 |
ХIокху дуьненахь адамийн тобанан кхетамца, цхьана маттаца, дуьнене хьежамашца кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахь цIе йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш, эхь-бехкан, доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юьхьан чкъор, амал, дог-ойла ца хуьйцуш лаьтта, наж-дитт санна лаьмнашкахь, мацах-цкъа дайша йоьгIна бIов санна. Цуьнан дахаран некъех а, цуьнан дашах а хан-зама яларца къилба хуьлу, адамаллин, къинхетаман, доттагIаллин, стогаллин, собаран гечонах тиллачунна нисвала гIо деш. Массо а къаьмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан охIланаш, са цIена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта. Цара шаьш бинчу кхоллараллин балхаца, къахьегарца, хьанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а. Ишттачарех ву нохчийн халкъан яздархо Айдамиров Абузар.
А. Айдамировга кхаьчнарг кхаж баьлла кхаьчна таж, дарж дац, ткъа къоман кхолламах бакъдерг: «Маршонан кIентий», «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Лаьмнийн некъашкахула», «КIант веллачу дийнахь», «Кхолламан цхьа де»... романаш, повесташ, дийцарш яздарна, дуьненахь ша мел дукха вахарх дIасатаIа йиш йоцу жоьпалла ду.
И жоьпаллин деза къонахчун таж корта айббина лело хьекъал, кхетам, собар ду цуьнгахь. Цундела оьху тайп-тайпана говзаллаш, корматаллаш, амалш йолу адамаш цуьнах дагадовла, цуьнга шайн лазамаш бийца, цуьнан кхетамечу, хьекъалечу даше ладогIа. Дуккха а хаттаршна жоьпаш карор ду хIара книга ешначунна. Цундела, хазахетарца зорбане а кечбина, оха шун беша аьтто хуьлуьйту А. Айдамировн «Вайн амалш...» — нравственно-философски болх.
Сумбулатов Дени |
 |