 |
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!
Хастам бу АллахIана, Шега догдохуш верг вуха ца тухуш волчу, Шега кхойкхуш верг а вуха ца тухуш волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн элана Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а: къаьсттина цIена йолчу тобанна.
ХIара жима жайна ду жоп луш долчу доIанех лаьцна, доIа деш волчуьнца муьлха сифаташ хилча цуьнан доIийна жоп лур ду дуьйцуш долу, йа муьлхачу езчу хенахь а, меттигехь а доIа дича жоп ло дуьйцуш долу, йа дикчу хьадисашкахь деана муьлха доIа дар деза ду дуьйцур долу.
Ас хIокху жайнина цIе тоьхна: «Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш». Ас АллахIе доьху сайна гIо дар а, дика а, хаза а чаккхе йалар а.
Ас хIара жайна декъна деа декъе:
[Хьалхара дакъа: ДоIа деш волчунах доьзна дерг]
[ШолгIа дакъа: ДоIа даран хенах лаьцна дерг]
[КхоалгIа дакъа: ДоIа дар деза долчу меттигех лаьцна дерг]
[ДоьалгIа дакъа: Дезчу доIанах лаьцна дерг].[3]
__________
[3] ХIара дакъош Имам СуйýтIийс иштта гулдина ца хьахийна. ХIора дакъа ша дIадолош, цунна хьалха хьахийна цо хIора декъан цIе. Ас кхузахь гулйина уьш, жайна доьшуш волчуьнан кхетам дика тIебахийтархьама. |
 |