 |
Чаккхе
ТIабарáнúс дийцина «Алкабúр» жайни тIехь, Iубайдан кIантера Фудóлатера схьа, Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хиъна Iаш а волуш, цхьана стага чу а веана ламаз дира аьлла. ТIаккха ламаз динчул тIаьхьа цо элира: «Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам а бе Ахь сох». ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира цуьнга: «Сихвели хьо ламаз динарг! Айхьа ламаз деш, Далла хастам а бича, дIадерзош хьой охьа а хиъча, тIаккха цул тIаьхьа АллахI хасто ма-везза хаста а вай, цул тIаьхьа суна салават а дилле, цул тIаьхьа доIа де ахь». ТIаккха цу стага керла ламаз а дина, АллахI хастийра, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават а диллира. Эццахь элира цуьнга Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIинца деха ахь, жоп лур ду хьуна».
Кхин а дийцина цо «Ал-АвсатI» жайни тIехь, Абу ТIолибан кIанта Iелас аьлларг: «ХIора доIа сацийна лаьтташ ду Мухьаммадна а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават диллалц а, цуьнан охIлунна салават диллалц а».[37]
Ибн Iасáкира дийцина, Абул Хьавáрийн кIантера Ахьмада аьлларг: «Соьга элира Абу Сулаймáна: «Айхьа Деле цхьа хIума доьхуш хилахь, хьо дIаволало Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларца, тIаккха хьайн хьашт деха ахь. Ахь хьайн доIа чекх а даккха Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларца. Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьалха а, тIаьхьа а салават диллар духатухур доцу ши доIа ду, цаьршинна юкъахь динарг а духатоха агIо яц».[38]
Жайна чекхдели, Делан гIоьнца, Далла хастам беш.
Делера салават а, салам а хуьлда вайн элана Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а.
__________
[37] ХIара Iелас – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла дош санна хьукм долуш ду. Албáнúс «Сахьúхьул ДжáмиI» тIехь «дика» хьадис ду аьлла иза. Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа а дийцина ду иза АсфахIáнúс.
[38] ХIокхунна тешалла ду IабдуллахI ибн МасIýда дийцина хьадис: «Шух цхьанна Деле деха лаахь, иза волалойла Далла бан ма-безза хастам барца, тIаккха Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салват дуьллийла цо, тIаккха цул тIаьхьа доьхийла цо, иштта динчу доIина жоп дала герга ду».
|
 |