3
ХVIII-чу бIешарахь, шарера пхеа шаре болуш, юкъа-юкъа, ткъа ХIХ-чу бIешарахь, 1816 шарера 1861 шаре кхаччалц хаддаза тIом лаьттина Нохчийчохь.
ТIаккха, 1865, 1877-чуйшерашкахьпаччахьанIедалнадуьхьал гIаттамаш хилла кхузахь. Цул тIаьхьа къаьст-къаьстинчу наха а, кIеззигчу тобанаша а герзаца дуьхьалонаш йина паччахьан Iедална. Кхеташ ду, оцу иттаннаш шерашкахь, нийсса аьлча -шина бIе шарахь нохчийн берийн деша аьтто цахилар. Даима а тIом, дойу адамаш, яго ярташ, мацалла, цамгарш, кхин а бIеннаш халонаш. Пхийтта шо кхаьчна божабераш герз карахь тIаме хIуьттура. Цхьа гуттара а деша луу кIеззиг кегийрхой кхузарчу юьхьанцарчу хьуьжаршкахь дешна бевлча, кхин дIа шайн хаарш лакхадаха ДегIастана деша боьлхура. Цундела, бац ала мегар долуш, кIезиг бара Iеламнах. XVII — ХIХ-чуй бIешерашкахь дегIастанхойн Iеламнах, математикаш, философаш, астрономаш а хилла генна ДегIастанан махкал арахьа а гIарабевлла бевзаш — Молла Мохьмад Голодинский, Дамадан Мугинский, Дауд Уси-шинский, Мохьмад Кудутлинский, Гасан Кудулинский, ИбрахIим Гитадлинский, Гасан Алкадари, Саид Кочхюрский, Мохьумад ЯрагIский, Джамалуддин Казикумухский, Iабдурахьман Акушин-ский, Саид Аксайский, Саид Арканский, и. дI. кх. а. Петер-бургерчу университетехь хьехархой бара Казим-Бек, Iабдулла Омаров.
Оцу цIераш яьхначу а, кхечу дуккха а дегIастанхойн Iеламнехан маттахь бусалба динах а, дуьненан Iилманах а язби-• на дуккха а белхаш ларбелла таханналц. ДегIастанарчу Iеламнаха масех бIе шо чулоцуш шайн яртийн, тайпанийн, тукхамийн а истореш язйина, тIаьхьа тIекхуьучара тIе а юзуш. Тахана а дика бевзаш бу XIX бIешарахьлера дегIастанхойн историкаш: Мохьу-мад Тахир аль-Карахи, Гаджи-Али Согратлинский, поэт Мохьу-мад-Бег Гергебильский кхин берш а. КIезиг бацара цигахь Iаьрбийн, туркойн, гIажарийн меттанаш кIорггера хууш Iеламнах. Ялх томехь туркойн истори дуьххьара язйинарг суьйли ву.
Лакхахь цIераш яьхначу дегIастанхойн Iеламнахаца вагар-ван, суна хууш, IПелара Соип-Молла хилла Нохчийчохь. Кхин а хилла хила а тарло, суна ца хууш, амма Соип-Молла воцчун цхьа-на а нохчийн Iеламнехан яздина жайна ца дисина. Ткъе итт шо хьалха суна хезнера, Ленинградерчу цхьана архивехь, Соип-Мол-лин куьйга язбина ши том философин болх бу, бохуш. ХIеттахь вайн Iилманчашка иза дийцира ас, амма цхьаммо а иза лехначух тера дац.
ХУШ-ХIХ-чуй бIешерашкахь нохчийн Iеламнах, Iилманчаш а ца-хиларан бахьана, нохчийн къам кхетамна тIаьхьадисина ба-хьана а даима Нохчийчохь лаьттина тIемаш бара, элира ас. Нагахь санна къам кхетамна тIаьхьадисаран бахьана тIемаш хил-лехь, и тIемаш а хуьлура нохчийн къам кхетамна тIаьхьадиси-на хилар бахьана долуш. Нохчийн къомана и цхьаболу боха-маш хилла хир бацара, цуьнан кхетам лакхара хиллехьара, цуь-нан коьртехь бусалба динан а, дуьненан а Iилма хууш, хьекъале, оьзда, доьналле къонахий хиллехьара, уьш къобал беш, халкъ царна тIаьхьа хIуттуш хиллехьара. Амма нохчий цкъа а Iилманна тIаьхьа ца бовлура, шайн истори хаа а, культура ларъ-ян а ца гIертара. Церан дахаран коьрта гIирс массо а заманахь герз дара. Пхийттара ваьлла кIант герз юкъах а доьхкий дIахIуттура, тIамца, къолашца, талорашца шен сонта майралла гайта гIертара. Нохчийн халкъан иллешкахь буьйцу турпалхой дукхахберш къуй, талорхой бу. Теркал дехьара, Салойн аренаш-кара говрийн реманаш, даьхний лоьхкуш, гондIарчу къамнийн элий лечкъош йийсаре балош, банкаш, почташ талош, и. дI. кх. а. Юккъехула аьлча, дуьненан массо а къоман, массо а зама-нахь къола дар эхь ду, сагIа дехар эхь дац. Нохчаша и шиъ нийсса бIостанехьа даьккхина леладо: къола дар эхь дац, сагIа дехар эхь ду. Мелхо а, и къуй, талорхой а иллешкахь хестабо нохчаша!