Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Народ » Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш)
Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш) Айдамиров Абузар

4

Нохчийчохь ерриге а ярташкахь бусалба дин Iамо хьуьжарш болх бан юьйлаелира ХIХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь. ХIетахь дуьйна схьа гучубуьйлу бусалба дин Iамийна цхьа кIеззиг Iеламнах.

Бусалба динан Iилма я Iаьрбийн йоза-дешар халкъо Iамор юьхьанцарчу тIегIана тIехь хадийра советски-коммунистически Iедало. Ткъа дуьненан Iилма Iамор муха дара? Паччахьан зама-нахь суна хууш масех нохчо хилла оцу агIор дешна халкъана вевзаш: Эльдарханов Таыитамар, Саракаев Ибрагим-Бек, Кужуев Iабдул-Хьамид, вежарий ШариповгIар, МутушовгIар. Октябрьс-ки революци хиллачул тIаьхьа, 1920-чу шарахь, Iаьрбийн графи-кан бух тIехь нохчийн йоза-дешар юкъадаьккхира нохчашлахь. Амма цуьнца школашкахь йоза-дешар Iамо ма-доллийнехь, иза дIадаьккхина, 1925-чу шарахь латиница юкъаялийра, тIаккха масех шо даьлча, 1938-чу шарахь, латиница дIа а яьккхина, кириллица юкъаялийра. Иштта, 19 шарахь кхузза хийцира нохчийн йоза-дешаран алфавит. Муха хилира цуьнан тIаьхье?

1944-чу шарахь, халкъ махках доккхучу хенахь, иза йоза-дешар ца хууш я кIеззиг хууш дара. Масала, 1958-чу шарахь къоман автономи меттахIоттийча, 50 эзар вахархо волчу Нажин-Юьртан районехь цхьа а стаг вацара лаккхара дешар дешна, юккъера дешар дешна ваьлларг ткъех стаг вара.

I944-чу шарахь халкъ махках доккхуш 18-20 шо долу кегийр-хой я бусалба динан дешар, я дуьненан дешар дешна а бацара, ткъа хIетахь ворхI класс яккха а ца кхуьуш школера гIовттийна дIадигна бераш кхин дIа деша аьттонаш боцуш дисира. Цкъа-делахь, Казахстанерчу меттигерчу Iедалан бала а бацара нох-чийн бераша цадешаран, шолгIа-делахь — мацалло а, халонаша а уьш школах юкъахдехира.

Исторехь зеделла колонизаторшна, я имперски халкъашна, шайн олаллина кIелхьара къаьмнаш бодане мел ду а царна тIехь олалла латто а, церан барт ца хилийта а атта хилар. Мацах цхьана китайски хьекъалчо аьлла боху: «IПайна къам хIаллак-дан лаахь, цуьнан культура хIаллакье». Цундела, колонизатор-ша шайн олаллина кIелхьарчу къаьмнашна деша таронаш ца ло. ХIунда аьлча, цара дешча, уьш кхетаме хир ду, цара шайн истори, мотт, культура ларйийр ю, шайна тIехь латто харцонаш гур ю, уьш ловр яц, шайн къоман маршонехьа къуьйсур ду. Амма колонизаторшна оьшу оцу къомах дешна нах а, къомана тIехь шаьш олалла латтош царех пайда эца. Оцу Iалашонца колони-заторша доьшуьйту шайна муьтIахь болчу нехан берашка.

Изза Iалашо яра революци хилале хьалха оьрсийн колони-заторийн а. ТIаьхьа советски-коммунистически Iедало иза кхечу кепашкахь кхочушйора.

Цхьа низам долуш, юкъарло а ца юлуш нохчийн бераш деша дуьйладелира махках даьккхина вайн халкъ цIа а дирзина республика юхаметтахIоттийча, 60-чу шерашкахь. ХIетахь дуьй-на схьа ткъе итт шарахь вайн бераша муха дешна а, церан хаа-рийн барам а, республикан школийн болх мича хьелашкахь бара а, ткъе итт шарахь юьртахь юккъерчу школан директор болх бинчу суна дика хаьа. Оьрсийн маттахь а, московски оьрсийн берашна леринчу программашца, учебникашца Iамош долчу нох-чийн берех 90 % оцу программашца шаыш Iамочух ца кхеташ чекхдовлура юккъерчу школера. Царна, ур-атталла, я нохчийн а, я оьрсийн а меттанашкахь нийса деша а, нийса яздан а ца хаьара. Ткъа мотт ца хиъча, царна кхидолу Iилманаш Iемар ду бо-хург хьехочохь а дацара.

ХIетте а, нохчийн къоман исторехь и тIаьхьарлера ткъе итт шо халкъан дешаран гIушлакхе яра. Оцу шерашкахь кхолладе-лира нохчийн къоман меттан, историн, культуран а Iилманаш. ХIетахь кхиира вайн Iилманчаш, яздархой, актераш, художни-каш, иллиалархой, спортсменаш, инженераш, лоьраш, хьехархой, кхиболу говзанчаш а.

Скачать:
vayn_amalsh.pdf [790.89 Kb]
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Вайнах (9 декабря 2007 02:13)
grozny Сун бехк ма билл, но из за ощибок читать не возможно!
2) shilmalh (10 декабря 2007 03:14)
вай хьайн мотт ишт дик хуаш х1илч нохчи маттахь базо мегардацар 1ахь хьай тедмаш?
3) grozny (10 декабря 2007 19:19)
Цитата: Вайнах
grozny Сун бехк ма билл, но из за ощибок читать не возможно!

Бехке хIум дац, ты прав. Мы поспешили с публикацией

Цитата: shilmalh
вай хьайн мотт ишт дик хуаш х1илч нохчи маттахь базо мегардацар 1ахь хьай тедмаш?

вай массара ненан мотт бийцахьара шеко йоцуш гIоле-м хир дар, делахь вайна ма-хаара оьрсийн маттахь цхьа 2-3 дош юкъацатухуш цхьаммо ца до къамел, мел дика нохчийн мотт иза хууш велахь а. Цундел гIазкхийн маттахь тидам барх галдолуш хIума дац аьлла хета суна

ларамца
4) Ламберд (19 февраля 2008 13:36)
Иза мотт ца хаар проблема яц, иза ду вайн вейш бийцар, иза ларар, меттан г1иллакх (культура языка) ца хилар! Францехь церан Министерсво Культуры кхечу Пачхьалкхан Институташ ч1ог1а ларбо шайн мотт урратул Микки Моус шайн матте доккха цара шайн, мотт ларбеш кхечу къоман матте 1аткъамаш ца бойтуш (влияние внешней среды контролируют)! у нас говоря языком простонародья "круто балакать на других языках" даже в ущерб собственному! вайн ц1ахь хийла наха олуш хеза " эх1, ма оьшуш бацар-кх х1ара нохчийн мотт, эццигар цхьа кхоъ-диъ дош могаш-парг1ат хатта хууш хиллачхьана тоьар дар иза-м"- бохуш! цундела вай г1иллакх, г1уллакх кхин йолу дахаран аспекташ гал йовлу х1унда аьлча вайн маттаца ду г1иллакх-г1уллакх бохуш долу х1ума! Иза хийцалур дац цхьаьна дийнахь, массара а оцу х1умнах кхета а кхетта, вайн хуьлуш йолу деградаци аьшнашйеш, вайн хьаькмашка кхайкхам беш къоман меттан статус хьалайбар вайн махкахь, кхин а цу кепар г1уллакх деш къома реакции хила еза! амма вайнаха шайн т1ехиндерг, шайн кхоллам оьрсашца бу аьлла шайн мотт кхин д1а а д1атасахь "шен луург хилхьара цунах" аьлла вайн кеста г1азакхех даьлла къам ду аьлла "хьаьшна" дойур ду вай ! Дала лар дойла вочу х1умнах нохчийн къам!

P.S. Казахстанехь цхьа накъост кхеттера суна новкъахь нохчи ву ша аьлла амма аса "хьо ц1ера стенгара ву аьлла" хаттар дича цхьа хала бале соьга нохчийн маттахь жуоп делира цо " кхузара ву-кх аьлла" ( то есть с Казахстана:)) хьо тайпана мила ву аьлча " суна-м ца хаа" элира! Ч1ог1а кхераме, инзаре х1ума ду иза (Далла лар дойла вай оцу тайпа акха довларх) !!!
Шен заман нах хирг бу-кх уьш!
5) zalina_lake (4 марта 2008 19:32)
Salam wink
6) Heerhugowaard (5 марта 2008 07:27)
Vaakeykum Asalamu Zalina_ lake! Муха ду цигахь г1уллакхаш? Дахалой шу?
7) Леча (20 марта 2008 13:48)
К сожалению чеченский язык становится лишь декоративным придатком к чеченцам и все меньше и меньше чеченцев которые знают и разговаривают на родном языке без чужеродных примесей! Невероятными темпами идет русификация и чеченцы теряют самобытность и элементы культуры и в качестве альтернативы берут все западное, декадентское! уже не редкость слышать подростковый говор с примесью русского мата в чеченском языке чего не было прежде! Если каждый чеченец не осознает и не поймет всю глубину нашего падения скоро от нас останется только Великое и Гордое некогда имя-Нохчо! Х1ай Веза Воккха Дела г1азакхийн 1азапех ларде ахь сан къам алий бен д1амадийша буьйсанна! Ламаз т1ехь вайн Парг1ато, Йозушйоцу Пачхьалкх х1отторан бахьанаш деха Аллах1е, вайн Иман Ислам деха къомана, т1аккха бен хирг бац юкъахь вайн барт!
8) xabun5487 (23 сентября 2008 00:00)
Классный сайт.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека