VIII
Юьртан маьждигна хьалхарчу майданахь, суьйре тIе ма-еъанехь, пхьоьха хIуттура. Цигахь девзара гиххошна дIадоьдучу дийнан керланаш, цигахь дийцаре дора некъаш я тIеш тодаран гIуллакхаш, цигахь уьш вовшех дагабовлура, кханенан ойла йора. Цкъа а ца юхура пхьоьха забар йицйой.
Хьалха гIортийначу Iасана тIе а вазвелла, тIулга тIехь Iачу дезткъа шо долчу Даркешна го бинера юьртахоша. Ханна баккхийнаш кхузахь леррина дехкинчу тIулгашна тIе охьаховшура, вуьш ирахьлаттара. ХIокху тIаьхьарчу хенахь цхьа шашаха нисделлера-кх пхьоьханахь коьртаниг массара а Даркеш лоруш. Шен дахарехь дуккха а хIума гина а, нахаца сискал Iийшина а, говза дош ала а, хьехар дан а хууш стаг вара иза.
- Кху шара Iа шийла хила доллу вайна,- элира цо, Iасана тIе вазвеллачуьра хьала а айлуш.
ХIунда бохура ахь? - хаьттира БатIала.
- Оьпанаша шайн Iуьргаш ворданаш лелачу некъа йистехь доху,- жоп делира Даркеша.
- Даьхча хIун ду? - ца кхийтира совдегар.
- Аренцачул ло кIезиг хуьлу некъаца,- бохура Даркеша.-Цу тIе, новкъахь божаза ца буьсу хьаьжкIан буьртиг, элан чамкалг, луьйдаг. Шийла деанчу Iай дийнаташна мацалла ца даллал бахьана ду и.
- Сан десара, керстанаш белахь а, гIопара салтий а ма бу хIумнах дика кхуьуш, - къамеле велира БатIал.- ХIара шолгIа кIира ду-кх уьш хьуьнхахь дечиг кечдеш болу. Iа шийла догIур дуйла хаьа хьуна царна а.
- Са долчу хIуманна яла ца лаьа,- дерзийра Даркеша. ТIаккха, цIеххьана цхьа хIума дагадеана, хаьттира: - Шуна а хаьий, и салтий а бойуш нисделла гIуллакх муха лаьтта? Хезаш хIумма а ма дац цунах.
- Дуьззина хьуна дала жоп дац сан,- вистхилира Хьажа-Iела,- амма шеко йоцуш цхьаъ-м ду: и динарг бакъволу къонах хилла-кх.
- Стаг вен дукха къонахалла а ца оьшу,- цуьнца реза ца хилира Хьату.
- Ца эшахьара-м, хIокху юьртахь мел берш къонахий хир бара,- Iоттар йира Хьажа-Iелас.
- Хьо хIун ала гIерта? - кхохкийра Хьату.
- Вовшашна вас хир йолчу дашах лардала деза вай,-юкъагIоьртира Даркеш.- Хьажа-Iела, айхьа олург ойла а яй ала. ТIснеанчо бухарниг Iамош товш дац.
Хьажа-Iела кхийтира ша далийтинчу гIалатах. Мухха делахь а, кху юьртана тIевеана стаг ма ву хIара, гиххошца гIиллакх Лвло а дезаш. Амма Iа ца велир-кх, шена бIаьрга ван ца везачу Хьатун дош ца кагдеш. «Сатоха деза, сатоха,- сецадора цо шен оьгIазвахар. - Хьалхе ду хIинца а».
- Сан десара, дов доьрзуш-м дац цхьанна шурий, вукхунна п,Iнй хуьлуш,- элира БатIала.- И гIазакхий вайна новкъа а бацара, бита безар-кх шаьш болччохь.
Хьажа-Iелин бIаьргаш чу цIий хьаьдира. Иза мегаш вацара, ксрстанах лаьцна олуш дерг неIалт кхайкхорца цхьаьнадалош ца хилча.
ХIара жима бер долуш Суьлийн махкарчу ЯрагIига Iамавайта дIанеллера. Кхуо доьшуш хиллачу меттигах хьуьжаре олура. Цигахула чекхваьлла нана йоккхачу Нохчийчохь цхьа Хьажа-Iела беи вац. ЯрагIи-моллина чIогIа дукхавезара кIант. Цо Iамийра цунна жайнаш деша, Iаьрбийн йоза. Кеста цIуьхIар волчуьра мутаIелам ваьккхира хIара. И де цкъа а ца дицло Iелина.
Поппар хьаьгIначу цIенкъа тесначу истанга тIехь КъорIан доьшуш Iара ЯрагIи-молла. КIант чоьхьаваьлча, цунна тIе бIаьргаш хьала а ца айбира цо. Iелина хаьара, ишттачохь ЯрагIи-молла ша дечунна юкъахвер воцийла. И дан магош дацара. Цундела вист а ца хуьлуш, неIсагIе а хIоьттина, иза валлалц собар дира мутаIелама. РогIера сура дешна а ваьлла, КъорIан схьадиллинчохь а дуьтуш, кIанте вистхилира ЯрагIи-молла.
- ТIекхечи хьан дешарехь уггаре а мехала мур,- дIадолийра цо.- Тахана дуьйна дIа хьох тешор ду кхераме жайнаш. Тидаме хилалахь. Цара хьуна хьалха схьайоьллур ю дуьненан къайленаш, довзуьйтур ду Дала къастийначу наггахь болчарний бен ца довзуьйтург. Хье ца луш, хьо винчу махка - Нохчийчу вухавоьрзур ву хьо. Бусалба дин чIагIделла даьлла дац цигахь. Ахь даржо деза нохчашна юкъахь АллахIан дош - бакъ дош. Хьуна атта хир дац, хаалахь. Бусалба Iилма харцдаьккхина цхьаболчу молланаш бу бохучара. Уьш керстанел а оьшуш бу. Машаре ма хилалахь цаьрца. Иблиса хье дIаэцна нах бу уьш... Дерриге а цхьана дийнахь дан ма гIорта. Сатоха Iама... Хьалххе баьккхина Iаж мерза ца хуьлу. Шен-шен хан ю массо а хIуманан.
...Винчу юьрта вухавирзира Iела. Вай дезаршна ма гойла, дIакхаьчча, бухахь цунна гинарг! Юрт лаьттинчохь, хIинца хIумма а ца диснера. Ягийна дIаяьккхинера иза. Са долу адам дацара гуш. Цул тIаьхьа дуккха а хан яьлча, оцу бохаман теш хиллачу цхьана гIумкичо дуьйцур ду кхунна цигахь хилларг.
Юьртана уллохула тIехдолуш, кешнашна гена доццуш, садаIа сецнера паччахьан эскар. Мичара йолу ца хууш, схьаиккхина пхьагал. Цхьана салтичо хьажийна топ тоьхна цунна. ТIекхийтирий, ца кхийтирий аьлла, къовсамаш бевлла салташ-на юкъахь. ХIуьттаренна санна, пхьагал кешнашна юккъе едда. Ас шуна хоуьйтур-м хьаха ду кхеттехь а, ца кхеттехь а бохуш, кешнаш долчухьа дIаволавелла салти. Юккъе а вахана, бацалахь ша топ тоьхна пхьагал леха хIоьттина иза. Асарара богIуш болу юьртара зударий тIеIиттабелла цунна. ПIийла орца дихьна цара юьрта:
- Ва, нана бусалбанаш, вайн кешнаш дохош керстанаш бу шуна!
ХIун-мила ду а ца хьовсуш, карахь шаьлтанашший, шалгуш-ший, хьокхий а долуш, кешнаш долчухьа дIахьаьлхира гIаж так-кхол мел верг... Чучча бахара...
Шен доьзалх хIумма а ца хиира Хьажа-Iелина. Схьахета-рехь, иза бакъдуьнена дIакхелхинера. Итт шо дIаделира Нана-Нохчийчухула иза кхерсташ. Сиха къежъелира маж. ПIовзткъа шаре лестича, воккхастаг хилира цунах. ХIетахь веара иза гих-хошна тIе ваха...
- Ва БатIал, суна хезнарг бакъ дуй? - къамелана юкъаве-лира хIинццалц вист ца хуьлуш Iийна Уки.- Хьо хьайн кIентех цхьаъ гIазакхийн мотт Iамо дIавала воллу бохург ма хьахадели-ра кхузахь. КIентий совбевлла хьуна?..
- ДIавала ца воллу,- элира БатIала, корта а ластош,- тал-маж ван воллу. И вайна массарна а оьшур долуш гIуллакх ду.
- Цунах керста хилахь, хIун дан воллу хьо? - юха а хаьттира Укис.
- Хьакхех уьстагI хилла а, уьстагIах хьакха хилла а меттиг суна-м ца хааелла,- кийтарло йира совдегара.
Къамелан уьйриг басталуш дIабоьдура. Цуьнан тен юьхьиг юха а шен караийцира Даркеша. Цо бохура:
- КIентий цIера буьйлуьйту зама яц хIара. Эккха доллуш дуьне ду. Вовшех марзо эца езара... И бу-кх уггар боккха ба-хам. Вай дукха дац, даьржина лела.
- Ванах, ва Даркеш,- хаа лиира Бекмарзина,- Дала а аьлла ца боху адамашка: «Рицкъа сан карахь ду, амма аша а цхьа бахьанаш леладе? »
- Цо муха аьлла хаац суна,- жоп делира Далла гIуллакх дарна тIехь суьпаваьлла воцчу Даркеша,- и Хьатуний, Хьажа-Iелиний дикахо хуур ду, амма сайн дедегара хезна-кх олуш: «Хин долу хьоза шен бена чохь дека».
Бекмарза шера кхетара Даркешца дешан къовсам дIабахьа атта цахиларх. Амма хIинца хIара вухаваьлча, кхана юьртахь «гIугI» а дина дуьйцуш хир дара, воккхачу стага кхуо аьлларг цхьана а чоьте а ца диллира, бохуш.
- ТIемаш даьлча мукъна а, и бен дIатаса ца мега цо? - кIел ца висира Бекмарза.
- Мега, иза къиг елахь-м,- дуьхьал ала хIума карийра вукхунна.
- ТIома ца йолуш аьрзу суна-м ца яйна.
- Кхечу олхазаршна юккъе а яхана, церан мотт Iамош ерг а-м ца яйна хьуна.
- Адамаш олхазарш ма дац,- Бекмарзин гIо лецира Хьатус- Дала хьекъал алсамо-о ма делла царна.
- Цо уьш бусалбашний, керстанашний бекъна хилар а диц ма делахь,- юкъа ца гIоьртича ца Iавелира Хьажа-Iела.
- Декъна,- тIетайра Хьату,- амма вовшийн дайа ца аьлла.
- И муьлхачу жайни тIехь дешна ахь? - цавашарца хаьттира вукхо.
- Айхьа важа мичхьа дешна ахь алахь.
- КъорIан тIехь.
- ВаллахI Iазмора, иштта аларна аш суна бехк а ма билла,-юкъагIоьртира Даркеш,- ша бусалбанаш а, керстанаш а боькъуш, харцберш хIаллакьбан безаш ма хиллера оцу вайн везачу Далла, и дар шаьшна адамашна тIе а ца дуьллуш.
- Дера бакъахьа-м хир дара,- элира Хьатус.
- Iеса луьй хьан мотт, Даркеш,- бехк баьккхира Хьажа-Iелас-Кестта Далла хьалха хIотта везачу хьоьгахь товш дацара и.
- Дукха юьхь йоцуш хIума олу хьуна ахь цкъацкъа, ларлуш хила ма везара,— Хьажа-Iелин агIо лецира Укис.
Даркеш велаозийра. Цуьнан дахарехь и санна меттигаш шортта яьхкинера. Кхунна-м дагадогIура, стиглахь гIоттучу малхана хьалха гора а оьгий, нохчаша ялта хьийкъина хилийтахьара, даьхни дебийтахьара бохуш кортош деттар. Бакъду, иза МIайстахь дара. ХIетахь охьенца нохчийн ярташ кIезиг яра. ХIара Гихта йиллина а дагадогIу цунна... ЦIу, гуьржийн мозгIар, бусалба молла - уьш массо а кхуьнан бIаргашна хьалхахула чекхбевлла. Тамашбан хIума ца дисна.
Даркеш жима стаг вара хIара юрт юьллуш. Хьалха шера аре яра кхузахь. Гобаьккхина хьун лаьттара. Бердаш лекха а дацара кху меттехь. Iенваха аьтто болуш хиларе терра, лам чуьра кхуза охьа а даьхкина, Гихан шина а бердаца даха хевшира нашхойн, чIинхойн, гIойн тайпанаш. Царна тIера дIайолаелира Гихта. Юьхьанца йоккха яцара иза, амма тIаьхь-тIаьхьа шорлуш дIайоьдура. Керла тIедаьхкинчу тайпанашна йистош кхочура. Амма цунах а тоам бора цара. Гонахара латта дика дара, дIайийна хIума хьийкъина кхуьура. Хьуьнхахь ма дезза хьаьмцаш, Iежаш, кхораш, хьонка, элхьамчаш дара. Акхарой а яра дукха... Нислора, дийна делккъехь юьрта борз эккхаш. Къаьсттина Iаьн тIехь. Адамашна а, акхарошна а уггар хала хан яра иза. Шелонаш яхъелча, мацалла йогIура. Iаьнна кечйина хьаьжкIаш, цуборц кхачабора. КIай, муккхий наггахь долчу цIен тIехь бен ца хуьлура. Оцу хенахь баларш а алсам нислора.
Стиглахь маьлхан бIаьрг макъеддинехь, ло даша долалора. Гихан бердан йистошца сенлой дIахIуттура буц. ДIадуьйлалора бIаьстенан догIанаш. Некъаш худар довлура, дIа а, схьа а ца валалуш. Косказаш йоцуш, ур-атталла, цхьана куьпара кхечу куьпе а ца вахалора. Даркешна хIинца а дера ца дицло кхеран керта уллохула говрахь воьдуш волу цхьа бере хотталахь висар. Говран ге тIе кхаччалц богIура хатт. ДIасаеттаелла-еттаелла, гIуллакх хирг а ца хилла, кIелйиснера иза. Кхераеллачу цуьнан бIаьргаш схьалелхха дохкура, меран Iуьргаш юсаеллера, садеIар сиха дара.
Дехьара, сехьара баьхкинчу наха кIел гIуркхаш туьйсушший, белашца хатт дIасатуьйсушший, халла паргIатваьккхира бере. Кхин а мел дара уьш! ХIинца беламе, Iовдал хеташ долу хIумнаш хIетахь иштта ца хетара. Масала, хен чоьхьа балар. ДIахаттал муьлххачу а гиххочуьнга, и хIун ду алий. Цхьанна а хуур дац. Даркешна хаьа. Стоммо нисъелла дечиг хадо я екъа херх, диг дацара. Цундела иза чу ца тарлуш, юьхьиг кхе а юьллий, неI йиллина а юьтий, дечиг яцъяллалц бохуш Iара, и ларъеш. ТIаьххьара а и кхе хоьург ма-хиллинехь, хьенехгIаьрга сакъера даха деза вай, церан хен чоьхьа баьлла боху, кхаьънаш дохура кегийчу наха вовшашка.
Маца дара и: шо, ткъе итт шо хьалха я цул а хьалха? Даркешна-м селхана хилча санна хета.
- Дела дерриг а гуш ву,- Хьажа-Iелин аз кхечира воккхачу стеган лере. Вукхо кхидIа а бохура:- Иза сиха вац шен кхел ян. Амма вайх хIора а цунна дуьхьал хIотта везаш ву. Барт хатта боьлча, тIаккха тIаьхьа хир ду доцу бахьанаш лехьо, кийтарлонаш ян. Иза Iехалур вац хазачу хабарех, белхарех. ХIокху харцдуьненахь хьеший бен дац вай. Бакъйолу хIусам цигахь, бакъдуьненахь, ю вайн. Шийла а, бодане а хир ю и Далла гIуллакхдарна пе биттинчарна.
- Собардехьа, собардехьа, Хьажа-Iела, со ма ца кхета хьох,-къарвала дагахь а вацара Даркеш.- Цкъа жоьжахатин цIергахь догур ду, олий, кхерадо ахь тхо, юха хIусам шийла хир ю олий, цунах вухаволу хьо. ВаллахI-Iазмора, иштта хьо галвийр ма вацара хьуна, цига вахана билггал дерг-доцург а теллина, вухавеана велахьара.
- Цига ца воьдуш а, тешам боллуш ала йиш ю-кх хьуна сан: ялсмане догдохийла-м яц хьан!
- Со-м вац цига кхача сихвелла,- шек а воцуш, элира Даркеша.
- ОстопираллахI! - вуьйхира БатIал.- ХIунда боху ахь иштта?
- Деллахьа боху, цу шун ялсмане вахар веллачу стагна лекхна зурма санна хIума сайна хета дела,- забаре даьккхира воккхачу стага.— И дика меттиг елхьара, вала а велла, ваха везар вацара цига...
Борз санна тебна тIебеара суьйренан бода. Гуьйренан шийла хIо детталора лаьмнашкара схьа. Цхьанашина туьнталг чуьра кIур буьйлуш гора. Пхьоьха юьйхира.