IV. БУЬЙСАНАН ХЬАША
Буьйса. Некъо валий со кху эвла.
Диллинчу корах схьайогу серло.
Кхуьнга сатуьйсуш геннара веъна
Со лаьтта, ладоьгIна гIовгIане...
М. Мамакаев
1
Эзар исс бIе пхоьалгIачу шеран чиллин шийлачу буса Гати-Юьрта вуьйлира цхьа некъахо.
Бутт гIушлакха баьллера. Куьйга дIасакхийсича санна, стиглахь даьржинчу седарчаша серладаьккхинера лайн кIайчу шаршуно хьулдина Iалам.
Ханйоцчу хенахь бесачу урамехула воьдучу некъахочо безза ког боккхура. Хеталора, цуьнан когарчу йомеш летийначу, тишачу, яккхийчу валенкаша иза юха а озийна, аркъал охьатухур ву. ГIорийначу валенкаша а, цо лаьтта луьйзучу шогачу гIожо а, ког мосазза боккху цIийзачу лайн гIовгIано а, наггахь тухучу екъачу йовхарша а меттахъхьедора шиний агIор керташкара жIаьлеш. Амма уьш, шаьш Iохкуш йохйина меттиг а йитина, ураме довла мало еш, дегаза жимма багош а тухий, дIатуьйра.
Букар хьаьвзина воьду некъахо, ураман некъаш къаьстачохь я морзахдовлучохь соций, шен дегI а нисдой, гонаха бIаьрг бетташ, цхьана ханна хIуттий лаьттара, тIаккха доккха са а доккхий, шен ги тесначу стоммачу гатанан тIоьрмиган доьхкарш белшашкахь нисдой, меллаша дIаволалора. Юьрта юккъе мел гIоьрти лагIлора цуьнан болар, сецар а дукха хуьлура.
Эвла юккъерчу рузбанан маьждигна тIенисвелча, буйна къевлинчу хьозанан санна, чехка тохаделира цуьнан дог. Говзачу куьйгаша цистина тIулг нийса хьажош доьттина хIара маьждиг а, лаккха хьалаяхана момсар а бодашкахь лехнера цо, ша юьртана герга гIоьртича. Амма бIаьрса гIелделлачу цунна генара ца гира уьш, ша царна тIеIоттаваллалц.
Маьждиган майданара дIасадоьлхучу некъашка бIаьрг а тоьхна, тIаккха дуккха а тилавелла леллачул тIаьхьа некъ карийначу стагах тера, цIеххьана ша лаьттачуьра меттахваьлла, царах цхьана новкъа дIаволавелира иза.
Шина агIор тIекхозаделлачу бIарийн дерзинчу дитташна кIелхула болчу урамехула хьалавоьду некъахо, цхьа-ши бIе гIулч дIавахча, гу тIехь хIоттийначу шина чуртана тIекхаьчча, жимма сецира. Кошан барз боцу улуллохь долу и ши чурт Сибрехь я Хонкарахь докъаза байначеран безамна доьгIна хила тарлора. Царах цхьаннах букъ а товжийна, вехха лаьттира некъахо. Кхузара дIа цунна, кераюккъехь Iуьллуш санна, шера гора ерриг а юрт. Генна, лаха чуьра схьа къорра хезара чехкачу Яьссин гIовгIа. Дехьо юккъехь цхьа нIаьна кхайкхира. Дукха хан ялале шозлагIа екачу котаман гIовгIано дуьзира хIаваъ.
«ХIокху юьртахь, и гIийла серлонаш къегачу цхьана цIенош чохь бийшина Iохкуш хир бу сан кIентий. Айза а... КIентийн бераш а...», - ойла йира цо.
Некъахочун дог тохаделира, кхоьлина юьхь гIийлла екхаелира, кIадделлачу дегIе цIеххьана ницкъ беара.
Чехкка волавелла, Iинца хьала а вахана, лакха маьIIехь, бIарийн къеначу дитташна кIел сецира иза. Гонаха керт йоцуш, дIатесна беш гича, тIепаза дайра масех минот хьалха цуьнан даг чу иккхина воккхавер. Леррина гонаха дIаса а хьоьжуш, бодашкахь цхьа хIума лоьхура цо. Цуьнан сецар а, лелар а дегIах цIе хьаьрчина хьийзачу адамах тарлора.
Дуккха а иддачул тIаьхьа бешан малхбузе маьIIехь, лаьттах дикка хьалаайбелла къаьстачу борза тIехь сецира иза. И барз мацах цкъа кхузахь хиллачу цIенойх йисина херцораш яра.
Оцу борза тIе а хIоьттина, гонаха гIийлла бIаьрг беттара цо. Амма цунна ца карадора ша лоьхург, шен доьхначу дагна там беш цхьа а билгало. Цхьаьннан чIир кхобуш санна, гIайгIане цуьнга хьуьйсура наха генаш хедийна, заьIап дина бIарийн къена дитташ. ЦIенойн херцорех хIоьттина барз а, гонаха кертан хIоз боцу хIара беш а дIатийсинчу ширчу кешнех тера хетара. Муьлххачу стеган даг тIе сингаттам тосур болуш дара хIинца цунна гуш долу сурт.
Дийнан серлонехь некъахочуьнга хьажначунна гур дара цуьнан аьтту бIаьрган цIоцкъамна тIехула ирачу герзо йинчу чевнах бисина беха цIен муо, кIез-кIезиг кIайлуш, кийра хьаьвзинчу, цунна шений бен ца хуучу балано кхохкийна бIаьргаш, его чIениг.
Некъахочо, стигла хьала а хьаьжна, сийна пхенаш тIедевлла озий куьйгаш хьалалецира.
- ХIай, тхан ницкъ болу, къинхетаме, сийлахь Дела! Хьуна хаьа-кх ненан кийрара дуьненчу ваьлчахьана ас лайна халонаш, баланаш. Къанвелла, дегIера ницкъ а иэшна, со кIелвисинчу хенахь, ас хIинццалц лайна халонаш, баланаш бицбеш, керлачаьрца со зен воллу те Хьо? Мичахь бу те ткъе берхIийтта шо хьалха ас кхузахь битина сан доьзал? Йиша-вешех а, доьзалх а ваьлла, цIа-цIе а доцуш, къанвеллачу хенахь, гIаж санна, цхьалха висина со гуш ву-кх Хьуна. Со хьанна хьашт хир ву те, со хьан тIелоцур ву те? Ялхитта шарахь тIеман цIергахула со чекхвуьйлучу хенахь Ахь Iожалла йинехьара сан... Хонкаран махкахь вешина уллохь Ахь Iожалла йинехьара сан... Я генарчу, шийлачу Сибрехь, сан накъостийн санна, сан Iожалла хилийтинехьара Ахь... Нагахь санна керла, тIе а къаьхьа баланаш Iийша Ахь со ларвинехь, тховса Iожалла лохьа суна, хIай ницкъ болу Дела...
Мохь тоьхна цо болийна кхайкхам, тIаьхь-тIаьхьа лахлуш, шабаре белира. Кхохкийначу бIаьргашна чуьра юьхьанца къорра ледда хиш, дуьхьало хаьдча санна, хецаделира. Хеталора, цуьнан хIора дош, къамкъаргехь кхехкаш, дуьхьалонаш кегъеш арадолу. Воккхастаг кхойкхура. Мохь бетташ а, шабаршца а, дукхахдерг бIаьргашца дехарш деш а. Амма цуьнан кхайкхамна жол ца хезара. Воккхастаг дIатийра, амма ца тийнера цуьнан кийрахь хьере деттало дог. Иза десташ, эккха доллуш санна хетаделла, некхах катуьйхира цо.
Цунна шен кийрара кхагаран хьожа йогIура. Иза воьлхура. Воьлхура, шена гонаха дерг а, ша дуьненахь хилар а дицделла. Иза хIинца ойланца генна бералле дIавахнера.
БIаьрхиша дуьхьал бода хIоттийначу цуьнан бIаьргашна хьалхахула, хиэ текхо чалх санна, цхьацца-шишша дуьйлуш, чекхдуьйлура цуьнан дахаран ирча, къаьхьа денош…
2
...Кхузткъе кхойтта шо хьалха кхузахь, хIинца иза тIехиъна Iен пенийн херцорийн барз болчохь, тIе латта тесна тхов а болуш, лохачу, кегийчу цIенойн мискачу хIусамашкахь бехара цуьнан ден Абубакаран жима доьзал.
Амма хIетахь дуьнена валазчу Iелина ца доьгIнера шен да а, иза чохь ваьхна цIенош а ган. Iаьржа Iожалла йохьуш, нохчийн ярташ сийначу цIарах ягош, Яьссица хьалаволавеллачу инарлин Розенан яккхийчу тоьпийн татано цхьана дийнахь дохийра гатиюьртахойн машаре дахар. Iелина ца хезира оцу яккхийчу тоьпийн хIоьънаша юрт отуш, цIеран меттанаша цIенош хьерчош а, ца хезира цIеххьана оцу къематдийно хьере динчу дохнан акха Iехар а, жIаьлийн угIар а, ца гира урамашкахула Iохкучу декъашна кIелхула юьйлаелла цIийн Iовраш а. Цунна ца хаьара хIумма а. Иза оцу дийнахь шен ненан кийрахь вара, ткъа цуьнан нана юьртарчу кхечу зударшца, берашца цхьаьна оцу къематдийнах едда, цу орцахь, юькъачу хьаннийн хотийн кIоргехь лечкъина Iара. Ненан кийрахь Iуьллучу цунна ца хаьара шен да а, дейтта шо долу ваша Лоьма а йогучу юьртахь мостагIех леташ вуйла а, ткъа и шен нана, пхи шо кхаьчна Аьрзуй, цул йоккха гаи йоIIий мара а къуьйлуш, важа зударий санна, юьрта са а диллина Iаш юйла.
Цул тIаьхьа масех шо даьлча бен ца хиира, оцу буса байинчеран декъий дохьуш орца бухабевллачу юьртахоша майрачун дакъа а, чов хилла Лоьма а шена хьалха охьавиллича, шийла мохь баьлла охьайоьжначу нанас ша хеназа дуьненчу ваккхар. Берзан кIеза санна, шен дуьненчу валар акхачу хьуьна чохь, Iаьржачу буса хилар. И дерриге а тIаьхьа хиира цунна. Декъаза хилла цуьнан дуьненчу волу буьйса. Иист йоцуш еха, Iаьржа буьйса хилла дIаяхана цул тIаьхьа цо дуьненахь яьккхина хан а.
Iела тIехиъна Iачу борзан шиний агIор кхин а ши барз бу. Царах цхьаъ атта къаьсташ, лаьттах дикка айбелла, ткъа важа лаьттаца дIашарбала гергабахана, халла къаьста. Цигахь динера церан доьзало хIетахь шайн дагийначеран метта керла цIенош. Цул тIаьхьа дейтта шо даьлча, и цIенош лардеш вийра IелагIарна ден метта висина Лоьма. Оцу дийнахь оьрсийн эскаро цIеххьана динчу тIелатаро иэрчонийн теш ша а хилира Iела.
И де Iелина гуттаренна а даг чохь дисира. Оцу дийнахь байинчеран декъий наха дIадухкуш, иза ша а вара кешнашкахь. Декъий бармахь цига кхехьа божарий ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура. Дийна бисинчара лаьтте дIалора шайн байина дай, наной, йижарий, вежарий, кIентий, йоьIарий. ХIетталц беса лаьттинчу сийначу бай тIехь оцу цхьана дийнахь бIе сов кошан барз хIоьттира...
Иза тIаххьара де дацара буьрсачу тIеман. Дуьненарчу яккхийчу пачхьалкхех йоккханиг, нуьцкъалчу пачхьалкхашна юкъахь а нуьцкъала, къизачарна юкъахь а къиза пачхьалкх шен берриг а ницкъашца жимачу нохчийн халкъан жимачу махка гIертара.
Жимачу халкъо шен маршонехьа къуьйсура. Вийначу ден метта кIант, вешин метта ваша дIахIуттура. Лоьмин метта дIахIоьттира Аьрзу а, Iела а. Оцу дийнахь дуьйна юкъах дихкинчуьра герзаш дIа ца достуш, говран нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов кIел кIедачу метта охьавижа аьтто ца хуьлуш дIаяхара Iелин къона хан. Уьш дера летара шайн а, шайн дуьхьалончийн а цIий Iеночу оцу акхачу тIамехь. Гора яI, ма ца лаьара царна адамана тур-шаьлта тухийла, цхьаьннан а нана, йиша йоьлхийла! Пайда барий ткъа, царна цалаарх. Шайн догIмаш, синош, шайн доьзалш, ярташ, даймокх къизачу мостагIех лардан дезара церан.
IелагIар а ма дара адамаш. Машаре, маьрша даха лууш. Дена-нанна бераш а, берашна да-нана а дезара, кIенташна мехкарий а, мехкаршна кIентий а безара, машаре, маьрша, ирсе дахар а дезара, цуьнга са а туьйсура. Гуобаьккхина тIом, оцу тIеман иэрчонаш елахь а, Iелина а езаеллера шайн юьртара Айза. Цаьршимма сатуьйсура тIом чекхбаларе, цхьаьнакхета, безамах марзо а оьцуш, маьрша, машаре, ирсе даха. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечкан нахарца шайн ирзо аха, цхьа етт а нисбина, къен оти а денйина, шайн доьзал болоре. Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, тIеман чаккхе гуш яцара.
...Шемал тIелоцуш, нохчашна моьттура тIом сихха чекхбер бу, оьрсийн эскарех Нохчийчоь цIанйинчул тIаьхьа шаьш Шемал ДегIастана цIехьа иэккхор ву, тIаккха шаьш, хьалха санна, машаре, маьрша дехар ду. Амма тIом ткъа шарахь бахбелира. Халкъ къиза хьийзадора, цхьана агIор - Шемалан наибаша, вукху агIор - паччахьан инарлаша. Оцу шиний агIорхьарчарна дуьхьало еш, шайн маршо ларъян гIиртира нохчий тIеман тIаьхьарчу итт шарахь. Амма кхидIа дуьхьало ян ницкъ бацара церан. Паччахьан эскарша нохчийн тIаьххьара юрт, Ведана, дIалоцуш, ткъе ворхI шо дара Iелин. ХIетале а, оцу дийнахь а нохчийн дуккха а наибаша дIатесира Шемал. Бакъду, Шемал ша а ведира, Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а дIа а тесна, шен са дадийна ДегIастана. Веккъа цхьана бенойн БойсагIара дIа ца тесира имам. БойсагIарца цхьаьна суьйлийн лаьмнашка бахара цхьакIеззиг нохчий. Цаьрца вара Аьрзу а, Iела а, Маккхал а.
Шемал Барятинскийна йийсаре воьдучу дийнахь, БойсагIаьрца цхьаьна оьрсийн эскарийн кхолха гонна юкъара довлуш, мостагIчун туьро йинчу чевнан муо бара Iелип хьаьжа тIехь бисинарг.
Чим беш ягийна ярташ юьтуш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх къастош, дийпа бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт хIоттийна чекхбелира и иттаннаш шерашкахь бахбелла къиза тIом. Цо лаьхкина лелийна, гIелбелла нах йохийна шайн ярташ меттахIитто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул тIаьхьа цхьаьнакхета аьтто хилира Iелин а, Айзин а. Къоначу шимма кIад ца луш къахьоьгура шаьшшиннан бахам кхолла гIерташ. Мацах шайн ден цIенош хиллачохь цхьа миска лаппагIаш хIиттийра. ЦIа чохь цхьана маьIIехь пенаца терхешна тIехIоттийна дечиган а, кхийран а масех пхьегIа а, цIенкъа тесна ши кхакха а, тиша истанг а, сийначу боьзан тIетухургаш йолуш, тIергIан кенашца дуьзна ши юргIа а, цхьа гIайба а. НеIаран сонехь кохьар а, цунна уллохь чохь цхьа гирда хьаьжкIаш йолуш йоманаш летийна гали а. Иза бара цаьршиннан берриг а бахам. Амма и шиъ хьега, кхин тоьлла бахам болуш цхьа а доьзал бацара Гати-Юьртахь. И шиъ цхьаьнакхетча, ловзар-м хьехочохь а дацара, атталла кегийрхой цхьаьнакхетта синкъерам а ца хилира. Цаьршинна совгIаташ дохьуш юьртахой а, гергарнаш а ца баьхкира. И гIиллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллас мах а бина, тийна-таьIна дIадерзийра.
Шайгахь мел къелла елахь а, шаьшшиннал ирсе адамаш дуьненахь а дац моьттура цаьршинна. Халонаш, оьшург алсам мел хуьлу чIагIлора цаьршинна юккъера безам. Амма иза цхьа йоца, гена гIур йоцуш юкъ яра. Мецачу барзах тера, бага а гIаттийна, тIегIертачу мацаллей, къеллей дIахьажа ца лууш, шаьш шайн Iехо гIерташ, цаьршимма токху денош а чекхдевлира.
Гора яI, ма атта дара бIаьргашна гуш, дуьхьал волчу мостагIчуьнца герз карахь лата а, къийса а, вала а. Амма муха къийса деза мацаллица? Муха йицъян еза дайшкара схьа лаьттина маршо, муха лан деза лан ца Iемина хIокху Iазапан, лоллин дукъ?
Иштта вехачул-м, хIокху дуьненара велла дIавалар гIоли ма ю бохура хIорамма а ша шега. Иза олий гIоттура хIора а паччахьан Iедална дуьхьал, амма церан некъ я тангIалкхашна тIе, я Сибрех хуьлура. Ирхъоьллира къена БойсагIар а, Сибрех вахийтира къена Iумма а, Атаби а Iедало шен аьттоне хьожжий дIасалоьхкура ярташ. Дуьйцура, нохчий гIебартойн махкий, Теркал дехьа гIалгIазкхашна юкъий кхалхийна, нохчашкара мохк дIабоккхур бу, нохчий керста дине берзор бу бохуш. Нохчийчоь сийсош оьрсийн эскарш лаьттара. ТIаккха цхьа нах буьйлабелира ярташкахула, нахе шаьш керста дине дерзадале, бусалба динна маршо йоцчу хIокху махкара дIа а довлий, бусалба динна маршо йолчу, шайн бусалба вежарий болчу Хонкара махка дIагIо, цигахь бен карор яц шуна маршо, цигахь бен хир бац шуна синтем, цигахь ю дуьненан ялсамане бохуш.
Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тIамо чIанабаьхна, мацаллой, къеллой бIарзбина, кхана шайна тIе хIун керла баланаш, бохамаш богIур бу ца хууш, бIарзбелла хьийза цхьаболу нах, оцу эладитанех а тешна, Хонкара кхелхира. Аьрзу, Чора, Iела а вахара уггар хьалха новкъа бовлучаьрца. ХIорш кхуьй а кхелхина ца ваханера.
Хонкаран паччахьо нохчий шен махка дIакхойкху, цига дIабаьхкина нохчий, дика бахамаш тарбина, баха ховшор бу бохуш, цхьана наха кхузахь даржийна хабарш бух болуш дуй те, цига хьалха дIабоьлху нах туркоша тIеэцар а, дIатарбар а муха хили те, тIаьхьа цига кхалха ойла йолу нах совцо беза те, я дIакхалха бита беза те аьлла, Хонкарахь долу хьал хаа Аьрзу а, Чора а цига хьажийра Нохчмехкан тхьамданаша. Цхьаъ бен воцу ваша гена, хийрачу махка ша ца вахийта, Iела а вахара цаьршинца.
Юьхьанца Iелина а, цхьанна а ца хаьара нохчашна юкъахь и эладитанаш лелош болу нохчий паччахьан Iедало хIирийн Мусехула ахчанах эцна нах буйла а, нохчийн цига кхалхар оьрсийн а, туркойн а паччахьашна чIогIа лууш хиллийла а, дуьненчохь цхьаннахьа а нийсо цахилар а. БIарзбелла нах тийшира оцу нехан мотт-эладитанех.
Iелина дагадеара 1865-чу шеран бIаьста, салтийн ха улло а хIоттийна, кхелхачеран хьалхара тоба туркойн дозанашка йигар. ТIаьхьа тIекхелхарш Хонкара дIакхаьчча, Муш, Эрзерум, Эрзинган шахьаршна гонаха пхи эзар нохчийн доьзал гулбелира. Цигахь ялх бутт хан текхира цара. КIел хIитта тхов а боцуш, ерзинчу стигла кIел. Мацалло гIелбинера мухIажарш, тайп-тайпанчу цамгарша хIора дийнахь бIе, ши бIе стаг дIахьора. Мацалла бIарз-белла нах талораш дан шозза Муш шахьарна тIелетира. Шаьш Iехийнийла хиъначу нохчаша даймахка цIа берза сацам бира. Шаьш даймахка цIа берзийтар доьхуш, Кавказан сардале кехат яздира цара. Сардало и дехар духатоьхча, туркойн а, оьрсийн а Iедалийн бертаза даймахка цIа берза новкъа бевлира уьш. Iелина хьалха хIоьттира хIетахь туркойн-оьрсийн дозане кхаьчначу ши эзар ялх бIе нохчочун сурт. Зударий, бераш, къенаниш. Чохь синош ду аьлча, стаг хала тешар волуш, беснаш мажделла, даьIахкаш тIе а евлла, адамаш аьлча а, адамийн чархаш. Шаьш Россин дозане кхачар а, цигахь туркойн эскарша шайна тIе яккхий тоьпаш етташ хIоьттина сурт а. Оцу дийнахь туркойн эпсаро тапча тоьхна вийра Iелин цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу...
3
Шен ойланашца хьалха дIадахана шовзткъа шо листина, хIинца юха а тховсалерчу буьйсанга вирзинчу Iелин бIаьргех мела хи хьаьдира, легашка шад хIоьттира. Аьрзу вийна де дара цуьнан дахарехь уггар доьхна де. Дагабаьхкира кхузахь тIаьххьара сахьт тIехIотталц шеца даймехкан маршонехьа къийсина, Хонкарахь шеца ерриг а халонаш лайна бIаьхаллин накъостий: самукъане, амма дарвелча лоьмах тарло Мовла а, гIийла-миска, амма майра, тешаме МIаьчиг а, даима буьрса, амма догдика Къосам а, мискачеран молла, хьекъале, оьзда, майра, доьналле Маккхал а. Мел дукха бара уьш, хIокху декъазчу Нохчийчоьнан майра, тешаме кIентий.
ХIун хилла те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла те шу, я хIетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела те шу цигахь?
Амма дуккха а халонаш иэшош, новкъахь лечкъаш цIа вирзинчу Iелин а ца хилира шен доьзалца маьрша, машаре ваха аьтто. Иза цIа веъна шо а кхачале, керлачу гIаттамна кечам болийра Нохчмахкахь. Къонахчун декхаро, вешин весето бакъо ца лора цунна къийсамна юьстах латта. ГIаттам кечбечу тхьамданех уггар жигарчарах цхьаъ вара Iела. Амма царна юкъа тарвеллачу цхьана ямартхочо уьш, къайлах Iедале дIа а белла, лецийтира. Итт шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра Iела.
И цхьаъ вацара цига хьажийнарг. Уьш масех бIе вара. Кхин а цкъа хадийра Нохчийчоь шен уггаре тешамечу, майрачу кIентех. Мацалла гIело хьоьгуш, Iазапехь дуьсучу шен халкъан а, кертахь цкъа хьакхо ялтин чим а боцуш, шина кIантаца юьсучу Айзин а ойла еш, болатан шийлачу буржалша когаш, куьйгаш къуьйлуш, генарчу Сибрех вахара Iела.
Ткъе кхаа шарахь шен ненан маттахь адам дистхуьлу ца хезира цунна. ХIинца къанвелла, къежвелла, дегIера ницкъ а иэшна кхечи иза ша дукха сатийсинчу винчу юьрта. Каторган халонаш ца лайна, мацалло а, цамгарша а иэгийна, веллера цуьнца цигахь хилла масех нохчо. Уьш лаьтте дIа а берзийна, ша цхьа висча, Деле хийлазза шена Iожалла йийхира Iелас. Амма Дала Iожалла ца лора цунна. Ца велла ялхитта шарахь тIеман цIергахь а, Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шарахь Сибрен жоьжахатехь а.
Ненан кийрара ваьллачу минотехь дуьйна, хIокху кхузткъе кхойтта шарахь цхьа а ирсе де ца хилла цуьнан. ХIинца дуьненахь цо яккха йисинчу кIеззигчу ханна ирсе ван валийна те иза Дала хIокху винчу юьрта, я и хьалха цо лайна халонаш а, баланаш а бицбеш, кхин а баккхий баланаш лан валийна те?
Ойланаша дIалаьцца Iела кхузахь хиъна Iаш дикка хан яьллера. ХIинцца хааделира цунна ша шелвалар. ДегIан лахе шелъелла, лехнера. Можана тIехула охьа некха тIе Iенначу бIаьрхих а ша бинера. «Кхузахь кхин а жимма висахь, со-м гIорор ма ву, - дагадеара цунна. - Амма со мича ваха веза?».
Гонаха бIаьргтоьхча, цунна гира бешан цхьана маьIIехь гIийла йогу чиркхан серло. Мила ву те оцу хIусамехь вехарг? Милла велахь а, цунна вевзарг хир вац иза. Цуьнан хенара нах кIезиг хир бу дийна. Дийна висинарг а Iелина вевзий а ца хаьа. Амма миччахьа а, цхьанхьа вахана, йовхачу хIусамехь буьйса яккха езара. Ткъа уггар хьалха цунна хаа луург Айзех а, шина кIантах а хилларг ду. И кхо адам, вина юрт, даймохк - валале цкъа цаьрга бIаьрг тоха сатийсаро цIа валийнера къена Iела. КхидIа хIуъа хилахь а, хIинца иза даймахкахь, винчу юьртахь ву...
4
Дахаран халонаша а, Iедалан харцонаша а, адамийн ямартлонаша а ларвала Iамийнера Iела. Цкъа хьалха юьртара хьал муха ду, адамийн гIиллакхаш а, амалш а муха ю, дIадаханчу ткъе берхIитта шарахь кхузахь хIун хийцамаш хилла ца хиъча, ша вовзийта а ца лаьара цунна. ХIара бакъонца Сибрехара цIа веънехь а, кхузарчу Iедална хIун йэхь ду, цхьа бахьана тIе а кхоьллина, цига юха дIахьажо а. «Цкъа хьалха сайн доьзал дийна бу-бац хьожур ву со. Нагахь уьш дийна белахь, тIаккха со вовзуьйтур ву ас, бацахь... Дала дайттинарг дийр ду-кх. Цул даккхий вонаш а лайна ас, иза а ловр ду...», - сацам бира цо.
Тхьусйоьлла настарш меттаяло гIерташ, меллаша цхьацца-шишша ког боккхуш, соьцуш, серло гучу керта воьдуш, цо ойла йора, оцу хIусаман дайшка ша хIун ала те бохуш. Цунна дагавеара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа шен гергарло тасаделла Оьрза-гIалара Андри цIе йолу цхьа гIалгIазакхи. Керла бахам вовшахтухуш шений, Айзиний цхьацца оьшург эца ахча а, я ахчанна дохка ялта а, бежана а ца хилла, шен а, Чорин а сту а боьжна, дечиган кIорий, хьаннашкара лахьийна акха стоьмашший бохка дагахь ворданахь Оьрза-гIала вахча вевзинера цунна и гIалгIазакхи. Андрин ков-керт, эчиган пхьалгIа а яра, оцу пхьалгIахь шортта кIора а бара. Муха ца хуьлура, церан юьртана гена йоццуш йоккха хьун хилча. Амма Iела мича дезаро араваьккхина кхуза веъна хиъначу Андрис, цуьнан ворданара кIора пхьалгIи чу охьа а боьхкина, цунна дуьхьал масех бел а, цел а, марс-мангал а, бахамехь оьшу кхин цхьацца хIуманаш а елла, цIа хьажийра Iела а, Айза а. ХIетахь тасаделла хьошалла лаьттира царна юккъехь Iела Сибрех вахийтталц. Андрис Гати-Юьрта а вогIий кхузарчу нахана мехах цхьацца эчиган гIирсаш бора. Иштта веъна Iела волчохь ши бутт сов хан яьккхира цо, хIара Хонкарара цIа веъча а.
«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла сайга хаьттинчуьнга, Андри ву эр ду ас», - шена маслаIат дира цо.
Кертара схьа жIаьла хьадарна кхоьруш, кетIара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма меттахъхьовш хезаш хIума дацара. ХIетте а кертахь цхьанхьа жIаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш гонаха а хьоьжуш, тхоз тIе латта тесначу кегийчу цIенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира Iелас. ЦIа чохь цхьаъ меттахъхьайра. ТIаккха неIаре догIуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан ялале, неI йиллина, тIекхоьллина чоа а, кога туьйдина неIармачаш а йолуш, уча велира хIусамда.
- Буьйса дика хуьлда хьан, хIусамда! - маршалла хаьттира Iелас оьрсийн маттахь.
ХIусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.
- Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гIатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна со а хIокху юьрта. Арахь буьйса яккха а шийла ю. Ахь пурба лахь, тховса хьан хIусамехь буьйса йоккхур яра ас, - бехкала вахара Iела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гIерташ.
- Хьаша хIусаме витар а, буьйса яккхийтар а хIусамдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хIусамехь санна, паргIатвала, - аьлла, неI йиллина, куьг хьалха тесира хIусамдас.
Цо куьг хьалха дIатосуш беллабеллачу чоин тIома юккъехула Iелин бIаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.
Iела цIа чу велира. ТIехь шиша а доцуш, чуоьзна гIийла богучу чиркхо халла серло лучу хIокху цIа чохь поппаран маьнги тIехь набкхетта Iуьллура диъ бер. ХIетта гIаьттина хIусамнана, набаро дохийначу шек дегIан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гIатторца наб дIа а къахкийна, новкъара хIуманаш дIасалиста йолаелира.
Дукха хан яра Iелина хIусамехь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина Iохкучу оцу берашна тIе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. ХIокху йовхачу хIусамо а, нохчийн кхерчан цхьа ша тайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта Iохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо ехна Iожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.
- Же, ма Iелахь, зуда! - зудчунна тIевирзира хIусамда. - Вайн хIусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха юучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тIера кетар а, когара мачаш а дIа а яхий, паргIатвала, - аьлла, тIетуьйхира цо, Iелигахьа а вирзина.
Баттахь сов генара бинчу некъо дегI, тIехулара а, чухулара а ерриг бедарш бехйина Iела воьхна хьаьвзира, кетар а, валенкаш а дIаяха дезча. Амма иза уьш дIаяха волаваларе а ца хьоьжуш, тIевеъначу хIусамдас цуьнан когара валенкаш, озийна, схьаехира. Шен гира тIоьрмиг схьа а баьстина, тIера кетар дIа а яьккхина, уьга шена улло цIенкъа охьаехкира Iелас.
ХIара шиъ и болх беш воллушехь, хIусамнанас йовхачу шурех буьзна боккха кхийра кад а, стомма еттинчу сискалан юьхкаш а чохь йолуш шун хIоттийра Iелина хьалха, маьнги тIе.
- Бовха кхача кечбан хан яц хIара, тховса цкъа кхунах кхачо а йина ца Iийча вер вац хьо, алахьа цуьнга, - дийхира зудчо шен хIусамдега.
Цаьршиннан къамелах ша ца кхетачуха, вист ца хуьлуш Iара Iела.
- Хьаша, хьуна сихха охьавижина, садаIа ца лаахь, вай кхин бовха кхача а кечбийр бу, цкъачунна и хьайна хьалха йиллинчух кхалла хьажахьа, - элира хIусамдас.
- Баркалла шуна, бераш. Дала дукха дахадойла шу, Дала беркат ма иэшадойла хIокху шун хIусамера. Аш суна хIара кхача ца белча а, хIокху йовхачу хIусамехь, дIога дуьххехь, цхьана сонехь дIатевжина, буьйса яккха меттиг хилчахьана а тоьар ма дара суна-м.
Оцу дийнахь Iуьйранна цкъа-шозза якъаелла баьпкан юьхк кхалларх, кхин кийра рицкъа дахаза волу Iела, сискал кегийра шури чу а кагйина, меллаша яа вуьйлира. Ша хийла сатийсина и сискал йоккха кхоллуш, чам боккхуш, марзо а оьцуш яа цергаш а, кхелаш а хуьлуьйтург дуккха а мах лур бара цо. Амма уьш яцара. Йиъ йоцург, каторгехь цинга цамгаро ерриг а охьаэгийнера уьш.
- ХIара хIун муьжги ву? - хаьттира зудчо майрачуьнга.
- Хьанна хаьа иза.
- Амма милла велахь а, Iаламат маьттаза муьжги ву-кх. Доккха хIума ду-кх, иза тIе а вижийтина, цуьнга моттгIайба бехъяйтар, - корта хьовзийра зудчо, хьешан яхъеллачу можей, кIужалш хилла хьийзинчу коьртан ехачу месашкий, силамаша а, модаша а юьзначу бедаршкий хьаьжна.
- И хIун ду ахь дуьйцург? - човхийра иза вукхо. - Иэхь ца хетий хьуна и ала. Хьо санна, Дала кхоьллина адам дац иза?
- Ас-м иза, корта а, маж а яьлла, беркъа волу дела бохура, - йоьхна жоп а делла, дIатийра зуда.
- Хьанна хаьа, вайна тIе хIун догIур а. Деиэшначу, гIаддайначу стагах кхарда ца веза, дог лаза деза. Ша кхаьрдинарг шена тIедогIу.
Церан къамеле ла а доьгIуш, кедара шура лаххьийна дIа а мелла, шуьна тIера вухахилира Iела. ХIетталц шуьне бIаьрг тоха дага ца догIуш Iийна хIусамнана, кхин а тIе шура йотта дагахь, пеша тIера кхаба схьа а эцна, тIехьаьдира.
- Баркалла, кхин ца оьшу, - дуьхьал куьг лецира боккъал а вуьзначу Iелас. - Дела реза хуьлда. Дала беркат ма иэшадойла хIокху шун хIусамера.
Хьаша вуьзна, паргIатваьллачул тIаьхьа цуьнга гIуллакх-болх хаьттира хIусамдас.
- ХIинца, нагахь цхьа йоккха къайле яцахь, хьо мила ву, мичара ву, мича гIуллакхо валийна хьо хIокху тхан юьрта дийцахьа, хьаша. Хьанна хаьа, ахь айина лелочу гIуллакхана гIо дан сан ницкъ кхочур бацара те?
- Со Червлени станицера ву. Оьрза-гIалара.
- ЦIе хIун ю хьан?
- Андри.
- Андри... Андри... Мацах цкъа и цIе йохуш сайна хезча санна хета-кх суна, - ша шега вистхилира хIусамда. - Ткъа лаа веъний хьо Нохчмахка?
- Къелло, иэшамаша валийна. Доьзал хене баккха, жимма йолах болх бан араваьлла лела.
- Доьзал дукха буй хьан?
- Диъ бер... КIентан диъ бер. ТIамехь вийна церан да.
- Муьлхачу тIамехь?
- Японица болчу хIокху тIамехь. Дукха хан а яц иза вийна.
- ХIаъа, муьлххачу а тIамо баланаш, бохамаш бохьу адамашна. Тхан эвлара а кхо стаг вахана оцу тIаме. Цхьаъ пхьарс баьккхина, дукха хан йоццуш цIа веъна. Вукху шиннах хабар дац. ХIун болх бийр бара ахь?
- ЦIенош дотта а, дечиган пхьола дан а хаьа суна. Мах белчахьана, муьлхха а болх бен бац суна.
Шаьшшиннан хилла къамел майрачо шега дийцича, хIусамненан юьхь екхаелира.
- Делахьа, ма дика ду-кх хIара вайга нисвелла! Кхана вайн божалара кхелли цуьнга беша тосуьйтур ю вай...
- Цунна дала ахча дуй хьан?
- Вайгахь буьйса яьккхича, маьхза и гIуллакх дан а ца мега цо?
- Ванах, ма тамашийна адам ду-кх хьо, зуда, - корта хьовзийра майрачо. - Массара а хьекъале, къинхета-ме, оьзда зуда ю олу хьуна, ткъа цкъацкъа хьайгара лортIахь доцург долуьйту ахь. Оьрси, жуьгти, милла велахь а, хьаша ма ву вайн хIусамехь сецнарг. Нохчийн гIиллакхехь иза лера ма веза вай. Цо кху чохь буьйса яьккхинера, сискал йиънера аьлла, цуьнга маьхза болх байта йоллура хьо? Иза дагадар а иэхь ма ду. Варийлахь, со цIахь волуш а, воцуш а оцу гIалгIазакхичунна хамталла мя елахь, мегар дац хьуна. Я хIокху юьртахь болх а ца карийна, дIагIур ву, юьртахь болх карабахь, и болх бол чаьргахь Iийр ву. Сатоха, собаре хила. Вайгахь висахь, шена лаахь, кертахь суна гIо дшIр ду цо, ца лаахь, вижина Iийр ву. Цул и хьайна хир доцург а ца хьехош, хьаша охьавижо гIвйгIа бе. Пекъар, кIадвелла хир ву иза.
- Мича вижаве ас иза?
- Хаац. Хьешан цIа чохь, тIай кIелахь санна, шийла ю. Бераш цIенкъа а дахкий, маьнги тIе мотт биллахьа цунна.
Iелас хIумма а бехк ца буьллура хIокху хIусамнанна, цунна ша жерга хетарх. Iелина шена а хетара ша жерга. Корта а, маж-мекх а даьлла, боккъал а къеначу муьжгичух тарвеллера иза. ТIера бедарш хийцаза, цIандаза долу дегI кIамлора, меза бинера. Шен дегIах цунна шена а муьста а, кIон а тайп-тайпана ийна, цхьа вуон хьожа йогIура. Кхузахь кхана суьйренга валахь, нагахь аьтто нислахь, шен дегI цIандина, корта а, маж-мекх а цIандина хIума ца дахь, хIокху куьцехь кху хIусамехь буьйсанаш яхар хьехочохь а дацара.
И шиъ дан гIертарг хиъна Iела, цара дуьйцучух ца кхеттачуха, вистхилира:
- ХIинца, аш пурба лахь, охьавижина, садоIур ду ас. ХIоккхуза неIарехь, цIенкъа таса тишо истанг-черт хир ярий те?
- Хьо дIога вуьжур ву, - берашна тIе пIелг хьажийра хIусамдас. - Цигара бераш цIенкъа а даьхна, хьуна цига мотт буьллур бу зудчо.
- ХIан-хIа, со кхуза цIенкъа вуьжур ву. Бераш самадаха, меттахъхьедан пурба дац шуна!
- Со ву хIокху хIусаман да. Хьо сан хьаша ву, ас аьлларг дан дезаш!
- Шун къоман гIиллакхаш суна дика девза, жимастаг. Хьешан лаам - хIусамдена закон ду. Аш и бераш самадахахь, со лулахошка гIур ву!
- Сан хьешо, цIенкъа а вижина, буьйса яккхар нахана хиъча, муха хир ду? Суна иэхь дан гIерта хьо? Цуьнан ойла йиний ахь?
- Цхьанна а хуур дац, вай ца дийцичхьана. Буьйса юкъал тIехъяьлла. Суна ца лаьа бераш набарха даха. Ас вуьшта а сайх бала бина шуна. ТIе сан дегI а, бедарш а боьха ю. Кхана сарахь, со кхузахь висахь, дегI цIандина, чухулара бедарш а хийцина, тIаккха ахь бохург дийр ду ас. Ткъа тховса ас бохург дехьа, диканиг.
Мел шега дехарш дарх, хьаша шен сацамна тIера а ца ваьлла, къарвелира хIусамда. Дехьа чу яхначу зудчо чах юьзна тиша гоьй, кенан гIайбий, боьзан юргIий деара. Цо биллинчу метта а ваьлла, охьавижначу Iелина там хилира, ша месийн назбаршла охьавижча санна. ХIусамдай охьабийшаре ца хьаьжира цуьнан кIадделла къена дегI.
Ах сахьт а далале хьешана чIогIа наб кхийтира...