Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком


Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Мнения
Популярное
Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Дарц
Дарц Абузар Айдамиров

XI. ТаIзархой

Цхьацца адамаш оьздангаллех духу,
амма халкъ цкъа а ца духу.
Ю. Фучик

1

Гуьмсе станцера меттахъяьлла цIерпошт, цхьа хан яьлча, цIогIане мохь а тоьхна, Соьлжа-ГIала юьйлира. Иза УстаргIардойн-Эвлах тIехъяьлчахьана, вагонийн не-Iаршка а гулбелла, вовшашна тIеттIа а теIаш, арахьуьй-сура Россе бига Соьлжа-ГIала дIагулбеш болу нохчийн йолахой. Цхьа бутт хьалха и ши бIе нохчо, цхьамма шу Россех-м хьовха, Соьлжа-ГIала гIур ду шайга аьлча а цецбевр бара. Юьртахь цхьанаэшшара дIаоьхура церан да-хар. Дийнахь — болх, суьйранна - пхьоьха, буьйсанна -кегийрхошна синкъерам. Я лула-кулахь цхьаьнакхетий, цхьацца дуьйцуш, буьйса яцйора. ХIора дийнахь а — и цхьаъ. Наггахь луларчу ярташка дикане-воне а боьлху-ра. Юьртара цхьаъ Соьлжа-ГIала я ГIизларе вахана веъ-ча, цунах тамаша беш, цецбуьйлуш, цуьнга хеттарш деш, цо дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iара. Оцу шина бIе стагах цхьанна а ца моьттура шена цIерпошт гур ю а, ша цунна тIехуур ву а, хиъча, иштта гена, ца бевзачу махка гIур ву а. Амма и декъаза нах доьзалех а, яртех а, махках а къастийнера къизачу къелло, доьзалшкарчу мацалло.

Топ буйнахь вагонан неIарехь лаьттачу салтичунна улло а хIоьттина вогIура Мудар. Цхьа сахьт хьалха Гуь-мсехь меллачу чагIаро бохбина корта шелбаларе терра, кийра бузура цунна цкъа а ца хаабеллачу цхьана башха-чу сингаттамо. ЦIахь бисначу доьзална сагатдалар а да-цара иза. Вагонийн чкъургаша «даркх-даркх, даркх-даркх » бохуш дечу цхьанаэшшарчу татанаша дог огура цуьнан. Генна тIаьхьа еха аса юьтуш, цIерпошто туьйсу-чу Iаьржачу кIуьро а, агIор еттачу йовхачу Iаьнаро а шен садукъдеш хетара. Ткъа сингаттам тIеттIа алсамбуьйлу-ра чкъургаша мел боккхучу гонаца. Мел иза ца хьажо гIертарх, цуьнан ши бIаьрг хьаьвззий тIебоьрзура къил-ба-малхбалехьа тIаьхьаюьсучу лаьмнийн Iаьржачу раьгI-нашка.

«ЦIахь Iийнехь тоьллерий те суна? - дагаиккхира Мударна. - Сайца новкъа бевллачу нехан санна, боккха доьзал а ма бац сан. ХIун хир ду те сох? Суна-х оьрсийн мотт а, йозанан цхьа элп а ца хаьа. Шайн дена неIалт хиларш, СаьIадгIар ма бу со хIокху новкъа ваьккхинарш...».

ХIаъа, цара хаздира Мударна стражникашка язва-лар. Цига воьдург шовзткъе ялх туьма ахча а, духар а, говр а ло хьуна, цигахь доггаха гIуллакх дахь, кхин а шортта ахча а лур ду хьуна, эпсаран чин а лур ду хьуна бехира. ТIаккха? ЦIа веъча, Ведана гIопехь хьаькам я пурстоп хир ву хьо бехира. Царна хIун хуьлу, церан хIун дов, хIара Россех дIахьажаварх? Галаевс царна тIе ма диллинера, лаьттах ваккхий а, стражникашка ваккха шайн юьртара ши стаг караве аьлла.

ХIинца юьртахоша цунна хIуй кхайкхийна. Юха юьрта вар а дихкина. Бераш кегий ца хиллехь, доьзал юьртах баккха кхерам а тийсира. Амма Мудара марах доккхур ду иза юьртахошна. Цхьа шо даьлча, белшаш тIехь эпсаран хьесан погонаш а йолуш, детица кхелина тур кочахь, хьаргIачу динахь ша юьрта веъча. ТIаккха мила ваьхьар вара иза юьрта ца вита? ТIаккха СаьIад-гIар, IабдигIар, кIанцIара жIаьлеш санна, меттанаш ара а даьхна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIиттина, цIога лестош хьесталур бу цунна. Тоьар ду, церан ялхо а хилла, Му-дар вецаш лелар!

ЦIеххьана сецначу цIерпошто оцу хазачу ойланех юкъахваьккхира Мудар. Дерриг урамаш а, вокзалан май-да а юьзна дIахIоьттина халкъ гира цунна. ТIеяздина даккхий йозанаш долуш, ехачу гIожмаш тIехь дIасаоьз-на кIаденаш а, дуткъий аннаш а дара нехан кортошна тIехула хIаваэ хьалалецна. Мударна тIехьа лаьтта стаг меллаша и йоза деша хIоьттира:

- Ве-жа-рий... ла-ма-рой, шу Iе-хий-на. Шайн яр-таш-ка ду-ха-дер-за...

И дерриг а халкъ вагонашна тIегIоьртира. Иза сацо ницкъ ца кхаьчна полицейш юхабуьйлура.

- Вагонийн неIарш тIечIагIа! - вагонийн неIаршкар-чу салташка мохь беттара полицин пурстоьпо, цIерпош-тан йохалла дIаса а уьдуш.

ЦIерпошт цIеххьана юханехьа йолаелира. Шаьш Гум-се дIадига бохку те хIорш аьлла, цецвелира Мудар. Амма цIерпошт, гуттар а юьстахчу цхьана иекъа тIе а яьлли, чкъургаш а цIовзийна, сецира. ТIаккха, хьалхара яй вагонех дIа а къастийна, лаьллина цхьана агIор дIа а биг-на, хIорш шаьш болччохь битира. НеIарш тIе а къевли-на, готтачу корехула бен чу хIаваъ догIийла а йоцчу ва-гонашна чохь бисина нах, оцу бурконе а хевшина, хуь-луш долчух ца кхеташ, дIатийра. Царна хезара арахь оьрсийн, нохчийн меттанашкахь детта оьгIазе маьхьа-рий. Амма оцу хьолехь дукха ца лаьттира. Арахь тIе-гIертачу наха, уьш ларбеш лаьтта салтий дIа а баьхна, дIайиллира вагонийн неIарш. ТIаккха Мударна хьалха схьахIоьттира масех бIе стагах лаьтта къорза тоба. Юкъа-кара нохчийн куйнаш, чоэш. Эххар а и гIовгIанаш а дIа-тийра. Вагонашна хьалха тIекIел йоьттинчу яынканаш-на тIе хьала а ваьлла, цхьана оьрсичо куьг хьалалаьцча. Тахана керл-керла хуьлучу, шена гучу инзаречу гIул-лакхаша цецвоху Мудар, уьш дерриге а дицделла, акъ-ваьлла висира, оцу оьрсичунна тIаьххье хьала а ваьлла, цунна улло хIоьттина шен юьртахо Овхьад гича. Шен бIаьргех ца тешаш, уьш хьакха а дина, леррина цуьнга хьаьжира Мудар. Шеко хуьлийла а дацара. Лекха, элда-ра, куьце дегI, доцца лоргуш тодина Iаьржа маж-мекх, майра хьажар а. Цуьнан юьртахо, ХортIин Овхьад ву-кх! «Ванах, хIара а хIунда веъна кхуза? - цецвуьйлура Мудар.- Юьртахой суна дуьхьалбаьхна ца Iаш, кхуза а веъна. Суна тIаьхьара вала ойла ян а юй те цуьнан?».

- Вежарий-ламарой! - къамел долийра Овхьадан хьалха яьшканаш тIе хьалаваьллачу оьрсичо. - Масех бIе шо ду паччахьан а, хьолахойн а Iазапа кIел оьрсийн къин-хьегаман халкъо узарш ден. Оьрсийн халкъах Iуьйдучу цIийх ца Iаьбна, цIарца, туьрца шайн кога кIел доьхки-на цара кхидолу кегий къаьмнаш. Шун дайша бIе шарахь гергга турпала дуьхьало йира паччахьан колониза-торшна, церан Iазапан дукъа кIел шайн маьрша кортош охьа а ца таIош, царна хьалха гора а ца хIуьттуш. Паччахьо а, хьолахоша а нуьцкъах а, Iехош а шун ярташка лоьхкура оьрсийн салтий. Цаьрга хIаллакдойтура шун халкъ, сийначу цIарах ягайойтура шун ярташ. Шун жимачу халкъан ницкъ ца тоьира шайн махка гIерта дуь-ненахь а йоккха, къизачаралахь а къиза Россин импери юхатоха, сацо. Шуьгара уггар дика мохк дIа а баьккхина, шу дерзинчу тIулгийн лаьмнашка а доьхкина оьрсийн паччахьо. Амма шуна ма мотталаш и шайгара дIадаьккхина латта оьрсийн къинхьегамхошна делла. ХIан-хIа, ца делла. Шун а, тхан а цIий муьйлучу хьола-хошна, шун халкъан цIий Iенийначу инарлашна, эпсаршна, царна гIо динчу ямартчу йовссаршна совгIатана дIадекъна. ХIокху гIалара дика, хаза цIенош гиний шуна? Царна чохь бехарш хьолахой бу, ткъа царна хьал IаIош, лайш хилла болх беш, къахьоьгуш долу тхо тIекхетта йохкучу тIуьначу лаппагIаш чохь а, набахтел тоьлаш йоцчу баракаш чохь а деха. Тхан берашна деша ишко-лаш яц, цомгашчарна больницаш а яц. ДIахьовсал Суьй-ра-Коьрте. Нохчий цигара дIа а баьхна, цига нефтан вышканаш хIиттийна. Ингалсан, Францин, Бельгин хьо-лахошна доьхкина оьрсийн паччахьо шун мехкан хьал! Ткъа шу, хIокху дашочу мехкан дай, сагIадоьхургийн хьолехь далладо цо. Господинаш АхвердовгIар, Киреев-гIар бу цунах берсташ. Тхан, оьрсийн халкъан, долахь хIара кIерсагдевлла, берче белхан куьйгаш доцург, хIум-ма а дац. Амма тхо белхалойл а йоккхачу къеллехь, хол-чохь бу оьрсийн ахархой. Тхо тхаьш а ду селханлера ахархой. Ярташкахь олалла дечу помещикийн къизал-лой, цара тхайга хIоттийначу къеллой, мацаллой ара-даьхна, болх а, доьзална баьпкан юьхк а лаха гIала даь-хкина тхо. Вежарий-ламарой! Паччахьан а, хьолахойн а лоллина кIел садетта собар а кхачийна, царна дуьхьал гIевттина оьрсийн белхалой а, ахархой а. Тахана рево-люцин цIе кхерста Россехь. Ахархоша багабо помещи-кийн бахамаш. Халкъо бакъонца бекхам оьцу шегахь Iазапдаллорхойх. Оьрсийн халкъ маршадала гIерта бIе-шерийн лоллех, Iазапах. Амма мостагIа вайн массеран а юкъара ву. Тхуна а, шуна а, Россерчу дерриг а халкъаш-на а тIехь хIара Iазап латториш оьрсийн паччахь а, хьо-ладай а бу. Шайна дуьхьал вайн барт ца хилийта, шайна дуьхьал вайн ницкъаш цхьаьна ца кхетийта гIерта уьш. Вайна юккъехь мостагIалла латто питанаш туьйсу цара. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша хIинццалц шуна тIелоь-хкура оьрсийн салтий. ХIинца царна дуьхьал, шайн мар-шонехьа гIевттинчу оьрсийн къехойн цIий Iено дуьгу шу...

Вагонан корехула арахьоьжучу Мударна гира цхьана урамехула адамийн тобанна тIейогIу салтийн тоба. Иза адамашна тIекхаьчча, хьалха вогIучу эпсаро, саца а сецна, нахана тIе а вирзина, мосазза а мохь туьйхира. Наха ша тсргал ца вича, салташкахьа а вирзина, цаьрга омра дира цо. Тобанах а къаьстина, салташна тIевахначу цхьана ста-га цаьрга масех дош элира. Салташка куьйгаш а лестош, цхьаъ-м бохуш маьхьарий деттара майданарчу наха. Эп-саро чехабора салтий, амма тоьнийн баххаш лаьтта а хIит-тийна, меттах а ца бовлуш лаьттара уьш.

- Гой шуна и дIогахь лаьтта салтий? - цаьргахьа куьг тесира къамелахочо. - Тхо кхузара дIасалахка, оха дуьхьало яхь тхуна тоьпаш тоха, тхо дайа балийна уьш. Амма оцу салташа, Россехь массанхьа санна, дуьхьало йо шайн.вежарийн цIий Iено. Цундела дуьгу шу Россе. Хьолахой, церан бахамаш ларбан, маршонехьа гIевттин-чу оьрсийн белхалойн а, ахархойн а цIий Iено. И иэхье чаьлтачан декхар кхочушдийриг ахча делла шуна. Ве-жарий-ламарой! Шун майрачу, оьздачу къомах цкъа а ца бевлла йолахой, чаьлтачаш. Паччахье, хьоладайшка шаьш ма Iехадайта! Ахчанах Iехалой, шайн къоман сий ма бехде! Цул мацалла далар гIоли ю шуна! Соьлжа-ГIа-лин пролетарис, бохамехь шун вежарша, оха доьху шуь-га шайн ярташка духадерзар! Декъала хуьлда революци!

Адамийн тобано тоьхначу тIараший, маьхьарший лер-гаш къардира Мударан.

- Декъала хуьлда революци!

- ДIадаккха паччахьан Iедал!

- ДIабаха хьоладай!

- Декъала хуьлда маршо!

Адамийн маьхьарий дIатийра, оццу оьрсичо куьг хьа-лалаьцча. ТIаккха вистхилира Овхьад.

- Нохчяй! ХIокху суна уллохь лаьттачу оьрсийн бел-халочо шуьга дина къамел шеггара дац. ХIокхо и къа-мел дина кхуза гулбеллачу а, схьабахказа бисначу а гIа-лин белхалоша тIедилларца. ХIокхуьнан къамел, цхьа дош тIе а ца тухуш, кIел а ца дуьтуш, ас гочдийр ду шуна...

Овхьад къамел дан волавелча, цхьа масех минот хьал-ха ша цунна оьгIазвахарх дохковелира Мудар. Кхуза гулвеллачу масех эзар стага шайна юкъара къамел дай къастийначу оьрсичух а, нохчочух а цхьаъ Мударан юьр-тахо ву. Овхьад майра а, хьекъале а, оьзда а, доьналле а стаг вацахьара, цара къастор ма вацара иза.

«СаьIадгIар, ХьуьсигIар хIун ю Овхьадана хьалха? -бохура цо ша шега. - КоIанаш! Марцарш! ХIара дуьне деса ца дита Дала кхоьллина кIиллош. ХIетте а Овхьада бохург ца дира ас, СаьIадгIарга Iехавайтира. ДIовш хи-ларг, и малар ду со дакъазаваьккхинарг».

Маларх ваставелча, дохковуьйлу Мудар ша лелийна-чунна. Амма тIаьхьа хуьлу-кх. ХIинца цунна шех чекх са гора, ша шех кхаьрдара...

- Сан юьртахо ву иза, - куро кхоссар йира цо, шена. уллохь лаьттачу зоьрталчу шоточунна чоьже муьшка а еш.

- Ахь боккъал бохийца? ХIай, даьдисарг, и гIаза-койн мотт ма шари лалабо цо!

- Сибрехь ткъе ворхI шо а даьккхина, ши шо хьалха цIа веъна иза. Иштта дика Iаьрбгйн, туркойн меттанаш а хаьа цунна...

Тобанна тIехьа лаьттачу адамийн цIеххьана гIовгIа-наш евлира. Цига дIахьаьжначу Мударна гира гIаш а, говрашкахь а кхаа агIор тIедогIу эскар...

2

Россе буьгу нохчийн йолахой совцо кхуза гулбелла гIалин белхалой дIасалахка ялийначу салтийн взводо царна тIе тоьпаш тоха дуьхьало йича, гIалара далийна-чу эскарийн дакъойн юьхь яра Мударна гинарг.

- Нохчий! ХIокху оьрсичо шуьга аьлларг, цхьа дош тIетоха ца оьшуш, кхачо йолуш ду, - шен къамел дерзош вара Овхьад. - Оьрсийн паччахьо шайгара дIаяьккхина маршо ламарошка юхаерзалур яц оьрсийн а, Россехь де-хачу дерриг халкъийн а гIоьнца бен. Цундела паччахьан Iедало кхечу къаьмнашначул тIех баккхий бохамаш бин-чу, царал тIех доккхачу Iазапехь, лоллехь даллочу нох-чийн халкъан декхар ду, шайн маршонехьа къуьйсучу Россерчу халкъашца уьйраш а тесна, царна гIоьнна гIовт-тар. Амма аш Россехь кхочушден долчу иэхьечу гIул-лакхо нохчашний, оьрсашний юкъара барт, гергарло чIа-гIдийр дац, юкъахь цатешам, цабезам кхуллур бу. Вайн къомана иэхь дан доьлху шу цига. Нохчийн яртийн ве-калша тахана Кавказан наместникан а, вайн депутатан Эльдарханов Таьштамаран цIарах Пачхьалкхан думе а телеграммаш яхьийтина...

Хьалхарчу ротин салташа, шиний агIор дIа а хIит-тина, цIерпоштан некъ дIалецира. ШолгIачу рото, гона-ха салтийн ха а хIоттийна, депо чуьра цIерпоштан яй арабаьккхира. КхоалгIачу роте а, пулеметийн команде а, гIалгIазкхийн дошлойн бIоне а омра дира, платфор-ма а, вокзал а, цунна хьалхара майда а, цига догIу ура-маш а белхалойх дIацIанде аьлла. Кхаа агIорхьахула тIе-таьIначу цара, салташа тоьпийн баххаш детташ, гIалгIа-зкхаша шодмаш а, аьрташха тарраш а детташ, платформи тIера духадаьккхина адам вокзалаи цена тIе таIийра. Цигахь нахана етта йолийра курсантийн командо. Амма дукхахболчу белхалоша, низамехь тобане а гулбелла, шаьш лаьттачуьра меттах а ца бовлуш, дуьхьало йира царна. Курсанташна етта йолийча, гIоыша еъначу пуле-метийн командо гонна юкъахьовзийра белхалойн тоба. Кхечухьа бухабаьхна белхалой тIегуллуш, вокзалан хьал-харчу майданара тоба а стамъелира. Белхалоша дуьхьа-ло йора бIаьргаш цIийдина, хьерабевлча санна тIелетачу салташна а, гIалгIазкхашна а тIулгаш, кибарчигаш, эчи-гаш, дечигаш - шайна кара мел еънарг тIеетташ. МаьI-маьIIехь тоьпаш юьйлура, къорра татанаш дора тоьпийн баххаша, хIаваъ цоьстуш шакарш еттара щодмаша, тар-раша. Коьртах хIума кхетта говраш терсаш, тIехьарчу когаш тIе хIуьттуш, карзахъюьйлура. ОьгIазе яппарш, узарш. Чевнаш хилла охьаэгна нах, тергал а ца беш, хьоьшура.

Оцу къематденна юккъехула, Овхьадан тIаьххьара а дешнаш хезира Мударна:

- Хезий шуна, нохчий! Цхьана махкахь хIорш сан-начу мисканийн цIий Iено дуьгуш ду шуна шу! Иэхь хуь-лда шуна цига гIур делахь!

- Дала хIаллакдойла шу цига гIахь! Дала дийна цIа дерза пурба ма лойла шуна! - тобанна юккъерчу цхьана нохчочун мохь а хезира цунна.

Масех сахьт хьалха белхалоша, вагонашна хьалхара дIа а баьккхина, депо чу бигна яй, цIерпоштан шиний агIор моггIара дIахIиттинчу салташна юккъехула схьа а балийна, юха вагонашна хьалха туьйхира. Цо, доккха тата а доккхуш, вагонаш цIеххьана юханехьа тоьхча гал-ваьлла Мудар, шена уллорчу шоточух ка а тухуш, ар-къал кхийтира. ТIаккха вагонаш хьалха а узуш, цIогIа-не мохь а тоьхна, Iаь туьйсуш меттахбаьлла, тIаьхь-тIаь-хьа чехкаболуш, малхбузехьа дIахахкабелира.

Ша къен велахь а, оцу къелло маларе а марзвина, дакъаза ваьккхинехь а, амма шен дегIан кIоргехь лама-ро, нохчо вара Мудар. Цуьнан дагах мIараш туьйсуш, гIуьттура ламаройн уггар а оьзда гIиллакх: цо доьхкура карахь герз доцчу стагана, иза мостагIа велахь а, дуьхьал герз айар.

«Оцу салташа а, гIалгIазкхаша а санна, карахь герз доцчу, дуьхьало ян ницкъ боцчу адамашна етта дуьгу-кх тхо. Ма доккха иэхь ду оха тIелаьцнарг! Амма хIун дан деза? Цига ваха цхьана шарна куьг а таIийна, схьаэцна. ахча ас дайина. Иза Iедална юхадерзалур ма дац суна. Ас куьг таIийна кехат иолконакехь ма ду... Хьалха цIер-пошт сецначу станцехь охьа а воьссина, ведча? ТIаккха а, схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ма ву...».

Ша шена оьгIазъоьхучу Мудара, ата санна, цергаш хьакхийра, цо къевлинчу буйнашна кераюккъехь дил-хех чуйиссира пIелгийн мIараш.

«Расу а хили сол хьекъале. Цо ладуьйгIира Овхьаде. Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, цунна улло а хIоьттина, тIом бина цо. Гуьржехь а, Бакохь а паччахьан Iедална дуьхьал летта боху. Сибрехь ткъе ворхI шо хан а яькк-хина. ХIетте а ца къарвелла. Къарвала дагахь а вац. ХIумма а ца оьшуш, ваха аьтто а бара цуьнан. ХIетте а ца Iа. Цхьаъ хир ду-кх цуьнан дагахь. Ткъа сан кийрахь дог ца хилла. Сан дагахь даима а малар дара...».

ХIаъа, Овхьад кхерийна, къарван ницкъ бац дуьне-нахь. Цунна ца бицбелла нохчийн къоман маршонехьа тIамехь а, махках баьхна Сибрехь а белла шен нийса-рой, шен доттагIий, шен бIаьхаллин накъостий - Коьри, Болат, Къайсар, Юсуп, къена юьртахой МIаьчиг, Васал, тангIалкхашна тIе хьалаоьхкина къуона Iаьлбаг, Дада, къена Iумма а. Цунна цIераш ца хаьа хIокху тIаьххьар-чу шина бIешарахь маршонехьа тIамехь эгна бIе эзар-наш нохчийн кIентий. Тахана лоллехь долу шен декъаза халкъ...

3

ХIокху шарахь къаьсттина хьалхе а, шийла а тIеде-ара Iа. Аз кхолха дуьйлуш, кеглуш, хьаннашкахь охьа-детталора гIа охьадоьжна, дерзина довла а кхиале тIе-диллинчу лайн дозалло юьхьарсетто дитташ а, генаш а. Дикка ханна дукъделлера ярташна юкъара некъаш а. Амма шеца гIашсалтийн тоба а, гIалгIазкхийн бIо а, ламанан артиллери а йолуш, ярташна таIзар дан Ведана-ра араваьллера и гIуллакх бIаьстенга татта собар кха-чийна полковник Галаев. Цо шен омрица ярташна елла хан чекхйолуш лаьттара. ХIинца, хIора юьрта а хIут-туш, цо дIахьедора, ткъе диъ сахьт далале пачхьалкхан декхарш дIа а ца такхахь, Iедална муьтIахь а ца хилахь, ша ярташ лаьттаца дIанисйо олий. Ша дуьйцург моттар-гIина доцийла хоуьйтуш, цхьайолчу яртийн йистошка мосазза а йоккхатоп а тухура.

Ведана округера дукхахйолу ярташ, цIий Iанор ца хуьлуш, къаръелла, кIелсевцира цунна. Шайна тIера пач-хьалкхан декхарш а, Iедална дуьхьало ярна таIаарна тоьх-на гIуда а текхна ца Iаш, цара Галаевна гIо а дора цуьнан отряд шайна луларчу юьрта кхалхо. И гIо цара дукхах-долчунна уьш шайн юьртара дIабахархьама а дора. Пол-ковникан омра кхочуш ца деш еккъа цхьа Гати-Юрт йисимера Нодана округехь.

Шен отрядаца Галаев чекхваьллачу яртийн хIусамашкахь, хIетта чуьра дакъа арадаьккхича санна, сингатта-ме тийналла хIуттура. Делахь а, вер-ваккхар ца хилча-хьана, важадерг ловра наха. Амма доьзалан дена ша ва-лар гIоли хетара, шен хIусаме хIара Iаьржа ун хIутту-чул. Полковника нуй хьоккхий дIахьора пачхьалкхан налог такха аьтто боцчулехан бахамаш. ТаIзархой чекх-бевллачу ярташкара божалш, гIотанаш, кIаранаш ясса-лора. Сатосуш кхайкха нIаьна а ца юьсура. ГIалгIазкха-ша а, салташа а, къамкъаргаш хьийзош кортош а до-хуш, йойуш, юура котамаш.

Ткъа маса доьзал байлахь битина, лецна бай ваха-нарг вуха ца вогIучу гена, шийлачу Сибрех а бахийтина. ХIаъа, да дIа а воьллина, суьйранна чубирзинчу доьзалх тера ю тховса Нохчмахкара дукхахйолу хIусамаш. Юха а, къурд бина, дIатедина наха Iедало шайн сийсазбар. Амма хIара де цкъа а дицдийр дац цара. Царна цкъа а ца дицло шайна дина дика а, вуон а. Аьтто нисбаллалц, собаре сатуху, тIаккха дика - диканца, вуон - вуонца дIадоькху.

Нохчмахкара ерриг а ярташ къаръелча а, Iедална дуьхьало йо Гати-Юьрто а, цунах ун даьллачу луларчу Саьмби-КIотаро а, Шал-Дукъо а. ТIаьххьарчу шимма-м, шайна тIехула шозза-кхузза йоккхатоп тоьхча, шаьш Iедална муьтIахь ду аьлла, Галаевна тIе векалш бахкий-тира. Амма Гати-Юьрто, логехь дисинчу чIеран кIохцало санна, сагатдо цуьнан. Стомара цунна тIехула а, гондIа а йоккхачу тоьпан ткъа хIоъ а тоьхна, шен омра кхочуш-дан юьртана кхо де хан а елла, Саьмби-КIотарахь туп тоьхна сецна Галаев. Амма гатиюьртахой гучубовлуш бац. Цо хIоттийнарг СаьIад велахь а, ткъа боккъал а юьртда Акхболатов Ахьмад ву. Селхана Iуьйранна дуьйна сар-ралц гулам лаьттина цигахь. Амма цара хIун сацам тIе-эцна ца хаьа цунна. Галаевс царна еллачу ультиматуман хан тховса суьйранна чекхйолу. ТIаккха, шен дош кхо-чушдеш, юрт лаьттаца нисъян еза цо. Иза хила йиш йо-цург дара. И омра деш а хаьара цунна, ша иза кхочуш-дийр доцийла. Кхийолу ярташ а санна, хIара а кхеро дагахь динера. Цо хIетахь ойла ца йинера Гати-Юьртахь вехаш мIаькваьлла ши бунтовщик хиларан. Абубакаров Iела а, Хортаев Овхьад а. Царна тIе карзахе, къармазе Солтханов Солта а. Воккхастаг-м тийна-таьIна хан йок-кхуш вара. Иза юьртан гIуллакхашна а, политикана а юкъа ца гIерта боху. Амма Галаевна шера хаьа юьртан урхалле хаьржинчу пхеа стага Абубакаровх дагаволий бен ког дIатосуш цахилар. Хортаев Овхьад нохчийн интеллигенцица а, Соьлжа-ГIаларчу РСДРП тобанан куьйгалхошца а яккхий уьйраш йолуш ву. Нохчийн ин-теллигенцин векалша чIогIа лоруш а, сий деш а ву боху иза. Нохчийн йолахой Россе ца бигийта, гIалара белха-лой Хортаевн дIадолорца гIевттина хилар а гучудаьлла. Тамашийна хIума дай хIара-м. Шина вешех цхьаъ - Iеда-лехьа, важа - дуьхьал. Оццу Гати-Юьртара ву Манчжу-рехь нохчийн, гIебартойн дошлойн ши бIо тIамна дуь-хьал гIаттийначарах шиъ а. Ткъа хIокху тIаьххьарчу бат-тахь Зеламхин гIеранах дIакхетта ши гатиюьртахо.

ХIара Галаев санначу кхечарна шура йоккху етт бу Нохчийчоь. Амма цуьнан декъаза кхаж баьлла. Массо а зуламийн хьоста ду цуьнан округ. Кхузахь бу обаргийн бен а. Цхьана агIор, Зеламхех кхоьруш, кIожан пха а бе-габо цуьнан. Зеламхас шозза кехат даийтина цуьнга, на-гахь санна и хьайн къизалла ахь ца сацаяхь, ахь цхьа стаг Сибрех вахийтахь, цхьана стеган цIий Iанадахь, ша Добровольскийна тIаьхьа жоьжахата вохуьйтур ву хьо аьлла. Цо дийр ма ду иза. Зеламхас цкъа а эрна бага ца етта. Цо шен дош кхочушдо. Цунна масал ду Доброволь-ский а, Къеди-Юьртан разъездехь цо динарг а. Кхин маса ду уьш...

«ХIаъ, кхузахь лерг сема, бIаьрг сирла хила веза, -ойла йо Галаевс. - Ас корта а биттина, халла суна гIоьн-на баийтина гIалгIазкхийн пхи бIо хIара гIуллакх чекх ма-деллинехь дIабуьгур бу. ТIаккха округехь юкъара мя-теж йолалахь, сахьт далале хIаллакйийр ю сан жима гарнизон. Ирсе бу гIалгIазкхийн отделийн начальникаш. Правительствос лучу тIеман ницкъал совнаха, виллина дIа церан лаамехь ву цергашна тIекхаччалц герзаца кеч-вина масийтта эзар гIалгIазкхи. Шайга шок ма-тоьххи-нехь нохчийн ярташна тIехахкавала массо хенахь кийч-ча. ТIехула тIе, дукха хан йоццуш, инарла-губернаторан Колюбакинан дехарца, Кавказски эскарийн Коьртачу штабо Георгиевски тIеман складера итт эзар берданка а, масех миллион патарма а белла еккъа цхьана Сунжен-ски отделана. Герз делла а Iай ткъа! ГIалгIазкхий герза-ца кечбеш комаьрша харж йо правительствос. Ткъа сан округехь арахьарчу гIоьне догдохийла-м муххале а яца-ра, атталла законехь суна хьакъ долу гIо а ца до...».

4

Гати-Юьртана тIе кхераме киртиг хIоьттинера. Окру-ган начальнико хьалха елла ультиматум кхочуш ца йинера гатиюьртахоша. Пачхьалкхан декхарех цхьа кепек дIа а ца еллера, цхьа герз а ца деллера, Iедало шен кара дIа-боьхучу нахах цхьа стаг дIа а ца веллера. Делан къинхе-там хилла, хIетахь таIзарза йисира церан юрт. Амма сел-хана, яккхийчу тоьпашца салтийн а, гIалгIазкхийн а бок-кха бIо а балош, Яьссел дехьа сецначу полконака и шен хьалхалера омра кхочушдан кхо де хан елира царна. Ша аьлларг моттаргIина доцийла хоуьйтуш, юьртана тIехула а, йистошка а ткъозза йоккхатоп а тоьхна, дIавахара. Йоккхатоп етташ кхерабеллачу зударша а, бераша а Iадий-на маьхьарий хьийкхира. Даьхний Iоьхура. Кхерамазечу меттигашка дIа а левчкъина, угIура жIаьлеш.

Тахана Iуьйранна юьртан майдана гулбелла пхийтта шарал лакхара берриг а боьрша нах, делкъан ламазана цхьана сохьтана дIаса а бахана, юха а цига дIагулбели-ра. Масех тобане бекъабелла уьш, ва Дела аьлла, цхьана барте ца боьрзура. Цхьаберш сацам боллуш дуьхьал бара полконакан омра кхочушдан. Иза ца дан летта лийр ду вай бохура цара. Шайн зударийн а, берийн а, мискачу бахамийн а ойла еш болчу шолгIачарна, пачхьалкхан цхьадолу декхарш дIа а текхна, хIара гIуллакх машаре дерзо лаьара. Юьртан хьолахошна а лаьара иза машаре дерзо. Пачхьалкхан декхарш дIа а такхий, герз дIа а лой, Iедало дIабоьху нах шайн лаамехь цунна тIе а гIой, дIа-дерзаде бохура цара а. Юьртан бала болуш бацара и тIаьх-хьарниш. Цкъа-делахь, Iедална хьалха диканиш хила гIертара. ШолгIа-делахь, юьртана тIе яккхий тоьпаш ет-тахь, шайн цIенош дохорна а, салтий, гIалгIазкхий чу багIахь, цара шайн бахамаш талорна а кхоьрура.

Хьалхарчара бохург а дина, дуьхьало яр эрна дара. Иштта дуьхьало йинчу ЧIебарларчу масех юьртара цIе-нош дагийнера, салташа а, гIалгIазкхаша а бахархой талийнера, дуккха а нах лецнера. Изза дийр ду полкона-ка кхузахь а. Ткъа пачхьалкхан налогаш а, кхиболу те-кхамаш а бан нехан ахча а, дIадала герз а дац. Iедало дIабоьху нах дIа а белла, юьртана иэхь дойла янне а яц.

Делкъал тIаьхье а дIаяхара, нехан барт ца хуьлуш. Ахьмада лерина ладоьгIура массаьрга а. Цунна шена а ца хаьара, хIун дича бакъахьа хир ду. Ткъа баттахь кху-захь лаьттича а, оцу нехан цхьабарт хир бацара. Къуьй-сура, оьгIазъоьхура, чуьчча гIертара. Iелех дагавала са-цам бира Ахьмада.

- И гIовгIанаш совцаяй, цкъа ладогIал, нах! - мохь туьйхира цо, хьала а гIаьттина. - Iуьйрре дуьйна хIара гIовгIанаш еш, хIокху шелехь лаьтта вай. Амма, ва Дела аьлла, барт хуьлуш бац. Баттахь лаьттича а, хир бу ала меттиг а бац. Шу хIора а шен-шен дош тIехула дилла гIер-та. Тахана вайн юьртана тIехIоьттинарг хала, кхераме киртиг ю. Цунах кIелхьарадовла шуна некъ ца карабо. Аш массара а бертахь, массо а реза волуш, юьртан дола дан хаьржина тхо пхи стаг ву. Доша воцург, важа виъ кхузахь ву. Нагахь санна шу реза делахь, тхо виъ: Аьрса-мирза, Лорса, Солта, со а - дика ойла а йина, вала везача-рах дага а ваьлла, Делан къинхетамца, Делан гIоьнца, хIа-ра гIуллакх юьртана сингаттам ца хуьлуьйтуш дIадерзо хьожур ву. Оха йинчу кхиэлана реза хир дуй шу?

Жимма гIовгIанаш йинчул тIаьхьа, цхьа а дуьхьал воцуш, массо а резахилира.

МаьркIажан ламаз а дина, дог ца догIуш кхачанах а кхетта, шен кхаа накъостаца Iелех дагавала вахара Ахь-мад. ХIоьттинчу хьолах юрт кIелхьараяккха цхьаъ бен боцу некъ гайтира царна Iелас. Цуьнан хьехамца Гала-евна жоп яздира Лорсас. ШолгIачу дийнахь Iуьйранна, туркх а вахийтина, СаьIад, Хьуьси, Iабди юьртден кан-целяри кхайкхира Ахьмада.

Тхов тIе оьрсийн гераг а йиллина, ши цIа а, лекха уче а, дика неI-кор а долу хIара канцелярин гIишло ша юьрт-да волуш шен ахчанах совдегара ХортIас яйтинера. Юьрт-дена а, писарна а леринчу цхьана чохь аннех йина стол а, ши жIай-гIант а, чубаьхкинчу нахана охьаховша пе-нийн дохалла хIоттийна аннех дина деха ши гIант а дара, дуккха а шерашкахь нах тIе охьахийшина шарделла, лак хьаькхча санна, къегаш. НеIарехьа товха яра, кIуь-рзо Iаржйина. Уллора цIа шатайпа европахойн куьцехь, хаза кечдина дара. Бустамаш дохуш кечдина когаш а долуш, тIе Iаьржа лак а хьаькхна, шуьйра, еха стол а, иштта, хаза дина, тIе баьццара бархат тоьхна, лекха гIовланаш йолуш кIеда диъ кресло а, даима еса лаьтта книгаш чу хIитто йоккха шкаф а. Стоьла тIехула пенах кхозуш паччахьан доккха сурт а, цIенкъа тесна хаза, кIеда куз а. ХIокху цIа чуьра товха а яра, бустамаш до-хуш, еттинчу кибарчигех йина. И цIа белхан гIуллакха-на ца кечдинера ХортIас. Юьрта баьхкина хьаькамаш оцу цIа чу буьгура цо, ткъа хIора дийнахь беш болчу балхана лерина важа цIа дара. Ткъе итт шарахь сов юьрт-да лаьттина ХортIа дIакхелхича, цуьнан метта хIоттий-начу СаьIада а ца талхийра ХортIин низам. Ткъа дукха хан йоццуш юьрто хаьржинчу Ахьмада а, цуьнан накъосташа а оцу цIийнан неI ца йиллинера цкъа а. Уьш вук-ху белхан цIа чу гуллора.

Аьрсамирза, Лорса, Солта Iуьйранна хьалххе веъне-ра канцеляре. Цхьацца вогIуш, схьавеара СаьIад, Хьуь-си, Iабди. Шина дийнахь цIе ца латийначу цIа чохь шийла яра. Хьал-де хоьттуш эрна хан а ца йойуш, хьийзораш ца еш, къамел долийра Ахьмада.

- Хьуьса, тахана вайн юьртана тIекхозабелла кхе-рам массарначул а дика го шу кхаанна. Iедалца дерг а, юьртарчу нахера хьал а хаьа шуна. Оцу полконака шоз-лагIа а хан елла вайна пачхьалкхан налогаш, гIуданаш, герз дIадала, юьртара виъ стаг Iедале дIавала. Шен омра кхочуш ца дахь, хIара юрт йохийна, лаьттаца шарйийр ю ша а аьлла цо. Шуна ма-хаъара, налогаш, гIуданаш та-кха а ницкъ бац нехан, дIадала герз а дац. Цо дIавоьху виъ стаг Iедале дIа а велла, юьртана иэхь дечул, вайна делла дIадовлар гIоли ю. Полконака тоьхна хан кхана суьйранна чекхйолу. Вайн ворхIе дай а, вай а хIокху юьртахь дина а, кхиъна а ду. Вайн дай кхузахь белла, лаьттах боьхкина, изза хила деза вайх а. Цхьана цIий-нах, я ненахошкахула, я захалшкахула вовшашца цхьа гергарло доцуш цхьа а доьзал бац хIокху юьртахь. Цхьан-на хиллачу бохаман лазам массо а доьзалх кхета. Ваьш даллалц хIокху юьртахь цхьаьна даха а деза вай, вел-ларг массара а цхьаьна дIаволла а веза. Оцу дерригенан а ойла йина, вовшех дага а девлла, хIара юрт бохамах кIелхьараяккха цхьа некъ карор бацара те аьлла, схьа-кхайкхина шу. Хьуьса, хьо Iеламстаг ву, ткъа СаьIадана а, Iабдина а Iедалан болх, гIуллакхаш, хьаькамаш а бев-за. Шуна хIун хета, аш хIун олу, вай хIун де те?

Хьуьсера хьалхе а яьккхина, СаьIад вистхилира:

- Ахьмад, бусалба дин а, шариIат а, Iедал а, хьаька-маш а бевзаш долу тхо дIа а даьхна, тхол хьекъале, теша-ме, доьналле ду аьлла, юьрто шен коьрте хаьржина шу. Ткъа хIинца, юьртана тIе кхерам гIоьртича, тхо дагадаьх-кина шуна. Юьртан дола дан дезарш а, юьртах жоп дала дезарш а шу ду. Юрт кхерамах, бохамах кIелхьараяккха некъ а шуна каро беза. Ткъа тхуна хетарг шуна хаа ла-ахь, Iодало бохург кхочушдан деза юьрто. Кхин некъ ца хаьа тхуна.

- Амма юьртана хIара бохам бинарш шу ду, СаьIад. Юьртпн коьртсхь шу долуш тоьхна и налогаш а, гIуданаш а, кхиерш а! - са а ца тохаделла, юкъавуьйлира Солта.

СаьIад цунна тIевирзира:

- Аш схьа мел ваьллачо иза ма олу? Iедало налог, гIуда тоьхча а, тхо бехке до. Юьртара стаг лаьцча а, оха лацийтина олу. ХIинца хIара шаьш кегийна худар а тхан коча тоьтту. Наха шаьш юьртан урхалле хьалхатоттучу хенахь хIунда ца олура аш цаьрга, юьртан дола дан а, юьртах жоп дала а тхоьгахь хьекъал а дац, тхуна оьр-сийн мотт-йоза а ца хаьа, тхуна Iедал а, хьаькамаш а ца бевза? Шаьш кегийна худар хIинца шаьш даа!

- ХIай-хIай! - цунна тIетайра Iабди. - ХIинца и сал-тий а вай балийна боху. Ерриг а Нохчмахкарчу ярташна налогаш, гIуданаш тохийтинарш а, схьадоьхуьйтурш а, салтий балийнарш а вай ду ала а иэхь хетар дац! Шайн-чул совнаха, яа сискал ерг ца веза нохчашна...

Хьуьсас, вист ца хуьлуш, резахилла корта теIабора.

- Туьха тесна пхьид санна, ирах стенна лелха шуь-шиъ, - човхийра и шиъ Солтас. - Оьрсийн мотт-йоза а хууш, Iедал а, хьаькамаш а бевзаш долчу аш хIун дика болх, хIун аьтто бина юьртана? Юьртана-м хьовха, аттал-ла цхьана стагана а? Ирах а ца лелхаш, шайга дуьйцу-луънга цкъа ладогIа!

Аьрсамирзин хьаьжа юккъе, кIез-кIезиг гуллуш, шад гулбелира, месала, хьаьрса цIоцкъамаш, кондарш санна, дусаделира.

- Шаыл бехке дац боху аш? - царна тIекъевкъира иза. - ХIокху юьртана мел хиллачу бохамашна бехке шун дай а, шу а ду! Дац алал? Iабди, хьан да ХортIа а, воккхахволу ваша Асхьад а хIокху Iедалан ялхой, ай-кхаш ца хилла? Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болабелча оьр-сийн эскар долчу, Гезлойн-гIопе ведда ца ваханера и шиъ? Салташа хIокху юьртара цIенош дагош, царна хьалха-ваьлла лелаш ца вийнера Асхьад? Хьуьса, хьан да Тов-солта-Хьаьжа, СаьIад, хьан да Вора-Хьаьжа, хIокху юьрта богIучу оьрсийн хьаькамашна хьесталуш, церан цIогана кIел мотт хьоькхуш, царна Деле гIо доьхуш доIанат деш ца лелла? ХIокху юьртан ах мохк шу иттех стоган до-лахь бу. Шун дайша хьун хьокхуш баьккхипа иза? Цхьа кол ца хадийна цара! ТIамо тIера дай байина, я Iедало Сибрех бахийтина, шайн кхаш дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, яа сискал йоцуш бисиачу жоьра-зударшкара, бе-рашкара гирда хьаьжкIаш луш, шун дайша шайи дола даьхна латтанаш ду уьш. И доьзалш йолах шун дайша а бацийра, церан тIаьхьенаш яцош шу а ду. Сан кIант а, Мохьмад а, хIара Солта а яионца тIаме бахийтинарш шу дац? Мудар Россе хьажийнарш шу дац? Шайн кIентий хIунда ца бахийтира аш? Шун дай а хилла юьртана ямарт, хIинца шу а ду!

- Оха ца бахийтина уьш, ахчано бигина! - цавашаре велакъежира СаьIад. - Ахчанах бохкабелла бахана.

Аьрсамирза цIий сиха, дера стаг вара. ХIумма а цул тIаьхьависина Солта а вацара. Амма СаьIад а, ша молла велахь а, Хьуьси а вацара кIиллочарах. Iабди-м цхьога-лан амалш йолуш вара. ХIокхеран дов гена а даьлла, вовшашна тохарна кхеравеллачу Ахьмада совцийра уьш.

- Хьуьса, хьо Iеламстаг хиларна, ткъех шарахь юьр-тан молла а, къеда а латтарна, сайн къамел гIиллакхехь хьалха хьан цIе яьккхина долийра ас. Ткъа хьо, вист ца хуьлуш, хьайн шина накъосто дуьйцург къобалдеш, корта а теIош, хиъна Iа. Ткъа шу виъ а гIиллакхах, оьздангал-лех ма воха, собаре хила. Аьрсамирзас оьгIазвахана аьл-ларг а, ерриг юьртана а хууш, бакъдерг ду. Делахь а дIадевлларш дуьйцур дац вай. Ткъа хIокху тхан кочахь долчу даржах лаьцна аьлча, хIара оха лехна а, дехна а ца деъна тхан коча, оха тIелаьцнарг юьртан лаам бу. ХIо-кху хьаькамаллех хIумма а даккхийдеш Iаш а дац. Ткъа шу, СаьIад, наха юьртда а, къаной а хоржучу хе-нахь шайн бартахошца цхьаьна гуламера дIадахара. Иза дина а ца Iийра. Къайлах пурстопаца барт а бина, юьр-тарчу куьйган бакъо йолчу пхи бIе гергга стагах ах бIе шайн бартахой а гулбина, цаьрга кхаж а тасийтина, юьрто хьо юьртда, ткъа хIара ХьуьсагIар къаной хаьржина аьл-ла, дIа а кхайкхийна, хIокху чу охьахевшина. Аш хIун-да ца элира укурган началнике, тхан юьртахь наха юьрт-да а, къаной а хаьржина, и хаьржинарш Iадда бита, шаьш юкъа а ца Iуьттуш? Аш юьртана ямартло ма йина, СаьIад. Аш хIара юрт мостагIаллин шина тобане ма екъ-на. ХIинца юьрто хаьржина тхо Iедало къобал ца до, ткъа Iедало ямартлонца, харцонца хIиттийна шу юьрто къобал ца до. Тахана юьртана тIехIоьттина хIара кхера-ме хьал машарца дерзо тIедахча, Iедало тхо тергал дийр дац. Цундела Iедало хIоттийначу шу пхеамма дерзо деза хIара гIуллакх.

- Шен омра кхочуш ца дича, полконака къамел а дийр дац тхоьца!

- ХIета ага кхочушдан деза полконакан омра а.

- Юьрто пачхьалкхан налогаш, гIуданаш дIа ца текх-ча, герз дIа ца делча, тхоьга кхочушдалур дац полковни-кан омра.

- Аш, хьолахоша, дIатакха пачхьалкхо юьртана тIе-тоьхна налогаш а, гIуданаш а. Герз а дIало.

СаьIадгIар, цецбевлла, багош гIаттийна бисира.

- Оха хIунда токху юьртана тIера налог а, гIуда а? Иза а, важа а юьртарчу хIора кIуьран цIарах нийсса екъ-на, тхаьшна кхочург оха токхур ю, шайна кхочург наха а такха еза.

- И харцо хIинццалц лелла. ХIинца тоьар ду, нехан собар кхачийна. Шун долахь юьртан ах мохк бу, даьх-ний, туьканаш, хьераш, пайтонаш, гIудалкхаш, шортта ахча а ду. И дерриг а шайн дайшкара охьа хьарамчу некъаш-ца, харцонашца, ямартлонашца гулдина аш. Цул совна-ха, Iедало юьртана тоьхна, тIаккха дIабаьхна текхамаш, иза нахана ца хоуьйтуш, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисанашка аш дерзийна меттигаш а гучуевлла тху-на. Шу ямарт нах ду, СаьIад. Шайна лаахь, Iедало дIа-йоьху налогаш, гIуданаш, герз шаьш дIало. Шайна ла-ахь, оцу полконакца юкъара мотт а карабай, юрт кIел-хьараяккха. Иза шун шайн гIуллакх ду. Амма оха хьалххе цхьаъ дIахоуьйту шуьга. Нагахь санна оцу пол-конака хIокху юьртара цхьа цIа дохадайтахь, салташа цхьана кертара котам галъяккхахь, юьртара цхьа стаг лаьцна вигахь, цхьана стагана бохам баккхахь, шу ит-тех стеган цIенойх а, бахамех а оха чим бийриг хилар. Доцца аьлча, шайна а, шайн тIаьхьенашна а хIокху юьр-тахь даха лаахь, хIара гIуллакх юьртана сингаттам а, бохам а боцуш, дIадерзаде. Оха ца элира ала дац шуна. ХIан, хIара тхан лаам полконаке дIа а кхачабе, - шаьш яздина кехат царна хьалха теттира Ахьмада. - Цо хIит-тийна хьаькамаш ма ду шу. Иза а, шу а ахчанах йохка-луш, эцалуш хIуманаш ю. КхидIа къамелаш ца дер вай. Iодика йойла шун!

Чохь висначу кхаамма йоцца кхеташо йира. Церан барт хилира, вукху хьолахойх дага а бевлла, Iедалца дерг шайн ницкъашца, шайн харжашца дIадерзо...

5

Ткъа Саьмби-КIотарарчу юьртден хIусаме воьссина полковннк, букъа тIсхьа ши куьг а лаьциа, оцу шен син-гаттамечу ойланаша дIа а ца хоьцуш, жимачу цIа чуху-ла цкъа дIасаволалуш, тIаккха корехь а соций, ара бIаьрг тухуш, гнтвелла хьийзара. Иза валлал дохковаьллера ша, ойла ца еш, гатиюьртахошна и ультиматум яларх. Кхаа дийнахь-м хьовха, кхаа баттахь а и декхарш дIатакха церан ницкъ боцийла а, схьадала оццул герз доцийла а, и юрт сийначу цIарах ягийча а, ша схьавоьху виъ стаг цара шега схьалур воцийла а шера хаьара цунна. Ткъа и ультиматум цара кхаа дийнахь кхочуш ца яхь, юрт йохо дош ма делла цо. Цигара цхьа цIа дохадахь, юрт гIоттур ю. Цунах дIакхетар ю лулара ярташ а. ТIаккха и ун, шеко йоцуш, ерриг а округе даьржар ду. Бахархошкара налогаш схьаяха, герз схьадаккха аьлла, лакхара охьа омра делахь а, округехь мятеж хилахь, хIара бехке вийр ву. Хьуна халкъаца бийца машаре мотт карийнехьара, хьо къиза ца хиллехьара, халкъ Iедална дуьхьал гIоттур дацара аьлла. Кхин дуккха а бахьанаш карор ду шайн бехк хIокхуьнан коча баийта, хIара бехван, даржах вохо. Ткъа гатиюьртахошна хIокхо делла дош кхочуш ца дахь, царна а, кхечу ярташна а хьалха хIокхуьнан сий довр ду. Юьртана гIуда шеггара тоьхна цо. Иза дIадаккха а тарло. Схьадала дезачу герзан барам а шеггара хIоттий-на цо. Цара цхьа масех топ, тур-шаьлта, цхьа кIеззиг патармаш схьаделча, цунна а реза хир вара иза. Амма налог цо тухуш яц, иза цуьнан дIасахьийзо бакъо йо-цуш, пачхьалкхан гIуллакх ду. Ерриг ца лахь а, цкъа-чунна ах мукъана а схьалахьара. ТIаккха халкъана хьал-ха хIокхуьнан сий а ца лахлуш, дов а доцуш, Iедална а, бахархошна а хьалха хIара бехке а ца хуьлуш, машаре дIадоьрзур дара хIара гIуллакх. Олуш ма-хиллара, уьс-тагIий дийна а дуьсуш, берзалой юьзна а йолуш... НеI херйина, пурба а дехна, чувеара хехь лаьтта эпсар.

- Господин полковник, Гати-Юьртара векалш баьх-кина хIара дехар дохьуш. Шаьш тIеэцар доьху цара, -цуьнга кехат дIакховдийра эпсаро.

Кехат дIа а эцна, даржийра Галаевс.

- ХIара-м Iаьрбийн йозанца яздина ма ду. Подпору-чике Сейталиевга гочдайтий, чехкка схьада. Маса стаг ву уьш?

- Кхоъ.

- Муьлш бу хаьий хьуна?

- Вай Гати-Юьрта дахча, цигахь вайна хьошалла ди-нарш бу. Юьртда а, массарна вевзаш волу хьолахо Хор-таев а. Важа юьртан къеда вуй те моьтту суна.

Галаевн хьаьжа юккъе шад гулбелира. Уьш бацара цо бахкаре сатуьйсурш. Акхболатов коьртехь мятежни-каш бара.

- Цкъа оцу кехата тIехь яздинарг хIун ду хьожур ву со. Цхьана сохьтехь латтабай, чубахкийта.

Ша гочдина кехат схьадохьуш чувеара Сейталиев.

- Ас дан дезаш кхин гIуллакх дуй, хьан оьздалла? -вулавелла дIахIоьттира подпоручик.

- Дац. ПаргIат хила.

Полковник деша вуьйлира гатиюьртахойн дехар:

ВЕДАНА ОКРУГАН НАЧАЛЬНИКЕ ПОЛКОВНИКЕ ГАЛАЕВГА

Гати-Юьртан бахархоша шайн гуламехь шозлагIа а дийцаре дира хьан омра. Гати-Юьртарчу нехан, дика ойла а йина, хьоьга а, хьол лакхарчу а хьаькамашка шайн сацам дIакхачо барт хилла.

Тхо къен-миска адамаш ду. Тхайн доларчу ардашна тIера даьллачу ялтица Iаьнера а ца довлало тхо. Юьртан хьаьрам яц тхан. Мехкан цани тIера яьккхина докъар цхьа-ши бежана Iаьнах даккха а ца тоьа тхуна. Бераш ду тхан, тIедуха а, когадуха а доцуш, дерзина. Тхо, дак-кхийниш, тхаьш а ду тIелхигаш кхозийна лелаш. Хьал-ха, оьрсийн паччахьан Iедал тIедале, хIора шарахь юьр-тан мохк боькъура оха кIуьран цIарах. КIентий кхиъча, цара зударий балийча, царна кха тардора, хьун а хьо-кхий. ХIинца иза дан а таро яц тхан. Оханин латта а, цанаш а Iедало хIора кIуьрана тIечIагIъярца дIадаьк-кхина мохк юхабекъар. Iедало хьун а пачхьалкхан дола яьккхина, тхан бакъо яц ирзош даха-м хьовха, атталла даго дечиг даккха а. Тхан юьртан нийсса ах мохк Iеда-лан гIоьнца шайн дола баьккхина кхузарчу масех стага. Къелло бIарзбина цхьаболу нах хIинццалц Теркайис-те а боьлхий, цигахь цхьана ханна лело мехах латта а оьций, я гIалгIазакхийн хьолахошна йолах болх беш а, шайн доьзалшна сискал таръян гIертара. ХIинца цига боьду некъ а Iедало бихкина тхуна.

Хьалха хьайн омрица тхан юьртана итт де хан елира ахь 5104 сом пачхьалкхан налог, гIуданаш такхар а, 100 топ, 2000 патарма, 100 тур-шаьлта дIадалар а, я гер-зан меттана 11500 сом такхар а тIедожош. ТIаьхьа юьр-тара виъ стаг Iедале дIавалар а тIедожийна ахь. Ши де хьалха, Гати-Юьртана улло а веъна, юьртана тIехула ткъозза йоккхатоп а тоьхна, и хьайн омра кхочушдан тхуна кхо де хан елла, дIавахана хьо. И ахь тоьхна хан тахана суьйранна чекхйолу. Iедална дIадала а, я тхаьш-на дита а тхан герз доцийла хаьа хьуна. Доцчу герзана дуьхьал такха тхан ахча а дац, иза хилча а, оха токхур а дацара. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш юьртана тоьхна гIу-данаш а оха токхур дац. Ахь дIавоьху виъ стаг Iедале дIавалар тхан ницкъ болуш а, бакъо йолуш а дац. Абу-бакаран Iела цомгаш, къена стаг ву, Сибрехь ткъе бер-хIитта шо хан а яьккхина, дукха хан йоццуш цIа веана. Иза юьртан а, Iедалан а гIуллакхашна юкъа а ца гIер-таш, хан токхуш ву. ХортIин Овхьад наггахь бен тхан юьрта вогIуш вац. Ткъа Сулимин Хьомсуркъа а, Султа-хьаьжин Доша а юьртара араваьлла Зеламхин тобанах дIакхетта.

Юьртана бохам ца баккхархьама, хIуъа таро йина а, 1120 сом пачхьалкхан налог дIатакха хьовсур ду тхо, тхешан аьттоне а хьаьвсина. Оха къобал а дина тIелоцур дац аш ямартлонца хаьржина юьртан Iедал. Оха хаьр-жина нах бита юьртан коьртехь. Нагахь санна хIокху тхан сацамна хьо реза вацахь, тхан юрт а йохае, зударий, бераш а дайа, амма тхо дийна а долуш, хьан салташа юьрта ког буьллур бац...

Оцу кехата тIехь коьртаниг гатиюьртахой пачхьал-кхан налог схьаяла реза хилар дара. Важа дисинарш ли-ста хала хир дац. Гира беза мохь охьабиллича санна, дог паргIатделира полковникан. Амма гатиюьртахой чубаь-хкича, цо къайладаьккхира царах шен воккхавер. Хьаь-рсачу, нилхачу мекхех бай хьажо пIелг а хьаькхна, хьаь-жаюкъ а хабийна, царна тIевогIавелира иза.

- ХIара дохьуш даьхкина шу? Массо а юьрто сан омра кхочушдина, ткъа аш... ХIара хьенан бехк бу? -гатиюьртахойн кехат СаьIадан мера кIел оьхьура цо. -Юьртан бертаза ас юьртан коьрте хIиттийча, аш бина дика болх хIара бу? Сан омра кхочушдечу меттана, цунна дуьхьал оцу мезийн тIуьйлигийн ультиматум йохьуш даь-хкина шу? Кхин ницкъ боцуш ду шу? Я кIилло ду? Я цаьрца бертахь ду? Сан омрин цхьа хьаьрк аш кхочуш ца еш йитахь, ас шун юрт а ягор ю, юьртан коьртехь волу шу пхи стаг Сибрех а вохуьйтур ву!

Галаев, шеко йоцуш, къиза а, бекхаме а стаг вара. Амма хьеший, дуьхьал дош ца олуш, шекбоцуш хIиттина лаьт-тара. Царна дика евзара полковникан буьрса амалш. Уьш хийца дарба а, цуьнан мела меттигаш а хаьара. Цуьнца гIуллакх тахана дуьххьара ма ца Iоттаделлера церан. Цундела, шен дог Iаббалц иза бага етта а витина, тIак-кха вистхилира оцу кхааннах уггар мекара, дипломатан корматалла йолу совдегар Iабди:

- Хьан оьздалла, боккъал а аьлча, гатиюьртахойн ницкъ бац хьан омра дуьззина кхочушдан. Хьайн омри тIехь ахь тIедожийна ахча вовшахтохалур дац юьртана, иза кхузза йоьхкича а. Цхьа масех мокхазан топ а, ит-тех тур а доцург, кхин герз дац юьртахь. Шаьлта-м хIо-ра боьршачу стагехь ю. Ахь дIавоьхучу веа стагах лаьц-на цара яздинарг а бакъ ду...

- Хьайн ваша царна юкъахь хиларна тIетайна хьо?

- Ца тайна. Шаьш дуьненахь болуш сан да а, вежа-рий а реза ца хилла Овхьада юьхьарлаьцначу некъана. ХIинца со а вац. Тхойша ши мостагIа санна хан токхуш ву. Коьртаниг кхин ду. Тхойшиннан дахаран некъаш тайп-тайпана ду. Иза политик ву, со - совдегар. Наггахь юьрта вогIий, дукха хьолахь суна ца гуш дIавоьду иза. Хьан оьздалла, тахана Гати-Юьртахь хIоьттина хьал кхе-раме ду ерриг округана а. Нагахь санна отрядаца хьо юьрта гIортахь, цигарчу наха луьра дуьхьало йийр ю...

- Ой! ХIинцца ву-кх хьо, цаьргахь масех мокхазан топ йоцург, кхин герз дац бохуш. Сан отрядана дуьхьало стенца ян бохку уьш?

- Тоьпаш цахиларх, дуьхьало ян кхин герз карор ду царна. Масала, шаьлтанаш, шаданаш, дагарш, белаш, хьокхий. Тхуна хиъна, нагахь санна Гати-Юрт гIаттахь, цунна гIоьнна гIовтта луларчу яртийн барт хилар. ТIак-кха и ун ерриг а округе даьржар ду. Цуьнан шеко яц. Цул совнаха, тхоьга къайлах хаам кхаьчна, Зеламхин гIеранах дIакхетта тхан юьртара Сулиманов Хьомсуркъа а, Султахьаьжиев Доша а ярташна таIзарш деш лелачу хьан салташна тIелата обаргийн а, кхечу зуламхойн а йоккха гIера вовшахтухуш ву бохуш...

Полковник цавашаре велавелира.

- Со кхеро гIерта хьо? Оцу сагIадоьхургех кхеравал-лал кIилло а вац со!

- ХIокху Нохчийчохь массарна а хаьа хьо кIилло воцийла. Кхерамах а, зуламах а ларвалар кIиллолла яц. ХIокху деношкахь ЧIебарларчу ярташна тIехь ахь дин-чу луьрачу таIзарша а карзахбаьхна нохчмахкахой. Хьуна нийсса дерг ала лаахь, хIара ахь куьйгалла до округ мол-ханах дуьзначу шелигах таръелла. Цхьамма тIе суй кхос-сахь, эккха кийчча долчу. И суй Гати-Юрт хиларна кхоь-ру тхо. Нагахь санна хIокху округехь мятеж хилахь, хьуна бохам хиларна а кхоьру. Гатиюьртахойн ультима-тум йохьуш ца даьхкина тхо. ХIоьттина хьал ма-дарра хьуна довзийта а, хьо зенах-зуламах ларван а, хьох да-гадовла а даьхкина. Пачхьалкхан налог шаьш дIатокху боху гатиюьртахоша. ГIуданаш шайна тIе шайн бехк-гуьнахь а доцуш тоьхна, уьш такха реза дац шаьш боху. Юьртахь долу герз шадерг дIадала реза бу нах. Ткъа ахь дIавоьху виъ стаг и юрт сийначу цIарах ягийча а, шаьш дийна а долуш ахь дIавуьгур вац а боху цара. Ахь мел дукха кхерамаш тийсарх, мел луьра таIзарш дарах, шайн карахь долчул совнаха герз схьадала ницкъ бац нехан. Цундела и айхьа юьртана тоьхна гIуда дIадаккхахьара, юьртахь долу герз дIаделча, ахь тоам а бахьара, и виъ стаг Iедале дIа а ма вехахьара, хIара гIуллакх бохаме ца доккхуш дIа а дерзадахьара ахь аьлла, дехаре даьхкина тхо.

Полковникан дагахь дерг доьшуш санна дуьйцура Iабдис. ХIара гIуллакх иштта машаре дерзо шена мел чIогIа лаахь а, сихха резахилла, царна тIеверза а ца лаь-ара цунна.

- Налог схьа маца ло шун наха?

- Кхана делкъале Ведана округан казне охьаюьллур ю. Ша долу герз а цига дIадохьур ду оха.

- И шун дош кхочушдийр дуй ткъа юьртахоша?

- Цхьа а тайпа шеко йоцуш. Цара и дош делча а бен, схьа ма ца даьхкина тхо.

- Дика ду. Нагахь санна хIокху бартах шу дохахь, кхана делкъале шайн дош аш кхочуш ца дахь...

- Дийца а ца оьшу, хьан оьздалла, тхо кхеташ ду. Баркалла хьуна!

- Дала дукха вахавойла хьо! - тIетуьйхира Хьуьсас. Цара ца дийцира полковнике налог а, герз а шаьш

иттех стага шайн кисанашкарчу ахчанах токхуш хилар а, гатиюьртахоша шаьш кхерор а.

Полковнике куьйгаш а делла, шаьш арадовлуш, Iаб-ди тIаьхьа сецира.

- ХIокху сингаттамо хьал-де хатта меттиг а ца ба-лийти. Доьзал муха бу, могаш буй?

- Далла бу хастам, дика Iа уьш.

- Суна-м цкъа бен ца гина хьан хIусамнана. Iаламат чIогIа гIиллакхехь, оьзда адам ду иза. Цо сайна дина хьошалла ца дицло суна. Соьгара маршалла а ло цуьнга. Дукха хан йоццуш Петарбухе вахча, цунна лерина хIара дашо мидал эцнера ас, - кисанара схьадаьккхина, жима бархатан гIутакх дIакховдийра Iабдис. - Ткъа хIокху ха-лачу заманахь доьзална оьшург алсам хуьлу. ХIара сов-гIат хьайна дIаэцар а доьху хьоьга...

Полковникан кисана, юкъахь ахча а долуш, йовла-кхан шад таIийра Iабдис.

- ХIун до ахь, Iабди! Зудчунна совгIат ша ду, ткъа хIара кхаъ эцар ма ду!

- Уьш вайна юкъа ца догIу, хьан оьздалла. Уьш дий-цича, вайн доттагIаллина юкъа херо йогIу. Баркалла хьу-на, хьан оьздалла. Дала зенах-зуламах ларвойла хьо! Iоди-ка йойла хьан!

Iабди араваьлча, йовлакхан шад а баьстина, ахча да-гардира цо. Иза цкъа а шалха а кагдаза, ши эзар сом дара...

* * *

ТЕРКАН ОБЛАСТЕРЧУ КЪАЬМНИЙН ДЕПУТАТА
ЭЛЬДАРХАНОВ ТАЬШТАМАРА 1906 ШЕРАН
23 ИЮНЕХЬ ПАЧХЬАЛКХАН ДУМЕХЬ
ДИНА КЪАМЕЛ

Шодмаш, тоьпаш етташ, ахархойн кхетам артбан, бен гIертачу маршонехьа кхузаманан боламан чаьлтачийн цIерашна уллохь дуьххьара яха йолийна Теркан облас-тан ламаройн цIераш. Церан къеллех, бIаьрзаллех пай-да а эцна, Iедало Iехийна, йолах помещикийн бахамаш ларбан, эшамца а, бакъонаш яхарца а, бохамехь а ци-гарчу шайн вежаршна, къечу ахархошна тIехь суд а, таIзарш а дан Россе бигина нохчий а, хIирий а. Мотта тарло, цара хазахеташ цIий Iенадо, церан халкъийн цIий-га сутаралла а ю. И хабарш а, мотт-эладитанаш а харц-дарца Пачхьалкхан Думе оха дIахьедо Кавказан ламаро-ша машаречу, маьршачу дахаре даима дIа сатуьйсуш хилар а, къайлах а, даррехь а церан цхьана а къомаца мостагIалла а, атталла хьагI-гамо а цахилар а, шайн кхетам бацарна чаьлтачийн, черносотенцийн и иэхье декхарш кхочушдечу оцу цхьа кIеззигчу шайн кIенташ-ца маршо езачу ламаройн юкъара хIумма а цахилар а. Оха доьху шуьга, оха тIедожадо шуна ламарой оцу иэхье-чу гIуллакха юкъаийзор сацор а, цига дIабигна декъаза нохчий а, хIирий а шаьш бинчу ярташка бухаберзор а...

***

БИСМИЛЛАХШР-РОХЬМАНИР-РОХЬИЙМИ! ПОЛКОВНИКЕ ГАЛАЕВГА

Нагахь санна паччахьан законашна хIуъу дан мега хьуна моттахь, хьан коьртан хье чуьра хьано кхачийна. Бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзо иэхь ца хета хьуна? ХIун бехк бу ахь хьийзочу зударийн, берийн? Дерриг халкъана а, хьуна а хаьа Веданахь хиллачунна бехке хьо цхьаъ хилар.

ХIай, хьаькамаш, суьдахой! Аш кхиэл нийса ца йо. Бехк-гуьнахь доцу зударий, бераш набахтехь латтадо, Сиб-рех хьийсадо. Стигла довла тIемаш дац шун, лаьттах дола мIараш яц шун! Я даима гIопан пенаш тIехьа левчкъина Iен ойла ю шун? Сан бекхамна кIелхьарадевлла даха мет-тиг ма бац шун!

Со Зеламха ву, халкъ лардеш, халкъан цIарах бе-кхам оьцуш. Бехкениш бойуш, бехке боцурш дийна буь-туш. Законаш цаталхор доьху ас шуьга, законаш цатал-хор лоьху ас шуьгара. Ткъа аш, харц тоыналлаш гулдеш, талхадо уьш. И харцонаш лелорна цкъа дохкодевр ду шу.

Стигла хьалахьаьвсича хуур ду шуна, иза ницкъ бол-чу Делан карахь хилар. Аш а боху Дела ницкъ болуш ву. Амма и ницкь болу Дела соьгахьа ву. Цо гIо до суна бакъонца бекхам бан, ас мел дийриг Цуьнан лаамца ду. Ша реза верг дан дагадеъча, суна гIо до Цо. Ша реза воцург дан суна дагадеъча, со дохковоккху Цо. Ас мел дийриг АллахIан дуьхьа ду, АллахI, пайхамар, шариIат доцург, цхьа а паччахь, Iедал, закон къобал ца до ас. Пачхьалкхан хазнера дерриг ахчанах эскарш а гулдина, тIаьхьа довларх, со карор ма вац шуна! Шуна гергахь ву моьттучу хенахь генахь хир ву со, генахь ву моьттучу хенахь уллохь хир ву.

ХIей, хьаькамаш! Шу адамаш ма дац, боьха йовссарш ма ю шу! Сан мостагIалла шуьца ма ду. Машаречу оьр-сашна зулам ца до ас, бохам ца бо ас. Адамалла дац шуьгахь, акхаройл къиза, стешха, ямарт ду шу.

ХIай, полковник! Вай кхоьллинчу Делан дуьхьа, хьо вазвинчу Делан дуьхьа, суна а, халкъана а юккъехь мос-тагIалла кхолла ма гIертахьа! Зударий, бераш ма делха-дехьа! Айхьа царна дечу таIзарна, церан бохамашна, ба-ланашна царна хьалха со бехке во ахь, ткъа цара: «Дала хIаллаквойла иза!» - бохуш, сардамашца суна неIалт кхайкхадо. Уьш бехке ма бац. Хьуна дика ма хаьа, со бехке веш айхьа муьлхха а стаг лаьцна, набахте кхоьссича, Сибрех вахийтича а, цуьнан наха соьца мостагIал-ла лелор дуйла. Тхо хIинццалц машаре, бертахь даьхне-ра: сайна динчу диканна дуьхьал дика а деш, вонна дуь-хьал изза а деш.

АллахI къинхетаме ву, цо ларвойла хIара кехат доь-шург!

ПОЛКОВНИК ГАЛАЕВ!

Хьоьга тIаьххьарчу хIокху сайн кехата тIехь яздий-риг АллахIан гIоьнца кестта ас кхочушдийриг хиларан цхьа а тайпа шеко яц.

Хьо санна полковник хиллачу Добровольскийна ас динарг дика хаьа хьуна. Ас бехке во хьо:

1. Ахь законаш талхош, адамашна ницкъ барна а;

2. Со бахьана а лоьцуш, ахь данне а бехк-гуьнахь доцу адамаш Сибрех хьийсорна а.

Ас юха а боху хьоьга, цхьа а тайпа бехк-гуьнахь до-цуш айхьа лецна, чубоьхкина нах маршабаха. Ахь уьш марша ца бахахь, гаур, сан бекхамах кIелхьаравер вац хьо. ХIарра къамел шега дича, Добровольский ца кхий-тира сох, хIинца хьо а ца кхета. Амма ас кхетор ву хьо, гаур. Сан цIарах бехк-гуьнахь доцу адамаш хьоьга дой-уьйтур дац ас, гаур. Хьуна ма хаьа ас эрна дош ца олий. Ас кхочушдо сайн дош.

Нагахь санна со, ГушмацIин Зеламха, дийна висахь, хьайн зудчунна уллора аравала ца ваьхьаш, цIа чохь хьатI оьхуьйтур ду хьан, жIаьла! Хьо кIиллоне, кхахьпане шар-бал чохь хьатI оьхуьйтур ду ас, тIаккха жIаьла санна вуьйр ву.

Хьуна со Туркойн махка дIагIур ву моьтту, боху. ХIан-хIа, кхахьпа, иза хир дац. Шу чангIалкхех ведда, Туркойн махка а вахана, сайна и иэхь дийр дац ас. ГIахь а, хьо вийна бен гIур вац. Ахь лелориг дерриг хууш а, гуш а ву со. Хьо полковник ма вац, хьо нахаца лела кхахьпа ма ду.

Айхьа лецна бехк-гуьнахь доцу нах маршабаха, тIак-кха ас дийна а, маьрша а вуьтур ву хьо. Амма ахь иза ца дахь, йийсаре вигина, къиза вуьйр ву хьо.

Гушмазукаев Зеламха



Предыдущая страница | Страница 12 из 12
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Adurahman (11 мая 2007 16:55)
Assalamu 1alaykum salam marshalla du! San sih-siha hula khu saytate hajar, dokha barkalla du shuna bolh barna. Asa bokha payda ocu shun saytah, nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.
2) admin (13 мая 2007 16:54)
Цитата: Adurahman
nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.

Ва Iалайкум салам!
Абдурахман, Дала мукъалахь, цхьан баттан хенах иштта дийра ду вай
3) shilmalh (17 мая 2007 16:41)
БIешерийн дохалла нохчийн
халкъан маршо, сий лардеш, шайн
синош дIаделлачу кIентийн а,
йоьIарийн а хьурматана.


ma haz ela du
4) ALASH (18 мая 2007 00:06)
ASALAMU ALAJKUM.SALAM MORSHALA DU MASARGA A DOKXA BARKALA SHUNA.
5) shilmalh (27 мая 2007 19:19)
вайн бутт чаккх болаш бу книг мац гур ю вайн?
6) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
7) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
8) ... (3 января 2008 14:06)
kritik,
Не говорите о мусульманах того чего не ведаете, ибо окажись ваши слова ложью вы сами станете тем кем обзывали.Хьадис ду и маь1ан долш.Са хьоьц къийсйал гулкх дац, пайд хир боци ха сун хьалхехь.амма кхи хума дацахь хьай син сий да хаъ.стаган т1аьхьшхул к1илло бе ца лоь.




ас йешна хар книга цуьн хьалхар йог1ш шиа.сун хиццалц массо книгал хаз хетш ерг Айдамирови "Лаьмнашкахь ткъес" яр.Хар "Дарц" цулла а хаз хетит те аьл хетш ю.х1ора а дош бохуг сан цхьа леин к1аргдин йаздин долш сан хетлуш ду цуьн.баккъала а дик яздархо ву и. Нохчи маьрш ирсе баьхн хан нех кхетмашк чулацлуш яц,цу кепар г1ело латтийна вайн т1ехь х1инца а латтош ю,дукх хьолехь вай бодне хиларо,берш сан дог ц1ен хиларо талхин ду вайн г1улкх. Цу дарц т1ехь дик гойтш ду и автора.Ойл ен дол адам дуккха а хуман дуьхье кхиор волш язйин ю и книг.Бусулб нахан пайдехь а хет сун из.Дел рез хийл и кху т1е яккхинчун.Цхьанах Россияхь волчун типографны издани оьшуш хилахь кхузахь язйе. вайг далург дир ду вай Далмукълахь
9) Рамзан (8 февраля 2008 22:38)

Абузар Айдамиров интервью ю кхузахь:Массо а нохчо вукх бакъ!


http://fr.youtube.com/watch?v=SimjjAFRC2
M&feature=related
10) kritik (15 марта 2008 14:42)
Хьажахь ..., хо дукхяхарг, аса цхьанадена айса дуьненачохь йоккхучу хенахь сайна к1илло ву ала меттиг битина бац хьуна. То, что я сказал было сказано, чтобы люди знали, кто он такой на самом деле. Это человек, который проклинал муджах1идов ещё в первую войну, поверь я знаю о чём говорю. И не смей называть людей к1иллой, хьо цхьажимма оьзда хума ялахь, иначе рискуешь нарваться на конкретную грубость

Это для тебя, ...
abuzar ajdamirov: Патриотами были наши отцы, которые в Великую Отечественную воевали не за вознаграждение, а за Родину. Сегодня с обеих сторон воюют наемники, потому что и те и другие совершенно не жалеют беззащитное население. Стоит ли ради операций против бандформирований численностью несколько тысяч человек превращать в потенциальных врагов России 200-300 тысяч законопослушных граждан?!
http://www.ng.ru/regions/2000-06-10/4_pr
osveshenie.html
http://www.svoboda.org/programs/sp/2003/
sp.092603.asp
ну и что ты после этого скажешь, весь мир ведает, а ты не ведаешь?

Писатель в своей статье не обошел вниманием и тему выборов, при этом прямо, без обиняков заявив: "Я отдаю предпочтение Кадырову". И приводит при этом свои аргументы: "Мне кажется, что он очень смелый, решительный человек, он единственный из тех, кого я знаю, который сможет навести в Чечне порядок. И он был со своим народом все это время"
http://209.85.135.104/search?q=cache:773
OaVK9BBkJ:www.regnum.ru/news/163089.html
+%D0%90%D0%B1%D1%83%D0%B7%D0%B0%D1%80+%D
0%90%D0%B9%D0%B4%D0%B0%D0%BC%D0%B8%D1%80
%D0%BE%D0%B2&hl=fr&ct=clnk&cd=34&gl=fr

если тебе недостаточно, того что я привёл, то у нас с тобой просто разное понимание об Исламе, чести и достоинстве и нам нечего обсуждать
11) isa (23 марта 2008 13:20)
все правильно критик, но не стоит обижаться на женщин:) тем более, кажется, она не очень в курсе того, чем он дышал, а ориентировалась на то, что он писал

ну а ты, ..., безымянная, если будешь так обшаться с людьме, можешь нарваться на болле грубого и менее воспитанного человека, чем он, делай выводы
12) Рамзан (23 марта 2008 23:18)

Суна цуьн книгаш ч1ог1 дик яз йина ма хета.К1оргер нохчий мот хууш
цунна хилар билгало из.Бакъдерг дицич цуьн оцу интерьвью ла доьг1ч ,ва нах и книгаш язйнарг из хиллийте аьлла а хета.
Х1окху дуьнен чуьр некъаш дукх чолхе хьийзин ду,ца кхетта хир вукх и.
Хьан къам х1аллак дан чу веана волчу мостаг1ц барт хилар,со ца кхет оцу...нахах.
13) kritik (26 марта 2008 01:25)
Иса,да я и не обижаюсь, просто, согласись, что это не очень приятно, когда тебя чуть ли не трусом обзывают, тем более из-за такого чела

Рамзан, дукха бу вай, шай дег1маш а, синош а оцу боьхачу керстанна д1адоьхкина а ца 1аш, вай а х1унда ца духку бохуш цецбуьлуш берш. Цу мог1арашкахь тоъал дика яздархой а бу. Вай дозалла да дезарш кхиберш бу-Яндарбиев Зеламха, Юсупов 1илман, Байхаджиев Зайнди, Бисултанов Апти, Сулейманера Джамбулат иштта кхид1а а.

Если мы будем гордиться предателями, то мы становимся соучастниками их предательства.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека