Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком


Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Мнения
Популярное
Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Дарц
Дарц Абузар Айдамиров

VII . Къонахий

Дерриг а дуьне ду
къонахчун меха,
ХIара дуьне-м къонахийн
белшаш тIехь дай!

А. Сулейманов

1

ХIокху тIаьхьарчу кхаа баттахь инзаре тамашийпа ши керланиг хиллера Гати-Юьртахь. Массара а велла, доьза вайна лерина, догдиллина ши стаг цIа веънера Сибрехара. Ткъе ворхI шо даьллачул тIаьхьа ХортIин Овхьад а, ткъе берхIитта шо даьлча Абубакаран Iела а. Мелла а къона Овхьад дийна цIа верзарх-м башха цец а ца бовлура нах, тамашийниг къена Iела цIа вар дара.

КIеззиг хилларг а, кога долий, сиха даьржа нохчашлахь, миччахула деъна а, хьаьнггахула арадаьлла а, ца хууш кхарста долу. ШолгIа де делкъанга долуш гондIарчу ярташкахула даьржира доьза вайна, массара а велларг лерина къена Iела цIа веъна боху хабар. Иза массо а цецвоккхуш керланиг дара. Къаьсттина мотт-эладитана сутарчу адамашна. Iела цIа веъна, ткъа цуьнан зуда кхечухьа марехь ю. Цуьнан ши майра ву хIинца. Адамашна дуьйцу хезна хIума дуй ткъа ишттаниг? Айзас хIун дийр ду те? Iелин а,. Ахьмадан а юкъаметтиг муха хир ю те?

ДогцIена, дика нах гIайгIане а лаьцнера оцу гIуллакхо. Оцу шина стагана юккъе хIоьттина хьал, цаьршинна юккъе мостагIалла дожа тарлуш, кхераме дара. Иштаниг ца хилийта некъ лоьхура цхьаболчу наха.

Гуш чаккхе яцара Iела волчу оьхучу адамийн. Кхуза богIура генара а, гергара а, гIаш а, говрашкахь а. Шайн хьоле, аьттоне терра, совгIаташ а дохьуш. Дакъийначу жижиган коржамаш, йоьхьаш, кедаш чохь ахьарш, даманаш, кхоьаш, гIабакхаш. ХIоранна а лаьара къечу Iусманна шайн ницкъ кхочу гIо дан. Цуьнан таро ма яцара шен керта лестало сила долу адамаш, кхачанах а кхоьтуьйтуш, дIадерзо.

Кертахь а, урамашца а дукха адамаш лаьттара. УьйтIахь диллинчу шина дукъо тIехь, кара суьлхьанаш а лаьцна, Iасанийн юьхьгаш лайла а Iуьттуш, хевшина Iара баккхий нах. Ша церан хенара вацахь а, царна юкъахь вара ХортIин Овхьад а. Миска Iела, тIаьхье ца хедаш кхуза оьхучу наха охьахаа ца вуьтуш, Iуьйрре дуьйна ирахь лаьттара. Иза тера вацара сийсарлерачу Iелех. Корта а баьшнера, маж-мекх а хаза лергина, тодинера. ТIедуьйхина тIергIан машин боьмаша чоа а, цунна чухула исхарин гIовтал а, тIехула дихкина детин сеталш йолу доьхка а дара. Коьртахь дуькъа хьийзинчу боьмашчу холхазан куй а, когахь пезагашна тIехула юьйхина керла неIармачаш а яра.

Баккхийчу наха хIорамма а шен рогIехь дуьйцура къоначу хенахь шаьш лелийнарш а, шайна гинарш а, хезнарш а. «ДагадогIий шуна...», - олий волалора хIора а, тIаккха цуьнга ладоьгIучеран бIаьргашна хьалха хIуьттура оцу денойн иэрчалла, карлабуьйлура тIеман иттаннаш шераша хеназа дIабаьхьна шайн дай, вежарий, доттагIий, нийсархой, наной, йижарий. Я тIамо, оцу халачу замано халкъан иллешкахь бийца кхоьллина турпалхой.

- ЭхI, ма кIант вара иза! Кхоам бара цуьнан лаьттах гIойла! - хезара юкъа-кара.

- Кхин вайна гур йоцуш дIаяха вайн маршо. йрсе хили хIетахь белларш. Делан цхьана таIзарна санна, вай цхьа декъазниш дийна дисина, хIара баланаш, халонаш лан.

- Шек ма довла шу, кIентий, вайна маршо гун йолу де гена дац, гIайгIане эгначу нехан дог-ойла айа гIоьртира Овхьад.

— ХIан-хIа, Овхьад, иза Iедало юхалур яц вайна.

— Вай схьа ца яккхахь, лур яц. Цуьнгахьа къийса деза.

— Къийсарх гIуллакх хир доцийла хиъна вайна. Юьхьанца вешан маршо ларъян гIерташ, тIаккха иза ваьшкара дIаяьккхича, юхаерзо гIерташ, масех бIешарахь тIом бина вай а, вайн дайша а. Дерриг а эриа хили. Нийсса ах къам оцу къийсамехь хIаллакьхили. Вай лаьмнашка а лаьхкина, керстанаш вайн мехкан дегаюккъе охьахевши. Вайн махкахь цхьа а керста воцчу хенахь уьш чугIоьртича а ца ларийна вай, хIинца муххале а ларор дац. Керла тIом болабахь, дисинарш а хIаллакьхир ду вай. Ткъа делла дуьненара дIадаьллачу халкъана маршо ца оьшу.

— Ас тIамна гIовтта ца боху, Янаркъа. Со дуьхьал ву тIамна. Керла тIом болабахь, ахь ма-аллара, нохчийн къам хIаллакьхир ду. Кхин тайпа, машаре некъаш а ма ду вайна вешан маршо юхаерзо. Вай оьрсашна, керстанашна дуьхьал тIом бийр бац. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел, вай санна лоллехь, Iазапехь латтош дуккха а къаьмнаш ду Россехь. Нохчийн къомал уьттазза, бIозза даккхий, керста а, бусалба а къаьмнаш. Царалахь уггар доккха къам оьрсийниг а долуш. Оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а нохчийн халкъана бинчу бохамашна дерриг а оьрсийн халкъ бехкедора вай, цуьнца мостагIалла а дара вайн. Оьрсийн халкъана ца оьшура шен паччахьаша, хьоладайша нохчашца бина тIом, ца лаьара шайн кIентий, вежарий кхузахь бойийла. Амма паччахьаша а, хьоладайша а шаьш дийриг халкъе хоьттуш ца до. Оьрсийн халкъ а ду паччахьийн, хьоладайн кога кIел, Iазапехь, лоллехь. Царна дуьхьал дукхазза а гIаьттина оьрсийн халкъ, амма даима а къинхетамза хьаьшна цуьнан дуьхьало. Оьрсийн паччахьаш а, хьоладай а Россехь дехачу дерриг а къаьмнийн къехойн юкъара мостагIий бу. Вовшех къесташ, ша-ша, цхьацца гIиттарх, паччахь а, цуьнан Iедал а дохалур дац халкъашка. Иза данне а далур дац нохчийн жимачу къоме. ХIетте а, нохчий даима а девнна хьалха гIиртина, цундела царна даима бохамаш а хилла. И хьалхенаш йохур яц вай кхидIа. Вайл даккхийчу а, вай санначу а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, хьалха а ца гIерташ, тIехьа а ца лечкъаш, юккъера меттиг схьа а лаьцна, къуьйсур ду вай вешан маршонехьа. Оцу къийсамехь керста оьрсий, гуьржий, эрмалой, хIирий, кхидолу къаьмнаш а вешан мостагIий хилийта ца деза вай, ткъа накъостий хилийта деза. Церан гIоьнца вохор ву вай вешан юкъара мостагIа, церан гIоьнца юхаерзор ю вай вешан маршо.

ХIетталц ладоьгIуш Iийна Хьуьса-Молла къамела юкъавуьйлира:

Маржа, Овхьад, яI, оцу керстанашна юккъехь даьккхинчу ткъе ворхI шаро хаза кхоччуш тиларчу вигна-кх хьо! Айхьа дуьйцург хIун ду хаьий хьуна? Керстанах ма теша, иза доттагIа а, накъост а ма лаца, цуьнца гергарло а ма леладе боху Дала КъурIан чохь. Керстанашна а, бусалбанашна а юккъехь барт а, машар а хир ма бац цкъа а. Хила йиш а ма яц. Керста доттагIа, накъост лаьцнарг Делах ма волу, Делерчу къинхетаме догдохийла ма яц цуьнан!

— Стомара гуламехь-м иштта ма ца элира ахь, Хьуьса, — накъосташка бIаьрг а таIош, кхоссар йира Янаркъас. - Оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, царна а, церан Iедална а муьтIахь хила деза, царна дуьхьалверг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатии цIергахь вогур ву бохуш ма дийцира ахь. И оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бац ткъа, бисина оьрсий санна, керстанаш?

— Паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, муьжгий а цхьаъ бац! Муьжгий цхьа а дин доцуш, Делах ца тешаш адамаш ду, хIара ДошагIар, ХьомсуркъагIар санна, къуй, талорхойI Уьш доттагIий а, накъостий а лаца мегар дац.

Нахана юккъехь белар иккхира.

- Делахьа, Хьуьса, со Iеламстаг а вац, суна Iаьрбийн мотт а ца хаьа, — элира Овхьада. - Со Вакохь волуш цхьана воккхачу Iеламстеган кертахь петарехь Iийна со. ТIаьхьа, Сибрехь волуш а, гIезалойн къомах волчу цхьана Iеламстагаца а масех шо хан цхьаьна яьккхира ас. Цара дуьйцуш а, сан хеттаршна жоьпаш луш а бусалба динах дуккха а хиъна суна. Пайхамара Маккарчу керстанашна дуьхьал ша тIом бечу хенахь, цаьрца мостагIалла долчу, цхьана а динехь боцчу Iаьрбийн тайпанашца барт а бой, цаьрца цхьаьна Маккарчу керстанашца тIом беш хилла. Пайхамара бусалбанашна, бусалба динна аьттонна цхьана ханна динарг, вешан маршонан дуьхьа вай дан хIунда ца мега? И цхьаъ ду. ШолгIа, сан вашас Iабдис, керстачу оьрсийн махка а воьдуш, керстачу оьрсийн совдегаршца гергарло а лелош, цаьргара товар а оьцуш, кхуза схьа а дохьий, шуна духку. Юьртден СаьIадан вежарий бу оьрсийн пурстоп а, округан начальник а. Оьрсашна полицехь хьалха гIуллакх дина Инарлас а, ЧIонакъас а. ХIинца изза деш бу оцу шиннан кIентий а. Шу хьолахошна а, динадайшна а хIунда мега керста оьрсий доттагIий а, накъостий а леца а, цаьрца гергарло лело а, царна гIуллакх дан а, ткъа къен-мискачу нохчашна хIунда ца мега?

— Э, Овхьад, шена уьстагIа белча, моллас жен-жIаьла кешнашка дIадолла магийна бохуш ца хезна хьуна?

— Делахьа, Хьуьса, и керста оьрсий вайн мостагIий бу бохуш, ахь питане хьехамаш бича, хьан Iедало могуьйтур дуй те хьуна?

Цхьана юкъана воьхна хьаьвзира Хьуьса.

— Ас буьйцурш, тIамца кхуза а баьхкина, нохчий бойуш, ярташ ягош лелла муьжгий бу...

— Паччахьо а, хьоладайша а герз кара а лой, нуьцкъах нохчашна тIелоьхкура-кх уьш а. И салтий а, вай а тIамехь хIаллакьхуьлура, ткъа цара а, вай а Iенийна цIий, деши а хуьлий, паччахьийн, хьоладайн кисанашка Iенара.

- Овхьад, хьо тиларчу вахана стаг ву, - Хьуьсигахьа гIо даккха гIоьртира Панта-Хьаьжа. - И тайпа хабарш дуьйцург хьо схьавеъначу вуха дIахьажаво кхузарчу Iедало. И хаалахь, хьайна юха а Сибрех ваха ца лаахь. Ткъе ворхI шо Сибрехь даьккхича мукъана а кхета мегар дара!

- Сан гIайгIа ма белахь, Панта-Хьаьжа. Оцу ткъе ворхI шаро мелла а кхетаме валийна со. Дуккха а мехкаш, халкъаш, адамаш девзина. Суна цхьаъ хаьа. Дала ша хIохху дуьненчу даьхна адамаш а, къаьмнаш а цхьатерра, цхьанийсса бакъонаш елла кхоьллина. Вовшех леташ, вовшийн дойуш, цхьа кIеззигчара дукхахдерш дацаде, лоллехь, Iазапехь латтаде, вовшийн мостагIий а хилий даха аьлла ца кхоьллина, вовшашлахь бертахь, машаре даха, харцонаш, ямартлонаш ма лелае аьлла кхоьллина. Оьрсий керстанаш бу, ткъа нохчий бусалбанаш бу. Амма керстачу оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а цхьатерра Iазапехь латтабо шайн керста оьрсий а, бусалба нохчий а. Изза хьал ду керстачу гуьржийн а, эрмалойн а, бусалбачу туркойн а, гIажарийн а мехкашкахь а. Дуьненан массо а мехкашкахь а. Массанхьа а къечу, мискачу, гIийлачу адамийн а, халкъийн а юкъара цхьа мостагIа ву -паччахьаш а, хьоладай а, церан гIоьнчий а. Ткъа массо а динан динадаЙIда, Дала а, пайхамарша а, Товрато а, Забуро а, Инжило а, КъурIано а гайтинчу некъашна тIера юьстах а буьйлуш, паччахьийн, хьолахойн аьттонна дIахьийзадо. Кхузахь изза до аша а.

ОьгIазвахана Хьуьса-Молла, кхузара дIавала дагахь хьалагIатта вуьйлира, амма Панта-Хьаьжас, чоин тIам озийна, охьахаийра.

2

Вовшашна весаш ян гергабахана и къийсамаш севцира, урамо голатухучохь дегIана лекха, зоьртала воккхастаг гучуваьлча. Ханна воккха велахь а, хIетта сиръяла йоьлла, йоцца лергина маж а, хаза тодина даккхий мекхаш а, цIен бос бетталуш беснеш а яра цуьнан. Атлазан гIовтална тIехула тIедуьйхина дато бустамаш долу Iаьржачу исхаран чоа а, гIодаюкъ къевлина дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а дара. Кхузткъе итт-пхийтта шо хан хир яра цуьнан, амма тIехьаьжча оцу шен хенал къона хетара иза. Лекха хьаж дIакъовлуш, дуькъачу цIоцкъамашна тIегIортийна тиллинчу месалчу куйнна бухара схьахьоьжучу хьекъалечу бIаьргаша а, дукъ тIе а даьлла, хьаьвзинчу боккхочу меро а бертаза лерам кхуллура цуьнга хьаьжначун дагахь.

Воккхачу стагана тIаьххье гучуелира, тIехь ахьарх а, демах а дуьзна масех гали а долуш, тIаьхьатесна берстина боккха сту а болуш, стерчийн салаз. Воккхастаг, соцунгIа а хилла, салаз шена тIаьхьа а кхиийтина, стерчийн юьхь лаьцна вогIучу жимачу стаге вистхилира:

- Салаз, чоьхьа а яккхий, дIахIоттае. Iусмана а, ахьа а оцу старана сихха шаьлта хьакхий, иза тилабе.

Оцу стагана тIе тидам бахара Iелин а, амма бIаьрса гIийла долчу цунна иза генара ца вевзира. Цуьнца салаз ялош веъна жимастаг сийсара вевзинера Iелина. Иза Айзин кIант Дауд вара. ХIета и воккхастаг Акхболатан Ахьмад бен хуьлийла дацара. Iелина хааделира кхузахь долчу дерриг а адамийн тидам цунна а, шена а тIебахана хилар. Ша хиъна Iачуьра хьала а гIаьттина, цунна дуьхьал вахара Iела.

- Ассаламу Iалайкум! Хьо марша вогIийла, Iела! — Iелин куьг а лаьцна, мараиккхира иза. - Эзар балех волийла, кхин керстанан буйна воьдучух Дала ларвойла хьо!

ХIинца, уллора хьаьжча, шеко йоцуш Ахьмад вевзира Iелина. Дуккха а хан яьллехь а, хьалхалера васташ ларделлера цуьнца.

- Дела реза хуьлда хьуна а, Ахьмад! — шаьшшиъ маракхеттачуьра дIасакъаьстича, куьг дIа а ца хоьцуш вигна, иза шена улло охьахаийра Iелас. - ТIаккха, Ахьмад, гезалойн арахь айхьа со, Iожаллин багара а ваьккхина, хошкалдахойн хьаннашка вигна де дицделлий хьуна?

Ахьмад воьхна хьаьвзира.

- Ца дицделла. Дицлойла а дац оцу шерийн денош.

- Оцу дийнахь со кIелхьаравоккхуш чов хилла пхьарс сакхат бисира хьан...

- Ас динарг вай массара а динарг дара, Iела. Накъосташа со Iожаллех кIелхьаравоккхуш а, ас накъостий кIелхьарабохуш а меттигаш хуьлура. Т Iамехь иштта ма хуьлу. Эзарнаш байина, эзарнаш заь Iап бисина. Суна хилларг-м х Iумма а доцург дара. Цул дийцахьа айхьа лелийнарг, хьо ц Iа муха веъна?

- ХIун дуьйцур ду? Сибре гена, шийла мохк бу. Ткъа и каторга дуьненан жоьжахате ю. Цигахь хьоьгуьйтучу Iазапо стаг хеназа къанво, Iожалла йо. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а ялале Iожалло дIабехьира сан накъостий. ТIаьххьара а соьца висина бено Илес а кхелхира шийтталгIачу шарахь. Йисина ткъе ялх шо хан вайнехан стаг бIаьрга ца гуш яьккхира ас. Бакъдерг аьлча, ас догдиллинера со кху махка воьрзур ву, вайна вовшийн гур ду
бохучух.

- Хьайна тоьхна итт шо хан текхна ваьлча, цIа ца хийцира хьо?

- ХIан-хIа. Цигахь ваха маьрша витира, амма цIа верза бакъо ца лора. ХТунда сецавора, суна сайна а ца хаьара. Схьахетарехь, Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хиллачу нохчийн гIаттамо яхйирий те моьтту суна цигахь сан хан. Мосазза а вада гIоьртира со, амма хIоразза а, схьа а лоций, хан тIетухура. ТIаккха, къанвелча, маршонах дог а диллина, цигахь вала сецира. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь цхьа шатайпа тутмакхаш кхийла болийра со волчу. Царах революционераш олура. Вуьшта аьлча, паччахьан Iедална дуьхьал нах бара уьш. Со цига муха кхаьчна а, муха Iаш ву а хиъначу цара, сан гIайгIабеш паччахьна тIекхаччалц аьрзнаш а яздина, маршаваккхийтира со. Цаьрца вара Николаз цIе йолуш гуьржийн цхьа жимастаг, цуьнан хан чекхъялар а, со маршаваккхар а цхьаьна нисделира. Шеца цIа валийна, со Соьлжа-ГIалахь охьа а воссийна, Гуьржех вахара иза. ХIинца со шуьца цIахь ву. Иза ду-кх, доцца дийцича, ас лайнарг.

- И гуьржи хьайца схьавало везаш хиллера ахь, Iела. Вай хьошалла дийр ма дара цунна, - элира Янаркъас.

- Iойла дацара цуьнан. Хетарехь, даккхий гIуллакхаш вовшахдетташ бу уьш цигахь. Амма цо дош-м делла шен аьтто баьллачу хенахь хьошалгIа ван.

- Ткъа и ахь буьйцу тамашийна цIе йолу тутмакхаш хIун нах бу, Iела? - хаьттира Янаркъас.

- Уьш хьекъале, майра, догдика, доьналле адамаш ду, Янаркъа. Паччахьна а, хьоладайкша а дуьхьал бу уьш. ХIинцца хIокху Овхьада дийцинарг дуьйцура цара а. Паччахьан, хьоладайн Iедал мел ду халкъашна маршо хир яц, Россехь дехаш долчу дерриге а къаьмнийн къехой, маршо езарш цхьабарт болуш, цхьа вежарий а хилла, хIокху Iедална дуьхьал гIовтта беза, тIаккха бен халкъашна маршо яккхалур яц бохура цара. Паччахьера, хьолахошкара Iедал схьа а даьккхина, иза халкъан карадала, адамашна, къаьмнашна юккъехь цхьа а дов, тIом ца хуьлийла, уьш цхьа доьзал санна машаре, бертахь, маьрша дехийла лаьа царна. Цундела Iедало, схьа а лоьцуш, набахтешка кхуьйсу, Сибрех лоьхку уьш.

Юха а хьалхалерниг долалуш доллийла хиъна Хьуьса-Молла а, Панта-Хьаьжа а, хьала а гIаьттина, дIавахара. Дисина адамаш, вовшийн дIаса а тоьттуш, Iелина тIегулделира.

- Уьш тамашийна нах хилла!

- Ткъа кестта хир дуй те цара дуьйцург?

- Кестта хир ду бохура. Цара иза муха дийр ду-м ца хаьа суна. Вайн хьекъалийн ницкъ кхочур бац оцу гIуллакхийн кIорге ган. ЦIа вогIуш бехачу новкъахь цIерпошта тIехь соьца нисбеллачу оьрсаша дуьйцуш хезна суна, шегарчу Iазапна а, Японица тIом болорна а реза доцу оьрсийн халкъ Россин яккхийчу шахьаршкахь паччахьна дуьхьал гIуьттуш ду бохуш. Ткъа ас бийцинчу тутмакхаша олура, Россера дерриг а халкъаш цхьаьна а кхетта, цхьабарт болуш ца гIевттича, цхьана къоме шегга лаччахьера, хьоладайшкара маршо яккхалур яц. Оцу гIаттаман коьртехь Россехь уггар доккха долу оьрсийн халкъ хила деза. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша Россерчу кегийчу къаьмнашкара дIаяьккхина маршо царна юхаерзо декхар ду оьрсийн къоман. И декхар кхочушдан оьрсийн къомана гIо дан деза дисинчу къаьмнаша массара а. Оцу тIехь и тутмакхаш бакълуьйш санна хета суна.

Iелас дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iачу Ахьмада, иза сацо гIерташ, мосазза а муьшка йира цунна. Шен къамел цо ца сацадойла хиъча, хьалагIаьттира Ахьмад:

- ХIан, цкъа дIасадовлал, делкъан ламаз дийр ду вай. Схьаоьхучуьра адамаш лагIделлачуьра, Iелас жимма садоIур.

3

Лулахойн цIа чу а вахана, ламаз дина, вирд даьккхина, шаьшшиъ паргIатваьлча, оцу къамелана тIе вухавирзира Ахьмад.

- Вайша ваьшша волччуьра, хьоьга цхьаъ ала лаьара суна, Iела. Оцу нахана юкъахь ахь дукха майра хабар дийцира. Хьо сацо гIерташ, хьуна муьшкаш а йира ас, хьо ца кхийтира. ХIара Iедал тIедеъча, хьалхалерчу къонахийн зама дIаяьлла. Iедало шайна сом делча, шайн да-нана а духкур долуш дукха нах бу. Нахана юккъехь айхьа къамел деш ларлуш хила веза.

- Иштта нах хир буйла хаьа суна. Цхьамма хаттар дича, жоп ца луш Iойла а, жоп луш бакъдерг я сайна хетарг ца олуш Iойла а ма дац, Шалхонаш лело ца Iемаш, къанвелла со.

— Бакъдерг ца деза цхьанна а. Суна хетарехь, Дала адамаш дуьненчу кхоьлличхьана дуьйна схьа цкъа а бакъдерг тоьлла а дац, нийсо хилла а яц. Бакъдерг оьшу, харцдерг тоьла. Бакъдерг дуьйцучунна иза шена бале, бохаме, зуламе долу. Хьоьга шалхонаш лелае ца боху ас. И бакъдерг айхьа аьлча, иза хьайна бале, бохаме, зуламе дер долуш хилча, вист ца хуьлуш, IаддаIе боху. ЦхьакIеззиг бехк баьлларг я бехк-гуьнахь а доцург нехан маттаца хIаллакво хIокху заманахь. Хьо къанвелла, Iела. Юха Сибрех воьду хан яц хьан. Вахча, вуха а вогIур вац.

- Делахьа, Ахьмад, ма дика хаьа-кх суна иза. Сибрехь айса лайна ткъе берхIитта шо-м хьехор а дацара, оцу хьалхарчу цхьана шарахь а со дийна висарх цецвуьйлу. Къона хиларна лайна хир ю-кх ас и халонаш. Ткъа нахана юкъаваьлча, сайга хаттар дича я цхьамма гуш лаьтташехь харц, питане хабар дуьйцуш, вист ца хуьлуш, пхьагал санна, дIа а тебна муха Iен веза? Ала деза-чохь бакъдерг дуьххьал дIа ала боху Дала.

- ХIета со пхьагалх тарви-кх ахь! — велавелира Ахьмад. - КIилло а хилла ца ваьлла со маршонехьа къийсамна юьстах. Вайн къийсам а, оцу къийсамехь хIаллакьхилар а эрна хиларх кхетта со. Хьо лаьцначул тIаьхьа, Симсарара Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, гIаттам хилира Нохчийчохь, коьртачу декъана хIокху Нохчмахкахь. Хьекъале, майра кIант вара иза. ГIаттаман коьртехь хилла кхойтта стаг Соьлжа-ГIалахь ирхъоьллира, гIаттам хьошуш дуккха а байира, эзарнаш Сибрех бахийтира. Доцца аьлча, нохчийн къомана пайда ца бира оцу гIаттамо. Бохам бира.

- Дукхахболу бохамаш а, иэшамаш а вайн вешан бехкенна а хилла, Ахьмад. Шемалан заманахь дуьйна схьа вайн баьччанаша кхеташ я кхетамза дийлийтинчу гIалаташа а бина вайн гIуллакхана дуккха а иэшамаш. Хьо керта вале оцу Овхьада Iаламат хьекъале къамел дира, амма цо дийцинчух нах ца кхийтира моьтту суна. Нохчийн баьччанаша хьалха а, тIаьхьа а дийлийтинчу коьртачу гIалатех цхьаъ, суна хетарехь, бусалба динехь доцу лулара а, генара а къаьмнаш вайн мостагIий ларар, царна дуьхьал гIазотан тIом кхайкхор дара. Вайца тIом бечу оьрсийн эскарехь керста гуьржийн, эрмалойн, хIирийн, кхечу къаьмнех а инарлаш, эпсарш хилча, цаьрга цабезам а, мостагIалла а гуьржашна, эрмалошна, хIирашна тIедаржадора вай. Ткъа и къаьмнаш шаьш а, оьрсийн къам а ма дара паччахьан Iедалан лоллехь, Iазапехь. Царна а ма ца дезара и Iедал. ТIаьхьа хиира суна, вай паччахьан эскаршна дуьхьал тIом бечу хенахь и гуьржий а, хIирий а, оьрсий а хилла герзаца Iедална дуьхьало еш. Ткъа вайна, цаьрца цхьабарт а бина, церан а, вешан а юкъарчу мостагIчунна — паччахьна а, хьоладайшна а дуъхьал гIовтта ца лаьара я иза дан хьокъал а, кхетам а ца тоьара. Иза дан, керста къаьмнийн къехошца цхьаьнакхета ца лаахь а, уьш вешан мостагIий кхайкхо ма ца безара вай, дIакъехко, дIакъесто ма ца безара. Цундела хуьлура вайн цхьаболу иэшамаш.

- Бакъ ду иза, Iела. Иза керста хилчахьана, муьлххачу а къомах стаг вешан мостагIа хетара вайна. ХIинца а хета.

- ХIинца мукъана а, хьалха ваьш бинчу некъе юха а хьаьвсина, ваьш галдевлла бердах, цIерга мичахь, муха, хIунда лилхина а хьаьвсина, тIейогIучу хенахь оцу гIалатех лардала деза вай. Оьрсийн мехкан а, оьрсийн паччахьан ницкъан а боккхалла, оьрсийн къоман дукхалла со Сибрех вахча хиъна суна. Нохчийн мохк церан уггар жимачу губернел а бац. Россехь масех бIе шахьар ю, ярташ хьехор а яц ас, церан цхьана шахьарахь болу оьрсий а бу берриг нохчел алсам. Гека гIиртина хIун до, хIокху вайн махкахь а бу уьш-м нохчел алсам. Нохчийн къам жима ду, цуьнан мохк а, ницкъ а кIезиг бу, тIамца иза ша цхьаъ ларор дац Россица, паччахьан Iедалца. Цундела, Ахьмад, ас ца боху нахе герз карахь паччахьан Iедална дуьхьал гIовтта. Иза олучарна а дуьхьал хир ву со. Оцу Овхьада ма-аллара, вай санна, паччахьан Iедалан лоллехь дохкучу Россерчу, вайл даккхийчу бусалба а, керста а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, царалахь хьалхенаш а ца йохуш, тIехьа а ца соьцуш, юккъера меттиг дIа а лаьцна, цара дийрриг дан деза вай а. ХIинццалц санна, вешан ницкъ а, мостагIчун ницкъ а ца хууш, герз карахь дуьхьалонаш яхь, вайн къам эрна хIаллакьхир ду. Дала тоьхна цхьа де хир ду вайн аьттонна.

- Оцу айхьа дийцинчух нохчий кхето. церан ойла цу агIор дIахьовзо ницкъ кхочур буй те хьан, Iела?

- Дера бац. Вайн къам Iилманна, кхетамна тIаьхьадисина. ХIора стеган, хIора къоман кхетам Iилманца бу. Дала а боху бусалбанашка Iилма Iамаде. Пайхамара а аьлла, шаьш аганара гIевттичахьана дуьйна, кошан лахьте дерззалц Iилма Iамаде. Нохчашна ца лаьа Iилма Iамо. Нохчийн дерриг хьекъал бIаьргаш чохь ду. Нахана Iилма Iамо а, нах кхето а вайшингахь Iилма а, хьекъал а дац, и ший а вайшингахь хилча а, и болх бан хан а яц вайшиннан. Амма нах кхето гIертар, нах зенех-зуламех, бохамех ларбан гIертар, нах эрна хIаллак ца хилийта гIертар декхар ду вайшиннан, цхьана дийнахь бен дуьненахь ца вахахь а. Ткъа сан бала а кхаьчна, гIалатех со ларван гIортарна баркалла хьуна. Со ларлуш хир ву.

- Къаьсттина Хьуьса-Моллех а, Iабдих а ларло. Цаьршиннан бIаьргаш а, лергаш а, меттанаш а ду нахана юкъахь къайлах лелаш.

- Iабди хьенан, мила ву?

- Совдегар ХортIа дагавогIий хьуна? Цуьнан кIант ву-кх.

- Овхьад а вац ткъа ХортIин кIант?

- Ву. Амма иза шен доьзале ца хьаьжна. ХортIа а, Iабди а вицвийр волуш, кхин цхьа кIант а вара ХортIин. ТIаьххьара а тIом болуш, юрт тало а, яго а чубаьхкинчу салташна хьалхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийра иза.

- МIаьчигах а, Васалах а хIун хилла?

- МIаьчиган цIа чу а къовлавелла, тIом бира цаьршимма оцу дийнахь. Дуккха а салтий байира цаьршимма, и шиъ а вийра.

- Дала декъалвойла и шиъ. ГIийла, къен-миска ши стаг вара и шиъ, амма майра а вара доза доцуш.

Хьенший баьхкина аьлла веъначу Дауда дIавигира и шиъ.

4

Iела ган догIу юьртара а, арахьара а адамаш севцира. Шайн цIа дирзира Ахьмад а, Айза а. Шен къаьхьачу ойланашца есачу хIусамехь цхьа висира Iела.

Амма цул а холчохь дара Ахьмад а, Айза а.

Пхьуьйра ламаз а дина, суьлхьанаш дохуш, поппаран маьнги тIехь голашна тIе юьхьар а вахана хиънаIара Ахьмад. Цуьнан ойланаш дукха гена яра ша Далла ечу Iамална. Цуьнан хIусамнана нехан стеган цIартIехь зуда ма ю. Iела дийна хиларх массара а догдиллинчул тIаьхьа ткъа шо даьлча ялийна. Ахьмада ша дагаваьлла а ца ялийна. ХIара, хIусамнана а елла, доьзалхо а воцуш, цхьа висча, цхьана наха вовшашца дага а бевлла ялийна. ХIокху шиннан а бертаза. Ахьмадан декхар дацара Iелех йисина. зуда яло. ДIора гергара дацахь а, доттагIалла ма дара цаьршинна юккъехь. Цул сов, вовшийн чIогIа сий деш ши къонаха а ма вара и шиъ. Амма нахана карийра Ахьмад а, Айза а бертадало бахьанаш а, некъаш а. Юьрта баьхкинчу салташа воккхахволу кIант а вийна, цIенош а дагийна, кертахь мел долчу хIуманах а яьккхина, пхийтта шо долчу Iусманца йисинера Айза. ЦIа-цIе а доцуш, керт-ков а йоцуш. Къаналло а, цамгаро а кIелвитина да воцург, дола дан кхин верас а воцуш. Ахьмад а ца хьистинера дахаро. Доьзалхо а воцуш, къанвеллачу хенахь хIусамнана а елла, цхьа висинера иза а. Къанвелла, цамгаро лаьцна кIелвисарна а кхоьрура. ТIаккха шен дола дан верас цахиларна а кхоьрура. Айза шега еъча, Iусманах шен верас хиларе дог а дехира. ЦIа-цIе а, керт-ков а доцуш дисначу ненан а, к Iентан а ша дола дича, цаьршимма шен дола даре а, ша цу шиннан дог эцча, Дала иза цхьана йоле дилларе дог а дехира. Азаллехь синош кхуллуш Дала йина кхиэл лелла, рицкъанаш а хилла, цхьаьнакхийтира и шиъ. Юьхьанца шийла лаьттира цаьршиннан юкъаметгигаш. Айзас къайлах дог ца дуьллура Iелех. Амма кIант хиллачул тIаьхьа, Iелех дог а диллина, Ахьмадана дика а, муьтIахь а хIусамнана хилира Айзех.

Массара а велларг лерина, вицвина Iела, ткъе берхIитта шо даьллачул тIаьхьа, хIинца цIа веъна. Эхартара веъча санна. Цуьнан зуда Ахьмадехь марехь ю. Нахана дуьйцу хезна хIума а ма дац хIара. Нехан цIартIехь маре яхана зуда а, иза йигнарг а - ший а дуьйш Iадат ду нохчийн. Ткъа хIокху шиниа юкъахь лелларг шатайпа гIуллакх ду. ХIуьттаренна-гамонна дина а дац. Доьналла доцчу, оьзда боцчу наха мостагIалла а хьедийр долуш, оьзДачу къонахаша машаре а дерзор долуш, дерзо бусалба динехь некъага а долуш хилла гIуллакх ду. Сибрех ваххалц Iелел оьзда а, майра а, къинхетаме а, доьналле а стаг вацара хIокху Яьссин тогIица. Махках а ваьлла, халкъах а хаьдда ткъе берхIитта шаро амалш, гIиллакх хийциний те цуьнан? Дардиний те цуьнан дог? Дицдиний те цо шен къоман оьзда гIиллакхаш а? Дегнаш боьхачу адамийн мотт-эладитанаша дIовш дуттурий те цуьнан даг чу?

Ши-кхо де хьалха уллохула тIехволуш Iабдин туькана чувирзира Ахьмад. Чохь Iабди а, Хьуьса-Молла а бен, кхин адамаш а дацара. ХIара неIарх чоьхьаваьлча, шиннан а велавалар иккхира.

- Ахьмад, шариIато цхьана стеган йиъ зуда хила магадо. Амма цхьана зудчун ши майра хила магийна бохуш ца хезна цхьанна а. Айза хьоьгахь марехь ю, ткъа наггахь Iелин кIант волчу а йоьду. Шуьшиннах муьлхачун сте ю иза? - хаьттира Хьуьсас, вела а къежаш.

«Кхи-кхи-кхих», - аьлла велавалар иккхира Iабдин а. Вист ца хуьлуш вахана неI тIе а чIаьгIна, чухула гIуй а боьллина, Хьуьсина тIе а веъна, шен нуьцкъалчу куьйга цуьнан атлазан гIовталан кач а лаьцна, ветанаш лоьлхуьйтуш, озийна, иза шен мера кIел валийра Ахьмада:

- Кхахьпано дина кхахьпа! Хьакхин хотIах даьлла хьакха! Ирс хили хьан, юкъах йихкина шаьлта а йоцуш, со кхуза нисвелла. Амма хаалахь, нагахь санна ахь диканна а, вонна а Iелин а, Айзин а, сан а цIе яьккхина бохуш суна хазахь, хьайн хьакхин корта дегIах къаьстарг хилар! Стен а, боьрша а доцу гIизби!

Кхеравелла, ши бIаьрг схьаэккха санна, хье тIе баьлла Хьуьса, хьала а айбина, гIопастанал дехьахь вегош лаьттачу Iабдина тIе а кхоьссина, аравелира Ахьмад.

Ахьмадана хаьара и тайпана мотт-эладитанаш юьртахь даржош лелаш цхьа нах буйла. ХIокху гIуллакхан цхьа йист яккха сацам бина иза, къайллах арентIарчу цхьана воккхачу Iеламстагана тIе а вахана, цунах дагаваьллера. Цо дийцарехь, майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а, итт де а даьлча маре яха бакъо ю зудчун. Ткъа гена махка мехе, тIаме вахана, йийсаре вигна я кхечу бахьанашца доьза вайначу майрачух догдиллина зуда кхечу стаге маре яхча, ткъа и хьалхара майра, хIара Iела санна, цIа верзахь, и зуда йигначо шариIатехь йита а йитина, хьалхалерчу майрачунна юхаерзо еза. Ткъа оцу хьалха хиллачу майрачо, нагахь санна и зуда шена езахь, иза цуьнга юхаян реза а елахь, дуьххьара ялош санна, шариIатехь цуьнца мах а бина, шен дола яккха еза. Иза юхаяло шена ца лаахь, я юхаян и зуда реза яцахь, шена луъучу маре яха маьрша йита еза. Нагахь санна зудчунна хене яла рицкъа а, духар а, кхин оьшург а ца дуьтуш, майра генна мехе, тIаме, йийсаре лаьцна я Сибрех вахана биъ бутт а итт де а даьлча, иза дийна велахь а, маре яха бакъо ю зудчун.

ШариIатехь-м иштта дара, амма нохчийн къоман гIиллакхашца ца товш, лело оьзда доцуш а гIуллакх ду-кх иза. Делахь а цхьана агIор ца листича ца долу. Амма муха?

5

Товханна хьалха кхакханах бинчу кIедачу миндарна тIе охьа а хиъна, иштта суьлхьанаш а дохуш, оццу ойланаша дIалаьцна Iара Айза а. МаьркIажал тIаьхьа товхана йиллина ножан стомма гуьйриг алу хилла яьгна чекхъяьллера. Терхи тIе хIоттийна чуьра мехкадаьтта лахделла чиркх а серлонна гIелбала боьллера.

Iела а, Ахьмад а боккхачу балехь вуйла хаьара Айзина. Амма цаьршингахь берг бала бацара, Айзин кийрахь кхехкачуьнца буьстича. Iелина тIедеъначу иэхьана бехке Айза йоцург цхьа а вац. Ахьмад ванне а вац. Шега еъча, зуда йигина цо. ХIокху бохамна бехке иза ша цхьаъ ю. Сибрехь доьза вайна майра а волуш, маре яхана. Ткъа шо даьлча хIун дара? Iийр яра-кх кхин а ткъа шарахь а, яллалц а. ЦIа-цIе а, керт-ков а цахиларх хIун дара? Цхьа бун а йина, сагIа а доьхуш, кIант а кхобуш Iийр яра-кх. ТIаккха, воккха хилча, кIанта иза а кхобур яра. Ша яллалц. И сацам бинера Айзас. Iелех дог ца дуьллуш. Амма цамгаро кIелвитинчу къеначу дас бохийра цуьнан сацам. Ша дуьненара дIакхалха герга ву бохура цо. Хьан а, кIентан а йиша-ваша дац, гергара нах бац. Шел тIаьхьа хьо кIантаца цхьа юьсу. Ща-цIе, керт-ков доцуш. Дола дан верас а воцуш. КIантана зуда яло еза. Зуда ялийча, шуна цIенош, бежана, сту-ворда дезар ду. Ахьмад хьекъале, оьзда, къинхетаме, доьналла долуш, наха лоруш, сий деш стаг ву. ГIеххьачул таро йолуш а ву. Цо дола дийр ду шуьшиннан. КIантана цIенош дийр ду, кертахь оьшург а тардийр ду. Цул совнаха, нагахь санна Дала азаллехь яздинехь, хьо Ахьмаде яхча, Iусманна йижарий, вежарий хир бу. Вайн устаз соьга вистхилийта ойла йолуш бу Ахьмадан гергара нах. Устазан дехар духатоха бакъо яц вайшиннан. Iелех дог ца дуьллу боху ахь? Мел хьуна ца лаахь а, Iелех догдилла деза ахь. Ткъа шо даьлла цуьнан цхьа а хабар доцу. Дийна велахьара, цхьа кост ца кхе-тош Iийр вацара иза. Тоьар ду ахь ткъа шарахь ладегIча. Хьо хIинца а къона ю. Шен де тIекхаьчча массо а ву вала везаш. Амма дийна верг ваха веза. ХIара сан тIаьххьара дехар ду хьоьга...

Дела ву-кх и дерриг а хууш. Iела вицвелла а, маре дагадеъна а ца яхара иза. Ша къона елахь а, цунна майра, маре ма ца оьшура. Къона йолуш а цуьнан аьтто ца хиллера безамах марзо эца. Сихха цIа воьрзур ву аьлла, Хонкара вахча, кхо шо даьлча цIа веара. ТIаккха дукха хан ялале лаьцна, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира. ТIаккха бархI шо даьлча салташа Iумар вийра. Иза вийна а ца Iийра. ЦIенош а, керт-ков а дагийра, церан миска йийбар а ягийра, халла кхиийна ши сту а, етт а дIадигира. ХIара жимачу Iусманаца ерзинчу стигла кIел йисира. Маре а, майра а дагадогIучохь яра ткъа иза? Цунна минотана а ца вицлора Iела. Шен дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Iусманан а, шен къеначу ден а дуьхьа резахилира-кх. Ахьмаде безам бохург хьехочохь а дацара. Шена а, Iусманна а иза мел дика велахь а, цуьнга даг чохь йовхо ца гIоттура. Iусманна цIенош а дира Ахьмада. Ши сту а, бежана а ийцира. ХIетте а Iела дагара ца волура, Ахьмадах безам ца летара. Юьхьанца кIант, тIаккха йоI хилча, шен кхолламна къера а хилла, кIелсецира. Даг чохь керла безам ца кхоллабеллехь а, Ахьмадана муьтIахь, тешаме, дика х Iусамнана хилира цунах. Амма Далла дика хаьа-кх Айзина майра а, маре а оьшуш хилла цахилар. ХIара хир дуйла хиънехьара...

- Айза, - лохха кхайкхира Ахьмад.

- ХIун боху ахь? - гIийлла йистхилира Айза.

- Iела цIа веъчахьана ойланаша хьере дина вайша. Иштта Iийна девр дуй те вай?

- ХIун дийр ду ткъа?

- Вайшиннан кхоллам муха хилла хаьа-кх хьуна. Бакъдерг аьлча, хIусамнана а елла, доьзалхо а воцуш, цхьа висинчу суна хIусамнана оьшура хIетахь. Амма хьо майра оьшуш а, маре дагадогIуш а яцара. Азаллехь синош кхуллуш Дала йина кхиэл кхочушхуьлуш, вайшиннан рицкъанаш цхьаьна нисделла. Ахь дина йоI а, кIант а ду сан. ХIинца Iела цIа веъна. Iеле а, вайшинга а дуьхьал схьа ца алахь а, тIаьхьашха лелаш нехан питане мотт-эладитанаш ду. ХIун дича бакъахьа хета хьуна?

- Хаац суна. Хьоьга яле я Iела цIа вале со еллехь дика хир дара. Далла ца лиъна-кх иза а.

Цхьана ханна цIа чохь тийналла хIоьттира.

- ХIокху дуьненахь цкъа а ирсан чам ца хууш, къанвелла Iела. Дала кхоьллинчу цхьана а стагана ца лабаллал баланаш, халонаш, бохамаш лайна цо. Сол а декъаза стаг ву иза. Бусалба динехь а, адамаллин гIиллакхехь а, хьайна лаахь, цуьнга дIаяха бакъо ю хьан. Кхин хIусамнана а ялийна, цуьнца ваха хаа къанвелла иза. Ахь мукъана а дог ца эцча, къанвеллачу хенахь иза хьанах, стенах Iехалур ву?

Айза йист ца хуьлура. ХIун аьлла хила еза? Ахьмада дийриг оьзда къамел ду, цо лелориг оьзда гIиллакх ду. Амма Айзин иза дан бакъо яц. Цуьнан кхоъ бер ду. Цигахь - кIант, кхузахь - кIант а, йоI а. Iела а, Ахьмад а - ший а дика хилла Айзина. Амма даима дIа цуьнан дагчохь лаьттинарг Iела ву. Айзин дуьххьарлера безам. Масех шо хьалха дIабаьлла иза, деган кIоргехь сийсаш цхьа гIийла суй буьтуш. ХIокху къизачу кхолламо къинхетамза бийна. Айзин бIаьргех комаьрша дуьра хиш хьаьлхира.

- Ахь жоп хIунда ца ло, Айза?

Айза хецаелла йилхира. Цуьнан дог хьаъалц вист ца хуьлуш, дикка Iийра Ахьмад.

- Алахьа, Айза, хьайна хетарг...

- Берриг а бехк сан бу... Хьоьга еъна. Даго хьоьхура суна, Iела дийна ву, велла вац бохуш... Массара догдиллича а, ас дог ца дуьллура цунах. Маре гIур ю бохург цкъа а дага а ца догIура. Вала гергавахначу къеначу дена луург а дина, байлахь висначу, верас воцуш висначу кIентан ойла а йина, еара хьоьга. Хьайн дикалла, ахь дола а дира тхойшиннан. Иза тхойшинна дицделла я дицлур ду моьтту хьуна? Амма хIетахь мацалла дала диси делара тхойша...

— Уьш дIадевлла, Айза. Ас кхочушдинарг бусалбанан декхар ду. ХIинца вай дохкодийларх а, делхарх а нисдала хIумма а дац. Бехкениг а ца лоьхур вай. Лелларг Делан кхиэл ю. Iелин дагахь хIун ду те?

Айза, букъ нисбеш хьала а таьIна, Ахьмаде хьаьжира.

— Суна муха хаьа цуьнан дагахь дерг? Цуьнга и хоьттуш со лелар йоцийла ца хаьа хьуна?

— ГIаддайна хоьттура ас-м.

Цхьа хан елира и шиъ дист ца хуьлуш.

— Ахьмад, хилларш а, лелларш а хьуна дика хаьа. Iелин кIант Iусман Дауд а, Седа а ас бина йиша-

вежарий бу. Шуьшиннах цхьанна хилла лазам оцу кхааннан дегнех чекхбер бу. Со-м хьехор а яцара вай. Цхьанна-шинна хиъна хIума, кхечу-кхечуьнга дуьйцуш, дуьне ма-дду кхарста долу. ТIедетташ, дестош. IIIуьшиъ наха лоруш, хьекъале, оьзда, цIена бусалба ши къонаха ву. Нах юкъа а ца бохуш, хаза ший а цхьаьний охьа а хаий, хIара гIуллакх машаре дерзо бусалба динехь а, нохчийн гIиллакхехь а цхьа некъ лахийша...

Ахьмад юха а, голаш тIе юьхьар а вахана, суьлхьанаш даха вуьйлира.

6

Ши-кхо де хьалха Iусманца дехха къамел хиллачул тIаьхьа, шайн шина доьзална юккъе хIоьттинчу хьолан кIорггера ойланаш ян вуьйлира Iела. Iусмана цхьана маьIIера дуьйна схьа, ма-дарра дийцира цунна шен нана маре яхар муха нисделира. ХIинца Айзехь а, Ахьмпде ь а болу бала а, шен воьхна хьйзар а. Айза маре яхариа хIетахь резахиларна хIинца ша бехке хетара кIантана.

- Делахьа, Iусман, шу оццул доьхна хьийза, ма доккха хIума дац вайна тIедеънарг, - элира Iелас, кIанте леррина ла а доьгIна. - Цунах шайна бала хIунда бо аш?

- Ахь и шиъ ден деза бохуш хабарш дуьйцу наха... Iела гIадвахана велавелира, тахана дуьххьара.

- ХIунда? Мича бахьанина? Со дийна вуйла а хууш, нах безна, хьуна а, суна а иэхь дина, и хьан нана маре яханехь-м, нохчийн Iадатехь мостагIалла хьедан, цхьа бекхам эца безара ас. Вуьшта аьлча, иза тIедужура суна. ХIусамда веллачул тIаьхьа ларъян еза бусалба дино тоьхна хан чекхъяьлча, маре яха бакъо ю зудчун. Ткъа хьан нана, массара а со велларг а лерина, вицвинчул тIаьхьа а ткъа шарахь Iийна маре ца йоьдуш. Ахь дийцарехь, ша яллалц Iийна а хир яра, къанвеллачу, цамгаро кIелвитинчу шен къеначу ден дехар духатоха бакъо а хиллехь, кIел хIотта тхов а боцуш, ерзинчу стигла кIел висинчу хьан ойла а ца йинехь. Ткъа Ахьмада а йигина иза шега еъча. Бусалба динехь, нохчийн Iадатехь. Цаьршиннан хIун бехк бу? Делак кхиэл ю лелларг. Майра велча, кегий бераш дIа а тийсина, маре бахана зударий дукха гина суна. Хьайниг дуьххьара а, тIаьххьара а ца яхана. Бакъду, «веллачул» тIаьхьа «денвелла», со цIа варо жимма чолхедаьккхина хIара гIуллакх. Делахь а, вай доьхна хьийза оьшуш хIумма а дац. Вайгахь доьналла хилчахьана, дерриг а дика дIанислур ду.

КIантаца хиллачу къамелана тIера яьлла Iелин ойла, хьаьвззина ткъе пхи шо юханехьа, Сибарен каторге яхара. Шеца лаьцна валийна масех нохчо хьалхарчу кхаа шарахь, тIаьххьара висина цхьаъ шийтта шо даьлча а велла, цхьа висча, лагерехь волчу цхьана узбекаца уьйр тесира Iелас. Бусалба хиларал совнаха, кIорггера бусалба динан Iилма хууш стаг хиларо цуьнга безам бахийтира Iелин. ХIора буьйсанна а, мукъачу деношкахь а Iелина бусалба динан Iилма хьоьхура Сулеймана. Масех шо далале гIеххьачул узбекийн, Iаьрбийн меттанаш а Iемира Iелина. ШариIат Iамош, маре дар а, зуда а, майра а дIасакъастар а юкъадаьлча, оцу тIехь дуккха а хеттарш дан вуьйлира Iела. Маренаш тIехь Шемала шариIат талхош меттигаш лелийна бохуш а хезнера цунна. Маре яха хан кхаьчна йоI а, къона жерой а церан шайн бертаза, нуьцкъах маре бохуьйтуш. Зуда а, бераш а долчу нахе а. Зудчунна яха а, стагона йига а ца лаахь а. Боьрша нах тIамехь бойуш, уьш кIезиг бара, ткъа зударий алсам бара, цундела боьршачу стеган цIахь зуда а, бераш а делахь а, шолгIаниг йигар нуьцкъах тIедожадора. Шемала лелочух-м кхетара Iела. ТIамо хIаллакден адам, къаьсттина божабераш дебо Iалашо йолуш дора цо иза. ТIе марехь а боцуш, IаьIна къона зударий хьарам новкъа ца бовлийта, церан сий, оьздангалла ларъян а дора. Шена ца везачу стаге, я зудчунна а, берашна а тIе маре яха ца лаьа зуда а, шена ца еза зуда, я зудчунна а, берашна а тIе зуда йига ца лаьа боьрша стаг а зинданна чу кхуссура, уьш реза хиллалц ара а ца бохуш. Оцу зинданна чохь йоккхучу хIора буъйсанна тIера цаьргара цхьацца эппаз гIуда а доккхура.

- ШариIат талхош хиллехь а, Iаламат хьекъале стаг хилла и шун Шемал, - элира Сулеймана, Iеле ла а доьгIна. - Зуда яло хан кхаьчначу боьршачу стагана, шега йогIуш елахь, зудаялор а, ткъа йоIана маре яхар а тIедожадо шариIато. Зуда ца ялош а, маре ца йоьдуш а Iер доккха къа лору бусалба динехь. Цкъа-делахь, адамийн хIу таса Дала дуьненчу даьккхина ду и шиъ, шолгIа-делахь, шариIатехь гайтинчу некъашца марехь йоцу зуда а, зуда йоцу боьрша стаг а зинан новкъа бовла тарло. Иза ца хилийта, цунах адамаш лардан, бусалба дино тIедожийна зуда яло хан йолчу боьршачу стага зуда ялор а, маре яха хан хилла йоI, къона зударий маре бахар а. Амма ца еза зуда боьршачу стаге нуьцкъах йигийтар а, ца везачу стаге нуьцкъах зуда маре яхийтар а дихкина. И шиъ ший а реза хила деза шайн маренна. Оцу тIехь нгун Шемала шариIат талхийна.

Сулеймана дийцинчун ойла а йина, цхьа масех де даьлча юха а оцу хаттаршна тIевирзира Iела:

- Сан къона зуда йисина цIахь, жимачу шина кIантаца. Тхан къоман Iадатехь, со цIа верзаре ладоьгIуш, маре ца йоьдуш Iен еза иза. Суна тоьхна итт шо хан тоххара чекхъяьлла. Сан зудчунна а, гергарчарна а сох хилларг ца хаьа. Со велла бохуш, догдиллина Iаш хир бу уьш. Со даймахка, доьзална тIе вухавоьрзург хиларх ас а догдуьллу цкъацкъа. ТIе Iожалла а ма ю когашна кIел. Сан зудчо, маре ца йоьдуш, соьга ладегIар, я сох догдиллинехь а, маре ца йоьдуш, ша яллалц Iер а муха хир ду? Маре яха бакъо юй цуьнан?

- Майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а итт де а даьлча, маре яха маьрша хуьлу зуда.

- Со дийна ма ву ткъа?

- Майра цхьанхьа дийна велахь а. Майрачо ша тIаме, генна меха воьдуш, я вайша санна, лаьцна вуъгуш, цIахь юьсучу зудчунна ша цIа верззалц йолчу ханна рицкъа а, тIедуха а, когадуха а, кхин оьшург а дита деза. Нагахь санна зудчунна оьшург а ца дуьтуш иза ваханехь, шариIатах дага а яьлла, цуьнга кхиэл а яйтина, биъ бутт итт де а даьлча, маре яха бакъо ю зудчун.

- Цунна маре яха ца лаахь? Тхойшиннан ши кIант ма ву?

- Маре яхар, цаяхар цуьнан шен лаам бу, ткъа хьан декхар шена луъург дан цунна маршо ялар ду.

- Ас муха ло цунна маршо, и дIакхето кхузара дIавоьдуш стаг а, дIадоьдуш кехат а ца хилча? Ас йитина а йоцуш, иза маре гIахь хIун дан деза?

- Нагахь санна Далла хьалха хьуо цIена хила хьуна лаахь, Дела теш а лаций, цхьацца бутт хан юкъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тасий, йита. ТIаккха Далла хьалха а, хьайн зудчунна хьалха а бехказа хуьлу хьо.

- Ас йитина а йоцуш, и сан зуда маре яханехь, сан цIа верзар а хилахь, тIаккха хIун хир ду?

- Нагахь санна хьан зудчунна хьоьга юхаян а лаахь, хьуна иза юхаяло а лаахь, хьан зуда йигначо иза йита еза, ткъа ахь, айхьа дуьххьара ялош санна, шариIатехь мах а бина, юха а хьайн цIартIе йоккхур ю. Нагахь санна хьуна иза юхаяло а, цунна юхаян а ца лаахь, йигначуьнгахь юьсур ю. Иза а, важа а шу шиннан я шиннах цхьаьннан лааме хьаьжжина хир ду.

И къамел хиллачул тIаьхьа, Сулейман а, кхин цхьа гIезало а тешаш а хIиттийна, цхьацца бутт хан юкъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тосуш, Айза йитина, шен цIартIера маршаяьккхира Iелас. ХIетахь ша иза деш цунна ца моьттура ша дийна цIа воьрзур ву а, цIа вирзича, Айза маре яхана карор ю а...

7

Сагатлуш, кертахь цхьацца гIуллакхаш дан гIерташ а лелла, чувирзина, маьркIажан ламаз а дина, вирд даккха охьахиира Iела. Медана, шен да-нана долчу яхана, цIахь яцара, кIентан ши кIант а кхарста ваханера. ХIусамехь деса, тап-аьлла тийна, сингаттаме дара. Цхьадика, хьера вахана Iусман цIа кхечира.

Буьйса яцъян цхьа а чу ца вогIуш, хIара догдиллина Iаш, уьйтIахь цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цIа чу велира Ахьмад. Вовшашкара хьал-де а хаьттина, юьртара керла хабарш дийцина ваьлча, ша деъна гIуллакх дийца вуъйлира Ахьмад. Цо а, хьалха Iусмана дийцинарг а цхьаъ дара.

- Иштта, Делан кхиэл лелла, цхьаьна рицкъанаш нисделла тхойшиннан, - дерзийра Ахьмгда шен къамел. -Хьайна лаахь, нохчийн Iадатехь соьца мостагIалла лело некъ а бу хьуна, ткъа вайшинна лаахь, бусалба динехь хIара гIуллакх машаре дерзо некъ а бу. Дела сан дог гуш а, сан дагахь дерг хууш а ву, Iела, хилларг а, лелларг а Айзин а, сан а бехкенна дац, лелларг Делан кхиэл ю. ЦIенчу даггара и Айза хьан хIусаме юхайоьрзийла лаьа суна. ХIара гIуллакх хьан кхиэле дуьллу ас.

Ахьмадана жоп ца луш, Iусман чукхайкхира Iелас.

- Хьада, чехкка гIой, Панта-Хьаьжа, Лорса, Доша, Солтха схьавалавел.

Цхьа сахьт далале уьш схьабаьхкира.

- ХIокху Ахьмаданий, суний юкъа хIоьттина хьал, ас ца дийцича а, шуна а, юьртана а хууш ду. Доцца аьлча, сан доьзало а, ерриг юьрто а со дийна хиларх догдиллинчул тIаьхьа ткъа шо даьлча, и сан хилла хIусамнана, Айза, хIокху Ахьмаде маре яхана, ткъа хIокху Ахьмада, шега еъча, иза йигина. Бусалба динехь цхьа хьаьрк а гал хIума доцуш, Делан лаамца хилла кхоллам бу иза. Соьгахь бархI шарахь Iийна Айза, ткъа хIокху Ахьмадан хIуеамнана хилла иза ехаш йолу берхIитта шо ду. Суна вина цхьа кIант ву Айзин, ткъа хIокху Ахьмадана дина кIант а, йоI а ду. Оцу берхIитта шарахь, шен кIентан санна, сан кIентан доладина хIокху Ахьмада. Сан кIант а, Ахьмадан кIант а, йоI а цхъана ненан кийрара схьабевлла йиша-вежарий бу. Сой, Ахьмаддий, Айзий къанделла, мел даьхча а, хIокху дуьненахь дукха дехар дац. Амма тхан бераш а, церан тIаьхьенаш а яха еза. Вовшашца мостагIалла-м хьовха, хьагI-гамонаш лело хан а ца йисина сан а, Ахьмадан а. Я уьш лело бахьанаш а дац, нагахь санна тхойша цIена бусалба а, къонаха а велахь. Далла а, суна а бен ца хууш, кхин цхьа хIума а лелла хIокху гIуллакхана юкъадогIуш. Сибрех ваханчул тIаьхьа пхийтта шо даьлча, со дийна цIа воьрзург хиларх дог а диллина, сайца цигахь нисвеллачу цхьана воккхачу Iеламстагах-узбеках дага а ваьлла, и узбек а, кхин цхьа гIезало а, и ши бусалба стаг тешаш а болуш, оцу Iеламстага сайна хьехначу шариIатан некъашца кхузза цIе а тесна, и Айза сайн цIартIера дIа а яьккхина, йитинера ас. Шена лаахь маре яха а, лаахь ца яха а, сайна декхар йолчуьра маршайоккхуш. Нагахь санна ас дуьйцучух шу ца тешахь, айса иза дина аьлла шуна хьалха Къуръан тIехь дуйнаца чIагIо ян кийча а ву со. ШариIате даьккхича а, адамаллин гIиллакхе, оьздангалле даьккхича а, мискъала-зарратал бехке дац Ахьмад а, Айза а, цаьршимма я суна а, я шайна а дина иэхь а дац. Соьгахьара цхьа а тайпа хьагI-гамо хир яц цаьршинна. Сан кIант воккха хилла, иза шен зуда а, бераш а долуш вехаш ву. Ткъа Ахьмадан кIант а, йоI а жима ду, вуьрхIитта, пхийтта шераш долуш. КIанта зуда яло а, йоI маре яха а еза. Айза шен шина бераца Ахьмадан хIусамехь йиса лаьа суна. Сайн кIант а, Ахьмадан йоI а, кIант а йиша а, вежарий а хуьлийла лаьа суна. Панта-Хьаьжа, ас йина кхиэл бусалба динца, шариIатца нийса юй?

- Суна хуучу бусалба динан Iилманца лерича, цхьа хьаьрк а гал хIума доцуш, нийса кхиэл йина ахь, Iела.

ТIаккха вукху кхаанна тIевирзира Iела:

- ХIокху юьртахь а, арахьа а лоруш ву шу кхоъ. Ас йинчу кхиэлаца суна иэхь долуш хIумма а дуй?

- Дера дац, Iела. Хьо цIена бусалба а, оьзда стаг а, вуьззина къонаха а хиларна тоьшалла ду ахь динарг. Изза олу оха хьоьга а, Ахьмад. Дела реза хуьлда шуна. Дала безам а, марзо а латтайойла шун доьзалшна юккъехь.

- ХIинца тIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас. ХIокху юьртахь зударша а, царал а оьшучу цхьацца божарша а сох а, Ахьмадах а лаьцна питане мотт-эладитанаш леладо бохуш хезна суна. Цундела тховса вайн хилла хIара къамел юьрте дIахаийта. Тховсачул тIаьхьа и тайпа мотт-эладита лелош стаг суна хаалахь, цуьнца цкъа а сан машар хир боцуш, мостагIалла хир дуйла а хаийта. И дехар къаьсттина хьоьга ду, Панта-Хьаьжа. ХIунда аьлча, цкъаделахь, хьо юьртан къеда ву, шолгIа-делахь, и мотт-эладита айина леларш хьоьца уьйраш йолу нах бу а боху. Иза чекхделй, хIинца кхин хабарш а дуьйцуш, шуна кIордадаллалц сакъоьрур ду вай.

Меданас йовхха сискал а, кхехкийна кхоьаш а ехкира царна хьалха.

* * *

ЗОРБАНЕРА МОГIАНАШ

Вайн Iедало хIитто юьртдай хьалха къуй, талорхой хилла, сий дайна нах бу. Iедал шайн каракхаьчча, цара харцонаш, ямартлонаш, хьарамлонаш лелош, ницкъ бо бахархошна. Iедална хьалха бехк-гуьнахь а доцчу нахана таIзарш до, цаьрца шайн хьагI-гамонаш нисъеш. Юьртдай шаыи а хуьлу къуйн а, талорхойн а гIеранийн декъашхой. Цаьрга болчу цабезамна, уьш юьртдай хIиттош долу оьрсийн Iедал а ца деза нахана.

Я. Абрамов

Нохчийн долара латта мел кIезиг ду хаа сурт хIотто хала хир ду шуна. Хьан латта мел ду аьлла, шега хаьттича, вертанна кIел хоъъал ду олу нохчочо. Латта механа деза ду церан. Цхьа етт тIехIоттал долчу лаьттан оцу аьттан мах бу. Оцу хьолан ойла йича, уьш мацалла ца леш, хене муха бовлу те олий, цецволу.

1905 шеран 5 июлехъ депутата
А. П. Масловс Пачхъалкхан
Думехъ динчу къамелана тIера

Ламанан Нохчийчоьнан 90% бахархой данне а латта доцуш бу, 77% аренгара бахархой латта кIезиг долуш бу. Нохчийн дуккха къехоша, беза мах а луш, ханна лело латта оьцу гIалгIазкхийн а, шайн а хьолахошкара. Иштта латта оьцуш, хIора шарахь царна 400 эзар сом ахча ло нохчаша.

Лаъттах пайдаэцаран
хъокъехъ Теркан областан
администрацис кхоъллинчу
комиссин отчета тIера
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Adurahman (11 мая 2007 16:55)
Assalamu 1alaykum salam marshalla du! San sih-siha hula khu saytate hajar, dokha barkalla du shuna bolh barna. Asa bokha payda ocu shun saytah, nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.
2) admin (13 мая 2007 16:54)
Цитата: Adurahman
nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.

Ва Iалайкум салам!
Абдурахман, Дала мукъалахь, цхьан баттан хенах иштта дийра ду вай
3) shilmalh (17 мая 2007 16:41)
БIешерийн дохалла нохчийн
халкъан маршо, сий лардеш, шайн
синош дIаделлачу кIентийн а,
йоьIарийн а хьурматана.


ma haz ela du
4) ALASH (18 мая 2007 00:06)
ASALAMU ALAJKUM.SALAM MORSHALA DU MASARGA A DOKXA BARKALA SHUNA.
5) shilmalh (27 мая 2007 19:19)
вайн бутт чаккх болаш бу книг мац гур ю вайн?
6) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
7) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
8) ... (3 января 2008 14:06)
kritik,
Не говорите о мусульманах того чего не ведаете, ибо окажись ваши слова ложью вы сами станете тем кем обзывали.Хьадис ду и маь1ан долш.Са хьоьц къийсйал гулкх дац, пайд хир боци ха сун хьалхехь.амма кхи хума дацахь хьай син сий да хаъ.стаган т1аьхьшхул к1илло бе ца лоь.




ас йешна хар книга цуьн хьалхар йог1ш шиа.сун хиццалц массо книгал хаз хетш ерг Айдамирови "Лаьмнашкахь ткъес" яр.Хар "Дарц" цулла а хаз хетит те аьл хетш ю.х1ора а дош бохуг сан цхьа леин к1аргдин йаздин долш сан хетлуш ду цуьн.баккъала а дик яздархо ву и. Нохчи маьрш ирсе баьхн хан нех кхетмашк чулацлуш яц,цу кепар г1ело латтийна вайн т1ехь х1инца а латтош ю,дукх хьолехь вай бодне хиларо,берш сан дог ц1ен хиларо талхин ду вайн г1улкх. Цу дарц т1ехь дик гойтш ду и автора.Ойл ен дол адам дуккха а хуман дуьхье кхиор волш язйин ю и книг.Бусулб нахан пайдехь а хет сун из.Дел рез хийл и кху т1е яккхинчун.Цхьанах Россияхь волчун типографны издани оьшуш хилахь кхузахь язйе. вайг далург дир ду вай Далмукълахь
9) Рамзан (8 февраля 2008 22:38)

Абузар Айдамиров интервью ю кхузахь:Массо а нохчо вукх бакъ!


http://fr.youtube.com/watch?v=SimjjAFRC2
M&feature=related
10) kritik (15 марта 2008 14:42)
Хьажахь ..., хо дукхяхарг, аса цхьанадена айса дуьненачохь йоккхучу хенахь сайна к1илло ву ала меттиг битина бац хьуна. То, что я сказал было сказано, чтобы люди знали, кто он такой на самом деле. Это человек, который проклинал муджах1идов ещё в первую войну, поверь я знаю о чём говорю. И не смей называть людей к1иллой, хьо цхьажимма оьзда хума ялахь, иначе рискуешь нарваться на конкретную грубость

Это для тебя, ...
abuzar ajdamirov: Патриотами были наши отцы, которые в Великую Отечественную воевали не за вознаграждение, а за Родину. Сегодня с обеих сторон воюют наемники, потому что и те и другие совершенно не жалеют беззащитное население. Стоит ли ради операций против бандформирований численностью несколько тысяч человек превращать в потенциальных врагов России 200-300 тысяч законопослушных граждан?!
http://www.ng.ru/regions/2000-06-10/4_pr
osveshenie.html
http://www.svoboda.org/programs/sp/2003/
sp.092603.asp
ну и что ты после этого скажешь, весь мир ведает, а ты не ведаешь?

Писатель в своей статье не обошел вниманием и тему выборов, при этом прямо, без обиняков заявив: "Я отдаю предпочтение Кадырову". И приводит при этом свои аргументы: "Мне кажется, что он очень смелый, решительный человек, он единственный из тех, кого я знаю, который сможет навести в Чечне порядок. И он был со своим народом все это время"
http://209.85.135.104/search?q=cache:773
OaVK9BBkJ:www.regnum.ru/news/163089.html
+%D0%90%D0%B1%D1%83%D0%B7%D0%B0%D1%80+%D
0%90%D0%B9%D0%B4%D0%B0%D0%BC%D0%B8%D1%80
%D0%BE%D0%B2&hl=fr&ct=clnk&cd=34&gl=fr

если тебе недостаточно, того что я привёл, то у нас с тобой просто разное понимание об Исламе, чести и достоинстве и нам нечего обсуждать
11) isa (23 марта 2008 13:20)
все правильно критик, но не стоит обижаться на женщин:) тем более, кажется, она не очень в курсе того, чем он дышал, а ориентировалась на то, что он писал

ну а ты, ..., безымянная, если будешь так обшаться с людьме, можешь нарваться на болле грубого и менее воспитанного человека, чем он, делай выводы
12) Рамзан (23 марта 2008 23:18)

Суна цуьн книгаш ч1ог1 дик яз йина ма хета.К1оргер нохчий мот хууш
цунна хилар билгало из.Бакъдерг дицич цуьн оцу интерьвью ла доьг1ч ,ва нах и книгаш язйнарг из хиллийте аьлла а хета.
Х1окху дуьнен чуьр некъаш дукх чолхе хьийзин ду,ца кхетта хир вукх и.
Хьан къам х1аллак дан чу веана волчу мостаг1ц барт хилар,со ца кхет оцу...нахах.
13) kritik (26 марта 2008 01:25)
Иса,да я и не обижаюсь, просто, согласись, что это не очень приятно, когда тебя чуть ли не трусом обзывают, тем более из-за такого чела

Рамзан, дукха бу вай, шай дег1маш а, синош а оцу боьхачу керстанна д1адоьхкина а ца 1аш, вай а х1унда ца духку бохуш цецбуьлуш берш. Цу мог1арашкахь тоъал дика яздархой а бу. Вай дозалла да дезарш кхиберш бу-Яндарбиев Зеламха, Юсупов 1илман, Байхаджиев Зайнди, Бисултанов Апти, Сулейманера Джамбулат иштта кхид1а а.

Если мы будем гордиться предателями, то мы становимся соучастниками их предательства.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека