 |
ДоьалгIа дакъа: Дезчу доIанах лаьцна дерг
Бухáрúс дийцина «Ал-Адаб» жайни тIехь, Анаса аьлларг: «Со цхьана хенахь Пайхамарца а волуш – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –, цхьана стага хIара доIа дира: «Йá бадúIас-самáвáти, йá хьаййу, йá къаййýму, иннú асъалука!»[10] аьлла. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Цо хIуна доIа дира хаьий шуна? Сайн са Шен керахь долчуьнца дуй ма-буу ас, цо доIа дира Делан цIарца, шеца доIа динчунна Дала жоп луш йолчу».
Хьáкима дийцина, Анаса аьлларг: «Тхо Пайхамарца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьаьна а долуш, цхьа стаг вара ламаз деш. Ша рукуI а, сужуд а дича, доIа дира цо. Цу доIина юкъахь цо элира: «АллóхIумма иннú асъалука бианна лакал хьамду, лá илáхIа иллá анта, бадúIас-самáвáти вал арди, йá зал джалáли вал икрóми, йá хьаййу, йá къаййýму!»[11] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Цо доIа ди АллахIе Цуьнан уггар йоккхачу цIарца, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолу, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолу».
Хьáкима дийцина, Анасера схьа, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стага олуш хезира аьлла: «АллóхIумма иннú асъалука бианна лакал хьамду, лá илáхIа иллá анта, алхьаннáнул маннáну, бадúIус-самáвáти вал арди, зул джалáли вал икрóми, асъалукал джанната, ва аIýзу бика минан-нáр!»[12] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Иза доIа деш вара АллахIе Цуьнан уггар йоккхачу цIарца, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолу, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолу».
Бухáрúс дийцина «Ал-Адаб» жайни тIехь, Ибн Iаббáса аьлларг: «Шегахь йа сингаттам болчо, йа сахьийзар долчо, йа паччахьах кхоьруш волчо, хIокху дешнашца цо доIа дахь жоп лур ду цунна: «Асъалука билá илáхIа иллá анта, роббус-самáвáтис-сабIи, ва роббул Iаршил Iазúми, ва асъалука билá илáхIа иллá анта, роббус-самáвáтис-сабIи, ва роббул Iаршил карúми, ва асъалука билá илáхIа иллá анта, роббус-самáвáтис-сабIи, вал арадúнас-сабIи, ва мá фúхIинна, иннака Iалá кулли шайъин къодúр».[13] Цул тIаьхьа АллахIе шена луъург доьхийла цо».
Хьáкима дийцина, Бурайдера схьа, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стага олуш хезира аьлла: - «АллóхIумма иннú асъалука бианнака анталлóхIу лá илáхIа иллá антал ахьадус-самад, аллазú лам йалид ва лам йýлад, ва лам йакул-лахIý куфуван ахьад»[14] - тIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Бакъдолуш, ахь АллахIе дийхи Цуьнан уггар йоккхачу цIарца, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолчу, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолчу».
Баззáра а, Абу-Шшайха «Ассавáб» жайни тIехь а дийцина, Iаишатера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Делан лайно доьазза – «Йá робб! Йá робб! Йá робб! Йá робб!»[15] - аьлча, АллахIа олу: «Со хезаш ву, Сан лай! Деха Соьга, дехнарг лур ду хьуна!»
ДáракъутIнúс а дийцина Жабирера схьа уьзза хьадис.
ТIабарáнúс дийцина «Ал-АвсатI» жайни тIехь, Анасера схьа, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана Iуьйранна Iаишат йолчу чувахана хиллера аьлла. ТIаккха Iаишата аьлла цуьнга: «ХIай Делан Элча! АллахIан цIе Iамаехьа суна, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолу, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолу». ТIаккха иза дIавирзира цунах. ТIаккха Iаишата хьала а гIаьттина, ламаз а эцна, элира: «АллóхIумма иннú асъалука минал хойри куллихIи, мá Iалимту минхIу, ва мá лам аIлам, ва бисмикал Iазúмил-лазú изá дуIúта бихIú аджабта, ва изá суилта бихIú аIтIойта».[16] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ВаллáхIи! (Делаца дуй буу ас)! Оцу цIерашна юкъахь ма ю и цIе!»
Кхин а дийцина цо «Алкабúр» жайни тIехь, Ибн Iаббасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шеца доIа дича Дала доIина жоп луш йолу Цуьнан уггар йеза цIе хIокху áйат юкъахь ю, «Áл-Iимрáн» сурат тIехь: - "Къулил-лáхIумма мáликал мулки…"[17] - и áйат чекхдаллалц».
Кхин а дийцина цо «Алкабúр» а, «Ал-АвсатI» а жайнаш тIехь дикчу санадца, Абу Суфйáнан кIанта МуIáвийас аьлларг: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «ХIокху пхеа дашца доIа динчунна Дала цо дехнарг лур ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, лахIул мулку, ва лахIул хьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр, лá илáхIа иллаллóхIу ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIи».[18]
Кхин а дийцина цо «Алкабúр» жайни тIехь, Ибн Iумарера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – малхбуза ламаз деш а волуш, цунна хьалхахула цуьнан ламаз дохош жIаьла даьлла хиллера аьлла. ТIаккха СаIд инб Абú Ваккъóса цу жIаьлина доIа дина, Дала иза тIаккха хIаллакдина. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша ламаз дина ваьлча аьлла СаIде: «Муха доIа дира ахь цунна?» Цо аьлла: «Субхьáнака лá илáхIа иллá анта…[19] хIара жIаьла хIаллакде Ахь, цо Хьан пайхамаран ламаз дохадале». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ахь доIа дина дешнашца, стигланашна а латтана а юкъахь болчарна ахь цаьрца доIа динехь а хьуна жоп лур дара».
Кхин а дийцина ТIабарáнúс «Ал-АвсатI» жайни тIехь дикчу санадца, Хьасанера схьа, Джундубан кIанта Самурас шега элира аьлла: «Ас цхьа хьадис дийца хьуна, сайна Делан Элчанера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – мосийттозза хезна долу, Абу Бакарера а, Iумарера а мосийттозза хезна долу: «Ша Iуьйренга ваьлча а, суьйренга ваьлча а хIара дешнаш аьллачо Деле цхьаъ дехахь, Дала цунна лур цо дехнарг: «АллóхIумма анта халакътанú, ва анта тахIдúнú, ва анта тутIIимунú, ва анта таскъúнú, ва анта тумúтунú, ва анта тухьйúнú».[20]
Самурас аьлла: IабдуллахI ибн Салáм сайна гича, ас дийцира цунна иза, тIаккха цо элира: «И дешнаш Дала Муса-пайхамарна – Делера салам хуьлда цунна – делла хилла ду. Цо хIора дийнахь ворхIозза доьхуш хилла цу дешнашца, цо дехна долу хIуъа хIума луш а хилла цунна Дала».
ТIабарáнúс дийцина Ибн Iаббáсера схьа, цхьана стага элира аьлла: «ХIай Делан Элча! Духа ца тухуш долу доIа дан а дуй?» Цо жоп делира цунна: «ХIаъ! Ахь ала: «Асъалука бисмикал аIлал аIаззил аджаллил акрам».[21]
Хьáкима дийцина, Абу Ваккъосан кIантера СаIдера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Зун-Нуна ша наначIеран кийрахь волуш дина доIа ду хIара: - "Лá илáхIа иллá анта субхьáнака иннú кунту миназ-зóлимúн"[22] - оцу доIанца цхьа а бусалба стага доIа дийр дац, Дала шена цуьнца жоп делла бен».
Хьáкима дийцина, IабдуллахI ибн МасIýдера схьа, цо доIа дина хилла аьлла: «АллóхIумма иннú асъалука úмáнан лá йартадду, ва наIúман лá йанфаду, ва мурóфакъата набиййика Мухьаммадин фú аIлал джаннати, джаннатил хулди».[23] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: «Деха хIинца, жоп лур ду хьуна».
Хьáкима дийцина, Анасера схьа, Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стагана уллох тIехволучу хенахь, цунна хезза хиллера аьлла оцу стага олуш: «Йá архьамар-рóхьимúн!»[24] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: «Деха хьайна хIинца, бакъдолуш АллахI хьаьжна хьоьга!»
Хьáкима дийцина, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «ХIара дешнаш – «Йá архьамар-рóхьимúн!» – олучу стагна тIехIоттийна малийк ду, цо уьш кхозза аьлча малийко олу: «Бакъалла а, къинхетам бечерах уггар къинхетаме верг хьоьга вирзина, деха хьайна».
Хьáкима дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ………[25]
Абу ЙаIлáс а, ТIабарáнúс а, Ибн Аби Аддунйáс «Ал-Адóхьú» жайни тIехь а дийцина, Ибн МасIýдера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Iарафат-буьйсанна хIара дешнаш эзарза ала а аьлла, шена луург дехча, цуьнан дехарна жоп лур ду, цо гергарло дохор а, йа къа хуьлуш долу хIума а ца дехахь: «Субхьáналлазú фиссамáи IаршухIу, субхьáналлазú фил арди мавтIиухIу, субхьáналлазú фил бахьри сабúлухIу, субхьáналлазú финнáри султIóнухIу, субхьáналлазú фил джаннати рохьматухIу, субхьáналлазú фил къубýри къодóухIу, субхьáналлазú фил хIавáи рýхьухIу, субхьáналлазú рофаIас-самáа, субхьáналлазú вадоIал арда, субхьáналлазú лá манжá минхIу иллá илайхIи».[26]
ТIабарáнúс дийцина «Ал-АвсатI» жайни тIехь, Анасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «нагахь хьо хьайн цхьа хьашт доьхуш хилахь, хьайн цу тIехь аьтту хилийта а хьайна лаахь, ахь ала: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIул Iаллиййул Iазúм, роббул Iаршил Iазúм, алхьамду лиллáхIи роббил Iáламúн. "КааннахIум йавма йаравнахIá лам йалбасý иллá сáIатам-мин-нахIáрин, балáгI.. фахIал йухIлаку иллал къовмул фáсикъýн", "кааннахIум йавма йаравнахIá лам йалбасý иллá Iашиййатан ав духьáхIá". АллóхIумма иннú асъалука мýджибáти рохьматика, ва Iазáима магIфиротика, валгIонúмата мин кулли биррин, вассалáмата мин кулли исм. АллóхIумма лá тадаI занбан иллá гIафартахIу, ва лá хIамман иллá фарраджтахIу, ва лá дайнан иллá къодойтахIу, ва лá хьáджатан мин хьавáиджиддунйá вал áхироти иллá къодойтахIá, бирохьматика йá архьамар-рóхьимúн».[27]
Баззáра а, Хьáкима а дийцина, Iаишата аьлларг: «Соьга элира сан дас (Абу Бакара): «Ас цхьа доIа Iамаде хьуна, сайна Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iамийна долу, Iийса-пайхамара а шен гIоьнчашна Iамош хилла долу, Ухьуд-лам санна деза декхар хьуна тIехь а долуш ахь и доIа дича, Дала хьуна тIера и декхар дIаайдийр долуш?» Ас элира: «ХIаъ, Iамадехьа суна иза!» Цо элира: «Ахь ала: «АллóхIумма фáриджал хIамми, ва кáшифал гIомми вал карби, муджúба даIватил мудтIорри, рохьмáнад-дунйá вал áхироти ва рохьúмахIумá, анта тархьамунú, фархьамнú рохьматан тугIнинú Iамман сивáка».[28]
ТIабарáнúс дийцина, МуIáз ибн Джабалера аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – соьга элира: «Ас доIа Iамаде хьуна, Деле хьоьга дехийта? Лаьмнаш санна декхарш хьуна тIехь хилахь а, Дала хьуна тIера уьш дIаайдийр долуш долу?» Ас элира: «ХIаъ, Iамадехьа суна иза!» Цо элира тIаккха: «Ахь ала: "АллóхIумма мáликал мулки, туътил мулка ман ташáу, ва танзиIул мулка мимман ташáу, ва туIиззу ман ташáу, ва тузиллу ман ташáу, бийадикал хойру, иннака Iалá кулли шайъин къодúр. Тýлиджуллайла финнахIáри, ва тýлиджун-нахIáра филлайли, ва тухриджул хьаййа минал маййити, ва тухриджул маййита минал хьаййи ва тарзукъу ман ташáу бигIойри хьисáб". Рохьмáнаддунйá вал áхироти ва рохьúмахIумá, туIтIú ман ташáу минхIá, ва тамнаIу ман ташáу, ирхьамнú рохьматан тугIнинú бихIá Iан рохьмати ман сивáка. АллóхIумма агIнинú минал факъри, вакъди Iаннид-дайна, ва таваффанú фú Iибáдатика, ва джихIáдин фú сабúлика».[29]
Хьáкима дийцина нийса ду а олуш, Iйлера схьа, цо цхьана стаге аьлла хиллера аьлла: «Ас цхьа дешнаш Iамаде хьуна, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сайна Iамийна хилла долу, боккха лам санна декхар хьуна тIехь хилахь ахь и доIа дича Дала хьуна тIера иза дIаайдийр долуш долу? Ахь ала: «АллóхIуммакфинú бихьалáлика Iан хьарóмика, ва агIнинú бифадлика Iамман сивáка».[30]
Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» жайни тIехь, МаIрýф Алкархúс аьлларг: «Ша вижина Iийначу меттара хьалагIаьттича хIара дешнаш аьлча: - «СубхьáналлáхI, валхьамду лиллáхI, ва лá илáхIа иллаллóхI, ва астагIфируллóхI. АллóхIумма иннú асъалука мин фадлика ва рохьматика, фаиннахIумá бийадика лá йамликухIá ахьадун сивáка»[31] - АллахIа олу Жабраил-малийке, адамийн хьашташ кхочуш дарна тIехIоттийна долчу: «ХIай Жибрúл! Сан лайн хьашт кхочуш де!»
Имам Ахьмадан кIанта IабдуллáхIа дийцина «ЗавáидуззухIд» жайни тIехь, Йахьйá ибн Сулайм АттIóифийс дийцинчуьнгара схьа: «Муса-пайхамара – Делера салам хуьлда цунна – шен Делера цхьа хьашт дехна хилла. Шена жоп ца луш дикка хан яьлча, цо аьлла: «АллахIана лиъна-кх хIара иштта!» ТIаккха шен хьашт кхочуш хилла карийна цунна. Шен Деле хаьттина цо цунах лаьцна, тIаккха Дала хаийтина цунна: «Хьуна ца хаьа, ахь аьлла – «АллахIана лиъна-кх хIара иштта!» - аьлла долу дош уггар дика хьашташ кхочушдойтуш дерг хилар?»
Уьзза санадца дийцина цо кхин а, Йáкъуб-пайхамар – Делера салам хуьлда цунна – хIокху дуьнена тIехь долчу адамашна юкъахь Валаран малийкаца уггар кIеда стаг хилла аьлла. Валаран малийко шен Деле пурба дехна хилла, Йáкъуб волча дахийта ша аьлла, тIаккха Дала цунна пурба делла. Йакъуба аьлла цуьнга: «Хьо кхоьллинчу Делаца хаттар до ас хьоьга: Йусуфа са дIаэцций ахь?» Цо жоп делла: «ХIан-хIа». ТIаккха аьлла Валаран малийко: «ХIай Йакъуб! Ас цхьа дешнаш Iамаде хьуна?» Цо жоп делла: «Iамаде хIета». Цо аьлла тIаккха: «Ахь ала: «Йá зал маIрýфил-лазú лá йанкъотIиIу абадан, ва лá йухьсúхIи гIойрука»[32]. ТIаккха Йакъуба цу дешнашца доIа дина цу буса, Iуьйра хан тIехIоттале цуьнан коч цуьнан юьхь тIе юха а ерзийна».
И дийцар кхин а дийцина Ибн Абú Аддунйáс «Алфараджу баIдаш-шиддахI» цIе йолчу жайни тIехь, хIокху дешнашца: «Ас цхьа дешнаш Iамаде хьуна, ахь цаьрца Деле дехча хьуна жоп лур долуш?»
ХIоккху юкъахь деана ду: «…ва лá йухьсúхIи гIойрухIу».[33]
Ибн Абú Аддунйáс дийцина, Халлáдан кIантера ИбрáхIима аьлларг: «Жабраил-малийк доьссина хилла Йакъуб-пайхамарна тIе. ТIаккха Йакъуба шегара хьал далхийна цуьнга. Цо аьлла тIаккха: «Ас цхьа доIа Iамаде хьуна, ахь иза дича Дала хьоьгахь дерг дIаайдийр долуш долу? Ахь ала: «Йá ман лá йаIламу кайфа хIува иллá хIува, ва йá ман лá йаблугIу къудротахIý гIойрухIу, фарридж Iаннú».[34] Цул тIаьхьа кхаъ беъна цуьнга»
IабдуллахIа а, Ибн Абú Аддунйáс а дийцина, Сувайдан кIантера КъазIатера схьа, ТIóифан моллакхайкхархо хилла волчу Абу IабдуллахIа аьлларг: «Жабраил деана хилла Юсуф волча. Цо хаьттина Юсуфе: «ХIай Юсуф! Лáцаро хало йина хьуна?» Цо жоп делла: «ХIаъ!» Цо аьлла тIаккха: «Ахь ала: «АллóхIумма, иджIал лú мин кулли мá ахIамманú ва акрабанú мин амри дунйáйа, ва амри áхиратú, фараджан ва махраджан, варзукънú мин хьайсу лá ахьтасибу, вагIфир лú занбú, ва саббит роджáú, вакътIаIхIу Iан сивáка, хьаттá лá арджува ахьадан гIойрока».[35]
Ибн Абú Аддунйáс дийцина, Къурайши волчу IабдулIазúзан кIантера Сóлихьера схьа, Жабрáила Йакъубе аьлла хилла аьлла: «Ахь ала: «Йá касúрал хойри, йá дáимал маIрýфи!»[36]
ТIаккха Дала хаийтина цунна: «Ахь Соьга дийхи, хьан ши кIант велла а волуш ахь соьга иштта дехча, Ас хьуна и шиъ вухаверзор волчу доIанца».
__________
[10] «ХIай стигланаш кхоьллина верг! ХIай дийна верг! ХIай даим волуш верг! Ас доьху хьоьга!»
[11] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга берриг хастам Хьуна хиларца, Хьо воцург кхин Дела вац, хIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг, хIай Сийлахь верг, Комаьрша верг, хIай даим дийна верг, хIай даим волуш верг!»
[12] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга берриг хастам Хьуна хиларца, Хьо воцург кхин Дела вац, къахеташ верг ву Хьо, Хьайгара массо дика хуьлуш верг ву Хьо, стигланаш а, латта а кхоьллинарг ву Хьо, Сийлахь верг, Комаьрша верг ву Хьо! Ас ялсамане йоьху Хьоьга, Хьоьца жоьжахатех лар а ло со».
[13] «Ас доьху Хьоьга Хьо воцург кхин Дела ца хиларца, ворхIе стигланийн Дела, доккхачу Iаршан Дела! Ас доьху Хьоьга Хьо воцург кхин Дела ца хиларца, ворхIе стигланийн Дела, ворхIе латтанийн Дела, цаьршинна юкъахь долчуьнан а Дела! Баккъалла а, Хьо массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву!»
[14] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга Хьо АллахI-Дела ву хиларца, Хьо воцург кхин Дела ца хиларца, Хьо Хьой цхьаъ верг хиларца, Хьо даим волуш верг хиларца, Хьо халкъана оьшуш а волуш, Хьуна халкъера хIумма а оьшуш доцуш верг хиларца, бер хилла а воцуш, дех-ненах схьаваьлла а воцуш, Хьайца цхьа а накъост хилла а воцуш верг Хьо хиларца!»
[15] «Сан Дела! Сан Дела!»
[16] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга ша-долу дика, суна девзаш дерг а, суна довзаза дерг а. Ас доьху Хьоьга Хьан езчу цIарца, шеца доIа динчунна Ахь жоп луш а йолчу, шеца дехначунна Ахь дехнарг луш а йолчу».
[17] Сурат «Áл-Iимрáн», 26 айат.
[18] «АллахI воцург кхин Дела вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву, цхьа АллахI воцург кхин Дела вац, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла а, берриг хастам а Цуьнан бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву, АллахI воцург кхин Дела вац, Цуьнгара бен гIора а дац, ницкъ а бац».
[19] «Сийлахь-цIена ву Хьо, Хьо воцург кхин Дела вац…»
[20] «Йа АллахI! Ахь кхоьллина со, Ахь нисвеш а ву со, Ахь даар луш а ду суна, Ахь хи малош а ду суна, Ахь са оьцуьйтуш а ду сан, Ахь дийна вуьтуш а ву со».
[21] «Ас доьху Хьоьга Хьан лекхачу цIарца, уггар еза, уггар сийлахь, уггар лараме йолчу цIарца».
[22] "Хьо воцург кхин Дела вац, Сийлахь-ЦIена ву Хьо, бакъдолуш со зуламхойх хилла-кх".
[23] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга галдер доцу Хьох тешар а, дIадер доцу ниIмат а, Хьан пайхамарца Мухьаммадца лаккхарчу ялсаманехь цхьаьна хилар а, даим хир йолчу ялсаманехь».
[24] «ХIай къинхетам бечерах уггар къинхетаме верг!»
[25] Иштта сацийна ду жайни тIехь и хьадис. Схьахетарехь Имам СуйýтIúс чекх ца даьккхина иза. И муьлха хьадис дийца лууш хилла хаац суна.
[26] «Сийлахь-цIена ву Шен Iарш стиглахь дерг, сийлахь-цIена ву лаьтта тIехь лелар Шен пурбанца долуш верг, сийлахь-цIена ву хIурда чура некъ Шен керахь болуш верг, сийлахь-цIена ву (жоьжахатин) цIарна тIехь паччахьалла долуш верг, сийлахь-цIена ву ялсаманица Шен къинхетам берг, сийлахь-цIена ву кешнашца Шен кхел ерг, сийлахь-цIена ву хIаваэхь лелаш долу синош Шен керахь долуш верг, сийлахь-цIена ву стигланаш хьалаайъина верг, сийлахь-цIена ву латта дIахIоттийна верг, сийлахь-цIена ву кIелхьара вала меттиг Шеца бен йоцург».
[27] «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, лекха а воккха а ву Иза, доккхачу Iаьршан Дела ву Иза, берриг хастам бу АллахIана, Iаламийн Эла волчу. "Шайна дийцина долу (эхартан Iазап) гучу дийнахь уьш хир бу, (дуьненахь) шаьш цхьана дийнахь цхьа кIеззиг хан бен ца яьккхича санна (хеташ); (хIара Къуръан) довзийтар ду; ткъа хIаллакьхир буй (цу дийнахь) керста-нах бен?!" "(Къемат де) шайна гур долчу дийнахь уьш хир бу, шаьш кешнаш чохь цхьана дийнан суьйре йа Iуьйре бен ца яьккхина (моьтташ)". Йа АллахI! Ас Хьоьга доьху Хьан къинхетам тIебелхош долу бахьанаш, Хьан гечдар доссош долу бахьанаш, массо дика луш болу толам, массо къинойх со маьрша витар. Йа АллахI! Цхьа а къа ма дита Ахь гечдина бен, сингаттам а ма бита Ахь дIаайбина бен, декхар а ма дита Ахь тIерадаьккхина бен, дуьненан а эхартан а хьаштех цхьа а хьашт а ма дита Ахь кхочуш дина бен, Хьайн къинхетамца, хIай уггар къинхетаме верг!»
[28] «Йа АллахI! ХIай сингаттам дIаайбеш верг, гIайгIа а, бала а дIаойъуш верг, Хьо оьшуш Хьайга кхойкхучунна жоп луш верг, дуьненна а, эхартана а къинхетаме верг, цаьршинне а къинхетам беш верг, Хьо ву-кх сох къинхетам бийриг, къинхетам бе Ахь сох, Хьой воцург кхин хIума оьшуьйтур доцуш болу къинхетам».
[29] "Йа АллахI! ХIай паччахьалла долахь долуш верг, Ахь паччахьалла ло Хьайна луучунна, Ахь паччахьалла дIадоккху Хьайна луучуьнгара, Хьайна луург вазво Ахь, Хьайна луург сийсаз а во Ахь, Хьан керахь ду ша-долу дика, бакъдолуш Хьо массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву. Буьйса денца цхьаьнатуху Ахь, де буьйсанца цхьаьнатуху Ахь, веллачух дийнаниг воккху (кхуллу) Ахь, дийначух дийна йоцу хIума а йоккху Ахь, Хьайна луучунна барам боцуш (хьесап доцуш) рицкъ а ло Ахь". «Дуьненна а, эхартана а къинхетаме верг, цаьршинне а къинхетам беш верг, Хьайна луучунна ло ахь и къинхетам, Хьайна луучунна саца бо Ахь! Къинхетам бе Ахь сох, Хьой воцучуьнан къинхетам кхин суна оьшур боцуш къинхетам бе Ахь сох. Йа АллахI! Мискаллех хьалхаваккха Ахь со, декхар а дIадаккха Ахь суна тIера, Хьайна Iибадат деш а волуш, Хьан некъахь гIазот деш а волуш валар а нисде Ахь сан».
[30] «Йа АллахI! Айхьа хьанал динчунца тоам бе Ахь суна Айхьа хьарам динчуьнах, Хьайн къинхетамца Хьайх цхьаннах тоам а бе Ахь суна, кхечаьрга сан хIумма а деха ца дезаш».
[31] «Сийлахь-цIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, кхин Дела а вац АллахI воцург, ас гечдар а доьху АллахIе. Йа АллахI! Ас Хьан комаьршалла а, къинхетам а боьху Хьоьга, и шиъ Хьан керахь бу-кх, Хьо воцучуьнан долахь боцуш».
[32] «ХIай цкъа а хедаш доцу дикаллин да верг, Хьуна Хьайна бен цуьнан дукхалла евзаш а яц-кх!»
[33] «…Цунна цхьанна бен цуьнан дукхалла евзаш а яц-кх»!
[34] «ХIай Ша муха ву Шена цхьанна бен ца хууш верг! ХIай Шен санна ницкъе Ша цхьаъ бен кхачалур воцуш верг! ГIайгIа дIаайъа Ахь сох!»
[35] «Йа АллахI! Сан са мел гатдеш долу хIума а, суна гIайгIа-бала мел беш долу хIума а, дуьненан а эхартан а и хIумнаш суна тIера дIаайде Ахь, со церахь паргIатваккха Ахь, суна ца моьттучу агIор суна рицкъ а ло Ахь, сан къиношна геч а де Ахь, сан догдахар чIагI а де Ахь, Хьой цхьаъ воцучуьнах сан догдахар дIа а хада де Ахь, Хьо воцучуьнга кхечуьнга догдохуш со хир воцуш».
[36] «ХIай дуккха дика долуш верг, даим дика латтош верг!» |
 |