 |
11. ХIусам чу волуш деш долу зикр.
(18)
"БисмиллáхIи валажнá, ва бисмиллáхIи харажнá ва Iалá роббинá таваккалнá"
«АллахIан цIарца чу а даха вай, АллахIан цIарца ара а доьвли вай, болх вайн Далла АллахIана тIе а биллина вай».
12. Маьждиге воьдуш деш долу доIа.
(19)
"АллóхIуммажIал фú къалбú
нýран, ва фú лисáнú нýран, ва фú самIú нýран, ва фú басарú нýран, ва
мин фавкъú нýран, ва мин тахьтú нýран, ва Iан йамúнú нýран, ва Iан
шимáлú нýран, ва мин амáмú нýран, ва мин халфú нýран, важIал фú нафсú
нýран, ва аIзим ли нýран, ва Iаззим лú нýран, важIал лú нýран, важIалнú
нýран, АллóхIумма аIтIинú нýран, важIал фú Iасабú нýран, ва фú лахьмú
нýран, ва фú дамú нýран, ва фú шаIрú нýран ва фú башарú нýран.
АллóхIуммажIал лú нýран фú къабрú, ва нýран фú Iизóмú, ва зиднú нýран,
ва зиднú нýран, ва зиднú нýран, ва хIаб лú нýран Iалá нýрин"
«Йа АллахI! Сан даг чохь нур де Ахь, сан маттаца нур де Ахь, сан
хазарца нур де Ахь, сан бIаьрсица нур де Ахь, суна тIехула нур де Ахь,
суна лаххула а нур де Ахь, сан аьтту агIор а нур де Ахь, сан аьрру
агIор а нур де Ахь, суна хьалха а нур де Ахь, суна тIехьа а нур де Ахь,
сан са чохь нур де Ахь, суна нур доккха де Ахь, суна нур кхин а
совдаккха Ахь, суна сайна нур де Ахь, сох сайх а нур де Ахь. Йа АллахI!
Суна нур ло Ахь, сан пхенаш чохь нур де Ахь, сан жижигца нур де Ахь,
сан цIийца нур де Ахь, сан месашца нур де Ахь, сан дегIаца нур де Ахь.
Йа АллахI! Суна сан каш чохь нур де Ахь, сан даьIахкашца нур де Ахь.
Нур сов даккха Ахь суна, нур сов даккха Ахь суна, нур сов даккха Ахь
суна. Нуьрана тIе кхин а нур ло Ахь суна».
13. Маьждиг чуволуш деш долу доIа.
(20)
"АIýзу биллáхIилIазúми, ва
биваджхIихIил карúми, ва султIóнихIилкъадúми минашшайтIóнирражúми.
БисмиллáхIи вассолáту вассалáму Iалá расýлиллáхIи. АллóхIуммафтахь лú
абвáба рахьматик".
«Воккхачу АллахIаца ларло со, Цуьнан Сийлахьчу юьхьца а ларло со,
Цуьнан даим долчу паччахьаллийца а ларло со, къинхетамах генадаьккхина
долчу шайтIанах. АллахIан цIарца (чуволу со), къинхетам а, маршалла а
хуьлда Делан Элчанна. Йа АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаелла Ахь
суна».[8]
14. Маьждиг чура ара волуш деш долу доIа.
(21)
"БисмиллáхI, вассолáту вассалáму Iалá расýлиллáхI, аллóхIумма иннú асъалука мин фадлик, аллóхIуммаIсимнú минашшайтIóнирражúм".
«АллахIан цIарца! Къинхетам а, маршалла а хуьлда Делан Элчанна. Йа
АллахI ас Хьан къинхетам боьху Хьоьга. Йа АллахI, Айхьа генадаьккхинчу
шайтIанах ларве Ахь со».
15. Азан деш (молла кхойкхуш) хезча деш долу зикр.
(22) Азан деш хезча, и деш волчо ма-аллара цунна тIаьхьара ала деза,
«Хьаййа Iалассолáт, хьаййа Iалалфалáхь» аьлча:
«Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» ала деза хIоразза. Цуьнан маьIна: «Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен» бохург ду.
(23) Азан деш волчо :
«АшхIаду ан лáилáхIа иллаллáхI» олуш хезча, иза цуьнца ала а аьлла, хIара кхин а тIе аьлча дика хир ду:
"Ва ана ашхIаду ан лá илáхIа
иллллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIý ва
расýлухI. Родийту биллáхIи роббан, ва бимухьаммадин росýлан ва
билъислáми дúнан"
«Ас а до тешалла, цхьа АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Шеца накъост
воцуш волу, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а ву аьлла. Со реза
хили АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад сайн элча хиларна а, Ислам
сайн дин хиларна а».
(24) Азан деш волчунна ша тIаьхьара аьлла ма-ваьлла, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дуьллур ду.
(25) ТIаккха хIара доIа дийр ду:
"АллóхIумма робба
хIáзихIиддаIватиттáммати, вассолáтилкъóимати, áти Мухьаммаданилвасúлата
валфадúлата, вабIасхIу макъóман махьмýдан, аллазú ваIадтахI, иннака лá
тухлифул мúIáд"
«Йа АллахI! ХIокху кхачаме долчу кхайкхаран Дела, дечу ламазан Дела,
Мухьаммадна “василат”[9] а, “фадилат”[10] а ло Ахь, Айхьа цунна ваIду
йина, лур ю аьлла йолчу хастамечу меттехь гIаттаве Ахь иза. Баккъалла
а, Ахь Айхьа йина ваIд йоха ца йо-кх».
(26) Азанна а, къаматна а юккъехь шена дезарг дехар дика ду, хIунда аьлча, цу хенахь дина доIа Дала духа тухуш дац.
16. Ламаз дIадихкинчул тIаьхьа деш долу доIанаш.
(27)
"АллóхIумма бáIид байнú ва
байна хатIáйáйа камá бáIадта байнал машрикъи валмагIриби, аллóхIумма
наккъинú мин хатIáйáйа камá йунаккъоссавбул абйаду минадданаси,
аллóхIуммагIсилнú мин хатIóйáйа биссалджи, валмáи валбарад"
«Йа АллахI! Сан къинош суна генадаха Ахь, Айхьа малхбале малхбузена
генаяккхаре терра. Йа АллахI! Со сан къинойх дIацIан ве Ахь, моданех
кIайн коч дIацIанлуш санна. Йа АллахI! Сан къинош суна тIера дIадила
Ахь, лайца а, хица а, шаца а».
(28)
"СубхьáнакаллóхIумма ва бихьамдик, ва табáрокасмук, ва таIáлá джаддук, ва лá илáхIа гIайрук".
«ЦIена ву-кх Хьо йа АллахI, хастам а бу Хьуна, Сийлахь ю Хьан цIе, лекха ю Хьан возалла, Хьо воцург кхин Дела а вац».
(29)
"ВаджжахIту важхIийа лиллазú
фатIарассамáвáти валъарда хьанúфан ва мá ана миналмушрикúн. Инна
солáтú, ва нусукú, ва махьйáйа ва мамáтú лиллáхIи роббилIáламúна, лá
шарúка лахIу, ва бизáлика умирту ва ана миналмуслимúн. АллóхIумма
анталмалику, лá илáхIа иллá анта. анта роббú, ва ана Iабдука. Заламту
нафсú ваIтарафту бизанбú, фагIфир лú зунýбú джамúIан, иннахIý лá
йагIфируззунýба иллá анта, вахIдинú лиахьсанил ахлáкъи, лá йахIдú
лиахьсанихIá иллá анта, васриф Iаннú саййиахIá, лá йасрифу Iаннú
саййиахIá иллá анта. Лаббайка ва саIдайка, валхайру куллухIý бийадайка,
вашшарру лайса илайка, ана бика ва илайка, табáракта ва таIáлайта,
астагIфирука ва атýбу илайк"
«Ас ерзий сайн юхь, стигланаш а, латта а кхоьллинчуьнга, со
“хьаниф”[11] волуш, со Делаца накъост веш болчарах а вац. Баккъалла а,
сан ламаз а, ас урс хьакхар а (гIурба дуьйш), сан дахар а, сан валар а
АллахIан доьхьа ду, Iаламийн Эла волчу, накъост вац Цуьнца, иштта хилар
суна тIедиллина а ду, со бусалба нахах а ву. Йа АллахI! Хьо Паччахь ву,
Хьо воцург кхин Дела а вац, Хьо сан эла ву, со Хьан лай ву, ас сайн
сина зулам дина, айса къалаторца ас мукIарло до, гечдехьа суна сан
дерриге къиношна, баккъалла а, Хьо воцург кхин цхьа а вац-кх къиношна
гечдеш. Со нисвехьа уггар хазчу гIиллакхашна тIе, уггар хазчу
гIиллакхашна тIе Ахь бен ца нисво-кх. Церах вон дерш соьгара
дIадахахьа, и вон гIиллакхаш Хьоьга бен соьгара дIацадахало-кх. Со
муьтIахь ладугIуш ву Хьоьга, Хьуна гIуллакх дарца самукъане а ву со.
Дерриг дика Хьан керахь ду, вон хIума Хьоьгара дац, со Хьан лаамца
дийна ву, Хьоьга воьрзур волуш а ву. Сийлахь хили Хьо, Лекха хили Хьо.
Хьоьгара гечдар доьху ас, Хьоьга тоба а до ас».
(30)
"АллóхIумма робба Джибрáúла
ва Мúкáúла ва Исрóфúла, фáтIироссамáвáти валъарди, IáлималгIойби
вашшахIáдати, анта тахькуму байна Iибáдика фúмá кáнý фúхIи йахталифýна.
ИхIдинú лимахтулифа фúхIи миналхьаккъи биизника, иннака тахIдú ман
ташáу илá сирóтIин мустакъúм".
«Йа АллахI! ХIай Жабраилан а, Минкаилан а, Исрафилан а Дела! ХIай
стигланаш а, латта а кхоьллинарг! Къайлах дерг а, гуш дерг а хууш верг,
Хьо ву Хьайн лайшна юккъахь хьукм дийр верг, уьш дIасакъаьстинчу
хIуманна тIехь. Нисвехьа со хилпалонашна юккъера нийсачунна тIе,
баккъалла а, Хьайна лууш верг нийсачу некъа тIе нисво-кх Ахь».
(31)
"АллáхIу акбару кабúран,
АллáхIу акбару кабúран, АллáхIу акбару кабúран, валхьамду лиллáхIи
касúран, валхьамду лиллáхIи касúран, валхьамду лиллáхIи касúран, ва
субхьáналлóхIи букратан ва асúлан"
«АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI
массо хIумнал воккха ву. АллахIана дукха хастам бу, АллахIана дукха
хастам бу, АллахIана дукха хастам бу. АллахI Iуьйранна а, суьйранна а
Сийлахь ЦIена ву» (хIара лекхахь дерг кхозза доьшур ду, тIаккха хIара
лахара доIа доьшур ду).
"АIýзу биллáхIи минашшайтIóни: мин нафхихIú, ва нафсихIú, ва хIамзихI"
«АллахIаца ларло со шайтIанах: цуьнан кураллех, цуьнан байтех, цуьнан тиларх (Iовдалаллех)».
(32)
"АллóхIумма лакалхьамду, анта
нýруссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, анта
къоййимуссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, анта
роббуссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, лака
мулкуссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, анта
маликуссамáвáти вал арди ва лакалхьамду, анталхьаккъу, ва
ваIдукалхьаккъу, ва къавлукалхьаккъу, ва ликъóукал хьаккъу, валжаннату
хьаккъун, ваннáру хьаккъун, ваннабиййýна хьаккъун, ва Мухьаммадун,
соллаллóхIу IалайхIи ва саллама, хьаккъун, вассáIату хьаккъун,
аллóхIумма лака асламту, ваIалайка таваккалту, ва бика áманту, ва
илайка анабту, ва бика хóсамту ва илайка хьáкамту, фагIфир лú мá
къаддамту, ва мá аххарту, ва мá асрарту ва мá аIланту, анталмукъоддиму
ва анталмуаххиру, лá илáхIа иллá анта, анта илáхIú, лá илáхIа иллá анта"
«Йа АллахI! Хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь
болчеран а нур ду Хьо, хастам бу Хьуна, стигланаш а, латта а, царна
чохь берш а латтош верг Хьо ву, хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан
а, царна чохь болчеран а Дела Хьо ву, хастам бу Хьуна, стигланийн а,
лаьттан а, царна чохь болчеран а паччахьалла Хьан ду, хастам бу Хьуна,
стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а Паччахь Хьо ву. Хастам
бу Хьуна, Хьо бакъ ву, Хьан ваIд а бакъ ду, Хьан дош а бакъ ду, тхуна
Хьо гур хилар а бакъ ду, ялсамане а бакъ ю, жоьжахате а бакъ ю,
пайхамарш а бакъ бу, Мухьаммад а – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – бакъ ву, “сахьт” (къемат де) а бакъ ду. Йа АллахI! Хьуна
муьтIахь хили со, болх Хьуна тIе а билли ас, Хьох теша а тийши со,
Хьоьга (хьаставелла) верза а вирзи со, Хьан доьхьа къийсам а хили сан,
Хьан кхеле верза а вирзи со. Гечдехьа суна соьгара хьалха даьлларг а,
соьгара тIаьхьа дер дерг а, ас къайлах динарг а, ас гучахь динарг а.
Хьалха даккха деза хIума хьалха доккхуш верг ву Хьо, тIаьхьа татта
дезарг тIаьхьа тоттуш верг ву Хьо, Хьо воцург кхин Дела вац, Хьо ву сан
Дела, Хьо воцург кхин Дела вац».
17. РукуIехь деш долу доIа.
(33)
"Субхьáна роббийалIазúм"
«ЦIена ву сан воккха Дела» кхозза эр ду.
(34)
"СубхьáнакаллóхIумма роббанá, ва бихьамдика, аллóхIуммагIфир лú"
«ЦIена ву Хьо йа АллахI, тхан Дела, хастам а бу Хьуна, йа АллахI гечде Ахь суна».
(35)
"Суббýхьун, Къуддýсун, роббулмалáикати варрýхь"
«Кхачаме а, ЦIена а (ву АллахI), малийкийн а, Жабраилан а Дела».
(36)
"АллóхIумма лака ракаIту, ва
бика áманту, ва лака асламту, хошаIа лака самIú, ва басарú, ва муххú,
ва Iазмú, ва Iасабú, ва мастакъалла бихIú къадамú"
«Йа АллахI! Хьуна рукуI ди ас, Хьох теша а тийши со, Хьуна муьтIахь а
хили со. Сан хазар а, сан бIаьрса а, сан хье а, сан тIум а, сан
даьIахкаш а, сан пхенаш а, сан когаша лелош долу сан дегI а, эсала
муьтIахь хили Хьуна».
(37)
"Субхьáна зилжабарýти, валмалакýти, валкибрийáи валIазомати"
«Кхачаме цIена ву массо хIуманна тIехь ницкъ болуш верг, паччахьаллин
да верг, кураллин а, дозаллин а да верг, возаллин а да верг».
18. РукуIера хьалатаьIча деш долу доIа.
(38)
"СамиIаллóхIу лиман хьамидахI" «Хезаш ву АллахI, Шена хастам беш верг»
(39)
"Роббанá ва лакалхьамду, хьамдан касúран, таййибан, мубáрокан фúхIи"
«Тхан Дела, Хьуна хастам бу, шеца беркат долу, цIена, дукха хастам (бу Хьуна)».
(40)
"Роббанá ва лакалхьамду,
милъассамáвáти, ва милъалъарди, ва мá байнахIумá, ва милъа мá шиъта мин
шайъин баIду. АхIлассанáи валмажди, ахьаккъу ма къóлалIабду, ва куллунá
лака Iабдун. АллóхIумма лá мáниIа лимá аIтIойта, ва лá муIтIийа лимá
манаIта, ва лá йанфаIу залжадди минкалжадду"
«Стигланаш юьззина, латта а дуьззина, цаьршинна юккъахь дерг а дуьззина
(хастам бу Хьуна), кхин а дукха, Хьуна малуъу хастам бу Хьуна. ХIай
хастаман а, возаллин а охIлу верг! (ХIара ас олуш дерг) хьайн лайно
олуш долу уггар бакъ дерг ду – тхо массо Хьан лайш а ду : Йа АллахI!
Ахь делларг сацо а, духатоха а цхьа вац, Ахь сацийнарг дала а цхьа вац,
дуьненан ирс долчунна[12] цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, ткъа ирс
Хьоьгара ду».
19. Сужудехь деш долу доIа.
(41)
"Субхьáна роббийал аIлá" «ЦIена ву сан Лекха Дела» кхозза эр ду.
(42)
"СубхьáнакаллóхIумма роббанá ва бихьамдика, аллóхIуммагIфир лú"
«ЦIена ву Хьо йа АллахI, тхан Дела, хастам а бу Хьуна. Йа АллахI суна гечде Ахь».
(43)
"Суббýхьун, Къуддýсун, роббулмалáикати варрýхьи"
«Кхачаме а, ЦIена а (ву АллахI), малийкин а, Жабраилан а Дела».
(44)
"АллóхIумма лака сажадту, ва
бика áманту, ва лака асламту, сажада важхIú лиллазú халакъахIу, ва
совварахIу, ва шаккъа самIахIý ва басарахI, табаракаллóхIу
ахьсанулхóликъúна"
«Йа АллахI! Хьуна сужуд ди ас, Хьох теша а тийши со, Хьуна муьтIахь а
хили со, сан юьхьо сужуд ди ша кхоьллинчунна, шена куц деллачунна, шен
бIаьрса а, хазар а кхоьллинчунна. Беркате ву АллахI, уггар хаза
Кхоллархо».
(45)
"Субхьáна зилжабарýти, валмалакýти, валкибрийáи валIазомати"
«Кхачаме ЦIена ву массо хIуманна тIехь ницкъ болуш верг, паччахьаллин
да верг, кураллин а, дозаллин а да верг, возаллин а да верг».
(46)
"АллóхIуммагIфир лú занбú куллахIу, диккъохIý ва джиллахIу, ва аввалахIу ва áхирахIу, ва IалáнийатахIý ва сиррохI"
«Йа АллахI! Сан массо къиношна гечде Ахь, кегийчарна а, даккхийчарна а,
хьалхалерачунна а, тIаьхьарчунна а, гучахь долчунна а, къайлах долчунна
а».
(47)
"АллóхIумма иннú аIýзу
биридóка мин сахотIика, ва бимуIáфáтика мин Iукъýбатик, ва аIýзу бика
минка, ла ухьсú санáан Iалайка, анта камá аснайта Iалá нафсика"
«Йа АллахI! Хьо реза хиларца ларло со Хьан оьгIазаллех, Хьан
къинхетамца ларло со Хьан Iазапах, Хьоьца ларло со Хьох. Хьуна хастам
бина вер вац со, Хьо Ахь Айхьа Хьайна хастам ма-барра ву».
20. Шина сужуд юккъехь охьахиъ ча деш долу доIа.
(48)
"РоббигIфир лú, роббигIфир лú"[13]
«Сан Дела! Гечде Ахь суна. Сан Дела! Гечде Ахь суна».
(49)
"АллóхIуммагIфир лú, вархьамнú, вахIдинú, ваджбурнú, ва Iáфинú, варзукънú варфаIнú"
«Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам бе Ахь сох, нисве Ахь со, синтем
а бе Ахь суна, хьал то де Ахь сан, рицкъ ло Ахь суна, даржехь лакха
ваккха Ахь со». |
 |