Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком


Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Мнения
Популярное
Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Дарц
Дарц Абузар Айдамиров
V. КЕРЛА АДАМАШ, ШИРА АМАЛШ

Хьуна тIехь угIур ю
Къанъелла меца борз,
Хьоьха дог лозур ду
Iаьржачу хьаргIанан...

Халкъан илли

1

Iуьйранна хьалххе самавелира Iела. Малхбалехьара схьагIерта де хIетта гучудала гIертара хил дехьарчу регIа тIехула. Тайп-тайпанчу аьзнашца кхойкхура лулахойн нIаьнеш. Хезара гена доццуш дегаза летачу къеначу жIаьлин йишхаьлла гIовгIа а.

ЦIийнан доьзал набарха балаза бара. Берех цхьаъ гIенах цхьанна оьгIаздахана луьйра. Оцу буса хьаша а веъна, мотт гатбелла, ца тарлучу цара юргIа къуьйсуш, наггахь вовшийн човхабора, дIасатоьттура, юха а, тап олий,
дIатуьйра.

Самадолучу Iаламе ладегIахь а, Iелин ойланаш генахула хьийзара. Цунна хIинца а теша хала дара шен даймахкахь, ша винчу юьртахь, маршонехь ву бохучух. Цо сатийсира хIара де тIекхачаре, ара а ваьлла, дуьнене бIаьрг тоха. ХIинца цунна гур ю ша вина, бераллехь левзина меттигаш. Цаьрга а хьоьжуш, цо дагалоьцур ю шен декъаза бералла, къаьхьа къоналла. Гур ду дайн кешнаш. Хьанна хаьа, шен Айза, Iумар, Iусман ган а мега. Цаьрга цкъа бIаьрг тоьхча, ша велча а шек ца волура иза.

Дагабаьхкира каторгера шен накъостий а. «ХIун деш хир бу те суна сайн кIентийн метта хилла Петро, Кирилл, Датико, кхин иттаннаш накъостий? Схьахетарехь, уьш хьун хьокхучу дIакхачча бохкуш хир бу. Ткъа Николаз? Иза кхана кхочур ву шен юьрта. Дала дукхавахавойла иза. Сибрехь, дуьненах а дог диллина, сецна Iаш волу со цIавалийнарг иза ма ву. Дала мукъалахь, цигахь бисина сан накъостий а арабевр бу оцу жоьжахатера. Уьш къона бу, царна тоьхна хенаш дукха яц. Хан чекхъяллалц Iийр буй ца хаьа. Кхиберш санна, бовдур бу. Юха а шайн цIа а бирзина, маршонехьа къуьйсур ду. Везан Дела, аьтто белахь церан, Iалашбелахь уьш! Хьекъале, майра, къона уьш хIаллакьхилар кхоам бу. Цара дош делла суна, шаьш маьршабевлча, сан хIусаме бахка. Нагахь санна Нохчийчохь керла гIаттам болалахь, масех бIешарахь шен маршонехьа къуьйсучу сан декъазчу къомана орцахбовла. Сан халкъана а, суна а хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца суна гIо дан...».

Iела шен ойланех юкъахваьккхира, хьала а гIаьттина, товханехь цIе лато тохаеллачу хIусамнанас. Дукха хан ялале цIе кхерстира кхерча тиллинчу ножан дечигах. Iелина там беш, коьрте кхин ойланаш туьйсуш, лестара хIусамненан карахь цаца. ХьалагIаьттина хIусамда, бедарш тIе а юьйхина, гIуммагIа карахь, вист ца хуьлуш, аравелира. ХIинца хьалагIатта мегаш дара Iела а. Ша чохь вуйла хаарна кхоьруш санна, схьаэцна, шен миска барзакъ меллаша тIе а дуьйхина, кога валенкаш а оьзна, чуьра аравелира иза. Уггар хьалха кешнашка ваха дагадеара цунна. Ден а, ненан а, Лоьмин а кешнийн баьрзнаш тIе хIотта. Амма тахана цкъа цига гIойла дацара. ХIара «керста муьжги» шайн кешнашка хьийзар дезар дацара нахана.

Сийсара шена ши чурт гинчу гу тIе хьалавелира Iела. Цигара дIахьаьжча, кера юккъехь санна, гуш яра юрт. Iела Сибрех вахале динчарах цхьа наггахь цIа диснера. Шира дитташ а къанделлий, хедийний дIадевллера. Цхьадерш, генаш а хедийна, чIанадаьхнера. Къанделла, пайда ца лучу девллера шовзткъа шо хьалха Iелас дийгIина бIарийн синтарш а. Мацах цкъа цо шайн коре боьгIна Iаж а бакъабеллера. Беккъа цхьа малх бара, хьалха санна, схьакхеташ а, чубузуш а. Кхидерг дерриг а хийцаделлера.

Хийла сатийсинчул тIаьхьа, хIинца шозлагIа хьоьжура Iела даймехкан Iаламе. Амма Хонкарара цIа веъча а, хIинца а цхьатера яцара дог-ойла. ХIетахь, мел къенмиска хиллехь а, цIахь къона Айза а, ши кIант а вара, къона хиларе терра, ша а дуьненах Iехалора, стеннах а самукъадолура, кхана-лама дахар тодаларе сатуьйсура, догдохура. Халачу дахаро теIош, хьоьшуш, ницкъ иэшийна, къанвеллачу, мел ваьхча а, шина-кхаа шарахь бен вехар воцчу цуьнан кханенга сатуьйсийла а дIаяьллера хIинца. Доьзалх хилларг а ца хаьа. ДегIехь ницкъ бац. Къаналло герга ийзайо Iожалла. ХIинца цо сатуьйсург Iожалла яра. Амма цунна лаарх, иза хир яц, Дала тоьхна хан тIекхаччалц. Шен лаьтта тIехь ваха ца витинехь а, хан тIекхаччалц кхузахь ваха а, вала а, шен каш хила а лаьара цунна. Юха а кхузара дIа а ваьккхина, нехан хийрачу махкахь шен каш хиларна а кхоьрура. ХIинца цунна кхин хIумма а ца оьшура, кхузахь цхьана тоьли чохь паргIат ша вала витичхьана, велча, иттех дол латта делчахьана.

РегIа тIехула хьалаайабеллачу маьлхан шийлачу зIаьнаршна кIел дети санна лепара семсачу лайно дIахьулдина Iалам. Iелина уллохула тIех а буьйлуш, шовданна тIеоьхура Iуьйранна даьхний хи тIе далош а, хи эца а богIу зударий. Улло нисбелча, къаьрззий цуьнга хьовсура уьш. Наггахь зуда, ша тIехъяьлча а юхахьоьжуш хуьлура. Эрна дуйла хуъушехьа, Iела а хьоьжура баккхийчаьрга, евзарг гаре догдохуш.

Пхьаьрсех тийсина гIели диллина цIеста кIудалш а йолуш, вовшашца забарш а еш, зевне йоьлуш, ши йоI тIехъяьлча, Iелина карлаелира шен декъаза къоналла. IелагIеран цIийнан корехула дIахьаьжча гучу лулахойн бешан маьIIехула схьахьаьвзачу урамехула, хIинцца тIехъяьлла яхана и ши йоI санна, пхьаьрсах кIудал а кхозуш, хи эца шовдане йогIура Айза. ТIаккха Iела, цунна дуьхьал а воьдий, и шиъ цхьаьний шовдане доьдура. Айза хи эцна яьлча, изза некъ юханехьа а бора цаьршимма.

И хан а, хIетахь лелийнарш а гIан дагалоьцуш санна хетара Iелина хIинца. ХIетахь дуьйна шовзткъа шо сов хан яьллера. ХIинца вац хIетахьлера Iела. ХIинца иза къанвелла, къежвелла, букархьаьвзина, баланаша, бохамаша юьхь аьхна, настарш а шелъелла...

«Нагахь дийна елахь а, гича Айза евзар ярий те суна? - дагадеара цунна. - БIаьргаш девзар дара. Уьш цхьа ша тайпа, кхечарах тера доцуш ма дара. Хьекъале, къинхетаме, эсала. Iаьржа, безаман цIаро лепош. Уьш девзар ма ду суна, дуьненарчу дерриг а бIаьргашна юкъахь».

Цигахь хIоьттина латта кIордийча, цIа верза ойла хилла, цкъа дIа а волавелла, тIаккха мухха делахь а, вуха а вирзина, шина чуртана тIевахара Iела.

ГIайракхан тIулгах цхьатерра кечдина дара и шиъ. Цхьана говзачу пхьеро царна тIехь лерина дехкинера туьран, шаьлтанан, тоьпан, тапчин суьрташ, чоин бустамаш а. Чарташна тIехь Iасанан, суьлхьанийн суьрташ цахиларо гойтура, и ши чурт къоначу нахана, тIемалошна доьгIна хилар. Говза яздинчу Iаьрбийн йозанашна тIера басарш мохой, малхой дIадайинехь а, Iелига цIераш ешаелира. Цхьанна тIехь цуьнан вешин, Аьрзун цIе яра, ткъа вукхунна тIехь... цуьнан шен цIе! Шен шина бIаьргах ца тешаш, юх-юха а йийшира цо и цIераш. ГIалатволийло дацара. И ши чурт цунний, Аьрзуний доьгIнера.

Шена хIоттийна чурт гича, цкъа дегIе зуз хьаьдира Iелина. ГIенах хуьлура ишттаниг. Ткъа хIара дерриг а сомах ду. Цхьа хан яьхьира цо, догдоьхна. Амма иза цIеххьана хазахетарца хийцаделира. Аьрзуна а, цунна а цхьамма чарташ доьгIна. ХIета Iелин ши кIант дийна ву. ХIокху шинна чарташ догIа кхин стаг вац, Iумар а, Iусман а воцург. Iелин дахаре болчу безаман цIарах бисинчу гIийлачу суйнах цIе летира.

«Ма тамашийна дуьне ду-кх хьо, - ойла йира цо. - Къанвелча а, вала ца лаьа. ХIара дуьне къахьделла, велла дIавалар гIоли ма ю аьлла бIарзвелча а, дикане цхьа кIеззиг догдохийла гучуяьлча, мелла а ваха лаьа. Кханенга сатуьйсу, оцу кханено, ламено шена берриг а дика болх бохьур болуш санна, къаналлин шераш охьа а оьзна, къонвийр волуш санна, цамгарех цIанвина, шена могашалла лур йолуга санна, къелла йицъеш, хьал-бахам лур болуш санна. И мерза ойланаш а еш, буьйсанна охьавуьжу, наб кхеташ а, ца кхеташ а, ахI-ихI деш, узарш деш Iуьйренга ваьлла, бIаьргаш диллича, цхьа а хийцаделла хIума ца карадо. Керла баланаш, гIайгIанаш йохьуш догIу хIора керла де.

Лекха лам хадор санна хIума ду стеган дахар. Оцу ломан буьххье хьалаваьлча, шена хьалха хIетталц массарна а къайле хилла лаьттина керла дуьне схьаделлалур ду моьттуш, оцу буьххьехь шана дуьненан ирс карор ду моьттуш, цига хьалагIерташ, шен берриг а къона ницкъ кхачабо адамаша. Ткъа шен дахаран хан дIа а луш, шовзткъа шарахь некъ бина, оцу лакхенга а ваьлла, дIахьаьжча, хIумма а ца карадо. Мелхуо а, и ша реза воцуш яьккхина шовзткъа шо хан ирсе хета, юханехьа цуьнга сатуьйсу, иза дагалоьцу. ХIунда аьлча, хIинца оцу ломара охьа некъ бан беза цо. Иза къаналлин некъ бу. Иза лаха, ломан вукху агIор когашка кхаьчча, цуьнга хьоьжуш, кIел хиъна Iаш Iожалла ю. Ткъа хьанна хаьа, оцу ломан бухьа тIера охьа, лаха когашка кхаччалц цо некъ беш, цунна тIе хIун догIур, цунна хIун гур? Ткъа хIара дуьне баланийн, гIайгIанийн, буохамийн цIа ма ду...».

«Нагахь хIара чарташ доьгIначул тIаьхьа ши кIант неллехь? Со Сибрех ваханчул тIаьхьа тIом ма хилла кхузахь. ХIетахь цаьршиннан ялхитта-вуьрхIитта шераш хилла хир ду. ТIаме боьлху хенаш ма хилла цаьршиннан. Аьрзу а, со а дуьххьара тIаме воьдуш, цаьршиннал жима ма вара. Аьрзун вуьрхIитта, сан пхийтта шо. Оцу тIаме ца воьдуш Iийна хир ма вац и шиъ. Ден чIир екха. Деден а, девежарийн а чIир екха. Оцу тIамехь и шиъ вийнехь? Нагахь дийна висинехь, лаьцна, Сибрех вахийтинехь? Гур вуй те суна и шиъ? Везан Дела, ахь динчунна, хьан кхиэлана реза хир ву-кх со...».

Ша буьйса яьккхинчу керта вирзина Iела, цIа чу а ца воьдуш, ма-воьдду божали чу вахара. ХIусамнанас сийсара хьехийна кхелли дIаяккха дагадеара цунна. РагIун кертахь цхьана маьIIехь лерина тIекIел йиллинчу кхеллин боккха барз бара. Схьахетарехь, иза беша яржо яхкаялийта гулйинера цига. Цкъа ойла хилира Iелин, оцу кхеллих дан дезарг хIусамнене хатта. Амма хьешан дагахь дерг хиъча, цо бакъо лур яцара и болх бан. Кертал дехьа беша а ваьлла хьаьжча, цигахь цунна карийра рагIу чуьра схьатийсинчу кхеллин жима барз. Шеко яцара, рагIу чохь йолу кхелли а оцу тIе таса езаш хиларан. Божали чохь шада а карийна, тIера кетар дIа а яьккхина, хIусамнанна ца хоуьйтуш, къайллах болх болийра цо.

2

Болх чекх а баьккхина, серагех дуьйцина динчу лохачу хьаьвди тIе охьа а хиъна, садоIуш, Яьссига хьажа ваха дагадеара Iелина. Яьсси хи чохь чекхйолура кхузарчу берийн ерриг а аьхке. Цхьаццанхьа тогIин шина а агIор лекха бердаш дара. Оцу бердашна кIел, куьйгаш хьала а лаьцна, чу ирахIоьттича, и куьйгаш а хьулдеш кIорга айманаш хуьлура, тIехула хьере бурош а хьийзош. Ханна даккхий бераш оцу айманаш чохь луьйчура, кегийнаш хи гомхачохь луьйчура.

Лийча кIордийча, я гIамарлахь керчаш, малхехь Iохкура бераш, я тIехь бедарш а йоцуш, дерзина бердашца хьаладуьйлура, олхазарийн баннаш чуьра я хIоаш, я кIорнеш схьаэца. БIаьстенан юьххьехь дуьйна, Iа герга гIортталц оцу бердашца хуьлура бес-бесара олхазарш. ХьаргIанаш, къийгаш, алкханчаш, кхокхий, бухIанаш, чIегIардигаш, маьрсаьлдигаш, тайп-тайпана хьозарчий а. Бердашца харанашна а, Iуьргашна а чохь баннаш хуьлура церан, дукхахдерш адам тIе ца кхочехь. Церан маьхьарша Яьссин гIовгIа а къарйора.

Iай а ловзура бераш Яьссин тогIи чохь. Хина бинчу стоммачу ша тIехь, шодмаш етташ, даьндаргаш хьийзайора цара. Юьртара охьа тогIи чу буссучу новкъахула охьа куьйга-салазаш, кIег-салазаш а хоьхкура. Мацделча а цIа ца доьлхуш, тогIи чохь йолчу хьуьнхара хьаьмцаш, элхьамчаш, хьорамаш а дуура.

Цига а вахана, шайн бералла дагалаца Iелин сацам хилча, ши чурт долчу гу тIера схьа чIоггIа бетта мохь хезира цунна:

- Ва-а-а, ладогIалаш, нах! ЛадогIалаш!

Iелас ладуьйгIира.

- Делкъан ламаз а дай, маьждиган майдана гуллолаш! Тахана юьртан гулам бу. Хезий шуна, нах, делкъан ламаз а дай, массо а маьждиган майдана гулло, юьртан гуламе!

Туркхан маьхьаро Iелина карлаяьккхира генна дIаяхана хан. Юьртан юкъараллин гIуллакхаш оцу маьждиган майданахь дийцаре дора наха. Цигахь, гуламехь чIагIйора юьртан къаноша йина кхиэл. Къанойн кхиэл юьртахоша кхочушъярна тIехь тергам латтабора гуламо хаьржинчу баьччас. Цо буьгура юьртахой тIаме а. Юьртан къаной хоржура уггар хьекъале, оьзда, собаре, къинхетаме, догцIена, хьанала нах. Юьртарчу нахана юкъа галморзахаллаш яьхкича, дов даьлча, оцу къаноша нийса кхиэл йора. Озабезам ца бора шайн дегахьа, вежаршкахьа, кIенташкахьа, гергарчу нахехьа. ХьагI-гамонца харц кхиэл ца йора шайн мостагIчунна а. Оцу къанойн Iедал -шариIат а, нохчийн къоман Iадат а дара, церан Iалашо -юьртахь машар, барт, нийсо, беркат латтор яра.

«Муьлш бу те хIинца юьртан баьчча а, къаной а? Цара кхиэл а муха йо те? Цигахь хIун до хьажа веза со», - сацам бира Iелас.

Делкъан ламазана молла кхайкхинчул тIаьхьа цхьа сахьт хан а ялийтина, хIинца цига адамаш гулделла хир ду аьлла хеттачу хенахь маьждиган майдана вахара иза. Цига дикка адамаш гулделлера, амма тIеоьхучеран тIаьхье хадаза яра. Кхузахь деш дерг шена бен ца хетачуха, я ша ца кхетачуха, амма цара дуьйцург дика хезар долччу, майдана богIучу беа урамах цхьаьннан керта улло а хIоьттина, нах тергалбора Iелас.

Мухха хиънехь а, Гати-Юьрта «гIалгIазакхи» веъний хиънера нахана. Хетарехь, Iела тIевоьссинчу цIийнан хIусамненера дIа зударшкахула даьржинера. Iелина уллохула тIехбовлучу наха, куьг а лоцуш, маршалла-могашалла хоттура цуьнга. Къамел доца хуьлура, шина-кхаа дашца, дисинарг куьйгашца, доьлучу бIаьргашца дуьйцура.

- Как дела, муьжги? Матушка яхши? Баранчук яхши? Баранчук чорак ест? - хоьттура цара, чIоггIа Iелин куьг а Iуьйдуш.

Цара буьйцу и «оьрсийн мотт» нохчашлахь баьржина дукха хан яра. Жима волуш дуьйна Iелина а хаьара иза. «ГIуллакхаш муха ду, муьжги? Зуда могаш юй? Бераш могаш дуй? Берашна сискал юй?» - хоьттура цара Iелига. Массарал а тIаьхьа вогIучу, буьрса юьхь йолчу лекхачу стага, ша маршалла хаьттина ваьлча, нехан тоба йолчухьа дIаозийра Iела:

- Вало, гIазкхи, гуламе. Тхан юьртда селхана Ведана, шен ден цIа вахана веъна. Цо тхуна хIун совгIаташ деъна хьожур ву хьо.

Iела ца вахара цуьнца. Нехан хеттарех къехкара иза. Хьанна хаьа, юьртдас кехаташ хаттахь а. ТIаккха нахана хуур ма ду хIара мила ву.

Маьждигана гонаха йинчу аьчкан кертана арахьахула охьадехкинчу аннашна тIе охьа а хевшина, вовшашка лохха къамелаш деш Iара баккхий нах. Бисинарш тIехIиттина, цара дуьйцучуьнга ладоьгIуш а, шайн-шайн тобанаш йина, къамелаш деш а лаьттара. Нехан яххьашна тIехула бIаьрг тоьхча, хиира Iелина шаьш кхуза гулдинчу гIуллакхана уьш цуьрриг а реза боцийла, дегаза гулбеллийла а. Амма, мел хаа гIертарх, цунна ца хаьара оцу баккхийчу нахах баьчча мила ву а, къаной муьлхарнаш бу а. ТIаккха уьш хIинца а схьакхаьчна хир бац аьлла хийтира цунна.

ТIеоьху адамаш севцча, гонаха керт йоцуш, ша къаьстина лаьттачу цIенойн гIишло чуьра араваьлла масех стаг веара майдана. Хьалха вогIучу буточу, лекхачу стеган коьртарчу куйнна хьарчийна кIайн чалба а, гIодаюкъ къевллина дихкина цхьа куьг шуьйра Iаьрбийн доьхка а дара. БIаьргех доьхкина куьзганаш а, кара лаьцна суьлхьанаш а долуш, юткъа-еха хьаьрса маж а йолуш, кегий гIулчаш йохуш, цунна тIаьхьауьдура юккъерчу дегIара эгIаза стаг. Хьалхарниг хьаьжо хилар билггал гуш дара, ткъа хIара шолгIаниг моллех тера хийтира Iелина. Духаре а, боларе а хьаьжча, важа шиъ а таро йолчу нахах вуйла хиира цунна. И виъ стаг тIекхаьчча, майданахь къамелаш лагIделира.

ТIаьхьа тIевеъначу веаннах цхьамма, говран коьртах тера еха юьхь а, мукадехкачух тера муцIар а, бIаьргаш а, йоцца лергина хьаьрса маж а, хаза тодина дуткъа мекхаш а долчу лохочу дегIарчу верстинчу стага, гонна юккъе а ваьлла, куьг хьалалецира.

- ХIа-хIани, нах! - мохь туьйхира цо гIоргIачу озаца. - Шуна ма-хаъара, вайи укурган началника кхайкхина Ведана вигначуьра селхана сарахь цIа кхаьчна со. Пурстопал тIех а ваьккхина, лаа кхойкхур вац полконака шена тIе. Со дIа хIунда кхайкхинера, цо соьга хIун аьлла дуьйцур ду ас шуна. Царах хьалхарниг ду вайн юьртарчу наха Iедална такхамаш цабар. ДIадахначу шерийн шуна тIехь дисина декхарш дуьйцур ду ас шуна...

Нахана юккъехь, реза боцуш, гIовгIанаш евлира:

- Тхайна тIехь дисина декхарш дагахь хаьа тхуна!

- Уьш-м бIозза дийцинера ахь!

- Кхин керланиг делахь, и дийцахьа, СаьIад!

- Бакълоь, БIаьштиг. Кху шелехь эрна хан яйа ца оьшу...

- Керланиг дийца лаьа шуна? Лаахь, иза а дуьйцур ду, -шен гIовталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат даржа а дина, цунна тIехьаьжира СаьIад. - Соьмаш а, кепекаш а ягарйийр яц ас. Пачхьалкхан налог дезткъа туьма. Юьртан юкъарчу гIуллакхашна яла еза налог шийтта туьма. Юьртан махка тIехь дика некъаш а, тIайш а, юьртахь цIена хиш а хила-м лаьара шуна, амма оцу гIуллакхашна харж ян ца лаьа. БIаьн налог ю ткъа туьма. ХIора юьрто оц-оццул налог ца елча, иза мел IаьIа хаьий шуна? Аш ахча ца делча, Нохчийчохь эскарш кхабалур дуй те Iедална?

- Дера деза хIета шайн Расе дIадига. Нохчаша дехна а, хьошалгIа кхайкхина а ца далийна уьш кхуза, - мохь туьйхира хьалха лаьттачу лохачу, векъначу, беркъачу воккхачу стага.

- Янаркъа, и эскарш вайн дехаршца а, хьошалгIа а кхуза далийнехьара, тоххара дIадахана хир дара. Патарма буза а ахьар доцчу хьан кертара уггар хьалха а доьлхуш. Вайга хоьттуш схьа а ца далийна, вайна лаарх дIа а дуьгур дац. ТIаккха, салт цадовлархьама, вай токху налог дезткъе итт туьма ю юьртана тIехь. Салт ваьллачунна хьакхин жижиг даадо, керстанашца вижар-гIаттар хуьлу, цара кечбина кхача баар къилахь ду бохуш, салт довла а ца лаьа шуна, я шаьш цIахь дитарна тIера Iедална налог а ца ло. Я пачхьалкхан декхар охьадилла, я яханчу бIаьста эскаре а бевлла, япон тIаме бахначарна тIаьххье дIагIо. Цхьана шарна тIаме вахначунна ткъе диъ туьма ахча делла Iедало. Иза цхьана стеган бахам бу! Шо кхочуш доллу Аьрсамирзии Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а тIамехь волу. Бакъду, Солтханан Солта, цхьа пхьарс а баьккхина, цIа веъна. Пхьарс баьккхинехь а, ахча хилла-кх цунна. Iедало цхьа кепек а ца луш, тIаме боьлхуш, чевнаш а хуьлуш, байа а бойуш схьадогIуш дац хIара дуьне? Иштта туркойн тIаме ца даханера тхо а? Цига вахначу тхо веаннах кхоъ цIа веара. ХортIин Асхьабан цигахь Iожалла хилира, Сатун Солтха, пхьарс а баьккхина, цIа веара. Иштта хIума ма ю тIом. Я тIаме гIуо, я тIаме бахначарна дала Iедална ахча луо. ТIаьххьара а кхин цхьаъ ду. ДIабахначу баттахь Оьрза-гIалахь лачкъийначу шина говран лар вайн махка тIехь сецна. Церан мах ткъа туьма бу. И ахча хIинца а схьа ца делла аш...

- Вайн махка тIе ялийнарг харц лар ю! Тхоьгара гIуда даккхархьама ялийна!

- Вайн эвлахь къуй бац!

- Хилча а, шайн юьртана ямартло йийр яцара. Кхечу ярташкарчу наха дина иза.

- Шайн ворхIе дена неIалт хуьлда и къола динчарна!

- ГIовгIанаш совцаел, нах! - ши куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира СаьIада. - Вайн юьртахь къуй бац элира ахь, Доша? Хьуна уллохь лаьтта Хьомсуркъа мила ву? Эвлаяъ ву иза? ДIога лаьтта Мудар малик ду? Цо къаьркъа стенах муьйлу? Теркал дехьарчу гIалгIазкхийн а, ногIийн а даьхний лечкъош хене волуш вац ткъа Хьомсуркъа? Цо стенах эцна тоьлла говр а, дика герз а? Полконака омра дина, юьртана тIехь долу ши бIе шовзткъе итт туьман диъ сом а, къоланна тоьхна ткъа туьма а кхо бутт балале Ведана укурган хазне охьа ца диллахь, ша бIаьста йоллушехьа кхуза тражникаш а, салтий а бахкийтина, чуьра йийбар, сал-пал дIалахьор ю, тIе цхьацца нах Сибрех а бохуьйтур бу аьлла. Шу паччахьна дуьхьал ду, шайн юьртдас а, къаноша а аьллачуьнга аш ла ца дугIу, аш йийриг бунт ю боху цо. Цул совнаха, полконакна хиъна, Зеламхас шен обаргашца вайн юьртахь буьйса яьккхинийла. Ас дуьххьал дIа боху шуьга, Доша, Хьомсуркъа, и обаргаш а, къуй а кхуза ма кхийла, хIокху юьртана бохам боккхур бу аш. ШолгIа иштта меттиг хаалахь, кху юьртахь виллина Iен гIалгIазкхийн бIе дошло воуьйтур ву ша а боху полконака. ТIаккха атта хир ду шуна дуучуьнца-молучуьнца уьш а, церан говраш а кхаба. ТIехула тIе, герз лелор нохчашна дихкинийла шайна шал шера хуъушехьа, герз ги а доьллина веъна шу массо а кхуза. Цуьнан хIун до аш, ги а доьллина лелийна? Шу хьанах лата, мила вен дохку? Я шух лата, шу дайа гIерташ мила ву? Шун чIир а хьаьнца ю, шуьца чIир а хьенан ю? Цкъа марах дер ду шуна и герз. Иза шуьгара схьадаьккхина а ца дуьтуш, ла ца даллал гIуданаш деттар ду шуна, ткъа цхьаберш бахнарш юха ца богIучу Сибрех а бохуьйтур бу...

- Шу айкх ца дийлахь, Веданахь волчу полконакна кхузахь оха хIун леладо хуур дац!

- ГIалгIазкхашна йоллу бакъонаш хила еза нохчашна а. Цхьана паччахьан Iедална кIел хилла ца Iаш, гIалгIазкхашца цхьана махкахь, цхьана лулахь дехаш ду вай. Нохчашна герз лелор дихкина, ткъа гIалгIазкхашна, лело бакъо елла ца Iаш, доцчунна маьхза ло иза!

- ГIовгIанаш ма ейша, хIай, нах, хIай! - Iаса хьалалаьцна, мохь туьйхира чалба йолчо. - Герз лело бакъонаш йоькъург хIара СаьIад ву-м ца моьтту шуна? Полконака шуьга дIаала аьлла, шена тIедиллинарг ду цо дуьйцург. Шаьш реза дацахь, Ведана а гIой, оцу полконакна хьекхийша и маьхьарий. Шу хIун адамаш ду? Иэхь-бехк а, гIиллакх а бохург хIун ю а хаьий шуна? Къамел дан витийша и стаг!

- ЛадогIа, нах, ладогIа, - хьала а таьIна, лохха вистхилира хевшина Iачарах цхьа воккхастаг. - Шайна хетарг тIаьхьа эр аш. Дийца ахь, СаьIад.

Баккхийчу наха резабоцуш ладоьгIура юьртден кIоршамечу къамеле.

- Сан-м дац дийца кхин хIумма а. Дийцарх, ладугIуш стаг а вац кхузахь. Со мукъа а ваккхий, кхузахь кхин юьртда хIоттаве эр ду ас полконаке. Сан метта хIитто нах шортта бу юьртахь. Хьомсуркъа, Янаркъа, Доша, БIаьштиг. Мудар а мегар ву хIокху юьртана. Цара дийр ду хIокху юьртан дола.

СаьIада дегабаам бича, мелла а гIиллакх лаьцна дIатуьйчу меттана, мелхуо а карзахбевлира нах.

- Уьш хьайл оьшуш-м ца хета хьуна?

- Оха тхаьш хIоттор ву тхаьшна луъург.

- Кхин цкъа а налогаш йийца тхо гуламе ма кхайкхалахь!

- КIордийна, хьехъевлла тхуна и налогаш а, хьо а!

- Цкъа собардейша, нах! - вистхилира Iелина моллех тарвелла эгIаза, бIаьргех куьзганаш долу воккхастаг. - Делах мукъана а иэхь хIунда ца хета вайна? Делах мукъана а хIунда ца кхоьру вай? Бусалба велахь а, керста велахь а, паччахьаш Дала хIиттийна ма бу. Делан лаамца лелаш ма бу. Паччахьаша, церан Iедало, цара хIиттийначу хьаькамаша бохург цадинарг, Далла дуьхьал ма ву. Мила ву хIара СаьIад? Делан лаамца хIоьттинчу паччахьо вайн юьртахь шен Iедал латто хIоттийна стаг ву. Вайн юьртан Iу ву хIара. Жа долчунна хьалха Iуьно санна, паччахьна хьалха вайх жоп ло хIокхо...

- Жана Iу веза, борз ца еза!

- Вайх уьстагIий тардина Iедало!

- Собаре хилийша, муъма вежарий! Аш къобал ца до Делан лаамца вайна тIевеъначу оьрсийн паччахьан Iедал? Делан кхиэлана реза дац шу? Попал хила гIерта шу? Шаьш динчу вочу гIуллакхашна дохкодовла. Дела къинтIера вер ву шуна. Iедало тIейиллина налог, бера[1] , пхи ламаз, ткъе итт марха а санна, вай кхочушдан дезаш пераз ду шуна. Нагахь санна Далла а, Iедална а хьалха вай вешан декхарш кхочунт ца дахь, ялсамане догдохийла яц шуна вайн...

- Тоийтахьа, Хьуьса, и хьехамаш маьждиган мимар чу хIоьттича бер ахь тхуна.

- Тахана ма хецавели хIара!

- Ас цхьа-ши дош эр дара, нах. Пурба дуй суна?

Хьуьса наха къамелах юкъахваккхарх пайда а эцна,
гонна кжъавелира цхьаъ. Iела гуламе кхойкхуш шеца дIаийзийнарг вара иза.

- Делхьа, Хьуьса, масийтта шарахь нохчийн цIий а Iенош деъна хIара оьрсийн паччахьан Iедал Делера ду боху ахь. И паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу боху ахь. Бакъ ду иза. ХIара дуьне-Iалам Дала кхоьллина а, цуьнан лаамца лаьтташ а ду. Ахь цкъа дийцира тхуна, паччахьаш, хьаькамаш шайн куьйга кIелхьарчу адамашна юккъехь нийсо еш, церан дола деш, царна рицкъанна гIайгIа беш, догцIена, хьанала хила беза бохуш. Ахь масална валийра Iумар-паччахь. Ткъа тахана кхин дуьйцу ахь. Вайна тIехь къизалла, Iазап, харцонаш латтош волу керста оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а, хьаькамаш а хестабо ахь, церан лаам кхочуш цабинарг Далла дуьхьал ву, цуьнан Делерчу къинхетаме догдохийла яц, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву боху ахь. Халкъ Iазапехь латточу, къизачу, ямартчу паччахьашна, хьаькамашна кIел а таIий, лолла а ловш, Iен боху ткъа адамашка?

- Эхартахь Дала цаьрга жоп доьхур ду, Дала йийр ю царна нийса кхиэл... Дала царна эхартахь кхиэл йийр яра бохуш, хIокху дуьненахь церан харцонаш ловш, садетташ ваха веза со?

- Вайга паччахьаш а, лакхара хьаькамаш а хийцалур бац, - юькъагIоьртира кхин. - Амма вешан юьртахь ваьшна луъург дан бакъо ю вайн. ХIара ХьуьсагIар, СаьIадгIар, IабдигIар, ИнарлагIар мерзаниг дууш, хазаниг тIедухуш, месийн назбаршла а керчаш, шишша-кхоккха зударий а хьоьстуш бехаш бу. Ткъа вай екъа сискал а йоцуш, тIелхигаш тIе а кхоьхкина, кенийн мотт-гIайби тIе а дуьйшуш, цхьацца зуда а ца кхабалуш деха. Iедало хIиттийна юьртда а, къаной а дIа а баьхна, кхин харжа беза вай. Нахана юккъехь нийсо а, барт а латтош, юьртан дола дийр долу нах.

- Бакълоь, Доша!

- Кхечу ярташкахь изза деш ду!

- Вай а дац нанна тIаьхьа даьхкина!

- Ас цхьа-ши дош эр дара, а.ш ладоьгIча!

- ЛадогIа, нах! Хьомсуркъа ву вистхила лууш!

- Алал, Хьомсуркъа, хьайна хетарг.

Нахана юкъара схьакъаьстира юкъанеккъара духарца кечвелла, юкъах дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а долуш, шовзткъа шо хенара лекхочу дегIара стаг. Шен даккхийчу, Iаьржачу мекхех хьажо пIелг а хьаькхна, нехан яххьашна тIехула бIаьрг а тоьхна, СаьIадана тIевирзира иза:

- Нах! Шуна хьалха, ерриг юьртана а хезаш, хIокху лаьттачу СаьIада суна къу ву элира. Цундела, шуна массарна а хезаш, хIокхунна жоп дала лаьа суна. СаьIад, со вац къу, дIогара Панта-Хьаьжий, Хьуьсий, Iабдий, ИнарлагIар, ЧIонакъагIар а - шу ду къуй. Аш къайлах-къулах таладо адамаш. Тхьамданаш, шун сий Дала дойла, сан доьзалехь исс са ду, Дала сох тешийна кхоьллина. Оцу доьзална рицкъа даккха латта дац сан. Тхан ден хилла кхо урд кха хIокху СаьIада дуьйш-дерзош ду. И кха, тхан да тIамехь вийча, тхан нана тхоьца, кегийчу берашца, дан амал доцуш, гIаддайна кIелйисча, тхан бохамах пайда а эцна, тхан нанна гирда хьаьжкIаш а елла, шен дола даьккхинера СаьIадан дас, Товсолта-Хьаьжас. Иза юьртана а хаьа. И кха шега дехарх, СаьIада схьа ца ло, иза Iедалехула схьадаккха а я кхин латта эца а сан ницкъ бац. Ас и кха аьхча, оцу тIера со дIаваккха къонаха-м вацара хIара СаьIад, амма Iедале дIа а велла, Сибрех вохуьйтур ву. Iедал хьолахочуьнгахьа ма ду. Аш сан латта лачкъийна, СаьIад. Хьан да Товсолта а хилла къу, хьо а ву къу. Со вац. Со хьанна къола дина гучуваьлла хьуна?

- ОхI! Хье тIехь маIаш йолуш хила веза моьтту хьуна къу? ГIалгIазакхийн, ногIийн, гIумкийн говраш а, даьхний а лечкъош, уьш Нохчмахкахь, Iаьндахь духкуш вац хьо?

- Ас ногIийн, гIумкийн, цхьана а бусалба стеган цкъа кхалла рицкъа ца лачкъийна, СаьIад. Ас Теркал дехьарчу гIалгIазкхийн даьхний лечкъийна. Къечу гIалгIазкхийнаш а ца лечкъийна. Мискачеран цIий муьйлуш болчу, шу тайпанчу, хьал долчу гIалгIазкхийн даьхний лечкъийна. Я нийсса аьлча, цигарчу къечу гIалгIазкхаша хьолахойн лачкъийна, сайга схьаделча, хьала а далош, кхузахь я Iаьндахь дIадухку. Оцу тIера йолучу хIуманах доьзал хене баккха гIерта со. Цкъа доцург, со а, сан накъостий а бахьанехь цхьана а юьртана гIуда а ца тоьхна... Иза а оха, совнаха а токхуш, дIатекхна оцу юьртана. Иза жайнахь муха хир ду ца хаьа суна, Хьуьса, хIинца дуьйна дIа цхьа ойла ю сан. Теркал дехьарчу сан хьешашагIалгIазкхаша даима а соьга даьхний хьала кхоьхьуьйтуш, ткъа со даима а ши куъг лестош царна тIе а воьдуш, гIиллакхе ца хета суна. Схьатоьхча, дIатоха олуш, цхьа кица ду вайн. Иштта, шу цхьа таро йол-йолчу нехан даьхний наггахь мукъана а Теркал дехьа ца дигахь, цигарчу сайн накъосташна хьалха юьхьIаьржа хуьлу со...

- Тхан даьхний а дигна, стигла вала воллура хьо, лаьттах вола воллура хьо, Хьомсуркъа?

- Стигла а ца волуш, лаьттах а ца вулуш, Зеламхех дIакхетар вара-кх, Инарла.

- Хьайца со а вигалахь, Хьомсуркъа!

- Зеламхина ца оьшу Хьомсуркъа тайпа къуй а, хьо тайпа малархой а, Мудар!

- ТIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас, - шен къамел дерзо вуьйлира Хьомсуркъа. - Вайн юьртана харцонца тIедожийна ткъа туьма гIуда я Iедале дIадаккхийта, СаьIад, я бехкениг а каравай, цуьнга такхийта. Иза а дан шаыи къонахий дацахь, шайн кисанара дIало. Таханчул тIаьхьа нахана юккъехь диканна а, вонна а сан цIе ма яккхалахь. Со Iедалан бага а ма Iитта. Со дIавоьду кхузара, соьца вогIург схьатIаьхьахIотта.

3

ДIаволавелла Хьомсуркъа а, цунна тIаьхьахIоьттина масех стаг а сацийра, доцца лергина маж-мекх а долуш, оьрсийн духарца кечвеллачу шовзткъе итт шо хенарчу стага.

- Хьомсуркъа, ас цхьа-ши дош аллалц совцийша. Дукха латтор дац шу.

ХьомсуркъагIар дегаза бухабирзира. Нехан гIовгIанаш дIателлац собаре ладоьгIуш а Iийна, мохь ца хьоькхуш, куьйгаш дIаса а ца лестош, оьздда къамел дира стага:

- Юьртахой, вежарий! Кхузахь динчу къамелах сайна хетарг ала лаьа суна. СаьIада дийцинарг округан начальнико шена тIедиллинарг ду. Цунах лаьцна, Iедало лелориг йоккха харцо ю алар бен, кхин дийца хIумма а дац сан. Амма Хьуьсас а, Хьомсуркъас а доцца динчу къамелех масех дош эр ду ас. Хьуьса, хьо Iеламстаг, юьртан къеда цIе йолуш ву. Делан дош адамашка нийса дIакхачо а, церан дегнаш чу дижо а, уьш нийса кхето а декхар долуш ву хьо а, хьо саннарш а. Ахь тахана Делан цIарах, Дала аьлла бохуш дина къамел нийса дац, ахь нийсса бIостанехьа а даьккхина дийцира. Шайн куьйга кIелхьарчу халкъана юкъахь нийсо, барт, машар, иман-беркат латтош, халкъан бала болуш, халкъах доглозуш болчу паччахьашна а, церан хьаькамашна а муьтIахь хила, цара кхайкхийначу Iедалца нийса некъ а бе боху Дала. Амма и паччахьаш а, церан хьаькамаш а, Iедал а харцонаш, ямартлонаш лелош, халкъ Iазапехь, лоллехь латтош белахь, церан Iедал халкъана зуламе, бохаме делахь, царна муьтIахь ма хила, церан метта Ша бохучу некъашца куьйгалла дийр долу, цIена, хьанала, къинхетаме паччахьаш а, хьаькамаш а хIиттабе, Iедал а кхолла боху Дала. Тахана вайна тIехь волу паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, церан Iедал а Дала бохучу некъаш тIера бевлла. Цара халкъаш лоллехь, Iазапехь дахкадо, цара харцонаш, ямартлонаш лелайо, цаьргахь къинхетам бац, уьш къиза бу. Цундела оьрсий а, Россера кхидолу халкъаш а царна реза дац, уьш паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьалдевлла. Ткъа ахь паччахьна а, кхузарчу цуьнан хьаькамашна а реза боцчу нахана жоьжахатица кхерамаш туьйсу, царна дуьхьал верг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву боху. Гуш лаьтташехьа харцдерг ма дийца...

- ЭхI, ма бакълоь хьо, Овхьад!

- Дала догдика де хьан!

- ХьуьсагIар санначарна дика ма ву оьрсийн паччахь...

- Цундела уьш цуьнгахьа бу...

- Дала мукъалахь, жоьжахатехь а цхьаьна хир бу уьш...

- Ткъа хьо, Хьомсуркъа, хьайна а, нахана а зуламечу новкъа ваьлла, и ахь юьхьарлаьцна некъ Дала магош бац, оцу новкъахь ахь доккхуш долу рицкъа хьуна а, хьан доьзална а, цунах мел кхеттачунна а хьарам ду. Хьуо къелло ваьккхина боху ахь оцу новкъа. Айхьа къола бусалба адамашна ца до, керстанашна, гIалгIазкхашна до боху. Ткъа Дала дихкина бусалбанан а, керстанан а, муьлххачу динехь, муьлххачу къомах долчу адаман а долаллина тIе куьг кховдор. Нехан хьакъ диъначунна, цунах пайдаэцначунна ша гечдийр дац, гечдан шен бакъо а яц боху Дала. Мацалла леш велахь а, нехан хьакъ а, рицкъа а кхаллий, валарх кIелхьара ма вала боху. Нехан хьакъ, нехан рицкъа ца даа, хьакхин а, къиэн еллачу бежанан а, экханан а, олхазаран а жижиг даа магадо. Мацвелла, къийвелла, гIаддайна, хьо кIелвиса волахь, къола ма де, сагIа деха боху. Къола дар иэхье а, къилахь а ду, сагIа дехарх иэхь дац. Вайн лулара бусалба суьйлий, шаьш къийбелча, къола дан ца богIу Нохчийчу, ткъа сагIа деха богIу. Ахь буьйцучу гIалгIазкхаша хьацарца къахьоьгуш кхиош а, кхобуш а ма ду аш лечкъадо даьхний. Масех шарахь цара къахьоьгуш кхиийна даьхний а лачкъадой, уьш чIана ма боху аш. Церан а ма ду, хьан санна, бераш. Даа а, тIедуха а, даха а дезаш. Къа дац оцу адамийн? Кханалерчу къематдийнахь Далла хьалха а, оцу дохнан дайшна хьалха а жоп дала дезар ма ду шун...

- Оцу хьайн вешин туька яхьарна, я СаьIадгIеран, ХьуьсагIеран, ИнарлагIеран даьхний дигарна кхоьруш, цаьргахьа гIо доккхуш бо хир бу ахь и хьехамаш? - мохь туьйхира Хьомсуркъас.

- Аш сан вешин туька яхьарца а, вукхеран даьхний дигарца а сан гIуллакх дац, Хьомсуркъа. Хьо санна боьрша нах бу уьш, шайн туька а, даьхний а цара шаьш лардийр ду. Нагахь санна, шун аьтто а баьлла, аш къола дахь а, шаьш къонахий белахь, цара схьадохур ду шуьгара. Иза шун вовшийн гIуллакх ду. Ткъа ахь а, хьо санначу кхечу нохчаша а гIумкийн, ногIийн, гIалгIазкхийн даьхний а лечкъош, талораш а деш летийначу къинойх а аш Далла хьалха жоп лур ду, Дала шуна тIехь кхиэл а йийр ю. Со ала гIертарг кхин ду. Нохчех даьлла дерриг а вониг дIаяздо оьрсийн газеташа. Къоланаш, талораш, адамаш дайар, доцца аьлча, кхечу къаьмнийн вайх безам бовр берг дерриг а. ЦхьакIеззиг дерг, дестадой, харцахьа доккхий. Амма цара яздийриг цхьа бух боцуш ца хуьлу. Вайн цхьаболчу нохчаша къоланаш, талораш до, адамаш а дойу. ГIалгIазкхашна а, гIумкашна а, ногIашна а, луларчу кхечу къаьмнашна а. Вовшашлахь а. Ахь а, хьо санначу нохчаша а лелочу зуламаша вон цIе йоккхуьйту дерриг а нохчийн къоман. Кхечу къаьмнашна хьалха сий дойу, нохчашка цабезам, цатешам кхуллу. Шу тайпачу наха доккха зулам до вайн халкъана. КхозлагIа. Къелло а, мацалло а бIарзбина дуккха а нохчий, оцу аш юьхьар-лаьцначу, Дала ца мигийначу новкьа ца бовла, Теркайистерчу гIалгIазкхашна йолах болх бан а, цхьана ханна мехах эцна а, юкъахь латта лело а боьлху хIора шарахь. Царах цхьаберш цхьана ханна кегий кIотарш а ехкина, бехаш а буьсу цигахь. Ахь а, хьо санначара а гIалгIазкхашна деш долу къоланаш а, гIалгIазкхий байар а бахьана долуш, и хьанала къа а хьоьгуш, шайн доьзалшна сискал яккха гIерташ болу къен-миска нохчий цигара дIа а лахка, церан кIотарш а йохае, карахь юьртдегара, пурстопера кехат доцуш а, карахь герз долуш а веъна нохчо, схьа а лаций, набахте чу а таса аьлла омра дина областан начальнико. Къа дац оцу мисканийн? Ахь а, хьо санначара а бохам ма баьккхина царна. Гена гIиртина хIун до вай, вешан юьртарчу Болатан кIантана бина бохам вайна гуш ма бу. Гой хьуна, Хьомсуркъа, оцу шайн къоланашца, талорашца, цкъа-делахь, Далла хьалха бехке хуьлу шу, шолгIа-делахь, нохчийн къоман сий дойу аш, кхозлагIа-делахь, Нохчийчуьра ара а бевлла, кхечу къаьмнашна юкъа а бахана, хьацарца къахьоьгуш, шайн доьзалшна хьанала сискал йоккхуш болчу нохчашна бохам бина аш. Гати-Юьртан махка тIе лар ялийна говраш ахь лачкъийна ца боху ас. Амма хIокху юьртахь вехаш къу вуйла хууш, юрт бехке ян дина хIума ду иза. ХIинццалц айхьа бина зуламе некъ а битий, кхиболу нах санна, хьанала къа а хьоьгуш, ваха веза хьо а...

Iелина хетарехь, и Хьомсуркъа кхета а, къарвала а дагахь вацара.

- Хьуна атта ду иштта ала! - мохь хьоькхура цо. -Шун долахь туька а, хьераш а, аннаш доху чарх а ю. Со къен-миска стаг ву, Овхьад. Шу санна, хьал долуш велахьара, со а ваьлла хир вацара ахь буьйцучу новкъа!

- Со да волуш сайн дегI доцург хIумма а дац, Хьомсуркъа, Ахь багарбина бахам сан вешин Iабдин бу, Цунах цхьа тилор-тай а, цхьа хьостам а суна оьшуш а бац. Хьуо къен-миска ву бохуш, нахана мохь а ма хьекха. Хьо къен-миска вац. Хьан дика говр а, герз а ду. Хьуна тIера духар сайчул а дика ду. Къен-миска нах бац гIалгIазкхашна, ногIашна, гIумкашна къоланаш, талораш дийраш. Ги тIоьрмиг а боьллина, кара гIаж а лаьцна, гIаш цига вахалур вац къен-миска стаг, вахавелча а, цигара говраш, даьхний а далалур дац. Къен-миска нах, шайн латтанийн коржамаш тIехь белхаш а беш, бежана, газа-уьстагIа а кхобуш, шайн аьтто берш Теркайисте гIалгIазкхашна йолах балха а боьлхуш, хене бовлуш бу. Ткъа и къоланаш, талораш дийраш дика дой а, тоьлла герз а долу нах бу. Мацвеллачу стага ялтин гали лачкъадо, говраш а, даьхний а ца лачкъадо, почта ца талайо.

Овхьада ша дIатаIийча, СаьIадана тIевирзира Хьомсуркъа:

- Ткъа ахь, СаьIад, сан ден хилла кха бертахь схьало. Ца лахь, ас бIаьста охур ду иза!

- Даима а и кха хьехош, кIордийна, хьех чекхваьлла-кх хьо! Кха а делара иза а. Куйна кIел а хоьур долуш ирзо. Гирда хьаьжкIех етт лучу хенахь, сан дас гирда хьаьжкIаш а елла, хьан ненера эцна и кха. Эцна, шен бераш мацалла леш дахкара, эцахьара ахь бохуш, хьан нана йоьлхуш, тIаьхьара а ца яьлла. Хьо гIаддайна а велахьара, ахь кхерамаш а ца тийсахьара, ахь хаза а алахьара, и кха хьуна дIалур дара ас. Амма хIинца-м лур дац. Хьайн говр я герз а дохкий, цхьана аьттан мах суна схьа а лой, дIаэца. Кха а, къоланаш дитар а - ши пайда хир бу хьуна!

Ша вистхилийта бохуш, мохь бетташ, хьалхалелхара кхин цхьаъ. Эххар а цуьнга ладуьйгIира наха.

- Алал, Iабди.

- Тхан туька а, хьер а, чарх а суна тIехъетташ нах а бу хIокху юьртахь. Уьш тхуна хIокху юьртарчу наха йина а яц, я стиглара охьаэгна а яц. Тхан дас а, доьзало а масийтта шарахь къа а хьоьгуш ехкина уьш. Шуьга туька а, хьер а, чарх а ца юьллуьйтуш мила ву? Оцу Яьссин тогIи чохь бIе хьер, бIе чарх хIотто меттигаш бу шуна а. Чу туька йилла цIенош а ду шун. Шу хIун деш Iа, уьш ца йохкуш? Дика ду, ас тхешан туька а, хьер а, аннаш доху чарх а дIакъовлур ю. ТIаккха аш ялта мичахь охьур ду, цIенойн гIирс-коьчал мичахь йоккхур ю, кIади, коч-хеча, кад-Iайг, бел-шада, кхиерш мичара оьцур ю? Кхечу ярташка лелар ду шу? Муьлш бу и хабарш дуьйцу нах? ХIокху юьртара ара а бевлла, БIаьн-некъал лаха а бовлаза нах бу-кх. Йозанах цхьа элп а, шинна тIе шиъ тоьхча маса хуьлу а ца хууш нах бу-кх. Карахь бурмах бовла шай а доцуш нах бу-кх. Москохара, Ростохара, Петарбухера товар а дохьуш, дохка туькана охьадиллалур дуй оцу нахе? Дика ду, туька а, хьер а, чарх а юьллур ю цара. ТIаккха нахана маьхза товар доькъур ду цара? Я бол ца боккхуш ялта охьур дуй? Я маьхза ханнаш чорхах дохур дуй? Ас-м цхьа гIаддайначуьн ялта бол ца боккхуш охьу, херхах дечиг а йоккху, туьканара туьха-мехкадаьтта а, тай-маха а ло. Иза а дийр ма дац суна и хабарш юьйцучу иаха. Шайн долчун а, нехан долчун а ши бала болуш, и Iаьржа дегнаш лелха дохку церан!

Малхбузу ламазан хан гергагIоьртича, цхьацца-шишша воьдуш, майданара дIабуьйлура нах. ТIаьххьара а гIевттира баккхий нах.

- Аш хIун олу хIокху гIуллакхана, Лорса? - царна тIевирзира СаьIад. - Со юьртда хиларх, юьртана тIе дика-вон деъча, цуьнан бала кхача безарш а, листа дезарш а шу ма ду. Лакхарчу Iедало, кхана схьа а деъна, юьртан къаной схьагулбе эр ду соьга. Шу хIун дан дохку тIаккха?

Лорсас ойла ца йира жоп лоьхуш.

- Юьртах жоп дала, тхо юьрто хаьржина къаной а дац, СаьIад. Пурстопа а, ахьа а цIераш яьхна билгалдар бен. Юьртара нах оха аьллачуьнга ладугIур долуш боцийла а хаьа хьуна. Уьш жоьпе, таIзаре озо тхан ницкъ а бац. Тхоьга жоп деха ца оьшу ахь а, лакхарчу Iедало а. ШолгIа. Ахь дагардина декхарш такха долахь, хIора доьзало цхьацца бежана дохка деза. Дукхахболчу нехан кертахь цхьацца бежана а, атталла газа-уьстагIа а дац. Цхьана болу цхьа етт боьхкича, бераш шуьрех хедар ду, сту боьхкича, гIуллакхаш кхин а галдевр ду. Нехан аьттонаш бац, СаьIад. Цу тIе, ахь ма-дуьйццу дукха а дац юьртана тIера декхарш. Аш хьарамлонаш лелайой те моьтту тхуна. Адамийн собар кхачийна, СаьIад. Адамаш оьгIазе ду. Хьо а дукха тIехваьлла чугIерта нахана. Жимма собаре а, ларлуш а хила.

Вовшийн Iодика а йина, шайн Iасанаш а луьйзуш, дIасабекъабелира баккхий нах.



[1] Бера - ворданашца мохь дIасалелош гIуллакх дар. Кхузахь - Iедална болх бар.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Adurahman (11 мая 2007 16:55)
Assalamu 1alaykum salam marshalla du! San sih-siha hula khu saytate hajar, dokha barkalla du shuna bolh barna. Asa bokha payda ocu shun saytah, nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.
2) admin (13 мая 2007 16:54)
Цитата: Adurahman
nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.

Ва Iалайкум салам!
Абдурахман, Дала мукъалахь, цхьан баттан хенах иштта дийра ду вай
3) shilmalh (17 мая 2007 16:41)
БIешерийн дохалла нохчийн
халкъан маршо, сий лардеш, шайн
синош дIаделлачу кIентийн а,
йоьIарийн а хьурматана.


ma haz ela du
4) ALASH (18 мая 2007 00:06)
ASALAMU ALAJKUM.SALAM MORSHALA DU MASARGA A DOKXA BARKALA SHUNA.
5) shilmalh (27 мая 2007 19:19)
вайн бутт чаккх болаш бу книг мац гур ю вайн?
6) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
7) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
8) ... (3 января 2008 14:06)
kritik,
Не говорите о мусульманах того чего не ведаете, ибо окажись ваши слова ложью вы сами станете тем кем обзывали.Хьадис ду и маь1ан долш.Са хьоьц къийсйал гулкх дац, пайд хир боци ха сун хьалхехь.амма кхи хума дацахь хьай син сий да хаъ.стаган т1аьхьшхул к1илло бе ца лоь.




ас йешна хар книга цуьн хьалхар йог1ш шиа.сун хиццалц массо книгал хаз хетш ерг Айдамирови "Лаьмнашкахь ткъес" яр.Хар "Дарц" цулла а хаз хетит те аьл хетш ю.х1ора а дош бохуг сан цхьа леин к1аргдин йаздин долш сан хетлуш ду цуьн.баккъала а дик яздархо ву и. Нохчи маьрш ирсе баьхн хан нех кхетмашк чулацлуш яц,цу кепар г1ело латтийна вайн т1ехь х1инца а латтош ю,дукх хьолехь вай бодне хиларо,берш сан дог ц1ен хиларо талхин ду вайн г1улкх. Цу дарц т1ехь дик гойтш ду и автора.Ойл ен дол адам дуккха а хуман дуьхье кхиор волш язйин ю и книг.Бусулб нахан пайдехь а хет сун из.Дел рез хийл и кху т1е яккхинчун.Цхьанах Россияхь волчун типографны издани оьшуш хилахь кхузахь язйе. вайг далург дир ду вай Далмукълахь
9) Рамзан (8 февраля 2008 22:38)

Абузар Айдамиров интервью ю кхузахь:Массо а нохчо вукх бакъ!


http://fr.youtube.com/watch?v=SimjjAFRC2
M&feature=related
10) kritik (15 марта 2008 14:42)
Хьажахь ..., хо дукхяхарг, аса цхьанадена айса дуьненачохь йоккхучу хенахь сайна к1илло ву ала меттиг битина бац хьуна. То, что я сказал было сказано, чтобы люди знали, кто он такой на самом деле. Это человек, который проклинал муджах1идов ещё в первую войну, поверь я знаю о чём говорю. И не смей называть людей к1иллой, хьо цхьажимма оьзда хума ялахь, иначе рискуешь нарваться на конкретную грубость

Это для тебя, ...
abuzar ajdamirov: Патриотами были наши отцы, которые в Великую Отечественную воевали не за вознаграждение, а за Родину. Сегодня с обеих сторон воюют наемники, потому что и те и другие совершенно не жалеют беззащитное население. Стоит ли ради операций против бандформирований численностью несколько тысяч человек превращать в потенциальных врагов России 200-300 тысяч законопослушных граждан?!
http://www.ng.ru/regions/2000-06-10/4_pr
osveshenie.html
http://www.svoboda.org/programs/sp/2003/
sp.092603.asp
ну и что ты после этого скажешь, весь мир ведает, а ты не ведаешь?

Писатель в своей статье не обошел вниманием и тему выборов, при этом прямо, без обиняков заявив: "Я отдаю предпочтение Кадырову". И приводит при этом свои аргументы: "Мне кажется, что он очень смелый, решительный человек, он единственный из тех, кого я знаю, который сможет навести в Чечне порядок. И он был со своим народом все это время"
http://209.85.135.104/search?q=cache:773
OaVK9BBkJ:www.regnum.ru/news/163089.html
+%D0%90%D0%B1%D1%83%D0%B7%D0%B0%D1%80+%D
0%90%D0%B9%D0%B4%D0%B0%D0%BC%D0%B8%D1%80
%D0%BE%D0%B2&hl=fr&ct=clnk&cd=34&gl=fr

если тебе недостаточно, того что я привёл, то у нас с тобой просто разное понимание об Исламе, чести и достоинстве и нам нечего обсуждать
11) isa (23 марта 2008 13:20)
все правильно критик, но не стоит обижаться на женщин:) тем более, кажется, она не очень в курсе того, чем он дышал, а ориентировалась на то, что он писал

ну а ты, ..., безымянная, если будешь так обшаться с людьме, можешь нарваться на болле грубого и менее воспитанного человека, чем он, делай выводы
12) Рамзан (23 марта 2008 23:18)

Суна цуьн книгаш ч1ог1 дик яз йина ма хета.К1оргер нохчий мот хууш
цунна хилар билгало из.Бакъдерг дицич цуьн оцу интерьвью ла доьг1ч ,ва нах и книгаш язйнарг из хиллийте аьлла а хета.
Х1окху дуьнен чуьр некъаш дукх чолхе хьийзин ду,ца кхетта хир вукх и.
Хьан къам х1аллак дан чу веана волчу мостаг1ц барт хилар,со ца кхет оцу...нахах.
13) kritik (26 марта 2008 01:25)
Иса,да я и не обижаюсь, просто, согласись, что это не очень приятно, когда тебя чуть ли не трусом обзывают, тем более из-за такого чела

Рамзан, дукха бу вай, шай дег1маш а, синош а оцу боьхачу керстанна д1адоьхкина а ца 1аш, вай а х1унда ца духку бохуш цецбуьлуш берш. Цу мог1арашкахь тоъал дика яздархой а бу. Вай дозалла да дезарш кхиберш бу-Яндарбиев Зеламха, Юсупов 1илман, Байхаджиев Зайнди, Бисултанов Апти, Сулейманера Джамбулат иштта кхид1а а.

Если мы будем гордиться предателями, то мы становимся соучастниками их предательства.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека