Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком


Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Мнения
Популярное
Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Культура » Бусалба стеган гIап
Бусалба стеган гIап Шейх СаIид ибн Iалий ибн ВахIф Ал-KъахьтIаний
1. Набарха самаваьлчи деш долу зикр.

(1)

"Алхьамду лиллáхIиллазú ахьйáнá баIда мá амáтанá ва илайхIиннушýр".

«Хастам бу АллахIана, вай деллачул тIаьхьа дендина волчу, Цуьнга доьрзур долуш а ду вай».

(2)

"ЛáилáхIа иллаллáхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, лахIул мулку, ва лахIул хьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. СубхьаналлóхIи, валхьамду лиллáхIи, ва лáилáхIа иллаллáхIу, валлóхIу акбар, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIил Iалиййил Iазúм, роббигIфир лú".

«АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу. Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву. ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, Воккха а ву АллахI массо хIумнал. Лекхачу, Воккхачу АллахIаца бен ницкъ а бац, гIора а дац. Сан Дела суна гечде Ахь».[5]

(3)

"Алхьамду лиллáхIиллазú Iáфáнú фú жасадú, ва радда Iалаййа рýхьú ва азина лú бизикрихI".

«Хастам бу АллахIана, сан дегIан могшалла суна юха елла волчу, сан са а суна духа делла волчу, Ша хьахо суна пурба а делла волчу»

(4)

"Инна фú халкъиссамáвáти вал арди вахтилáфиллайли ваннахIáри лаáйáтин лиулил албáб. Аллазúна йазкурýналлóхIа къийáмавва къуIýдан ва Iалá жунýбихIим, ва йатафаккарýна фú халкъиссамáвáти вал арди, роббанá мá халакъта хIáзá бáтIилан субхьáнака факъинá Iазáбаннáри. Роббанá иннака ман тудхилиннáра факъад ахзайтахIу ва мá лиззóлимúна мин ансóр. Роббанá иннанá самиIнá мунáдийан йунáдú лилъúмáни ан áминý бироббикум фаáманнá, фагIфир ланá зунýбанá ва каффир Iаннá саййиáтинá ва таваффанá маIал абрóр. Роббанá ва áтинá мá ваIадтанá Iалá русулика ва лá тухзинá йавмал къийáмати иннака лá тухлифул мúIáд. Фастажáба лахIум роббухIум аннú лá удúIу Iамала Iáмилимминкум мин закарин ав унсá, баIдукум мимбаIд, фаллазúна хIáжарý ва ухрижý мин дийáрихIим ва ýзý фú сабúлú ва къóталý ва къутилý лаукаффиронна IанхIум саййиáтихIим ва лаудхиланнахIум жаннáтин тажрú мин тахьтихIал анхIáру, савáбан мин IиндиллáхIи, валлóхIу IиндахIу хьуснуссавáб. Лá йагIурроннака такъоллубуллазúна кафарý фил билáди. МатáIун къолúлун сумма маъвáхIум жахIаннаму ва биъсал михIáд. Лáкиниллазúнаттакъов роббахIум лахIум жаннáтун тажрú мин тахьтихIал анхIáру хóлидúна фúхIа, нузуламмин IиндиллáхIи ва мá IиндаллóхIи хойруллил абрóр. Ва инна мин ахIлил китáби ламаййуъмину биллáхIи ва мá унзила илайкум ва мá унзила илайхIим, хóшиIúна лиллáхIи лá йаштарýна биáйáтиллáхIи саманан къолúлан, улáика лахIум ажрухIум Iинда роббихIим, инналлóхIа сарúIул хьисáб. Йá аййухIаллазúна áманусбирý ва сóбирý ва рóбитIý, ваттакъуллóхIа лаIаллакум туфлихьýн".

„Баккъалла а, стигланаш а, латта а кхолларехь а, буьйса а, де а хийцадаларехь а, билгалонаш ю хьекъал долчарна. АллахI хьехош болчарна, ирахь болуш а, охьахевшина болуш а, шайн агIонаш тIехь (бийшина) болуш а; ойла еш болчарна, стигланаш а, латта а кхолларна тIехь, (шаьш олуш:) “ХIай тхан Дела, эрна ца кхоьллина-кх Ахь хIара (Iалам), ЦIена вукх Хьо (тхан Дела), цIеран Iазапах лар де Ахь тхо. Тхан Дела! Ахь цIерга вигнарг – бакъдолуш, цуьнан сий дайъина-кх Ахь; ткъа зуламхошна гIоьнчий а хир бац (къемат дийнахь). Тхан Дела! Тхуна кхайкхархо хезира Иймане кхойкхуш: “Теша шайн Делах” – бохуш, тIаккха тхо тийшира (Хьох), тхан Дела, гечдехьа тхуна тхан къиношна, къайла яхахь тхан вон Iамалш, дикачу нахана юккъахь далар а нис дехьа тхан. Тхан Дела! Хьайн элчанашна Айхьа ваIда динарг а ло Ахь тхуна, къемат дийнахь тхан сий а мадайъа Ахь, баккъалла а, (Хьайн) ваIд йоха ца йо-кх Ахь”. ТIаккха царна жоп делира церан Дала: “Баккъалла а, Ас йойъур яц аш йина Iамал, стага йинехь а, зудчо йинехь а, шу массо цхьатера ду (мел хиларехь), амма хIижрат динарш, шайн хIусамашкара арабаьхна берш, Сан некъахь халонаш лайнарш а, шаьш тIом бинарш а, (тIом беш) дIакхелхинарш а – бакъдолуш, Ас дIацIанйийр ю церах церан вон Iамалш, Ас уьш буьгур а бу шайна кIелхула татолаш лелачу бошмашка (ялсамани чу), АллахIера совгIат (ду иза царна), АллахIехь ма ду уггар хаза, дика совгIат (мел)”. Хьо хьега ма хьегалахь (хIай Мухьаммад), керста нах кху шахьаршкахь каде хиларх (церан даьхни, дахар сов хиларх). КIеззиг долу даьхни ду иза, тIаккха церан боьрзу меттиг жоьжахате ю, ма вон цIа а, мотт а бу-кх иза. Амма шайн Делах кхийринарш – царна бошмаш ю, шайна кIелхула татолаш лелаш долуш, даиманна царна чохь хир бу уьш, АллахIа (Шен дика лайш) тIелацар (иштта ду); ткъа дикачу нахана гIоли а, дика а ду АллахIехь дерг. Бакъдолуш, Жайнин охIлунах[6] бу АллахIах тешаш берш, шуна тIедоссийначу (Къуръанах) а, шайна тIедоссийначух а тешаш берш, эсала муьтIахь болуш АллахIана, (шайгахь долу) АллахIан аяташ дуьненан кIеззигчу мехах ца духку цара; царна церан мел бу церан Делехь; баккъалла а, АллахI сиха хьесап деш ву. ХIай Ийман диллинарш! Собаре хила, (шайн мостагIел чIогIа) собар долуш (цаьрца собар къуьйсуш) а хила, гIарол а де, АллахIах кхера а кхера, тIаккха декъал хила мега шу“ [Сурат «АлIимран» 190-200 аяташ].


2. Духар тIедухуш деш долу доIа.

(5)

"Алхьамду лиллáхIиллазú касáнú хIáзассавба ва разакъанúхIи мин гIайри хьавлин миннú ва лá къувватин".

«АллахIана хастам бу, суна тIе хIара духар доьхна волчу, соьгара цхьа гIора а, ницкъ а боцуш суна хIара духар делла волчу».


3. Керла духар тIедухуш деш долу доIа.


(6)

"АллóхIумма лакалхьамду, анта касавтанúхIи, асъалука мин хайрихIú ва хайри мá суниIа лахIу, ва аIýзу бика мин шаррихIú ва шарри мá суниIа лахIу"

«Йа АллахI! Хьуна хастам бу, Ахь дуьйхи суна тIе хIара духар. Ас хIокхун дика доьху Хьоьга, хIара духар дина долчу бахьанин дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхун вонах, хIара дина долчу бахьанин вонах а».


4. Керла духар доьхначунна деш долу доIа.

(7)

"Тублú ва йухлифуллóхIу таIáлá".

«Тиш даллалц лела дойла ахь хIара духар, Лекхачу Дала хIара Тиш делча кхиниг а лойла хьуна»[7]

(8)

"Илбас жадúдан ва Iиш хьамúдан ва мут шахIúдан"

«Керланиг йоха а йоха, хастам беш ваха а ваха, шахIид волуш (гIаьзотехь) вала а ле»


5. Шен духар охьадуьллуш олуш дерг.

(9)

"БисмиллáхI"

«АллахIан цIарца!»


6. Нишка воьдуш деш долу доIа.

(10)

"БисмиллáхI, аллóхIумма иннú аIýзу бика миналхубуси валхабáиси"

«АллахIан цIарца. Йа АллахI! Со лар ло Хьоьца массо вочу хIумнах а, боьршачу а, стечу а шайтIанех а».


7. Нишкара ара ваьлча деш долу доIа.

(11)

"ГIуфрóнака"

«Гечдехьа суна сан Дела».


8. Ламаз эца волавалале олуш дерг.

(12)

"БисмиллáхI"

«АллахIан цIарца».


9. Ламаз эцна ваьлча деш долу зикр.

(13)

"АшхIаду ан лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIý ва расýлухI"

«Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, накъост вац Цуьнан, Ша цхьаъ ву Иза, иштта ас тешалла до Мухьаммад цуьнан лай а, элча а ву аьлла».

(14)

"АллóхIуммаджIалнú минаттаввáбúна ваджIалнú миналмутатIаххIирúна"

«Йа АллахI! Со тоба деш болчарах ве Ахь, цIано еш болчарах а ве Ахь».

(15)

"СубхьáнакаллóхIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан лá илáхIа иллá анта, астагIфирука ва атýбу илайка"

«ЦIена ву-кх Хьо йа АллахI, хастам а бу-кх Хьуна. Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьоьгара гечдар а доьху ас, Хьоьга тоба а до ас».


10. ХIусамера ара волуш деш долу доIа.

(16)

"БисмиллáхIи, таваккалту IалаллóхIи, ва лá хаьвла ва лá къуввата иллá биллáхI"

«АллахIан цIарца (ара волу со). АллахIана тIе болх билли ас. Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен. »

(17)

"АллóхIумма иннú аIýзу бика ан адилла ав удалла, ав азилла, ав узалла, ав азлима, ав узлама, ав ажхIала, ав йужхIала Iалаййа"

«Йа АллахI! Со Хьоьца ларло тиларх а, со кхечо тилорх а, галваларх а, кхечо со галваккхарх а, ас цхьанна зулам дарх а, суна зулам хиларх а, сонта леларх а, я кхечара соьца сонталла лела ярх а».
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Shanti (27 сентября 2007 11:59)
1. Набарха самаваьлчи деш долу зикр.


Ассаламу Алейкум! Дел реза хийла,х1ар тем открыть ярнаъ..

Са цхьа дехара дера шу хъоме сан вежарий,йьижарий(!).. массо меттигах1 хар дош а "зикр" ду цигах1, место этого "ду'а" или "доь1а" ниисох хеттар дера суна и кхи д1а берш диккох кхеттар бера.. Зикр аьлча,нах даш дол зикрех тера хуьлу..

C/y
2) Хава (3 октября 2007 22:08)
Дела реза хуьлда гочдархойн!
3) Мурад (29 февраля 2008 11:48)
Дела реза хуьлда шуна х1ара жайна нахан кхайкхорна, т1екхачорна! Дала аьтто бойла вайна! Х1ора нохчочо шен динца гал цавалахьара ялсмане хир яра вайн чохь! Оьздангал, г1иллакх, лелахаар, 1илма бохуш х1умнах дахаран бух бин лела деза вай! Вовшашца мерза ца хилахь, дог ц1ена ца хилахь вай дешдолу ламазах, марханах дан х1ума дац, цо 1азапах к1елхьара дохар дац къематчу динахь! Дала лардойла вай вочу х1умнах, хьарамчух!
4) Леча (20 марта 2008 13:49)
К сожалению чеченский язык становится лишь декоративным придатком к чеченцам и все меньше и меньше чеченцев которые знают и разговаривают на родном языке без чужеродных примесей! Невероятными темпами идет русификация и чеченцы теряют самобытность и элементы культуры и в качестве альтернативы берут все западное, декадентское! уже не редкость слышать подростковый говор с примесью русского мата в чеченском языке чего не было прежде! Если каждый чеченец не осознает и не поймет всю глубину нашего падения скоро от нас останется только Великое и Гордое некогда имя-Нохчо! Х1ай Веза Воккха Дела г1азакхийн 1азапех ларде ахь сан къам алий бен д1амадийша буьйсанна! Ламаз т1ехь вайн Парг1ато, Йозушйоцу Пачхьалкх х1отторан бахьанаш деха Аллах1е, вайн Иман Ислам деха къомана, т1аккха бен хирг бац юкъахь вайн барт!
5) Г.Малика (1 апреля 2008 12:05)
Чеченцы! Гордитесь нашим чистым,красивым языком!!!Вай НОХЧИЙ МОТТ Ч1ОГ1А ХАЗА БУ!!!ХАМ БЕ,СИ ДЕ ВАЙ НОХЧИЙ ХАЗА,ОЬЗДА Г1ИЛКХАШНА!!!!
6) 1умар (5 апреля 2008 18:59)
Аллахь реза хульда!
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека