 |
Дела хьахоран дозалла.
Лекха хинволчу АллахIа аьлла:
„Ткъа аш хьаха ве Со, Ас шу хьахор ду (тIаккха), Суна шукр а де, Соьца керстаналла а ма де“ [Сурат «Албакъарат» 152 аят].
„ХIай АллахIах тешна дерш! АллахI хьаха ве, дуккха хьахорца“ [Сурат «Алъахьзаб» 41 аят].
„(Баккъалла а) АллахI дукха хьехош болу божарий а, зударий а – царна
АллахIа гечдар а, боккха мел (ялсамане) а кечдина“ [Сурат «Алъахьзаб»
35 аят].
„Ахь хьаха ве хьайн Дела хьайн дагахь, (Цунна) муьтIахь а волуш,
(Цунах) кхера а кхоьруш; дош чIогIа ай ца деш (юккъерачу озаца),
Iуьйранна а, суьйранна а; гIопул болчарах а ма хила (Дела хьахийча а,
ца хьахийча а бен доцуш болчарах)“ [Сурат «АлъаIраф» 205 аят].
Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Шен Дела хьахош верг а, ца хьахош
верг а тера ву дийна а, велла а волчу шина стагах». Бухарис а, Муслима
а дийцина ду хIара хьадис, ткъа Муслима дийцинарг иштта дешнаш долуш
ду: «Шена чохь Дела хьахош долу цIа а, шена чохь Дела ца хьахош долу
цIа а тера ду – елла а, дийна а йолчу шина хIумнах».
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – :
«Ас йовзийта шуна, шун Iамалшна
юкъара уггар диканиг, шун Далла гергахь уггар цIенниг, даржехь уггар
лекханиг, деши а, дети а луш доккхучу сагIанал гIолениг, шайн мостагI
ган а гина, цуьнан яьIни тIе аш хIума тохарал а, цо шун яьIни тIе хIума
тохарал[1] а диканиг»? Асхьабаша – Дела реза хуьлда царна – аьлла:
«ХIаъ, дийцахьа тхуна иза». Пайхамара – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – аьлла: «Сийлахь Лекха АллахI хьахор ду шуна иза». [Тирмизи, Ибн МаджахI].
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«Лекхачу АллахIа бах: “Со ницкъ
кхочуш ву Сан лайна Соьга шех далур ду аьлла хеташ долу хIума дан[2].
Нагахь санна цо Со шен дагахь хьаха вахь Ас иза а хьахор ву, ткъа цо Со
юкъараллехь хьаха вахь Ас иза цул дикачу юкъараллехь хьахор ву, ткъа
иза Суна цхьа ша герга вагIахь, Со цунна цхьа дол герга вогIур ву, ткъа
иза Суна цхьа дол герга вагIахь Со цунна кхин а герга хир ву, ткъа иза
волвелла Суна герга вагIахь Со цунна сихонца герга гIур ву”». [Бухарий, Муслим].
Юсра кIанта IабдуллахIа дийцина, цхьана стага элира аьлла:
«ХIай Делан Элча! Исламан Iибадаташ
дукха ду, ас даим лелор долу хIума дийцахьа суна». Пайхамара – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла тIаккха: «АллахI хьехош, хьайн
багара мотт даим тIеда хилийта» [Тирмизий, Ибн МаджахI].
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«Делан Жайни (Къуръан) тIера цхьа
хьарф (элп) дешначунна цуьнца цхьа дика (мел) хир ду, и цхьаъ итт санна
а хир ду. Ас ца бах "Алиф Лам Мим" цхьа элп ду, муххале а, Алиф элп ду,
Лам а элп ду, Мим а элп ду» [Тирмизий, Сахьихьул ДжамиIиссагIийр].
Iамира кIанта Iукъбата аьлла:
«Делан Элча – Делера салават а, салам
а хуьлда цунна – аравелира тхо Суффат[3] чохь а долуш, тIаккха цо
элира: “Шух муьлхачунна лаьа, хIора Iуьйранна БутIхьане, я Iакъикъе[4]
воьдуш, шена ши эмкал ялош юха ван, цхьа а къа а ца латош?” ТIаккха оха
элира: “ХIай Делан Элча! Тхуна массарна а лаьа иза”. Цо элира тIаккха:
“Делахь шу Iуьйранна маьждиге а дахана, аш шайна Iилма Iамор, я Сийлахь
а, Лекха а волчу Делан Жайни тIера ши аят дешар гIоли а, дика а ду шуна
йиъ эмкалел, иштта кхин а оццул аяташ дешар гIоли ду шуна кхин а оццул
эмкалел а”». [Муслим].
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«Шух цхьаъ цхьанхьа охьахиъча, цо
цигахь Дела ца хьахавахь, Далла гергахь эшам хили цунна. Нагахь санна
шух цхьаъ дIавижча, цо дIавуьжуш Дела ца хьахавахь, Далла гергахь эшам
хили цунна» [Абу Давуд].
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«Цхьа а нах охьаховшур бац, шаьш
хоьвшинчахь Дела а ца хьахош, шайн Пайхамарна салават а ца дуьллуш,
АллахIана гергахь царна эшам хилла бен, Шена лаахь Iазап дийр ду Цо
царна, Шена лаахь гечдийр ду Цо царна» [Тирмизий].
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«Цхьа а нах цхьана мажлисера
(хоьвшина Iийначу меттера) Дела а ца хьахош хьалагIовттур бац, еллачу
вир тIера гIовттуш санна бен, (къемат дийнахь) уьш дохкобоьвлла а бен» [Абу Давуд, Ахьмад, Сахьихьул ДжамиIиссагIийр]. |
 |