Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком


Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Мнения
Популярное
Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Дарц
Дарц Абузар Айдамиров

VI. ТIаьххьара чевнаш


Суна гац хьан бIаьргаш лепаш,
Дуьххьара со вохвеш санна,
Массарал а ирс долуш хеташ,
Айвина со лелош санна.
Алахьа, ца йисна хьоьца
Вай тIомахь лелийна йовхо?
Дог сацац, къуоналла лоьхуш,
Даханчух богу суй боьхуш...

М. Мамакаев


1


Ша къона волуш баккхийчу наха дуьйцу хезнера Iелина, оьрсашца тIом хилале хьалха нохчий чIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, оьзда, къинхетаме, собаре, барт болуш а бара бохуш. Цара дийцина нохчийн къоман и оьзда гIиллакхаш цхьадерш тIеман халонаша, бохамаша, эрчонаша хьешний, дохийний, дагийний дIадаьхнера, цхьадолчеран лараш, гIаларташ дисинера.

ТIом - къизалла ю. ТIамо синош ца кхуллу - синош дойу. ТIамо цIенош ца до, ярташ, шахьарш ца хIиттайо -йохайо. Ялташ, даьхний ца кхиадо - хIаллакдо. Машаречу адамаша бIеннаш, эзарнаш шерашкахь хьекъалца, безамца, собарца, хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг дерриг а къинхетамза хIаллакдо. ТIамо, тIера дай а бойуш, буобераш, къона жоьра-зударий, кIентий а бойуш, къена дай-наной буьту, заьIапхой бо. ТIамо адамаш харцонна, ямартлонна, къизаллина тIетоьтту. Цкъа а адаман са даккха дага цадеънарг, сагалмат хьаша а ларвелларг, цуьнан шен бертаза адамаш дайа Iамаво. Шена тIе герз а лаьцна, чугIертачу мостагIчуьнга ша ца вейта, иза воь цо. Дуьххьара адаман са даккха хала хуьлу стагана, амма цхьаъ, шиъ, масех а адам дийча, цуьнан дог чIагIло, къизло, иза цIийх, къизаллех вулу. ХIетталц хьарамчух ларвелларг къола дан, талор дан Iема. Ша мацалла ца вала, шен доьзал мацалла ца балийта. Халкъе беъначу бохамах пайда а оьцуш, шайна хьал-бахам гулбо цхьаболчара. ТIамо дуккха а адамийн иэхь-иман, яхь-оьздангалла, къинхетам боь, собарх дохадо, акхаройн амале дерзадо. Ткъа и тIом цхьадолчу адамийн корматалле, говзалле, церан дахаран Iалашоне боьрзу. Уьш нахаран баьлчанах, марс-мангалх, машаречу дахаран кхечу гIирсех херабовлу. Царна герзах дIакъаста ца лаьа, цуьнца лоху шайн рицкъа.

ТIом болуш а, цул тIаьхьа а оьрсийн Iедалан ерриг а Iалашо нохчийн къоман барт бохорна, иза оьздангаллех дохорна, юккъера иман-ислам дIадаккхарна тIехьажийна яра. Оцу тIехь дика кхиамаш а баьхнера Iедало. Дукхахдолчунна оццу Iалашонца Нохчийчу, нохчашна юкъа баржийна охьаховшийнера бIе эзар сов оьрсий. Цаьргара дикка амалш а, гIиллакхаш а схьаэцнера нохчаша. Диканиш, пайдениш, оьзданиш ца эцнера, ткъа оьзда доцурш, зуламениш, къизаниш схьаэцнера. Нохчашна тIе и бохаме Iаткъам хилийта кхуза охьаховшийнера и оьрсий. Цул совнаха, тIеман заманахь а, цул тIаьхьа а нохчашна юкъа баьржинера суьйлий, гIазгIумкий, хIирий, гуьржий, чергазой, гIебартой. Мацах цкъа цIена цIий долуш хилла нохчийн къам, кхечаьрца иэделлера, цуьнан амалш а, гIиллакхаш а хийцаделлера.

Тахана хиллачу гуламехь шера гора шайн дайн оьздачу гIиллакхех нохчий бохар. Кхузахь гучуделира адамийн бартбацар, хьагI-гамонаш, сутаралла, декъаза кураллаш, дозаллаш, вовшех цадашар, цатешам. Iелина уггар халахеттарг и нах, Далла Iамал еш белахь а, Делах цакхерар дара. Боккъал а уыд Делах тешаш а, кхоьруш а хилча, цара къоланаш дийр дацара, хьарамчу дохнах, рицкъех пайдаоьцур бацара, нехан долаллина тIе куьг кховдор дацара, адамаш дойур дацара. Церан дегнаш чохь хьагI-гамо, мекха, сутаралла, куралла хир яцара. Уьш собаре, къинхетаме хир бара, царна юккъехь барт, марзо хир яра, къен-мискачунна орцахбовлуш, гIо деш хир бара.

Iела къуона волуш юьртан гуламехь низам хуьлура. Къеначарна а, къуоначарна а шайн-шайн меттиг ларъян хаьара. Баьччера пурба доцуш цхьа а вист ца хуьлура. Цхьамма къамел деш, цунна юкъа а ца лелхаш, лерина ладугIура. Гуламо тIеэцна сацам, йина кхиэл цхьа а дIасахьийзор доцуш кхочушйора.

Таханлерчу гуламехь уьш дацара. Баккхий нах, мичахь бу а ца хууш, бист а ца хуьлуш, хевшина Iара. Царах баьчча а, къаной а муьлш бу а ца къаьстара. Цхьамма къамел деш, цуьнга ладугIуш стаг а вацара. Собар дацара. ОьгIазе маьхьарий хьоькхура. Веккъа цхьана Овхьад цIе йолчу стага бен, хьекъале, пайде къамел ца дира цхьамма а. Бисинчара вовшашна тIехбеттамаш бора, Iиттарш йора, вовшийн сийсазбора.

Доцца аьлча, Iела махках ваьлла лелачу оцу шовзткъа шарахь, тIе галбовлар бен, хьекъале, кхетаме, имане ца баьхкинера Гати-Юьртара нах. Изза хир ду-кх нохчийн кхечу ярташкахь а.

Замано а, Iедало а къинхетамза болх бинера нохчийн къам шен оьздачу гIиллакхех а, амалех а дохорна тIехь...

2

Оцу дийнахь суьйранна бен шен хIусаман да ца гира Iелина. ХIара Iуьйранна хьалххе гIаьттина араваьлча, рогIехь жа дажо вахана иза суьйранна бен цIа ца веара. Шайн хьешо божали чуьра кхелли дIаяккхар хиъча, оьгIазвахана, зудчунна дов дан вуьйлира.

- ХIай, стаг, хIай, ахь соьга хIун де боху? - елха ийзайора бехкала яхана хIусамнана. - Вайн устазора ца хиъна суна цо динарг делкъехь бен. Ас пхьарс лаьцна ийзаварх, чу а ца веара, даккха гIертарх, шада соьга схьа а ца делира. Ахь сайн бехк бийр буйла хууш, со-м дукха гIиртира цуьнга и дIа ца яккхийта.

Дарвелла хIусамда генавала воллийла хиъначу Iелас хала меттавалийра, дерригенна а ша бехке ву, мукъалла са а гатделла, хIусамнене а ца хоттуш, и болх шеггара бира ша аьлла.

Iелас хIусамдега дийцира тахана ша юьртан гуламе нисвалар, амма цигахь дуьйцуш шена хезначух дош а ца элира.

- Цигахь хилла воццушехьа хаьа суна юьртдас хIун дийцина, - цавашаре куьг ластийра хIусамдас. - Iедалан налогаш а, гIуданаш а дIатакха деза, ца такхахь, тражникаша, схьа а баьхкина, кертахь мел долу хIума дерриг а лаххьийна дIахьур ду баьхна хир ду цо. Хьесап дина ца валлал дукха ю и налогаш, цхьацца цIераш а техкина. Ког а тасабелла, галвалахь а гIуда туху. Юьрта мел веъна а, юьртахула чекх мел волу а хьаькам кхаба веза, цунна говраш, гIудалкх латто еза дIасавига. Сайн шина старах чомахь дезар эца йиш ца хилла сан цкъа а. Даима дIа Iедалан гIуллакхашна лаьхкина лелош. ДIадахначу шарахь етт белла сан, бердах а бахана. Цунна тIаьхьара шинара тIедогIучу шарахь бен дехкар дац. Кертахь шура йоккхуш бежана ца хилча, берашна дан хIума ца хуьлу. Суна тIехь пхи туьма Iедалан налог ю. Юьртдас а, писаро а тIе мосазза кхечи а, керта хIуьттуш дIайоьху иза. Ас мичара ло Iедална пхи туьма налог? Аттана тIаьхьа кхиъна дохкуна духкур ду олийла а дац. Шиннах цхьа сту боьхкича, ши куьг а хаьдда вуьсур ву. Стохка тражникаш а балош веъначу пурстопа налогана дуьхьал кIудал а, тиша куз а бехьна сан. ХIинца базара яьккхича мах хоттур болуш хIума яц сан декъа тIехь. Тхешан ден хилла герз дахьа гIоьртича, царна дуьхьало йира ас. Оцу тIехула оьгIазло а йина, суна тIера ах декхар бен дIа ца даьккхира. ТIе къорза истанг а дехьира. Зуда, и саьрамсаькх а, кад а, оккхало а лохьа соьга, берам кечбе ас.

ХIун дара а хаац, хIокху хIусамехь хан мел йолу, ша цхьа дагна гергарчу адамашна юккъехь волуш санна, паргIат хетара Iелина. ДегIана цхьа хаза там беш яра товханехь йогу йоккха летта цIе. Буркъаш туьйсуш кхехкара товханарчу очакха тIе хIоттийна кIай долу чуьйнан яй. ЦIенкъахь голаш тIе а лахъелла, хьолтIамаш еш йоллура хIусамнана. Хьакхийна ахьаран межарг, холаха бухь баьккхина, ирахь лаьттара текхахь. Цунах кIез-кIезиг межаргаш а дохуш, цкъа буйнахь горгдеш, тIаккха кера юккъе теIош чIапдеш, цхьана агIор текха охьадохкура цо. Жимахдолу кхо бер а доллура, нанас шайна беллачу межаргех йина кегий сискалш алу тIехь ятта гIерташ, товханна хьалха хьийзаш.

- Гуттар а хьийкъина деъначу шарахь тхешан ялтица халла бIаьстенга довлу тхо, - дуьйцура хIусамдас, саьрамсаькхан цергаш цIанъеш. - Цхьа етт, ши стуй Iаьнах баккха Теркайисте боьлху кхузара цхьаболу нах. Масех стаг цхьаьнакхеташ, мехах дежийла а лоцуш. Мах луш, цхьана ханна лело латта а оьцу. Латта долчу деца юкъахь и лело а боьлху. Хала хуьлу доьзалх а, юьртах а ваьлла, цигахь масех баттахь болх бан. ГIаддайна боьлху-кх. ХIинца цига латта лело дахар а, Iаьнах даха цига даьхний дигар а дихкина боху тхуна БуритIарчу цхьана воккхачу хьаькамо. Оцу берашкахь дерг го-кх хьуна. Iай кху чуьра арадовла де дац церан. ТIедуха а дац, когадуха а дац. Берзина бу. Боцу аьтто, тIеетта налогаш. ТIехула тIе цкъацкъа балабой, юьрта масех баттана салтий ховшабо нахе кхабийта. Цара дуург-мерг новкъа дацара, тхан делахьара. Шайна доьгIнарг бен дуур дарий цара. Новкъа дерг кхин хуьлу. Оьздангаллех чо бац церан догIмашца. Хьакхарчий ю-кх, боьха хьакхарчий. Шишша-кхоккха охьахааво хIора керта. Шайн ворхIе ден баьрчехь санна, эвхьаза лела. ТIекхаьчнарг юу, хазъелларг дIаоьцу. Кертара говр а, стерчий а, ворда а церан гIуллакхана кийча, даима дIахIиттийна хила деза. Кертара а,арара а хьайн гIуллакх дойла мичара хуьлуьйту хьан. Салтий дIабахча, юьртахь екаш котам хезар яц хьуна. Лаххьайой юу. Маьттаза яппарш йо. Цхьадика, зударий а, бераш а ца кхета церан маттах. Я царах летта, вала веза, я уьш а ловш, котам санна, таьIна Iен веза. Цкъа-цкъа ойла хуьлу, царах а, хIокху Iедалх а летта, велург вийна, Зеламхин тобанах дIакхета. ТIаккха а доьзална, кегийчу беришна хIун дийр ду а ца хуий, сатухий, соцу.

Iелина тахана мосазза а хезнера наха оцу Зеламхин цIе йоккхуш.

- И Зеламха мила ву?

ХIусамда, цецваьлла, хьеше хьаьжира.

- Хорачойн Зеламха вуьйцу ца хезна хьуна?

Iела вуьйхира. Зеламха цIеяххана стаг хилча, Оьрза-гIалахь ца вёвзаш я вуьйцу хазаза хуьлийла а ма дац. Оцу тIехь ша гучуваларна кхеравелира Iела.

- Вуьйцу хезна суна, амма цунах лаьцна тайп-тайпана хабарш ду тхан агIор.

- Зеламха мила ву хоьтту ахь? Зеламха обарг ву. Цуьнца бу уггар майра нохчийн, гIалгIайн кIентий. Иза паччахьан Iедална дуьхьал гIаьттина, цо бекхам оьцу къизачу, ямартчу хьаькамех, гIийла-мискачеран догьоьцу. Иштта ву-кх хорачойн Зеламха!

Пхьор диъна, шаьш паргIатдевлча, ларлуш шен доьзал хетта вуьйлира Iела.

- Шовзткъа шо хьалха дика таро йолуш вехаш вара со. Сан долахь аьчкан пхьалгIа, дика беш, ши говр, бежанаш а дара. ХIетахь сих-сиха хIокху юьрта вогIура со, нахана цхьацца гIирсаш а бохка, пхьола а дан. Оцу заманахь кхузахь, хIоккху юккъехь, цхьа хьаша вара сан, со тIевуссуш. Хонкара а вахана, шо а даьккхина цIа веъча, дукха хан ялале лаьцна, Сибрех вахийтира иза. Оццу хенахь сан гIуллакхаш а галдевлира. Доьзал хене бак-кха гIерташ, Донехула, Кубанехула, дуьне мел ду волавелла лела дийзира сан. ХIетахь дуьйна вовшийн гина вац тхойшинна я хIун хилла а ца хаьа.

ХIусамдас цецваьлла ладоьгIура хьешан къамеле. Гуш дара иза цхьаъ дагадаийта гIерташ хилар.

- ЦIе хIун яра хьан хьешан?

- Цуьнан цIей... - ойла ечуха, тховх хьалахьаьжира Iела. - Цуьнан цIе Iела яра моьтту суна. Суна дагахь, шел воккха цхьа ваша а вара цуьнан. Иза а Хонкарахь вийнера.

- Сийсара ахь хьайн цIе Андри ю аьлча, охьавижначул тIаьхьа дукха ойла йира ас, и цIе йохуш суна мичахь хезна те бохуш. ХIинца дагадеа. Мацах цкъа, со жима волуш, тхайн нанас дуьйцу хезнера суна, аьчкан пхьола дан кхуза вогIуш Андри цIе йолуш Оьрза-гIалара цхьа гIалгIазкхи вара бохуш. Оцу гIалгIазкхичо шайна дуккха а гIо дина олура цо. Хьо хилла-кх иза.

Iела дуьххьара гуш санна, лерина цуьнга хьаьжира иза.

- ТIаккха, оцу сан хьешах Iелех хилларг хаьий шуна?

- ХIетахь лаьцна, Сибрех вахийтина иза, кхин хабар доцуш, вайна ткъе берхIийтта шо ду. Цуьнца лецнарш а байна, иза а вайна.

- Суна вевзинчу хенахь зуда а, ши кIант а дара цуьнан. Царах хIун хилла те? - садаIар сацийна ладуьйгIира Iелас.

- Цхьаберш дийна бу. Хазахетта, Iелин дог тохаделира.

- Мичахь бу уьш? ХIокху юьртахь буй?

- Бу дера. Цуьнан жимахволу кIант ву со, ткъа... ДIахьажавеллачу хIусамдена гира бос баьхьна, макхвелла шен хьаша.

- Ой, хьуна хIун хилла? - хьалаиккхира хIусамда. -Же, ма Iелахь, зуда, шийла хи далахь!

- Ца оьшу, - меллаша хIусамда дIахилийра Iелас. -Цкъацкъа коьрте цхьа чIогIа лазар туху суна. Сихха дIадолу. ХIинца дIадели. ТIаккха, дийцал ахь. Хьан цIе хIун ю?

- Iусман.

- ХIаъа, Iумар, Iусман ярий цуьнан шина кIентан цIераш. Iумар хIун деш ву?

Iусманан юьхь кхуьйлира.

- Iумар воцуш ву...

Iелин дагна кхин а цхьа чов хилира, амма дерриг а лан Iеминчу цо сатуьйхира.

- Муха хилла цуьнан Iожалла?

- Iаьлбаг-Хьаьжина тIаьхьа а хIоьттина, тIаьххьара де тIехIотталц тIом бира цо. Цкъа чIогIа чов хилира. ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа нах леца юьрта салтий баьхкича, церан кара ца ваха, вада гIоьртира иза. Салташца хиллачу тасадаларехь Iожалла хилира цуьнан.

Хилларш карладевлла, цхьана юкъана вист ца хуьлуш, ойланашка велира и шиъ.

- Iелин вешин зуда а, кIант а дара, цаьршиннах хIун хилла?

- Цуьнан зуда пхи шо хьалха кхелхина. КIант волуш ву. Дукха хан йоццуш хIокху эвларчу шина стагаца японца болчу тIаме вахана иза.
Хьаша юха а дIатийра.

- Шайн ден цIенош хилла меттиг дIа хIунда тесна аш?

- Тхан цIенна товш яцара иза. Оцу меттига тIехь тхан дедас дина цIенош а, тIаьххьара а тхан дас дина цIенош а дагийна. Иза-м хьалха тIом болуш хиллера. Ткъа цул тIаьхьа тхан дас шозлагIа доьгIна цIенош а, иза лаьцна Сибрех а вахийтина, пурстопа дагадайтира. Наха олура тхоьга, и меттиг шуна товш яц, шун цIийнах висина ши кIант хIаллакьхилахь, цIийнан кIур бовр бу, меттиг хийцийша, олий. ТIаккха, меттиг а хийцина, кхузахь хIара цIенош дира оха.

- Шун ненан цIе хIун яра? - хаьттира Iелас эххар а.

- Айза.

- Ткъа цунах хIун хилла, йолуш юй иза? Дукха къанъеллий?

- Дера къанъелла.

- Хьоьца ехаш яц иза?

- Яц. Кхечухьа марехь ю.

Оцу дешнашца Iоьттина, Iелин дагах чекх шаьлта яьккхира Iусмана. Шен коьрта тIехь ларбелла масех Iаьржа чо оцу минотехь кIайбелча санна, шен дегI кхин тIе а букархьаьвзина, IаддаргIа хилча санна хийтира цунна. Шен дахарехь дуккха а баланаш, халонаш лайнера Iелас. Амма цуьнан дегI, дахар деши санна цIена дара, цхьа а тайпа иэхьан томмагIа доцуш. ХIинца, къанвеллачу хенахь, вала гергавахначу хенахь, ша дийна а волуш зуда маре а яхана, иэхь деъна цунна тIе. Шена а, шен накъосташна а тIехь хIиттинчу акхачу иэрчонийн теш хиллачу, бIозза Iожаллина дуьхьал хIоттарх бIаьргнегIар ца тоьхначу Iелин дог жIормаках тардеш хабийра кIанта аьллачу кхаа дашо.

«Гора, Айза, яI! Хьо дийна а йолуш, хIокху хьолехь карочул, хьо елла а йолуш, хьан коша тIехIотта дезаш хилла велара со. Я суна сайн Iожалла карийна елара генарчу Сибрехь... Амма сатоха ахь, декъаза Iела, дукха хан ца йисина дуьненан баланех хьо чекхвала», - элира цо шега шен дагахь.

Хеттарш а совцийна, ойлане ваьллачу шен тамашийначу хьеше а хьоьжуш, дIатийра Iусман а.

- Делхьа, Iусман, хьуна совъяьлла хилла те нана? Воккха кIант а волуш, Сибрех вахийтина майра дийна ву-вац а ца хууш, маре хIунда яхана хьан нана?

- Нана совъер яц цхьанна а. Суна хIетахь а езара сайн нана, хIинца а еза. Ткъа сан да цо цхьана минотана а ца вицвина. Жима волуш дуьйна хала кадетташ, Iумар а, со а кхиийра цо. Iумар вийча, со цхьаъ висира цуьнан. Цул тIаьхьа иттех шо а делира. ХIокху юьртара цхьа дика стаг висинера, зуда а елла. Мухха делахь а, цхьана наха оцу стагана хьахийнера тхан нана. Иза къобалдо бохура тхан ненадас. Оцу деношкахь даима гIийла, кхоьлина, бIаьргаш цIийбелла хуьлура нана. Цхьана дийнахь тхни ненадас, ша волчу дIа а кхайкхина, къамел дира ооI.гн. «ХIара къамел хьуна дезар доцийла хаьа суна, -элира цо. - Нана маре яхийтар кIанте хьехор оьзда доцийла а хаьа. Амма хIара къамел хьоьга ца дича валац со. Вайн эвларчу Акхболатан Ахьмадана хьахийна Айза. Ас а, Айзас а тIе ца дитира и захало. Амма наха оцу захалонна юкъаваьккхина сан устаз. ХIусамда велла я доьза впйна цхьа хан яьлча, бусалба дино а, нохчийн Iадато а зудчунна маре яха бакъо ло. Кхузахь иэхье-бехке хIумма а дац. Шу ши кIант а кхобуш, ерриг а къона хан дIаяхана хьан ненан. Велларг вуха ца вогIу, дийна висинарг ваха везаш а ву. ХIинца хьо воцург, шун цIийнах боьрша стаг я зуда а ца дисина. Нанас цхьана дена вина цахиларх, ваша а, йиша а хуьлу. Айза кхечухьа маре яхча, хьуна вежарий, йижарий хиларе дог а дохура ас. Айзас-м шега хьеха а ца дойту маре. И захало дар доьхуш, тховса суна тIе стаг воуьйтур ву устазо. Устазан дехар духатоха бакъо яц сан. Амма хьан бертаза иза хуьлийла а ца лаьа». Сайна мел хала хиллехь а, ненадена луучунна тIетайра со.

- Оцу Акхболатан Ахьмадехь ю иза?

- Ю.

Iелас ойла йира...

3


Цунна карладелира тIеман тIаьххьарчу шеран аьхкенан цхьа довха де. Стаг юкъа а ца гIорталуш юькъачу, дIаьвше кIохцал долчу оьртхана коьллаша дIалаьцна гезлойн аре. ЦIеххьана Хошкалдана тIегIоьртина инарла Бакланан дошлойн эскар. Оцу гонахарчу шина-кхаа юьрьара зударий а, бераш а регIаца йолчу ярташка дIакхалххалц, нохчийн оцу агIор болу ницкъ гезлошний, хошкалдахошний тIехьарчу дукъаца чIагIбаллалц, и тIегIерта оьрсийн эскарш совцо дезаш я вала везаш дIахIоьттина ши бIе гергга нохчо. Царна юкъахь вара Iела а. Де делкъанга даьлча тIеетта йолийначу яккхийчу тоьпаша бухйохуш, ирхъоьхуьйтура оьртханан коьллаш. Дага дуьйлира хошкалдахойн цIенош. Духадовлуш дIаядо аьтто хирриг, шайн ши йоккха топ гу тIе, варшахь къайленга а хIоттийна, царна кхераме йоцчу метте хьуьна чохь говраш дIа а йихкина, мостагIа тIекхачаре хьуьйсуш Iара хIорш.

Дуьне къардан санна, оьрсаша цхьана-шина сохьтехь тIейиттина яккхий тоьпаш жимма лагIъелира. ХIоьънаша аьттачу оьртханан коьллийн арахула шуьйра юкъ дIалаьцна хьалха доладелира гIашлойн эскар. ХIора минотехь гергайогIура еттачу вотанийн гIовгIа. Малхехь лепара салташа хьалха лецначу тоьпашна буьххьера ира цхьамзанаш, эпсарийн белшаш тIера дешин хьесан кIужалш. Эскар гергакхаьчча, ека йолаелира кегийчу тIулгех юьзна хIокхеран ши йоккхатоп. Нийса ниша лоцуш, хIокхара дуьхьалъеттачу тоьпийн даьндаргаша охьабохкура хьалхарчу могIаршкара салтий. Амма уьш, цхьа а леш воцуш санна, хьалха гIертара. ХIинца шера къаьстара церан къиза яххьаш. Наггахь совцуш, бертахь тоьпаш а тухуш, зингатий санна, хьалха гIертара уьш. IелагIеран жимачу бIона юккъехь байинарш а, чевнаш хилларш а бара. Цхьаболчара уьш регIа дIакхоьхьура, вукхара мостагIа сецавора. Эххар а мостагIчуьнца чуьччабахара уьш. Юкъа-кара бен топ йолу а ца хезаш, дека доладелира болат.

Бист а ца хуьлуш оьгура шина а агIорхьара. Амма IелагIар буха ца бовлура. Бухабовлийла а дацара. Шайна тIехьа лаьтта зударий а, бераш а кIелхьарадаххалц мостагIа сацо везара. Iелина гира шина салтичо цхьамзанаш Iоьттина хьалаайбина Iаларойн Вара юьстах кхуссуш а, мескатахойн Эдала оцу шиннах цхьанна гайх шаьлта Iуттуш а, вукхунна некха тIе а таIийна, тапча тухуш а, говра тIера охьа а кхевдина, цо Вара хьалавоккхуш а. Щийн Iовраш, узарш, кIур, шаьлтанийн, цхьамзанийн лепар, терса говраш...

Салтий кIез-кIезиг бухабуьйлура, амма геннахь гучубевлира коьллашкахула чаболахь богIу дошлой. IелагIар, шайн ши йоккха топ а такхийна, боьлака буха а бевлла, дойшна тIехевшира, ХIинца уьш бIеннал кIезиг бара, итт мостагIчунна дуьхьал цхьаъ а ца кхочура. ХIун дийр ду ткъа, шаьш белла а, кхин а цхьана сохьтехь мостагIа сецо везара цара.

ХIинца уьш говраш тIехь тасабелира. Iелина уллохь каде хьийза Акхболатан Ахьмад. Цуьнан шина а буйнахь цхьацца тур ду. Аьтту а, аьрру а - шина а агIор мостагIий цоьсту цо. Iелин цхьа ност кIел а юьтуш, охьакхета цуьнан говр. Цунах маршавала гIертачу Iелин аьтту белш даьндарго ягайо. Ша хIетта цунна тоьхна, кIур туьйсу тапча доьхкарх а юллий, тур ойбу хьаьрсачу дошлочо. Iелас шен сих догдуьллу. Амма оцу минотехь хьаьрсачу дошлочун корта белшах къаьста. «Воха ма вохалахь, Iела! Суна тIехьа говра вала!» - мохь бетта Ахьмада. Iела говра тIе хьалавала гIоьрта, амма ницкъ ца кхочу. ТIаккха Ахьмада шен андийчу куьйгашца озийна хьала а ваьккхина, шена хьалха пурхалла вуьллу иза.

Цул тIаьхьа шех хилларг ца хиира Iелина. Буьйсанна юккъехь синкхетаме веъча, цунна юххехь хевшина Iаш бара Аьрзу а, Маккхал а, чов хилла пхьарс кочахь Акхболатан Ахьмад а...

4


Iела, доккха са даьккхина, Iусмане хьаьжира. Хаац, цо стенан ойла йора, цунна а хIун карладаьллера. Амма Иза а вара, куьйга корта а лаьцна, гIайгIане-гIийла.

Акхболатан Ахьмад, юьртахо хилар бен, гергара а я доттагIалла долуш а вацара Iелин. Амма иза вуьззина къонаха вара, цIахь а, арахь а шел дика кхин хуьлийла доцуш тешаме а, дика накъост а вара. Iелина цкъа а ца дицлора хIетахь цо ша Iожаллех кIелхьараваккхар.

- Муха стаг ву и Ахьмад? - хаьттира Iелас.

- Дика стаг ву. Суна а, да санна, дика ву.

- Ткъа Айза реза юй цунна а, шен маренна а?

- Нанна а дика ву. Массарна а дика ву иза. Амма сан нана ирс дайна, декъаза зуда хилла. Ша цIа мосазза йогIу, тхан хьалха хиллачу беша а йоьдий, цIенойх бисинчу борза тIе охьа а хуий, дукха йоьлху иза. Тхан да ца вицло цунна. Амма Ахьмадана хамталлаш а ца йо. Мацах цкъа Ахьмада цхьана тIамехь тхан да Iожаллех кIелхььараваьккхина боху. Цунна а чIогIа сий до ас Ахьмадан.

«Маржа, Айза, яI! Цхьаьнакхета хьоьгуш ма дукха лийлира вайша, цхьаьнакхетча, безамах марзо ма кIезиг ийцира вайша. Вайшинна вовшийн ца дезний, вовшашка са ца тийсина а ца къаьсти-кх вайша вовшех. ХIун дийр ду ткъа, Дала азаллехь иштта язбина хилла-кх вайшиннан кхоллам», - ойла йора Iелас.

Ерриг а къона хан а, безам а, тешам а шена схьабелла, шеца цхьаьна а, ша Сибрехь волуш а ягарйина ца валлал дукха халонаш лайна Айза ган сатеснера цо. Амма иза муха гур ю цунна? Церан хIусаме гIойла а дац, кхуза схьакхойкхийла а дац. Цуьнан кхин хIусамда ма ву. Амма ган еза, мухха гина а. Айза гича, цуьнан озе ладоьгIча, шен кийрара бала байлур болуш санна, цо иза ах дIаоьцур болуш санна хетара Iелина.

- Генахь ехаш юй Айза?

- Яц дера. Цхьа масех цIа ду тхуна юккъехь.

- Цигахь дина бераш дуй Айзин?

- Цхьа кIант, цхьа йоI ду. «Дика ду-кх иза а. Сан кIантана ваша ву-кх. Амма суний, Айзиний юккъехь боккха берд а бу-кх иза».

- Кхайкхича, схьайогIур ярий те Айза?

- ХIунда ца йогIу?

- Цо кечбина дукха кхача биъна ас цуьнан хIусамехь. Со гича, вовза а мегара цунна. Оьрза-гIалара веъна, Андри цIе йолуш цхьа гIалгIазкхи ву хьо ган лууш, нагахь йогIийла делахь, схьайола алахьа цуьнга.

- Иза хала доцург ду, - зудчунна тIевирзира иза. -Хьада, ялол, зуда, нана йолчу а гIой, иза схьакхайкхал. Оьрза-гIалара веъна Андри цIе йолуш цхьа гIалгIазкхи ву хьо ган лууш ала.

ХIусамнана, сихха ара а яьлла, яхара. Iусман шайн халачу дахарх лаьцна цхьацца дийца вуьйлира. Амма вист а ца хуьлуш, лерина ладоьгIуш велахь а, Iелина ца хезара цо дуьйцург, иза дог детталуш хьоьжура неIаре.

5


Iелас, неIаре бIаьрг а бетташ, сема ладоьгIура арахь когийн тата хазаре. ХIетте а шена хезаш санна хетара цунна масийтта шо хьалхалера Айзин самукъане аз, дог хьоьсту елаялар. Хан мел ели, гатделла детталора дог. Набарх санна хезара Iусманан балхамаш. Эххар а цо дуьйцучунна тIейирзира Iелин ойла.

- Хала ду, Андри, тхан дахар. Латта кIезиг ду тхан. Ткъа тхан дерриг а хьал лаьттаца ду. Хьалха Теркан йистошций, Соьлжа хиций хилла нохчийн уггар дика латтанаш паччахьо дIадаьхна, шун гIалгIазкхашна делла. Цигара меттахбаьхна иттаннаш эзарнаш нохчий кхуза лаьмнашка кхелхина. Цара йолчу тIе а гатто йина тхуна, латта къийдина. ХIетахь дуьйна дерриг а тIекIел хIокху кIажахь дохку тхо.

- Дерриг а ахь ма-дуьйццу а дац и, Iусман, - юкъах-ваьккхира иза Iелас. - Шун лаьтта тIе гIалгIазкхий баха ховшар бакъ ду. Шайн цIийца оьцу гIалгIазкхаша шайна луш долу латта. Паччахьо и латта ло царна, муьлхха а тIом хилча, шайн герзаца, говрашца, духарца тIаме боьлхург. ГIалгIазкхийн а дац массеран а латта. Нийсса ах сов гIалгIазкхий лаьттан коржам а йоцуш, даьхний доцуш, къен бу. Ткъа инарлийн, эпсарийн, хьолахойн долахь бIе, эзар десятинаш латта ду. Царна беца къен гIал-гIазкхий. ТIехула тIе шуьгара дIадаьккхина латта цхьана гIалгIазкхашна делла ца Iа. Шун мохк дIалоцуш паччахьан Iедална гIо динчу нохчашна а, луларчу кхечу къомах нахана а делла.

- Иштта хила а тарло. Сан долахь цхьа кха ду, куйна кIел хоьур долуш. Ткъа тхан юьртан мохк цхьана иттех стеган долахь бу.

- Царна мичара хилла и мохк?

- Iедалан хьадалчаш а, ялхой а хилла, нах бухкуш, талораш деш, хьарам, ямартлонца карадеъначу ахчанах эцна-кх. Хьаьнгара эцна? ТIамой, мацаллой, къеллой, паччахьан Iедалой божарий а баьхьна, шайн долара лаьттан коржам дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, берашна сискал а йоцуш, кIелбисинчу зударшкара цхьа сахь, гирда ялта а луш эцна-кх. Я и зударий, бераш Iехош. Я кхерош, шайн доладаьхна. Я цхьадерг, ахь ма-аллара, Iедало совгIатана делла.

Нийсо яцар, харцонаш, ямартлонаш Iелина дукха гинера туркойн а, оьрсийн а мехкашкахь. Амма харцо ца сзачу, ворхIе дайшкахь дуьйна оьзда, къинхетаме хиллачу бусалба нохчашна юкъахь ишттаниг хир ду ца моьттура Iелина. Цунна дагадеара ши бутт хьалха Петрос шега дина къамел: «Оьрсийн паччахьо шайн мохк дIалаццалц элий, хьоладай боцуш, шайн лаамехь даьхначу нохчийн къомана ца евзина харцонаш, ямартлонаш, къизалла. Амма хIинца шуна а евзар ю. Шу а декъалур ду шина декъе: хьолахошкий, къехошкий. Хьалхарчара и шолгIаниш Iазапехь, лоллехь латтор бу. Хьолахой кIезиг бу, къехой дукха бу, амма паччахь а, Iедал а, дин а, эскарш а хьолахошкахьа ду. Хьайн махка цIа вирзича, и дерриг а хьайн бIаьргашна гур ду хьуна». ХIетахь Iела ца тешара Петрос шега дийцинчух. Ткъа хIинца иза бакъ карийра цунна.

- Муьлш бу те и Делах бевлла нах?

- Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Андри? - велавелира Iусман. - Царна-м ца моьтту шаьш Делах девлла! Шаьш Делан уггар гергара нах хета царна. Панта-Хьаьжина, Хьуьса-Моллика, Iабдина, СаьIадна, ИнарлагIарна, ЧIонакъагIарна. Уьш а, кхин а бу хIокху юьртахь хIара дерриг а дуьне дIахуьйдича а бузур боцушI

«Шун а, тхан а динехь, я вуьшта аьлча - бусалба а, керста а динехь, Дала аьлла бохуш дуьйцу, ша адамаш цхьатерра бакъонаш йолуш, маьрша кхоьллина, царна массарна а рицкъина Iалам а кхоьллина. И Iалам дерриг а адамийн юкъара ду, цхьадолчу адамашна иэшам а беш, кхечаьрга иза шайн дола ма хьийзаде боху Дала. Ша массарна а цхьатерра бакъонаш а, маршо а елла, вовшашна юккъехь нийсо ларъе, ницкъ болчара гIорасизниш, гIийланиш, къен-мисканиш охьа ма теIабе, уьш лоллехь ма латтабе, цаьрца харцонаш, ямартлонаш ма лелае, ша жоп доьхур ду шуьга, ша бекхаме таIзар дийр ду шуна боху Дала. Амма вайн динадайша Дала бохург ца до, цара дин хьолахошна, ницкъ болчарна пайдехьа хьийзадо. Паччахьаш а, церан хьаькамаш а, церан Iедал а Делера ду, уьш Делан лаамца лелаш бу, царна муьтIахь хила деза, дуьненахь халонаш, баланаш лайнарг эхартахь декъала хир ву бохуш хьоьху динадайша къехошна. Амма шаьш хIокху дуьненахь декъала хила гIерта, дуьненан хьалбахам гулбо цара Дала хьарамдинчу некъашца», - дуьйцура цуьнга Петрос. Цуьнан дешнаш бакъ хилар чIагIдира тахана гуламехь къамел динчу Хьуьса-Моллас.

6


Iела оцу ойланех юкъахваьккхира уьйтIа деъначу когийн татанаша а, зударийн аьзнаша а. Iелин бIаьргаш неIарна тIебогIабелира. Ткъе берхIийтта шо хьалха ша цунах дIакъаьсташ ма хиллара къона Айза оцу неIарх чоьхьаяларе ладоьгIура цо. Амма неIарх чоьхьаяьлларг кхин зуда яра. Карахь Iаса а йолуш, букархьаьвзина йоккхастаг...

Iаса неIаран соне а хIоттийна, коьртах хьарчийна доккха кIинжийн кортали схьа а даьстина, несан кара а делла, хьеше маршалла а хаьттина, товханна хьалха кхакханан миндарна тIе охьахиира иза.

- Алахьа цуьнга, Iусман, хьо гича, сайн кIентан да денвелла цIа веъча санна, хазахийти суна, тхо цадицдарна нанас баркалла боху хьуна, алий.

- Суна цкъа а ца вицлора Iела а, хьо а, шун доьзал а. Ас дукха сатийсира шу гаре. Амма хIара дуьне вайн лаамашка а, сатийсамашка а ца хьоьжу. Вай вовшашна ца гуш яьккхина хан ас хIокху махкана генахь яьккхина. Хено а, замано а къандина вай. Кхечухьа тIеттIа кхаьчнехь, вовшийн девзар а дацара вайна.

- Бакъ ду иза, Андри. Шовзткъа шо гергга хан ю вайна вопшийн ганза. Амма суна цкъа а ца дицло со Iеле еъначу шарахь, тхойшиъ тхаьшшиннан бен тарбан гIерташ. иэшамо Оьрза-гIала далийча, ахь тхойшинна дина гIуллакх. Тхойшинна етта гIалгIазкхий тIегулбелча, Корнес кIелхьарадаьккхира. Ахь шайгахь буьйса а яккхийтина, маьхза тхойшинна оьшург а елла, шолгIачу дийнахь новкъа а даьккхина, цIа хьажийра. Ас сих-сиха дуьйцура иза шина кIанте... Iусманна а ца дицделла иза...

Айзин кIоргга хьех чуэгначу кхоьлинчу бIаьргашна чуьра схьаIийдало хиш, цуьнан беснеш тIерачу хебаршна юккъехула меллаша сетташ, хьийзаш, охьадуьйладелира.

Вист ца хуьлуш, лерина цуьнга хьоьжуш Iачу Iелин хьаьжа тIе, берцан буьртигаш санна, кегийра хьацаран тIадамаш хIиттира. Лергаш долу кхакханан куй коьртара схьа а баьккхина, хьаьжа тIе хьаькхира цо. «Ас хIун де те? - хоьттура цо ша шега. - Суо вовзийта те ас, я сайх догдиллинчу хIокхарна ца вовзуьйтуш, тийна-таьIна Николаз волчу Гуьржех дIагIо те со? Хьайн де доьхна, гIо эшна меттиг нислахь, ша волчу дIавола ма аьлла цо соьга. Нагахь санна уьш маршонан гIуллакхана гIовттахь, къена велахь а, церан могIаре а хIуттур со. Хьанна хаьа, шаьш маршабевлча, соьца каторгехь хилла накъостий а цига бахка а ма мега...».

Хьаьжа тIера хьацар дIадаккха Iелас коьртара куй дIабаьккхича, Айзин къамел, мотт сецча санна, цIех-хьана хедира. Цуьнан бIаьргаш къаьрззина Iелина тIебогIабелира. ТIаккха меллаша хьалагIаьттина, цунна тIе а яхана, Iелин хьаьжа тIерачу бехачу, цIечу муонах дайн куьг хьаькхира цо.

- Нагахь со иэсах яьлла яцахь, хIара муо ас ерзийначу чевнан муо бу-кх, - элира цо шабарца, тIаккха Iелина а бен ца хезаш кхайкхира, - Iела?

Iелин корта, шина а куьйга къевлина схьа а лаьцна, шен некха тIе таIийра Айзас.

- Iала-а-а! Хьанна моьттура хьо дийна хир ву... Тахана со еллачу хIунда ца кхечи хьо, Iала-а-а...

КIант а, нус а, цецдаьлла, дист ца хуьлуш лаьттара, Айзас лелочуьнга а хьуьйсуш. Iусман ца кхетара шен нанас лелочух. И муьжги мара а къевлина, хIокхуьнан ден цIе хIунда йоху цо? Шен майрачун доттагIа гича, майра карла а ваьлла, иэс галдаьлла те цуьнан?

Айза, дегI а малделла, ша йолччохь цIенкъа охьаяхара. ТIехьаьддачу Iусмана, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, айбина маьнги йисте охьахаийра иза. Несо, марненан юьхьах шийла хи а хьаькхна, масех къурд байтира цуьнга. Ша саметта еъча, шиний куьйга схьалаьцна корта охьа а бахийтина, цкъа мохь олуш, тIаккха узарш деш, сауьйзуш, шиний агIор дIаса а техкаш, елха юьйлира. Иза йоьлхучуьра саццалц цхьа а вист ца хуьлурацIа чохь. Шен дог а Iабийна, эххар а йоьлхучуьра сецира Айза. Iусман шекваьллера нанас лелочух. Нанна хьалха охьа а лахвелла, цуьнан голаш тIе куьйгаш дехкира кIанта.

- Ахь лелориг хIун ду, нана? И муьжги мара хIунда къевлира ахь? Хьо хIунда йоьлху? Коьрте лазар-м ца деъна хьуна? - хеттарш дора цо.

- Нана лойла хьан, Iусман! ХIара-м муьжги ваций, хьан да вай! - йистхилира иза эххар а. - Цуьнан хьаьжа тIехулара муо ца го хьуна... Ас хьоьга дукха ма бийцира иза...

Iусманна хIинцца гира и муо. Тховса а бен, хIокхарна гуш бIаьштига тIе таIийна коьртахь латтош болу и куй дIа ца баьккхинера хьешо. Хьала а гIаьттина, Iадийча санна, Iеле хьаьжира Iусман. ТIаккха, хорша еъча санна, балдаш а, чIениг а егийра цуьнан.

- Дадий? Дада! - мохь аьлла, тIекхетта, иза маравоьллира Iусмана. - Хьо хIун деш Iара хIинццалц, ца вовзуьйтуш! Дада...

Цхьана ханна белхар хIоьттира цIа чохь. Ден голашна тIе юьхь а таIийна, къорра воьлхура Iусман. Шина куьйга корта а лаьцна, ши бIаьрг цIенкъа а боьгIна, охьа а таьIна, юха а догIанха елха юьйлира Айза а. Корталин тIемаг чIенга тIе а лаьцна, гIийлла йоьлхура нус а. Самадевлла бераш, баккхийчара лелочух ца кхеташ, цецдевлла, тапп-аьлла, тийна Iара. Веккъа цхьа Iела вара кийрахь воьлхуш. Цуьнан совцо ницкъ ца кхаьчна бIаьрхиш, сирачу можа тIехула охьа а Iийдалуш, карахь Iуьллучу кIентан коьрта тIе Iенара.

Къаьхьачу ойланаша лаьцнера ден а, зудчун а, кIентан а ойланаш. Оцу кхаанна хаьара Iела цIа верзаро шайн хIусаме ирс ца деънийла. Церан дегнаш вовшах доьзначу гуш доцчу пхенаша дIасалора кийрахь кIежтуьйсуш кхехка бала. Велхаро дагна маслаIат до, амма цо бала дIа ца ойу. Дегахь а, кIантехь а болчул тIех боккха бала шегахь хиллехь а, уггар хьалха саметта еара Айза. БIаьргех ихначу хишна кучан юх а хьаькхна, доккха са а даьккхина, йистхилира иза:

- Iусман, вай доьлхуш Iерах гIуллакх хир дац. ХIара цIа веъний хиъча, юьртара а, арахьара а дукха адамаш догIур ду хIокху керта. ХIинца ша ма-варра хIара нахана гойтийла дац. Корта а баьшна, маж-мекх а лергина, дегI цIандина, бедарш а хийцина, жимма сибате вало веза. ХIокхунна тIедуха, хьайна тIехь долчул совнаха, хьан коч-хеча а дац, Iусман. Хан ца йолуьйтуш Iабдин туькана а гIой, хIокхунна тIехула а, чухула а духар эца. Ахча ас кхана дIалур ду. Ткъа ахь, Медана, дехьа цIа чу цIе а латаяй, цIа а, хи а дохде. Ас дIа а яхана, Дауд схьавоуьйтур ву. Керта-арара дечиг а, кхиерг а юьстахъяккха.

КIант а, нус а сихха араделира. Вовшашка дист а ца хуьлуш, цхьа хан ялийтира Iелас а, Айзас а.

- Хьо чу кхачаре сатуьйсуш Iийра со, Айза. Вайша селхана вовшех къаьстича санна, хьо къанъелла а хир яц, къона сайна хьалха хIуттур ю моьттура суна.

- ХIетахьлера хьан Айза хIинца яц, Iала. Иза берхIитта шо хьалха елла. Ас дукха сатийсира хьоьга. Дийнахь а, буса а хаддаза. ТIаккха догдиллира. Ткъе ворхI шо хьалха махках ваьлла, Сибрех вахийтина ХортIин кIант Овхьад, массара а велла лоруш волу, кхо бутт хьалха цIа веара. ХIетталц хьо дийна хиларх догдиллина Iаш йолчу сан даг чохь юха а хьо дийна хиларе, цIа верзаре догдохуьйлин цIе къедира. И кхо бутт, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб яйна баьккхина ас. Цхьана агIор, хьо дийна хиларе, винчу юьрта, хьайн кIантана тIе цIа верзаре сатуьйсура. Ткъа вукху агIор... Хьо цIа вале суна Iожалла лолахь бохуш, Деле доIанаш дора... Амма Дала жоп ца дели сан дехаршна... - Айза юха а елха йолаелира.

- Хьо хIунда йоьлху, Айза?

- Со бехке ю хьуна хьалха. Со кхечу стагаца еха берхIитта шо ду...

- Хаьа суна.

- Ас хьуна иэхь дина... Сан цIий хьанал ду хьуна...

- Хьан бехкенна хилла а, лелла а хIумма а дац, Айза. Дерригенна а бехке хIара хала зама ю. Замано къастийра вайшиъ вовшех. Замано кхоьллинчу халонаша, баланаша, бохамаша яхийтина хьо маре а. Далла хьалха а, суна хьалха а цIена ю хьо, Айза. Со Сибрех вахча, жимачу шина кIантаца цхьа йисира хьо, Кертахь цхьа гирда бен ялта а, бежана а, атталла газа-уьстагIа а доцуш. Дола дан, гIо дан да-нана а, вежарий а, марзой а боцуш. Со дийна ву-вац а ца хууш, биъ-пхи бутт баьлча, хьайн а, шина кIентан а дола дийр долчу стаге маре яха бакъо яра хьан бусалба динехь. Ахь ткъа шарахь ладийгIина соьга. Айхьа къахьоьгуш, баланаш, халонаш ловш, ши кIант а кхиийна. Цхьаъ Дала дIавигча, шолгIаниг, зуда а ялийна, ваха а хаийна. Хьо маре муха яхана а, хIунда яхана а хаьа суна. Оцу тIехь вайшиннан къамел, цунах лаьцна кхин дуьйцур доцуш, чекхдоккхур ду вайшимма. Со даггара къинтIера ваьлла хьуна, со санна, и Дела а волийла хьуна къинтIера. Ахьмад ас даима сий деш, лоруш хилла, хьекъале, оьзда, доьналле къонаха ву. Кхуза схьаоьхучуьра адамаш севцча, хьох дага а волуш, паргIатехь охьа а хиъна, охашимма къастор ю вайн юкъаметтиг. Дала ма-бохху, бусалба дино, шариIато ма-бохху. Цхьа а вуьйр а вац, цхьанна а бохам а бийр бац. ХIинца хьо цIа гIо. Ахьмаде а хаийта хIара гIуллакх...

Айза дIаяхара. Къена, гIорасиз шен Iала ойланаш ян цхьа а витина...

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Adurahman (11 мая 2007 16:55)
Assalamu 1alaykum salam marshalla du! San sih-siha hula khu saytate hajar, dokha barkalla du shuna bolh barna. Asa bokha payda ocu shun saytah, nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.
2) admin (13 мая 2007 16:54)
Цитата: Adurahman
nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.

Ва Iалайкум салам!
Абдурахман, Дала мукъалахь, цхьан баттан хенах иштта дийра ду вай
3) shilmalh (17 мая 2007 16:41)
БIешерийн дохалла нохчийн
халкъан маршо, сий лардеш, шайн
синош дIаделлачу кIентийн а,
йоьIарийн а хьурматана.


ma haz ela du
4) ALASH (18 мая 2007 00:06)
ASALAMU ALAJKUM.SALAM MORSHALA DU MASARGA A DOKXA BARKALA SHUNA.
5) shilmalh (27 мая 2007 19:19)
вайн бутт чаккх болаш бу книг мац гур ю вайн?
6) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
7) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
8) ... (3 января 2008 14:06)
kritik,
Не говорите о мусульманах того чего не ведаете, ибо окажись ваши слова ложью вы сами станете тем кем обзывали.Хьадис ду и маь1ан долш.Са хьоьц къийсйал гулкх дац, пайд хир боци ха сун хьалхехь.амма кхи хума дацахь хьай син сий да хаъ.стаган т1аьхьшхул к1илло бе ца лоь.




ас йешна хар книга цуьн хьалхар йог1ш шиа.сун хиццалц массо книгал хаз хетш ерг Айдамирови "Лаьмнашкахь ткъес" яр.Хар "Дарц" цулла а хаз хетит те аьл хетш ю.х1ора а дош бохуг сан цхьа леин к1аргдин йаздин долш сан хетлуш ду цуьн.баккъала а дик яздархо ву и. Нохчи маьрш ирсе баьхн хан нех кхетмашк чулацлуш яц,цу кепар г1ело латтийна вайн т1ехь х1инца а латтош ю,дукх хьолехь вай бодне хиларо,берш сан дог ц1ен хиларо талхин ду вайн г1улкх. Цу дарц т1ехь дик гойтш ду и автора.Ойл ен дол адам дуккха а хуман дуьхье кхиор волш язйин ю и книг.Бусулб нахан пайдехь а хет сун из.Дел рез хийл и кху т1е яккхинчун.Цхьанах Россияхь волчун типографны издани оьшуш хилахь кхузахь язйе. вайг далург дир ду вай Далмукълахь
9) Рамзан (8 февраля 2008 22:38)

Абузар Айдамиров интервью ю кхузахь:Массо а нохчо вукх бакъ!


http://fr.youtube.com/watch?v=SimjjAFRC2
M&feature=related
10) kritik (15 марта 2008 14:42)
Хьажахь ..., хо дукхяхарг, аса цхьанадена айса дуьненачохь йоккхучу хенахь сайна к1илло ву ала меттиг битина бац хьуна. То, что я сказал было сказано, чтобы люди знали, кто он такой на самом деле. Это человек, который проклинал муджах1идов ещё в первую войну, поверь я знаю о чём говорю. И не смей называть людей к1иллой, хьо цхьажимма оьзда хума ялахь, иначе рискуешь нарваться на конкретную грубость

Это для тебя, ...
abuzar ajdamirov: Патриотами были наши отцы, которые в Великую Отечественную воевали не за вознаграждение, а за Родину. Сегодня с обеих сторон воюют наемники, потому что и те и другие совершенно не жалеют беззащитное население. Стоит ли ради операций против бандформирований численностью несколько тысяч человек превращать в потенциальных врагов России 200-300 тысяч законопослушных граждан?!
http://www.ng.ru/regions/2000-06-10/4_pr
osveshenie.html
http://www.svoboda.org/programs/sp/2003/
sp.092603.asp
ну и что ты после этого скажешь, весь мир ведает, а ты не ведаешь?

Писатель в своей статье не обошел вниманием и тему выборов, при этом прямо, без обиняков заявив: "Я отдаю предпочтение Кадырову". И приводит при этом свои аргументы: "Мне кажется, что он очень смелый, решительный человек, он единственный из тех, кого я знаю, который сможет навести в Чечне порядок. И он был со своим народом все это время"
http://209.85.135.104/search?q=cache:773
OaVK9BBkJ:www.regnum.ru/news/163089.html
+%D0%90%D0%B1%D1%83%D0%B7%D0%B0%D1%80+%D
0%90%D0%B9%D0%B4%D0%B0%D0%BC%D0%B8%D1%80
%D0%BE%D0%B2&hl=fr&ct=clnk&cd=34&gl=fr

если тебе недостаточно, того что я привёл, то у нас с тобой просто разное понимание об Исламе, чести и достоинстве и нам нечего обсуждать
11) isa (23 марта 2008 13:20)
все правильно критик, но не стоит обижаться на женщин:) тем более, кажется, она не очень в курсе того, чем он дышал, а ориентировалась на то, что он писал

ну а ты, ..., безымянная, если будешь так обшаться с людьме, можешь нарваться на болле грубого и менее воспитанного человека, чем он, делай выводы
12) Рамзан (23 марта 2008 23:18)

Суна цуьн книгаш ч1ог1 дик яз йина ма хета.К1оргер нохчий мот хууш
цунна хилар билгало из.Бакъдерг дицич цуьн оцу интерьвью ла доьг1ч ,ва нах и книгаш язйнарг из хиллийте аьлла а хета.
Х1окху дуьнен чуьр некъаш дукх чолхе хьийзин ду,ца кхетта хир вукх и.
Хьан къам х1аллак дан чу веана волчу мостаг1ц барт хилар,со ца кхет оцу...нахах.
13) kritik (26 марта 2008 01:25)
Иса,да я и не обижаюсь, просто, согласись, что это не очень приятно, когда тебя чуть ли не трусом обзывают, тем более из-за такого чела

Рамзан, дукха бу вай, шай дег1маш а, синош а оцу боьхачу керстанна д1адоьхкина а ца 1аш, вай а х1унда ца духку бохуш цецбуьлуш берш. Цу мог1арашкахь тоъал дика яздархой а бу. Вай дозалла да дезарш кхиберш бу-Яндарбиев Зеламха, Юсупов 1илман, Байхаджиев Зайнди, Бисултанов Апти, Сулейманера Джамбулат иштта кхид1а а.

Если мы будем гордиться предателями, то мы становимся соучастниками их предательства.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека