЦIеххьана буьйлира бода. Лай тIера лар а халла бен ца къаьстара. Покровский кхийтира кхидIа шечунна тIехь латтар сонталла хиларх. Шаьш схьабаьхкинчу лорах бухабуьйлабелира таллархой.
Буьйсанан Iаьржа верта даьржира хьун тIехула. Говраш хьуьх йоьллера. ХIара шиъ тилавеллачух тера дара.
- Хьан сийлалла,- бохура салтичо,- евзаш йоцчу хьуьнхахь, некъ а ца хууш, бодашкахула дIаэхар эрна къахьегар ду. Буьйса дIа а ялийтина, Iуьйранна цIа кхета хьажа веза вайша.
Покровский ца ваьлла реза хилира. Говраш дIатесна Савелий воллушехь, поручика дитта кIел буьйса яккха меттиг кечйира. Гонахара екъа дечигаш а гулйина, цIе латийра.
Стиглахь цхьа а марха йоцуш, къеггина летта догура седарчий. Беттаса а дара кхетта. Шегахь мел йолу хIума эпсарна тIе а тесна, иза вохван гIертара къена салти.
- Наб кхетийта хьайна, хьан сийлалла,- поручикан доладора Савелийс- Со цхьаъ хилча а тоьур ду сема.
Цуьнан дешнаша сатедира эпсаран. «Мел башха ду,- ойла йора цо Iаьнан хьуьнхахь,- буьйсанна, кхетта беттаса а долуш, дитта кIелахь набарна товжар!» БIаьргаш шашах дIахьаббелира.
- Же, чехка хьалагIатталахь, хьан сийлалла, вижна Iуьллучохь дац хьуна гIуллакх! - набарх долуш санна кхечира цуьнан лере къеначу салтичун аз. Иза самавелира. Хьалха цунна гинарг воьхначу Савелийн юьхь яра.
- Берзалой, хьан сийлалла! - доцца элира вукхо. Амма Покровский буьззинчу барамехь кхийтира шайна тIехIоьттинчу кхерамах.
Дуьххьара адамаш тосаделларг Сира борз яра. Ши де дара цуьнан кийра кхача бахаза. Доккха диллина ло - цIена бохам бу берзалошна. Дерриге а бохург санна акхарой шайн баннашний, Iуьргашний чохь дIатоь. Кхетамза цхьа экха арадалахь а, цунна тIаьхьаида хала хуьлу лайлахула. Атта-м вукхунна а дац...
ТIаьххьар а пхьагалан хьожа кхийтира Сирачун мере. Хазахетта, кийрахь дог тохаделира. МераIуьргаш юсаелира цуьнан. БIаьргаш гонахарчу лай тIехула кхерстара. Карийра ша лоьхург. ХIинца коьртаниг собар дара. Ткъа лар талла Сираниг йита аш.
Ижуна тIаьхьакхиъна йоллуш йоллура иза, цIеххьана цуьнан новкъахь адамаш хIиттича. Пхьагал бен кхин хIума дагахь доцуш, цуьнан лар толлуш йогIу Сираниг нийсса таллархошна тIеIоттаялаза йисира. ЦIий хьаьвзира цуьнан бIаьргаш чу. Адамаш! Кхуьнан уггар луьра мостагIий! ХIинца а ижу яккха бохку-кх уьш кхуьнан багара!
Сирачунна моьттинарг бакъ хилира. Жимахволчу стага пхьагална тIе шен цхьа хьожа йолу - эчиган а, тоьпан молханан а хьожа - цIе тухург ма леццинехь, барзо догдиллира ша тахана пхьагалан жижигах кхетарг хиларан. Цунна дика хаьара ишттачохь гIуллакх стенца доьрзу. ТIекхетта, шена новкъарло йинарш цесттал бIарзъеллера Сираниг. Делахь а, и ца дал хьекъал доцуш а яцара. Иза тулур йолуш дов дацара адамашца дерг.
Мацалло хьуьна юккъе лаьллира Сираниг. Цигахь мукъане а бер бацара техьа аьтто.
Юьхьанца Сираниг теша а ца тийшира шен бIаьргашна гиначух. Мацалло бIаьрса гIелдина, бIарлагIах тарделира цунна и. Меттахъяьлча, шена хьалха хIоьттина и исбаьхьа сурт довр долуш санна хеташ, лаьттира иза цхьана юкъана, доьIу са а лахдина.
ХIан-хIа, шеко хуьлийла дацара: кхунна хьалха берг сай бара. Дог ловзаделира. Тебаш, цунна герга гIертара борз. Сай шек а боцуш, хьалхара коган берг етташ, ло дIаса а туьйсуш, бацана тIе кхийдара.
Сирачун дог сихделла детталора. Са кIамделлера, дIа тIе а хьаьдда, цуьнан дегIах шен ира цергаш яхийта. Амма ша шен сецайора: йоккха меттиг яра кхарна юккъехь ерг.
Къоначу сен довха жижиг шен багахь долуш санна, цхьа мерза ойла яьржира коьртехь. Туйнаш довлуш хааделира цунна. Iалашо тIеттIа герга кхочуш лаьттара. Дерриг дегI дула а делла, Сираниг кхоссаяла кечъеллачу хенахь, юха а дагахь доццург хилира. Мичара вели ца хууш, гучувелира тохарлерра ши таллархо. Дог-м ца иккхира Сирачун, кхидерг дерриг а хилира.
ХIинца цунна дицделлера шен мацъялар, ша схьаяре хьоьжуш, Iуьргахь кIезий лардан йисина АстагIниг, хIокху дуьнен тIехь мел дерг. Иза хIинца ехара цхьана лаамца, цхьана ойланца, цхьана Iалашонца - берзан бекхамца.
Адмашна тIера бIаьрг дIа ца боккхуш, церан лорах йогIура Сираниг. ХIоьттинера иза, гIелъеллера, атта дацара цунна шина говран боларца лараяла, амма кийрахь кхехкачу бекхамо гIо дора ша юьхьарлаьцначу некъах ца йоха.
Де берзан мостагI ву, буьйса - тешаме накъост. Цундела ларбора цо бода. «Дависа, бода тIебагIахьара!» ТIаккха цуьнан ницкъаш уьттаза совбевр бара. ТIаккха цо йоькхур яра шена йина харцо. ТIаккха Iабор дара цо шен дог.
Iаржъелира. ХIинца борз сапаргIат яра. Буьйсанна хьуьнан да иза ю. Цу тIе, таллархой тила а беллера. Ца гуччу а яьлла, цара кхидIа хIун до хьоьжуш Iара Сираниг. Таллархоша говраш дIатесча, иза кхийтира ша Iалашонна герга хиларх.
Адамаш хьуьнхахь буьйса яккха севцира. ТIекхечира бекхаман хан. Сираниг хьекъал долуш борз яра. Ша цхьаъ даш тухургаш йолчу шина стагца ларор йоцийла хаьара. ХIокху буьйсанна берзалоша Iожаллин той хIоттор ду кхузахь. Сирачо цига кхойкхур ю шен езар АстагIниг. Гулйийр ю арданг а. Пхьор доцуш юьсур яц тховса хьуьнхара берзалой.
ХIара Iуьрга дIакхаьчча, АстагIниг дуьхьал араелира. Иза мацъеллера. Цуьнан зорхано кхача боьхура. И цунна бан яханера Сираниг. Майра а, тIахъаьлла а хиларна ма къастийнера цо и Сираниг кхечу берзалошна юкъахь.
Мел лерина яхарх, жижиган хьожа ца кхийтира АстагIчунна. Сираниг ижу а йоцуш йирзинера юха. Цкъа а хилла хIума дацара и. Цхьа де, ши де а долура Сираниг талла яханчуьра юха ца йогIуш. Амма АстагIчунна дага ца догIу иза ижу а йоцуш цIа ерзар. «ХIун ду хилларг? Муьлхачу некъахьовзамо баьккхи вайн доьзал пхьуьйрах?» - бIаьргашца хоьттура АстагIчо.
Сирачун хан яцара хIара кхетош ялла. Цундела цо иза шена тIаьхьайийхира. ДIакхаьччахьана хуур ду хьуна дерриг а, бохура Сирачо шен леларца.
Кхечу берзалошна хеззачу а яьлла, угIа хIоьттира Сираниг. Адамашна цхьана тайпана хета берзалойн угIар. Амма и иштта дац. УгIарца барзо хоуьйту хазахетар, халахетар, нускал харжар, кхерам хилар, кIорнеш яр. ХIинца Сирачо шеца цхьаьна талла кхойкхура берзалошка. Царна иза хаза а хезира. МаьI-маьIIера кху шинна тIеэха юьйлаелира уьш. Кестта арданг стамъелира. Сираниг хьалха а яьлла, цунна улло хIоьттина АстагIниг а йолуш, тIаьхьа евлла важа берзалой а йолуш, хьуьна юккъе дIатилира уьш.
Сиха карийра адамаш буьйса яккха севцца меттиг. Ижун хьожа кхетта берзалой карзахъевлира.
Уггар хьалха говрашна тосаелира берзалой. Синтем байна терса юьйлаелира уьш. Берзалой герга теIара. ХIинца говрашна бодашкахь къегаш долу церан бIаьргаш шера гора. Доза доцуш боккха кхерам боьссира церан дегнаш чу. Лаьттачохь дIасахьийзаш, масъеллера говраш.
Сирачой, АстагIчой адамаш лецира Iалашоне. Вукхара говрашна йоьгIнера. Ма-дарра аьлча, АстагIниг башха тIера а яцара адамашца девне яла. Дукха хьолахь экха оьшуш доьрзу цаьрца долу тасадалар. Ишттачохь шалгу Iоьттина, яьлла хIара астагIа. ХIетахь а дов долийнарг Сираниг яра. Нахаца цхьа мостагIалла долуш ю-кх иза. Дера, хIара тIе ца хIоьттинехь, Сирачун цIока яьккхина хир ма яра наха. Бакъду, хIинца адамашкахь дерг хьоьгур воцуш хьал ду. Буьйса, луьста хьун, тIекхача доцу орца. Амма адам муьлххачу а хьелашкахь а кхераме мостагI ву.
- Савелий, говрашка хьажа, говрашка! - царна тIехь кIелхьараваларх догдохура поручика.
- ТIаьхьа ду, хьан сийлалла,- дуьхьало ян кечвелира къена салти.- Берзалоша го бина царна.
- Соьгахь тапча ма ю,- ша-шен иркара хIиттавора Покровскийс.
- Тапча дика герз ду цхьана барзана дуьхьал, амма ардангана дуьхьал хIумма йоцург а ю, хьан сийлалла.
- Суна улло схьахила!
- ЛадугIуш ву, хьан сийлалла.
Говраш шаьш дIайихкина бахтарш а хедийна, хьераевлча санна, дIалилхира. Берзалой царна тIаьхьа тилира. Буха йисира Сираниггий, АстагIниггий, кхин къона борззий. Адамийн цIий мелчий бен ца Iеба ерш...
Беттан серлонехь Сирачунна шера къаьстара жимахволчун аматаш. И вара иза цуьнан багара ижу яьккхинарг. Цунна кхуо бекхам а бийр бу хIинца. Шена уллора къона борз мила ю хьажа санна, цуьнгахьа йирзира Сираниг. Оццу муьрехь адамех цхьамма даш тухург хьажийра Сирачунна тIе. АстагIчун везарна тIе кхерам хIоьттира. Кхин ойла ца еш, цунна хьалха иккхира иза. Топ елира. Кийра морцуш санна хийтира АстагIчунна.
Iадийча санна йисира Сираниг. Кхуьнан езар, кхуьнан тешаме накъост, кхуьнан кIезийн нана лайла а йоьжна, Iожаллин хорша еана, етталора. Дуьне лестича санна, хийтира Сирачунна. Шен езарна тIеяхара. Чов йинчуьра Iийдалучу цIийно датийнера гонахара ло, схьабиллина ши бIаьрг а болуш, гIийла цIийза а цIийзаш, Iуьллура АстагIниг. Цхьа хIума дара цуьнан дог къуьйлург, ойла шелйийриг - кегий кIезий...
ТIееара Сираниг. Бодашкахь къегачу цуьнан баьццарчу бIаьргаш чу хи хIоьттича санна хийтира цунна. Охьа а таьIна, чов йинчу меттиге мотт хьаькхира цо. Кхин дан гIо дацара...
Савелий кхийтира шаьшшиннан кхиэл йина яьлла хиларх. Амма иштта атта са дIалур долуш а вацара иза. Покровский-м догдиллина ваьллера дуьненах. Дерригенна а бехке евдда дIаяхана говраш лорура цо. Уьш ларйинехьара, гIуллакх кху тIе дер дацара. Цунна ца хаьара ша и ойланаш ечу хенахь билггала оцу евдда яханчу говраша шайна орца доуьйтур дуйла...
Шайн са дадийна йоьлху говраш гIелъелла хьуьхйоьллера. Амма болар лах ца дора. Хаьара, шаьш дахарх евр юйла. Ткъа берзалойн Iалашо уьш оцу дахарх а яьхна, шаьш мацаллах кIелхьарайовлар яра. Цаьрца сиха ларорхьама, вовшах къасто езара и шиъ. Дика таллархо ю борз. Хьеха ца оьшуш, хаьа цунна ша дан дезарг.
Цхьа говр мелла а тIаьхьайиснера. Цунна тIе бахийтира берзалоша берриге а тидам. Иза ларамаза дина дацара. Билггал оцу говрана хуьлура хIинца берзалоша еш йолу новкъарло. Шина а агIор дIасахьежа езара цуьнан, катохарх ларбора ший а ха, хаа дезара тIехьа а, хьалха а дерг. Важа говр хецца дIайоьдура, шена хьалхара дитташ бен ца гуш.
Шина говрана юккъехь меттиг ма-еллинехь, берзалой а екъаелира шина декъе. Цхьаерш тIаьхьайисинчу говрах пхьор дан севцира, вуьш, ницкъ а, къонанаш а, хьалхарчунна церг хьекхош йоьлхура, Iодара кхийсича санна.
...Олхазар суьйренга гIур волуш вацара, ша бийна сай тило безаш ца хиллехьара. Тахана аьтто белира цуьнан. Цхьана хIуманах къаьхкина богIу къона сай кхунна тIеIоттабелира.
Жижиг цхьаьнга дIадахьлур долуш дацара. Ткъа хьуьнхахь и дита а ца лаьара. Мацалла яла йохкуш лелаш йолу берзалой я чагIалкхаш тIе ца нислуш юьсур яцара. Цундела Олхазара сацийра, шега дIадахьалур долччул жижиг цхьана декъе а декъна, важа дакъа диттах хьалаолла.
И дерриге а дина валале, бода къовлабелира. Амма кхунна дика хаьара юьрта боьду некъ. Цундела иза цIехьа волавелира. Кхана вухавеана, дIахьур дара дисина жижиг. Эццахь тосаелира цунна хецаелла йоьлхуш йолу говраш а, царна тIаьхьаевлла берзалой а. Кхета хала дацара говрийн дай хьуьнхахь бисина хиларх.
Юьхьанца оцу кхерамечу меттигера сихха дIавала ойла хилира Олхазаран. Амма цхьана гуш боцчу ницкъо сецавора. Кхуьнан гIо оьшуш стаг хуьлий а хIун хаьа... Говраш а, берзалой а къайлаевлира. Делахь а, хьалхарниш шайн мостагIех къастош берг цхьа зил бен-м бацара хIинца.
Олхазар говраш схьагучуевллачу агIорхьа дIаволавелира. Цунна шен пхи пIелг санна евзара хьун. Ткъа говрийн лорах ваха-м иза гуттар говза вара.
Покровскийний, Савелиний иза тIекхечира церан уггар де доьхначу хенахь. Кхин хIара жимма хьевеллехьара, цу шиннан дерг дIадаьллера. Амма гIуллакх чекхдаьлла лара-м хьалхе дара. Уггар кхерамениг Сираниг хиларх сиха кхийтира Олхазар. Цундела тоьпан Iалашоне иза лецира цо. Берзалошна ца гора хIара. Церан берриге а тидам къеначу салтичунний, жимахволчунний тIебаханера.
Топ елира. ЦIеххьана дарц даьлча санна, когашна тIехь саца ца луш, гал а яьлла, охьаюьйжира борз. ДегI дазделира. Къона борз иштта сурт хIоьттича, де эшна накъост дIа а тесна, стешха едда кIелхьараелира.
Сираниг ялаза яра. Амма шийлачу Iожаллин камIараш хаалора цунна хIинца шен лаг къуьйлуш. Хьала а иккхина дIа ца ядалахь а, текхна кхузара дIаяллал ницкъ тоьур бара дегIехь. Делахь а, и дойла яцара. Луьрачу кхаа мостагIчунна дуьхьал цхьалха йиснера иза. Ткъа толам мел герга бара! Аьтто ца бели Сирачун бекхам бан. И даран меттана, шен езарх, АстагIчух ели. Цуьнан дакъа шелонна лаца а делла, кхунна дIанехьо Iуьллу. Мичара велира техьа и кхоалгIаниг? Хьан кхайкхина веара?..
Гонах хуьлуш долчун сема тидам бора Сирачо. ХIинца деккъа цхьа хIума бен ца диснера цунна шен са Iалашдан: берзан хIилла. Ницкъ тулучуьра даьллера.
Тоьпан даьндарго, куьйса кол санна, тIекIел эккхийтина сира борз, кхин меттах ца хьовш, дIатийра. Iожаллин багара велира Савелий, Покровский. ШолгIаниг-м хIинца а дикка тешаш а вацара хиллачух - дукха гIенах тера дара и.
ТIерачу духарх хиира къеначу салтичунна шаьш кIелхьарадаьхнарг ламанхо хилар. Йистехьо лаьттачу Олхазарна тIеволавелира иза.
- Баркалла хьуна, кунак... Дика ду...
Ламанхо цецвелира салтичун духарца волчу гIазкхичо нохчийн маттахь къамел дарх.
- Со салт ву,- кхидIа а бохура вукхо,- иза (поручикна тIе пIелг хьажийра) эпсар ду... Хо мила ву?
- Со нохчи ву-кх,- жоп делира Олхазара.- Гихтара...
- О-о, и дика ду!.. Кунак...- Олхазаран белш тIе куьг туьйхира Савелийс. Маракхийтира.
- Хаттал цуьнга,- вистхилира хIинцца меттаван волавелла Покровский,- гIопа боьду некъ хаьий цунна.
Савелийна шера ца хаьара нохчийн мотт. Наггахь долу дош бен. Цундела цунна Iаламат хала дара ша ала гIертачух ламанхо кхето.
- Салт... Гап... Мича? — дешнаш вовшахтаса гIертара къена салти.
- ГIап генахь ю,- къилбаседехьа куьг ластийра Олхазара.-Вай со волчу юьрта дIагIур ду. Кхана шу дIакхето а хьовсур...