III.
НАНА
Ас шайна тIедехкина декхарш аш цIена кхочушде,
тIаккха Со шуьца хир ву.
Къуръан
. 2
Сура
, 117
аят
Ала цаьрга: «ХIай, адамаш ! Дала цIена, нийса некъгайтина шуна; оцу некъа ваханчо
шена дика до; тилавеллачо шена зулам до; цунна Соьгара гIо хир дац».
Къуръан. 10 Сура, 108 аят
1
Хьалха
Iедалан суьдо ГушмацIина тоьхна хан дIаяьккхира шариIатан суьдо. Иза къена вара. Ша дуьненахь яккха йисина хан машаре яккха сацам хилира цуьнан Хорача цIа вирзича. Амма Iедало ца вуьтура иза шен лаам а, сацам а кхочушбан. Обарг ваьлла, зуламаш деш лела хьайн кIант Iедална тIевалаве бохуш ша бIарзвича, кIантах дIакхийтира иза.
ЭлсангIаьрца
долу мостагIалла а машарца дерза ца дуьтура Iедало. Добровольскийс шена герга
озийнера церан цIийнан нах. Цунна къаьсттина доггах гIуллакх дора Iадода.
Зеламхас а, цуьнан доьзало а, гергарчу наха а дIа мел баьккхина ког Iедале
дIабуьйцуш, уьш къиза хьийзабойтура цо. Зеламхас мосазза а алийтира цуьнга, и
хьайн мотт сацабе. Амма иза ца соцура. Iедало ша ларвийр ву моьттура цунна.
Зеламхас Iадод вийра.
Хьалха
чIир дуьхь-дуьхьал нисъеллера церан. ЭлсангIара Солтамурдан доттагIа Ушурма
вийча, цунна дуьхьал Элсан вийнера ГушмацIагIара. Ткъа хIинца хIокхара Iадод
вийча, цIий хьаьрчира царах.
ГушмацIин
ваша Хьамза, воккхастаг, гIийла стаг вара. Цхьана пIераскан дийнахь, рузбанера
арабевлча, Хьамза вййра ЭлсангIеран наха. Хьамзас дехарш дира цаьрга, ша къена
стаг ву, шен вашас а, цуьнан кIанта а лелочу гIуллакхийн декъахь а вац, тIе аш
лацийтина шен кIант набахтехь велла, ша ма вехьара аш, бохуш. ХIетте а вийра.
ГушмацIин
воккхахволу кIант Хаси цомгаш, гIийла стаг вара. Цхьа а доьзалхо а вацара
цуьнан. Иза гIийла стаг хиларна, ГушмацIин чIирхоша а новкъарло ца йора цунна.
Амма Iедало хьийзавора и миска, хьайн да а, ваша а шайга схьало бохуш. Эххар а,
лаьцна вигна, Ведана набахте чу кхоьссира иза.
Юьхьанца
деца а, вешица а вацара Солтамурд. Iедало ша юьртахь ца витича, шайн
уьстагIашца Къоьзан-Iоме а вахана, цигахь хан токхуш вара иза. Шена ахьар а
дахьа, бехъелла бедарш а йиттийта, цхьана дийнахь юьрта вогIу иза новкъахь
Добровольскийна тIеIоттавелира. Цуьнца салтий а бара. Солтамурдехь мокхаз
биллина топ яра. И тайпа топ лело бакъо еллера нохчашна. Амма Добровольский,
цунна дена а, нанна а хьежош, цуьнгара топ схьаяккха гIоьртира. Топ дIаелча а,
ша лаьцна дIавуьгур вуйла хаьа Солтамурд, шед тоьхна, цIеххьана говр а
ядийтина, ведда кIелхьаравелира. ХIокху махкахь шена синтем хир боцийла хиъна,
иза Iаьнда вахара.
ТIаккха
ГушмацIагIеран цIахь цхьа а боьрша стаг ца висира. Итт шо хенара Бийсолта
воцург. Зударий ца ларабора дохнаца а, керт-коврачу гIуллакхашца а. Солтамурд
маьрша витахьара аьлла дехар дан Бици а, Зезаг а Добровольскийна тIеяхийтира
Зеламхас. Амма округан начальника цаьршинца къамел а ца дира. Заддаш,
кхахьпанаш бохуш, яппарш еш, эккхийра. ТIаккха цхьана буса Зеламха ша вахара
Добровольский волчу. ГIопехь ха деш болу салтий Зеламхас кхерийнера. Цул
совнаха, царна дош деллера цо начальникана цхьа а тайпа зен ца дан. Салташа
къайллах гIопа чу витира иза. Подполковник шен хIусамехь охьавижа кечвелла карийра
цунна. Зеламха бIаьрг ма-кхийтти вевзира подполковникана, амма воьхна ца
хьаьвзира. Хетарехь, иза тешна вара арахь сема лаьттачу салтех. Цул совнаха,
Зеламха мишарна веъна аьлла а хийтира цунна. Зеламхас, хьийзораш а ца еш,
къамел долийра.
-
Полковник! Тхан а, ЭлсангIеран а девнна юкъа а гIоьртина, лецна тхо Сибрех
дахийти ахь. Сох обарг винарг а хьо ву. Сан зуда жимачу бераца набахте а
кхоьссина, цуьнга оцу чохь кхо бутт хан яккхийти ахь. Къена снн да хьийзош,
бIарзвина, сох схьакхетийти ахь. Тхан мостагIаша а чIирах маьрша витина,
цомгаш, гIийла сан воккхахволу ваша а набахте воьллира ахь. Оцу дерригенах тоам
ца хилла, дог ца Iаьбна, хIинца сан ваша Солтамурд а, хIокху махкара эккхийна,
ДегIастана вахийти ахь. Тхан кертахь цхьа а боьрша стаг ца висина. Зударий ца
ларабо бахамца. Солтамурд соьца а вац, ас лелочу гIуллакхийн декъахь а вац.
Цуьнан карах цхьа а стаг а ца велла, цо Iедална дуьхьал дина хIума а дац. И сан
ваша ма хьийзавехьа, полковник, тхан юьртахь, тхан кертахь Маьрша ваха витахьа
иза. ЭлсангIеран а, тхан а моста гIаллина юкъа а ма гIертахьа. Иза тхан тхешан,
нохчийн, гIуллакх ду...
Добровольский
ца Iийра Зеламха дийцина валлалц.
-
Хехой! - чIоггIа мохь туьйхира цо.
Зеламха
велавелира.
- Цаьргара орца хир дац хьуна, полковник.
Нагахь уьш хIокху чу гIортахь, ас дерриг а дойур ду шу. Угтар хьалха хьо а
вуьйш. Ас хIинца ца вуьйш вуьту хьо. Оцу мискачу салташна бохам бан ца лаьа
суна. Амма хаалахь, хьо а, Чорни а, лаьттах воьлча а, стигла ваьлча а, сан
даьндаргах кIелхьаравериг цахилар.
Зеламха,
дуьхьало йоцуш, парггIат гIопах ара а ваьлла, дIавахара.
Стаг
вийна, юкъа мостагIалла деъча, зударий а, пхийтта шаре кхаччалц хан йолу
божабераш а чIирах маршабоху нохчийн Iадато. Уьш байа а, цIера, юьртах арабаха
а бакъо яц. ГушмацIин зуда Билкъис, Бийсолтин нана, ЭлсангIарах яра. Нохчийн
къоман Iадат лардеш, Билкъис ца йитира ГушмацIас я дов дина дIа а ца яхийтира.
Зудчуьнца къийсар нийса ца догIура нохчийн гIиллакхехь. Делахь а буьрса амал
йолчу ГушмацIас, цкъацкъа ша оьгIазвахча, тIехбеттамаш бора, Iиттарш йора
зудчунна, ен кхерамаш а туьйсура. Ткъа Билкъис шек дIа а ца йолура. Хаара, шен
майра къоман гIиллакхах вухур воцийла.
Амма
ЭлсангIеран зударша кертара арабовла ца буьтура ГушмацIагIеран зударий. Тезий,
маьттазий багош лееш, сардамаш доьхуш. Церан божабераша Бийсолта а хьийзавора,
ловза аравала ца вуьтуш. Мосазза а етташ меттиг хиллера. Вукху агIор, Iедало а
хьийзабора ГушмацIагIеран зударий, обаргаш бевлла лела шайн божарий совцабе,
уьш Iедална тIебахкийта, бохуш. Шинне агIорхьарчара хьийзош, бIарзйина Бици а,
Зезаг а, божарех дага а яьлла, кертара даьхний дIа а доьхкина, сал-пал а,
йийбар а гергарчарна дIа а екъна, оцу кертара дIа а яьлла, шен ден цIа
дIаяхара. Бицис шен ден цIахь дуьненчу ваьккхира Зеламхин дуьххьарлера кIант
Мохьмад. Наггахь буьйсанна, адамаш набарна дIатийча, къайллах шен доьзал болчу
воьдура Зеламха. Муслимат а, Энист а хьоьстура, боккхачу безамца, дегайовхонца
жимачу Мохьмаде а хьоьжура. Бицина маслаIат дан а гIертара, хIинца Россехь
берриг а оьрсий паччахьна дуьхьал гIевттина, цара иза дIавоккхур ву, паччахьан
Iедал дохор ду, тIаккха ша маьрша вер ву, вай машаре дехар ду, бохуш. Бакъду,
Зеламха ша а ца тешара ша дуьйцучух. Делахь а иштта хиларе сатуьйсура.
Зеламхас
лоруш а, сийдеш а масех стаг ву Нохчийчохь. Эвтарара эвлаяъ Баматгири-Хьаьжа а,
Шелара Соип-Молла а, ГIойтIара Элдарханан Таьштамар а, Сиржа-Эвлара
ШериповгIеран Жамаьлдан кIентий а. Кест-кеста цаьрца цхьаьнакхетар а, царах
дагавалар а хуьлу Зеламхин. Иттех де хьалха Соип-Молла волчохь хилира иза.
ХIетахь Соип-Моллас дийцира цуьнга, Ведана гIопехь набахти чу воьллина
Гати-Юьртара цхьа жимастаг ву аьлла. Цуьнан дай Шелара хилла. ХIинца а цуьнан
геннара гергара нах бу кхузахь, оцу кIентан бала болуш а бу. КIентан деда
ДанчIа хилла, да Болат хилла, цуьнан шен цIе Соип ю. Болатан да-нана Хонкарахь
дIакхелхина шовзткъа шо хьалха. Iаьлбаг-Хьаьжа имам волуш цуьнан герггара
гIоьнча хилла Болат Сибрех вохуьйтуш Соип венан кийрахь хилла. Болат, хилларг
ца хууш, Сибрехь вайна ткъе ворхI шо ду. Къона йолуш дуьйна и цхьа кIант а
кхобуш къанъелла цуьнан нана. Соип-Моллас дийцира, Соип стенна бехке вина
лаьцна.
-
Кестта иза Соьлжа-ГIала дIавуьгу бохуш хабар ду. Цига дIавигахь, суьдо вен
кхиэл йийр ю цунна. Вуьйр ву. Я шен оьмарна Сибрех каторге вохуьйтур ву.
Лаххара таIзар - 20-25 шо хан тухур ю. ТIаккха, шен да санна, Сибрехь доьза
вовр ву иза. Соип дIаваьлча, церан цIийнан кIур бов. Нагахь санна, шайна
зен-зулам а ца хуьлуш, и кIант кIелхьараваккха аьтто хилахь, Соьлжа-ГIала
дIавуьгуш новкъахь иза кIелхьараваккха хьовсийша.
Зеламхас
дош делира Соип-Моллина оцу тIехь шен ницкъкхочург дан.
2
Оцу
дийнахь Зеламхе гIайгIане ойланаш йойтуш къамел хилира цуьнан Соип-Моллица.
Зеламхас шегара бала балхийра цуьнга. Бехк-гуьнахь а доцуш, шайна тIедеъна
мостагIалла а, Iедало зударшца, берашца цхьаьна юьртах арадаьхна, акхарой
санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула лечкъаш, шаьш кхерсташ лелар а.
- Гой
хьуна, Зеламха, Дала ваьшка ма де бохург а дой, иза ваьшна бохаме даьлча, Делан
кхиэл ю лелларг олу ипй, я бехк цхьаьннан коча бохуьйту. Шайна хиллачу
бохямашна ахь ЭлсангIар бехке бо. Шайга хаьттича, ЭлсангIара шу бехке дийр ду.
Ткъа бехке шу шинне агIорхьарниш ду. Дала бусалба адамагана гайтинчу цIеначу,
нийсачу шариIатан некъа тIера деллла лелла шу. IалайхIи салам,
Мохьамад-пайхамарехула бусалба адамашна Къуръан доссийна Дала. Оцу Къуръанца
Мохьамад-пайхамарехула Дала ши некъ гайтина бусалба адамашна. Цхьана агIор -
диканиг, оьзданиг, адамашна пайдениг, хьаналниг, къинхетамениг, стеган дуьне а,
эхарт а декъала хир долу, уьш зенех-зуламех, бохамех ларбийр болу гIуллакхаш а,
гIиллакхаш а. Оцу новкъа ваханарг Ша зенех-зуламех ларвийр ву, Ша цунна гIо
дийр ду боху Дала. ШолгIа некъ гайтина Дала оьзда доцу, боьха, хьарам, къиза,
адамашна зуламе, бохаме хир долу, церан дуьне а, эхарт а декъаза хир долу гIуллакхаш
а, гIиллакхаш а гойтуш. Оцу шолгIачу новкъа ваханчу стеган шегарчу къинхетаме,
гIоьне, орцане догдохийла яц, Ша иза зенехзуламех, бохамех ларвийр вац, цуьнан
дуьне а, эхарт а декъаза хир ду боху Дала. Дала ваьшна перз дина тIедехкина
ламаз а, марха а, закат а, сагIа а леладо вай, амма Дала бусалбанашна
тIедехкина важа декхарш кхочушдан ца хаьа я ца лаьа вайна, оцу ас бийцинчу шина
некъа тIехь галдуьйлу вай. Уьш дерриг а дийца воьлча, дукха хир ду, цундела
хIокху шуна хиллачу бохаман бахьанаш дуьйцур ду ас. КIанта зуда ялор а, йоI
маре яхар а муха хила деза, майрачун а, зудчун а, доьзалан а юкъаметтигаш муха
хила еза, церан декхарш хIун ду - уьш дерриг а гайтина шариIатехь. ЙоIа а,
кIанта а маре деш, оцу шиннан а, церан дай-нанойн а бертахь, шинне агIорхьарниш
реза болуш хила деза. Бертаза, нуьцкъах йигна зуда хьарам ю боьршачу стагана.
Шен цIера, дена-нанна хьалхара араяккхале, ши теш а волуш, имама мах бан беза
маре дечу шинна юккъехь. Маре деш долу ши адам Делах тешаш а, Далла Iамал еш а
хила деза. И шиъ я шиннах цхьаъ Далла Iамал еш дацахь, цаьршиннан мах бар ца
магадо. Цул совнаха, мах бечу хенахь а, вовшех куьг кхетачу хенахь а догIмаш
цIена, ламаз карахь долуш хила деза и шиъ. Мах бечу хенахь тоьшаллина хIоттийна
ши боьрша стаг а хила веза Делах тешаш, Далла Iамал еш, догIмаш цIена, ламаз
карахь долуш, цIена, хьанала, ямартло йоцуш. Мах бале зудчух хьакхавалар хьарам
дина, дихкина. Мах бале и шиъ цхьаьна Iер зина лору, оцу хенахь кхоллазелла
доьзалхо къутIа лору, иза иманехь хир вац, иза дена-нанна а, нахана а бале вер
ву боху. Ткъа аш муха ялийнера Хушуллин йоI?
- Тхан
вешина Хушуллин йоI а езара, йоIана тхан ваша а везара. ЙоьIан да-нана реза
дацара тхан веше шайн йоI яийта. Цундела, йоьIан бертахь, тхан вашас новкъара
дIайигнера иза...
- Ткъа
шариIато ца магадо ден а, ненан а бертаза йоI маре йигар. ШолгIа, мах бале оцу
йоIах куьйгаш ма тоьхна хьан вагаас. Мах бина а боцуш, шун кертахь де-буьйса ма
даьккхина оцу йоIа. Дена, вежаршна, дедена, девежаршна, иштта гергарчу божаршна
а бен, шен юьхь гайтар зудчунна магош ма дац шариIато. И йоI шаьш юьгуш мосазза
а шариIат талхийна аш, Дала аьлларг ца дина аш. Изза дина махкатIхойн юьртдас
а. ЙоьIан бертаза йига а йигна, йоьIан бертаза мах а бина, масехбаттахь иза
шайн кертахь латтийна цара а. ЙоьIан бертаза, нуьцкъах маре елла ХушуллагIара
а. Ша гайтинчу цIеначу, нийсачу некъа тIера ваьллачу стагана диканиг ма ца до
Дала. Ткъа и захало долийчахьана дуьйна шу шинне агIорхьарниш Дала гайтинчу
цIеначу, нийсачу некъа тIера юьстахбевлла лелла. Цундела Дала шуна иза бекхаме даьккхина.
ЭлсангIара шайгара йоI схьаяьккхича, шайна иэхь дина цара аьлла, церан боьршачу
стеган шарбал яккха дахана шу. Цара шух стаг вийна. Цунна дуьхьал аш Элсан
вийна. Элсанна дуьхьал цара Хьамза вийна. ТIаккха аш церан Iадод вийна. Дала
адамаш дайа ма ца боху. Ша кхоьллина синош Ша дIаоьцур ду, Шен гIуллакха юкъа
шу ма гIерта ма боху Цо адамашка. ХотIе а доцуш, шена хаа а хууш, бусалба стаг
ма ве ма боху Цо. Бусалба стаг вийначунна Ша гечдийр дац, цунна кечйина
жоьжахате ю, иза цкъа а оцу чуьра хьалавер вац ма боху Дала. Ткъа аш, шинне а
агIорхьарчара, байинарш Делах а тешаш, Далла Iамал а еш болу бусалбанаш бу.
ХотIе а доцуш, хаа а хууш бусалба стаг вийнарг вен магадо бусалба динехь. Куьг
бехкениг. Ткъа аш, шиний агIорхьарчара, куьг бехке боцу нах байина. Аш къена
Элсан вийна, ткъа цара къена Хьамза вийна. ТIаккха аш иштта Iадод вийна.
Бехкениг къастош, шариIатехь кхиэл йича а бен, шуи бакъо ма яцара и адамаш
дайа. МостагIчун цIийнах, тайпанах хилчахьана, шайн аьтто баьлларш байина аш.
Бехке боцурш а. Церан жоьра зударий бисина, буобераш дисина. Наной,
хIусамнаной, йижарий, бераш делхийна. Ткъа бахьана хIун ду? Дала, пайхамара, шари
Iато гайтинчу
новкъара юьстахдовлар. Дала бохург вай дахьара, Цо гайтинчу цIеначу, нийсачу
новкъа вай дIаг
Iертахьара, вай иманехь нислахьара,
вайна хуьлуш долу дуккха а зенаш-зуламаш, бохамаш, баланаш хир ма бацара,
Зеламха. Паччахьан Iедал бехке до ахь. Иза нийса ду. Иза керста, оьрсийн Iедал
ду. Иза къинхетам боцуш, къиза, ямарт Iедал ду. Оьрсийн паччахь ницкъ болуш ма
ву. Царна хIун ду нохчаша, бусалбанаша вовшийн байарх? Иза царна луург ду.
Цхьажимма а вай бахьана далийтича, набахте кхуьйсу, Сибрех дохуьйту. И бахьанаш
дийлийта вайна юкъа питанаш туьйсу. Ткъа вайна и бахьанаш ца дийлийта, лардала ца
хаьа. Нагахь санна, Дала, пайхамара, бусалба дино бохург а деш, вай ийманехь
нислахь, Дала вай зенех-зуламех, бохамех, баланех лардийр ду, Делера орца а,
къинхетам а хир бу, вайн дуьне а, эхарт а декъал а хир ду. Иза иштта хилийта
Дела ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву. Амма ийманехь вай ца нислахь,
дуьне а, эхарт а декъаза хир ду вайн. Цуьнан цхьа а тайпа шеко яц.
3
И
къамел хиллачул тIаьхьа тайп-тайпана ойланаш йора Зеламхас. Ша хаъал хилчахьана
чIогIа Делах тешаш а, чIогIа Делах а, къематдийнах а кхоьруш а, шена ма-хуъу,
шен ницкъ ма-кхоччу Далла Iамал еш а вара иза. Хьанала къахьоьгуш а, хьарамчух
ларлуш а вара. Перз ламазел а, марханел а совнаха ламазаш а дора, марханаш а
кхобура. Шайн дохнна, ялти тIера закат а, мискачарна сагIа а лора. Ша цIена
бусалба а хетара цунна. Амма Соип-Моллас дийцинчуьнга ладоьгIча, ша цIена
бусалба хиларх шекьваьллера иза. Шайн доьзалшна хиллачу бохамашна Далла хьалха
а, доьзалшна хьалха а ша бехке а хийтира цунна. Оцу итт дийнахь шен ламазаш
тIехь Деле шена гечдар, шен доьзалшна къинхетам боьхура цо.
Амма
паччахьан Iедалца а, оцу Ведана гIопехь, тIулгийн лекхачу, стаммийчу пенашна
тIехьа а левчкъина, кхузарчу мискачу адамашна тIехь харцо, къизалла латточу оцу
хьакхарчашца а, церан ялхой хилла лелачу нохчийн заддашца а машар а бина,
къарвелла саца ойла а яцара. Цаьрца машар муха хуьлу, цхьаннахьа а гуш нийсо ца
хилча, гуо баьккхина лелаш харцонаш, ямартлонаш хилча. Нуьцкъалчо гIорасизниг
хьоьшу. Хьолахочо къениг вацаво. Хьекъалечо боданениг Iехаво. Iеламнаха бусалба
дин шайна пайдехьа дерзадо, уыл дукхахберш паччахьан Iедална, хьаькамашна
бохкабелла. ГIорасизчун, къечун, гIийлачун, мискачун цхьа а тайпа бакъо яц.
Iедална а, хьолахошна а уьш адамаш ца хета. Уьш лоьцуш Сибрех бахийта а, байа
а, текхамаш бойтуш чIанабаха а мега. И Дела воцу мостагIий, таIзар ца деш,
бекхам ца оьцуш, шайна луъург дан хецна муха бита беза? ХIара Зеламха а, хIара
саннарш а царах бекхам эца Дала къастийна, Делан лаамца лелаш хила а ма мега.
Ткъа бусалба динан кIоргенеш хаа, Соип-Молла санна, Iеламстаг вац Зеламха. Иза
бодане бежIу, жаIу, ахархо, асархо, мангалхо ву. Цунна Къуръано а, шариIато а
хIун боху ма ца хаьа. Дукхахболчу нохчашна а. Я Зеламхина бевзина молланаш а ма
бац дукха кIоргера бусалба динан Iилма хууш. Цхьамма цхьаъ дуьйцу, кхечара кхин
дуьйцу. Делан Къуръано а, шариIато а бохург дерриг а цIена хууш хиллехь,
Зеламхас и къинош летор ма дацара. Дала гайтинчу цIеначу, нийсачу некъа тIера
юьстахвер ма вацара. Цо ца кхеташ, лаамаза дийлийтинчу гIалаташна, летийначу
къиношна Дала гечдийр ду цунна. Дела хууш а, гуш а ву цуьнан дагахь дерг...
Амма
Дала къинхетам ца бахь, герггарчу хенахь машаречу дахаре юханехьа некъ ца гора
цунна...
Оцу шен
къаьхьачу ойланех иза юкъахваьккхира арара схьахезначу когийн татанаша а, лохха
дечу къамелаша а. Цхьа минот яьлча, цIа чу велира Аюб а, Абубакар а, корта а,
маж-мекх а даьлла жимастаг а. Охьаховша пурба делира царна Зеламхас.
- Мичара ву хьо?
- Гати-Юьртара.
- ЦIе хIун ю хьан?
- Соип. -Ден цIе?
- Болат.
- Ненан цIе?
- Деши.
-
Да-нана дуй хьан?
- Нана
ю, да вац. Сибрехь вайна...
- Хьан дехой мичахь бу?
- Шелахь.
КхидIа
хеттарш дан ца оьшура. Иза Соип-Моллас вийцинарг вара.
- Аюб,
корта а, маж а даша цуьнан. Хи а дохдай, дегI а цIандайта. Бедарш хийца. Цунна
тIехь ерш ягае.
Ши
сахьт даьлча Зеламхина хьалха хIоьттира куь-це, майра юьхь-сибат долуш
жимастаг.
- Маса шо ду хьан?
- Ткъе ворхI.
- Зуда
юй хьан?
- Яц.
- ХIунда яц?
- Зуда
яло аьтто боцуш Iийнера. Цунна а, керт-ковхь оьшучунна а ахча даккха
гIалгIазкхашна йолах болх бан Теркал дехьа ваханера со. Цигахь болабелла хIара
суна хилла бохам...
- Хаьа суна. ХIинца кхидIа хIун дан ойла ю
хьан?
- Ахь пурба лахь, хьох дIакхета лаьа суна. Сан
ден да-нана махках а даьккхина, Хонкара дахийтинчу, сан да Сибрех а вахийтина,
доьза вайинчу, сан нана ткъе ворхI шарахь хеназа къанйинчу Делан мостагIех
бекхам эца!
Зеламха
гIайгIане велавелира.
- Тахана Соьлжа-ГIала дIавигнехь, цкъа хьалха
масех баттахь набахтехь валлор вара хьо. ТIаккха суьдо вен кхиэл йийр яра
хьуна, я ерриг а хьайн оьмарна Сибрех а вахийтина, цигахь лийр вара хьо. Амма
Дала къинхетам бина, тахана хьо Iожаллех кIелхьараваьккхина. Тхан дахар а дац
цхьа минот а тешам болуш. Iожалла ю, когийн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина
лелаш. Тхоьца висча а, лаьмнашкахула, хьаннашкахула, шийла, меца, лечкъаш, экха
санна, ваьлла лела дезар ду хьан. ТIаккха цхьана дийнахь салташа вуьйр ву я
Iедало лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Ахь Iожалла леха ца еза, хьо вала ца веза,
ваха веза. Хьан дай къонахий хилла, цара шайн синош дIаделла нохчийн къоман,
бусалба динан маршонан дуьхьа. Церан тIаьхье хила еза, иза яха еза. Цул
совнаха, ткъе ворхI шарахь хьо кхаьбначу, кхиийначу хьайн декъазчу ненан ойла
ян а еза ахь. Хьол т
Iаьхьа дола дан верас воцуш, цхьалха юьсур ма ю
иза.
Соипан
корта охьабахара.
Зеламха
Аюбана а, Абубакарна а тIевирзира.
- Уггар
хьалха хIокхуьнан нене а, Соип-Молле а дIахаийта хIара могаш-маьрша а, кхерам
боцуш а хилар. ТIаккха генна лаьмнашка, кхерам боцчу юьрта, вайи хьеший болчу
дIавига хIара. Цигахь хIокхунна хIусамаш а таръе, кад-Iайг, мотт-гIайба, кхин
хIусамехь оьшурш а таръе. Уьш дерриг а дIанисделча, хIокхуьнан нана цига
дIайига. ТIаккха хIокхунна яло зуда лаха. ХIара реза а волуш, хIокхунна реза а
йолуш, ийманехь йолу йоI. Ишттаниг шайна карийча, сихха ялае. Мах бар а, там
бар а шиммо а дIалиста. Тховса кхааммо а дика садаIа, кхана Iуьйранна новкъа
довла. Кхетий шу?
Аюба а,
Абубакара а, резахилла, кортош таIийра.
- Ткъа
ахь, Соии, хьо дIатарвинчу юьртара соьгара пурба доцуш цхьа а ког дIа а ма
таса.
Кегийрхой,
вовшашка а хьаьвсина, бист ца хуьлуш арабевлира. Тийналлехь цхьа висина Зеламха
гIайгIанечу ойланаша юха а йийсаре лецира...
4
ТогIи
готта йолчохь шина бердан йистошна юьхьигаш хIиттош дехкинчу дукъошна тIехула
серагех дуьйцина зIараш а дехкина, лаккха айина Хулхулона тиллинчу тIай тIе
ваьлча, цхьа масех минотехь тогIица хьала-охьа бIаьрг бетташ сецира Овхьад.
ТIай кIелхула сихделла охьауьдура бухара тIулгаш гуш сирла хи. Овхьадана
тIехбуьйлуш, гихь а, карахь а тIоьрмигаш, таьлсаш долуш дIаоьхура базарара
бухабирзина божарий а, зударий а. Хьалха лаьттачу Дишни-Веданан кешнашна тIехь
бIаьрг сецира Овхьадан. Карлабелира ткъе ворхI шо хьалха цигахь хилла буьрса
тIом. ХIетахь оьрсийн эскаран яккхийчу тоьпийн хIоьънаша кегдина чарташ хIинца
а лаьттара кортош доцуш а, охьадеттаделла а. Доккха са а даьIна, шен чамда схьа
а эцна, меллаша гIулч йоккхуш дIаволавелира Овхьад.
ГIамар-Дукъ
хадош а изза тIеман шо карладелира Овхьадана. Малх чубуза гергабахча, ЦIоьнтара
улло, Кхеташ Корта лома тIе хьалавелира иза. Кхузара дIа бIаьрг тоьхча, цунна
хьалха хIоьттира берриг а бохург санна Нохчмохк. Къилбехьа - белгIатойн,
даьргIойн, цIонтаройн, гунойн, курчалойн ярташ, малхбузехьа - ялхойн, энакхаллойн,
айткхаллойн, бийтаройн, къилбаседехьа - гIордалойн, шонойн, Iаларойн, бенойн,
билтойн, гендарганойн, зандакъойн ярташ. И ярташ а, хьаннаш, даккъаш, раьгIнаш
а, шен ши пIелг санна, дика евзара цунна. Ткъе ворхI шо хьалха, тIеман бархI баттахь,
шелехь-дорцалахь а, дийнахь-буса а, гIаш-говрахь а дукха леллера иза оцу меттигашкахула.
Кхузара дIахьаьжча, нийсса дуьхьал го Коьжалк-Дукъ. 1845-чу шарахь нохчийн
наибаша коьртачу декъана цигахь дохийнера эла Воронцовн эскарш. Ткъе ворхI шо
хьалха Iаьлбаг-Хьаьжас шен кхаа бIе тIемалочуьнца кхаа дийнахь жигара тIом бира
цигахь оьрсийн вскарца. Ломана тIелеташ масех батальон салтий а, гIалгIазакхийн
дошлойн масех бIо а, царал совнаха, нохчийн, гIалгIайн, суьйлийн, гIумкийн,
хIирийн лаамхойн отрядаш а яра. Царна гIо деш яра яккхийчу тоьпийн масех
батарей. МостагIчунна даккхий зенаш а дина, кхоалгIачу буса шайн беллачеран
декъий а, чевнаш хилларш а кIелхьара а бохуш, оцу ломара дIавелира
Iаьлбаг-Хьаьжа.
Кхузара
дIа го иза винчу Гати-Юьртара масех цIа а. Овхьадана цкъа а дагара ца долура,
ша Iаьлбаг-Хьаьжех дIакхетча, дас ХортIас а, воккхахчу вашас Асхьада а
хьийзавар, Асхьада шена
неIарна
буллу гIуй тохар. Оьрсийн эскарша Гати-Юрт талош а, ягош а салташна
хьялхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийнера Асхьад. ХIетахь пхи бутт
баьллера Овхьад цIера ваьлла лелаш. Ваша вийна аьлла хабар деъча, тIамера цIа
веъна иза, тезетара а, кертара а араваьккхира дас. Хьайн мезех буьзна вежарий
болчу, Iаьлбаг а, Васалан Юсуп а, МIаьчиган Коьра а волчу дIагIуо аьлла.
ХIетахь
къена дара Овхьадан да-нана. Вежарий Асхьаб а, Iабди а, йиша Ровзан а яра.
Да-нана дийна хир доцийла хаьара цунна. Оьрсийн-туркойн тIаме вахана Асхьаб
дийна цIа вирзиний а ца хаьа. ХIетахь Гати-Юьртара виъ жимастаг вахара оцу
тIаме. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а, Асхьаб а.
Ровзан а, Iабди а жима дара Овхьадал. Оцу шиннан доьзалш а хир бу. Ткъа
Овхьадан зуда а ца хилла. Хир ю ала а ца хаьа. Иштта цхьалха къанлур ву, лийр
ву иза. ТIаьхье а ца юьтуш.
Овхьадана
дагаеара шена дуьххьара езаелла йоI, Деши. Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара
а безам. Гати-Юьртахь-м хьовха, цунна гондIарчу ярташкахь а цIеяххана хаза йоI
яра иза. Дуткъачу, лекхочу, куьцечу де-гIахь. Когийн хьорканашна тIехIуьттуш
еха, юькъа, Iаьржа месаш. Iаьржа бIаьргаш, царна тIехула, цхьана говзачу куьйго
лерина дехкича санна, хаза цIоцкъамаш. Аз дара цуьнан цхьа тамашийна кIеда,
эсала, хьастаме, ца кIордош, даима дIа ладегIа дог доуьйтуш. ХIокху тIаьхьарчу
ткъе ворхI шарахь даима Овхьадан бIаьргашна хьалха лаьттара оцу йоьIан сибаташ,
васташ, лерехь декара цуьнан аз.
ХIетахь
БуритIахь доьшуш вара Овхьад. Цкъа хьажахIотта цIа веъча, хин коьрте а вахана,
йоIе шен дагара дийцира цо. Амма Дешис тIе ца лецира цуьнан безам. Хьо хьал
долчу нехан кIант ву, ткъа ша къечу, мискачу нехан йоI ю. Цкъа-делахь, хьан
да-нана, нах реза хир бац къечу доьзалера йоI шайн кIантана йига. ШолгIа-делахь,
шун хьал а, шайн къелла а цхьаьна йогIур яц, шун кертахь гIарбашан хьолехь яха
шена а луур дац. КхозлагIа-делахь, ша а езаш, шена а везаш, ша санна къен-миска
Болат ву, элира.
Цхьа а
тайпа шалхо йоцуш, шен дагахь ма-дарра цо шега дийцарна, Дешина баркалла а
аьлла, хин коьртера дIавахара Овхьад. Цул тIаьхьа дуккха а хан текхира цо,
кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб ца кхеташ, кийра батталуш. Дукха хан ялале
Болате маре яхара Деши. Цул тIаьхьа цхьана а йоIе безам ца бахара Овхьадан. Я
мехкаршца уьйр таса а, сакъера а хан а ца хилира. Нохчмахкахь гIаттам
болабелча, цуьнан кIуркIамане нисвелира иза. ГIаттам хьаьшна чекхбаьлча,
Гуьржех вахара. ГIаттаман декъашхошна, атталла цуьнан куьйгалхошна юкъахь а
дуьненан Iилма хууш кхоъ бен стаг вацара. Берса а, Iуммин Дада а, хIара Овхьад
а. Берса цомгаш, къена вара. Дада гIаттаман шийтта куьйгалхочуьнца цхьаьна
ирхъоьллинера. Берсас шена тIекхайкхира Овхьад. Хьо къона а, хьекъале а, Iилма
долуш а ву, хьо вайн къомана оьшур ву, Iедалан карагIахь, хIаллакьхир ву,
цундела хIокху махкара дIавала, элира цуьнга. Гуьрже-хара шен хьеший болчу
дIахьажийра иза Берсас.
5
Шоьнана
а, ТIуртIи-КIотарна а юккъехь, Коьжалка-Дукъахь, малх чубуьзначул тIаьхьа,
хьуьнна юккъехула болчу новкъахь Овхьадана хьалха нисъелира гIаш цхьанхьа йоьдуш
зуда. Цуьнан белшех кхозуш таьлсаш дара, букар а хьаьвзина, цхьанна гуш боцчу
ницкъо ийзош санна, техкаш, гIаж гIертош, халла когаш бохуш йоьдура иза. Некъ
цхьана жимчу ирзо тIе баьлча, соцунгIа а хилла, дIаса а хьаьжна, тIуьначу
лаьтта охьахиира зуда. Герга кхаьчча, Овхьадана евзира делкъехь Ведана гIопан
кевнехь шена гинарг.
Овхьад
тIекхаьчча, зуда цуьнга схьа а ца хьаьжира. Логах хьарчош коьрта тиллина доккха
Iаьржа кортали схьа а даьстина, ши тIемаг некха тIехула цо охьахецча, Iаьржачу
чухтина бухахула гиччошкахь гучуевлира ло санна кIайн месаш. Юьртана генахь,
акхароша сийсочу хIокху хьуьна юккъехь и къена зуда а йитина, тIехваьлла
дIавахар гIиллакхехь а ца хетта, цунна уллохь сецира Овхьад.
- Зуда,
хьо лаа лелий садовчу хенахь? - хаьттира цо.
- Лаа ю со-м. КIадъелла, жимма садаIа
охьахиъна.
- Гена яха дезий хьан?
- Гати-Юьрта.
- Иза-м генахь ма ю кхузара дIа.
- Тховса Iаьларахь буьйса йоккхур ю ас.
- Со а
ву, тховса Iаьларахь буьйса а яьккхина, кхана Гати-Юьрта ваха везаш. ТIуьна
латта дика дац дегIана. ХьалагIатта, луьйш-олуш, некъ бацбеш, цхьаьний дIагIор
вайша.
Зуда,
йист ца хуьлуш, хьалагIаьттира.
- Хьо
мичара йогIу? - хаьттира Овхьада цуьнга, тахана шена Веданахь гинарг билггала
иза юй те хаа лиъна.
- Веданара йогIу со.
- Лаа яхнерий хьо цига?
- Цигахь набахтехь кIант вара сан. Тахана
Соьлжа-ГIала дIавиги иза...
Зудчун
аз дегийра. Хеттарш ца деш, масех минот ялийтира Овхьада. Цхьадика, хIара
суьйре екхна еъна, беттаса а кхетта, новкъахь ког билла хатт кIезиг болуш
меттигаш гора. Шиний агIор лаьтта лекха, юькъа хьун дIатийнера.
- Хьо
мичара ю? - эххар а хаьттира Овхьада.
- Гати-Юьртара.
-
Цигара хьенан, мила ю хьо?
- Сан
да вевзар вац хьуна. Ткъа шо хьалха дIакхелхина иза. Халид яра цуьнан цIе.
Овхьадана
дагавогIу Халид. Къен-миска, оьзда, доьналле къонаха. Цуьнан йоI яра Деши.
- ЦIе хIун ю хьан?
- Деши.
Деши...
Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а цIена, боккха безам. ТIаьхьа цуьнан уггар
тешамечу, майрачу, оьздачу доттагIчун, бIаьхаллин накъостан Болатан зуда.
Болате маре яхначул тIаьхьа Овхьада шен нус, йиша лийрина Деши...
Ткъе
ворхI шо хьалхалерчу вастех а, сибатех а лар ца йисина хIинца цунна улло яьлла,
халла гIулчаш йохуш йогIучу зудчун. Деши ши шо жима яра Овхьадал. Хебарша аьхна
оза, еха юьхь. Ло санна, кIайн гиччош. Букар хьаьвзина букъ. Хьех чукхетта,
кхоьлина, гIайгIане бIаьргаш. Йиш хаьлла, гIоргIа аз. ХIун баланаш, бохамаш бу
те хIара хеназа къанйинарш? Болат лаьцна, Сибрех вахийтар-м хаьара Овхьадана.
Цигара цIа ца вирзина те иза? КIант лаьцна. Болат дийна хилча, хIара Деши
Веданахула кIантана тIаьхьаяьлла лелара ма яцара...
Хьалха воьду Овхьад, саца а сецна, Дешина
тIевирзира:
- Со
вевзар варий хьуна, Деши?
Деши
леррина цуьнан юьхьдуьхьал хьаьжира.
- Ца вевза суна.
-
Овхьад ву со, ХортIин кIант.
Юха а
цкъа леррина хьаьжча, оцу стеган юьхь-сибаташ, лер а Овхьадачух тера хийтира
Дешина. ТIаккха шен карара гIаж охьа а тесна, мара а кхетта, Овхьадан некха тIе
корта а таIийна, са уьйзуш, шен дог Iаббалц йилхира иза. Дешин озачу букъах дай
куьг я хьоькхуш, цунна маслаIат дан гIертара Овхьад. Амма Дешина ца хезара цо
дуьйцучух цхьа а дош. ТIаккха Овхьад ша а сецира, вист ца хуьлуш. Бераллехь
дуьйна хи ца даьлла цуьнан бIаьргаш цкъа тIунделира, логашад хьала-охьа
сихбелира, бIаьргаш чуьра комаьршша хиш охьахьаьлхира. Оцу цхьана минотехь
цунна хьалха хIиттира къиза тIом, йогу ярташ, бIаьхойн, зударийн, берийн
декъий, хьере хилла Iоьху даьхний, угIу жIаьлеш, бIарзделла хьийза адамаш а.
Iаьлбаг, Iумма, Берса, Болат, Къайсар, Коьра, Дада. Къена МIаьчиг а, Васал а.
Царах цхьа а дийна вац. Байина, белла, Сибрехь доьза байна...
ХIокху
декъазчу Дешин санна, Овхьада ткъе ворхI шарахь кийрахь сецош IаьIна къаьхьа
бала, кийра буьзна, тIехбеана хьалагIоьртина, легашкара дуьхьало а хадийна,
узаршца схьахецабелира. Деши мара а къевлина, шен дагна маршо елира цо. Белшаш
егош, гIара йоцуш, тийна вилхира иза. Бераллехь дуьйна, тховса дуьххьара...
6
Овхьадана
хатта лууш а, хаа лууш а дуккха а дара. Амма Дешин деган чевнаш ша
карзахъяхарна кхоьруш, хеттарш дан ца хIуттура. Йилхина, шен дог а Iабийна, Дешис
ша дийцира цунна оцу ткъе ворхI шарахь Гати-Юьртахь хилларш а, лелларш а.
-
ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа, дуккха а нах лоьцуш, Болат а лецира. Дуьххьара
Ведана вигира, тIаккха Соьлжа-ГIала, цигара дIа БуритIа а вигна, масех баттахь
набахтехь валлийра. ХIетахь Соип кийрахь вара сан. Болатах къаьстича, дог а
иккхина, со лийр ю моьттура суна. Дийнахь а, буса а наб ца кхеташ, кхачанах а
хаьдда, бIарзъелла, кIелйиса йоьлча, кхин хIун дийр ду а ца хиъна, Iелин
Iумарца БуритIа яхара со. Цигахь цхьана хIиричуьнга уггар лакхарчу хьаькаман
цIарах дехар яздайтира ас, сан дегIаца доьзалхо ву, Болат воцург, сан доладан
цхьа а верас а вац, иза къинхетам бай, маршаваккхахьара аьлла. Нагахь санна иза
маршаваккха йиш яцахь, цуьнца цхьаьна со набахтехь а йитахьара, Сибрех а
яхийтахьара аьлла. Хьаькам чохь волчу цIенойн кевнехь шина дийнахь лаьттира
тхойшиъ, и дехар хьаькаме дIадала стаг ца нислуш. Эххар а хьаькам волчу воьдучу
цхьана къинхетамечу оьрсичо шега дIаийцира сан дехар. Цхьа сахьт даьлча
вухавеъначу оцу оьрсичо элира, сан дехар кхочушдан шен бакъо яц боху хьаькамо
аьлла. Иштта, Болатца цхьаьна набахте а ца йитира со, Сибрех а ца яхийтира.
Ткъе ворхI шо ду иза Сибрех вахийтина. Дийна ву а ца хаьа, велла а ца хаьа.
Ткъе ворхI шо ду кертахь, урамехь адамийн, говрийн когийн тата хезча, хIинца
цIа вогIуш вац те иза, я цунах хилларг дуьйцуш хабар дохьуш вогIуш стаг вац те
бохуш, аралелхаш, ладоьгIуш со Iаш йолу...
- Дала
мукъалахь, Болат цIа вогIур ву, Деши. Делан диканах, Делан къинхетамах догдилла
мегар дац. Со ца го хьуна? Сайниш а Iаш хир бу, со велла я дийна ву ца хууш.
Суна сайна а ца моьттура со дийна цIа вогIур ву. Дийна а ву, цIа вогIуш а ву.
Дела дика ву, ницкъ болуш ву, къинхетаме ву. Хьан дуьхьа, кIентан дуьхьа Дала
цIа верзор ву. Сан дуьхьа а. Дела сан дог хууш а, гуш а ву, Деши, сайн вежарел
дукха везара суна Болат. Сан дика доттагIа а, дика ваша а вара иза. Болат санна
кIентий кIезиг хуьлу дуьненахь. Дала ларбо иштта кIентий. Ткъа тахана дуьйна
дIа хьайн дола дан ваша вац алий дага ма даийталахь ахь а. Вай вовшех къастталц
ас хьайх йиша алар дицделлий хьуна?
- Ца
дицделла, Овхьад. Хьо волуш, цкъа а сайн ваша вац аьлла дага а ца догIура суна.
Болатана санна, оцу ткъе ворхI шарахь хьуна са а гатлора. Далла бу хастам, хьо
мукъана а дийна цIа вогIу. ХIинца даг тIера ах бала дIабели суна.
Наггахь
цаьршиннан некъ хадош, хьалхахула чекхлелхара цхьогалш. Юкъа-кара хьуьн чохь
бухIа ека а хезара. КIадъелла Деши, шен дагара ца хоуьйтуш, гIаж гIертош,
хьалхахьа дIагIертара. Iаьлара дIакхача масех чаккхарма некъ бисча, некъа
йистерчу шовданна тIекхечира и шиъ. Шовданна гонаха юьйцина йина лохха керт а,
арахьа охьайиллина кхо-диъ дол попан гуьйриг а яра. Дешига жимма садаIийта,
цигахь сецира Овхьад. Шен чамди чуьра схьаэцна баьпкан юьхк а, нехча а гуьйриг
тIе охьа а ехкина, кертах кхозучу кхийран зоки чохь хи деара цо.
-
Охьахаал, Деши. Хьо мацъелла хир ю. Вайша Iаьлара дIакхаьчча, сихха хьалха
билла кхача кечбина Iаш хир бац вайшиннан гергара нах. ХIара кхача бекъа белахь
а, кхалла хьажахьа.
Дешис
шега шозлагIа ца алийтира. Баьпкан юьхках а, нехчех а пIелгашца кIез-кIезиг
йоккхуш, меллаша Iийша юьйлира иза.
- Ша
лацале хьалхарчу буса деха, лерина къамел дира соьга Болата. Тхо
гуттаренна а вовшах къаьсташ дуйла хиъна хир дара цунна. Ша жима волуш Шелахь
Соип цIе йолуш доттагIа вара шен бохура цо. Хонкарахь мацалла леш йоллучу шен
нанна кемсийн кан баккха, буса туркойн беша ваьлча, цара къиза вкйна хиллера
иза. Нагахь тхойшиннан кIант хилахь, цунна Соип алий цIе тилла, йоI хилахь, шен
ненан Хедин цIе тилла аьлла тIедиллинера цо суна. Болат лаьцначул тIаьхьа Соип
дуьненчу велира. ТIаккха ши шо даьлча нана, цул тIаьхьа пхи шо даьлча да
дIакхелхира. Хьуна ма хаьа, сан ден, ненан со цхьа йоI бен, кхин бер цахилар. И
шиъ дIакхелхича, верас воцуш, гIаж санна, цхьана йисира со. Шелара Болатан
гергара нах тхойша цига дIадига гIоьртира. Суна ца лиира. Шичой-маьхчой бацахь
а, сан гергара нах Гати-Юьртахь ма бара. Болат а цигахь кхиънера. Гатиюьртахоша
дика дола а динера цуьнан. Аьрзун, Iелин, Маккхалан доьзалех шен йиша-ваша а
тардина Iийнера Болат. Цундела, уггар хьалха, царах къаста а ца лаьара суна.
Iелин кIанта Iусмана а, Аьрзон кIанта Мохьмада а керт-ковхь гIо дора суна. Кха
а охура, ялта чудерзош, докъар кечдеш, цIа дохьуш, дечиг дохьуш, кхин деш а гIо
дора. Ша воккха хилча, Соипа и гIуллакхаш шен кара лецира. Делахь а, мел
къахьегарх, ког метта ца хIуттура тхойшиннан. Зуда яло таро ца хуьлуш, хенал
тIехвелира Соип. ХIора шарахь Теркал дехьа гIалгIазкхашна йолах болх бан
боьлхура вайн эвлара цхьа нах. Шина-кхаа шарахь болх бича, бахам а тарлора
церан. Соипана цаьрца ваха лаьара. Со дуьхьал хуьлура. Цхьаъ бен воцу кIант
цига вахийта кхоьрура. И сан кхерар эрна ца хиллера. Эххар а пурба делира ас
цунна. Юьртара а, гондIарчу ярташкара а нах боьлхуш хилча, Делан кара а велла,
вахийтира. Цхьана-шина шарахь болх бича, мотт-гIайба а, кертахь кхин оьшург а
эца, зуда яло а аьтто хир бац те аьлла. ГIаддайна вахийтира. ТIаккха со
кхийринарг хилира...
Шозза-кхузза цхьакIеззиг бепиг а, нехча а кхаьллина, йисинарг Овхьаде дIакховдийра Дешис. - БIаьстенан юьххьехь дуьйна гуьйре шелъяла йоллалц, ворхI баттахь, дийнахь а, буса а бохург санна са ца доIуш болх бира Соипа цигахь. Iа герга гIоьртича, цIа ван ойла хилла, гIалгIазакхичуьнга шена йогIу ял схьаехна хиллера цо. Амма гIалгIазкхичо, цхьа сом а ца луш, боьха яппарш йина, кертара араваьккхинера. Хьуна махаъара, Болат Iаламат собаре стаг вара. Соип дега ца хьаьжнера, цIий сиха вара. Буьйса тIекхаччалц юьрта йистерчу эрзалахь лечкъина а Iийна, адамаш набарна дIатийча гIалгIазкхичун керта а вахана, юха а шен ял схьаехнера цо. И гIалгIазакхи Соипаца галваларан цхьа бахьана хиллера. Хьялхарчу буса цуьиан рагIу кIелхьара говраш йигна хилла нохчаша. Оцу къоланна Соип бехке веш хилла цо. И къуй ахь тIехьехна, хьо церан декъашхо ву, бинчу балхана ял-м муххале а лур яцара хьуна, ша Iедале дIа а велла, Сибрех вохуьйтур ву хьо, бохуш. Иза шена нанна хьежош, яппарш ян воьлча, шаьлта тоьхна иза охьа а виллина, ведда цIа веънера Соип. ГIалгIазкхичунна Соипан цIе а, ден цIе а, Гати-Юьртара вуйла а хууш хилла. Ткъа и къена гIалгIазкхи, Iедало лоруш, воккха элсар хилла боху. Цо сихха цигарчу Iедале дIахаийтина, ша йолах лаьцна нохчо, къуй а балийна, шен говраш а йигийтина, шаьлта тоьхна ша охьа а виллина, дIадиллинчуьра шайн бIе туьма ахча а лачкъийна, ведда аьлла. Цигарчу Iедало Ведана хаам бинера, тIаккха Веданарчу пурстопа, тражникаш балош Гати-Юьрта а веъна, дIавигира Соип. И нохчийн къуй а, талорхой а бахьана долуш, бехк-гуьнахь а доцу, хьанала къахьоьгуш волу, цхьана волу цхьа кIант хIаллакьхили-кх сан. Ткъа Соипа гIалгIазкхичун ахча лачкъийна бохург а бакъ дац. Ишттаниг ца дан, тхойшиъ ший а мацалла долуьйтур дара цо. Кисанахь шай а доцуш цIа веънера иза. Тахана Соьлжа-ГIала дIавиги... Наха тайп-тайпана хабарш дуьйцу. Оцу чевнах и гIалгIазакхи велла а боху, ца леш, сакхат хилла висина а боху. Иза веллехь, Соипана вен суд йийр ю, дийна висинехь, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вохуьйтур ву а боху. ГIалгIазкхи дийна висинехь, цхьа дико аблакат хилча, суьде хан ца тухуьйтуш, цо кIелхьаравоккхур вара бохуш а дуьйцу. Суна аблакат а карор ма вац, карийча, цунна дала ахча а ма дац сан. ХIокху ткъе ворхI шарахь айса лайначу баланашка ладоьгIча, хьер ца йолуш я дог иккхина ца леш, со д Iалелаш хиларх цецъюьйлу... ХIинццалц Соипана тIеюьтура со. Тахана тIе а ца йити, ас баьхьна кхача дIа а ца балийти. Азвелла, гIелвелла, корта а, маж а даьлла, ца вевзачу ваьллера...
- Ас мел маслаIаташ дарх, ненан дог Iийр дац кIантана са цл гатдега. Амма ас тешам боллуш цхьаъ олу хьоьга. Тахана дуьйна дIа хьан а, Соипан а дола дан со ваша ву хьан. ХIокху махкахь уггар тоьлла адвокат а карор ву суна, цунна дала ахча а хир ду. Юьртахь ши-кхо де а даьккхина, Соипан гIайгIа бан аравер ву со. Нагахь санна и гIалгIазкхи дийна висинехь, хан ца тухуьйтуш, цIа валор ву Соип, иза веллехь, уггар лахара хан а тухуьйтур ю. Дала мукъалахь, и гIалгIазкхи велла а хир вац, Соип цIа а вогIур ву. Соип Делан кара лур ву вайша, ткъа ас сайн ницкъ кхочу бахьанаш лелор ду. Варийлахь, Деши, цунах хьайна бала ма белахь, Деле хьайна собар дехалахь. ГIийлачу адамех къинхетам беш ву хьуна Иза, Соип хьуна цIа вало ницкъ болуш а ву хьуна Иза.
- Ахь дуьйцучух теша со, Овхьад. Уггар сан де доьхначу дийнахь, дог эккхал, хьер яллал со бIарзъеллачу дийнахь, орцахвала ваша воцуш со цхьа йисинчу дийнахь суна тIе ваша кхачийначу Дала, сан кIант шен декъазчу нанна вуха а лур ву. АлхьамдулиллахI, хастам бу-кх ницкъ болчу, къинхетамечу, комаьршачу вайн Далла. Цо динчунна реза ду-кх вай, Цо собар а лур ду вайна. ХIинца со паргIат ю хьуна, сан ваша...
7
Пхьуьйра
хан хила гергаяхча, цхьана гу тIе и шиъ хьаладаьлча, цаьршинна хьалха гучуелира
Яьсси хин аьрру йистехь, лекхачу берда тIехь, нийсачу меттехь яьржина Iуьллу
Iаьлара. Юьртахь чиркхийн гIийла серлонаш а, тхевнашна тIехула нийсса
хьалаоьхуш кIуьраш а гора.
Овхьада
доцца дийцира Дешина дIадахначу ткъе ворхI шарахь шен хиллачу кхолламах. И беха
некъ беш Овхьада шайн доьзал а, гергара нах а ца хаьттира, ткъа Дешис уьш а ца
хьахийра. Дешис уьш ца хьахийча, Овхьад шеквелира, шен доьзалехь сингаттамаш
хиллий те аьлла. Iаьлара чукхачале цунах дерг хаа лиира Овхьадана.
- Тхайчарах белларш-биснарш а муьлш бу, Деши? Деши
йоьхна хьаьвзира.
-
Дийцал ахь, бохамаш хилаза цхьа а вац, массарначул а тIех хьуна хилла.
- Делахь,
Овхьад, юьртах а, махках а, халкъах а ваьккхина, халонаш-баланаш а лайна цIа
вогIучу хьан тIе а дог Iовжо ца лууш ма Iийра со-м. Ас хIинца цадийцарх, кхана
хьуна хьайна а хуур ду дерриг а. Iожалла Делера ю, Цо кхоьллина массо а са дала
дезаш ду, дийна виснарг шен де тIекхаччалц, собаре а хилла, ваха везаш ву. Хьан
да-нана дIакхелхина. Асхьаб туркойн тIамера цIа ца веъна. Хонкарахь вийна,
цигахь дIавоьллина иза.
Да-нана
дийна хир доцийла-м хаьара Овхьадана. Иза царах дIакъаьстинчу хенахь цаьршиннан
кхузткъе итт сов шераш дара. Ткъа Овхьадан ваша Асхьаб хIокхул кхо шо бен
воккха ма вацара. Дех а, Асхьадах а тера а воцуш, догцIена, къинхетаме, оьзда
ваша ма вара иза. Да а, Асхьад а хТокхунна дов дан воьлча, даима а Овхьадехьа гIо
ма доккхура цо. Нана а, Асхьаб а дац аьлча, дог Iаьвжира цуьнан.
- Ровзан а, Iабди а долуш ду. Шиннан а доьзалш
а бу. Маре бахана йоьIарий а, зударий балийна кIентий а бу. Верийн бераш а ду.
Ткъа хьо цIахь воцуш дуккха а нах белла юьртахь.
- Iабди хIун деш ву?
- Шун дех йисина туька жима а хетта, кхин
йоккха туька йина цо. ХIокху агIор цхьаьннан а яц ишта йоккха туька. Оьрсийн
махкара тайп-тайпана товар а дохьу цо шен туькана. Iедало дика лоруш а,
хьаькамашца гIуллакх догIуш а ву. Юьрта баьхкина хьаькамаш цуьнан хIусамехь
совцу.
-
Асхьабаца тIаме бахнарш цIа баьхкиний? Уьш дийна буй? Товсолтин Хьуьси а,
Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а?
- Сатун
Солта кхузахь тIом болуш цIа ма веънера. Туркошца тIамехь пхьарс а баьккхина.
Иза а велла. Важа шиъ волуш ву. СаьIад юьртда, Хьуьси юьртан къеда ву.
- Iелин
а, Аьрзун а кIентий болуш буй?
- Iелин
воккхахволу кIант Iумар вац. Нах леца юьрта тражникаш баьхкича, вада гIоьртича,
вийра иза. Iусман ву. Аьрзун Мохьмад дукха хан йоццуш япон тIаме вахана. Иза а,
Аьрсамирзин Эламирза а, Солтхин Солта а. Аьрру пхьарс а баьккхина, цигара цIа
веъна Солта.
1877-чу шарахь оьрсийн-туркойн
тIом болабелча, оцу тIамехь туркошна дуьхьал тIом бан Къилбаседа-Кавказерчу
къаьмнех бIаьхаллин дакъош вовшахтуьйхира паччахьан Iедало. Кхечу къаьмнашна
юкъахь дика чекхделира и гIуллакх. Нохчех ши полк вовшахтоха езара, амма кхузахь
цхьа полк вовшахтоха а нах ца тоьура. ТIаме воьдучу стеган шен герз а, говр а
хила езара. Ткъа къехойн иза а, важа а дацара. Цига баха луучарна ял а кхайкхийра Iедало, йолах баха луурш
а кIезиг карийра. Масийтта шарахь шайна дуьхьал тIом бинчу, шайн ярташ
ягийначу, шайн халкъ ах хIаллакдинчу, дийна бисинарш къизачу Iазапехь латточу
оьрсийн паччахьан гIуллакхана тIаме баха а, лата а, бала а ца лаьара къехошна. ТIаккха и полк вовшахтохар
хьолахошна тIедиллира Iедало. И полк вовшах ца тохахь, Iедалерчу гIоьне а,
къинхетаме а догдохийла хир йоцийла а, даржашкара дIабохург хилар а хаийтира. Кхерабеллачу
нохчийн хьолахоша
шайн кIентий а, шайн харжах
къехойн кIентий а бахийтира оцу тIаме. Гати-Юьртара виъ жимастаг вахара цига. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а,
Борахин СаьIад а, ХортIин
Асхьаб
а, Сатун Солтха а. Шен доьзална даа рицкъа латто ницкъ а ца кхочуш, къен-миска
стаг вара Сатун Солтха. Юьртарчу хьолахоша шена делла ахча шен доьзална а дитина, церан герзаца,
говраца тIаме вахана иза, кхо
бутт баьлча цхьа пхьарс боцуш
цIа веара. ХIинца оьрсийн-японцийн тIаме а бахана Гати-Юьртарчу къехойн Аьрсамирзин а, Аьрзун а
кIентий. Уьш хIунда бахана те
аьлла, хаьттира Овхьада.
- Оцу
тIаме баханчарна Iедало ахча делла бохуш дуьйцура наха, - элира Дешис.
Овхьада
ойла йира. Цунна дагаеара дIадаханчу шарахь ша ешна Энгельсан «Германин
арахьара политика»
цIе
йолу статья. Цу тIехь Энгельса
нажжаз
бора,
хIокху
тIаьхьарчу
кхузткъе итт шарахь кхечу пачхьалкхийн паччахьийн йолахой а, чаьлтачаш а хилла,
шайн маршонехьа къуьйсучу европейски халкъийн цIий Iенош лела немцой. Цара деш
дерг дерриг а немцойн къомана доккха иэхь лорура Энгельса. Ткъа хIинца нохчий а
бевлла
Энгельса нажжаз бинчу новкъа. Дуьххьара оьрсийн-туркойн тIаме
бахара. Бусалба туркошна дуьхьал тIаме. Оьрсийн паччахьо, оьрсийн эскарша
нуьцкъах махках баьхна шовзткъе итт эзар нохчий - зударий а, бераш а, къенаниш
а тIелаьцна, царна туш деллачу бусалба туркошна дуьхьал. Шайн чаьлтачана,
оьрсийн паччахьана бохкабелла, цуьнан йолахой а хилла. Шайн дай, наной, йижарий,
вежарий байинчу оьрсийн салташна улло а
хIиттина.
Асхьаб
цига воьдуш, Овхьад дуьхьал вара. Амма Овхьаде ла ца дуьйгIира ХортIас а,
Асхьада а. Хьолахойн кIентий цига боьлхуш хилча, вайн доьзалера а цхьаъ ваха
веза бохура. Асхьад вохуьйтийла дац, керт-ков, бахам, туька а цуьнан яьIнн
тIехь ю, цуьнан зуда а, бер а ду бохура. Овхьад жима ву, доьшуш ву, дешар
чекхдаккха дезаш ву, бохура. Асхьаб зуда ялоза вара. Иза д
Iахьажийра туркойн т
Iаме.
Хорт
Iин а,
Асхьадан а сутаралло, къизалло х
Iаллаквина Асхьаб. Хийрачу
махкахь
Iожалла
хилла, хийрачу махкахь лаьттах воьллина. Хьенан дуьхьа, стенан дуьхьа? Шен
халкъан мостаг
Iчун оьрсийн
паччахьан дуьхьа, Россин хастаман дуьхьа.
ХIинца
оьрсийн-японцийн тIаме а бахана нохчий. Шиний агIонгахьара харцонан тIом ма бу
иза а. Россис а, Японис а къуьйсург я оьрсийн а, я японцийн а латта ма дац.
Цигахь бехарш я оьрсий а, я японцаш а ма бац. Самг къуьйсуш лета меца, сутара
ши жIаьла ма ду и шиъ. Ткъа оцу девнехь оьрсийн жIаьлехьа гIодаккха, лата, бала
бахана нохчий. Къелло бигна-кх. Амма къелла а, мацалла а шаьш леш хилча а, баха
ма ца безара уьш цига. Нохчийн гIуллакх ма дац оьрсийн, туркойн, японцийн, кхечеран
а девнна юкъагIерта, шайн а, кхечеран а цIий Iено. Нохчийн къам декъаза, жима
къам ма ду. Тоьар ма ду цуьнан хIаллакьхилар. Цо лайна халонаш, баланаш,
бохамаш. Иза ша лардала ма деза керлачу баланех, бохамех. Иза ша ца ларлахь,
цунна тIе бохам беъча, цунна орцахдала, цунна гIо дан, цунах къахета, дог лаза
дуьненахь цхьа а къам ма дац. Хилла а дац, хир а дац.
Ойланаш
йора Дешис а. ДIадаханчу ткъе ворхI шарахь а, тахана а шен синтем байина
ойланаш. Уьш Овхьаде ялхийра цо.
-
Делхьа хаац суна-м, Овхьад. Наха дийцарехь, шен маршонехьа, нийсонехьа къуьйсу
бохуш, масех бIе шарахь тIом бина вайн къомо. Сан дас а, дедас а, цуьнан дайша
а. ТIаьххьара а Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, ша къанвелла кIелвисча, герз кара
ца оьцуш Iийра сан да. Со-м зуда ю, соьгахь-м хьекъал а дац, хIетте а дакма а дIа
леташ, тIом беш, хIаллакьхуьлуш хила деза вай? Мичахь ю цаьргахьа къуьйсуш,
нохчийн къоман масех тIаьхье хIаллакьхилла и маршо а, нийсо а? Яц иза. Хьалха дIа
бIаьрг тоьхча, гуш а яц. ХIун хилла оцу маршонехьа, нийсонехьа къийсинчу вайн
юьртахойх? Вайна бевзинарш а тIаьхье йоцуш байна. Аьрзу Хонкарахь вийна, цуьнан
кIант японан тIаме вахана, цигара дийна цIа воьрзур вуй а хаац. Iела Сибрехь
вайна, цхьа кIант вийна. МIаьчиг а, цуьнан кIант а тIамехь вийна, тIаьхье йоцуш
вайна. Болатан да Хонкарахь велла, Болат Сибрехь вайна, Соип а цунна тIаьххье
дIавахийта новкъа ваьккхина. Бийца дукха бу уьш. Жимачу вайн юьртахь а оццул
хилча, яккхийчу ярташкахь, ерриг а Нохчийчохь мел дукха хир бу уьш. Ткъа и
божарий тIамехь байича, я Сибрех бахийтича, дола дян верасаш боцуш бисина жоьра
зударий, буобераш, къенаниш, заьIапхой? ТIамо цIенош дагийна, бахамаш хIаллак а
бина, чуберза хIусамаш йоцуш бисина эзарнаш, бIе эзарнаш доьзалш? Тхуна,
наношна, тIом ца оьшу. Оха тIамехь дайийта деш ма дац бераш. Даха деш ду. Къам
дебо, къам кхио. Къанделла кIелдисча, тхаьшна гIортор, гIовла хилийта. Дай,
вежарий, майранаш, кIентий тIамехь байича, оха, наноша, зударша хIун до хIокху
дуьненахь даьхна? Тхоьга ларлур юй къомаи маршо, бусалба дин? Болатал а, Соипал
а тIаьхьа суна маршо а, нийсо а ма ца оьшу. Дуьне а ма ца оьшу. ХIетте а кхета,
хьекъале бахка дагахь а бац нохчий. ХIара тIаьххьара цхьа ткъе итт шо
лаьттинера тIом боцуш, наной ца белхош, машаре. Цул хьалха шаьш лайна халонаш
а, баланаш а, шайна хилла бохамаш а, дерриг а дицдина, юха а изза къематде хIотто,
тIом боло гIерташ карзахбевлла нохчий. ХIокху аьхка Нохчмахкара цхьацца ярташ
Iедална дуьхьалъевллера. Шаьш паччахьан Iедал дIадоккху бохуш. Цига далийначу
эскарша тIе яккхий тоьпаш йитти царна. Нах лийци. Кхета, хьекъале а, имане а
бахка дагахь а бац нохчий. Массанхьа а къоланаш, талораш. Вайн жимачу юьртахь а
барт бац. Масех тобане а бекъабелла, вовшийн мостагIий а хилла, жоьжахатахь
санна хан токхуш бу. Иэхь-иман а, яхь-оьздангалла а, къинхетам а бохурш дIадевлла.
Хаац, нагахь санна кхин имане, хьекъале ца дагIахь, дуьне а, эхарт а декъаза
хир ду-кх вайн къоман...
* * *
НОХЧИЙН ОКРУГАН НАЧАЛЬНИКАН
ПОЛКОВНИК БЕЛЛИКАН
ОМРИЙН ЖУРНАЛА ТIЕРА
1857 шо. 29 август. № 18.
Аш
ярташка балийна молланаш го суна. Царах цхьаболчарна йоза-дешар ца хаьа, шайн
декхарш а ца хаьа, тIехула тIе данне а хьекъал а дац церан. ХIетте а юьртдайн
гIуллакхашна юкъа а гIерта уьш.
1857 шо. 13 сентябрь. № 21.
Зуламхо,
къу Iедале дIавийцар а, суьдехь цунна тоьшалла дар а иэхь лору нохчаша, ткъа
къола, талор, кхидолу зуламаш дар иэхь ца лору. Цундела нохчашна юкъахь ун
хилла даьржина къоланаш, талораш, кхидолу акха гIиллакхаш а, гIуллакхаш а.
Мелла а низамечу цхьана пачхьалкхехь и тайпа акха гIиллакхаш лелаш цахилар дIахоуьйту
ас халкъе. Оцу пачхьалкхашкахь, кхетамечу къаьмнашлахь муьлхха а зуламхо
Iораваьккхина, Iедале дIавийцина, суьдехь цунна тоыналла дина стаг халкъо лоруш
а, сий деш а ву. И шайн акха гIиллакхаш а дитина, дуьненарчу массо а
пачхьалкхаша, массо а къаьмнаша тIелаьцна кхочушдо законаш а, гIиллакхаш а аш
лерахьара, кхочушдахьара, шуна юкъахь къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а хир
дацара.
1858 шо. 25 февраль. № 13.
Халкъе
дIахаийта зуламийн зама дIаялар, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дечарна
таIзар а деш, хьанала къахьоьгуш, Далла хастам а беш даха дезар.
Нохчий!
Шуьгахь хьекъал а ду, шун могашалла а ю, шун дика латта а ду, аш болх бахьара,
хьанала къахьегахьара, шу хьоле, шун дахар ирсе хир дара.
Наибаш,
юьртдай, къаной! Сан дехар ду шуьга. Шу халкъо лоруш нах ду. Паччахьан лаам
халкъе дIакхачо а, халкъ цунах кхето а декхар ду шун. Къоланаш, талораш,
кхидолу зуламаш а дитина, вовшашца девнаш а дитина, нохчийн халкъ хьанала къа а
хьоьгуш, бертахь, машаре даха лаьа паччахьана.
...Оьрсашца
машар цахиларе кхойкхучу молланийн хьехамаша доккха зулам до нохчийн халкъана.
1859 шо. 14 январь. № 6.
ГIуларой!
Шуна юкъахь ши стаг ву шуьга Iедална, хьаькамашна муьтIахь цахиларе кхойкхуш;
чIогIа а, дукха а маьхьарий хьекхарна, аш хьекъале а, Iелам а лоруш. Аш цаьрга
лерина ладоьгIча, и шиъ мел воккха ши Iовдал а, зуламхо а ву хуур дара шуна.
1860 шо. 7 январь. № 1.
Къушна гIожмаш тухуш ас таIзар
дайтарна нохчий реза бац бохуш хезна суна. Цхьа а таIзар а ца деш, маьрша
буьтийла ма дац уьш. Цундела наибашка омра до ас: ярташкахь халкъ гулдай,
хатта, къушна гIожмаш а тухуш, таIзар дан лаьа шуна я уьш Сибрех бахийта лаьа шуна?
Халкъана луъург суна тIекхачаде.