VIII
.
Декъазниш
Ша-ша вай кIезиг а,
гIорасиз а ду,
Ткъа бертахь катохахь,
лам ластор бу.
К. Хетагуров
1
ХIара берриг а бохамаш
буьйлабелира, докъан пхьор хиларшна, Инарлин говрашна тIехула. Буьйсанна
дIахоьцу уьш Хьомсуркъин стундех дисначу жимачу ирзо тIерачу хьаьжкIашна
юкъайоьлхура. Цара цу юкъахь хIоттийнарг дийр дацара хьакхарчаша а. Цкъа а,
шозза а, кхузза а элира Хьомсуркъас оцу Инарле, и говраш ма лехка цига, шен ян
а йоцу хьаьжкIаш хIаллакйо цара. Амма Инарла дуьхьал жоп дала а ца вешира.
ТIаккха, цхьана Iуьйранна лехча, Инарлин йиъ говр ца карийра. Яхана меттиг а ца
хууш, лар а ца карош, тIепаза яйра уьш. Хьомсуркъас уьш къайлаяьхнийла хаьара
Инарлина, иза бехке а вина, даррехь Iедале дIавала ца ваьхьара. Къайлах барт а
бина, стражникашца Гати-Юьрта пурстоп Хамов валийра цо.
Герз лаха цIийнах хьовсу аьлла
бахьана а хIоттийна, талораш дан буьйлира салтий. Иза уггар хьалха
Хьомсуркъина тIера дIадолийра. Шен йоIаца забар ян гIоьртана салти, цуьнгара
герз схьа а даьккхина, гIибаваллалц йиттина охьа а виллина, ведда юьртара
дIавахара Хьомсуркъа.
Пурстоп оьгIазвахана а, дог
доьхна а дIавахара Гати-Юьртара. ХIетахь кхуза вогIуш цо чIагIо йинера
Хьомсуркъа а, Овхьад а, Солта а лаьцна, букъа тIехьа куьйгаш а дихкина
дIавига. ТIаьххьара шиъ хIара кхуза кхачале юьртара араваьллера, ткъа
Хьомсуркъа, хIокхуьнан мера кIел салтичунна гIибаваллалц етта а йиттина,
цуьнан герзаца ведда ваханера. Щийнах хьаьжча карийнарш а хIун ю? Итт патармица
цхьа берданга а, мокхазан кхо топ а, тиша бархI шаьлта а, ши тур а. Берданган
да лаьцна Ведана дIавигира Хамовс. Амма округан начальникана подполковникана
Ханжаловна цунах кхачо ца хилира. Теза-маьттаза дешнаш ца кхоош, Хамовна барт биттира
оцу хьожа йогIучу суьйличо. ТIе Гати-Юьртара хIара вухавирзича,
Саьмби-КIотарарчу бахархоша тIулгаш а кхийсира хIокхуьнан отрядана тIе. Царах
цхьаъ пханарх кхетта, масех дийнахь букъ лезира Хамовн. Бакъду, оцу кIотарара
лаьцна вигина виъ стаг набахте-м кхоьссира цо.
Карзахечу Гати-Юьртана таIзар
дарехь доггаха гIуллакх цадарна а, кхузара коьрта кхо бунтовщик
кIелхьаравалийтарна а Хамовна дIахьедар а дина, и гIуллакх шен караийцира
Ханжаловс. Стомара Гати-Юьрта веъначу Хамовс, нах майдана а гулбина, царна
дийшира Ханжаловн омра.
Цуьнан Воккхаллина, ерриг
Россин ...императорна, цуьнан цIенна дуьхьал, цуьнан Iедална, цо хIоттийначу къепена
дуьхьал гIаьттинчу Гати-Юьртана тIедожадо:
§ 1
Нийсса итт де далале 100 топ а,
царна 2000 патарма а, 500 шаьлта а, 50 тур а Ведана гIопехь охьадиллар.
§ 2
Схьаялаза йисинчу хIора тоьпа
тIера 50 сом, тур-шаьлтанна тIера 10 сом, патарми тIера 50 кепек ахча охьадиллар.
§ 3
Герз схьаделлачул тIаьхьа
цIийнах хьаьвсича, нагахь санна кертахь я карахь герз карадахь, иза
дIадаккхарал совнаха, бехкечуьнгара хIара гIуда даккха:
3-линейни тоьпана - 300 сом
японски тоьпана — 20 сом
бердангина
- 100
сом
мокхазан тоьпана - 50 сом
тапчина - 50 сом
тур-шаьлтанна — 20 сом
патармина
- 50
кепекана тIера 3 соьме кхаччалц
§4
Юьртана тIехь долу 5104 сом,
пачхьалкхан а, Iедалан а декхар, итт де далале охьадиллар.
§ 5
Юрт Iедална дуьхьалйохуш,
зуламе питанаш лелош волу Хортаев Овхьад, Солтханов Солта, Сулиманов
Хьомсуркъа лаьцна, Iедале схьавалар.
§ 6
Тоьхначу хенахь хIара омра
дуьззина кхочуш ца дахь, Гати-Юьртана луьра таIзар дан.
Ведана округан начальник, подполковник
Ханжалов
2
Гати-Юьртахь хиллачу оцу
хьовр-зIовро Соьлжа-ГIала базара валийна Янаркъа, ша деъначу пхеа вертанах диъ бархI-бархI
соьмах дIа а доьхкина, тIаьххьара дисинарг белша тIе а кхоьллина, иза оьцуш
стаг валаре хьоьжуш, гIийлла бIаьрг бетташ, вертанаш духкучеран могIарехь хIоьттина
лаьттара.
Селхана делкъал тIаьхьа
Гати-Юьртара охьа гIаш ткъа чаккхарма некъ беш Гезлойн станце а веъна, цигахь
хьешашкахь буьйса а яьккхина, сатоссуш цига кхаьчначу цIерпоштахь малх лакха
баьлча кхуза кхаьчнера Янаркъа. Ша цIера араваьлчахьана цхьана хIуманах вогуш
веара иза гIала. Иза шайн кех ара ма веллинехь цунна тIенисъелира есачу
кIудалца хитIе йоьду Сету. Хих юьзна шийтта кIудал цуьнгахь хилча а, иза ша
тоьар яра стеган некъ иэгIо. Кхин тIе а Янаркъин дог дохийнера сийсара цунна
гинчу гIено. Дуккха а адамаш, цара буьйцу хIара ца кхета мотт, маьхьарий, дов,
цIий. ГIенах цIий гар-м дика ду олура, хIетте а Янаркъа реза вацара оцу
гIанна.
Схьакхаьчча цунна кхузахь хеза
хабарш а дацара хIумма а маслаIате. Базархоша дийцарехь, карзахе хьал дара гIалахь.
Заводашкахь, фабрикашкахь, мехкадаьтта доккхуш а болх беш болу оьрсий шайн
алапаш алсамдахар, къинхьегаман а, Iер-дахаран а хьелаш тодар, шайна цхьацца
бакъонаш ялар Iедале дIахьедеш, белхаш а совцийна, гIалин майданашкахь
гулбелла бохура. Салтий а, гIалгIазкхий а уьш цигара дIасалахка гIоьртича, цара
вовшашна буй-тIара еш а, белхалошна тIе герз тухуш а меттигаш хуьлу бохура.
Iедална дуьхьалбевллачу оцу оьрсашций, ярташкарчу нохчашций кхузара салтий,
гIалгIазкхий лара а ца бина, царна гIоьнна кхечу областашкара эскарш далош ду
а бохура. Иштта балош болчу салташа а, гIалгIазкхаша а, кхо де хьалха шаьш
тIехь долу цIерпошт Несарехь сецча, цунна гондIарчу гIалгIайн ярташкахь
талораш дина, цигахь хиллачу тIамехь дикка гIалгIай а, гIалгIазкхий а байина
бохуш а дуьйцура. Дийцарехь, и кхерам гIалахошна а герга бара. Сийсара шаьш
Соьлжа-ГIала ма-кхоччура тIе мел нисбеллачу ламарошна етта буьйлабеллачу цара,
цхьана чIебарлочунна лен чов а йина, уьш маларш муьйлуш, талораш деш,
хьерабевлла лелаш бу бохуш а дуьйцура.
ТIе, иза ца хилча а, кхин
шортта бала ма бара Янаркъин кийрахь. Цо Iедална такха дезаш налогаш а,
гIуданаш а цхьаьнатоьхча, ялх туьма ахча дара. Iалелай, Янаркъина ма дукха
ахча ду-кх иза! Мел дика а боккха цхьа етт. Ткъа Янаркъин кертахь, еккъа цхьа
аьттан цIоьллаг йоцург, беа кога тIехь кхин хьайба дац. Янаркъа а, цуьнан
йоккхастаг а хене доккхурш цаьршиннан маззакъдоьлла къена куьйгаш ду. Тохара,
цхьа пхийтта-ткъа шо хьалха-м, шарахь ткъе пхи верта дора цаьршимма, цхьаннан
мах туьма а болуш. Амма хIинца дегIехь ницкъ бац. ДогIмашкара ницкъ иэшна,
бIаьрса а гIелделла. Иттаннал тIех верта ца дало. ТIехула тIе, хьалха цара
вертанаш шайн тIергIах дора. ХIинца церан долахь цхьа уьстагIа а бац. ХIара
карахь дисина верта дохкалахь, диъ туьма хуьлу цунна. Цхьа туьма мукъана а
шаьшшинна Iаьнан духарна ца дайича а ца долу. Миска, корта шелло шен, кIинжа
йолу кортали далахь шена бохуш йисина цуьнан йоккхастаг. Шена хIумма а ца эцна
а, цунна и кортали оьцур ду Янаркъас. Кхо туьма мукъана а цIа кхачалур дац те.
ТIаккха ах декхар тIерадоккхур дара. Амма дерриг а ялх туьма дIаделча а
кIелхьара ца волу. Герз а, ахча а доьху. Ткъа Янаркъин атталла мокхаз буьллу
нохчийн тапча а яц. Цхьа тиша шаьлта йоцург, кхин герз дац. Тохара, и къона
волуш, цо тIом бечу хенахь дара цуьнан уггар тоьлла герз. Цхьадерг Iедало
дIадаьккхина, ткъа цхьадерг къелла шайн гIаддайча доьхкина. Къанвелча цо хIун
дора герзах.
Янаркъина хаьа шайн юьртахь итт
стеган бен оьрсийн а, япон а тоьпаш цахилар. Царах цхьаъ Хьомсуркъица цхьаьна
хьуьнах яхана. ХIан, йолчу дайша важа исс дIаелча а ма юьсу юьртана тIехь
езткъе цхьайтта топ. Уьш эцна яла еза я церан метта хIоранна тIера пхиппа
туьма ахча дала деза. Тур-шаьлтанаш а, патармаш а ма ду такха дезаш. Мел ахча
лоцу цара? Хьанна хаьа иза лара! Лаххарчу хьесапехь, исс-итт туьма ахча
тIедужу Янаркъина. Дерриг а лерича - налог, гIуданаш цхьаьнатоьхча, — ялхитта
туьма. Иза такха долахь, дууш-молуш а, тIедуха-когадуха а доцуш, шина шарахь
къахьега деза цаьршимма... Амма гатиюьртахоша лур дац Iедална я и декхарш а, я
герз а. Цара муха, мичара ло уьш, шайн ца хилча? ТаIзарна салтий юьрта багIахь,
царна дуьхьало ян барт хилла гуламехь.
- Эткаш хьанна еза! Дика эткаш!
ЧIогIа эткаш! Йорах эткаш езарг схьавола! — сих-сиха мохь тухура Янаркъина
уллохь лаьттачу векъначу, бесечу оьрсичо, шина эткан бертигашна чу куьйгаш а
доьхкина, эткийн айраш вовшах а детташ.
Стигал кхола йолаелча
сагатделира Янаркъин. Нагахь и дисина верта хьалхехьуо дохкалахь, ша оьцург а эцна,
тахана цIа ваха ойла яра цуьнан. Амма цунах цхьамма а ялх соьмал тIех ца лора.
Муха лур ду цо иза оцу мехах? Йоккхачу стага буьззинчу баттахь хьегна къа. Вукху
деаннал ледара-м дера ду хIара. ВорхI-ах делча-м дIадохка реза хир вара иза.
- Вон ду вайшиннан гIуллакхаш, ваша, — элира
эткаш юхкучу оьрсичо. - Вайшиннан товар дорах деза массарна а. Ткъа сан
цIерачу, хIорш йохкаре хьоьжуш ладоьгIучу бархI къамкъарган бала бац цхьанна
а. Эткаш езарг схьавала! Йорах дIало шуна!
ХIетталц паргIат мах беш хилла
базар, йохийначу зингатийн туьйлигах тарлуш, цIеххьана меттахъхьайра. Янаркъина
гира, шайн хIуманаш дIа а лоьIуш, уьш пхьаьрса кIел лаьцна а, ги етташ а,
базарара адамаш дIауьдуш. Дехьуо ялташ духкучу могIарехь гIовгIанаш евлира.
Цигахь мах бийраш дукхахберш нохчий хуьлу дела, хIун хилла те аьлла,
сагатделира Янаркъин.
- Хьажал хьо, ваша, и
схьагIерта бехна тIуртIазбевлла гIалгIазкхий! - Янаркъина муьшка йира эткаш
юхкучо. — Слепцовскера тхан станичникаш бу уьш. ЦIахь а, арахь а синтем бац-кх
цаьргахьара! Хьолахойх бу уьш. Хьажахьа, хьажахьа! Велла волийла со, царна
хьалха вогIург тхан станицера къу Игнат вацахь! Ой, иза лаьцна, набахте
чувоьллина ма вара? ХIинца гIалахь, базархула маьрша лела! Диканна схьа ца
гIерта уьш. Кхузара д
Iавалий вайша?
Цо дуьйцучух ца кхетахь а, иза хьоьжучу агIор дIахьаьжча,
Янаркъина гира, на дIаса а тоьттуш, воьлуш, терсаш, шайна тIе схьагIерта пхи
стаг. Ламаройн духарца кечвелла, коча тийсина тарраш долуш волу виъ гIалгIазкхи
вуйла хиира Янаркъина, царах бIаьрг ма-кхийтти. Ткъа царна хьалха вогIу лекха,
зоьртала стаг гIалахойх вухавелла вара. Янаркъина ца везаве-лира маларо
бIаьргаш цIийдина, яххьаш севсина, техкаш, кхийсалуш цунна тIаьхьа вогIу виъ
гIалгIазкхи. Цара дагадаийтира цунна ши-кхо де хъалха Несарехь а, ткъа
сийсара кхузарчу вокзалехь а хилла бохуш дуьйцу дов.
- ХIей, дед, верта духкуш дуй
хьан? - Янаркъин белшаш тIекхоьллина кхозучу вертанах пIелг Iоьттира оцу веанна
хьалха вогIучо. — ХIун доьху ахь?
- Цхьа туьма, — элира цо, пIелг хьала а лаьцна.
— Один чорвон.
- Къена Iовдал, оцу истангах туьма хьан ло
хьуна? Ишттанехьа схьало, мах боцуш, — Янаркъин белшаш тIера чоа озийна схьа а
даьккхина, хьаьрсачу, стоммачу, лохачу гIалгIазкхичун кара тесира лекхачо. - ДIаэца,
гIалгIазкхи, хьоьгахь товш хир ду хIара!
Уьш шегара верта эца ца
гIертийла-м хаьара Янаркъина, амма цара иза дийр ду ца моьттура. Цхьана
минотана цецваьлла, воьхна висира иза, тIаккха шена ахча а ца луш, уьш
дIабоьлхий хиъча, тIаьхьа а хьаьдда, гIалгIазкхичун пхьаьрса кIелхьара шен
верта катоьхна, озийна схьа а даьккхина, маракъевлира цо. Амма царах цхьамма,
эрабугIано санна, ворта а саттийна чухьаьдда, чоьже буй тоьхна, кхоьссина
аркъал вахийтира иза.
- Аш хIун до, ва станичникаш?
Мича бахьанина етта аш оцу мисканна? Делах мукъана кхера, - мохь оьхура эткаш
юхкучун, амма лекхачо бетах буй тоьхна, аркъал вахийтира иза а.
- Вежарий! Етта нохчашна!
- Етта ордина!
- Ата азиаташ! Церан бехк бу, цIера а даьхна,
вай схьадалор!
- Етта акхарошна!
ШолгIа тоьхначо синкхетамах
ваьккхина Iуьллучу Янаркъина ца хезира цара хьоькху акха маьхьарий а, ца
хаалора мийраш бетташ ша хьоьшуш а...
3
Синкхетаме веъча, ша цхьана ца
евзачу хIусамехь карийра Янаркъина. БIаьргашиа тIеуззуш шен хьаьжа тIе диллина
хица шелдина гата хьала а теттина, цIа чухула дIаса бIаьрг туьйхира цо. ХIокху
чохь дерг цунна цкъа а цагинарг дара: хIара ша тIехь Iуьллу лекха гIовлеш йолу
сетта маьнга а, стол а, лекха диъ гIант а, баьрчерчу пенан сонехь тIехула гата
а тесна кхозу цхьана безамехьчу стеган сурт а. Уллорчу гIанта тIехь хих дуьзна
доккха йоьзан зока а. НеIарехь кхозучу бедаршна юккъехь шен чоа а, куй а,
неIарехьа цIенкъахь неIармачаш а гира цунна. Верта гуш дацара цхьаннахьа а.
«Ванах, со мичахь ву те? - ойла йора цо, шех хиллачух ца кхеташ. — ХIара
гIенах ду те я самах ду те?».
Корах чуеъначу маьлхан асано
цхьа тамехь бохбинера цуьнан дегIан аьтту агIо. Оьрсийн йовхачу чоьракан чомехь
хьожа а йогIура. Хьогалла хааелла, хи мала дагахь зоки тIе куьг кховдо
гIоьртира иза. Цхьадика, аьтту куьг дукха лазоза хааделира цунна.
КIез-кIезиг хIуттуш, цуьнан
кхетамехь меттахIоьттира селхана хиллачун сурт. Амма муха кхаьчна те иза
хIокху есачу хIусаме? Верта а дац гуш. Цунах а хIун хилла те? ХIун хилла те
бохуш а хоьттий! Оцу хьакхарчаша дIадаьхьна хир ду-кх. Иза-м дайча а хIун дара,
ахча мукъана а хилахьара цуьнан гIовталан кисанахь. Хьала а гIаьттина хьожур
вара бохург хьехочохь а дацара. ДегI ма ду, зоьпарш тоьхча санна,
лацаделла. ГIаттавелча а, хIусамдай чохь а боцуш, хIусамехь волавелла лелча а гIиллакхе хир ма дац.
Дукха хан ялале неIарх
чоьхьаелира безамехь, ткъе пхийтта шо хенара меташка. Самаваьлла Янаркъа гича, хазахетта
тIехьаьдда, цунна улло гIанта охьахиира иза.
— Хьо-м синкхетаме веъна! Муха ду хьан дегI?
Дукха лозий?
Шена мотт ца хаахь а, цо хIун
хоьтту хиира Янаркъина.
— Дика ду. Харшо. Яхши, — цхьа а церг йоцу бага
йоккха гIатта а йина, догцIена велакъежира иза.
— Далла бу хастам, хьуна гIоли хилла, -
елхаозийра зуда. — Сой, сан майрий тIекхаьчча, халла хаалуш садоь-
Iуш, велча санна
Iуьллура
хьо. Суна-м хьо велла моьттура. Верриге а цIийший, чевнаший
вуьзна, Iаржвелла... Кхераелла мохь белира сан. Федяс шена гIо дар дийхира.
ТIаккха цой, цуьнан доттагIчой - оха кхааммо, айбина юьстах а ваьккхина, хица
цIанвина, извозчик а лаьцна, цIа валийра хьо. Сийсара буьйса юкъал
тIехъяллалц харцлуьйш вара хьо, кхин синкхетаме ца вогIуш, наб хьашаелира
хьуна. Оцу хьерадевллачу акхароша иэрчо йинера хьуна тIехь. Хьо-м дийна
висина. Байинарш а бу дуккха а...
Зудчо къамел дора, цкъа елха
ийзош, тIаккха екхалуш, юкъа-кара шен ховха куьг Янаркъин хьаьжа тIе а дуьллуш,
тIера юргIа а нисдеш. Ткъа Янаркъас, цо дуьйцучух ша ца кхетташехь, иза
елаелча велакъежаш, елха озийча кхоьлаш, лерина ладоьгIура цуьнга.
— Сан цIе София ю. Со-фи-я, -
бохура зудчо, шен некха тIе куьг а детташ.
— Сопи, СепиятI Нохчийн цIе ю
иза, - воьлура Янаркъа, цуьнан цIе а йохуш.
— Ткъа хьо мичара ву, дедушка?
Дуккха а къахьегначул тIаьхьа
цуьнан хаттарх кхийтира Янаркъа.
— Гати-Юьртара ву со.
— И цIе йолуш юрт юьйцу ца
хезна суна. Генахь, лаьмнашкахь хир ю иза.
— Гена ю. Далико.
— ХIумма а дац, дедушка, карор
ю вайна хьан Гати-Юрт. Федяс ша цIа вогIуш шеца балхахь волу цхьа нохчо валор
ву. Хьамзат ю цуьнан цIе. Тхан доттагIа ву иза. Оьзда, хьекъале, дика кIант ву
Хьамзат. Шера оьрсийн мотт а хаьа. ХIинца митингехь ву и шиъ. Базаран
майданахь. Цига гIалара белхалой а, ярташкара нохчий а -масех эзар стаг
гулвелла. Суна а лиира Федяца цига яха. Хьоьга хьожуш цIахь Iе аьлла, йити.
Тхойша гIала деъна ма яц дукха хан. Червленерчу гIалгIазкхех ду тхо. Латта а,
сту-говр а дацара тхан. Ткъа доьзал хене баккха дезара. Диъ бер ду тхойшиннан.
ХIетахь шиъ дара. Пхи шо ду тхойша гIала схьакхелхина. Федяс нефтан промыслехь
болх бо, ткъа ас - бедарш юьттучохь. Алапа кIезиг ду тхан. Иза а чомахь кара ца
кхочуьйту. Мацалла ца дала, сагIа ца деха гIерташ, цхьацца лол бетташ, хене
дуьйлу. Берашка дешийта аьтто а бац. Воккхахволчу кIентан итт шо ду. Ишколехь
доьшург мах боккху. Ткъа алапа тхуна дуучунна, тIедухучунна а халла тоьу. Чудуьйла,
Митя, дедушка самаваьлла. Хьуна гIовгIа ца яйта, ловза бахийтинера ас хIорш.
ХIара воккхачул жиманиг ву тхан. Ма кхера, схьачувола. Урамехь дуьйцуш хеза
берашна, нохчий къиза адамаш ду, цара шаьлтанаш хьоькхуш адамаш дойу бохуш.
Цундела нохчо гича кхерало хIорш.
ТIеюьйхина тиша, амма цIена,
еха боьза коч а, йоца хеча а йолуш, коьртаIуьйра, хьаьрса жима кIант, чоьхьа а ваьлла,
корта охьа а таIийна, кIелдIахула Янаркъе а хьоьжуш, неIарехь сецира. Цунна
тIаьххье неIарехула гучубелира жимачу йоьIан хьаьрса корта а.
- Чуйола хьо а, Марина. Дедушкас-м хIумма а
дийр даций. Дядя Хьамзат санна, дика стаг ма ву хIара а. Иштта дика адамаш ду
берриг нохчий а. Шун папа а, дядя Хьамзат а санна. Дуьло, маршалла хатта
дедушке.
ТIе а деъна, дIахIоьттинчу шина
берана ша хIун там бийр бу ца хууш, цаьршиннан коьртах куьг а хьаькхна, хIусамнене
шен гIовтал схьайийхира Янаркъас. Йоккхачу стага базарна аьлла, машин йоккха
йома а латош динчу гIовталан чухуларчу кисана куьг Iоьттира цо. Вертанаш доьхкина
ахча долуш дара. Лерина шад беш, бехчалга юкъа хьарчийна цIера деъна цхьа сом
кегийра ахча схьа а даьстина, берашка дIакховдийра цо.
- Дедушка, хIун до ахь? — мохь
белира иза дан гIертачух кхеттачу ненан.
- Кампет, кампет...
- Ца оьшу! Мегар дац! -
Янаркъин куьг духатоьттура Софияс, амма дехарца шега хьаьжначу воккхачу
стеган догцIенчу сийначу бIаьргаша сацийра иза.
- Вай Дела! Оццул ахча берашна!
Муха мегар ду хIара? Иттех кепек елча а тарлур дара. Дийнна сом! Хьанна хаьа,
иштта гIиллакх хир ду-кх шун. ТIаккха иза дохадойла а яц. Ой, со а ю хаза!
Лазархочунна чай дала а дицделла, бага
етташ Iа!
Дукха хан ялале цIа веара
хIусамда Федор Тимофеевич. Дезочу дегIара, горга юьхь, дуькъа Iаьржа мекхаш,
сийна бIаьргаш долуш, метта буьххьехь лер долуш волчу цуьнга бIаьрг ма-кхийтти
безам бахара Янаркъин. Цуьнца вара къона нохчо а, цхьа оьрси а.
- ОхI, сан хьаша-м, хьаха,
товелла Iуьллуш ма ву! -Янаркъина тIехьаьдира хIусамда. - Ткъа ас лор валийна хьуна
дарбанаш леладайта. Охьаховшал, Василий Степанович. Хьамзат, хьо тхуна уллохь
хаахьа, талмажалла дан. ТIаккха, воккхастаг, муха ю хьан могашалла? Цуьнга
хьажахьа, Василий Степанович, къамел дечу хьолехь вуй те иза?
Горга тойина хьаьрса маж,
даккхий мекхаш долу кхузткъа шо хенара векъана, лекхачу дегIара лор, шен бIаьргех
куьзганаш а доьхкина, Янаркъина улло маьнги тIе охьа а лахвелла, цуьнан бекъа
пхьарс кара а лаьцна, куьйган хьорка йолччерчу нхона тIе пIелг а биллина,
ладегIа хIоьттира. ТIаккха жимачу зурманах тера цхьа хIума букъа тIе а, некха
тIе а лоьцуш, Янаркъии садаIаре ла а дегIна, хьалагIаьттира иаа.
- Кхераме хIумма а дац. Цхьана кIиранах
Iиллича, товелла цIа гIур ву.
Хьамзата Янаркъина дийцира
селхана базарахь хилларг. Нохчашна етташ, уьш талош, бехна хьерабевлла лела
гIалгIазкхий совцо ялийначу салтийн полко уьш совца-м муххале а ца бира, мелхуо
а, царах дIа а кхетта, нохчашна йиттира, талийра. ВуьрхIитта нохчо вийна, ткъа
Янаркъа санна йиттина кIелбитинарш дуккха а бу. Царах цхьаберш накъосташа
ярташка дIабигна, цхьаберш больнице охьабехкина. Когаш тIе ирахIитталурш шаьш
дIабахна. ГIалгIазкхаша а, салташа а нохчийн цIенош, туьканаш отуш, талийна. И
дерриг а Iедалца бертахь лелийна, нохчийн а, оьрсийн а барт ца хилийта, царна
юкъахь мостагIалла кхолла.
— Далла бу хастам, хьо дийна
висарна, — элира Федора Тимофеевича, лоьраца шен къамел хилча. - Дуьххьал дIа
са чIогIа а хилла, ца леш висина хIара. Селхана тхо тIекхаьчначу хенахь хIара
гинарг хIокхуьнан къина воьлхур вара. Хьанна моьттура хIара дийна вуьсур ву.
ХIинца, Хьамзат, дийцахьа воккхачу стагана тахана митингехь вайн хилла
къамелаш. Алахьа цуьнга цига гулбеллачу оьрсийн а, нохчийн а къинхьегамхоша
Iедалан и Iаьржа гIуллакхаш бехке до. Оьрсийн къинхьегамхойн, со санначу къечу
гIалгIазкхийн цхьа а тайпа хьагI-гамо яц нохчашца. Мелхуо а, шуна улло а
хIиттина, паччахьан Iедална дуьхьал къийсам латто, иза дохийна дIадаккха,
шуна а, тхайна а маршо яккха, цхьа вежарий а хилла даха лаьа тхуна. Къийсамехь
вай цхьаьнакхетча, шена дуьхьал мел боккха ницкъ хир бу хаьа Iедаляа. Цундела
шен ма-хуьллу вайна юкъахь мостагIалла кхолла а гIерта. Селхана оцу
гIалгIазкхаша динарг дан шайна дага а ца деъна. Iедало ахча а делла,
хьерабовллалц къаьркъа а малийна, нохчашна тIехецнера уьш. Ткъа муьлш бара и
гIалгIазкхий? Къуй, талорхой, адамашдайархой, цхьана дашца аьлча - куьйгаш
гоьллелц цIийх дуьзна зуламхой. Лецна лаьттина а, шуна тIехь и акхалла йийриг
набахтера арахецна а. ХIокху махкахь а, ерриг Россехь а халкъ паччахьна,
Iедална дуьхьал карзахдаьккхинарш ламарой, жуьгтий, эрмалой, кхиболу инородцаш а
бу бохуш, церан лерехь зурма а лекхна. Шу оьрсанша, уггар хьалха -
гIалгIазкхашна дуьхьал ду, оьрсий, гIалгIазкхий хIокху махкара дIалахка шу
гIенттина бохупт. Уьш дерриг а Iедалан, хьолахойн, черносотенцийн питанаш ду.
Цхьаболчу нохчаша зуламаш до гIалгIазакхашна а, муьжгашна а. Ткъа
гIалгIазакхаша а, салташа а бехк-гуьнахь боцчу нохчашна таIзарш до. Селхана
санна. И шиний агIорхьара зуламхой ца совцалуш ма дац Iедал. Цунна ца лаьа уьш
совцо. Мелхуо а гIалгIазакхашна герз ло нохчашна дуьхьалдаккха. Вукху агIор, нохчийн
зуламхой таIзарза маьрша буьту. Цаьрга оьрсашна зуламаш дайта. Нохчийн а,
оьрсийн а барт ца хилийта. Царна юкъахь машар ца хилийта, мостагIалла латто.
Амма вай мостагIий дац, хир а дац цкъа а! Паччахь а, хьолахой а, церан Iедал а
ду вайн юкъара мостагIа. Цундела, тешалахь, сан доттагIа, догIур ду цхьа сирла
де, и вешан юкъара мостагIий вай аьтта дIа а баьхна, цхьана ден-ненан доьзал,
цхьа вежарий хилла, бертахь, машаре, ирсе дехаш!
Хьамзата и къамел гочдича, охьа
а хиъна, хIусамден куьг лецира Янаркъас.
— Хьамзат, алал хIокху шинга,
нохчий кху дерригенах кхета боьлла. Оха цхьана а хIуманна бехке ца до оьрсийн
халкъ. БIеннаш шерашкахь тхо хIаллакдарна а, тхоьгара маршо дIаяккхарна а,
тхуна тIехь къиза Iазап латторна а, селханлерачу акхараллина а бехке паччахь а,
хьолахой а, церан Iедал а дуйла хаьа тхуна. Паччахь а, хьоладай а, и селханлера
зуламхой а - уьш ма дац оьрсийн халкъ. Оьрсийн халкъ - иза шуьшиъ а, Сопият а,
селхана суна уллохь эткаш юхкуш лаьттина миска оьрси а, шу саннарш а ду. Иштта,
ахь санна, дийцира тхуна тхан юьртарчу Iелас а, Овхьада а. Нагахь санна цаьршимма
дуьйцучух селхханалц сан шеко хиллехь, иза хаза кхоччуш дIаяьлла. Баркалла
шуна. Аш Iожаллех со кIелхьараваккхарна ца олу ас и баркалла, ткъа шаьш суна
довзийтарыа, аш соьца лелийначу гIиллакхана, шун оьздангаллина, аш сан даг
тIера шеко, мекха дIайоккхуш, сан дог цIандарна. Суна дика хета селхана сайна
еттар. И де ца хиллехь, сан аьтту хир бацара шу довза...
Бераллехь дуьйна цкъа а
бIаьргех хи ца даьллачу Янаркъин ши бIаьрг тIунбелира, балдаш дегийра. Шен осалвалар
царах къайладаккха, гIайби тIе дIа а тевжина, юьхь пенехьа ерзийра цо.
Хьамзата хиттира цуьнга мила ву
а, мичара ву а. Янаркъас дийцира ша Нохчмахкарчу Гати-Юьртара хилар а, ша
базара варан бахьана а.
- Доьзал буй хьан?
- Йоккхастаг ю. Доьзалхо а вац тхойшиннан. Ваша
а, шича а вац.
Хьамзата ойла йира.
- ХIара сан хьеший оьрсий
Iаламат дика адамаш ду. Делахь а, хьо кхузахь витар гIиллакхе ца хета суна. ТIе
хIорш гаттехь, хала бохку. Говрийн гIудалкх а лаьцна, со волчу хьо дIавуьгур ву
ас. ТIаккха гIала веъна шун агIорхьара стаг лехна, хьо кхузахь ву, хьуна са ма
гатде аьлла хабар а тухур ду. Хьо гIатталучу хьоле ваьлча, хьан цIа дIа а
вуьгур ву.
Янаркъас, паргIатваьлла, доккха
садаьккхира.
4
Лаа ца аьлла, стеган дагна
тIебоьду некъ гай чухула дIа бу. Шайна тIехь политически а, социальни а нийсо цалатторна-м
халла садеттара нохчаша. Сатоха халаниг мацалла яра. Ша тIейирзича, цо
оьздангаллех, гIиллакхах ца вохош, зуламе ца вожош наггахь стаг а бен ца волу.
Нохчийчоь къарйинчул тIаьхьа паччахьан Iедало дуьйш-дерзош долу ах латта
нохчийн долара дIадаккхар бахьана долуш, хаддаза мацалла яра нохчашкахь.
Мацалло цIийнах а, юьртах а воккхий, доьзалиа рицкъа лаха хьажавора доьзалан
да. Кхузахь кхо некъ хуьлура цунна хьалха: я гIалахь болх лахар, я къола,
талораш дар, я аренга охьа а вахана, гIалгIазакхийн, гIумкийн, гIебартойн
хьолахойн латтанаш лелор. ГIалахь баха ховша бакъо яцара церан. Къоланаш,
талораш дан массарна а ца лаьара. Бусалба дино дихкинера иза. Цундела нохчийн
дукхахболу къехой кхоалгIачу новкъа бовлура. ГIалгIазкхийн доларчу махках
нийсса ах, цара дуьйш-дерзош а боцуш, тIе къух даьлла, эрна Iуьллура. Цундела
цига гIертара нохчий. Нохчмахкара бIеннаш доьзалш бара ханна лело мехах латта
оьцуш я йолах белхаш беш хене бовлуш. ХIора шарахь ах миллион сом гергга ахча токхура
нохчмахкахоша оцу керлачу мехкан дайшна. ХIетте а Iедало шен политически
Iалашонашца гIалгIазакхашна дихкинера нохчашна а, гIалгIашна а мехах цхьана
ханна лело латта далар а я юкъахь леладайтар а. Цара кхечу къаьмнех болчу
нахачул уьттазза сов мах белча а. Iедал кхоьрура, гIалгIазкхип а, нохчий а
цхьаьна баха хевшича, балхахь цхьаьна нисбелча, церан къехошна юкъахь
гергарло, доттагIалла кхолладаларна, Iедална дуьхьал къийсамехь цхьабарт а
хилла, уьш цхьаьнакхетарна. Цундела гIалгIазкхийн станицашна уллохь нохчаша
ехкина кегий кIотарш йоха а еш, уьш шайн ярташка дIахьийсабора Iедало.
Иштта, пхи шо хьалха Теркал
дехьара цIа бахкийтинчарах цхьаъ вара Iаьрчхехь, лаьттах тоьла а яьккхина,
охьахиъна Жаьнтамаран Мусха.
Цхьана дийнахь сагатделла,
хьаннашкахула волавелла лелаш, Iаьрчхе кхаьчна Iела керлачу жимачу ирзо тIе нисвелира.
ХIинца а кIуьрзах цIанъялаза яра хедийначу диттех йисина, керла маргIалш тесна
юьхкаш. Пачхьалкхан а я нехан а долара хьун хьаькхна олийла дацара и ирзо
долчуьнга. Кхин дIаса шордан таро йоцчохь даьккхинера иза. Басе шершина Iинчу а
еъна хIоьттинчу торха тIехь даьккхинчу цунна гуобаьккхина ала мегар долуш
лоха берд бара.
Мокхачу басахь, уьшалан хьожа
етталучу, юкъ-юкъа тIехула туьха хIоьттинчу лаьтта тIехь можа бос бетталуш,
гоьллелц йогIучу хьаьжкIашна асар даккха гIерташ воллура сира, еха маж а
йолуш, векъана воккхастаг. ХьаьжкIашна юккъехь гора луьста кхиъна кхоьаш а,
йоца хуталш хецна гIабакхаш а.
— Ассаламу Iалайкум, хьекъийла
хьан! — мохь туьйхира Iелас, ша цуьнга нисвелча соцунгIа а хилла.
Болх а сацийна, хьала а таьIна,
гIовталан пхьуьйшаца хьаьжа тIера хьацар дIа а хьаькхна, хьаьжа тIе куьг а хIоттийна,
леррина Iеле хьаьжира асархо.
— Ва Iалайкум салам! Дела реза хуьлда хьуна а.
Ванах, Iела, хьо вац хIара? - шен цел белша тIе а тесна, хьаьжкIашна юкъара
схьавелира воккхастаг. - Ахь хIун до, хьо лаа веъний кхуза?
Iелина ца вевзара иза.
— Сагатделла, хьаннашка бIаьрг тоха дукъа ваьллера
со-м.
— ТIаккха, могаш-маьрша лелий? Охьалахлохьа. Шант
а, кIентан доьзал а буй могаш?
— Дала дика кхобу. Шу а деца
могаш? Воккхачу стага доккха садаьккхира.
— Шу бохург дан а дац, Iела. Со воллу-кх хIокху
холбатахь хан токхуш. Охьалахлохьа кхуза, беца тIе. Жимма хьоьца дара-дацара а
олуш, садаIа ас. Хьуна-м со вевза а хир вац. Со вевзаш нах кIезиг бу кхузахь.
Ас вийцича-м дагавогIур вара хьуна. Тохара, шу Хонкара дахале цхьа шо хьалха,
тхан дай, сой шина Терка юккъе кхелхина ваха араваьллачу дийнахь, кетIахь тхуна
тIенисвелира хьо. Цул тIаьхьа шовзткъе итт шо даьлла. ХIетте а, оцу дийнахь
тхо юьртах довлуш, тхан дега ахь доггаха аьлла дешнаш цкъа а ца дицло суна.
- Мила вара шун да?
- Жаьнтамар.
Шен ойланашца цхьана минотана
шовзткъе итт шо юханехьа вахара Iела. Цунна хьалха схьахIоьттира Васалан урд
аха шен старца божа сту лаха ша араваьлла де. Стерчийн ворданна тIе шайн миска
сал-пал а йоьттина, царна тIехула тIе кIентан бераш а ховшийна, урамехь лаьтта
къена Жаьнтамар. БIаьргех хиш а лешаш, Iодика йора цо шаьш новкъа даха
тIаьхьабевллачу лулахойн. Iелина чIогIа чам байра иза кхелхина Теркал дехьа
воьдийла хиъча. Вуьшта а кIезиг бисинера юьртахь нах. Белларш-м денлур бацара,
ткъа хIара дийнаниш мукъана а юьртахь совцийла лаьара цунна.
- Вон кхелха шу цига, - элира цо Жаьнтамаре.
-Лахь а, дисахь а, кхузахь цхьаьний Iийр дара-кх. Вайнехан латта ма ду аш мах
а луш, йолах лело схьаоьцург. Жимма яхь хила а ма езара кийрахь.
- ХIун дийр ду, Iела? - йолчу
тIе а гIайгIане кхоьлира Жаьнтамаран юьхь. - ВаллахIора, хIумма а хазахеташ-м
ца воьду со цига. ХIара цIоз кхузахь хене даккха хала ду. Вайна ма-хаъара,
кхузахь со тIевеъна стаг ву. Пхьоьханахь сий дац сан. Куьйган бакъо а яц юьртан
гуламехь. ТIехула тIе дайн хиллачу махка тIехь, церан кешнашна уллохь вала а,
ваха а, цигахь дIаволла а лаьа. Шу а дац кхузахь даладелла Iаш. Со санна
тIебаьхкинчу наха йолчунна тIе а гатте йина шуна а...
Ша Гати-Юьртара а вацара
Жаьнтамар. ТIом болчу хенахь Теркайистера шайн юрт ягийначохь гIалгIазкхийн
станица йиллича, доьзалца Нохчмахка а веъна, Гати-Юьртахь сецира иза. Жаьнтамар
санна, аренгара бевдда хьалабаьхкина доьзалш Iаламат дукха бара Нохчмахкахь,
Вуьшта а лаьттана йоккхачу къеллехь бохкучу кхузарчу бахархошна йолчу тIе а
гатте йинера цара. ТIамо, бохамаша шайн лаьтта тIера бухбаьхна схьабаьхкина и
нах латта доцуш буьтийла а дацара. Нохчий, бусалбанаш ма бара уьш, де доьхна
лелаш. ТIом чекхбаьлча, хIорш шайн ярташка дIабоьрзур бу-кх аьлла, шайн ирзойх
коржамаш хедош, царна кIез-кIезиг латта делира наха, цхьана ханна лело. ТIом
болчу хенпхь церан дог а оьцура бухарчу наха. ТIом чекхбаьлча, хIокхеран махка
тIехь гIалгIазкхийн станицаш ехкира. Баха меттиг йоцу и тIебаьхкина нах
Нохчмахкахь бисира. Кхузахь церан цIе «тIебаьхкина» нах яра. Юьртан мехкан
дакъа а ца кхачадора царна, юьртан гуламехь куьйган бакъо а яцара церан. Оцу
дерригенан а ойла йича, Iелас бехк а ца буьллура царна кхелхина кхузара
дIабахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг а мохк наха дIалаьцнера. ХIора
шарахь хIара бухара нах а вовшех летара, шунаш а, дозанаш а къуьйсуш. Хьалха-м
доьзалехь кIант кхиъча, цо зуда ялийча я юьртана тIевеъначу стагана, цунна ирзо
даккха хьун къастайора. ХIинца иза дойла а дацара. Ерриг а хьаннаш пачхьалкхо
шен дола яьхнера...
5
Шен ойланех юкъах а ваьлла, воккхачу
стаге хьаьжира Iела. Ша хиъна Iачуьра дIа а кхийдаш, хьаьжкIашна куьйга асарш
дохуш воллура иза.
- Жаьнтамаран шина кIантах
муьлханиг ву хьо?
- Воккхахверг. Мусха.
- Мусха... ХIетахь хьан доьзал бара моьтту
суна?
- Кхо кIант а, ши йоI а дара. Уггар доккхачун
итт шо а долуш.
- Уьш мичахь бу хIинца?
Вист ца хуьлуш, вехха Iийра
Мусха.
- Дийца воьлча, дукха деха ду иза, Iела, —
элира цо эххар а. - Дуьйцуш, дерриг а карладуьйлу, ца дуьйцуш Iийча, цIеран
уьйриг а хуьлий, кийрахь хьийза. ТIе дийца а, далхо а, сох къахета а, дог лаза
а стаг а вац сан. Амма хьоьга дийцаза Iалур вац. Ахь баланаш дукха Iийшина. Со
санна ала мегар долуш, халонаш, баланаш лайна, цхьа висина стаг ву хьо. Цхьа
бохам шена тIебеъча, стага ойла йо, ванах, хIара суна хилла бохам хилла стаг вуй
те олий. Ишттаниг карийча, иза а хилла собаре, со а хила веза олий, маслаIат
хуьлу, сатуху, собаре хуьлу. Хьан кийрахь сингаттам бу, Iела, амма и хьайниг
гIан хетар ду хьуна, соьга ладоьгIча.
«Суна хиллачул тIех баккхий
бохамаш, ас лайначул тIех баккхий баланаш лан, хIокхунна тIедеънарг хIун ду
те?» - аьлла, цецвелира Iела.
- Кхузара дIадахча, шина Терка юккъерчу
гIалгIазкхийн цхьана юьртана уллохь жима кIотар а йиллина, охьахевшира тхо.
Ткъа цигахь дитарна а, тхаьш лелочу лаьттах а хIора шарахь юьртана мах лора
оха. Иштта, оха санна, нохчаша ехкина кIотарш дикка яра Теркан шиний агIонца.
ХIокху агIор я гIалахь нохчашкара шайна цатовриг даьлча, цигахь тхо хьийзадора
гIалгIазкхаша. Цхьанхьа нохчаша шайна къола, талораш дича, гIалгIазкхи вийча,
и дерриг а тхох окхура. Оцу зуламхошца тхо бертахь ду, и къуй а, и талорхой а
цига оха кхуьйлу олура. Дуккха а меттигаш нислора нохчаша царна дина къола,
зен цигахь бехаш а, ханна йолах болх беш а болчу, бехк-гуьнахь доцчу нохчашка
токхуьйтуш. И къоланаш, талораш дийриш беккъа нохчий а ца хуьлура.
ГIалгIазкхашна юкъахь а кIезиг бацара къуй. Цара а кхуьйлура нохчийн къуй цига.
Шинхьарчу а зуламхоша бертахь, цхьаьний бора и болх. Цул совнаха, кхечу
къаьмнех нах а бара цигахь къоланаш а, талораш а деш. Амма дерриг а нохчийн
коча доуьйтура. ХIуьттаренна а, дукхахдолу къоланаш дийриш нохчий хиларна а.
Оцу къуша, талорхоша вон цIе йоккхуьйту нохчийн, уьш бахьана долуш баккхий
бохамаш хуьлу вайн къомана. Органал дехьара цхьа стаг вахара селхана кхузахула
дIа. Дукха хан йоццуш гIалгIайн а, гIалгIазкхийн а ярташна юкъахь доккха дов
хилла, гIалгIайх масийтта стаг а вийна, масийттанна чевнаш а хилла, Яндаркъа а
йохийна бохуш дийцира цо. Тхо Теркайисте дахана дукха хан ялале, иштта нохчашна
а, гIалгIазкхашна а юкъахь хиллачу девнехь вийра сол жимахволу ваша а.
Яндаркъехь хилла дов Овхьада
дийцинера Iелина. Троицки станицана уллохь вийна карийначу цхьана гIалгIачунна
тIехула яндаркъошний, гIалгIазкхашний юкъахь кхийсарш юьйлаелча, шиний
агIорхьарчарна орцахбевлла гIоьнна баьхкинера гондIарчу ярташкара гIалгIай а,
станицашкара гIалгIазкхий а. ТIом болабелча, шайна ницкъ хила боллийла хиъначу
гIалгIаша дов къасто а, шайна юкъахь машар бан а эскарш дехнера. Царна хаьара,
бехкениш гIалгIазкхий белахь а, цаьргахьа а даьлла, Iедало шаьш бехке дийр
дуйла. Шеца пулеметийн рота а йолуш, гIашлойн батальон а, гIалгIазкхийн кхо
бIе дошло а волуш схьакхаьчначу отрядо, довхошна юкъахь машар баран меттана,
Яндаркъа йохийра. Дуьйцура, ткъех гIалгIа вийна, дукханна а чевнаш хилла, дуккха
а даьхний дайина, цIенош а дагийна, дуккха а доьзалш эрна арахь а бисина бохуш.
Ткъа дукха хан йоццуш
Соьлжа-ГIаларчу базарахь гIалгIазкхаша а, салташа а нохчашна тIехь хIоттийначу акхараллин
дийна теш вара цигахь йиттина сакхат а вина цIа валийна Янаркъа.
- Иттех шо хьалха, кIотарш а
йохош, цкъа цигара нохчий дIабехира Iедало. Нехан цIенош вовшах а дохуш, мегаш
болу гIирсаш гIалгIазкхашна боррах дIабухкура, ткъа пайде боцург, цIе а тосий,
багабора. Гонаха салтийн ха а хIоттийна, хьаладалийра тхо. ХIетахь сан аьтто
хилира тхайн цIенош дийна дита. Тхан хьешаша, гIалгIазкхаша, тхан цIенош шаьш
мах белла эцна элира Iедале. Цхьа хан яьлча, и гIуллакх дIатийча, цига
вухаверза ойла яра сан. Кхин ваха меттиг бацара. Хала-м дера дара цигахь.
Нохчаша шалха налогаш токхура. Шаьш гуттаренна а дIаязбинчу ярташкахь а,
цигахь шаьш цхьана ханна бехаш болчохь а. ХIетте а, хьалавеъна, кхузахь цхьа шо
а даьккхина, тхешан доьзалшца юха а цига дIавахара со. Шина гIалгIазкхичо,
цхьа хьостам а гал ца болуьйтуш, лардинера тхан цIенош. Ши-кхо шо а делира
Iедало тхуна новкъарло ца еш. Цхьа хаза бахам а тарбеллера тхан. Даьхний а
IаьIира. Биъ сту а, кхаа шаре йолуш шиъ старгIа а, биъ етт а, цхьа говр а яра
тхан. Деле тхаьш лардар а доьхуш, ма-хуьллу Iедалх а къехкаш, дийнахь-буса а
бохург санна къахьоьгура оха. Амма диъ шо хьалха цигара кIотарш юха а йохо
йолийра. Сан хьеший мел дика хьийзарх, хIинца цаьрга а ца ларделира тхо.
ДогIанаш, ткъевнаш йолу хан яра иза. Оцу доьхначу некъашкахула хьалакхалха
ницкъ бацара тхан. Кхораш санна, кегий бераш дара шина а кIентан. ТIе Теркана
ша баллалц цигахь дитахьара бохуш оха а, тхан хьешаша-гIалгIазкхаша а дехарш
деш, Iаьна кIел дахара тхо. Дуьххьара ло ма диллинехь, шеца герзашца
гIалгIазкхий а балош веъначу юьртдас, цигахь атаман олу цунах, кхо де далале
кIотар дIа ца тасахь, шаьш цIенош дагор ду элира тхоьга. Цара къинхетамза иза
дийр дуйла хаьара суна. Иза дина меттигаш дукха яра. КIелхьарадовла цхьа а некъ
бацара. Тхешан салпал стерчийн шина салаза тIе а йоьттина, тIехула тIе бераш а
ховшийна, болх Далла тIе а биллина, новкъа девлира тхо.
Мусхас дуьйцучуьнга ла а
доьгIуш, цуьнан тоьлане бIаьрг беттара Iелас. Схьайиллина разъяьлла кхозучу неIарехула
дIахьаьжча поппаран маьнга а, цунна тIехь яржийна тиша кетар а, сонехь хIоттийна
берданга а гора. Арахь кхо тIулг а хIоттийна бинчу кхерча уллохь бертал тоьхна
Iуьллура тIехула кIуьрзан кховр лацаделла чуьйнан горга яй а, тIехь сискал
ятта тойина тIулган юткъа экъа а.
- Жимахволчу кIентан кIант
сайна тIохьа говра а хаийна, даьхний лаьхкина хьалха вогIу со, суьйранна Теркана
горга гIоьртича, шина кIанте дохне хьажа а аьлла, гечо лаха хьалха
дIавахара. Теркан йистонца дIасаваьлча, ша тIехула дехьаяьллечу берчан лар
карийра суна. ТIехьа ханйна жима кIант а волуш, говрахь ша тIехула цкъа Теркал
дехьа а, юха сехьа а ваьлла, шан чIогIалла зийра ас. Еуто бацпхь а, тоъал
чIогIа бара иза. Ша мела хилча, борз ер ма яцара цунна тIе. Со цигахь лаьтташ, салазаш
а тIекхиира. Салазаш тIеяхале, юха а цкъа ша зерхьама, даьхний хьалха а лаьхкина,
дехьавелира со. Ша ца кагбелира. Сехьадовла аьлла, со волчуьра дIа шина кIанте
куьг а ластийиа, нацкъар дIахьаьддачу старгIина тIаьхьа говр хаьхкина воьдущ,
тIе цкъа цхьа хIума эккхаш санна тата а, тТакгсха цхьа Iадийна маьхьарий а хезира
суна. «Дада, ша кагбелла!» - мохь белира суна тIехьарчу кIентан. Вухахьаьжначу
суна гинарг ма гойла сан мостагIчунна а... Йоккха юкъ дIалаьцна кагбелла ша,
тIедаьлла буркъаш туьйсу хи. Чуханашца тIе ялта чохь долу галеш къевлинчу
салазаша хи буха ийзош деттало стерчий. Шайн нана а, бераш а кIелхьарадаха
гIерташ бIарзвелла хьийза ши кIант. Сайн кадаьлларг кIелхьараваккха, вагийча
санна, дIахьаъдира со. Мичара! Со тIекхачале и пшйтта адам а, биъ сту а, ши
салаз а дIа а хуьйдина, жижигах дуьзна там хилла экха санна, буркъаш туьйсуш,
керчаш дIаоьхура буьрса Терк...
Мусхас шен къамел сацийра.
— Ткъа и висина кIентан кIант
вуй хьоьца? - хаьттира Iелас.
Мусхас доккха садаьккхира.
— КхидIа дцйца гуттар а хала ду, Iела. Цундела
сацийра ас сайн къамел.
Макхъелла, хьацар тоьхна,
гIайгIано хьарчийна цуьнан юьхь тера а яцара цхьа сахьт хьалха Iелина гинчух.
— Цкъа ойла хилира сан, Терка чу а иккхина,
велла дIавала, - цхьа хан яьлча кхидIа дийца вуьйлира Мусха. -Нека хууш а воцу,
тIехула тIе къена со, хи чу ваьлчахьана велла ма вара. Iожалло бен йойур яцара
сан кийра боттуш кхерста цIе. Айса суо а вийна, и инзаре доккха къа а, иэхь а
тIеэца сацам хилира сан. Ша тIе а даьлла, даьржинчу хи чухула со дIавоьдуш,
хIун дара а хаац, цIеххьана вухахьаьжира со. Воьлхуш йиш хаьлла, ша шех
кадетташ, хкйиетехула дIасауьду кIант гира суна. ТIаккха цIеххьана, сан дагара
хиъча санна, ши куьг хьалха а кховдийна: «Вай, дада, со ма витахьа», - аьлла шийла
мохь хьаькхна, ша тIехула гомха долчу хи чухула суна тIаьхьахьаьдира иза. Оцу
маьхьаро ойла яйтира соьга. Хилларг хилла ма даьлла. Оцу пшйттанна тIаьххъе со
ша кIел хи чу эккхарх, нисдала хIума ма дац. ХIара буо сол тIаьхьа дола дан
верас воцуш ма дуьсу. Хиллачу бохамах кхетча санна, маьхьарий хьоькхуш, Iоьхуш
хьнйзаро даьхний а. Со шена тIевеъча, къаьрззина соьга а хьоьжуш,
кIегаргIертара кIант. ТIаьхьа хиира суна и цецваьккхинарг хIун ду. Цхьа сахьт
хьалха Iаьржа хилла сан кортий, мажжий ло саниа кIайделлера. Чу алу йоьхкича
санна, кийра богура. ХIун дан деза ца хууш, корта хьере хиллера. Орца ала
гергахь юрт а яцара. Орца кхаьчча а, цо хIун меттахIоттор дара? Ша кIел дахана
шийтта адам денлур дацара, гIоьнна дерриг дуьне деъча а. Декъий схьакарорга
догдохийла а яцара. Буьйса тIекхечира. Жимма са меттадеъча, даго цхьа некъ а
хьоьхур бацара те аьлла, цигахь буьйса яккха сацам хилира сан. Цу тIе дийнахь
сарралц некъ бина даьхний а ма дара кIадделла, мацделла. Сайна бохам хиллера аьлла,
и синош дIатуьйсийла а ма дацара. Вахана, цхьа мор эрз а баьккхина, цIе а
латийна, циггахь туп а тоьхна, буьйса яккха сецира со. Iуьйрре цхьа кIеззиг
хIума кхалларх, кийра кхин рицкъа дахаза волу кIант а вара меца. Бер бер а
хуьлий ма дуьсу диканехь а, вуонехь а. Тхойшингахь цкъа кхалла а рицкъа дацара.
Тхаьшшинна кхачанна ден экха я олхазар карор дацара те аьлла, дохнна гонаха
хьийзаш берзалой хилахь, уьш а къахко дагахь, сайна тIера кетар кIантана а
хьарчийна, тоьпаца орзала велира со. Дуккха а волавелла леллачул тIаьхьа, экха
карорах дог а диллина, вухавирзинчу суна, эрзана юккъехула сайна дуьхьал цхьа
экха гIерташ санна хийтира. Борз я нал хила там бу иза аьлла, эрзаш
меттахъхьуьйчу хьажийна, топ йожийра ас. Топ яьлча, цхьа экханан боцу мохь а,
тIаьххье узарш а хезира суна. Уьш дIатийча цецваьлла, эрзашна юкъавахначу суна, шалха а вахана, мелчу цIийлахь Iуьллуш сайн
кIентан кIант карийра...
- ОстогIфируллахI! Дала собар
а, собарца хьуьнар а лойла хьуна, Мусха! - мохь белира Iелин. — Дала
кхоьллинчу адамана лан ма боккха бохам бу-кх хьоьга беънарг!
Ткъа Мусхин якъаеллачу юьхьа
тIера, дуткъачу цIоцкъамашна кIелхьара гIайгIане ши бIаьрг, чохь са доцуш
санна, дехьа басе а богIабелла, сецира. Хьанна хаьа, хIокху акхачу хьуьнхахь,
холбатахь санна, ша хан токхуш волуш, цкъацкъа собар а кхачадой, Дела воцчунна
ца хезаш, воьлхуш хила а тарлора иза. Амма Iелина хьалха бIаьрхиш ца
довлуьйтура цо. Кийрара арагIерта къаьхьа бала, къурдаш деш, юханехьа
чутеIабора Мусхас.
- Цигахь ша висча кхеравелла
хиллера а хаацара я суна сагатделлера а хаацара, мухха делахь а, со вухаван хьевелча,
суна тIаьхьагIоьртина хиллера и миска. И буьйса набарза кIантана уллохь а
яьккхина, шолгIачу Iуьйранна, кIентан дакъа говра тIехь сайна хьалха а лаьцна,
даьхний а лаьхкина, герггарчу юьрта вахара со. КIант цигахь дIавоьллира ас. Оцу
юьртахь сайн даьхний сагIийна дIа а декъна, цхьалха дегIаца кхуза хьалавеъна, хIара
тоьла а яьккхина, охьахиъна со. Гой хьуна, Iела, оццул дуьненна тIаьхьаваьлла
къахьегча, суна бисина бахам хIара бу-кх. ХIетахь, даьхний хьалха а лаьхкина, Терка
тIе вогIуш суна моьттура, кхидIа айса дуьненахь яккха йисинчу хенахь, нехан
санна яа сискал а йолуш, сайн шина кIантах а, церан берех а воккхавеш со вехар ву.
ХIинца со гуш ву-кх хьуна. Дегара охьа оха цIийца, хьацарца гулдинарг а, церан
дуьхьа ас къахьегна сан доьзалш а масех минотехь Терко дIахуьйди. Сибрехь ткъе
берхIитта шо а даьккхина, цIа веъча, зуда маре яхначу а кхаьчна, хьо цунах
сингаттам хилла лелаш ву бохуш хезна суна. Ахь ойла йича, хьо санна даккхий
вонаш тIедаьхкина, собаре хилла Iаш дукха нах карор бу хьуна. ТIаккха хуур ду
хьуна хьайна тIедеънарг хIумма а доцург дуйла. ХIан, сайн дагна маслаIат
лоьхуш, ас дук-ха бага йитти, хIинца дIагIо.
Боккъал а, Мусхина хиллачу
бохамашка хьаьжча, Iелина хилларг хIумма а доцург дара. Iелас-м шениг, чолхе а
ца доккхуш, къонахчо санна, дIадерзийнера. Амма мел цо дуьхьало ярах, цкъацкъа
шайтIано дог карзахдоккхура цуьнаи. Зуда маре яхар доккха иэхь ма ду. Цул-м
Iелина валар гIоле ма яра...
* * *
ЗОРБАНЕРА МОГIАНАШ
Паччахьан заманахь Къилбаседа
Кавказехь Iаламат чолхе политически хьал дара. Кхузахь, цхьана агIор, шайн долахь
шортта латта а долуш, Iедало ерриг бакъонаш а елла, шайх «помещик-халкъ» ала
мегар долуш, гIалгIазкхий бара. Вукху агIор - латта а, цхьа а тайпа бакъонаш а
йоцуш, ламанхой бара.
Г. К. Орджоникидзе
Кавказехь туземни бахархойн
экономически хьелаш галдаха дуккха а болх бина вай, амма царна юкъахь дешар а,
Iилма а даржорехь цхьа гIулч а ца яьккхина.
Я. Абрамов
Нохчийчоь къарйинчул тIаьхьа и
акха нохчий дешарна а, Iилманна а, культурана а тIеберзо цхьа а тайпа хIума ца
дина оьрсаша.
Реакционер-шовинист, профессор
П. И. Ковалевский
КАХАНОВСКИ СТАНИЦЕРЧУ ГIАЛГIАЗКХИЙН
АЬРЗНАШНА ТIЕРА
1905 шо
1
апрель. Буьйсанна шен
кха тIехь волу гIалгIазкхи Максимов Иван вийна. Зуламхойн лар Гуьмсан махка
тIе яхана.
19 октябрь. Стерчийн ворданахь кха тIера
цIа вогIу 85 шо хенара гIалгIазкхи Стрельцов Иван а, цуьнан йоьIан кIант
Руднев Захар а вийна нохчаша. Цаьршиннан декъий, дага а дина, Iаьржахи чохь
карийна, Цоци-Эвлан махка тIехь.
1 ноябрь. Говрашкахь веъначу итт нохчочо,
Саенко Иванан жаIушна тIе а летта, 300 уьстагI бигина. Зуламхойн лар
Iаьмар-Хьаьжин-Юьртан махка тIехь сецца.
18 декабрь. Ворданашкахь Соьлжа-ГIалара цIа
вогIучу итт гIалгIазкхичунна тIелеттачу нохчийн гIерано Выпрецкий Егор,
Демченко Фрол, жуьгти Дубиллер И. а вуьйш, уьш талийна. Лар Цоци-Эвла яхана.
18 декабрь. БоргIанехула Щедрински станицо
цIа вогIу Стрельцов Михаил вийна. Зуламхочун лар БоргIанен махка тIехь сецца.
1906 шо
28 февраль. ГIалгIазакхичун Бондарев Иванан
божалин пен а бохош, ши сту бигина. Лар Мескар-Эвлан махка тIе яхана.
17 апрель. Пайтонахь Шелковскехула
Кахановске цIа вогIу гIалгIазакхийн дворянин Гуминский Игнатий а вийна, цуьнан
пайтон а, говраш а йигина нохчаша.
1 июнъ. Ахархочуьнгара Кишка Иванера
говр яьккхина пхеа нохчочо.
22 сентябрь. Кахановскера Гуьмсе станце
йохьуш йолу почта а талош, Негоднов Кузьма вийна, Петрусенко Тихонна чов йина
нохчаша. Лар Гуьмсе яхана.
6 октябрь. ГIалгIазкхичунна Негоднов
Трофимана чов йина нохчочо.
15 октябрь. ГIалгIазкхичунна Максимов
Самуилана чов йина нохчаша. Лар Цоци-Эвлахьа, Мескар-Эвлахьа яхана.