Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком


Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Мнения
Популярное
Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Культура » «Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш»
«Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш» Имам СуйýтIú
 ШолгIа дакъа: ДоIа даран хенах лаьцна дерг

СахIл ибн СаIда аьлла: «Цхьа ши сахьт ду шаьшшинна стигланан неIарш хьайоьллуш, шаьшшинна чохь доIа динчуьнан доIа духатохар кIеззиг а хуьлуш: азан[4] дечу хенахь а, тIеман ши агIо тIамана дуьхь-дуьхьал кхетачу хенахь а».

Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь дийцина иза.

Хьáкима дийцина «Алмустадрак» жайни тIехь, СаIдан кIантера СахIлера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Ши доIа духатухуш дац: азан деш дина доIа а, тIеман «бала тIехIоьттича» а, церах цхьаверг тоьлла валлалц».

Абу Дáвýда а, Тирмизúс а, Хьáкима а дийцина, Анасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Азанна а, къаматна а юкъахь дина доIа жоп луш ду».

Хьáкима дийцина, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Ламазана кхойкхуш верг кхайкхича стигланан неIарш дIайоьллу, доIина жоп а ло. Ткъа шега цхьа сингаттам боьссинчо, йа хало тIехIоьттинчо ларйойла ламазе кхайкхаран хан, тIаккха цунна тIаьхьара а але, цул тIаьхьа олийла цо: - «АллóхIумма робба хIáзúхIид-даIватис-сóдикъотил мустаджáбатил мустаджáбу лахIá, даIватил хьаккъи, ва калиматит-такъвá, ахьйинá IалайхIá, ва амитнá IалайхIá, вабIаснá IалайхIá, иджIалнá мин хийáри ахIлихIá ахьйáан ва амвáтан»[5] - цул тIаьхьа цо доьхур ду шен хьашт».

Муслима дийцина, Жабира аьлларг: «Суна хезира Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Буьйсанна йогIуш цхьа хан ю, шена чохь бусалба стага Делера дуьненан а, эхартан а диканаш дехча Дала уьш цунна луш йолу. И хан хIора буьйсанна хуьлуш ю».

Хьáкима а, Тирмизúс а дийцина, Ибн Iаббасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – буьйсанан тIаьххьарчу кхоалгIачу декъа чохь элира аьлла: «ХIара хан тешалла деш хан ю, хIокху хенахь дина доIа жоп луш а ду».
 
ТIабарáнúс дийцина нийсачу санадца,[6] Iусман ибн АбилIáс Ассакъафийгара схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Буьйса юккъе йахча стигланан неIарш дIайоьллу, тIаккха кхайкхархо кхойкху: «Вуй цхьа а доIа деш, цунна жоп лур долуш? Вуй цхьа а доьхуш, ша дехнарг шена далийта? Вуй цхьа а сингаттаме, шен сингаттам шена тIера хьалаайбайта?». ТIаккха цхьа а доIа дина бусалба стаг ца вуьсу Дала шена жоп делла бен, шен бехкечу меттигца зина деш лелаш йолу зуда а йоцург, ясакх схьагулйеш а воцург».[7]

Баззáра а, ТIабарáнúс а дийцина нийсачу санадца, Ибн Iумара аьлларг: «Цхьана стага хаьттира Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – «Муьлха хан ю буьйсанна доIина гIолий жоп луш ерг?» - аьлла, тIаккха цо элира: «Буьйсанан тIаьххьара хан ю».

ТIабарáнúс дийцина заьIапчу санадца, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Стигланан неIарш дIа а йоьллу, доIина жоп а ло йеа меттехь: Делан некъахь тIом беш берш шайн мостагIчуьнца тIамехь лата буьйлабелча а, догIа догIучу хенахь а, ламазна къамат дечу хенахь а, КаIбат гича доIа дича а».

Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» жайни тIехь, Iаишата аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Кхо хан ю бусалба стага доIа дича цунна жоп луш – гергарло дохор а, къа хуьлуш долу хIума а цо ца дехахь -: ламазе кхойкхуш волчо азан деш, иза дIасаццалц а; ши тIеман агIо тIамана вовшахлетча, Дала царна юкъахь Шен кхел чекхйаккхалц а; догIа догIучу хенахь, иза саццалц а».

СаIúд ибн Мансýра дийцина, IатIáа аьлларг: «Кхаа хьолехь дIайоьллу стигланан неIарш, цу хенашкахь доIа дар ларде аш: азан деш а, догIа догIуш а, тIеман ши агIо тIамана чуччайахча а».

Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» жайни тIехь, IабдуллахI ибн Авфáс аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ХIуманийн IиндагIаш дIадайча, мехаш хьаькхна доьвлча, шайн хьашташ хьалаайде АллахIе, бакъдолуш и хан Деле боьрзучеран хан ю».

Кхин а дийцина цо, СаIдан кIантера СахIлера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шу доIа деш хила IиндагIаш дIадовлучу хенахь».

ТIабарáнúс дийцина, Ибн Iаббаса аьлларг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – малх стигала юкъара чимчаргIа санна дехьа баьлча диъ ракаIат ламаз дора. Ас элира цуьнга: «ХIай Делан Элча! ХIара хIун ламаз ду?» Цо элира: «И ламаз динарг ерриг буьйсанна ламаз дича санна ву. ХIара стигланан неIарш дIайоьллу хан ю, доIина жоп луш йолу хан а ю».

Шина шейхо (Бухáрúс а, Муслима а) дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – пIераскан де хьахийра аьлла, тIаккха элира цо: «…Цу дийнахь цхьа хан ю, бусалба стаг цу хенахь ламаз деш нислахь, Деле цхьа хIума доьхуш нислахь, Дала цунна цо дехнарг лур долуш».

СаIид ибн Мансýра дийцина шен «Сунан» жайни тIехь, ХьантIабан кIентан IабдуллахIан кIантера МуттIалибера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Уггар дезчу доIанех ду Iарафат-дийнахь дина доIа».

Дайламúс дийцина, Абу Умáматера схьа, Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа: «Пхеа буьйсанна дина доIа духатухуш дац: Раджаб беттан хьалхарчу буьйсанна а, ШаIбáна беттан юккъарчу буьйсанна а, пIераскана буьйсанна а, марха дастаран а, гIурба деран а шина буьйсанна а».

ТIабарáнúс дийцина, Сóмитан кIантера Iубáдатера, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана дийнахь элира аьлла – мархин бутт тIекхаьчча а болуш -: «Рамзан-бутт тIебеъна шуна, беркатан бутт, Дала цу баттахь Шегара тоамалла лур ду шуна, къинхетам а боссор бу, къинош а дIадойъур ду, доIина жоп а лур ду».

Кхин а дийцина цо «Ал-АвсатI» жайни тIехь, ХаттIабан кIантера Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Рамзан-баттахь Дела хьахош волчунна гечдина ду. Цу баттахь Деле доьхуш верг Дала вухатухур вац».

БайхIакъúс дийцина «ШуIаб» жайни тIехь, Анасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Къуръан дешна чекхдаьккхича хIоразза дина доIа жоп луш ду».

Кхечу некъаца кхин а дийцина цо, хIокху дешнашца: «Къуръан дешна чекхдаьккхинчуьнан жоп луш долу доIа а ду, ялсаманехь дитт а ду».

Абу Бакр ибн Абйада дийцина шен гIарадаьлла долчу жайни тIехь, Аййýб Ассахтайáнúс аьлларг: «Тхоьга кхаьчча, хIара áйат доьшучу хенахь дина доIа жоп луш ду аьлла: "Куллу ман IалайхIá фáн"».[8]

ТIабарáнúс дийцина, Iирбáдийгара схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Парз-ламаз динчул тIахьа дина доIа жоп луш ду».

Ибн Iасáкира дийцина Хьадджáджан дахар ша дуьцучу хенахь, Абу Мусагара схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен цхьа хьашт долчо, и шен хьашт Деле доьхийла парз-ламаз динчул тIаьхьа».

Кхин а дийцина цо, Ибн Iаббáсера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Суна ца магийна со сужудехь волуш а, рукýIехь волуш а Къуръан дешар. РукýI шаьш дечу хенахь Дела вазве аш, сужуд шаьш дечу хенахь дикка доIа де аш, жоп дала герга ду шуна тIаккха».

Тирмизúс дийцина, Ибн Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Цхьана Делан лайна доIа дар атта дина хилахь, цо доIа дойла, бакъдолуш АллахIа жоп ло».

Ахьмада дийцина «ЗухIд» жайни тIехь, Халид Алхьиззáа аьлларг: «Iийса-пайхамара – Делера салам хуьлда цунна – олуш хилла: «Шайн дегI дега а дича, шайн баIаьргех хи а даьлча, ишттачу меттехь доIа де аш».

ТIабарáнúс дийцина дикчу санадца, Абу РахIм АссамIийгара схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шайна гергахь доIина жоп луш долчу хIуманех ду: хьоршам тохар».


__________

[4] Молла кхойкхучу хенахь.

[5] «Йа АллахI! ХIокху бакъдолчу доIанан Дела, шена жоп луш долчу доIанан Дела, бакъонан доIанан Дела, Хьох кхераран дешан Дела, тхо цу тIехь дáха а дáхийта Ахь, тхо цу тIехь дала а далийта Ахь, тхо цу тIехь ден а де ахь, тхо цу дешан уггар дика дай де ахь тхо дийна долуш а, тхо деллачул тIаьхьа а».

[6] Санад – хьадис дийцинчу нехан зIе ю иза. Иснáд а олу цунах.

[7] Хьакъ доцуш Iедало оьцун ясакх хьалахьош верг ву цигахь вуьйцург.

[8] «Цу тIехь долу ша-долу хIума пана хир (дIадер) долуш ду». Сурат «Аррохьмáн», 26 айат.
Скачать:
suyuti.pdf [317.67 Kb] (cкачиваний: 0)
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) лерам (25 апреля 2008 00:32)
ц1а жим леран йиш хьажахь кхитар ву хьо
2) исмун (26 мая 2008 15:45)
может не стоит париться тем кто не умеет читаь на родном. дела реза хуьлда и яздиначунна
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека