IX.
ЖИМА
ТОЛАМ
Тхуна тIехь урхалла латториш, цхьана а тайпана
халкъаца юкъара хIума а доцуш, халкъан кхолламца а, цуьнан
Iердахар аттачу даккхарца а, амалш кIадъярца а бала боцу,
эскарера дIакхийсина даххаш, тIеман чиновникаш бу.
Т. Эльдарханов
1
Овхьад цIа вирзина шолгIа шо дара.
Зеламхас кIелхьараваьккхина Соип лаьмнашкахь цхьана
юкъарлашкарчу жимачу кIотарахь дIатарвеллера. ХIеттахь Деши а цига дIаяхара.
Цхьа шо далале Соипана зуда а ялийра цигахь. Цуьнан там-мах а, гучуяккхар а дIа
а листира Овхьада.
Ровзана а, несо а мосазза а зуда ялор хьахийра Овхьаде.
Амма иза реза ца хуьлура. ХIусамнана-м езара цунна. Иза жима ма вац. Шовзткъе
итт шаре ваьлла. Даима а несана несалла лелийна а вер вац. Ткъа хIокху чолхечу
заманахь, зуда а ялийна, доьзал боло а ца лаьара. ХIинца цо схьалаьцна некъ а,
иза Сибрех вига там болуш, кхераме бара.
Ша цIа веъначул тIаьхьа яьллачу йоццачу хенахь Нохчийчуьра
чолхе хьал довза кхиънера Овхьад. Оцу тIехь хьалхара гIулч яьккхира цо нохчийн кIеззигчу
интеллигенциы демократин ойла йолчу векалшца — ШериповгIеран, МутушовгIеран,
ЭльдархановгIеран, СаракаевгIеран доьзалшца а, гIараваьллачу Iеламчица
Соип-Моллица а доттагIалла тасарца а, Соьлжа-ГIаларчу РСДРП тобан куьйгалхой
бовзарца а.
Нохчийчоьнан социально-экономически а, политически
а хьелаш довза дукха корта ахка а ца безара, уьш кераюккъехь санна, гуш дара.
Къеллица а, цамгаршца а, баларшца а хIокху Теркан областехь хьовха, ерриг Россехь
а хьалхарчу меттигехь дара нохчийн халкъ. Цунна тIаьххье оцу гайтамашца шолгIа
меттиг дIалоцура кхузарчу оьрсийн белхалоша а, муьжгаша а. Ткъа юкъарчу
хьесапашца лерича, гIалгIазкхий яккхий таронаш йолуш бара.
Кхузахь оьрсийн къомах бахархойн йолу политически
бакъонаш а яцара нохчийн. ГIалгIазкхичо нохчо вийча, бехкениг жоьпе ца озавора,
иза таIзарза вуьтура. Ткъа нохчочо гIалгIазкхи вийча я цунна къола, талор дича,
зуламхо ца карийча, цуьнан лар тIеяхначу юьртана луьра таIзар дора. Доцца
аьлча, цаьргара адамийн бакъонаш дIа а яьхна, российски законел арахьа латтош
бара нохчий. Россехь цхьанххьа а доцу тIеман-колониальни урхалла дара
Нохчийчохь.
Кхин а доьхна хьал дара нохчийн халкъана юкъа дешар,
Iилма, культура яржорехь а, къоман могашалла ларъярехь а. Берриг а нохчашна
Соьлжа-ГIалахь йиллина цхьа ишкол яра, ткъа хIокху шарахь цигахь доьшуш волчу
97 дешархочух 47 бен нохчо вацара, уьш а таронаш йолчу нохчийн бераш дара.
Нохчийн ярташкахь цхьа а больница а, амбулатори а, аптека а, цхьа а лор а, фельдшер
а вацара. Цомгашчарна дарба леладора палтосучу а, Iалабоьлхучу а зударша,
молланаша жайнашца а.
Лаьттан къелла яра Нохчийчохь. Ламанан Нохчийчоьнан
бахархошна шайн ирзошна тIера даьлла ялта доьзалш Iаьнах баха а ца тоьара.
Нохчашкара пачхьалкхана налогаш йохура, цхьа кIеззиг бахьанаш схьалоций, гIуданаш
а дохура. Цара тIеман налог токхура, кхузахь йоцчу больницашна а, лоьрашна а
лерина, пурстоп, юьртан урхаллин канцеляриш, юьртан урхалла, юьртда, писарь,
талмаж, хазанча кхаба а, хьаькамаш дIасалело харжашна а ахча токхура. Цул
совнаха, цара шайн сту-ворданца маьхза белхаш бора некъаш дохкуш, тодеш, тIеман
гарнизонашна дечиг латтош, кхин, кхин дуккха а белхаш беш.
Царах цхьаберш Iедало цхьана хенахь бахархошна тIебехкина,
ткъа тIаьхьа царна тIера дIабаьхнарш бара, амма боданечу бахархошна иза ца
хаьара. Ткъа кхетамна оцу бахархойл лакхабевлла боцчу цхьаболчу юьртдайша и
текхамаш бойтура, кхечара, и текхамаш бан бахархой декхарийлахь боцийла шайна
хуъушехьа, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисана дохкура.
Россехь революци йолаелча, цуьнан тулгIе яьржинера
Нохчийчу. Соьлжа-ГIаларчу нефтан промыслашкарчу, заводашкарчу, фабрикашкарчу,
цIерпоштанекъан депорчу белхалоша забастовкаш йора хаддаза. Iедале а, хьолахошка
а цара лехамаш бора, белхалошна хIусамаш, шайн берашна маьхза деша ишколаш
хилийта, шайн векалш реза а боцуш, белхалой балхара дIа ма баха, гIуданаш ма
тоха бохуш. Къиза, харцонаш лело инженераш а, мастерш а балхара дIабаха, шайна
гуламаш бан а, забастовкаш, стачкаш ян а бакъо луо бохуга.
Iедална дуьхьалонаш йора нохчийн ярташа а. Къаьсттина
карзахъевллера лаьттан йоккха къелла а, мацалла а йолу Ведана округера ярташ.
Пачхьалкхана налогаш ялар а, дуккха а барамехь текхамаш бар а сацийнера цара. Iедало
хIиттийна юьртдай, къеданаш, молланаш дIа а бохуш, яртийн гуламашкахь уьш шаьш
хоржура.
Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш даьржинера Нохчийчохь.
Нохчаша уьш вовшашлахь а дора, амма дукхахдерш гIалгIазкхашна дора. И бахьана а
лаьцна, гIалгIазакхий герзаца кечбора Iедало. Соьлжа отделан атаманан инарла
Суровецкийн дехарца, цигарчу ворхI эзар вахархочун карахь йолчу 2725 пхоьазза
йолучу тоьпана тIе 5000 топ а, 1 миллион патарма а белира областан инарла-губернатора
Колюбакина. Цул совнаха, Суровецкийн дехарца, цуьнан гIалгIазкхашна гIоьнна
2-гIа Кизлярско-Гребенски гIалгIазкхийн дошлойн полк а ялийра нохчашна а,
гIалгIашна а дуьхьал.
ДIадаханчу шарахь Соьлжа-ГIаларчу базарахь нохчашна
тIехь йинчу акхараллина дуьхьал, масех эзар стаг а гулвелла, митинг йира
гIаларчу белхалоша. Цунна бехкечарна таIзар дар лоьхура цара. Амма бехкениш, даима
а санна, таIзарза бисира. ТIаккха обарга Зеламхас, цигахь вийначу вуьрхIитта
нохчочун чIир йоькхуш, Къеди-Юьртан разъезда уллохь пассажирийн цIерпошт а сацийна,
базарахь вийна и вуьрхIитта нохчо санна, бехкгуьнахь а доцу вуьрхIитта оьрси
вийра, цIерпошт а талийра.
Нохчийн интеллигенцин цхьаболчу векалша къобалдора
нохчаша гIалгIазкхашна талораш дар а, Зеламхас къиза хьаькамаш байар а, цо деш
долу талораш а. Овхьад сацам боллуш дуьхьал вара шина а агIорчеран оцу террорашна.
Нохчаша а, гIалгIазкхаша а вовшийн байар, царна юкъахь хаддаза мостагIалла
латтар Iедало лоьхург а, цунна луург а дара. ГIалгIазкхашна нохчаша дина зулам даима
а нохчий оьшуш а, юккъера мостагIалла марсадолуш а, нохчийн ярташна луьра
таIзарш деш а доьрзура. Цундела, Iедалан питане политика Iорайоккхуш, нохчашна а, г
Iалг
Iазкхашна а юкъахь кхетаман болх баре а, царна юкъахь барте а,
машаре а кхойкхура Овхьад.
Ведана округан начальника Ханжаловс Гати-Юьртана
тIейиллина контрибуци юьззина кхочушъхуьлуш чекх ца елира. Пачхьалкхан цхьадолу
декхарш а, ира герз а дIаделира гатиюьртахоша. КхидIа таIзарх уьш кIелхьарабехира
Соьлжа-ГIалахь а, округехь а хIоьттинчу чолхечу, кхерамечу хьоло. Округехь
хIоьттинчу хьолаиа Ханжалов бехке вора бахархоша. Пачхьалкхана церан ницкъ боцу
текхамаш бойтуш а, и текхамаш бан ницкъ боцурш, жимма а дуьхьало йинарш набахте
кхуьйсуш а, Сибрех бохуьйтуш а бIарзбина, бахархойн собар кхачийнера Ханжаловс.
Овхьада а, цуьнан масех накъосто а вовшахтоьхна, Ханжалов цигара дIаваккхар
доьхуш, областан инарла-губернаторе Колюбакине мосазза а телеграмма яхьийтира
бахархоша. Амма уьш жоп доцуш йисира. ТIаккха Ведана округера кхо эзар стаг
УстаргIардойн-Эвла а гулвина, цига Колюбакин тIекхайкхира цара. Ша а ца вогIуш,
шен советник Вертепов ваийтира цо цига. Гуламо шайна тIера векал вина
къастийначу Овхьада ша инарла-губернаторца а бен къамел дийр дац аьлла, дIахьажийра
Вертепов.
Колюбакина ша оцу туземцийн ардангана тIе гIур вац
аьлча, Вертеповс цуьнга аьлларг тIаьхьа хиира Овхьадана.
- Хьан лркхалла, цига гулъелларг туземцийн арданг
яцара. Цигахь дIахIоьттинарг, лаккхара низам а долуш, герзаца кечвелла кхо эзар
бIаьхо а волуш, тIеман лагерь яра. Нагахь санна ахь, царна тIе а вахана,
Ханжалов оцу округера дIа ца ваккхахь, гIуллакх вайна бохаме доьрзур ду. ТIехула
тIе, гуламо векал а вина, соьца къамел динарг, вайшинна санна, цIена оьрсийн
мотт а хууш, политика а евзаш, говза дипломат вара.
Цхьа бутт баьлча изза кхо эзар стаг юха а
УстаргIардойн-Эвла гулвелча, цига ван дийзира Колюбакинан. Вертеповс дийцина сурт
хIоьттира цунна хьалха. Боккъалла а тIеман лагерх тера бара и гулам.
ГIара-гIовгIа а яцара. Гуламо къастийначу Овхьада доцца дийцира Ханжаловс
Ведана округехь хIоттийна хьал, цо лелийна харцонаш а, округера ярташ
карзахйовлар цуьнан къизаллин тIаьхье хилар а. ТIаьххьара а элира, нагахь санна
Хакжалов цигара дIа ца ваккхахь, гIуллакх цIий Iанорца доьрзур ду аьлла.
Ханжалов цигара дIа а ваьккхина, цуьнан метта полковник
Галаев хIоттийра. Иза ларамаза а дацара. Нохчийчохь мекара, питане политика
дIахьора Iедало. Нохчий бехачу округийн коьрте Кавказерчу къаьмнех нах хIиттабора.
Иза шина Iалашонца дара. Ханжаловл хьалха Ведана округан начальник вара
подполковник Добровольский. Хьекъална аьрта, сутара, куьйгаш боьха тIеман
чиновник. Иза округана тIехь куьйгалла дарца ца ларийча, дIа а ваьккхина,
дегIастанхо Ханжалов округан начальник а хIоттийна, Добровольский цуьнан
гIоьнча витира. Добровольскийца мостагIалла долчу Зеламхас иза дукха хан ялале
вийра. Iедалах ларбелчахьана, оьрси вер кхераме дацара нохчашна. Амма ламаройх
вийна стаг, Iедалах ларвелча а, кIелхьара ца волура. Цара шайн вийначу стеган
чIир йоькхура, мацца йоькхий
а. ЧIирах,мостагIаллех кхоьруш делахь а я
иза шайн лулахо, дегIастанхо, шаьш санна бусалба хиларна делахь а, оццул къиза
Ханжалов ца вуьйш витира нохчаша. ШолгIа, Нохчийчохь шен тIеман-колониальни
къиза урхалла нохчийн луларчу къаьмнех болчу нехан куьйгашца латтадора Iедало.
Ткъа оцу къизачу администраторшка нохчийн цабезам, цатешам, мостагIалла церан
къаьмнашна тIе а даьржара. Оццу Iалашонца Ханжаловн меттана округан начальник
хIоттийнера хIири Галаев.
УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламан кхиамаша дог-ойла
гIаттийнера Овхьадан. Оцу гуламо Iедалера цхьамогIа политически бакъонаш а
яьхнера нохчашна. ХIетталц юьртдай а, къеданаш а, молланаш а, яртийн урхаллийн
къаной а Iедало хIиттабора. Гуламо инарла-губернаторера бакъо яьккхира уьш
ярташка шайгга харжийта. Герз а ца хьедеш, цIий а ца Iанош, иштта машаречу, политикан
а, демократин а некъашца халкъана маршо юхаерзаяларе догдохура Овхьада.
ХIокху муьрехь дIатетта йиш йоцуш цхьа гIуллакх а
нисделлера Овхьадана. Россехь революци йолаелча, помещикийн бахамаш баго а,
тало а болийра ахархоша. Уьш ахархойх ларбан, ламаройх йолахой вовшахтухуш дара
Iедал. Йолахочунна шарахь 460 сом ял а, говр а, духар а лора. Цул совнаха,
доггаха гIуллакхдеш гоьваьллачунна мидал яла а, Iедалан балха дIанисван а тIелацам
а бора. Оцу гIуллакхана Нохчийчу веънера цхьа хIуьнехдина яолковник Загоскин.
Нохчех ши бIе йолахо карийнера цунна. Царна ахча а, духар а дIаделлера цо, ткъа
говраш цига дIакхаьчча лур ю а аьллера. Доцца аьлча, ши бIе нохчо резахиллера
йолахо хила. БIешерийн дохаллехь шаьш лоллехь латточу помещикашна дуьхьал шайн
маршонехьа, бакъонашкахьа гIевттинчу оьрсийн ахархошна тIехь чаьлтачийн декхар
кхочушдан. ХIуъа дика а, нохчий цига ца бохуьйтуш, совцо безара. Вуьшта а
сийсазе дукха цIераш техкина нохчашна. Царна тIе колахой, чаьлтачаш боху иэхье
цIе йоккхуьйтийла дацара. Уьш ца бигийта, гIалара белхалой гIовтто безара.
Теркан областерчу кегийчу къаьмнашна тIера Пачхьалкхан думехь депутат ву
Эльдарханов Таьштамар. Цунах а, кхечу накъостех а дагавала а везара иза.
2
Керлачу законаца юьртан урхалла харжа веъна пурстоп
Хамов юьртден СаьIадан хIусамехь хьевеллера. Амма майдана гулбеллачу нехан
хIумма а са ца гатлора. Сарралц кхузахь Iийча а кхачалур доцуш, дийца дуккха а
керланаш дара церан. Барт бича санна, хIора тобано декъна, цхьацца дуьйцура.
Цхьанхьа лаьттачара дуьйцура обарга Зеламхас шен мостагIа,
хьалха округан начальник хилла Добровольский а, цуьнца хилла эпсар есаул
Нецветаевский а верах лаьцна.
Кхечухьа - оьрсийн-японски тIамера нохчийн дошлойн
бIо цIа берзарх лаьцна. Оцу тIаме вахначу кхаа гатиюьртахочух цхьаъ бен цIа ца
веънера. Иза Солтханан Солта вара. Мацах цкъа оьрсийн-туркойн тIаме вахана шен
да санна, хIокху тIамехь шен аьрру пхьарс а битина веънера Солта. Бакъду,
тIамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна Солтина, мидалан меттана, жIар еллера.
Амма цо иза цкъа а некха тIе ца уллура. Керстанаша шайн Делан метта лоруш ма ю
иза.
Кавказерчу къаьмнех вовшахтоьхначу дошлойн бригадерчу
ламаройн сихха догделира империалистийн шина пачхьалкхо шайн олаллин классийн
хьашт-дезарийн дуьхьа бечу оцу харцонан тIамах. Уьш йолах салт бовлуш цаьрга
аьллера: Японис вайн юкъарчу даймахкаца тIом болийна, вайн юкъара даймохк
ларбар Россехь дехачу массо а къоман сийлахь декхар ду. Амма цига дIакхаьчча,
царна хиира, и тIом вовшахлетачу шина а пачхьалкхан бехкенна болабеллийла а,
цара шайн къинхьегаман халкъийн хьашташ ца лоьхийла а. Уьш кхин тIе а
карзахбохура салтий эрна хIаллакбечу инарлийн сонталло. ДIадахначу шеран
октябрехь Манчжурехь, Лапузо юьртана уллохь нохчийн а, гIебартойн а шина бIоно сацам
боллуш дуьхьало йира фронтан хьалхарчу позице баха. Цара командованига
дIахьедира, шайна хIара тIом оьшуш а бац, шаьш кхуза Iехийна далийна, шаьш даймахка
цIа дерзаде аьлла. Шайн лехамаш командованис кхочуш ца бича, герзашца цхьаьна
даймахка цIа берза новкъа белира и ши бIо. Амма царна тIаьхьадаьккхинчу гIалгIазкхийн
дошлойн эскаро, тIаьхьа а кхиъна, гуо а бина, герз дIа а даьккхина,
бухабалийра. Дукха хан ялале ханна йолчу тIеман-аренан суьдо Мукденехь кхиэл йира
«бунтана» бехкечарна. Шина бIон командирашна, нохчочунна Тасмахилов Пашиний,
гIебарточунна Керифов Зелам-Гериний вен кхиэл йира. Шовзткъе ялх нохчочунний,
ткъе шина гIебарточунний Сибрехь каторгехь яха итт шарера берхIитта шаре
кхаччалц хенаш туьйхира. Уггар хьалха кхойттаннах шина бIаьхочун, Гати-Юьртарчу
Аьрзун Мохьмадан а, Аьрсамирзин Эламирзин а, суд хилале вада аьтто баьллера.
Тасмахилов Пашина вен йина кхиэл, тIамехь цо гайтина
майралла а, даккхий хьуънарш а тидаме а эцна, дошлойн бригадан командиран эла
Орбелианин а, инарла-адьютантан Мищенкон а дехарца, фронтан командующис инарла-адьютанта
Куропаткина каторжни белхан итт шарца хийцира[1].
Шайн кIезиг махкахой Генарчу Малхбалехь империалистийн
тIамна дуьхьал гIовттар сихха хиира Нохчийчохь. ТIамо жимйинчу Терско-Кубански
дошлойн полкана керла йолахой вовшахтоха гIертарх гIуллакх ца хилира Iедалан.
Хьалха тIаме бахначарна шарна 240 сом деллера, ткъа хIинца 480 сом лора, амма
Нохчийчохь Iедална керла йолахой ца карийра. Шайн махкахошна йинчу къизачу кхиэло
карзахбаьхначу ламарошна юкъахь бунт иэккхарна кхеравеллачу Кавказан наместникан
дехарца Терско-Кубански дошлойн полк, фронтера цIа а ялийна, дIасахецнера.
Цхьана тобанехь дуьйцура, Россехь стражникийн декхарш
кхочушдан йолахой лаха Нохчийчу цхьа полковник веъна, цига воьдучунна шортта
ахча а, говр а, тIедуха-когадуха а ло, Мудар а, Расу а цига ваха резахилла бохуш.
ТIаьххьара а дуьйцу керланиг дара Кавказан сардал
Воронцов-Дашков Соьлжа-ГIала вар. Нохчаша, г IалгIаша, хIираша, гIебартоша цуьнга мосазза а кехаташ яздина хиллера, шайн латта кIезиг ду, гIалгIазкхийн а, хъоладайн а дол хь шортта мохк бу, цунах цхьажимма мукъана а шайна латта лахьара, налогаш а лахъяхьара, ца догIу гIуданаш а ма деттийтахьара, шайн къаьмнийн гIиллакхаш а, амалш а тидаме а оьцуш, паччахьан Iедал тIедале шайн ма-хиллара, юьртан урхалла мукъана а шайгга харжийтахьара, шайгара Iазап жимма мукъана а дайдахьара бохуш.
Нахана моьттура, ша Соьлжа-ГIала веъча, ярташкара
лоруш болу нах шена тIе а бехна, царах дагавуьйлуш, сардала нохчашкара хьал
толлур ду. Иза аьттехьа а ца хиллера. Гатиюьртахоша къастийна Овхьад, Iела,
Ахьмад, Солта а витина, СаьIад, Хьуьси, Iабди, Инарла а вигира цига Галаевс.
Уьш цигара цIа баьхкича хиира кахана, нохчийн дехарна жоп луш, яртийн урхалла
харжа сардала бакъо ялар. И бакъо-м УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламехь
областан начальнико хьалххе ма еллера царна. Ткъа латта далар а, налогаш лахъяр
а, гIуданаш дIадахар а, кхидерш а хьеха а ца дайтинера сардала.
Шеца кхо салти а валош, гатиюьртахошка юьртда а, юьртан
урхалла а харжийта, кхуза веънера пурстоп Хамов.
Баккхийчу нехан тобанца волу Аьрсамирза, церан къамелашка
ла а доьгIуш, вист ца хуьлуш хиъна Iара. Цуьнан дог ца догIура оцу эладитанашка
ладегIа. КIантах хилларг цахааро боккха сингаттам бинера цуьнан дагна. ТIамехь
вийнехь а, догдиллина Iийр вара иза. Накъостий санна, хан тоьхна, Сибрех
вахийтинехь а, шен хан а текхна, цIа вогIур вара иза-м бохуш Iийр вара. Ткъа
хилларг цахаар тIех сингаттаме дара. И сингаттам гуттар а алсамбаьккхинера
даима дIа йоьлхучу йоккхачу стага. ВаллахI, Аьрсамирзас дукха ма бехира кIанте,
ма гIохьа цига, хьуна лучу ахчанах вай хьал долуш а хир дац, хьо цигахула дIа а
вахийтина, хьуна тIаьхьа сагатдечул, тхойшиина мацалла далар гIоли ю. Шен сацамна
тIера ца велира иза. Шен ден амалш яра цуьнан а. ЦIий сиха, ша аьллачунна тIера
вуха ца волуш. Ялх баттана шена йолана делла пзийтта туьма хIокху шинна цIахь а
дитина вахана. Оцу ахчанах кхаа шаре яхана ши старгIа ийцира Аьрсамирзас.
ХIинца ворданна, готанна божа а мегаш, къона ши сту хилла царах. Амма мел безачу
мехах нисбелла цунна и шиъ къанвеллачу хенахь! Ткъа Солтханан Солта цигахь цхьа
пхьарс а битина цIа веъна. Ший пхьарс я ший ност йоцуш а, цIа веъна велара
цуьнан Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а.
Шен дагна цхьана хIуманах маслаIат дан гIертара Аьрсамирза.
Цуьнан кIант осала ца хилла. Берриг а инарлаш реза болуш, майра а, доьналле а
хилла. ТIамехь даккхий хьуьнарш а гайтина цо. Шайна тIаьхьа даьккхинчу эскаран
гонна юкъара вада карах а даьлла. КIант-м, хьаха, ву Аьрсамирзин хила
ма-веззара. Iожаллин де тIекхаьчча, цунах кIелхьара ца волу цIахь а, арахь а.
ТIорказа чу дIалачкъийча а. Дала яздиннарг хир ду. Аьрсамирзас ша-м, собаре хилла,
сатухур дара. Ткъа оцу йоккхачу стагана хIун дийр ду ца хаьа-кх цунна...
3
Аьрсамирза шен ойланех юкъахваьккхира цIеххьана
майданахь хIоьттинчу тийналло. Эххар а кхуза схьавеъна пурстоп къамел дан
вуьйлира.
- Тахана шуьца цхьаьна, керлачу законна тIе а
доьгIна, юьртан урхалла хоржур ю вай, - волавелира иза йишхаьллачу озаца. -
Амма харжамаш бале хьалха нохчаша шега яздинчу дехарна Кавказан наместника,
цуьнан локхалло Воронцов-Дашковс делла жоьпаш довзуьйтур ду ас шуна. Лаьттан
гIуллакх къасто леррина комисси вовшахтухур ю аьлла цо. Налогаш лахъяран
гIуллакх пачхьалкхан хьашташка хьаьжжина хир ду. Бехк баьллачунна таIзарна
законехь догIу гIуда ца тоьхча а дер дац. ГIалгIазкхашна санна, шайна а герз
лело бакъо ло, я нохчашна санна, царна а герз лелор дехка боху аш. Нохчашна
герз лело ца хаьа. Герз долчу нохчочо, тухий, стаг вуьй, я къоланаш, талораш
дан араволу. ГIалгIазкхий -паччахьан гIортор ю, иза а, цуьнан Iедал а
чоьхьарчу, арахьарчу мостагIех лардеш. Кхузарчу гIалгIазкхашкахь герз дуьту,
шун зуламех кхузара Iедал а, оьрсийн бахархой а ларбан, кху областехь машар,
синтем латто. Керлачу законаца шуна бакъо елла юьртда, писар, къеда, молла, юьртан
урхалле къаной харжа. Аш хаьржинчу оцу урхаллин бертаза юьртан гуламаш бар а доьхку
шуна керлачу законо. Нагахь санна юьртан гулам оьшуш хьал хIоттахь, цара
кхойкхур бу иза. Аш юьртда а, писар а харжа билгалвина ши стаг оцу дарже
харжале округан начальнико къобалвина а, хаьржинчул тIаьхьа цо чIагIвина а хила
веза. Ткъа къаной, къеда, молла харжар дерриг а шун лаамехь дуьту. Муха нах
хила беза юьртда, писар, урхалле хоржурш а? Хьекъале, собаре, догцIена, шуна
юкъахь нийсо йийр йолу нах хила беза...
— ХIинццалц аш хIитториш барий ткъа ишта? - мохь туьйхира цхьамма.
— Ткъа аш
билгалбинчу нахана юкъахь цхьа а ишта стаг вац. Масала, аш юьртда харжа
билгалвина Акхбулатов Ахьмад. ДIадахначу Iай цо кхерамаш тийсина массара а
лоруш волу молла Хьуьса а, совдегар Iабди а вен. Писар мега ткъа юьртара нах
Iедална дуьхьал карзахбохуш, мотт-эладита лелош волу Солтханов Солта?
ТIехьарчу могIаршкахь хIоьттина лаьтта Солта, шен
дхьана куьйга нах дIаса а тоьттуш, хьалха гIоьртира. Амма шена тIенисвелча,
БIаьштага сацийра иза.
— Собар, Солта, дийцина валийта иза.
— Урхалле харжа билгалбина аш Султахаджиев Доша а,
Абакархаджиев Аьрсамирза а, - пурстоп цавашаре велавелира. - ХIара-м беламе
дай! Доша къу ву, схьалаца маьIиг цахиларна оха Сибрех ца вохуьйтуш вуьтуш. Аьрсамирза?
Даима Iедална дуьхьал хилла схьавогIуш ву. КIанта Эламирзас а цуьнгара масал
эцна. Фронтехь нохчийн дошлойн бIо паччахьана дуьхьал гIаттийначу коьртачу
бунтарех цхьаъ хилла иза. Суьдах ведда кIелхьараваьлла и кIилло, нагахь санна
салтийн тоьпо ца вийнехь, я схьалаьцна, каторге ца вахийтинехь, цхьанхьа даккхийчу
некъашкахь талораш деш лелаш хир ву. Тхо дуьхьал дац аш МаIазов Лорса юьртан
молла а, къеда а харжарна. Амма кхузахь кхин цхьаъ ду. Кестта БуритIахь болх
бан йолалур йолуш динадайн комисси ю. Оцу комиссис толлур ду хIора юьртан
къедин хаарш а, паччахьна муьтIахьалла а. Цигахь зийна, чекхваьлларг бен юьртан
къеда хила йиш яц. Хьуьса а, Лорса а цига вахийта. Комиссис къастийнарг хир ву
шун къеда. Ткъа кхожа юкъабахийта юьртда, писар, къаной кхин нах гайта. Iабди,
къамел гочдай, хаттарш дуй ала.
Хамовс иттех минотехь дина къамел гочдеш цхьа сахьт
гергга хан яйира Iабдис. Шеггара тIедетташ, стамдеш, дестош. Дийцира шаьш
Соьлжа-ГIала дIакхачар а, сардална хьалха гулдалар а, цо дина къамел а, цуьнан юьхь-сибат
а, шена гинарш а, хезнарш а.
— Доцца
дийца, — кIоршаме юкъахваьккхира иза Хамовс. — Со дIавахча еттар ахь и хьайн
бага. Кхожа юкъа-бахийта кхин нах билгалбаха ала цаьрга.
— Аш къастийначу нехан кара юьртан Iедал дала
реза бац лакхара хьаькамаш. Кхин нах къастабе боху пурстопа.
— И тхаьш
билгалбаьхнарш хоржур бу оха я цхьа а ца хоржуш Iийр ду тхо! - хадам бира
БIаьштага.
— Аш пурба делча, цхьа масех дош эр дара ас, - хьалха гIоьртира Домбин Мудар. - Вайна стенна оьшу Iедалан бертаза юьртан урхалле кхин нах харжар? Цул хьалхалераниш Iадда битича? Хьаькамашца гIуллакх а догIуш, юьртана тIедеънарг дIалиста доьналла а долуш стаг ву СаьIад...
— Ву, хьан дена неIалт хуьлда!
— ДIаяла, пис!
— Собар, нах! - мохь туьйхира БIаьштага. — Шен
ала дерг алийта цуьнга.
Нехан гIовгIанаш евлча кхеравелла, юьстах жима
тоба йина лаьттачу ИнарлагIаьрга дIахьаьжира Мудар. Инарлас корта таIийра
цуьнга.
— Доцца аьлча, СаьIад юьртда а, Iабди писар а
харжа веза вай, - шен къамел чекхдаккха сихвелира иза. - Ткъа оцу юьртан
урхалле харжа Хьуьсел, Панта-Хьаьжел, Инарлел бегIийла нах бац кху юьртахь.
— Къаьркъанан кедах дохкаделла хьо, зуд!
— Талу хилла, мерах туьйсийла хьуна иза! Хамовс
мосазза а мохь туьйхира, нехан гIовгIанаш
совцо гIерташ. Амма дуьххьара кхайкха гIертачу
нIаьна-кIорничух тера, цуьнан йишхаьлла аз тIепаза довра нехан оьгIазечу
маьхьаршлахь.
— ГIовгIанаш совцае, нах! - гонна юккъе а ваьлла,
ши куьг хьалалецира Дошас. - Уьшалахь пхьидаша санна, аш маьхьарий хьекхарх,
хIумма а нислур ма дац кхузахь. Цхьамма къамел деш, вукхара ладогIа. Шу ма гIиллакхах
доьхна!
— Стенна хьоькху аш и маьхьарий? - гIовгIанаш дIатийна
юкъ схьа а лаьцна, нахана тIекъевкъира Хамов. — Впрраша санна, аш хIара
маьхьарий хьекхахь, со-м баттахь а вер вац кхузахь харжамаш бина!
ТIаьхь-тIаьхьа чуъравуьйлуш, яппарш ян воьлла
пурстоп сацийра эххар а цунна хьалха хIоьттинчу Солтас.
— Вир хьо
ду-кх, пурстоп! Гирзе вир! Хьо кхузахь, къаьркъа а муьйлуш, сакъоьруш Iачу
хенахь ас тIом бина. ХIара сан пхьарс мичахь баьккхина ца хууш ду хьо, хьаьрса
зуд!
Солтин дешнаш салташна хезна хиларна кхеравелла Хамов
цаьргахьа дIахьаьжира. Цхьадика, гулбеллачу нахана юьстахуо кертах а тевжина,
вовшашка лохха къамелаш деш лаьттара уьш кхоъ.
— Хьо ву
хIара иллехь вуьйцу турпал! - кIоршаме вела а къежаш, когашкара хьала коьрте
кхаччалц бIаьрг туьйхира цуьнга Хамовс. - Хьо Георгин жаIаран кавалер хилча,
айхьа Iедалан векална яппарш ян мегар ду моьтту хьуна? Хьо стенан дуьхьа
ваханера тIаме? Россин дуьхьа ваханера ала гIерта хьо? Хьайна ахча делча, йолахо
хилла ваханера-кх! Мичахь бу хьан доттагIий Аьрсамирзоев а, Аьрзуев а? Царна
тIаьххье Нерчинске хьо дIавахийта дош ло ас хьуна. Ас кхечухьа дийр ду хьоьца къамел!
ТIаккха щен оьгIазвахар Iабдина тIедерзийра цо:
- Хьо
хIунда лаьтта, и виран лергаш дуьйлина, ладоьгIуш? Кхин нах буй юьртан урхалле
харжа?
- Шайна юьртан урхалле харжа луучу нехан цIераш яха!
- нахе мохь туьйхира Iабдис.
- Мудара
цIераш яьхначарна реза ду тхо! — вистхилира Инарлин шича ЧIонакъа.
- СаьIад юьртда харжа! Iабди - цуьнан писар!
- Хьуьса, Панта-Хьаьжа, Инарла къаной харжа!
- Шайн
ворхе дена неIалт хуьлда шун а, церан а!
- Седа
дуьхьал баха хоржийла уьш!
Вой даьлча санна, гIовгIа елира майданахь. Дехьа юккъехь
вовшашна тIетта гIертара Доша а, ЧIонакъа а. Шеко йоцуш, цIий Iанорца
чекхдаьндолу дов сацийра гонна юкъаваьллачу Овхьада.
- Нах! -
мохь туьйхира цо паргIатчу озаца. - Вайн дайн оьзда гIиллакхаш дицдина аш.
Собарх доьхна шу. Вовшийн сийсаздеш, оьзда йоцу Iиттарш йо аш. Кхузахь аш
маьхьарий хьекхарх, вовшашна хьокхий деттарх, шаьлтанаш Iиттарх, кхин а
галдалар бен, нислур дац юьртан гIуллакх. Кхуза гулбелла нах шина декъе, шина
тобане бекъабелла. Шина а тобано цIераш яьхна шайна юьртан урхалле харжа луучу
нехан. Уьш, пхиппа, итт стаг ву. Уьш берриг а кхожа юкъа а бахийтий, кхаж
тасийша. Кхаж алсамбаьлла пхиъ чекхвер ву, важа пхиъ юкъара дIавер ву. Вовшашна
весаш ян а ца оьшуш, атта гIуллакх ма ду иза. КхидIа и маьхьарий ма хьекхалаш.
Собаре хила, къонахий хила, и виъ оьрси вайх ма кхардаве.
ТIаккха Хамовна тIевирзира Овхьад:
- Господин
пурстоп, хIокху майданахь лаьтта йозадешар а, оьрсийн мотт а ца хуу адамаш
айхьа дуьйцучух ца кхетийла хууш майраваьлла, царна оьзда йоцу яппарш еш къамел
до ахь. Хьо мухха велахь а, оьрсийн эпсаран цIе лелош, паччахьан векал ма ву
хьо кхузахь. Оьрсийн эпсаран, паччахьан сий лардан декхар ма ду хьан, муьлххачу
хьоле, муьлххачу юкъаралле нисвелча а...
- Хьо волу меттиг а ца хоуьйтуш, тийна-таьIна Iийча гIоли ю хьуна, каторжник!
Овхьад велавелира:
- Со
каторжник хилар а, каторжник муха хилла а цхьанна а къайле яц, господин
пурстоп. Сайн къоман маршонехьа, адамийн бакъонашкахьа ас къийсарна хиллера сох
каторжник. Амма хьо мила хилла а, мила ву а, кхуза муха кхаьчна а ма хаьа суна.
Эскарехь гIуллакхдеш волуш, хьо да волу бахам кехатех а ловзийна, айхьа дIабаккхийтича,
жимачу бераца зуда дIакъаьстина хьох. ТIаккха хьо маларехьа вирзира. Уьш а,
кхин а тидаме а эцна, эпсарийн суьдан кхиэлаца эскарера дIакхоьссина хьо,
оьздачу нехан юкъараллехь цхьанххьа а тIе а ца лаьцна, хьайн дехарца кхуза
веъна. Кхузахь, Нохчийчохь, хьекъална аьрта, оьздангаллех боьхна, къуй,
малархой, кехатех ловзурш, кхин зуламхой а хьаькамаш мега дела. ХIинца ваьшшиннах
лаьцна къамел дуьтур вайша. Ерриг Россехь а, Нохчийчохь а, хIокху округехь а
хIоьттина чолхе, карзахе, кхераме хьал хьуна хууш хир ду аьлла хета суна. Ткъа
хIара юрт карзахъяьккхинарш хьо а, кхузара хьан бартахой а бу. КхидIа а аш
хIара питанаш леладахь, кхузахь цIий Iанарна кхерам бу. Цундела ас маслаIате
некъ хьоьху хьуна. ХIокху гуламера нах шина тобане бекъабелла. Шина а тобано пхиппа
стаг гайтина юьртан урхалле харжа. Уьш итт стаг кхожа юкъавахийта, кхаж алсам
баьлларш юьртда, писар, къаной хир бу.
Хамовс иза аьттехьа а ца дитира:
- Округан начальнико къобалбинарш бен хоржур бац юьртан
урхалле. КхидIа хабарш дийца а ца оьшу!
- Юьртан
урхалле хоржурш округан начальнико гъобалбинарш бен хила йиш яц аьлла дац
законехь.
- Кхузахь
законаш оха хIиттийнарш ду!
- Дика ду
хIета. ТIаьхьалонах жоп айхьа лур ахь. Овхьад гонна юкъара дIаваьлча, Iабдица
лохха къамел долийра Хамовс.
- Оцу хьан
вашас, каторжнико, бохург дича, шуьниш чекхбевр буй?
- Догдохийла а яц...
- ХIета
шаьш кегийна худар шаьш даа деза аш! Шайчаьрца барт а бай, нах балха бахначу
хенахь, цIеххьана кхайкхалаш гулам, бехирий шуьга? ТIаккха кхузахь дукхахберш
шуьниш хир бара, тодакхаш!
- ХIинца
хIара харжамаш тIаьхьалонга дIататта ца мега?
- ХIун
аьлла?
— Суна
карор ду бахьана...
— ДIалалла хIета! Iабди нахана тIевирзира:
- ХIай, нах, хIай! - мохь туьйхира цо. - Кхузахь
девнаш деш, вовшашна чуьчча гIерташ, харжамаш бар аш дохийна боху пурстопа.
Цундела хIара харжамаш тIаьхьалонга дIатотту вай. Харжамаш хинболу де, оха билгал
а дина, шуьга дIакхайкхор ду. ТIаккха ша схьавогIур ву боху пурстопа. Цул
совнаха, хIара галдаьккхинарш муьлш бу а хаьа шена, царна Iедалехь догIу таIзар
дийр ду ша а боху. ХIинца шайн-шайн цIа дерза!
- Iабди бакълуьй! Мудар! Хьайн накъосташца цIехьа
яхийта ахьа!
- Хьуьса!
Панта-Хьаьжа! Вухаверза ший а! И нах а совцабе!
— Харжамаш бар хир дац тахана, БIаьштаг, - соцунгIа
а хилла, вистхилира Панта-Хьаьжа. - Барт боьхна вайн. Цундела хIокху юьртара
иман-беркат дIадедда. Пурстопа бохург дичахьана довлу вай. Инарла! ЧIонакъа,
дIадуьло!
СаьIадгIеран тобанах ахбIе гергга стаг майданара
дIавахара.
- Вай хIун де, Овхьад? - хаьттира БIаьштага. - Вай
а цIа доьлху я харжамаш бо?
— Вай вешан юьртан урхалла хоржур ю-кх. И ткъех стаг
дIавахарх, вайн галдала хIумма а дац. Хьайна гIо дан а, кхаж тасарна тIехь
тергам латто а кхо-виъ стаг а къаставай, кхаж тасарна кечам бехьа, БIаьштаг. Аш
и кечам бешшехьа, ас нахе цхьа масех дош а эр дара.
- ЛадогIал, нах! Овхьаде ладогIал! КIез-кIезиг
туьйш, дIатийра нехан гIовгIанаш.
4
Шен салташца пурстоп а, шайга кхардаме хьоьжу и масех
хьолахо а, церан бартахой а майданара дIабахча, цхьа боккха, беза мохь гира
охьатесча санна, паргIатбевлла, садаьIира кхузахь бисинчу наха.
— БIаьштагагIара кхажтасарна кечам бешшехь, шуьга
цхьа масех дош ала лаьара суна, - даима санна, парггIат къамел долийра Овхьада.
- Нохчийн уггар тоьллачуьра ах мохк гIалгIазкхашна дIабелла оьрсийн паччахьо.
Цул совнаха, Нохчийчоь дIалоцучу хенахь вайн халкъана ямарт а, ткъа шена тешаме
а хиллачу вайнахах бевллачу цхьацца эпсаршна а, совдегаршна а, динадайшна а
совгIатана латта дийкъира оьрсийн паччахьо. ХIокху Нохчмахкарчу итт юьртан
доллучул латта ду царах хIораннан а долахь. Нохчийн хьолахошна делла латта-м хIумма
а доцург ду, паччахьо вайн луларчу къаьмнех схьабевллачу элашна деллачу
лаьттаца дуьстича. Оцу иттех элана паччахьо делла нохчийн латта Нохчмахкарчу
бахархойн долахь долчул масийттаза алсам ду. И вешан дайн латтанаш гIалгIазкхашкара
а, элашкара а, вешан хьоладайшкара а, безза мах а луш, цхьана ханна цаьргара
оьцуш я юкъахь леладо вайнаха. ХIетте а цигара лелхийна, цIа хьовсийна нохчий.
Иштта, иэккхийна цIа ваийтина, Iаьрчхехь лаьттах тоьла а яьккхина, хан токхуш
волу къена Мусха гина шуна. Iедало а, оцу хьолахоша а дакъазабаьхначу эзарнаш
нохчех цхьаъ ву и Мусха.
— Дала
бекхам оьцийла цуьнан бохаман бехкечарах!
— Амин!
— И нохчийн эпсарш а, совдегарш а, гIебартойн,
гIумкийн элий а, гIалгIазкхийн хьоладай а, вайн дайн хилла латтанаш йолах а,
юкъахь а вайга леладойтуш, цхьана ханна вайна мехах духкуш, шаьш балхах куьг
дIа а ца тухуш, хьолана букъабелла, хьоло хьерабаьхна бехаш бу. Вайн хьацар,
вайн цIий ду цара Iуьйдург. Ишттачу нахах помещикаш олу Россехь. И помещикаш
нохчашна юкъа баьржина шовзткъа шо а бен дац, хIетте а цаьрца машар ца хуьлуш,
церан лолла ца лалуш, цаьрца къийсам латтош ду вай. Ткъа и помещикаш цIе йолу нах
оьрсашлахь болу эзар шо сов хан ю. Россера дерриг латта оцу помещикийн долахь
ду, ткъа халкъан долахь цхьа коржам а латта дац. Iедал а помещикийн карахь ду.
Халкъ царна деца, церан лоллехь ду, халкъан цхьа а тайпа бакъо яц. Цаьргара
латта схьадаккха гIерташ, шайна адамийн бакъонаш лоьхуш, нийсо лоьхуш, бIешерийн
дохалла царна дуьхьал къийсам латтош бу шу санна болу оьрсийн ахархой. Церан
хIора керла гIаттам цIела карчийна Iедало. Уьш набахтехь бахкош, Сибрехь хIаллакбеш
болу эзар шо сов хан ю. Оьрсийн белхалой а, ахархой а хIинца а гIевттина
паччахьан Iедална, помещикашна, хьоладайшна дуьхьал. Тахана сийна цIе кхерста
ерриг а Россехь. Ахархоша бекхам оьцу шаьш лоллехь латточу помещикех. Церан
латтанаш шайн дола доху, церан бахамаш багабо, гуттар а къиза помещикаш бойу.
Паччахьан Iедалан ницкъ ца тоьа и помещикаш ахархойн бекхамах ларбан. ХIора
юьртахь латто эскарш дац цуьнан. ТIехула тIе салташI.а ца лаьа ахархошна герзаца
дуьхьало ян. И салтий шаьш а бу селханлера ахархой, царна ца лаьа шайн дайшна,
вежаршна, наношна, йижаршна етта. Оцу ахархойн бекхамах и помещикаш ларбан
йолахой, я нийсса аьлча - чаьлтачийн декхар кхочушдан нах беза Iедална. Мила
гIур ву цига, шен лаамехь чаьлтачан декхар кхочушдан?
-
Адамаллин цхьа а чо шен дегIаца болу стаг гIур вац!
- Кхузахь
ваьшна таIзарш деш лела салтий бIаьрга ган ца беза вайна а!
- Салтий-м шайн лаамехь а ца баьхкина кхуза, нуьцкъах
балийна!
- ХIетте а
безам бац вайн цаьрга!
- И
адамаллин цхьа чо шайн дегIаца боцу, ахчанах бехк боцчу оьрсийн ахархойн цIий
Iено резахилла нах карийна ламарошна юкъахь. Нохчашна юкъахь. Ткъа вайн юьртахь
Домбин Мудар а, Дасин Расу а карийна!
- Мудара
къаьркъанан кедах шен да а вуьйр ву!
- Дасин Расу а ю-кх изза пис, тIуьйлиг а!
- Дала дийна цIа ма верзавойла цига вахнарг!
- Юьртана а, махкана а иэхь ду иза!
Куьг хьала а лаьцна, гIовгIанаш совцийра Овхьада:
- Нохчийн къомах лайш, йолахой, чаьлтачаш ца бевллера
цкъа а. Амма хIокху тIаьххьарчу заманахь гучубуьйлу уьш. Шовзткъа шо хьалха
йолах оьрсийн-туркойн а, ши шо хьалха оьрсийн-японийн а тIаме бахара нохчий.
ХIинца, Россех а бахана, жIаьлеш санна, помещикийн бахамаш ларбан а бохку. Уьш
совцо беза вай. Къомана тIе иэхь доуьйтучул, мацалла вала веза хIора нохчо!
Амма вайн бертаза цига воьдучунна хIун де вай?
- ХIокху
юьрта юхабогIу некъ бехка беза царна!
- Юьртах
баха беза церан доьзалш а!
- Седа дуьхьал гIойла цига ваха дагадеънарг!
Нах дIаса а тоьттуш веъна Овхьадана хьалха хIоьттира
дерзинчу дегIа тIе дуьйхина морсачу машин эттIа чоа а, хеча а, когахь якъаелла
неIармачаш а, коьртахь тища кхакханан куй а болуш, юккъерчу дегIара, шовзткъа
шо хенара векъана стаг.
- Овхьад, ахь и гIовгIанаш совцаяхьара, хIокху
нахе цхьа-ши дош эр дара ас, — элира цо.
Оцу тIелхигашна тIехула гIодаюкъах дихкинчу кхелинчу
доьхкарх кхозучу безачу механ детица кхелинчу шаьлтанан макъарна тIе цхьа куьг
а диллина, важа хаьнтIе а хIоттийна, цхьа ког хьалха а тесна, нехан яххьашна
тIехула шен ира хьажар кхарстийра цо.
- Со пис, тIуьйлиг ю аьлла мохь туьйхира шуна юкъахь
цхьамма, — къамел долийра цо, йовхарш тоьхна, шен аз а тодина. — Ас хьанна
къола дина, со хьаьнга сискал еха вахана, ас хьанна хьалха корта таIийна? Сан
бераша хьенан шун харцийна я уьш хьенан кIари чохь карийна? Я вайн юьртана,
цхьана стагана тIе бохам беъча, санчул тIех хьенан дог Iаьткъина? Диканиг
хилча, суначул тIех хазахетта мила хьаьвзииа? ХIаъа, со къен-миска ву. Амма хIара
сан маззакъдоьлла куьйгаш, сан кийрара дог цIена а, хьанал а ду. Суна пис,
тIуьйлиг аьлларг гучувала, ша боьрша велахь. Овхьад, сан исс бер ду. Кертахь
хьайба дац. Ирзо тIера даьлла ялта Iаьнах довла а ца тоьа тхуна. Россерчу хьолахойн
бахамашна гIаролла дан вахначунна ахча а, говр а, тIедуха-когадуха а ло аьлча,
сайн доьзалан ойла йина, цига ваха резахиллера со. Амма иза ахь ма-дуьйццу
дуйла ца хаьара суна. Со кхетта хIинца. Тхайн кертарчу итт адамца тховса мацалла
лийр велахь а, со гIур вац цига. Иза ду сан тIаьххьара дош!
ТIевеъначу Дошас къевллина маравоьллира Расу.
- Дела реза хуьлда хьуна, Расу. Дала дукхавахавойла
хьо. Хьан къонахаллех шек стаг ца хилла юьртахь цкъа а. Ткъа писаш а,
тIуьйлигаш а вай ерриг а ю. Амма хьан доьзал меца а болуш, тхайниш буьзна а хир
бац. Баркалла хьуна!
- Нагахь санна Домбин Мудар вайн бертаза тражник хилла
Росе гIахь, цунна хIуй кхайкхош, юьртах араваккха реза дуй шу? - мохь туьйхира
БIаьштага.
- Реза ду!
- Реза
воцург вуй?
- Цхьа а
вац!
- Овхьад,
кхин дуй хьан ала?
- Масех
дош дисина. Кхечу ярташкарчу наха сардалан а, паччахьан а цIарах кехаташ
яздина, шайн маршонехьа къуьйсучу оьрсийн а, кхечу халкъийн а гIовттамаш хьошуш
дакъалаца вайнах йолах салт а, стражникаш а бохуш, Россе д
Iакхийларна
дуьхьало еш. Оцу кехаташна т
Iехь
яздина, нохчий цкъа а чаьлтачаш ца хилла, х
Iокху т
Iаьхьарчу шина б
Iе шарахь шен маршонехьа турпала къуьйсучу нохчийн къомана
дика хаьа маршонан мах, ткъа х
Iинца
шена т
Iехь
латточу лоллин,
Iазапан, къеллин къахьо а. Массо а
къаьмнийн къехой тхан вежарий бу, оха церан цIий Iенор дац. Стражникашка
язбелларш къелло бIарзбина, Iедало Iехийна, шаьш кхочушдан дезачу иэхьечу
декхарх ца кхеташ, бодане, декъаза нах бу. И нах Iехош, тхан вежарийн цIий Iенадайта
Россех дIабига гIертар сацаде. Нагахь санна шу реза делахь, изза аьлла кехат
вайн юьртан цIарах а яздийр ду вай.
- Реза ду
тхо!
-
Керстанаш белахь а, цигарниш а бу, вай санна, цхьа пекъарш!
- Иштта
дIаязде ахь, Овхьад!
- Дуьхьал
вуй цхьа а?
- Вац!
Берриг а реза бу!
- ХIета и
цхьа коьрта гIуллакх чекхдели вайн. БIаьштаг, шун кечам муха бу? — хаьттира
Овхьада.
БIаьштага шен хаза тодинчу даккхийчу Iаьржачу мекхех
дай куьг хьаькхира:
- Делахьа,
Овхьад, кечам болуш бара вайн. Амма суна кхин цхьаъ дагадеънера. Делкъан ламаз
дина наха, гондIарчу керташка а бахана. Нах делкъе янза, меца бу. Малхбузу
ламазан хан а тIекхаьчна. Суьйранна цIахь гIуллакхаш а ду нехан. Оцу овголашца
кхаж таса долахь, буьйсанга гIур ду вай. Куьйгаш а ойуш харжа вай и ваьш билгалбина
нах?
- Iаламат
дика хир ду. Иза дан реза дуй алий, хаттал нахе.
Нах баккхийбеш резахилира.
- ХIета,
СаьIад юьртда, Iабди писар, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла юьртан къаной харжа
резаволчо куьг айал. Масех стага хьалалаьцна куьйгаш дагардира БIаьштага.
-
Цаьргахьа куьйгаш айинарг шийтта ву. ХIинца Ахьмад юьртда, Солта писар,
Аьрсамирза, Доша, Лорса къаной харжа реза болчара куьйгаш айал.
- Цхьа
хIума хатта лаьара суна вай куьйгаш айале, — элира тобанна юкъарчу цхьамма. -
Iела а, Овхьад а оьрсийн а, Iаьрбийн а йоза-дешар а, меттанаш а хууш, дуьне а
девзиыа, хьекъал а, доьналла а долуш ши стаг ву. И шиъ хIунда вац вай
хоржучарна юкъахь?
- Цаьрца
къамел хиллера тхан, Бета, - жоп делира БIаьштага. - Iелас ша къена ву, шен
могашалла дика яц, ткъа Овхьада шен хIокху юьртахь сецна Iойла хир дац, элира
тхоьга. И шиъ юьртан урхалле вай цахаржарх, царах дагадийр ду вай. ХIинца ас
цIераш яьхна нах юьртан урхалле харжа резаболчара куьйгаш айал.
БIаьштага шозза дагардира наха айина куьйгаш. Шен
веа накъосте а дагардайтира. ТIаккха жамIаш кхайкхийра цо:
— Юьртахь куьйган бакъо йолчу виъ бIе везткъа стагах
цхьаберш цIера бевлла, дикане-воне бахана а, цомгаш цIахь бисина а, хIинцца
кхузара дIабахана а кхузткъа стаг ца вагарвича, кхузахь виъ бIе ткъа стаг ву.
Царах шийттамма СаьIадгIаьргахьа куьйгаш айина, виъ бIе бархIамма Акхболатан
Ахьмад юьртда, Солтханов Солта писар, Абкархьаьжин Аьрсамирза а, Султахьаьжин
Доша а, МаIазин Лорса а къаной хаьржина. Вайн барт ма-хиллара, оццу куьйгашца
МаIазин Лорса юьртан молла а, къеда а хаьржина. ХIара харжамаш нийса хиларх
шеко йолуш вуй цхьа а?
— Вац!
— ХIета, Лорса, доIа а дай, дIаберзабел вайн
болх.
— АлхьамдулиллахI! АлхьамдулиллахIи раббил
Iаламийна! Я АллахI, дуьне-Iалам кхоьллина, ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша
тхан Дела! Тахана оха бинчу харжаман тIаьхье беркате елахь. ХIокху юьртарчу
наха, тхох тешна, къастийначу тхуна уьш а, тхо царна а муьтIахь делахь. Тхох
тешначу хIокху юьртарчу адамийн иманехь барт бан, царна юкъахь нийсо ян, уьш
керстан Iедалан харцонех, ямартлонех ларбан, массо а зенех-зуламех ларбан тхуна
хьекъал, кхетам, собар, ницкъ лолахь...
— Амин!
— АллахIу амин!
— ХIара
керста Iедал тхуна муьтIахь делахь. Тхан дегнаш, ойланаш хьагI-гамонех,
харцонех, ямартлонех, хьарамлонех ларъелахь. Хьо реза воцург дан шайтIано тхуна
дагадаийтахь, тхан куьг-ког духаозалахь, тхан бIаьрса дIаэцалахь, тхан меттанаш
совцаделахь, тхан лергаш къарделахь...
— Амин!
— Къинхетам белахь, я АллахI!
— Я АллахI, хIай къинхетаме Дела, тхо керстан
балех кIелхьарадахалахь. Керстан Iедало махках баьхна, балехь болу тхан дай,
наной, йижарий, вежарий, доьзалш могаш-маьрша цIа берзабелахь, уьш а, тхо а
керстан балех лярделахь, тхоьгара гIайгIа-баланаш дIаэцалахь. ХIокху юьртахь а, махкахь а иман-беркат а
латтаделахь. Оха ця кхеташ дийлийтинчу г
Iалаташна, летийначу къиношна, тхох къинхетам бай,
гечделахь. Тхаи дахар а, далар а иманехь хилийталахь, иманехь
нисдай, тхан дуьне а, эхарт а декъалделахь...
- Амин!
- Тхан гIийлачу доIина жоп лолахь, я АллахI!
- Хьайн маликийн, пайхамарийн, эвлаяийн орца лолахь!
-
...Фатихьа!
ДоIа чекхдаьлча а цIа баха сиха бацара нах. Цара забарш
еш, боьлуш, кегийра тобанаш йина къамелаш дора. Уьш баккхийбера тахана шаьш
баьккхинчу жимачу толамах. ХIокху масийтта шарахь тахана дуьххьара царна хьалха
бухабевллера пурстоп а, юьртара хьолахой а. Ткъа тIаьхьалонан цара ойла а ца
йора...
* * *
КАХАНОВСКИ СТАНИЦЕРЧУ ГIАЛГIАЗАКХИЙН АЬРЗНАШНА
ТIЕРА
1907 шо
8 май. Соьлжа-ГIалара
Кахановске цIа вогIу совдегар - урядник Бычков Кирил а вийна, 229 соьмана цуьнан
товар даьхьна. Лар Мескар-Эвла яхана.
17 июнъ. Ахархо Лысенко Степан вийна нохчаша, лар Мескар-Эвла яхана.
15 йюлъ. Шен кха тIехь болх беш волчу Коваль Николайна чевнаш йина
кхаа нохчочо. Лар Гуьмсе яхана.
2 август. Мелчу-Хиэ уллохь Кахановскера гIалгIазкхи
Недошевин Степан а вийна, цуьнан 963 сом ахча даьхьна нохчаша.
25 август. Кахановски уллохь урядникана Бакуленко Даниелана шаьлтанца
чов йина нохчочо.
3
сентябръ. Ворданахь
Соьлжа-ГIала воьду Минейкесь Франц а вийна, иза талийна Мескер-Эвла уллохь.
13 октябрь. Шелковскера Кахановске вогIучу Парфомов
Иванера говр а, 100 сом ахча а даьккхина нохчаша. Лар Гуьмсе яхана.
[1] Цунахь тера тамашийна нисдалар хилира дезткъе цхьа шо даьлча. 1985
шеран май баттахь, Афганистане тIаме буьгучу салташна юкъахь, эшелон
Чарджоу станце кхочуш бунт йинера нохчаша а, гIебартоша а. 12
нохчочунна а, I гIебарточунна а суьдо хенаш тоьхнера («Северный Кавказ»
газет, № 24, 1998 шеран июнь).