IX
Зайнап самаяьлча, чохь Iаьржа яра. Амма цунна хаьара арахь садаьржинийла. Коре озийначу стеран ахкарго чу серло ца кхоьтуьйтура. Чоь шелъеллера. Берашна тIера хIума дIа а нисйина, араволучохь кхозу неI цхьана агIор дIатесира цо. Дерриг дуьне кIайделла дIахIоьттинера. Оцу кIайлло бIаьргех мехий дохуш санна хоьтуьйтура. И ца лалуш, бIаьргаш цхьана юкъана дIахьаббира Зайнапа. Кеста Iаьнан дийнан серлонах юьйлира иза. Охьакхетта доллучу лохачу божли чуьра етт дIа а Iалашбина, дечиган мор а эцна, чуяхара иза. ТIуьна дечиг лата ца туьгуш, ехха кIожамах тийсалуш яьллира Зайнап. Товхано кIур туьйсура.
КIегаш довллалц а Iийна, кхе мижаргаш дахка йолаелира. Берамала йоьллинчуьра схьаийцира ах кIалд. ХIинца бераш самадаха а мегар дара.
- Же, хьалагIовтталаш,- бохура цо,- кIайн кIант веана шуна вайга хьошалгIа.- Хьалха набарх елира жимах йолу Кхокха. Шен горга, хаза бIаьргаш а бетташ, нанна тIейирзира иза:
- Мичхьа ву и кIант, нана? Цо хIун еана суна?
- Ло деана, дукхаяхарг, шортта ло.
- Со салаз тIехь хахкаяла йохуьйтур юй ахь?
- Йохуьйтур ю, хIума йиъна ма-еллинехь. Хьайн ваша самаваккхал.
Кхокха вешех тийсаяла йолаелира.
- Вай долчу кIайн кIант ма веъна, хIей, гIаттий валахь,-дIасаветтара цо Элберд. Вукхо, дикка самавалаза а волуш, муьшка йира йишина.
- Нана, хIара сох лета хьуна,- арз дира Кхокхас.
- Эхь дац и, хьайн гIогIал а йоцчу йишех летар? - човхийра Зайнапа кIант.- Валал гIаттий, соьга хьайн тIуьска а ца бохбойтуш.
Элберд кхийтира ша ловзориг цахиларх. Бага а гIиттош, паднара тIера охьавоьссира иза.
Берашна хьалха мижаргашший, кIалддий йиллира Зайнапа. ТIе мала морза а хIоттийра улло. ТIера Iаь а гIуьттуш, дика даттаделлера мижаргаш. КIалд а нисъеллера чам болуш. Элбердей, Кхокхигий хаьттича, цул мерза а болуш кхача хир бацара хIокху дуьненахь. ХIетте а хIума йиъна яла сиха яра Кхокха. Цуьнан са арахь лаьттара.
- Чехка валахь, хIей,- сихвинера цо ваша.- Салаз хахка даха дезаш ма ду вайшиъ.- Элберда, нанна ца гойтуш, кIелдIахула буй оьхьура йишина.
КIайн шаршу тесча санна яра уьйтIе. Кхокха хин йисте яха лууш яра, салаз хахка. Амма Элберда элира:
- Ца го хьуна, ло семса ду, латта гIороза долуш. Салаз шершар яц. Цул а, лай-мижаргех ловза вайшиъ.
ОхьатаьIна, лай-мижарг а бина, хьажийна, и йишина туьйхира цо. Кхокха а яцара къарлур йолуш. ХIара шиъ дукха дIасаидарна, йиттинчуьра лаьтта охьайоьжна, бехъелла шаршу санна, дIахIоьттира уьйтIе хIинца.
Кхеран кертаца нисбелира ги йоьхкина белаш а йолуш эвлайистехьа дIабоьлхуш болу кегий нах. Царна юкъахь Олхазар а вара.
- Уьш стенга боьлхуш бу? - хаьттира Кхокхас вешига.
- Каш ахка,- жоп делира Элберда, ма-хуьллу воккха хила а гIерташ.
- Каш хIунда охкуш ду? - духе кхиа лаьара жимчу йоIана.
- Гой хьуна дIораниг,- Олхазарна тIе пIелг хьажийра кIанта,- цуьнан денана елла. Иза лаьттах дIайолла бохку.
- ХIунда елла иза? - те ца туьгура йоI.
- Дала ша йийна дела,- йишин Iовдал хеттарш кIордо дуьйладелира вешина.- Хьан хIун бала бу?
- ХIунда йийна цо иза, къа дац цуьнан? - елхаозийра Кхокха.
- Суна хIинца берам ма баккхалахь,- човхийра Элберда йиша.- Йоккха хилчхьана, хуур ду хьуна...
Делкъе хуьлуш ло дешира. Мархашна тIехьара схьакъедира гуьйренан малх. Йоккхастаг дIаерзийна а бевлла, кешнашкара цIехьа бирзира нах.
- Сан десара, Олхазарна тIе а еза киртигаш ма хIуьтту,- элира БатIала, ког охьабилла хатт кIезиг болу меттиг а лохуш.
- Дала собар лойла цунна,- вистхилира Хьату.- ХIинца цхьа деваша виси-кх цуьнан.
- Шун тидам хилирий,- хаьттира Бекмарзас,- ма чIогIа верас ваьлла хьийза Хьажа-Iела?
- ХIокху Хьатугара моллалла даккха гIерташ лелош хIумнаш дара уьш-м,- кхетийра БатIала.
- И хилла а Iай хьовха? - шен шеко къадийра Бекмарзас.
- ХIунда бохура ахь? - ладогIа кечвелира БатIал.
- И вайн кегий нах кест-кеста тосало-кх суна Хьажа-Iелина тIе лесташ. Лаа дуй техьа?
- Уьш гал ма бахахьара цо, шен и тIуьллаг буьттуш,-гIайгIане хилира Хьату.
- Сан десара, цо и ца леладора аьлла-м дац,- элира БатIала, некъа юккъехь хIоьттинчу Iомана тIехвала а гIуртуш. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Цхьа ког дIа а иккхина, шолгIаниг «чхьоп» аьлла, нийсса Iам чу баьккхира цо.
- Вай даханора,- забар йира Бекмарзас, совдегаран холчахIоттар а гина,- оцу хьолехь Бикатус хьо витахь тамаша-м ма бу!
- Э-э, Бекмарза,- дуьхьало йира БатIала,- хьуна ца евза хьуна сан зуда. Веалара веана а, чу веачхьана кхин бахам оьшуш яц.
- Деллахьа, БатIал, ма корта дIаэцна-кх хьан оцу шоллагIа далийначу нускало,- хьовзийра Бекмарзас совдегар.- Дукха кара ма гIо, хьан а, сан а десара, тешам ма бац хьуна царах...
- ДIавалахь, Бекмарза, дог а догIу хьан-м и бегаш бан,- дай-й дитира БатIала.
- ГIопара хезаш хIумма а дац,- ойлане хилла элира Хьатус.
- Тап-аьлла дIа-м тийна уьш,- хийцавелира Бекмарза.
- Дала диканна дойла и,- доккха са даьккхира совдегара.
- Цига хIотта ма везара вайшиъ, Хьату.
- И дагахь-м со а вара, Бекмарза. Вуьшта, церан ойланашкахь дерг хIун ду ца хууш, сингаттамехь ву-кх.
- Цхьадика, шаръелла схьайогIура вайн юкъаметтигаш. Гуьржех а, Суьлийн махка а эха ца оьшур-кх хьуна, оцу гIопарчу гIазакхашца долу гергарло чIагIлахьара. Церан йоцуш хIума яц.
- Юьртахь хабар даьржина, оцу салтийн балар Олхазаран карах нисдалар туьдуш.
- Сан десара, и иштта хила мегаш а-м ду!
- Дац хьуна и Хьажа-Iелин хьу йоцуш-м. Лаа дац кегий нах цунна тIелестар.
- Кху юьрта ца вогIуш, мичча а ваха велир-кх иза.
- Кхана гIопа гIур ву вайша, Бекмарза. Цхьа йист ца яьккхича, ер яц.
- Со-м кийча ву, Хьату.
- Эшахь, со а вогIур ву-кх...
- Цкъачунна хьашт дац, БатIал.
Кешнашкара богIурш юьртах чубуьйлира. Кхеран некъ ца хадо, хIорш тIехбовллалц бохуш, геннахь сецна лаьттара Таймасха. ТIекхаьчча, Хьатус элира:
- Далла йоьзийла!
Божарий тIех а бовлийтина, шен гIуллакхе дIаяхара йоI.
- ГIиллакхе а кхочуш, хIума хир дац,- Таймасхина тIаьхьа хьаьжира Бекмарза.
- Сан десара, хазалла шегара йоккхур йоцуш а-м ю! -тIетуьйхира БатIала.
Олхазарний, Таймасхиний дуьхьал даьллера дерриг а. ТIедогIучу шоьтан денна хан йиллинера йоIа. Амма цу шинна цхьаьнакхета доьгIна ца хиллера.
БикатугIаьрга кучанна кIадига хьажа йоьду ша аьлла, бахьана а хIоттийна, Олхазар гур вацара техьа бохург дагахь долуш, араяьллера иза. Цунна хаьара къамел хуьлийла доцийла а, лаьттийла хир доцийла а. Делахь а, геннара гича а тоуьйтур долуш хьал дара йоIехь. ТIехьийзачу кIантах дог лозура цуьнан. Иштта хала киртиг тIееанчохь, цунна уллохь хила лаьара.
Кешнашкара цIа богIучу нахана юкъахь бIаьрг кхетар бацара техьа бохуш, дIахьоьжура Таймасха. Амма дуккхачу а адамашна юкъахь везачун аматаш ца тосалора цунна. ТIаьххьарчу тобанца а вацара Олхазар. БатIаллий, Хьатуй, Бекмарзий тIехваьлча, догдиллира йоIа тахана везарг ган шен аьтто бериг хиларх. Царна некъ буьтуш, саца а сецна, ойла йоьхна, цIа яхара иза.
Сингаттам бай ца луш тIееара суьйре. Чуьра гIуллакхаш дина а яьлла, ша юьжучу дIаяхара Таймасха. ГIийла богучу къуьданан серлонехь йоккхачу гIайгIанан IиндагIаш хаалора цуьнан хазачу юьхь тIехь. Ша йисча, гуттар сахьийза делира. Язъелла ойланаш Олхазар волчу кхийдара. Дог кхойкхура цуьнга...
Набаран суй ца кхеташ, дIаоьхура буьйса. Цуьнан боданца къуьйсура кхуьнан сирлачу бIаьргаш чу хIоьттинчу сингаттаман бодано. Арахь мох угIура. Цо кхин а марсайохура йоьIан карзахе ойланаш.
Сахуьллуш наб озийра цунна. Вон гIенаш гора: шайн уьйтIа тезета даьхкина адамаш, марчо хьарчийна Олхазар, доIа деш лаьтта Хьажа-Iела, нускалан духар а тIехь ша, тIаккха цхьана кIоргачу Iин чу южу хIара, мохь хьакха гIурту, амма багара аз ца долу...
Оцу буса наб Олхазарна а ца кхетара. ДIавуьжийла ца хиллера цул хьалха дIаяханчу буьйсанна а. Денана мотт сецна, са ийзош Iуьллура. Деваша а, цуьнан хIусамнана а, кхуьнан лулахой а бара ялайоллучунна тIехь лаьтташ. Цара паргIат хила аьлча а, дехьа чу а ваьлла, дIа ца вижлора иза. Ненан меттана хилла схьаеанера цунна йоккха баба.
Валаволлу стаг, иштта уллора, дуьххьара гора Олхазарна. Хала сурт дара и. Йоккхачу бабин юьхь тIехь бос бацара. ГIелъелла дIаяьллера иза. Ши бIаьрг хьаббина бара. ХIаваъ цатоьуш санна, халла доьIура са. КIадъелла-кх иза, аьлла, дагатесира Олхазарна. Цу тIехь кIентан кIант бакъ а вара. Iожаллица къийса кхин гIора дацара йоккхачу стагехь. ДегIера ницкъ дIабаьллера. Амма са, камIараш етташ, тийсалора, кийрара дала ца лууш. ДIабоьдура дахарний, Iожаллиний юккъера луьра.къовсам. Буьйса юкъал тIехъяьлча, Iожалла туьйлира...
Докъана уллора дIа ца волуш, сахуьлунга велира Олхазар. ХIинца паргIат хетара йоккхачу бабин Iиллар. КIентан кIантана-м наб озийна, дIатаьIча санна хетара иза, меттах ма яьккхинехь, сама а ер йолуш. Амма йоккхачу стагна кхеттарг цкъа а кхин ца гIотту наб яра.
Iуьйранна хIара араваьлча, ло диллина карийра. Шийла яра. Дан дезаршна тIера дIадолалуш дара рогIера де. Дийнна хIокху юьртахь цхьа адам хилир-кх цуьнан хьашташца бала боцуш -йоккха баба.
Цхьалха араваьлла Олхазар шелоно хабийра. Дуьне кIайдеш диллина хIара дерриге а ло шен даг тIе диллича санна хийтира цунна.