Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Книги на нахском (чеченском и ингушском) Книги на русском Книги на английском Книги на немецком


Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Мнения
Популярное
Ссылки

www.teptar.com
www.syrtash.com
www.chechen.org
www.dinulislam.org
www.nmayd.com
Бесплатные библиотеки сети

Главная страница » Литература » Дарц
Дарц Абузар Айдамиров

X. Иэшам

Дикачу гIуллакхашца вовшалахь хьалхе яккха гIорта...

Къуръан. 2 Сура, 143 аят

Шуна чов хилча, изза чов халкъана а хуьлу.

Къуръан. 3 Сура, 134 аят

1

Гати-Юьртахь харжамаш хиллачул тIаьхьа бутт сов хан яьллера.

Шайн толамах тешна гатиюьртахой, бIаьста ялташ а дийна, царна асарш а даьхна, хIинца мангала бевллера. Iуьйранна де шеллах мангала вахана, делкъале шайн жимачу цани тIе мангал тоьхна а ваьлла, цIа вогIучу Iелина а, Iусманна а новкъахь хезира, тахана юьртан гулам а хилла, АхьмадагIар дIа а баьхна, СаьIадгIар юьртан урхалле хаьржиыа бохуш. Иза хIун ду хьажа эвлаюккъе а ваьлла, цIа веъначу Iусмана дийцира цигахь хилларг.

Хьалххе пурстопаца барт а бина, дукхахболу нах кхаш тIе балха бахначу хенахь юьртан гулам кхайкхийнера СаьIадгIара, ткъа сийсара цара къайллах шайга хаам бина церан бартахой, шайн гергарчу нахаца юьртара ара ца бовлуш, цIахь севццера. Уьш йиллинчу хенахь майдана гулбеллера. АхьмадагIарна кхаж тесначу виъ бIе сов ста-гах цигахь цхьа иттех воккхастаг бен ца хилла. Хьалха кхузахь харжамаш беш закон талхийна, дукхахболу нах харжамашкахь дакъалоцуш а ца хилла аьлла пурстопа, цундела хIетахь юьртан урхалле хаьржина нах округан начальника чIагI ца бина. ХIетахь юьрто къастийна, ок-руган начальника къобалвина хилла пхи стаг - СаьIад, Iабди, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла - юьртан урхалле харжа веза аьлла. Цигахь хиллачу Ахьмада а, Солтас а дуьхьало йина пурстопана, амма цига гулвеллачу ахбIе сов стага куьйгаш а айина, и пхи стаг хаьржина.

Iелина хьалххе дуьйна хаьара СаьIадгIара, мацца йина а, и ямартло йийриг хилар. Юьртахь церан тоба жима елахь а, Iедал цуьнгахьа ду. Юьртара дукхахболу нах я хIинццалц санна, оцу хьолахойн кога кIел Iен боза, я цаьрца къевсина, уьш коьртера охьабиссо беза. И тIаь-хьарниг дан нахехь ницкъ бац. Доцца аьлча, юрт шина декъе екъаелла. Овхьад мукъана а велара цIахь, цунах дагавала. Россе буьгучу нохчийн йолахойн хьокъехь Шела а, Соьлжа ГIала а вахана иза селхана. ЦIа маца вогIур ву а ца хаьа. Цкъа вахча, цIа ца вогIуш кIиранах а, шина кIиранах а Iа.

Iелас ламаз эцна тас-гIуммагIа дIадаккха чуеара цуь-нан кIентан йоI, итт шо хенара Шовда.

— Седа еънера хьо цIахь воцуш, - элира цо, цIенкъа горгам а хьокхуш.

— Лаа еънерий иза?

— Хьо ган еъна ша бохура. Са а гатделла. Юьртан гIуллакхашна тIера дIаевлира Iелин ойла-

наш. Иза цIа веъна ши шо гергга хан ю. Тохара цо, те-шаш а кхайкхина, Ахьмадца къамел динчул тIаьхьа дIа-тийра юьртахь царах лаьцна лела эладитанаш. Айза баттахь, шина баттахь цкъа йогIура шен кIант волчу. Дукха хьолахь кIентан бераш ган, царах цхьаъ цомгаш хилча. Ахьмад а вогIура, Iела волчохь нийсарой цхьаь-накхетча. Iусман а, Дауд а шина а кертахь а, арахь а болх хилча, вовшашна гIо деш цхьаьна хуьлура. Ткъа ялхитта шо долу Айзин йоI Седа хIора дийнахь бохург санна йогIура кхуза. Ма-йоггIу Iела волчу цIа чу а йогI-ий, цунна мара а оьккхий, цIа чохь цIано ян хIуттура. Iелин мотт-гIайба цIена латтадора, бедарш юьттура, цIен-къа нуй-гIум хьокхура, цунна бовхачу кхачик гIайгIа бора.

Iелина там бан гIертара уьш массо а. Амма цуьнан догдаьллера хIокху дуьненах. Шен хенарчу нахаца пхьоь-ханахь, мовладехь, сагIа доккхучохь охьахиъча а, наг-гахь вист а хуьлуш, тийна-таьIна Iара иза. Юьртан гIул-лакхашна юкъа а ца гIертара. Iелин сагатдийриг цуьнан хIусамнана цахилар а дацара. ХIусамнаной а белла, ат-талла дола дан доьзалхой а боцуш бисина дуккха къена нах бара. Ткъа Iелин кIант а, нус а, церан бераш а ду. Уьш массо а, кхин тIех хуьлийла доцуш, дика а бара цунна. Iелина там лоьхуш, мосазза а цунна зуда ялор а хьахийнера цара. Амма иза реза ца хуьлура, Ялийначу зудчуьнгара хIун там хир бара цунна? Бедарш юьттур яра, кхача а кечбийр бара, хIусам цIена а латтор яра. Оцу агIор несо а, кIентан бераша а, Седас а цхьа тайпа иэша хIума ца дуьтура цунна. Зуда ялийча, цаьршинна юкъахь безам-марзо хир ю бохург дIадаьллера. ХIокху хIусамехь цхьаьна-м Iийр дара. Хийра ши адам санна. Болчунна тIе а и бала ца оьшура Iелина. Цо дуьненахь яккха йисина хан дукха хир яц. Тахана ву а, кхана хир ву а ца хаьа. Шовзткъа шарахь а Iийна иза хIусамнана йоцуш, мел йисинехь а, йисинчу хенахь а Iийр ву.

ХIун дара а хаац, цхьа хан яьлча, цкъацкъа де-буьй-са схьалоций, сингаттамо бIарзвора иза. Цо мел чIогIа дуьхьало ярах, шайтIано даг чу туьйсура ша дийна а волуш Айза маре яхар. Ша мел собаре велахь а, иза кхин цкъа а хьехо ца оьшуш чекхдаьллехь а, наггахь иза Iет-къара Iелина.

Сибрехь волуш Iелас ният динера, нагахь санна ша мацца а цкъа дийна даймахка верзахь, шен таро а, мога-шалла а хилахь, Хонкара а вахана, цигахь дозанехь вийна дIавоьллинчу вешин Аьрзун а, цуьнан доттагIчун Чорин а кошан барза тIе хIотта. Иштта чIогIа шен сагатделча, цхьана ханна кхузара дIа а ваьлла, цига а, Гуьржех, шен доттагIа Николаз волчу а ваха дагадогIура цунна. Амма цига воьдуш ахча дезара. Ткъа Iелин иза дацара, хир ду ала меттиг а бацара.

Iелин сингаттам дIаойуш, хIокху дуьненах бозабел-ла бисина цуьнан деган буткъа цхьа хьаса ца ходуьй-туш, Iаьржачу бодашкахь серло луш къега чиркх санна, цунна серло луш еккъа цхьа Седа яра. Iелин шен йоI ца хиллера. Хилча а, шен йоI а хир яцара цунна Седа санна дика. Ткъа шен йоI хилча, иза Седел тIех дукхаезар яца-ра Iелина. Iаламат оьзда, хаза гIиллакхаш ду Седин. Оцу дерригеяал а совнаха, кхин а дара Iелин дог-ойла цу йо-Iах йоьзна. Ша ма-ярра жимчохьлера Айза яра Седа. ХIетахьлерчу Айзинчух тера юьхь-сибат, Iаьржа, юькъа, еха месаш, бIаьргашна тIехула тIамарш яржийна Iаьр-жа цIоцкъамаш, хьекъале, къинхетаме Iаьржа бIаьргаш, дуткъа, куьце дегI. Ткъа аз мел тера ду! Эсала, дог хьос-туш, маслаIате. Цкъацкъа вицлой, шен а, Айзин а йоI хетара цунна Седа. Сих-сиха Седин хиндолчу дахаран ойла а йора Iелас. Цхьана осалчу стаге маре а яхана, иза дакъазаяларна а кхоьрура. Иза ша реза волчу стаге маре а яхана, цIа-цIе а, керт-ков а долуш, доьзал а болуш, яха хиъна де галлалц ша вахаре са а туьйсура. Дави-гпрг, Овхьад велахьара цхьа пхийтта-ткъа шо къона. Цуьнца я иза санначу къонахчуьнца ирсе хир яра Седа.

Массо а де долалора Iелин, Седа схьаяре ладоьгIуш. Седин когийн тата а девзара, цо керта-арахь дуккха а адамашна юкъахь мел меллаша къамел деш хилча а, цуьнан аз а девзара. Седе хьоьжуш, цунна карлайолура генна дIаяхана, гIан а, туьйра а хилла йисина шен а, Айзин а къона хан. Шен безам хоуьйтуш, шовданан коь-ртехь ша Айзига дуьххьара къамел дар а. ХIора дийнахь суьйранна Айза, кIудал пхьаьрсах а тесна, шайн кертара араяьлча, шовданан коьрте кхаччалц а, иза хи эцна дIа-йоьдуш а, ша цунна улло а хIоьттина, меллашчу боларахь, лохха къамел деш, шаьшшимма яьккхина хан а. ТIак-кха шаьшшиъ цхьаьнакхетта хьалхара хала шераш а. ТIаккха Айзин дегIаца Iумар а волуш, шаьшшиъ Оьрза-гIала дахча, цигахь гIалгIазкхаша шайн ворданна гуо бича, Айзин кхераялар а. ТIаккха ша Хонкара ваха нов-къа валале а, лаьцна Сибрех вахийтале а шаьшшимма цхьаьна яьккхина ши буьйса а...

Ша цIахь воцуш схьа а еъна, Седа дIаяхана аьлча, чам байра Iелина. Тахана кхин йогIур ма яц иза. ХIара делкъал тIаьхье а, тховсалера буьйса а шарал яхлур ю Iелина.

Иза шен ойланех юкъахваьккхира керта деъначу ко-гийн татано. Иза Iусман вацара. Цуьнан когийн тата а девзара Iелина. Иза хIокху керта цкъа а ца веъначу сте-ган когийн тата дара. Iеле цкъа-шозза мохь тоьхна, йил-лина лаьттачу неIаре схьахIоьттира юьртан туркх. Чу вехча, цIа чу а ца велира.

- Iела, пурстопа канцалле кхойкху хьо, - элира цо, и шиъ хьал-де хаьттина ваьлча.

ХIунда кхойкху бохуш, туркхе хеттар эрна дуйла хуу Iела, шена тIе цIена духар а дуьйхина, юкъах дети-ца кхелина доьхка а, шаьлта а дихкина, аравелира.

2

Юьртан канцелярин кертахь гоьзанех дIатесна ит-тех говр а, белшех кхозуш тоьпаш а йолуш, хIиттина лаьт-таш а, хевшина Iаш а масех салти а вара. Цхьамма а ца сацош канцеляри чу ваьллачу Iелина, цицигачух тера мекхаш а дусийна, мукадехкачух тера ши бIаьрг а цIий-бина, цхьана хIуманна-м оьгIазвахана СаьIадана тIе-къекъаш Хамов карийра. Iела неIарх чуваьлча, хазахий-тира СаьIадана.

- ХIара ву-кх ахь схьакхайкхийтина Абубакаров Iела! -юьхь екхаелира цуьнан.

Iелас оьрсийн маттахь маршалла хаьттира пурстопе. Амма вукхо иза дIа ца ийцира.

- Хьо ву и бунтовщик? Каторжник? Социал-демо-крат? - цавашаре вела а къежаш, Iелига хьежа хIоьтти-ра Хамов. — Делора ву, церан ваша хила ма веззара! Нох-чо - социал-демократ! Ревво-люцци-оннер! ХIара-м Iала-мат беламе дай! - Iелин гай тIе шедакхаж Iоьттина, гIад-вахана велавелира иза.

Iелас хала сатуьйхира.

- Муьлхачарах ву хьо? Болыиевик ву, меньшевик ву?

- Цхьаннах а вац, — паргIат жоп делира Iелас. - Цаь-рца хила къена ву со. Амма болыневикийн гIуллакх ас даггара къобалдо. Цхьа ткъех шо къона велахьара, шеко йоцуш цаьрца хир вара.

- Сацае хьайн муцIар, къена вир! Хьуо хьанна хьал-ха лаьтта хаьий хьуна? ДIабаккха хьайн коьртара куй!

- Нохчийн гIиллакх дац коьртара куй дIабоккхуш. Ткъа хьо мила ву а хаьа суна. Овхьада вийцина, ма-варра...

- Хьайга бохург дехьа, Iела, - кхеравелла, юкъа-вуьйлира СаьIад. - Мухха велахь а, Iедалан векал ма ву иза...

Iелин оьгIазечу хьажаро дIатевира СаьIад.

- ЛадогIахьа, господин пурстоп, хьуна хаьий ткъа хьуо мила Iамо, мила кхеро гIерта? - Хамовна тIевирзира Iела. — Эрна карзах ма вийла. Сан кхузткъе пхийтта шо ду. Шун олалла тIе ца лаца гIерташ, сайн дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна, ялхитта шарахь шуна дуьхь-ал тIом бина ас. Цхьа шо Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шо Сибарен каторгин жоьжахатехь а даьккхи-на. Со цхьаъ вац оцу жоьжахатехула чекхваьлларг, Шун паччахьо тхоьгара мохк дIабаьккхина, тхо лолле доьх-кина. Тхан даьIахкаш юьйдина Россин а, Хонкаран а мас-со а маьIIехь. Шун инзаре боккхачу ницкъа кIел ах хIал-лакьхилла тхан къам. Амма тхо гора хIитто а, тхан коь-ртара куйнаш дIадаха а ницкъ ца хилла шун цкъа а я хир а бац. Кхин сан дегIах шедакхаж ма Iотталахь, ас могуьйтур дац хьуна!

Хамов шен тапчин хумпIарх тасавелира.

- Ларлолахь, господин пурстоп! — шаьлтанан макъар-на тIе куьг а диллина, цхьа гIулч хьалха тесира Iелас. -Охьадахийта ши куьг! Ахь уьш меттахъхьадахь, ас чоко арахоьцур ю хьан!

Схьаяьстина хумпIар тIекъовла а ца ваьхьна, СаьIа-дана тIевирзира Хамов:

- Ткъа хьо хIун деш лаьтта кхузахь, хорша еъча санна, вегош? КIилло! Массеран а цхьабарт бу шун, вар-рашI Салтий схьа а кхайкхий, дIалацийта каторжник!

Оцу минотехь арахь гIовгIанаш евлира. Корехула арахьажавеллачу Iелина, Доша коьртехь а волуш, говраш-кахь, герзаца масех стаг гира.

— Арадала оцу чуьра, СаьIад боху гIизби! - хезара Дошин мохь. - Аш Iелин коьрта тIера цхьа чо божабахь, хIокху юьртара шу иттех стаг сийначу цIарах вагор ву!

Кхаш тIера цIа богIу нах, шайна тешнабехк бинийла хиъна, цхьацца-шишша схьагуллуш, уьйтIахь йоккха тоба гулъелира. ТIехула тIе ша тIе мел кхаьчначуьнга, пур-стопа Iела лаьцна олура туркхо.

— Ахь тIаьхьахьехна хир бу уьш? - ара пIелг хьажий-ра Хамовс.

— ХIан-хIа, — корта ластийра Iелас. - Цаьрга орца аллал доккха хIума а дац хIара.

— Итт минот ялале уьш цигара ахь дIа ца бахахь, ас ирхъоллуьйтур ву хьо!

— Уьш кхузара дIабохур бу ас, амма сайн дуьхьа а доцуш, церан шайн дуьхьа. Цаьрга цIий ца Iанадайта.

Iела аравелира. Нахана тIе тоьпаш а ерзийна, шаьш хIун дан деза ца хууш, боьхна лаьттара учара салтий.

— Тоьпаш охьаяхийта, шайна шаьш дайийта ца ла-ахь, - элира цаьрга Iелас. - Вай-м цхьа адамаш дай.

Iела учахь гучуваьлча, гIовгIанаш совцийна, ладуьй-гIира наха.

— Вежарий! Шу хIунда гулделла кхуза?

— Тхуна тешнабехк бина оцу жIаьлеша!

— Шу леца баьхкина уьш!

— Оха вуьгуьйтур вац хьо!

— Арадовла цу чуьра, заддаш!

Iелас Iаса хьалалецира. Карзахбевлла нах дIатийра.

— ХIокху юьртара тхо масех стаг новкъа ву Iедална. Цуьнан цхьа а тайпа шеко яц. Амма шаьш къайлах да-галаьцнарг тахана тешнабехкаца чекхдаьккхи цара. Иза тахана нислур дац вайга. Собар ду коьртаниг. Бакъдерг толаза дуьсур дац. Овхьад цIа веъча, вовшех дага а девл-ла, цхьа нийса некъ къастор бу вай. Аш лелочо юьртана бохам бийр бу. Дуьло, шайн-шайн цIа гIо.

Коьрта тIехула йоккха, тиша шаьлта а лестош, масса-рал а карзахваьлла хьийзара къена Янаркъа.

— Iела, тхо Iехо гIерта хьо? - мохь хьоькхура цо. -Хьо а, Овхьад а, оха юьртан Iедале хаьржина пхи стаг а лаца ма баьхкина уьш! ХIей, СаьIад, оха дIахоуьйту хьоьга, царах цхьа стаг лаьцна вигахь, хIокху юьртара итт цIа догург хилар!

- Янаркъа! - бIогIамах Iаса а тухуш, аз айдира Iелас. — Тхо ворхI стаг лацарх, шу ерриг юрт, ерриг Нохчийчоь юьсу. Россера дерриг халкъаш набахте дохкалур дац Iедале. Ас аьлларг а дай, кхузара дIадовла. Аш цхьамма сихвелла я хотIе хилла, оцу салташна тохахь, тхо ворхI лаьцна вуьтур вац, юьртана доккха зулам дийр ду. Сих-лур дац вай, собаре а хилла, ойла а йина, Дала дайттинарг дийр ду.

Иза а аьлла, кхин вист а ца хуьлуш, канцеляри чу вахара Iела.

- И нах дIа хIунда ца бовлу цигара? - хаьттира кхе-равелла бос баьхьначу Хамовс. - Цара лелочо гойту хьо церан баьчча хилар! Амма хаалахь, кху юьртарчу Iедал-на цара новкъарло яхь, хьан дегI тангIалкхаш тIехь кхо-зург я хьо схьавеъначу вуха гIуриг хилар!

- Ас аьлла-кх хьоьга, господин пурстоп, со кхеро ма гIерта. Со кхеравала а, цецвала а хIума ца дисина дуьне-нахь. Ткъа ахь ирхъоллийтахь а, Сибрех вахийтахь а, сайн дахар кепекан меха ца хета суна. ХIокху дуьне-нахь сайн декхар кхочушдина ваьлла со. Цул а, суна эрна кхерамаш а ца туьйсуш, айхьа со схьа хIунда кхай-кхина дийцахьа.

Канцелярин кертара арабевллехь а, гена ца бовлуш, цхьаццанхьа тобанаш а йина севццера нах. Царах кхе-равеллера а хаац я Iелина кхерамаш тийсар эрна хиларх кхеттера а хаац, кхерамаш тийсар а дитина, паргIат къа-мел дан вуьйлира Хамов:

- Хьо Сибрехара цIа веъча, цига гулбеллачу иахана хьалха Iедална дуьхьал ахь дина крамоле къамел хаьа тхуна. ХIокху юьртахь адамаш карзахдаьхнарг хьо а, Хортаев Овхьад а ву. Нагахь саина ашшимма и питане мотт-эладитанаш ца дитахь, шуьшиъ лаца дезар ду сан. Иштта.бу округан начальникан Галаевн лаам.

ТIаккха Хамовс ма-дарра дийцира, Сибрехара цIа веъ-ча, ша волчу гулбеллачу нахана хьалха Iелас дина къамел.

- И къамел ас дар бакъду, господин пурстоп. Амма цул тIаьхьа шуна тIекхехьна мотт шаберг а харц бу. Со къена ву, сан могашалла дика а яц. Со цкъа а юьртан гуламехь а ца хилла, атталла пхьоьхана а ца вуьйлу. И цхьаъ ду. ШолгIа-делахь, хIокху Iедална мел реза ва-цахь а, сой, Овхьаддий дуьхьал ву цунна герзийн ниц-кьашца дуьхьало ярна, адамийн цIий Iанорна, хIокху махкахь бехачу машаречу оьрсашна зуламаш дарна. Иштта тхойша дуьхьал ву Iедало нохчашна тIехь латто-чу лоллина, Iазапна, цуьнан къизаллина. Тхойшинна луург хIокху махкахь Iедало хIоттийна чолхе, зуламе, бохаме хьал машаречу некъашца, российски законашца къастор а, нисдар а ду. Амма Iедална ца лаьа иза дан. Нохчийн махкахь барт, синтем, машар хуьлийла. Къаьм-нашна юкъахь барт а, машар а хуьлийла. Иза хьоьга дийцар эрна дуйла хаьа суна, Коьрта бехкениг Iедал ду. Хьо мила ву? Юкъалеларг. Хьайл лакхарчеран карахь тайниг, куьйга ловзо пелхьо. Округан начальнико хьай-на тIедиллинарг схьадохьуш вогIу, кхузахь тIуртIаз вал-лалц къаьркъа а муьйлий, дIавоьду. Хьалха гуламехь юьртан урхалла хоржуш, Iедало а, юьртарчу наха а къа-стийнарш а харжий, хIара гIуллакх машаре дIадерзада-хьара аш элира шуьга Овхьада. Аш иза ца дира. Хьо Ведана, ткъа СаьIадгIар шайн бартахошца гуламера дIа-бахара. Юьрто урхалле хаьржина нах дIабаха, церан метта шуьниш харжа аьлла, округан начальника салташца схьаваийтина хьо. Харжамашкахь дакъалаьцнарш бIе гергга стаг бен вац. Аш закон талхийна. Юрт карзахъяь-ккхинарш шу ду. Соьга ла а доьгIна, тахана кхузара дIа-бевлла и нах. Кхана соьга а ладугIур дац цара. Изза дина аш кхечу ярташкахь а. Халкъ паччахьна, Iедална дуь-хьалдаьккхинарш шу ду, господин пурстоп. Мел шайна ца лаахь а, цкъа Iедална, халкъана хьалха жоп дала де-зар ду шун.

Букъа тIехьа ши куьг а диллина, чухула дIасаволаве-лира Хамов. Iелас шена тайниг, пелхьо алар дагах кхет-та, оьгIазваханера иза.

- Йоза-дешар хаьий хьуна?

- Цхьа таро яло.

- Хьан Iамийна хьо?

- Каторгехь, бакъболчу оьрсаша.

- Муьлханиш бу и «бакъболу» оьрсий?

- Революционераш.

- И мотт дукха шера бу хьан, воккхастаг. Цо дикане кхачор вац хьо. СаьIад, кехат а, къолам а лол. Таханчул тIаьхьа айхьа паччахьна а, Iедална а дуьхьал цхьа дош эр дац алий, тIелацам язбел суна... Я хьашт дац. Къуръан да. Къуръанна тIехь дуй баор вай.

ГIуллакх дан кечвелла лаьтташ волу Саь Iад, кехат-къолам охьа а тесна, араиккхина, Къуръан дохьуш, сих-ха схьавеара.

- Ас ма -аллара , дуй баал , - стоьла т Iе диллинчу Къуръанехьа корта ластийра Хамовс .

Iела ша волчуьра меттах ца велира.

- Иза дойла яц сан, господин пурстоп.

- ХIунда?

- Со къена, гIорасиз стаг ву. Амма сайн ницкъ а кха-чахь, аьтто а нислахь, нохчийн халкъана хиллачу боха-машна бехкечарах бекхам эца, цуьнан маршонехьа къий-са цкъа дуй биъна ас. Шалхонаш лело хан яц сан.

Ша хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, воьхна хьий-зара Хамов. Iела а, Овхьад а лаций, Ведана дIавалаве аьл-ла цуьнга Галаевс. Овхьад цIахь вац. Ткъа хIара Iела бехкевеш, схьалаца хIумма а дац, СаьIада а, Iабдис а боху хIара юьртан гIуллакхашна юкъагIерташ вац. Бехке хилча а, наха вуьгуьйтур а ма вац. ХIокхуьнца волчу бархI салтичо хIун дийр ду дийнначу юьртана дуьхьал? Ца байахь а, герз а, говраш а яьхна, дIахьовсор бу. ТIак-кха иза Хамовна доккха иэхь хир ду. ХIорш леца лаахь, Галаев ша вогIур ву кхуза, рота салтий а балош.

- Дика ду, воккхастаг. Тахана цкъа, къинхетам бина, вуьту хьо. Амма таханчул тIаьхьа диканна а, вонна а хьан цIе йоккхуш суна хазахь, ваханарг вуха ца вогIучу дIахьажор ву хьо. ХIинца мукъа ву хьо. Цкъачунна.

Ша чу веъча хаьттина маршалла дIа ца эцначу пур-стопан Iодика а ца еш, аравелира Iела. ТIаьхьаваьлла СаьIад цунна хьеставала хIоьттира.

- Iела, хIокху гIуллакхана бехке со вац хьуна... Соьга хаьттина а, суна хууш а ца баьхкина хIара дена неIалт хиларш!

СоцунгIа а хилла, оьгIазе цунна тIевогIавелира Iела:

- Гуш лаьтташ аьшпаш хIунда буьтту ахь, СаьIад? Айхьа Iехо, со бер ду-м ца моьтту хьуна? Хьуна хууш а, ахь бехна а баьхкина. ХIара гIуллакх хIокху хьола тIе ца далийта, хьалха хиллачу гуламехь Овхьада аьллера шуьга, шина а тобанах ах-ах нах а харжий, маслаIате дерзаде. Иза ца дан, гуламера дIадахара шу. ХIара та-ханлераниг дан пурстоп схьавеъча, юьртарчу наха шаьш реза болу пхи стаг хаьржина, тхо а царна реза ду, оха шолгIа харжамаш бийр бац хIунда ца аьллера аш?

- Ва, Iела, оьрсийн йоза-дешар а, оьрсийн мотт а хууш воцчу, Соьлжа-ГIала мичахь ю а ца хуучу оцу пхеа стага юьртана тIехь куьйгалла муха дийр дара? Цуьнан ойла ма ца йо уггар хьекъале волчу ахь а, Овхьада а?

- Куьйгалла ца далахь, шаьш дIабевр бара я цхьа шо даьлча, юха харжамаш хилча, наха кхин хоржур бара. Я аш гIо дан ца мегара царна юьртана тIехь куьйгалла дан? Шун мотт-эладитанаша, шун питанаша, шун сута-ралло мостагIаллин шина тобане екъна хIара юрт! Кху-захь даха а, дала а, делча наха дIадохка а ца деза шу? Аш йиний ткъа цуьнан ойла? И оьрсий юьртана дуьхьал схьабало иэхь ца хийтира шуна? Аш юьртана ямартло ма йина, тешнабехк ма бина! Шун бехк бу берриг а, уг-гар хьалха хьан а болуш!

СаьIад дуьхьал вистхила кхиале дIавахара Iела.

3

Бусалба динан Iилма кIорггера хууш а, иза халкъана юкъахь даржош а, адамаш цунах кхетош а, нисдеш а къахьоьгуш дуккха а Iеламнах бара нохчашна луларчу ДегIастанахь. Царах цхьаберш гIарабевлла бевзара тур-койн, Iаьрбийн мехкашкахь. ДегIастанара цхьаболчу Iеламнаха бусалба динан Iилма Iамийна а ца Iара. Цар-на юкъахь бара философин, математикан, астрономин, географин Iилманаш хууш нах а. Петарбухехь, Москох университеташкахь хьехархо вара масех дегIастанхо.

Оцу заманахь бусалба динан Iилма кIорггера хууш Iеламстаг бIе шарахь цхьа-шиъ бен ца волура нохчаш-лахь. Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа, хаддаза Нохчийчохь хуьлучу тIемаша нохчийн аьттонаш а, та-ронаш а ца хуьлуьйтура дешарна, Iилманна тIеберза. Пхийтта шаре бовллалц хьуьжаршкахь доьшура божа-бераша, я вуьшта аьлча, цигахь царна Iаьрбийн маттахь яздан а, деша а Iамадора, амма Iаьрбийн мотт Iамо хан ца тоьара. Пхийтта шо кхаьчна кхиазхо, герз кара а оьций, тIаме воьдура. Царах цхьаберш тIамехь бойура, дийна бисначарна а шаьш хьалха хьуьжарехь Iамийнарг дицлора. Цхьана-шина шарахь чекх ма ца болура тIом, иза иттаннаш шерашкахь бахлора.

ТIе хьуьжаршкахь юьхьанцара дешар Iамийча, ла-кхара дешар-м хьехочохь а дацара, атталла юккъера де-шар берашна Iамо а хьехархой бацара Нохчийчохь. Дук-кха а ярташкахь берашна юьхьанцара дешар Iамо а хье-хархой ца тоьара. Цундела шен имамаллин шерашкахь нохчийн берашна юьхьанцара йоза-дешар Iамо ДегIаста-нара молланаш балабора Шемала. Уьш кхуза балоран, нохчийн берашна йоза-дешар Iаморал совнаха, кхин коьр-та цхьа Iалашо а яра имаман. Нохчийн бераш доза доцуш шена муьтIахь а, шен а, шен гIуллакхан а дуьхьа тIаме даха а, гIазотехь Iожалла тIеэца а кечбайтар.

ДегIастанара балочу молланаша нохчийн берашна Iаьрбийн йоза-дешар а, мотт а Iамор ледара хуьлура. Молланашна нохчийн мотт а, ткъа берашна дегIастан-хойн мотт а цахааро халонаш хIиттайора царна юккъе. ШолгIа-делахь, мелла а кIоргера бусалба динан Iилма хууш а, таро а йолчу дегIастанхойх цхьа а молла ца во-гIура хаддаза тIом лаьттачу карзахечу Нохчийчу. Кхуза юьхьанцарчу хьуьжаршка хьеха богIу молланаш а ца хуь-лура атталла юккъера дешар а кIорггера хууш. ДегIас-танахь Iеламстеган хаарийн мах хадош, ледарчунна олу бохура, хIара нохчашна молла ваха мегар ву олий. Уьш дукхахберш шайн махкарчу къелло балабора Нохчийчу. Кхузахь шайна хуу Iилма нохчийн берашна Iамийча, церан дай-наноша лучу ялтех шаьш а, шайн доьзалш а халла хене баха гIертара уьш.

Юьхьанцарчу хьуьжаршкахь дешначу божаберех цхьа наггахь верг кхидIа а деша ДегIастана - БотIлихе, СогIратIла, ТIилитIле — воьдура.

ДегIастанарчу бусалба наха Iаламат дукха а, боккха а болх бора шайн халкъаш бусалба динехь, иманехь кхе-таме кхиош. Цигахь бусалба динан лаккхара Iилма Iамо хьуьжарш а, цигахь хьеха кIорггера Iилма хуу Iеламнах а бара. Цара шайн къаьмнийн меттанашкахь жайнаш яздора, бусалба адамийн коьрта декхарш а, шариIат а нахана довзуьйтуш. Iаьрбийн маттахь а, Iаьрбийн гра-фикан буха тIехь кхоьллинчу абатца шайн меттанаш-кахь а уьш зорба тухуш Шура-гIалахь типографи а яра церан. Цул совнаха, цара шариIатца нийса догIу шайн Iадаташ юкъа а далош, хIора тукхумана Iадаташ а кхоьл-линера, оцу тукхумех болчу наха кхочушдан а дезаш, уьш талхийначунна таIзар а деш.

ДегIастанарчу Iеламнаха шайн яртийн а, тукхумийн а истори язйора. ХIора юьртахь тептарш дара, шайн юьр-тахь хилларш а, лелларш а дIаяздеш, тIекхуьучу тIаьхье-нашка дIалуш, лерина Iалашдеш. Муьлххачу а юьртар-чу бахархошна хаьара и шайн юрт кхоллаелчахьана дуьй-на цигахь хилларш дерриш а.

Уьш цхьа а дацара нохчашлахь. Iаьрбийн мотт а, йоза-дешар а хууш стаг воцуш дуккха а ярташ яра. Iаьр-бийн йозанца, Iаьрбийн маттахь яздинчу Къуръано а, жайнаша а дуьйцург ца хаьара нахана. Ткъа бусалба динан Iилманах юьхьанцара хаарш бен доцчу нохчийн молланашна царах нах нийса кхето а ца хаьара. Нох-чийн матте гочдина Къуръан а, жайнаш а дацара. Нох-чийн истори йозанца язйина, тIаьхьенна йита Iеламнах а бацара. Хилларш, барта дуьйцуш, тIаьхьенга дIалора, амма хенан йохалла халкъо уьш цхьадерш дицдора, цхьа-дерш тIера иэшош, я шайггара кхуллий, тIедетташ, юьхьан-царчу бакъдолчух дохош, туьйране дерзадора.

ХIокху тIаьхьарчу бIешерашкахь нохчийн къомана хиллачу бохамийн коьртачу бахьанех цхьаъ - иза я бу-салба динан а, я дуьненан а Iилманаш ца хууш, кхетамна тIаьхьадисар дара.

Россица тIом сецначул тIаьхьа даьллачу шовзткъа шарахь бусалба динан а, дуьненан а Iилманаш Iаморехь хьалхара гIулчаш ехира нохчаша. КхузткъалгIачу ше-рийн юьххьехь оьрсийн йозанан графикан буха тIехь нохчийн абат а кхоьллина, нохчийн берашна цхьа иш-кол йиллира масех стага, амма Iедало гIо а ца лаьцна, цхьана баттахь болх бинчул тIаьхьа дIакъевлира иза. ТIаьхьа таронаш йолчу нохчийн бераш деша дохуьйтура Соьлжа-ГIала, БуритIа, Петарбухе, Москох. Жим-жим-ма кхоллалуш, нохчийн интеллигенцин тоба а кхоллае-лира, къоман исторически кхолламан бала болуш, ойла-еш нах а бевлира.

Шемалан заманахь бусалба динан Iилма кIорггера хууш, махкахь а, цул арахьа а бевзаш бара нохчийн мол-ланаш Сулейман а, Атаби а. Амма нохчашлахь бусалба динан Iилма даржорехь доккха гIуллакх дан ца кхиъне-ра и шиъ. Шемалан къизаллина дуьхьал гIеттина Су-лейман, имамаца яккхий галморзахаллаш а хилла, цо шен корта баккхале Нохчийчуьра дIа а ваьлла, туркойн, Iаьр-бийн мехкашка дIавахара. Ткъа Шемалан гIараваьлла наиб Атин Атаби даима дIа тIамехь хуьлура. Шемал йийсаре вахначул тIаьхьа, 1860-1861-чуй шерашкахь Нохчийчохь хиллачу гIаттаман коьртачу куьйгалхойх цхьаъ волу Атаби, гIаттам хьаьшначул тIаьхьа, ша ба-хьанехь паччахьан Iедале халкъ ца хьийзадайта, шен лаамехь Iедална тIевахча, ссылке вахийтира, цигара цIа вирзича дукха ца вехира иза.

ХIокху заманахь Нохчийчохь бусалба динан Iилма даржорехь доккха гIуллакх деш гIараваьлла Iеламстаг вара БелгIатара схьаваьлла, Шелахь вехаш волу ГIойсаман Соип-Молла. Иза вевзара ДегIастанахь а, Истамбулехь а, Каирехь а, Дамаскехь а, БагIдадехь а. Цигарчу а, дуь-ненарчу а бусалбанашна бевзачу Iеламнахаца кехаташ яздеш уьйр яра цуьнан, хIорш вовшех дага а бовлура. Iаьрбийн йозанан графика тIехь кхоьллинчу нохчийн абатца нохчийн маттахь, IНура-гIалахь зорба а тухуьй-туш, жайнаш арахоьцура цо, нохчашна бусалбанийн коьрта декхарш а, шариIат а довзуьйтуш.

Нагахь санна стеган похIма а, ша дешнарг, шена ги-нарг, хезнарг схьалаца иэс а делахь, иза дIадийца цуьнан меттан говзалла а елахь, цо мало ца еш къа а хьегахь, цуьнга шен ойла тIейирззина Iилма Iамалур ду. Къуръа-но, жайнаша я кхечу Iилмано бохург нахана дIадийца а хуур ду, Iеламстаг я Iилманча аьлла, наха цIе а йоккхур ю цуьнан. Амма ишттачу стагана боккъалла а волу Iелам-стаг, Iилманча хилархьама шегарчу Iилманна тIеоьшуш кхин дуккха а хIуманаш ду. Шегарчу Iилманан кIоргал-ла а, шоралла а хаа хьекъал оьшу цунна. Амма Iилма а, хьекъал а хиларх а ца хуьлу стагах бакъволу Iилманча, Iеламстаг. Боккъал а волу Iеламстаг я Iилманча чIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, Далла хьалха, ада-машна, халкъана хьалха шен декхар, жоьпалла хууш а, бакъдерг олуш а, бакъдерг, бакъо, нийсо ларъеш а хуь-лу. Халонаш, иэшамаш, мацалла, къелла ловш, оцу ше-гарчу Iилманца, хьекъалца халкъана пайда луш, хал-къана гIуллакх деш, собаре, оьзда, къинхетаме, доьнал-ле къонаха хуьлу бакъволу Iеламстаг, Iилманча. Шен Iилманах, хьекъалх совдегалла лелош, дуьненан хьолах вохкалуш, паччахьех, Iедалах, ницкъ болчарах кхера-луш, бакъонна, бакъдолчунна, нийсонна тIера вухаво-луш, церан харцонаш, ямарт-лонаш, къизалла, кхидолу зуламаш Iорадаха ца ваьхьаш, уьш бакъдеш, церан гIо лоцуш ца хуьлу бакъволу Iеламстаг я Iилманча.

Иштта хила бакъо яц цхьана а стеган. Къаьсттина динадайн, Iилманчийн, яздархойн, кхиэлахойн, адамаш-на оьзданиг, къинхетамениг, цIенаниг, хьаналниг, ний-саниг хьехар шайна тIелаьцначу цхьаьннан а.

Иштта къонахий массо а заманахь хилла нохчийн къоман. Царах цхьаберш, дийна болчу хенахь халкъана буйла а ца хууш, дуьненара дIакхелхина, цхьаберш дуь-пенара дIакхелхича сихха бицбина, цхьа наггахь волчун цIе исторехь йисина.

Ишттачарах бакъволу Iеламстаг, къонаха ву ГIойса-ман Соип-Молла.

4

Соьлжа-ГIалахь кхо де даьккхира Овхьада . Шен хьешашца Мутушов Ахьматханций, Шерипов Денилбека -ций цхьаьна гIаларчу РСДРП тобанан а, белхалойн забастовкийн, стачканийн комитетийн а куьйгалхошца цара барт бира нохчийн йолахой Росси дIабуьгу цIерпошт сацорна белхалой гIовтто.

И гIуллакх кхиамца чекхдаьлча, цIа а ца воьдуш, Соип-Молла волчу Шела вахара Овхьад. Бешарчу шуьйрра генаш даржийна лаьттачу лекхачу, къеначу бIаран дитта кIел, беца тIе даржийначу къорзачу истанга тIехь, гIев -ланга биллинчу месийн назбарна тIе а тевжина Iаш карийра цунна гIараваьлла Iеламстаг. Цунна хьалха лоха, жима стол яра, тIехь йозан гIирсаш а, яздеш юккъе даьлла тептар а долуш. Уллохь, истанга тIехь, масех жайна а дара.

Овхьад хьалха шозза хиллера Соип-Молла волчохь. Соип-Моллин къузткъе итт шо гергга бен хан яцахь а, тIехьаьжча оцу хенал дуккха а къена хетара иза. Зоьр-тала дегI, цIен бос бетталуш беснеш, лахахь гIеххьа шал-го, некха тIегIоьртташ, ло санна кIайн, юькъа, шуьйра маж а, хьекъале, къинхетаме сийна бIаьргаш а. Стагана ладогIа лууш кIеда, паргIате аз а дара цуьнан. Иэс дика дара Соип-Моллин. Иза волчу дукха нах богIура, хIетте а цкъа веънарг, шен бIаьрг ма-кхийтти я озах вевзара цунна. Хьалха ша кхуза веъча, Овхьада дийцинера цун-на шен дахарх лаьцна. Соип-Моллина иза дерриг а да-гахь лаьттинера. ХIара шиъ вовшашка хьал-де хоьттуш Iаш, чохь довхха чIепалгаш а долуш, шун хIоттийра несо.

Кхача биъна ваьлча, шурий, даьттий тоьхна тодина гIалмакхойн чай молуш, Овхьада дийцира ша Соьлжа-Пала вахаран бахьана а, накъосташца цхьаьна шаьш бина болх а.

- Делора хаац суна-м, Овхьад, шо-шаре мел дели, кхетаме догIучу меттана, кхетамах долуш, тиларчу доь-душ ду-кх вайн къам, - элира Соип-Моллас гIайгIане. — ТIом хIун ю хаьа вайна. ТIамо диканиг, пайдениг ца до адамашна. Иттаннаш шерашкахь хаддаза лаьттинчу тIа-мо оьздангаллех, къинхетамах, собарх, доьналлех, има-нах дохийна, иэсах даьккхина вайн къам. Ямартлонна, сутараллина, къизаллина Iамийна. Шемалан заманан тIаьххьара шераш а, тIом а, хилларш а дика дагадогIу суна. ХIетахь пхийтта-ялхитта шо хан йолуш, жимастаг нара со. Оцу заманахь хьеран шина тIулга юккъехь, шина цIарна, шина хиэ юккъехь лаьттира нохчий. Цхьана аг-Iор — къиза Шемал, вукху агIор — оьрсийн къиза пач-чахь. Оьрсийн эскарша мосазза а йохоза, ягоза цхьа а юрт ца йисинера оцу ткъа шарахь. Ткъа шена дуьхьало йина я реза йоцу, я тIом ца безаш, тIом кIордийна, оьр-сашца машар бан гIоьртина ярташ Шемала ягайора. Цхьана агIор суьйлийн Шемална, вукху агIор оьрсийн паччахьна гIуллакх деш бара цхьаболу нохчий. Ахча-нах, даржех, кхоьруш, Iехалуш, къелла а, мацалла а гIаддайна, вовшийн бухкуш, вовшийн хIаллакбеш. Ткъа дукхахберш сутаралло бохура оцу иэхьечу, зуламечу нов-къа. ХIетахь хиллачунна-м тIом бехке бийр бара вай. И тIом дIабаьллачул тIаьхьа шовзткъа шо даьлча а ма ца даьхкина вай имане, кхетаме. Ша кхоьллина синош ма дайа боху Дала, Ша кхоьллина уьш, Ша дIа а оьцур ду. Ткъа цхьаболчу нохчашна дош а ца хета адам дер. Ара-хьара чувеъначу мостагIчух шен дин, даймохк, доьзалш, хIусамаш ларъеш тIом бар сийлахь декхар, гIазот ду сте-ган. Ишта веъна мостагIа хьо тIекхаьчначохь, хьайн аьтто баьллачохь къинхетамза виэ боху Дала. Амма машаре адамаш ма дайа боху, уьш муьлххачу къомах а, муьлх-хачу динехь а делахь а. Ткъе итт шо хьалха туркошна а, оьрсашна а юкъахь хилла тIом дагабогIу вайна. И тIом болийнарш керста оьрсий бара. Туркойн мохк дIалаца, уьш лолле берзо Iалашо йолуш болийна. И харцонан тIом болийначу керста оьрсийн паччахьан эскаршца цхьаьна бусалба туркошна дуьхьал шайн лаамехь тIаме бахара цхьаболу нохчий. Цкъа-делахь, оцу оьрсаша иттаннаш шерашкахь сийначу цIарца ягийнера Нохчийчоь, ах къам хIаллакдинера, дийна дисинарг лолле дерзийна, цунна тIехь къиза Iазап латтош бу. Ткъа оцу керста оьрсийн паччахьо нуьцкъах махках баьхна эзарнаш нохчий тIе а лаьцна, туркоша шайн махкахь дIатарбинера. ХIетте а шайн къоман мостагIашна улло а хIиттина, шайн бусал-ба вежарех, туркойх, лата, уьш байа, церан ярташ, ша-хьарш йохо, яго, тало бахаиера нохчий. Шайн къам сан-на, туркойн къам а оьрсийн лолле дерзо! Мича бахьана-ша бигнера уьш цига? Мацалло, къелло бигнера?

— Ца бигнера, - корта ластийра Овхьада. - Сутарал-ло бигнера. Тхан эвлара виъ ваханера оцу тIаме. Цхьаъ къен-миска стаг вара, важа кхоъ - таро йолчарах. Цу кхааннах цхьаъ сан ваша вара. Тхан ден дика цIенош а, шортга латта а, туька а, даьхний а дара. Ша юьртда а вара иза. Паччахьан Iедална хьалха диканиш хила, Iедалерчу дикане, цигахь хIонц караяре, цIа бирзича мелла а шаьш даржашка нисбаларе догдохуш баханера. Сан ваша вийра цигахь. Важа шиъ, некха тIе мидалш а оьх-кина, говраша ма лов цигахь талораш дина хIонц йохьуш цIа веара. ХIинца цхьаъ тхан юьртда, важа юьртан къеда ву.

ХIокху шинна хьалхара шун дIаэца нус еъча, цхьа-на юкъана къамел сацийра цара.

- Иштта, ши шо хьалха японца тIаме а бахара нох-чий. Японаш-м бусалбанаш а бац. Муьлххачу динехь делахь а, адам диэ ма ца боху Дала. ТIе, йолах! Ткъа хIинца оьрсийн хьолахой ларбан Россе баха резахилларш а бу. Уьш-м берриг а къехой бу боху. Шайн мецачу доь-залшна рицкъа лаха боьлхуш. Амма Къуръан чохь Дала ма боху, керста доттагIа, накъост ма лаца. Цигахь кер-станаша кечбина кхача баа, церан хIусамашкахь охьа-бийша ца беза уьш? Вайн къам хIаллакдарна, вайгарчу бохамашна, вайгарчу Iазапана уггар хьалха бехкениш и оьрсийн хьолахой ма бу. Шен мостагIчун ялхо, лай хуь-лучул, доьзалца цхьаьна мацалла валар гIоли ма ю!

ХIорш бIаран IиндагIехь белахь а, малх гIушлакхе мел гIоьрти йохлуш, тов хьийзара хIаваэхь. Соип-Молле ла а доьгIуш, беша бIаьрг туьйхира Овхьада. Беш йок-кха яцахь а, хилла а, хила бос кхетта а Iежаш, хьорма-таш, туьркаш, шапталш, кхин дуккха а стоьмаш дара луьстта кхиийна. Бешан цхьана маьIIехь тIехула поп-пар хьаьхначу тускарш чохь масех никх а бара.

- Тамашийна амалш ю вайн, Овхьад, - шена Iаьт-къинарг дуьйцура Соип-Моллас. - Бусалба дино хьарам дина нехан рицкъа а, хьакъ а къола дина, шен дола даккхар, цунах пайдаэцар. Дуьненахь иза дIа ца такхахь, кхана-лерчу Къематдийнахь Далла хьалха а, оцу рицкъин дена хьалха а жоьпала хир ву бехкениг. Дала шен бакъо яц боху цунна иза гечдан. Мацалла леш велахь а, нехан рицкъина тIе куьг ма кховдаде боху Дала. Иштта кIел-висначу стагана гIо дар тIедуьллу цуьнан гергарчу наха-на. Нагахь санна гергарчу нехан цунна гIо дан ницкъ бацахь, я цуьнан гергара нах бацахь, и декхар юьртана тIедожадо. Цхьаьнггара а гIо доцуш висахь, сагIа деха боху. Амма къола ма де боху, хьо мацалла леш валлахь а. Ткъа вай, нохчаша, хIун до? Къийвелларг сагIа деха ара ца волу, къола а, талораш а дан араволу. Дуьненар-чу дерриг а къаьмнаша, массо а заманахь доккха иэхь лору къола дар, ткъа сагIа дехар иэхь ца лору. ШариIатехь, боьрша а, сте а ца къастош, ког, куьг а, кхииолу меже а йоккхуш, таIзар до къунна. Иштта таIзар дина нохчо гиний хьуна? Ца гина, гур а вац. Цкъа-делахь, вай шариIато бохург деш дац, шолгIа-делахь, нохчаша я иэхь а, я къилахь а ца лору къола дар. Нохчийн иллеш-кахь хестабо Теркал дехьара, салойн аренашкара даьх-ний а, говрийн реманаш а ялийна нах; ткъа цхьана цIий-нах мацах цкъа сагIадоьхург ваьллехь, иза тIаьхьенна а тIехветта, шун хьенех сагIа доьхуш лелла бохуш. Цхьа-на стага зулам дан дагалаьцнийла хьайна хаахь, я цо зулам деш хьо тIекхачахь, иза сацаве боху бусалба дино. Нагахь санна иза сацо хьайн ницкъ ца кхачахь, Iоравак-кха, шариIатан кхиэле дIало, цунах хьайна гинарг а, хуург а дуьйцуш, шариIатан кхиэлехь цIена, бакъ тоь-шалла де боху шариIато. Нагахь санна и зуламхо ахь къайлаваккхахь, цо динчу зуламан декъашхо хуьлу хьо Далла хьалха. Ткъа нохчаша ца до иза. Зуламхо сацо а ца гIурту, иза Iедале дIа а ца ло, и Iедало схьалаьцча, я цо зулам динчо Iедале дIавелча, цо дина зулам гина а, хууш а волчу стага кхиэлехь тоыналла ца до. Цхьаберш иштта тоыналла дича иэхь ду бохуш Iа, цхьаберш оцу зуламхо-чун я цуьнан нехан бекхамах кхоьруш Iа. Зуламхочух кхоьру, цунах иэхь а хета вайна бакъдерг ала, ткъа и бакъдерг ала бохучу Делах иэхь а ца хета, кхера а ца кхоьру вай. ТIаккха цIена бусалбанаш дуй вай? Делах тешаш а, Делах кхоьруш а волу стаг Дала гайтинчу ний-сачу некъа тIера юьстахвер вац. Цо адам дуьйр дац, не-хая хьакъ а дуур дац, мотт-эладита а лелор дац, аьшпаш а буьттур бац, нахах гIийбаташ а дохур дац, адамийн барт бохош питанаш лелор дац. Нагахь санна и ас дий-цинарш а, Дала бусалба стагана ца магош, хьарам дина кхин дуккха а лелош стаг велахь, иза Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, бусалба а цахиларан тоыналла ду хьу-на, иза дийнахь-буса хаддаза Далла Iамал еш велахь а!

Соип-Моллас, шен бIаьргех доьхкина куьзганаш дIа а даьхна, гIовталан кисанара схьаэцна, кисин кIайн йов-лакх хьаьжа тIе хьаькхира. Овхьадана куьзганаш доцуш тахана дуьххьара гира цуьнан бIаьргаш. Царна тIехула-ра кIайн, дуькъа цIоцкъамаш, буьрса делахь а, амма оцу хьекъалечу, догдикачу бIаьргашна чохь доза доцуш йок-кха гIайгIа гира Овхьадана.

- ХIокху тIаьххьарчу хенахь къаьсттина алсамдевл-ла нохчаша гIалгIазкхашна къоланаш дар, - куьзганаш бIаьргаш тIе дIа а нисдина, доккха садаьккхира Соип-Моллас. — Нагахь санна керстано шайга, бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза, шайн хIусамаш а йитий, мах-ках довла бохуш, шаьш хьийзош дацахь, керста шуьца машар безаш велахь, цуьнца машаре даха боху Дала. Вайга бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза а, бу-салба дин ма леладе а ца боху оьрсаша, вайн дин сийсаз-деш а бац уьш, вайга хIокху махкара довла а ца боху цара. ХIета царна зуламаш ма дейша, цаьрца дов а ца лоьхуш, машаре дахийша шайга аьлча, наха хIун олу хаьий хьуна?

— Дера хаьа. И оьрсий вайн мостагIий бу, вайгара дIабаьккхинчу махка тIехь бехаш бу, церан Iедало вай лолле доьхкина, вай Iазапехь дахкош ду, вайгарчу къел-лина, мацаллина уьш бехке бу, царна къоланаш деш, та-лораш деш ца даьккхича, тхан доьзалшна рицкъа дац, оха царах оьцург бакъонца бекхам бу олу-кх.

— Хьуна-м дерриг а хууш ма хилла! - велавелира Соип-Молла. — Цхьана агIор, цIена бакълуьй и нах. Амма и къоланаш а, талораш а дийриш миска нах ма бац. Къен-миска нах шайн цIахь Iаш бу, лаьтта тIехь болх а беш, шайн доьзалш халла хене а бохуш. Къуйн а, талорхойн а дика герз а, говраш а ю. Уьш шайн доьзална гали ялта лачкъо ца боьлху. Даьхний, говраш лахка, почта, некъа-хой тало боьлху. Герз а, говраш а йолчарна, могаш а, къона а болчарна, къола деш а, талораш деш а, шайн доьзалшна рицкъа карор дара. Ишттаниш дукха ма бац. Ткъа къолах баха, талорашка баха герз, говраш, мога-шалла йоцчу къеначара, зударша, бераша, и аьттонаш шайн хилча а, къола дан, талораш дан Делах кхоьруча-ра, эзарнаш нохчаша хIун дан деза? ХIаъа, Iедало вайга-ра уггар дикачуьра мохк дIа а баьккхина, цига баха охь-аховшийна гIалгIазкхий. Нохчашкахь мацалла а, лаьт-тан къелла а ю. Оьрсийн Iедал къиза а ду, цо нохчийн халкъана тIехь харцонаш а лелайо, иза Iазапехь а дал-ладо. Со а ма вац и оьрсий а, церан Iедал а хIокху вайн махкахь дезаш. Нехачул тIех бу сан цаьрга цабезам. Амма вай оьрсашна къоланаш дарах, церан хьаькамаш бай-арх, оьрсий кхузара дIабевр ма бац, паччахьан Iедал а дIадер ма дац. Оьрсашна дина зулам нохчашка шайгга ма токхуьйту. ПалгIазкхашна динчу къоланан лар, ду-кхахьолахь, кхузара дIа гена йоцчу Мескар-Эвла а, Цоци-Эвла а йогIу. ТIаккха Iедало, и къуй а, талорхой а бахьана долуш, оцу шина а юьртара цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзадо. Оцу цхьа кIеззигчу нехан зуламаш бахьана долуш халкъана бохамаш бо, цара дина зулам ярташка бIозза алсам токхуьйту, нах лоьцу, Сибрех хьийсабо, Iедало халкъана беш болу ницкъ кхин тIе а алсамбоккху. Хьалха ас ма-аллара, и зуламхой ваын совцо а, Iедале дIабала а, ткъа Iедало уьш дIалецча, бех-ке беш, царна тоьшалла дан а ца лаьа вайна. Вай ма ду и бохамаш ваынна бийриш. ХIара гIуллакх иштта гена дIадодахь, хенан йохалла нохчийн къам иманах доьхна, хIаллакьхир ма ду. Вай и зуламаш дитахьара, цхьаболу бохамаш бийр ма бацара Iедало. Цхьа гIуллакх къовса-ме, девне, тIаме даьлча, иза машаре дерзо гIорта везарг гIорасизаниг ма ву. Ша тоьлур воцийла а хууш, и къов-сам, дов, тIом гена мел бели шена иэшам, бохам алсам хуьлуш гIуллакх дIадоьрзур дуйла а хууш. Хьекъале стаг нуьцкъалчу, хьал долчу лулахочуьнца машаре, бертахь иеха, шен сий а лардеш, цуьнгара пайда а оьцуш. Ткъа сонтаниг - цуьнца дов деш, тар ца луш, мостагIа а хуь-лий, дакъаза волу. Ас и аьлча, хьо оьрсашкахьа ву, це-ран Iедалехьа ву, халкъан мостагIа ву олий, со нажжаз во нохчаша. Ткъа нохчийн халкъана ницкъаш ма бахь-ара, бехк-гуьнахь а доцу адамаш бIарздина ма хьийзада-хьара, Сибрех ма хьийсабахьара, кхин а, кхин а шега аьлча, Iедало олу соьга, хьо паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал ву, хьуна керста оьрсий ца беза, нохчий Iедална дуьхьал бохурш, цаьрга оьрсашна зуламаш дойтурш хьо коьртехь волуш, шун динадай бу олу. Бакъдерг, нийса-ниг, маслаIатениг аьлча, оцу шиний агIорчеран мостагIа хилла со.

Овхьад воккхавера хIокху гIараваьллачу Iеламсте-ган а, шен а ойланаш цхьаьнайогIуш хиларх. Махкахь хIоьттина чолхе хьал а, нохчийн къомера гIайгIа-бала-наш а, цуьнан декъаза кхоллам а дика гора цаьршинна. Амма коьртаниг кхин ду. ХIара декъаза къам хIокху баланех, бохамех, паччахьан лоллех кIелхьарадаккха некъ лахар. Овхьада къастийнарг политикан некъ бу. Иза сацам боллуш дуьхьал ву нохчийн халкъо шен мар-шонехьа герзаца, тIамца къийсарна. Оцу некъо халкъ хенан йохалла хIаллакдийр ду. ДIадахначу бIешераш-кахь санна, мел турпала летарх а, нохчийн къомана шен цхьаьннан ницкъаца яккхалур яц маршо. Оьрсашца, Россехь дехачу кхечу къаьмнашца бертахь, массеран а юкъарчу, цхьаьнатоьхначу ницкъашца бен толам бак-кхалур бац паччахьан, хьоладайн Iедална тIехь. Иза до-хийна дIа а даьккхина, керла Iедал хIотто деза. Халкъан Iедал. ТIаккха лолла а, Iазап а, зуламаш а дIадевр ду. Къаьмнаш бертахь, машаре, ирсе, токхе дехар ду. Овхьада бийцира и шен сатийсамаш.

- Оцу болыневикаш олучеран тобанехь-м вац хьо? -хаьттира Соип-Моллас, цуьнга лерина ла а доьгIна.

- Вац. Хила ойла а яц. Амма ас а, сан накъосташа а къобалйо церан Iалашо. Паччахь, хьоладай бохийна, Iедал шайн кара кхачахь, шаьш заводаш, фабрикаш белхалош-на а, латта ахархошна а дIалур ду, къаьмнашна маршо лур ю, адамашна юккъехь нийсо йийр ю, кхин дуккха а диканиш дуьйцу цара. Нохчийн къоман маршонан гIул-лакхана царах пайдаэца, цаьрца уьйр латтайо оха.

- Политиках дерг суна кIезиг хаьа. Шуьгахь дуьне-нан Iилма ду, шуна дика хуур ду дан дезарг. Амма лар-луш хила. Шена стаг зен лиъча, цуьнан кара Iедал я хьал ло Ша аьлла Дала. Iедал шайн карадеъча, оцу болыпеви-каша хIун дер а ца хаьа. Ткъа хIинца болчу кхетамца ахь буьйцучу новкъа нохчий бига хала хир ду. Бакъду, цхьамма хаза хабар дийцича Iехалой, жа санна, тIаьхьа-хIуьтту. Къаьсттина кхечу къомах волчу стагана. Оьр-сийн а, туркойн а юкъаметтигаш галъевлча, я тIом хила гергабахча, я тIом болабелча, Нохчийчу баьржа туркой а, Iаьрбий а. Нохчашна юкъахь мотт-эладита, питанаш лело, нохчий оьрсашна дуьхьал гIовтто. Ткъа дерриг а хьекъал бIаьргашна а, лергашна а чохь долу нохчий царна тIаьхьахIуьтту. Царна Къуръан деша а, Iаьрбийн мотт бийца а хиъчахьана, Iехало. Цара шаьш къурайшин тай-панах, пайхамаран цIийнах ду аьлча а бакъ моьтту. Амма шайн стаг ца лору нохчаша. Иза мел хьекъале, майра, оьзда, доьналле къонаха велахь а. Нийса ма аьлла имам Шемала, нохчийн шайн диканиг лакха тIевоккхуш гу а бац, зуламхо чутосуш ор а дац. Бахьана стенах доллу? Вайна я бусалба динан а, я дуьненан а Iилманаш цаха-арх. Хаа а цалаарх.

Делкъан ламазан хан герга гIоьртича, цIеххьана да-гадеара Овхьадана ша кхузахь волу кхо сахьт сов хан хилар. Соип-Молле ладегIарх кIордор дацара, амма цуь-нга а садаIийта дезара. ТIехула тIе шен балхах иза юкъах а ваьккхинера Овхьада.

- Со жима волуш, тхан дас БуритIа ишколе деша дIавеллера со, - хьалагIатта кечвелира Овхьад. - Шен хьуьжарера дIа а ваьккхина, хьайн кIант корстанийн дешар деша хIунда велла ахь бохуш, тхан деца ийгIине-ра юьртара молла. Сох керста хир ву бохура цо. Юьртарчу бераша а ца вуьтура со, тIехбеттамаш беш. Сох керста хилла бохуш. Цкъа со охьа а виллина, сан кочахь жIар юй а хьаьвсира уьш...

- Оьрсийн, керстанийн дешар Iамадарх, керста хуь-луш вац, — велавелира Соип-Молла. - Iилма, иза бусалба-нийн делахь а, керстанийн делахь а, Iилма ду. Амма бу-салба стага уггар хьалха Iамо дезарг а, декхар дерг а бу-салба динан Iилма ду. Бусалба динехь гайтина, цхьана агIор — диканиг, оьзданиг, къинхетамениг, хьаналниг, цIе-наниг, - стеган дуьне а, эхарт а декъала хиндолу дерриг а. Вукху агIор - боьханиг, зуламениг, къизаниг, хьа-рамниг - стеган дуьне а, эхарт а декъаза хиндолу дерриг а. Цундела массо а бусалба стаг бусалба динан Iилма хууш хила веза. Амма дуьненахь ваха везачу стагана дуьне-нан Iилма а хаа деза. Къуръан чохь Дала массанхьа а аьлла Iилма Iамаде, Iилма долу стаг лера. «Зумар» су-ран уьссалгIачу аятехь Дала боху, Iилма хууш болу нах а, Iилма ца хууш бодане нах а цхьана тIегIанехь нисбой-ла дац, Iилма хуурш лакхахь бу. Пайхамара (IалайхIи салам) дуккха а аьлла бусалба нахана Iилма Iамор тIедо-жош. Аганара хьалагIаьттина, хьо кога воьлчахьана дуъй-на, кошан лаьхьти чу верззалц Iилма Iамаде. Дезткъа шаре а ваьлла, цхьа ког коша а биллина хьо велахь а, Iилма Iамаде аьлла. Юха а аьлла Пайхамара (IалайхIи салам), иза Китай махкахь делахь а, Iилма схьаэца. И бохург хIун ду? И Iилма дуьненан цхьана йистехь, муь-лххачу а стагехь, муьлххачу а къомехь делахь а, цига а гIой, хьайна Iилма Iамаде бохург ду. Iилма хууш волчу бусалба стага Далла кIезиг йина Iамал, Iилма ца хуучу бусалба стага Далла йинчу Iамалал дуккха а еза ю аьлла Пайхамара. Кхин а аьлла Пайхамара (IалайхIи салам), Iилма ца хуучу эзар бусалба стагахчул, Iилма хуучу цхьа-на стагах чIогIа кхоьру шайтIа. Иштта Дала а, Пайхама-ра а Iилма Iамор тIедиллина бусалба адамашна. Iилмано дуьне, Iалам, дахар, адамаш, диканиг, вониг довзуьйту стагана, зенех-зуламех, бохамех ларвала Iамаво. Iилма ца хуу адам а, къам а бодане, бIаьрзе, къора хуьлу. Ша хьалха бина некъ, ша дина диканиг, вониг, шен гIала-таш дицдо. ТIаккха цунна ца хаьа тахана а, кхана а ша дан дезарг, зенех-зуламех, бохамех ларвала. Ша хьалха дийлийтина гIалаташ юх-юха а дуьйлуьйту цо. Моста-гIашна иза Iехо а, лоллехь латто а атта хуьлу. Ткъа хьагI-гамонаш, зуламаш Дала адамаш кхоьлличахьана дуьйна схьа массо а къомаиа юкъахь хилла а, долуш а, хир долуш а ду. Адам-пайхамаран шина кIантах цхьамма хьагI-гамонна тIехула шен ваша вийна. Цигара схьа доладел-ла иза. Амма и хьагI-гамонаш а, зуламаш а кIезиг хи-лийта таро ю вайн. Къам иманехь нисдар. Делан дош цуьнан даг чу дижор. Юкъара схьалаьцна дерригенах а аьлча, нохчийн къам оьзда, къинхетаме, доьналле къам ду. Къуръано бохург, пайхамаран хьадисаш, шариIат, Далла хьалха бусалба адамийн декхарш шайна цIенна хууш хилча, бусалба дино ца магийна, дихкина зуламе гIуллакхаш, амалш юьтур йолуш къам ду. Ткъа и зула-маш лело нах а дукха бац, шаьш хIуъу леладахь а, Дал-ла Iамал еш нах бу уьш а. Шаьш кхетийча, нислур бо-луш. Къуръан чохь а, жайнашкахь а дерг, шариIат дов-за нохчашна Iаьрбийн мотт ца хаьа, ткъа уьш нохчийн матте гочдина, нахана довзийта вайн Iеламнах бац. Цун-дела бусалба адамийн коьрта декхарш нохчашна довзий-та, уьш нохчийн маттахь яздина, даржо гIерта со. Доцца аьлча, нохчашна Iилманан хаарш оьшу. Бусалба динан а, дуьненан а Iилманаш. ТIаккха хуур ду вайна Дала бохург а, Пайхамара (IалайхIи салам) дийцинарг а, ша-риIат а, хIинццалц схьа дуьненахь хилларш а, тахана долуш дерг а. ТIаккха хуур ду вайна диканиг а, вониг а вовшех къасто а, Дела резавоцург дита а, зенех-зуламех, бохамех вешан ницкъ ма-кхоччу лардала а, вешан мос-тагIашка ваьш ца Iехадайта а. ТIаккха хуур ду вайна вовшийн лера а, вешан хьекъале, оьзда, доьналле, Де-лах тешаш а, Делах кхоьруш а, нохчийн къомах дог ло-зуш а болу къонахий къомана коьрте хIитто а, царна муьтIахь хила а, церан сий дан а, уьш ларбан а. Ткъа тахана Россехь оьрсаша вовшахдеттарш оьрсийн шайн гIуллакх ду. Соьга хиттича, церан гIуллакхашна юкъа-гIертар дацара нохчийн къам. Иза шен кхетамца генна тIаьхьадисина дуьненан политикана.

Соип-Моллица делкъан ламаз а дина, доьзалан Iоди-ка а йина, Гати-Юьрта цIа верза новкъавелира Овхьад. Соип-Моллин къамелан ойла еш, и беха некъ бацбелира цунна...

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Adurahman (11 мая 2007 16:55)
Assalamu 1alaykum salam marshalla du! San sih-siha hula khu saytate hajar, dokha barkalla du shuna bolh barna. Asa bokha payda ocu shun saytah, nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.
2) admin (13 мая 2007 16:54)
Цитата: Adurahman
nagah atu belah sha erige arayakhar dehar du san ,,Darz,, DEla reza hilla shuna laramca Abdurahman.

Ва Iалайкум салам!
Абдурахман, Дала мукъалахь, цхьан баттан хенах иштта дийра ду вай
3) shilmalh (17 мая 2007 16:41)
БIешерийн дохалла нохчийн
халкъан маршо, сий лардеш, шайн
синош дIаделлачу кIентийн а,
йоьIарийн а хьурматана.


ma haz ela du
4) ALASH (18 мая 2007 00:06)
ASALAMU ALAJKUM.SALAM MORSHALA DU MASARGA A DOKXA BARKALA SHUNA.
5) shilmalh (27 мая 2007 19:19)
вайн бутт чаккх болаш бу книг мац гур ю вайн?
6) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
7) kritik (30 сентября 2007 12:53)
abuzar yohkaella esa huma yacahara, cunan knigiy mah hado megar dara, amma i sanna yolchu humano mel chog1a hua yazyichi a, kxonahacha mah hedobeza alla ca heta suna. Dala bekxam boyla cunna a, i sanna melvolchunna a
8) ... (3 января 2008 14:06)
kritik,
Не говорите о мусульманах того чего не ведаете, ибо окажись ваши слова ложью вы сами станете тем кем обзывали.Хьадис ду и маь1ан долш.Са хьоьц къийсйал гулкх дац, пайд хир боци ха сун хьалхехь.амма кхи хума дацахь хьай син сий да хаъ.стаган т1аьхьшхул к1илло бе ца лоь.




ас йешна хар книга цуьн хьалхар йог1ш шиа.сун хиццалц массо книгал хаз хетш ерг Айдамирови "Лаьмнашкахь ткъес" яр.Хар "Дарц" цулла а хаз хетит те аьл хетш ю.х1ора а дош бохуг сан цхьа леин к1аргдин йаздин долш сан хетлуш ду цуьн.баккъала а дик яздархо ву и. Нохчи маьрш ирсе баьхн хан нех кхетмашк чулацлуш яц,цу кепар г1ело латтийна вайн т1ехь х1инца а латтош ю,дукх хьолехь вай бодне хиларо,берш сан дог ц1ен хиларо талхин ду вайн г1улкх. Цу дарц т1ехь дик гойтш ду и автора.Ойл ен дол адам дуккха а хуман дуьхье кхиор волш язйин ю и книг.Бусулб нахан пайдехь а хет сун из.Дел рез хийл и кху т1е яккхинчун.Цхьанах Россияхь волчун типографны издани оьшуш хилахь кхузахь язйе. вайг далург дир ду вай Далмукълахь
9) Рамзан (8 февраля 2008 22:38)

Абузар Айдамиров интервью ю кхузахь:Массо а нохчо вукх бакъ!


http://fr.youtube.com/watch?v=SimjjAFRC2
M&feature=related
10) kritik (15 марта 2008 14:42)
Хьажахь ..., хо дукхяхарг, аса цхьанадена айса дуьненачохь йоккхучу хенахь сайна к1илло ву ала меттиг битина бац хьуна. То, что я сказал было сказано, чтобы люди знали, кто он такой на самом деле. Это человек, который проклинал муджах1идов ещё в первую войну, поверь я знаю о чём говорю. И не смей называть людей к1иллой, хьо цхьажимма оьзда хума ялахь, иначе рискуешь нарваться на конкретную грубость

Это для тебя, ...
abuzar ajdamirov: Патриотами были наши отцы, которые в Великую Отечественную воевали не за вознаграждение, а за Родину. Сегодня с обеих сторон воюют наемники, потому что и те и другие совершенно не жалеют беззащитное население. Стоит ли ради операций против бандформирований численностью несколько тысяч человек превращать в потенциальных врагов России 200-300 тысяч законопослушных граждан?!
http://www.ng.ru/regions/2000-06-10/4_pr
osveshenie.html
http://www.svoboda.org/programs/sp/2003/
sp.092603.asp
ну и что ты после этого скажешь, весь мир ведает, а ты не ведаешь?

Писатель в своей статье не обошел вниманием и тему выборов, при этом прямо, без обиняков заявив: "Я отдаю предпочтение Кадырову". И приводит при этом свои аргументы: "Мне кажется, что он очень смелый, решительный человек, он единственный из тех, кого я знаю, который сможет навести в Чечне порядок. И он был со своим народом все это время"
http://209.85.135.104/search?q=cache:773
OaVK9BBkJ:www.regnum.ru/news/163089.html
+%D0%90%D0%B1%D1%83%D0%B7%D0%B0%D1%80+%D
0%90%D0%B9%D0%B4%D0%B0%D0%BC%D0%B8%D1%80
%D0%BE%D0%B2&hl=fr&ct=clnk&cd=34&gl=fr

если тебе недостаточно, того что я привёл, то у нас с тобой просто разное понимание об Исламе, чести и достоинстве и нам нечего обсуждать
11) isa (23 марта 2008 13:20)
все правильно критик, но не стоит обижаться на женщин:) тем более, кажется, она не очень в курсе того, чем он дышал, а ориентировалась на то, что он писал

ну а ты, ..., безымянная, если будешь так обшаться с людьме, можешь нарваться на болле грубого и менее воспитанного человека, чем он, делай выводы
12) Рамзан (23 марта 2008 23:18)

Суна цуьн книгаш ч1ог1 дик яз йина ма хета.К1оргер нохчий мот хууш
цунна хилар билгало из.Бакъдерг дицич цуьн оцу интерьвью ла доьг1ч ,ва нах и книгаш язйнарг из хиллийте аьлла а хета.
Х1окху дуьнен чуьр некъаш дукх чолхе хьийзин ду,ца кхетта хир вукх и.
Хьан къам х1аллак дан чу веана волчу мостаг1ц барт хилар,со ца кхет оцу...нахах.
13) kritik (26 марта 2008 01:25)
Иса,да я и не обижаюсь, просто, согласись, что это не очень приятно, когда тебя чуть ли не трусом обзывают, тем более из-за такого чела

Рамзан, дукха бу вай, шай дег1маш а, синош а оцу боьхачу керстанна д1адоьхкина а ца 1аш, вай а х1унда ца духку бохуш цецбуьлуш берш. Цу мог1арашкахь тоъал дика яздархой а бу. Вай дозалла да дезарш кхиберш бу-Яндарбиев Зеламха, Юсупов 1илман, Байхаджиев Зайнди, Бисултанов Апти, Сулейманера Джамбулат иштта кхид1а а.

Если мы будем гордиться предателями, то мы становимся соучастниками их предательства.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2008 Нахская библиотека