Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

VII

Маржа яI,Гиха мотт хууш хилча, ма дукха хир дара цуьнан дийца. Цо далхор дара ИсмаьIалан довха цIий ша чу муха Iийдира, хIун къайле ю ЦIагарис сел чIогIа нахах лечкъориг я стенах лаьцна бара селхана буса жимчу шина стага берда йистехь бина барт. Амма къаьсттина дукха - безамах лаьцна... И хабар цкъа а хедар дацара.

Виснарг дIа ца лелча ца волу. ДIа ца лелча вер вацара Олхазар а. Да велчхьана дуьйна Таймасхе вистхилар ца нисделлера цуьнан. БIарг-м кхеттера цкъа керта уллохула тIехволуш. Де буьйсанца, буьйса денца хийцалуш дIаоьхура юьртан дахар. Совдегара БатIала жеро Бикату ялийра. Цуьнан бахам тIеттIа дебаш лаьттара. ГIопарчу оьрсашца мах лело волавеллера иза. Цигара цо эцна деанчу доккхачу куьзгане хьажа еара дийнна юрт. Мехкдаьтта чу а дуттуш латош болу стогар кхара латийча-м, берийн сур, мозий санна корах а летий, дIадала а ца туьгура. Юьхьанца оцу дерригенах а дозалла деш хиллачу Бикатуна кестта кIордийра и дIасаэхарш.- Ванах, ма доккха хIума ду-кх хIара дан,- баха йолаелира иза,- цкъа а куьзга ца гина техьа хIокху нахана? Стогар латош ганза бу?

БатIал шен шолгIачу зудчух воккхавийна а ца волура. Цунна тIехь Дала аьтто баьккхинера кхуьнан, хьалхарчуьнца кхуо хьоьгу бала боькхуш бинехь а я шашах нисбеллехь а.

Жимчу зудчо къанвала ца вуьтура БатIал.

- ХIара-м Iаба йоллуш а ма яц сох,- куро-о ойла йора совдегара.- Мазана тIе марзбелла моза санна... Дависа, цхьа 20 шо дIадаккха йиш елхьара! Амма хIинца а яхь дIалур йолуш вац БатIал.

Жеро йолчу хенахь мехкарийн тхьамда хийшош хилла Бикату, маре яхча а, марзделларг дуьтур долуш яцара. Билггал иза хаьржира Олхазара тховса ша Таймасха хийистехь ларйийриг хиларан хьокъехь долу кост дIатоха. Вукхо и кхочуш а дира.

ТIееара гуьйренан хаза суьйре. Гиха йистехь йоI схьаяре хьоьжуш лаьттара Олхазар. ХIинца цуьнан нахана хьалха корта охьабахийта меттиг яцара. Ден чIир эцнера кIанта. ГIопана ха деш хилла ши салти веран хьокъехь долу хабар сиха кхечира юьрта. Цхьаболчара и йоккха къонахалла лорура. Хьажа-Iелас массарна а хозуьйтуш дIахьедира: - Керстанийн синош даьхначара ялсамане яьккхина шайна! - Цхьа Хьатуй, Бекмарзий вара гIайгIане воьжна.

Олхазара нигат динера, ден чIир а ца йоькхуш дуьненан марзо ца эца. Сийсара ша дагалаьцнарг кхочуш а дира кхо. ЦIагарица цхьаьна. Юьртахой шекбара и Олхазара дина хиларх. Амма иштта хIума шакарца дуьйцуш ца хуьлу. Диканца доьрзийла-кх!

ХIара шиъ цIа кхаьчча, садаьржа хан яра. Олхазар, тIера бедар дIа ца йоккхуш, меттавуьйжира. Оцу сохьта наб кхийтира. ТIаккха дIадоладелира... ГIан гора цунна. Ирча гIан.

Малхо-мохо веттина цхьана есачу арахула схьавогIура хIара. Корта кIелбахьа IиндагI доцуш, хи мелла, батталуш болу кийра Iабабойла доцуш; цIаро санна юьхь ягош довха деанера де. ЦIеххьана шовда гира кхунна. ДIахьаьдира цига гIора ма-дду. ТIекхечира. Гора а воьжна, канашца хи схьаийцира... ЭгIийча санна висира. Кхуьнан канашкахь дерг... цIий дара: довха, тIелеташ... Ши куьг дIасадахийтира. ЦIий дерриг а охьа ца Iенаш, кхуьнан хIора дегIан межена тIехула даьржира. Олхазар холчу хIоьттинера. Ша хIун дийр ду ца хаьара.

...Цо ши бIаьрг схьабиллича, хорша еана кирчича санна, башийна карийра гIайба, тIера бедарш. Эккха боллуш санна лозура корта. Хьех зIок етташ, дIа ца йолуш, тIехула хьийзара ойла: -«Ас стаг вий! Ас суо санна долу адам даьккхи сих!..» — Iаьржа бода хIуьттура бIаьргашна хьалха. Дог къийлалора.

Деха деана де суьйренга лестира, кIант жимма меттавеъча.

...Пхьаьрсах тесна кIудал а йолуш, еана схьакхечира Таймасха.

- Хьох кхетар ца хуьлуш лийли со, цхьацца хIумнаш тIеIитталуш,- меллаша вистхилира кIант.

- Со хууш ю, и хьан ледарлонна доцийла,- охьабахийтин-чуьра бIаьргаш хьала ца бохуьйтуш, дуьхьал йистхилира йоI.

Халахетаран дакъа-м кхечира, кхин дан гIо ца хиллехь а.

- Баркалла хьуна,- элира Олхазара.- Вайн карахь хIумнаш дац уьш.

Дист ца хуьлуш цхьа хан еара. ДIадаханчун беза мохь гира охьабиллича санна, доккха са а даьккхина, кIанта хаьттира:

- Муха Iаш ду шу? ЦIеранаш могуш беца?

- Дика Iа тхо-м,- жоп делира йоIа.- Шу а деца могуш?

- Ирахь ду тхо а.

- Далла бу хастам.

- Таймасха, со осала ма хеталахь, да дIа а воьллина, йоIаца латта хийисте варах.

- Иштта сайна хеташ хиллехьара, со кхуза йогIур а яцара.

- Баркалла, хаза дош аларна. Вуьшта, паргIат хила мегар ду хьуна, сайна тIе пIелг хьажо меттиг ас ца йитна.

- Дала вонах Iалашдойла вай!

- Бехк ма билла, ас хIинца аьн дерг хьайна ца тахь, амма ца ваьлла деш ду иза,- шегара бала балхо вуьйлира Олхазар.-Сан денана къена ю. ХIара бохам баьллачул тIаьхьа гуттар гIелъелла иза. Кертахь хьажа стаг вац... Нагахь санна хьо реза олахь, ялоран-йигаран гIуллакх хьахор дара-кх... ХIун дош хир ду хьан соьга ала?

Таймасха кийча яцара ишттачу къамелана. Цунна хаа-м хаьара и цкъа хила дезийла, амма тховса юкъадер ду ца моьттура-кх. Шена дуьхьал жоп цадалар кхечу кепара кхетийра кIанта.

- Со бакъ вац, ца лууш дерг хьоьга де баьхча,- дог Iовжорца элира цо.- Делахь а, цхьа хIума хьуна дIахаийта лаьа: сан са лаьтташ а, марзо хьаьрчина а, ойла тIейирзина а адам хIокху доккхачу дуьненахь делахь, иза хьо ю. Амма хьо йоцуш со лийриг хилча, тIаккха а хьан ойла кхечанхьа латтахь, сайх хьуна новкъарло ца хуьлуьйтуш, Iовша гIуртур ву къастаран хало.

ЙоьIан дог, кийрара схьаэккха доллуш санна, тохаделира. Олхазаран дешнаша хьаьстира, ягийра, кIадйира иза.

- Олхазар,- шаьш девзичхьана дуьххьара кIентан цIе яьккхира цо,- хьо воцчунна сан даг чохь меттиг яц безаман хьогалла яйа. ЙоIехь и дешнаш товш дацахь а, хьуна тIаьхьа а хIоьттина, дуьне ма-дду дIаяха реза ю-кх со,- элира Таймасхас.

Когаш кIелахь латта дегийча санна хийтира кIантана.

- Бакъ дуй техьа сан лергашна хезнарг? Хила тарлой техьа ишттаниг? Кхин цкъа а алахь, Таймасха! Цкъа а ца Iебаш ладугIур дара-кх ас хьан озе...

- Хьозано шен йиш дог ирсах дуьзча локху... Цхьаммо а лакха ца баьхча а,- жоьпана кица далийра йоIа.

- Со кхийти,- велавелира Олхазар.- Говза эли ахь. Амма тIаьххьара цхьа дехар хир дара сан хьоьга - хан йиллар.

- Сиха ву хьо,- эсала елаелира йоI.- И дика дац.

- ХIун де ас, кийра богуш хилча?

- Цунна дарба-м суна карор хьаха ду.- Охьакхевдина, чами чохь хи а эцна, иза кIанте дIакховдийра цо.

Чами схьаэцна, бете а баьхьна, даккхий къурдаш деш, чуьра дерриге а хи дIамелира цо. ТIаккха элира:

- Цул мерза хи мелла вацар-кх со, дуьнен чу ваьлчхьана!

- Аьхна хуьлда!

- Сан дехарна жоп ца дели-кх ахь.

- Тховса ца деллехь, кхана сарахь лур ду.

- Кханенга даьллачу хударна мотт Iемина бохучух кхоьру-кх.

- Дукха диъча, моз къахьло бохучух со а дера ларло.

- ХIойт, гора дуьне яI, ма тамашийна хIума ю хьо: цкъа баI санна къаьхьа, юха моз санна мерза! ДIаяха сих ца луш, жимма хье мукъна а лохьа, Iабийтахь хьайх дог,- бохура безамо вагочу кIанта.

- Дера воллу хьо а суна нана орцах ялийта,- забар йира йоIа.

- Дависа цуьнан делаI, ма оцу хьан неначул кIезиг гIуллакх дацара-кх сан хьоьца, тховса мукъна а ца къийса.- Оцу дешнашца йоIа хих юьзна кIудал белш тIе яккха гIо а деш, Таймасхин Iодика йира Олхазара. Ша хьош йолу кIудал пиллагал башха еза ца хеташ, бай-й ког ловзош, дIаяхара йоI.

Иза кан доххал яьлча, тIаьхьа волавелира жима стаг. Нахана цхьаьна ца гайта лаьцна гIиллакх дара иза.

Бажа цIа богIу хан яра. Божарий пхьоьхана бевлла лаьттара. Церан суьйре дика а йина, тIех а ваьлла воьдучу кхуьнга кхайкхира ЦIагари. ЧIир екха а вахана, цигара вухавеъчахьана, гина вацара хIара шиъ. Оцу буьйсанна дуй биъна ши доттагI хиллера цаьршиннах. ЦIагарих бIаьрг буьзнера Олхазаран. Майра кIант хиллера иза.

Салам а луш, тIевеара ЦIагари. Лере а таьIна, лохха элира:

- Хьажа-Iела ву хьо ган лууш.

- Маца?

- ХIинцца.

- Вало, делахь,- кийча хилира Олхазар.- Кхин зенехь хIума-м дац?

- ДIакхаьччахьана хуур ду хьуна.

Олхазаррий, ЦIагарий чувеъча, ламаз дина а ваьлла, суьлхьанаш хьийзош Iара Хьажа-Iела. Иза валлалц собар дира шина накъоста.

Хьажа-Iела вах ца велира, суьлхьанаш хьийзош. Маршалла схьа а эцна, охьалахло ший а аьлла, пурба делира цо.

- Олхазар, ас хьо сайна тIекхайкхаран бахьана цхьаъ ду -сийсара суна дайна гIан. Башха гIан дара иза. Хьан да ИсмаьIал -Дала ша вирзина меттиг декъала йойла цуьнан! - гIенах дуьхьал неара суна. Iожаллин IиндагI ца хаалора цуьнан юьхь тIехь. Мелхо а, воккхавер гира суна цуьнан бIаьргаш чохь.

- ОстопираллахI! - цецвелира ЦIагари.- Ма дукха ю-кх Делан къайленаш.

- Цо соьга хаьттира, сан кIант Олхазар вевзий хьуна аьлла.-"Суна сайна ца вевза, амма вуьйцу хезна", - аьлла, жоп делира ас хьан дена,- гIенах хилларг кхидIа а дуьйцура Хьажа-Iелас-ТIаккха цо суна тIедиллира: «ДIахаийта сан кIанте, селханлера буьйса тIекхаччалц холчахь вара со, хIинца паргIатонехь а ву. Лаьтта тIехь цхьа стаг виснера сан декхар доллуш. Цо иза схьатекхи»...

- Дала къайле цIанйойла хьан, сан устаз, ма доккха хIума ду-кх хIара дан! - шовкъ йогIуш лаьттара ЦIагарина.

Хьажа-Iелин гIено цец-м Олхазар а ваьккхинера. Тида ца оьшуш, шера хууш дара цуьнан маьIна.

- Хин йистехула цкъа дIа а волавелла, юха сецира иза,-бIаьргаш а хьаббина, хIинца а шена и гуш санна, бохура Хьажа-Iелас- «Доккха цхьа дехар хир ду сан хьоьга,- элира ИсмаьIала.

Уллохь ваша воцуш, шича воцуш, цхьалха висна сан кIант. Терго е цуьнан. Ден метта хила»...

- Ма доккха хIума ду, ма доккха хIума! - ша Iаччохь техкарн ЦIагари.

Чохь тийналла хIоьттира. Бехха Iийра хIорш бист ца хуьдуш. Тийналла хIусамдас йохийра.

- Ас хьуна дийци, сайна гIенах гинарг,- элира цо.- Цуьнан мпьIна тидар хьайна тIехь ду хьуна, Олхазар. Амма суна сайна догIучу декъана ала луур ду. Нагахь санна ахь сан лаам ца бохабахь, тахана дуьненахь а, кхана эхартахь а хьан дена хьалхари со да ву-кх хьуна.

Олхазаран бIаьргех хи делира. И кхарна гарна кхоьруш, тIехьавирзира иза. Иза тоса ца луш ца дисира хIусамдена.

- Сан кIант,- элира цо аз айдеш,- хьуна эхь хета хIума дац кхузахь. БIаьрхи - деган кост ду. Цо гойту стеган чутухург. Хьпйниг цIена ю, Олхазар. Дала шен умматах ма дохийла вай. Дела хьахаве, тIаккха цо вай а дицдийр дац!

Ши доттагI Xъажа-Iелин хIусамера араваьлча, бода хIоьттинера. Стиглахь беттаса кхеттера. Цуьнан сирла IиндагIаш дийшинера лаьтта тIехула.

Хьажа-Iелин цIа Гиха йистехь лаьтташ дара. Лакхахьа юккъехь Iаш волу Олхазаррий, ЦIагарий берда йистехула хьалаво-Iишелира.

- Цхьа шайхалла шеца доллуш стаг ву иза,- элира ЦIагарис- Цунна гIенах гинарг ларамаза гина хIума дац. Дала цхьана дикачу балхана нисвина иза вайн юьрта.

Олхазарна а хетара иштта. «Сан да гIенах цунна дуьхьал вар а шен кIорггера маьIна долуш ду,- ойланаш йора кIанта.- Цуьнга кхийлина со»...

- Хьо вист а ма ца хуьлу? - ойланех ваьккхира хIара доттагIчо.

- Суна-м и кеста вер ву бохуш волу имам Хьажа-Iела ма тарвели,- элира Олхазара.

- Дера хьо бакъ хила мегаш ма ву,- сиха тIетайра ЦIагари.-И ца хилла, мила хир вара иза?!

- ГIуллакх цу тIе далахь, вайша цуьнан хьалхара ши мурд хир ву-кх,- сацам бира Олхазара.

- Цунна тIаьхьа хIоьттина вала а реза-м ву!

- Хьо хьовха, вайн ах юрт а...

- Даго хьоьху: баккхий хийцамаш бу хир болуш.

- Уьш сан дахарехь а хила мега кеста, доттагIа.

- Вайн халкъан дахарехь, Олхазар.

- Ас-м нускал далорах дерг дуьйцура...

- ГIодаюкъ йосту хан юй те хIара, Олхазар?

- Сайн дашах вухаволийла дац...

- Мила ю хIара, ян?

- Таймасха.

- Вочу ца кхевдина хьо-м, доттагIа.

- Невцан накъост хила кечло-кх.

Набаран тар тесна, дIатийнера юрт. Цхьа сема Гих дара-кх кегийчу нехан къамелан теш.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Unlimitedz (14 октября 2008 18:50)
Давно искал нечто подобное...
6) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
7) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)
[удалено]
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека