 |
Хьалхара дакъа: ДоIа деш волчуьнах доьзна дерг
Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхо доIа ду шайна Дала жоп лур долуш: шена зулам динчуьнан доIа а, некъахочуьнан доIа а, дас-нанас шайн берана дуьхьал дина доIа а». Бухáрúс «Ал-Адабул Муфрид» тIехь а, Абу Давýда а, Тирмизúс а дийцина иза.
Ахьмада а, Баззáра а дийцина дикчу иснадаца, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шена зулам хиллачуьнан доIа жоп луш ду, иза харц стаг велахь а; цуьнан харцо цунна шена хир йолуш ю».
Ахьмада Анасера дийцинчу хьадисехь деана ду: - «… иза керста велахь а» - аьлла.
Ибн Мáджас дийцина, Умм Хьакúмера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Дас (шен берана) дина долу доIа жоп лучу доIанех хуьлу».
Тирмизúс дийцина. Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхаа стеган доIа духа тухуш дац: марха кхаьбначо марха достучу хенахь дина доIа а, нийсо еш волчу паччахьан доIа а, шена зулам хиллачуьнан доIа а».
БайхIакъúс дийцина «ШуIабул Иймáн» жайни тIехь, Абу ХIурайрера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Кхо стаг ву АллахIа шайн доIанаш духа ца тухуш: дукха Дела хьехош верг а, шена зулам хилларг а, нийсо еш волу паччахь а».
Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» жайни тIехь, Вáсилатера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Виъ стаг ву, шайн доIина жоп луш волуш: нийсонна тIехь волу паччахь а, къайлах шен (бусалба) вешина (диканца) доIа деш верг а, шена зулам хилларг а, шен дена-нанна доIа деш верг а».
ТIабарáнúс дийцина «Алкабúр» жайни тIехь, Ибн Iаббасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Ши доIа ду, шаьшшина а, Далла а юкъахь пардо доцуш: шена зулам хиллачо дина доIа а, цхьана стага къайлах шен (бусалба) вешина дина доIа а».
Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь а, Абу Дáвýда а, Тирмизúс а дийцина, Iамран кIантера IабдуллахIера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Уггар сиха (жоп луш долу) доIа дуьхьал воцучу стагна, къайлах (диканца) дина доIа ду».
Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь дийцина, Абу Дардáэра схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш хилла аьлла: «Бусалба стага шен вешина къайлах дина доIа жоп луш ду; цу стеган коьртехь лаьтташ хуьлу малийк, цо шен вешина диканца доIа мел до цу малийко олу: «Áмúн! Хьуна а хуьлийла уьзза».
Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь дийцина, Санáбихьийна Абу Бакара олуш хезза аьлла: «Делан доьхьа вежаралла долчу стага шен вешина дина доIа жоп луш ду».
Баззáра дийцина, Хьусойнан кIантера Iимранера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Бусалба стага шен бусалба вешина къайлах дина доIа духатухуш дац».
БайхIакъúс дийцина «ШуIаб» жайни тIехь, Ибн Iаббасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Пхи доIа ду шайна жоп луш долуш: шена зулам хиллачуьнан доIа а, цо толам баккхалц; хьадж деш волчуьнан доIа а, иза чекхдаллалц; гIазот деш волчуьнан доIа а, иза вухаверззалц; цомгаш волчуьнан доIа а, иза товаллалц; цхьамма шен вешина къайлах деш долу доIа а; ткъа хIокху доIанех уггар сиха шена жоп луш дерг - цхьамма шен вешина къайлах деш долу доIа ду».
Дайламúс дийцина, Iаббасан кIантера IабдуллахIера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шух цхьамма ихьрáм доьхкуш доIа деш хилахь, шен доIанал тIахьа «Áмúн» олийла цо. Ша - «Йа АллахI! Гечде Ахь суна» - алахь, цо олийла «Áмúн». Хьайбанна неIалт а ма кхайкхадойла цо, адамана неIалт а ма олийла цо, бакъдолуш адамо дина доIа жоп луш ду. Шен доIанехь АллахIах тешаш болу божарий а, зударий а юкъалаьцначунна жоп лур ду».
Ибн Мáджас дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Хьадж деш берш а, Iумрат деш берш а Делан векалш бу, цара доIа дахь царна жоп лур ду Цо, цара гечдар дехахь царна геч а дийр ду Цо».
Цо дийцина кхин а, Ибн Iумарера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Делан некъахь гIазот деш верг а, хьадж деш верг а, Iумрат деш верг а Делан векалш бу. Цо кхайкхам бина цаьрга, цара жоп делла. Цара дехна Цуьнга, цара дехнарг Цо царна а делла».
Баззáра а дийцина уьзза хьадис, Жабирера схьа.
Баззáра дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Кхаа стеган доIа духа ца тохар Делан хьакъ ду: марха кхобуш волчо марха достуш дина доIа а, шена зулам хиллачо шена толам хиллалц дина доIа а, некъахочо ша юхаверззалц дина доIа а».
Насáúс дийцина, Ибн Iамрера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Марха кхаьбначо марха достуш деш доIа ду, Дала духатухуш доцуш».
Ибн Мáджас дийцина, Ибн Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Хьой цомгаш верг волча чуваьлча, цуьнга хьайна доIа де ала ахь, цуьнан доIа малийкийн доIа санна ду».
СаIúд ибн Мансýра далийна шен «Сунан» жайни тIехь, Абу Дардáа аьлларг: «Делах тешаш волчу, шена цхьа бала хилла волчу стаге доIа дайта хьайна».
Дайламúс дийцина, Салмáнера схьа, Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – «шегахь цхьа бала болчуьнан доIа жоп луш ду» - аьлла.
ТIабарáнúс дийцина «АвсатI» жайни тIехь, Анасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Цомгаш волчо дина доIа жоп луш ду».
Тирмизúс а, Хьáкима а дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Сингаттамехь а, халонашкахь а шен доIина жоп далар дезачо ша паргIат волчу хенахь доIа алсам дойла».
Ахьмада дийцина, Ибн Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен доIина жоп дала а луучо, шен сингаттам дIаайбала а луучо халонехь волчу мискачу стаган гIо дойла».
Дайламúс дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Халонехь волчу мискачу стеган доIанах кхера шу».
ТIабарáнúс дийцина «АвсатI» жайни тIехь, мегар долуш долчу иснáдаца, Анасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Бакъдолуш, АллахIана эхь хета къежвеллачу бусалба воккхачу стага дехнарг цунна ца дала, нагахь санна иза нийсонна тIехь велахь, суннат тIехь возуш а велахь».
Дайламúс дийцина, Ибн Iумарера схьа, Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Цхьамма шена дика дича, шена и дика динчунна цо деш долу доIа духатухуш дац».
БайхIакъúс дийцина «ШуIаб» жайни тIехь, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Къуръан дагахь хууш волчо деш доIа ду, шена жоп луш долу. Цо доIа до, тIаккха цунна жоп ло».
Хьáкима дийцина, Хьубаййиб ибн Масламат АлфихIрийгара схьа, цо аьлларг: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Цхьа гулам вовшахкхетар бац, церах цхьаболчара доIа дича, вукхара «áмúн» аьлча, царна Дала жоп делла бен».
Абу НаIúма дийцина «АлхьилйáхI» жайни тIехь, Анасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхаа стеган доIа цкъа а цхьанакхетар дац, церан доIин куьйгаш Дала духа ца тоха хьакъ хилла бен». |
 |