Нохчийн халкъана тIехоьттинчу инзаре халачу муьрехь xIop стеган декхар ду шена дика хуург а, шега далуш дерг а халкъан дуьха дан. Иштта диначу гIуллакхан уггар лакхара мах бу.
Дала сий дойла хьан, Хожа-Ахьмад, сел мехала болх язбарна.
Ларамца Дошаев Руслан
Аса даггара баркалла боху xlapa учебник кечъеш а, ара хоьцуш а гIодина волчу Дошаев Русланна.
Автор
ЧУЛАЦАМ
Сан жима доттагlа
Iалам а, адамаш а
Дийна lалам, дийна доцу lалам
Iалам лардар
Iаламна адамашкара гlo оьшу
ДегI, xlумa, дакъалгаш
Йовхо а, шело а, термометар а
Латта а, хlаваъ а, хиш а
Хlаваъ а, иза лардар а
Хlаваъ цlена хила деза
Хи а, дахар а
Хих хуьлуш дерг
Iаламехь хино го бахар
Ларде хи
Хиш, бех ца дойтуш, муха лардан деза
Лаьттаца йолу хазна
Iаламан хазна ларьяр
Муха атало тIулгаш
Ларделаш латта
Бецо, дитташа, хьала мел йолучу соьналлаша хIун
Муха кхоллало лаьттан тlоьхуларчу чкъурах кхача
Хаа луъчунна
Акхаройн, олхазарийн, диттийн, бецийн дахар
Ораматийн тайпанаш
Дийнатийн тайпанаш
Диттийн, гlа-бецийн дахар
Дийнатийн дахар
Дийнатийн амалаш
Муха ду диттийн, гlа-бецийн кхиар, церан даржар, дебар
Xly даржар
Сагалматийн дебар
Олхазарийн дебар
Акхаройн дебар
Сан жима доттагlа!
Хьо дешар, Iилма Iамо волалуш ву. Школехь деша волавалале хьо дуккха а хlуманаш довза кхиина хир ву, хьайна гуш, хезаш гондахьа долчух. Хьан тидам хилла хир бу, ловзуш лелачу хенахь, хи йисте кхаьччи охьадогlучу хин, юьртара бажа дlалохкуш, суьйранна бажа юьрта чу богlуш.
Евзана хир ю суьйре, Iуьйре. Декаш хезна хир ду олхазарш. Iалам ду хьуна гондахьа гуш дерг:буц-аренаш, хьун, лаьмнаш, хиш, стигал, латта. Адамийн дахар Iаламца дозуш ду. Цуьнан яккхий къайленаш ю.
Xloкxy учебникан цlе "Iаламдовзар" ю. XIoкxo хьуна гlo дийр ду Iалам довза. Хьан тидам хuлар совдоккхур ду. Гуш долчуьнан хьесап дан, ойла ян Iамор ву. Йовзуьтар ю Iаламан хазна, цуьнан экаме меженаш. Хьуна Iалам дезалур ду. И лардан хьо лууш хир ву.
Автор.
IАЛАМ А, АДАМАШ А
Ларйийр ю вай Iаламан хазна:
Латта, хlаваъ, хиш.
Ларде вайн Iалам, дийнатийн дахар.
Муха, стенца ду могушалла Iалаш яр.
Мел зуламе ду Iалам бехдар.
Xloкxy декъехь шуна хуур ду:
- Iалам стенах олу;
- Адамашна мел пайдехь ду гондахьара Iалам;
- ХIун кхерам бу Iаламна, иза муха лардан деза

IАЛАМ СТЕНАХ ОЛУ
Адамаш дуьненчу девличхьана xlapa дуьне довза гlерташ ду. Стигал, латта, хиш, хьаннаш, буц-аренаш, акхарой, олхазарш адамаша тидам беш ду.
Адамашна дуккха а xlумa хаа шайна гондахьа долчу Iаламах, шаьш чохь дехачу дуьненах. Iилмано гойту вай шена тlехь дехаш долу латта горга хилар, малх лаьттал боккха хилар. Малх лаьттана уггаре а гергахь болу седа бу. Седарчий лаьттана генахь ду. Малхал боккха ахила тарло седа. Делахь, а вайна дукха генахь хиларна, кегий хета уьш. Седарчийн тидам беш куьзга ду телескоп олуш.

Шаьш дехачу лаьтта тIехь адамашна хиш а, хIаваъ а, дийнаташ а девзина. Комарийн дитт, Iаждарбуц, элхьамачан кол - уьш вовшех тера яц. Делахь а лаьттах хьала йовлуш ю. Борз а, хьоза а, пхьид а вовшех тера яц. Делахь а уьш массо а садолуш дийна ю.
Дукха-дукха хеначохь адамашна хууш ца хилла массо а меттехь лаьттан букъ тIехь бIаьргана гуш йоцуш садолу хIумнаш юйла. Микробаш олу царах. Дуьххьара адамашна уьш юйла хиъна, xlумa йоккха гойтуш йолу, микроскоп, йича. И микробаш дукха эзарзза кегий ю гlaмapaн буьртигал а.
Iаламехь уггаре а коьртаниг - адам ду. Цундела адам довзар, цуьнан дахар муха ду хаар вайна оьшуш ду. Йовза еза дегIан меженаш. Хаа деза даго болх муха бо, бlаьргашна сагар, лергашна хазар муха хуьлу. Хаа деза, xlун болх беш бу коьртан хье, кийра. Иза вайна хиъча могушалла Iалашъян а хуур ду.
Малх, бутт, седарчий, хиш, хьаннаш, лаьмнаш, акхарой, олхазарш, адамаш - иза Iалам ду. Iаламана юкъа богlуш бац адамаша шайн куьйга бина гIирсаш.
Масала: стол, гIант, кема, салаз.
ДИЙНА IАЛАМ, ДИЙНА ДОЦУ IАЛАМ
Iалам шина декъехь ду: дийна а, дийна доцуш а. Малх, бутт, седарчий, хlаваъ, хи, тlулгаш, эчиг, rlyм - иза дийна доцу Iалам ду. Адам, акхарой, олхазарш, д:итгаш, бецаш, сагалматаш - иза дийна Iалам ду. Муха ду Iаламехъ дийна хилар, xlун башхо ю цуьнан? Дийнаташна чохь са ду, цара садоьIу, кхача буу, уьшкхуьу, деба, ле.
Iаламехь массо а xlyмa вовшашца дозуш ду. Айхьа ойла е. Хьагвелча, хи молу. Садеlар хlавааца ду. ДIадийна ялта кхио маьлхан йовхо оьшу. Маьлхан серло, маьлхан йовхо, хи, хlаваъ массо а садолчу xlуманна ца хилча ца долу. Иза ду Iаламехь массо а xlyмa вовшашца дозуш хилар. Дийна Iалам хила йиш яц дийна доцчу Iаламах хаьдда. Бакъ ду, дийначу Iаламо дийна доцчу Iаламана тle Iаткъам бо. Масала, диттийн гlаша, бацо х1аваъ цlандо. Бежано буц йуу. Цо вайна кхача ло - шура а. даьтта а, жижиг а. Гондахьарчу Iаламах доьзна ду адамийн дахар а. Массо а садолчу xlумaннa санна вайна а оьшу баа кхача, хи, хlаваъ. Иза Iаламо ло вайна. Iaламax хуьлу вайна тlapгla, бамба, эчиг, цlаста, тlулган к1ора, Iаьржамехкадаьтта и дI. кх. а.
Iаламан хазалло хьоьсту вайн дегнаш. Маьлхан серло, екхна стигал, мархаш, диттан гlаш, бай тlepa зезаг - мел дукха ду вайн безам лаьтташ, вайн бlаьрг тle хlуттуш Iаламан куьцаш. Оцу хаза Iаламо адамашна синтем ло, гlелвалар дlадоккху, цо вайн могушалла Iалашйо, вайн дегнаш хьоьсту шен исбаьхьаллица. Цlеначу xIаваэхь ловзаро, хи чохь лийчаро, хьаннашкахь, хин бердан йистошкахь кхерстаро могушалла чlагlйо. Iаламан яккхий къайленаш ю. Тидам беш волчунна, xIopa дийнахь а иза цецвохуш, керланиг гучу долу цуьнан къайленех.
Ойла е:
1 Х1ун ду вай лакхахь билгалдаьккхинчух Iаламана юкъа догlуш?
2.Xlун ду адамаша шаьш деш дерг?


Дитт, лан, говр, сацкъар, хьоза, диг, аьрзу, зезаг, москал, гlyм. Xlун ю царех дийначу Iаламана а, дийна доцчу Iаламана а юкъа йогlуш?
Хьажа хьайна хаийла:
1. Стенах олу Iалам? Яхал Iаламехь йолчийн цlераш.
2. Дийна доцчу Iаламана юкъа йогlуш xlун ю?
3. Дийна xlумa дийна йоцчух муха къаьстало?
4. Iаламехь массо а xIума вовшашца дозуш ду, бохург, муха кхетадо аша?
5. Iаламо xlун пайда ло адамашна?
Суьрташ тlехь гайта: мyьлханиг ду дийна Iалам, муьлханиг ду дийна доцу Iалам? Iалам дийна а ду, дийна доцург а ду. Iаламехь массо а xlумa вовшашца дозуш ду. Iалам доцуш, адамиин дахар а хир дацара.
ДIаязде хьайн тептар тIe:
Дийна Iалам, дийна доцу Iалам.
ТIедиллар
Шайн цIенна гондахьа гуш долчух билгалдаккха дийна Iалам.
Тидам бе:
Iаламехь xIун хийцамаш хуьлу гуьйре тIееъчи.
Дийнатийн, ораматийн дахарехь xIун хийцало дийна доцчу Iаламан Iеткъамашца.
Кхин дIа йолчу урокехь вай дуьйцар ду адамаша Iаламна еш йолчу новкъарлонех, деш долчу зенех, зуламех лаьцна. ХIаваъ, хиш бехдеш хиларх лаьцна, готтаренна дIадовш долчу дийнатех лаьцна. Дуьйцар ду Iалам муха ларо деза.
Ойла е:
ХIун дан деза Iалам ларо?
Iалам кхерамехь ду Iаламана еш йолу новкъарлонаш
Дуккха а хIумнаш ду, Iалам лардархьама хаа дезаш.
Масала, мегар дац диттийн хьала кхуь уш долу синтарш кегдан, олхазарийн баннаш дохо, хиш бехдан. Хьуьнан кхор, стеш, стоьман дитт хадор вайн дайша магийна дац. Iаламца Дала схьаделла доккха беркат ду иза. Ахьа по санна долчу бераша а цхьацца дитт хадийча а, доккха зен ду Iаламна. Вайн дахар Iаламца доьзна -. Iалам доцуш адамийн дахар хир дацара.

Iаламана деш долу даккхий зенаш
Дуьне кхоьлличахьяна, адамаша, лаьтта тlехь бахамаш лелабо. Гlаланаш, ярташ йохку, заводаш йо, некъаш дохку, латта леладо. Ткъа и бахамаш беш, г1ишлош еш, хьун хьокху. Ткъа хьун дlаяьлча, хlаваъ белхо, хиш лекъа, токхамаш хуьлу. Заводашкахь, фабрикашкахь, наха мазот кхехкочу еш чуьра кlyp, чан, к1урз тlyьттy. Цара а хlаваъ, хиш, Iаьмнаш бехдо, нехан могушаллаш йохайо. И кlурз беца тle, дитташ тle буьжу.



Цунах и буц юъчу доханна, дийнаташна зулам хуълу.Адамаша жижигна акхарой, олхазарш дойу: сай, лу, масар, пхьагал, бецамеаш, лекъаш. ЦIока яккха пхьогал доь, ча йоь. ЧIерий дайа хи чохь, Iаьмнаш чохь саьнгал оьккхуьйту. TIaккxa дуккха а чIеракIорнеш .хIаллакьхуьлу. Цхьана хенахь вайн лаьмнашкахь ц1оькъалоьмаш а хилла. Уьш дац хIинца. Адамаша цокарчий яха дойуш, кхачийна уьш.
Вайн махкахь дукха дарбанан бецаш а ю: динберг, 1аждарбуц, шурачай, хьонка. И Iаламан хазна йовза еза, цунax пайдаэца, лардан хаа деза.
IАЛАМ ЛАРДАР
Дерриге а дуьненахь адамашна хууш ду Iалам кхерамехь дуй. Цундела дуккха а пачхьалкхашкахь Iалам лардеш баккхийра белхаш бо. Дуккха а заводаш, фабрикаш тойина, хьалаоьхучу кlуьраца, йолчу газаца, ченашца, кlурзаца Iалам бех ца дайта. Вайн республикехь Iалам бех ца дайта дукха белхаш бу бан безаш. Наха бензин даккха Iаьржамехкадаьтта кхехкош долу еш дlадаха деза. Заводашкара хьалаоьху кlyp цlанбеш литтарш хlитто деза. Масала: Чири- Юьртара цемент еш йолчу заводан туьнталгаш чухула кlуьраца хьала оьху цементан xlyp. И xlyp диттийн гlаш тle а, баца тle а, садоь1уш хlавааца адамийн пехаш чу а буьллу. Цо могушалла йохайо. Вайн республикехь юртабахамашкахь ялташна зен деш йолу садолу хIумнаш яйа дIоьвше молханаш детта.


Оцу молханаша вайн Iаламана деш дерг а доккха зе ду. Оцу молхано яйина садолу хlуманаш юу олхазарша. Цунах дIовша долий, олхазарш ле. ДIовшо дайина дехкий, моьлкъарчий дуу куьйранаша, гlиргlанаша, аьрзуша. Цунах уьш але. Яккхий йочанаш хилча, дlаьвше молханаш диттинчуьра догlанан Iовраш хих дlаеттало. Оцу дIовшо хи чуьра чIерий а дойу. Цундела 60-70 шо хьалха хиллачул уьттазза сов эшаделла олхазарш. Тохара хилла мокха а, Iаьржа а алкханчийн гlеранаш хIинца гуш яц. Оцу олхазарша дlалахьайора ялташна, бошмашна зен деш йолу садолу xIуманаш. Юьртабахамашкахь ялташна, бошмашна, хасстоьмашна дlаьвше молханаш деттар Iаламна а, адамашна а зуламе ду. Дагочу дечигна а, гlишлош а хъун хьокхуш лаьтта. Хьун дlаьялча, хиш лекъа, токхамаш хуьлу. Цундела хьун хьаькхначу метте адамаша керла хьун кхиийта синтарш дyгly.

Даго декъа дечиг схьагулдеш, хьаннаш цlанйо. Наггахь бен ца йисина дарбанан бецаш бухъяхар, наггахь бен ца дисна экха, олхазар дер ца могуьйтуш, бехкам бина ду.
Акхарой, олхазарш кхиош, кхобуш меттигаш ю.
Бакъду, массо а вац Iалам лардеш. Цундела шуна Iалам довзийта, шуьга иза лардайта Iамош ду ту. Iаламан тидам беш, цуьнан ойла еш, хама беш, цуьнан къайленаш йовза лууш болчарах Iилманчаш хир бу. Хьо а хьажа Iилманча хила. Вай массо а хила деза Iалам лардеш, сирла шовданаш, хьаьъна хиш, цlена хlаваъ ца бехдеш, буцаренаш, цанаш, хьаннаш ца йохош, кхоош.
Ойла е:
Адамаша Iаламах пайда хlунда оьцу, шаьш цунна дийрг зулам доллушехь? Xlун хир дара заводаш, Фабрикаш совцийча, хьаннаш ца йохаяйтича?
Хьажал хьайна хаьийла:
1. XIopa шарахь хьаннаш эшалуш хlунда ю? Уьш эшаелча хуьлуш дерг xlун зен ду?
2. XIаваъ а, хиш а стен бехдеш ду? Цунах xlун кхерам бу?
3. Цхьайолу бецаш кlезиг хlунда ю? Олхазарш лах х1унда делла? Царна xlун кхерам бу?
4. Вайн Нохчийчохь Iалам лардар муха ду? Iаламах пайдаоьцуш, адамаша юха цунна зен до.
Цундела вайн махкахь Iалам лар бан безаш дуккха а белхаш бу. Iаламах пайдаэцар кхоамца хила дезаш ду, а хуьллу цунна зен кlезиг деш.
ТIедиллар
1. Iай олхазаршна дао гlабакхан, наьрсан, хор6азан, пастанан xIуш дlаlалашде. Уьш цкъа хьалха хица дила деза, тlaккxa малхехь дакъо деза, матар ца долийта екъачу меттехь латто деза.
2. Баккхийчаьрга а, хьуьнан хехочуьнга ахатта, вайн махкахь Iалам лардар муха ду.
Д1аязде хьайн тептар тIe:
Тlаьхьало яр.
IАЛАМНА АДАМАШКАРА ГIО ОЬШУ
Диттийн синтарш дIадогIар:
1. Беш кхио синтарш дlадогlа меттиг билгалйоккху.
2. ДIадугlучу синтаран орамаш парxIат чохь дIайсхьай нислур долчу барамехь, ор доккху.
3. И синтар мохо лестош меттах ца дахийта, иза каг ца дайта цунна юххе ор чу цхьаъ ах-шиъ метар еха хир йолуш гlаж югlу.
4. Орана буха чохь лаьттан барз бо, синтаран орамаш цунна гондахьа дlай-схьай нис до. Орамаш тlepa гlад схьакъаьста меттиг лаьттан чкъорана тlepa жимма гуш, лакхо хила еза.
5. Синтар раз ца хилийта, цхьаммо дlалоцу, вукхо латта чухьокху, семсаниг орамашна гондахьа а кхочуьйтуш.

Орамаш тlepa гlад схьакъаьста меттиг къайлаяллалц, духку цунна гондахьа латта. Таккха иза когаца охьатаlа до.
6. Синтар дlадоьгIначул тlаьхьа, орамашна буха кхоч долчу барамехь хи туху. Дика хир ду, хи тоьхначул тIаьхьа тlоьхула жимма хьардаш хьаьрсича, гондахьара латта дакъаделча ца этIийта.
7. Синтар гlожах дlадоьхку тlийригца, чкъор доха ца дайта. буха кlеда бехчалг юьллу.
Iай олхазарашна яахIума ялар
1. Хьайна луъучу кепара дан мегар ду олхазарашна юург чу йилла шун. Суьрта тlехь гайтина уьш.
2. И шун диттан гена тle дlадоьхку, генаш а ца кегдеш.

3. Олхазарашна хаддаза латто беза царна чохь кхача.
4. И метгиг, кехаташ, тIоьрмигаш, банканаш охьакхуьссуш бехъян мегар дац.
5. Олхазарша ца юу хIумнаш - картолан чкъоьрнаш, кхоьш, якъийна гарзанаш, баьпкаш - царна хIитто оьшуш дац. ДагадогIий хьуна, царна яош ерг хIун ю? Маьлхан хIуш, хорбазан, пастанан, гIабакхан хIуш дуу цара, борц а, берцан Iов а, баьпкан цуьргаш а дуу.
Ларийр ю вай Iаламан хазна!


ДЕГI, XIУMA, ДАКЪАЛГАШ
ДегI
Муьлххачу xlyмaнaн а дегI ду. Муьлххачу а садолчу х1уманан а дегI ду. Машен, тlулг, дитт, шекаран бlелиг, хин тlадам, хьоза - уьш догIмаш ду. Церан дукхаллин барам бан а бац. Уьш дукха ду. ДогIмаш хила тарло ч1oгla а, тlеда а, газ хьесапехь а. Дийца xloкxepaн дог1маш муха ду: тlулг, хин тlадам, шурин тlадам, хи чуьра xIаваъ чохь долу лоппарг.
XIума
ДегI цхьана xIумнax кхоллалуш ду. Хин тlадам - иза дегI ду. Тlадамца шеца дерг хи ду - иза xlyмa ю. Шекаран бlелиг - иза дегI ду, шекар ша - иза xlyмa ю. Цlестан сара - дегI ду, ша цlаста - xlyмa ю.
ДогIмаш ду, цхьана xlумнax кхолладелла ца Iаш, я масех xIyмaнax, я дуккха а xIумнex кхолладелла. Масала: хlавааца xlapa тайпа хlуманаш ю: кислород, азот, углекисли газ. Са долчу догIмаш чохь дукха чолхе хIумнаш хуьлу. Масала, бецан хелигца хи а ду, шекар а ду, крахмал а ю, кхин ерш а ю. Адамийн, дийнатийн догIмашца а ю дуккха а хlумнаш.
Дакъалгаш - мискъалазарраташ
Iилманчаша билгалдаьккхина, муьлхха а xlyмa вуно кегийрачу, бlаьргана гуш доцчу дакъалгех лаьтташ хилар.
Иза ишта ду - дац хьовсуш зуьйр ду вай.

Схьаоьцур вай туьхан бlелиг. Иза, стакан чу хи а доьттина, цу чу кхуссур бу вай. И туьхан бlелиг, бешина баллалц, гуш хир бу. Стакан ан Iайгаца кегийча, иза бешина дlабер бу, шех гуш xlyмa а йоцуш. Оцу хин вай чам баькхича, иза дуьра хир ду. Цундела и туьха дlадаьлла дац, иза хих дlаийна стакан чохь дисна.
Вайна иза гуш хlунда дац? Иза вайна гуш дац, бIаьргашна гуш доцчу дакъалгашка декъаделла хиларна. И дакъалгаш хин дакъалгех дlаийна. Иштта зеран болх балур бу шекаран бlелигца. Оцу зеран балхо гойту муьлххачу а xlумaнaн дегI кегийрачу дакъалгех - мискъалазарратех кхолладелла хилар.

Схьаоьцур вай туьхан бlелuг. Иза, стакан чу хи а доьттина, цу чу кхуссур бу вай. И туьхан бlелиг, бешина баллалц, гуш хир бу.
Xlopa xlумa тайп-тайпанчу дакъалгех лаьтташ ю, шен барам а, шен кеп а кхечу xlумaнaн дакъалгех къаьсташ а йолуш.
Iилманчаша билгалдаьккхина оцу дакъалгашна юккъехь херонаш хилар. Чlогlачу догIмийн дакъалгашна юккъера херонаш кегий ю, тlедачийн яккхий ю, газан кхин а яккхий ю.
Муьллххачу а дег Ia чохь а дакъалгаш массо а хенахь меттахдуьйлуш хьийзаш ду.
Ойла е:
Билгалдаха цкъа хьалха догIмаш, тlаккхаxIумнаш: зока, дечиг, Iаж, тlулг, эчиг, туьха, хорбаз, паста.
Хьажа хьайна хаьийла:
1. Стенах олу догIмаш? Масалш даладел царна.
2. Схьадийца царах масех чlогlаниг а, тlеданиг а, газ тайпана дерг а.
3. Стенах олу xlyмa? Масалш даладе.
4. Стенах лаьтташ ю и xlyмa?
Цунна тоьшалла муха до ахьа?
5. Дакъалгех лаьцна xIун зр дара ахьа? Муьлххачу а дийнатах, коьчалах дегI олу Iилманчаша. И дегI цхана xIyмнax кхолладелла ду, ткъа оцу хIуманца - дегIаца кегий дакъалгаш ду.
ТIедиллар
Тидам бе шайн цIахь.
1.XIун тайпа догIмаш ду хьуна гуш?
2.Царах чIогIанаш, тIеданаш, газан хIесапехь дерш мужьлханаш ду?
Д1аязде хьайн тептар тIe:
ДегI, xIумa, дакъалг, мискъалазаррат.
Кхин дIа йолчу урокехь xIaвaaн йовхо- шело юста Iе~шр ду шуна. Цкъа хьалха жоп ло:
1. Дуьненна чохь массо а хI уманна йовхо луш ерг xIун ю?
2. Аьхка йовха хIунда ю, Iай шийла хIунда ю?
3. Гуьйре шелъелча, xIун хийцамаш хуьлу Iаламехь, аматийн, дийнатийн дахарехь?
ЙОВХО А, ШЕЛО А, ТЕРМОМЕТАР А
Вайна хаало йовхо а, шело а

Адамашна а, массо а дийнаташна а, дитташна а, бецашна а, хасстоьмашна а башхо йолуш ду йовхо я шело хилар. Лаьттах хьала йолуш йолчу xlyмaннa йовхо ю оьшуш хlавааца а, хица а, лаьттаца а. Оцу йовхонан-шелонан барам бустуш коьчал ю - термометар. Иза хьуна суьрта тlаьхь гуш ю.
Лаа дац Iай дитт а, лаьттах хьалаяьлла кхин йолу xlyмa а дегI доккхучуьра сацар. Дийнаташна а оьшу йовхо. Дагалаца Iадоккхуш царна xlyн оьшу. Адамаша йовхо я шело хиларе хьаьжжина, юху шайна тle бедар. Iай чоьнаш йохйо. Лаьттах хьалайолучу xlyмaннa а, адамашна а, доханна а, кхин йолчу дийнаташна а кхераме ю тlex йовхо а, тlex шело а.
Тайп-тайпана йолчу термометрашца юсту хlавааца, хица, лаьттаца, адаман дегlаца йолу йовхо, шело.

Термометаре хьажа

Цуьнан коьрта меженаш - ангалин биргlа, чохь тlуналла а йолуш, тlехь терахьаш хIиттийна экъа. Xlop декъехь цхьана градусана хьаьк-хина сиз ду. Коьртачу дакъошна терахьаш ду хIиттиjна. Цара гойту, мас градус ю йовхо я шело. Экъана юккъехь хьуна го ноль. Иза шелонний, йовхонний юкъера доза ду. Тlуналла сецначохь, гойту йовхонан я шелонан мас градус ю. Термометаро болх муха бо хьажа мегар ду:
1. Зуьйш, стаканчу довха хи дoтта. Термометар чyxIoттае. Цунна чохь йолчу тlуналло xIyн до хьажа.
2. Зуьйш, стаканчу шийла хи дотта. Термометар цу чуxIотгае.
XIинца xlун до цунна чохь йолчу тlуналло?
3. Термометарца хьажа чохь а, арахь а мас градус ю йовхо я шело. Йовхонан градус - ноль йолчу тIepa хьалайоьдург ю. Шелонан градус - ноль йолчу тIepa охьа йогIург ю. Йовхо, шело мел ю хьожуш хьан ши бIаьрг биргIи чохь тIуналла соцчу метте писса хила беза.
Йовхонан градус гойтучу терахьана билгало хIоттайо "+", шелонан градус гойтучу терахьана "-". "Градус" бохучу дешан меттана жима горга сиз хьокху. Масала: + 10 , -10
XIoкxy хаттаршна жол ало, хьайна тIe диллинарг кхочуш аде.
1. Терахьашца дIаязде иштта: ткъе лхиъ градус йовхо, итт градус шело.
2.ХIинца xIoкxy терахьаша гойтучу кепара дешнашца схьаала +20 -15 +12 +5 -22 +9
3.Iуьйрана ишколе ваха кечлуш, масала, хьо термометаре хьожу. Нагахь санна цо +25 гайтахь, тIe xIyн юхур ю ахьа? +2 гайтахь xIун юхар ю?
4.Нагахь санна бIаьста хьалххехь дIайийна хьалаяьлла шун наьрсаш, помидораш елахь, хьо термометаре хьожуш хила веза арахь шело мас градус ю. XIyндa хьожу хьо цуьнга?
5.Т1ех йовхо, тlex шело лаьттах хьала йолучу xlyмaннa а, доханна а, адамашна а новкъа хlунда ю?
Хьажал, хьйна хаьийла:
Х1авааца, хица, лаьттаца йовхо а, шело а хилар хlун башхо ю массо а садолчу хlуманна? Йовхо, шело стенца юсту? И коьчал муха йииа ю? Термометарца xlaвaaн йовхо, шело муха юсту? Муха юсту хица йолу йовхо, шело? Адамийн а, динатийн а, лаьттах хьалайолачу х1уманийн а дахарехь йоккха башхо ю, хlавааца, хица, а йолчу йовхонан а, шелонан а. И йовхо шело юсту термометараца.
Ладогlа:
Aдаман дегlаца йолу йовхо юстуш лоьраша лелош йолчу термометарна чохь дерг ртуть ду. Иза чlогlа довше ду. Термометарана чохь иза долчу хенахь вайна кхераме дац. Бакъ ду ца хууш карара охьайоьжна термометар йоьхна ртуть охьадахча, цунах д1ахьавала мегар дац. Воккхачуьига хаийта деза ртуть охьадаханийла.Термометар, йоха ца ян, чlогlа ларъян езаш ю.
ТIедиллар
1. Хьайн чохь а, арахь а хlаваан температура мел ю хьажа термометарца.
2. Буьйсанна а, дийнахь а йовхо, шело мел хийцало хьажа.
ДIаязде хьайн тептар тIe:
Температура, термометар.
Кхии дlа йолчу урокехь вай дуьйцур ду xlaвaax лаьцна. Цу тlехь зеран белхаш а бийр бу. Цкъа хьалха ойлае: стеиах хуур ду вайна ваьшна гоидахьа хlаваъ хилар? Лаьттах хьала йолучу xIуманашна а, дийнаташна а, адамашна а хlаваъ хIунда оьшу? Дагалаца, хlавааца хуьлуш ерш хlун ю?
ХIАВАЪ А, ИЗА ЛАРДАР А
ХIаваъ а, дахар а
Хlаваъ вайна гуш дац. Вай диц ало, иза ваьшна гондахьа хиларна. Бакъду хlаваъ доцуш, цхьа минот хан а вайга яккхалур яц. Вайн садеlар цуьнца ду. Хlаваъ оьшу лаьттара хьала-йолуш мел йолчу xlумaннa, бецашна, зезагашна, хасстоьмашна, дийнаташна, сагалматашна, массо а садолчу xlумaннa. Xьуна дагадогlу хир ду хlавааца азот, кислород, углекисли газ хилар. Муьлххачу садолчу xlyмaннa садоыIш,, хlаваъ чу узуш цуьнца кислород ду, юха, хlаваъ дlахоьцуш, дlаерг углекисли газ ю.
ХIаваъ ша муха ду?
Сирла а, бос боцуш а ду xIаваъ, хьожа а яц цуьнан.
Кxин дIa цунах дерг xIyн ду хаа, зеран белхаш бийр бу вай.

Теса чу хи а доьттина, бертиг охьаерзийна а йолуш, деса шиша оцу хи чу доьгlча, шишана чу хи rlyp дац. Xlaвao чу ца доуьйту и хи. И шиша, бертиг хьалха чу доьгIна лаьтташ а долуш, оцу шишан бух бохбийр бу вай цlе герга а ийхьина. Хи чуьра хьала лоппаргаш сийсар ду. Цо вайна гойту хlаваъ дохделча, шорлушсевсаш хилар.

Шиша хи чуьра хьала а ца доккхуш, цуьнан буха.
Tle ша буьллур бу вай, ша бацахь шийла, хи хуьйдина горгам. Вайна гур ду шишанан бертигехула мелла а шишан чу хи хьаладогlуш. Цо гойту, хlаваъ шелделча, гатталуш хилар.
ХIаваъ дохдар. ХIаваъ шелдар
Хlаваъ дохделча, дестар, шордалар муха хуьлуш ду, хьовсур ду вай. Муьлхачу а дегlаца санна хlавааца дакъалгаш ду. Вовшах а деттало уьш. Царна юккъехь херонаш ю. Хи дохдечу заман чохь, хи дох мел дели а, церан идар сихло, вовшахдетталуш хуьлу. Цундела генна дlай схьай кхиссало уьш. Царна юккъера херонаш шорло. Ткъа, царех доьзна долу хlаваъ а шорло.

Хlаваъ шелделча юхадоързу и дакъалгаш. Цундела, хIаваъ шелделча тIeттIa доъду - гатгало.
XIaвao щеца йовхо сецайо.
Адаман дегIаний тIеюъйхинчу бедарний юккъехъ хIаваъ дуъсу. Цундела вайн догIмийн йовхо ларйо тIеюъйхинчу бедаро.
Iай акхарошна тIepa чо-тIаргIа букъло. Олхазарийн масашца до хуьлу. Оцу буькъачу тIаргIаца а, доца а xIаваъ соцу. Цундела акхарой а, олхазарш а Iай шел ца ло. ТIаргIаца, доца долчу xIaвao йовхо латгайо царна.
Масала, "Нана а - десте а " олуш зезаг ду. Цуьнан гIa, бухахь бархат санна кIеда, луъста чо болуш ду. Цундела и бухара aгIo йовхо ю. Оцу rIaн тIоъхулара aгIo, чо боцуш, шера ю. Оцу яран цIе "Нана а - десте а" тиллина, нана берана йовха йолу дела, десте шийла йолу дела.
ГIода тIeхь а, гIa тIехь а буъкъа чо болу яр я буц лай кIелахъ гIopa ца йо. Оцу чоца хIаваъ хилар бахьана долуш, тIедиллина ло цунна новкъа ца хуьлу. TIe юргIа тесча санна Ia доккху оцу бецо.
Юха а билгалдоккхур вай, хIаваъ сирла ду, бос боцуш ду, хIавааца хъожа яц. ХIаваъ дохделча шорло, шелделча гаттало, xIaвao йовхо aттa дIа ца хоъцу.
ХIАВАЪ ЦIЕНА ХИЛА ДЕЗА
Адамашна а, дийнаташна а садеlа оьшуш ду хlаваъ. Цундела иза цlена хила деза. Яккхийчу гlаланашкахь, заводаш, фабрикаш йолчохь, хlаваъ боьха ду. Заводийн, фабрикийн туьнталгаш чухула хlаваэ аратуьйсу кlyp. Цаьрца дIоьвше газ ю, кlурз бу, чан ю. Машенаша дагочу бензинах, саляркех аратуьйсу газ. Оцу газаца могушалина зуламе хlумнаш ю. Гlаланашкахь хlаваъ боьха хилар туна хуур ду. Соьлжа хина къилбаседехьа йолчу рег Iaн дукъ тle хьала а девлла вайн коьртачу шахьарна Соьлжа гlалина тlоьхула дlахьаьжча. Гlалина тlехь лаьтта хlаваъ мокха бос болуш ду. Вай билгалдаьккхина хlаваъ бос боцуш хилар.
Ткъа хIинца вайна гуш дерг цlена хlаваъ дац, цуьнца йолу газ, чан ю. Бехдина хlаваъ зуламе ду адамийн могушаллина хилла ца Iаш, лаьттан букъ тlехь мел йолчу, массо а садолчу хIумнашна а.
Дуккха а заводашкахь, фабрикашкахь, хlаваъ бех ца дайта, газ а, чан а, кlурз а сацош, коьчалаш йо. Даиманна хlаваъ цlена латто, иза толлуш, станцеш ю яккхийчу шахьаршкахь.
Нагахь санна дlакхиссина резинкийн балонаш ягош а, бензин даккха еш чохь Iаьржамехкдаьтта кхехкош а хьайна тосалахь, цара хlаваъ бехдойла а, иза нехан могушаллина хилла ца Iаш, массо а садолчу хlумнашна зуламе дуйла а хаалахь, иза баккхийчаьрга дlаала деза, и зулам деш верг сацавайта, цуьнга ша деш дерг зулам дуйла хаийта.
Могушаллина оьшуш ду хьун ларъяр. гlaнo, бацо кlурз а, чан а дlалоцу. Хlаваъ цlандо. Цундела хьун ларъян еза. Цхьа синтар кагдаро а доккха зен до вайна. Адамаша а, массо адийнаташа а садоьIуш, Iаьаш йолу углекисли газ, дlалоцу гlа-бецо, вайна садеlа оьшуш долу кислород схьало.
Ойла е:
1. Вай xlун до корашкахула чан чу ца яийта?
2. Нийса дуй юьрта юккъехула, гlуллакх доцуш, эрна машенаш хехкар?
3. Xlун новкъарло йо цара?
Хьажал хьайна хаьийла
:
1. Муха ду хlаваъ?
2. Дохдича, хlаваъ шор хlунда ло, шелдича гатта хlундало?
3. Вайна садеlа оьшуш xlун газ ю хlавааца?
4. Стен бехдо хlаваъ? Xlун дан деза хlаваъ бех ца дайта?
Цlена хlаваъ сирла а, бос боцуш а ду, цуьнан хьожа а яц. Заводашкара, фабрикашкара, болх беш йолчу машенех схьаюьйлучу газо, чено, кlурзо хlаваъ бехдо. Иза зуламе ю адамашна, кхин долчу дийнаташна. Цундела хlаваъ бех ца дар, иза цlена латтор массарна а тlехьду.
ТIедиллар
1.Теса чу хи дотта. Хи тle йилла екъачу дечиган туьппалг. Туьппалгана тle бамба билла я екъа бехчалг йилла. Еса банка, туьппалг чохь а юьтуш, теса буха кхаччалц охьатаlае. Туьппалг тесана буха кхочур ю. Банка меллаша юха хьалаэца. Туьппалгана тlepa бамба бекъа буьсар бу. Дийца, иза xIyндa хуьлуш ду.
2.Хатта баккхийчаьрга: муха ду вайн республикехь хlаваъ цlена, я боьха. Xlун дан деза и хlаваъ бех ца дайта?
Дlаязде хьайн тептар тle:
Xlун газ ю хlавааца вайна садеlа оьшуш ерг?
Кхин дlа йолчу урокехь вайна хуур ду, вайн дахарехь хи уггаре а коьртачех цхьаъ хилар. И зуьйш, болх бийр бу вай. Цкъа хьалха дагалаца, Iаламехь мичахь, стенца хуьлуш ду хи? Адамана, кхин долчу дийнаташна, лаьттах хьала мел йолучу xlyмaннa хlунда оьшу иза.
ХИ А, ДАХАР А
Шовда а, кегийра карсолаш а, татолаш а. Карсол уггаре а жиманиг ду. Лаьтта бухара хьаладуьйлу шовданаш а, ша бешна, ло дешна охьаоьху карсолаш а вовшахдеттало царех татол хуьлу, уьш чехка догlу. Татолаш вовшах деттало, царех жима хи хуьлу. Оцу хин болар лахло. И кегий хиш вовшахдеттало, цунах доккха хи хуьлу, цуьнан болар кхин а лахло.
Иза меллаша охьадоьду, хlордах дlакхета. Оцу хиш чохь даккхий а, кегий а чlерий ду. Хин гlайрешкахь, тогlешкахь дуккха а олхазарш хуьлу. Хин бердашца хьун а, соьналлаш а кхуьу. Хи молу адамаша, бежнаша, акхароша, олхазарша, массо а садолчу хIумнаша. Лаьттан букъ техь хи доккха ниIмат ду. Хица доккха беркат ду. Иза уггаре а баккхийчех бахам бу. Цундела хиш лардан деза. Уьш бехдан мегар дац.
Хи ша муха ду? - Хи иза тIуналла ю.

1. Стакан чу хи а доттий, чекххъажа чу lайг билла.
Гуш буй и lайг? Муха ду и хи? Бос буй цуьнан?
2. Хьажа цlеначу хих хьожа а яккхий, хьожа йогlу я ца йогlу?
3. Стакан чу хи а доттий, чу шекар таса. lайгаца кегаде иза. Кхечу стакан чу хи а доттий, оцу шекаран бlеллигалла сацкъаран бlал кхосса цу чу. Хьжа, хьайна хlунзело.
4. Чу сацкъар тесна бехдина хи цlанда йиш ю.
Кехат беасонара дуьллу, цунах луьттар до, суьрташна тlехь ма гайттара. И хи луьттарх чекхдоккху. Хи цlанло. Тохара санна сирла а, хьаьъна а хир ду иза. Сацкъар луьттарна тlехь буьсу.
5. Хи дохдича а, шелдича а, цунна хlун хуьлу хьовсур ду вай. Графин чу, и юьззина, хи а доьттина, берте тlyc буллур бу вай, шех чекхяьккхина ангалин биргlа а йолуш, суьрта тlехь ма гайттара. Теса чу довха хи а доьттина, играфин довхачу хи чу xlonyp ю вай. Вайна гyш, и хи биргlи чухула хьалагlур ду. Изза графин, цхьана пхьегlи чу ша а биллина, шана юккъе xloттyp ю вай. Хи, ангалин биргlи чухула юха охьадахна лахлур ду. Дийца, иза хlунда хуьлуш ду? Цо гойту, хи дохдича шорлуш, десташ хилар, шелделча гатталуш, хебаш хилар.

ТIедиллар
1.Хи цIандеш xIун ю?
2.Хьесап де, дийнахь-бусий моссаза хуьлу хьан хица гIуллакх? Стенна эшна хьуна хи?
3.Баккхийчаьрга хатта я хь уо хаа хьажа, мичара догIу, муха кхаьчна хьо волчу хи.
4.Билгалъяккхал хIинца вай цIе яьккхинчу xIyмaнex хи чохь ешаш муьлханаш ю, ца ешаш муьлханаш ю: гIум, тIулг, шекар, туьха.
5. Тидам биний ахьа, айхьа чай молуш, xIун хуьлу чайна чу тесначу шекарх?
ДIаядзе хьайн тептартIе:
Шекар, туьха хи чохь деша.
Хи сирла а, хьаьъна а ду. Хин хьожа яц. Хи дохдича деста, шорло, шелделча гаттало, хеба. Хино xlyмa яша йо. Массо а xlyмa ца яшайо хино. Хи цlан дан йиш ю. Кехатца а, гlамарца а луьтту хи.
Кхин дlа йолчу урокехь хьуна хуур ду хих хуьлуш дерг, хи Iaьнape муха доьрзу, мархаш муха кхоллало, догlа хlунда догlу. Чlогlа шело хlоьттача, чохь хи долу биргlанаш лелха хlунда лелха. Хьажа хьайна хууш xlyн ду шах, лайх, мархех, догIaнax.
ХИХ ХУЬЛУШ ДЕРГ
Хих ша бо. Хих ло а хуьлу. Ша бешча а, ло дешча а хи хьулу. Хlавааца а, хица а температура 0 лаха хилча хих ша бо.
Лаккха мархашкахь тlуьначу xlaвaax лайн кlац хуьлу. И кlац, вовшах алетий, кхоллало лайн чимаш. И лайн чимаш лаьтта охьадоьлху. Иштта дуьллу лаьтта ло.
Шех ша хуьлуш хи худало ядеета?
Вай хьалха дийцина хи шелделча, худало, аьлла.
Ткъа шех ша а беш, хи шелделча цуьнан худадалар кхин а тlex дала дезаш дара. Амма кхузахь, мелхо а, шех ша бича хи кхин а шорло, деста. Цундела Iай, гlорича шайна чохь хи лелаш йолу бирг Iанаш лелха. Царна чуьрачу хих ша бо. Цо, дlа-схьа а тоттий, биргlа
ятlа йо.

ТIупалла Iаьпаре йоьрза
Тидам биний ахьа, цlенкъа аннаш тle тlуьнa горгам хьаькхча и аннаш тlададо. Дукха хан ялале и аннаш дакъало. Хи Iaьнape доьрзу, иза xlaвaax дlаоь. Хих хилла Iaд - иза хи ду.
Iаламехь даиманна лаьттан букъ тlepa, хIорднаш тlepa, Iаьмнаш тlepa, хиш тlepa Iаьнарш гlуьтту. Хи Iaьнape доьрзу. Цундела вайна гуш а доцуш, хlавааца ду и Iaьнape дирзина хи. Шийла хи Iaьнape дерзар меллаша ду. И Iaьнape доьрзуш, вайна ца го. Довха хи Iaьнape дерзар сиха ду.
ЛАТТА А, ХIАВАЪ А, ХИШ АXIoкxy декъехь шуна хуур ду:
-хlун хуьлуш ду хIавааца, хица, лаьттаца, хIун ю лаьтта бухахь пайдехь ерш;
-адамийн дахарехь, Iаламехь хIун ду цара деш дерг; -стенах, муха лардан деза хIаваъ, хи, латта, лаьтта бухара пайдехь дерг.
IАЛАМЕХЬ ХИНО ГО БАХАР

Яй чохь хи дохдийр ду вай, бухахь цlе ягош. Хих Iаь гlитта йолалур ю. Цу тlоьхула, чохь ша болуш, бошхап лоцур ду вай. Цо шелъечу Iаьнарх юха а хи а хуьлуш, хин тlадамаш яй чу охьаоьгур ду. Иштта хуьлу хино го бахар.
Iаламехь хино го бахар вай тидам бинчу кепара ду. Лаьттан букъ тlepa, хlорданаш тlepa, Iаьмнаш тlepa, хиш тlepa Iаьнарш гlуьтту. Уьш генна стигала хlаваэ хьала йовлу. Стигала хьала мел дели а, хlаваъ шийла хуьлу. Цундела лекхачу лаьмнийн баххьашкахь Iай а, аьхка а даиманна ло ду. И Iаьнарш, хlаваъ шийла долчу стигал хьала кхаьчча, цунах кегий хин тlадамаш, я кlац, я кегий шаш, я лайн чимаш хуьлу, лакхахь йолчу шелоне хьаьжжина. Оцу кегийчу хин тlадамех, шан цуьргех мархаш хуьлу. И мархаш даиманна мохо стиглахь лоьхкуш лелаЙо. Оцу мархашца долу хи, догlа а хуьлий, лаьтта охьа догlа, Iай, ло хуьли, догlа иза охьа.
Кхин дlайолчу урокехь вай дуьйцур ду хи муха лардан деза. Хих пайда эцар муха ду.
Ойла е

1.Хин Iаь xlaвaax дlаэр а муха ду, юха схьа муха къаьста?
2. Догlадеъча хIиттина Iаьмнаш д1адовлар, латта дакъадалар сиха маца хуьлу я аьхка, я гурахь? Цуьнан бахьана xlун ду?
3. Дохк стенах олу? Яй чохь хи кхехкачу хенахь тlepa хьала гlуьттург Iаь ю, я дохк ду? Дийца цунах хьайна хуург.
Хьажал хьайна хаьийла
l.Iаламехь хи кхаа кепара хуьлу. Билгалдаккха иза. 2.Хих ша муха хуьлу? Ша хlунда беша?
3.Хи Iаьнаре муха доьрзу?
4.Оцу Iаьнарх хи юха муха хуьлу? Муха ду Iаламехь хино го бахар?
Хи Iаламехь кхаа кепара ду гуш тlеда а, ша хуьлий, чlогlа а, Iаьнаре доьрза хlавааца а. Iаламехь хи даиманна го бохуш ду: лаьттан букъ тlepa Iaнape доьрзу, цунах марх хуьлу, мархашкара догlа яло хуьлий, юха лаьтта охьадогlу.
ТIедиллар
1. 3еран болх. Зоки чу хи а доттий, иза холодильникчу хlоттаде гlорочу мeтre. Дукха хан ялале, цунах ша хир бу.
2. Шина бошхапчу цхьана барамехь хи дотта.
Цхьаъ йовхачу мeтre хlоттаде, важа шийлачу мeтre хlоттаде. Хьожуш хила, мас де даьлча дlадолу оцу шина бошхапчура хи, хьалха а тlаьха а. Цуьнан бахьана xlун ду?
3. Кехата тlехь сурт дилла, Iаламехь хин го бахар гойтуш.
4. Тидам бе. Дитгаш тle кlац йиллина, ло деъна, Iаьмнаш тlехь ша бина денош, дlаязде.
ЛАРДЕ ХИ
Адамашна дукха оьшу хи. Мала эшна ца Ia иза. Хица вай хIумнаш юьтгу, пхьегlаш юьлу, юьхь-куьг дуьлу, ламаз оьцу, чоьнаш цlанйо, машенаш юьлу, баа кхача кечбо. 3аводашна а, фабрикашна а оьшу дукха хи.
Лаьтган букъ тlехь хит дукха а ду. Океанан, xIордан хиш дуьра ду. Ткъа адамашна оьшуш дерг - теза хи ду. Теза хиш тоьаш дац. Масала, вайн республикехь хьаладуьйлучу цхьадолчу хин чам муьста бу. Цунах минеральни хи олу вай. Дукха хиш, шовданаш ду вайн лаьмнашкахь цIена а, шийла а.
Саьнгал шеца долуш а, туьха шеца долуш, дуьра а хиш ду цхьайолчу меттигашкахь. Дукха кIopгepa хьаладуьйлу хиш, кхехкаш санна довха ду Серноводскехь, БоргIанехь, Гуьмсел дехьа даккьашца. Курорт Серноводск цу хи тIexь йиллина ю. Генарчу къилбаседера а, малхбалехьара, юккъерчу Азера а дукха адамаш оьху оцу хиш тIe шайна дарбанаш лело.
Теркал дехьа, НогIийн махкахь а, сехьа раьгIнашкахь а мала хиш дац, охьадогIуш а, лаьттах хьаладуйлуш а. Цигахь гIунаш яьхна. Лаьтта бухахь, хи генна кIopгexь долчу метте, 200-300 метар кIopгa, тоха дезаш а хуьлу буру. Оцу гIyнex "Артезиански" олу.


Вайн республикехь уггаре а доккха хи Терк ду. Цунах кхеташ а вукха хишлахь даккхий а ду Соьлжа, Iаьсс, Орга. Саьнгарш а йохуш, Терка тlepa дlа хиш дохку кемсийн бошмашна а, дугалелочу кхаш тle а.
Муьлх-муьлха а хи адамашна мала мегаш дац. Хиш цlена а, боьха а ду. Адамашна цlена хи деза. И цlена хиш тlаьхь- тlаьхьа эшалуш ду. Уьш кIезиг дисна. Цунна адамаш шаьш ду бехке.
Хиш бехдо заводашкара, дохнан фермашкара, кхеллешкара, догlа деъча чуоьхучу Iовраша. Масала, вайн Соьлжа, Iаьсса, Марта, Шалаж, Гиха сирла а, цlена а мала мегаш а хиш ду, лакхахь схьадуьйлучохь. Уьш ярташ чу кхаьчча, наха шаьш бехдо. Чохь хIумнаш юьтту, машенаш юьлу, аьхка бажа руьйта балабой, хиш чохь латтабо. И хиш Соьлжах кхета. Соьлжа мала мегаш дац. Иза даьржина а, боьха а ду.
Iилманчаша хьесап дина, дуьнен чохь мел долчу хих етталучу вочу хlумнехь 10 эзар кир лело цlерпошта юттур яра, аьлла!
Хиш бехдаро зулам до чохь садолчу массо а xIуманна. Хиш чуьра чlерий а ле, хин бердан йисташкара дитташ а дакъало. Бехдина хиш адамийн могушаллина азуламе ду.
ХИШ, БЕХ ЦА ДОЙТУШ, МУХА ЛАРДАН ДЕЗА
Охьаоьхуш долу хиш цlандеш гlирсаш бо. Царна чохь тайп-тайпана луьттарш х1иттадо. Оцу луьттарша хица мел йолу xlумa дlакъастайо, цlена хи чекхдолу. Дуккха а пачхьалкхашкахь еш предприятеш ю хи луьттарш цlан а деш, юха а цунах пайдаоьцуш. Цара охьаохьучу хишна зен ца до. Оьшучу барамехь, иштта, юх-юха цlан а деш, латтадо цара хи.
Хин кхоам бар
Хи кранаш чуьра эрна охьаэхийта мегар дац. Кран жимма схьахьовзийна, кlеззиг охьа- доуьйтучу хица а дилалур ду юьхь-куьг. Юьрта юккъе далийначу хих массара а оьцу пайда. Шайн-шайн куьпахь кранаш ю.
Кран йоъхча, иза то ца еш, хийла хан йолу. Дийнахъ а, буса а хаддаза эрна охъаоъху хи. Цуънан кхоам бу. Цlена хи, ца хилча, йиш а йоцуш, боккха бахам бу.
Ойла е
1.Охъадогlучу хи чохъ зударша xIумнаш юъттуш гича а, цхъаммо хи чу а хIоттийна, машен юълуш гича а xlун дан деза?
2.Кран дlа ца къовлуш йиттина хи эрна охъаоъхуш гича, хI ун дан деза?
Хьажа хьайна хаьийла
1.Хи стенна оъшуш ду адамашна?
2.Хиш стен бехдо? Уъш цlандархъама, xlyн дан деза?
3.Хих кхоам бар муха ду?
4.Хи эрна ца дайа, xlopaммo а xlун дан деза?
Хиш бехдар массо а садолчу xlyмaннa зуламе ду. Хиш цlандеш гlирсаш бу. Керла предприятеш йо, хиш
ца бехдеш, бехдинчу хих и цlан а деш, юха а цунах паЙдаоъцуш. Хиш Iалашдар массарна а тleхь ду.
ТIедиллар
1. Баккхийчаьрга xaттa, xlун тайпа хиш ду вайн республикехь. Мала мегаш цIена хиш муьлханаш ду? Мала мегар доцуш, адамаша шаьш бехдина хиш а муьлханаш ду.
2. Хи кхоош, цунах пайдаэца Iaмa.
Виц ма ло!
Боьха догlучу хи чуьра а, Iомa чуьра а хи мала мегар дац.
Цуьнца цамгар йолуш микробаш хила тарло. Кхин дlа йолчу урокехь вай дуьйцур ду лаьтга бухара йохучу пайдехьдолчу xlумнex лаьцна. Цкъа хьалха дагадаийта:
1. Муьлхачу гlирсех пайдаоьцу адамаша гlишлош еш? И гlирсаш мичара бовлу царна?
2. Xlун тайпа xlyмa ю ягош?
3. Эчиг, кхин тайпа металл мичара ду? Цунах адамаша xlун пайдаоьцу?
ЛАЬТТАЦА ЙОЛУ ХАЗНА
Сацкъар, rlyм, кир, туьха, тlулган кIopa, Iаьржа мехкадaьтra, газ, руда иза ерриге а лаьтгаца йолу хазна ю.


1. Суьрта тlexь гайтинчу xIумнашка хьажа. Церан цlераш билгалъяха.
2. Ойла е, хI ун пайдаоьцу царах адамаша.
Вайн республикехь кир боккху тlулг а, цемент, ен тlулг а бу, вуно дукха гипс ю. Халкъан бахамехь доккха хьал ду кхузахь вай доккху Iаьржа мехкадаьтта, йоккху газ.
Лаьттан хазнех оьцучу пайданан хьесап дина вер вац. Мел дукха гlирсаш бо эчигах: машенаш, xlaвaaн кеманаш, юьртабахаман, заводийн гlирсаш, белаш, дагарш. И эчиг Iаламо схьалучу рудах доккхуш ду.
Туьха адамашна а, доханна а деза. Цо буучу кхачин чам бо. Туьха доккхуш дуьра Iаьмнаш ду. Лаьтта бухара а доккху иза. Туьха доцуш саба а, ангали а, басарш а, молханаш а ца дало.
И лаьтrан хазна лоху геологаша лаьмнашкахь, аренашкахь, цlера а бовлий, гена дlа а оьхуш. ХIинца оцу геологийн аппараташ а ю, вертолеташ а ду, миччахьашхула а дlаяхалуш машенаш а ю, мел оьшу гlирсаш а бу, космосера даьхна лаьтrан суьрташ а ду.
Шахтансурт
Лаьтrан хазна схьаяккхар и хазна Iуьллучу метrиге хьажжина ду. Лаьттан тlоьхуларчу чкъураца.

Карийна хазна,масала: гlyм, г1ишло ен тlулг, туьха, тlушан кlopa, ор а доккхий, хьалаоьцу. Карьер олу цунах.
Лаьтта бухара тlулган кlopa а, металлан руда а, лаьтта бухахь шахташ а йохуш, хьаладоккху. Лаьтта бухара Iаьржа мехкадаьтта хьаладоккху, вышканаш а хиттош, буру туху. Ишта хьалайоккху Iаламца йолу газ.
IАЛАМАН ХАЗНА ЛАРЪЯР
Генарчу махка, тlекхача халачу меттехь карийначу хазнех пайдаэца адамаш дlадохуьйтуш, яккхий харжаш йо. Хала белхаш бу кlopa а, Iаьржа мехкадаьтта а, руда а доккхуш наха бийриш. Цундела, кlopa тоннах мах лакхаболу. Рудах метал доккху, Iаьржа мехкадаьттанах бинзин доккхуш, дуккху а пайдехь хIумнаш дlакъаьста. Уьш эрна йов. Царех буьззина пайдаэцархьама, кхоам бан беза!
Дешархоша, эчиг (металлолом) лахьош, баккхийчарна rlo до, эчиг доккху руда тlаьхьалонна дуьтуш. Бераша лахьийна эчиг лала а дой, цунах машенаш, кхин болу гlирсаш бо.
Хьажал хьайна хаьийла
1.Лаьтгах хазна хьала хIунда йоккху?
2.XIyн говзалла йолуш нах бу лаьтган хазна лохуш берш?
3.Дийца, и хазна хьала муха йоккху?
4.Оцу хазнийн кхоам бар муха ду?
5.Хьоьга xIyн далур ду, лаьтган хазна Iалашъярехь?
Халкъан бахамаш балур бац, лаьттан хазна йоцуш
Царах цхьаерш гIишлошна оьшу. Кхин ерш ягоргана оьшу, кхоалгIчех металл доккху. Iаламан хазна йоккха ю. Цунах пайдаэцар кхоамца хила деза.

ТIедиллар
Баккхийчаьрга xaтta, музейхь а хьажа, xIyн тайпа Iаламан хазна ю вайн Респу6ликехь. Цунах пайдаэцар муха ду. И хазна хьала муха йоккху, пайда муха оьцу.
Кхин дlа йолчу урокехь вай дуьйцур ду тlулгаш дохар, атадалар муха ду. Шуна хуур ду мохан, хин ницкъ мел боккха бу. Вай бийр бу зеран белхаш. Цкъа хьалха дагадаийта, дохделча я шелделча xlaвaaнa, хина xlун хьулу, хих ша бича, xlун хуьлу.
МУХА АТАЛО ТIУЛГАШ
Онда лаам болуш, чlогlачу стагана, къонахчунна олуш ду "Лам санна чlогlа ву иза". Лаьмнаш чlогlачу тlулган ду. Мел уьш чlога делахь, а Iаламехь лелхаш, чухерцаш, духуш, аталуш ду. Иза хlунда хуьлу?
ХIинца зеран болх бийр бу вай. Уьнан коржам тle ши хьостам тухур бу, шай халла чекхдолучу барамехь юкъ юьтуш. Шай, цlергахь дох адина, цигаша чекхдаккха хьоьвсача, чекхдер дац. Амма иза шелдалийтича, чекхдер ду. Цо гойту, чlогlа xlумa а йохйича, еста, шелйича, хеба, хи а, хlаваъ а санна.
Тlулг а чlогlа xlумa ю. Iаламехь малх хьажначу довхачу деношкахь тlулган лаьмнаш, даккъаш дохло, буьйсанашкахь шелло. Цундела уьш цкъа деста, тlaккxa хеба. Цу тle цхьайолчу меттигашкахь уьш чlогlа дохло, кхин йолчу меттигашкахь кlезиг дохло. Цундела церан дестар, хебар цхьана барамехь дац. Изза бахьана долуш лаьмнаш лелха, Klopra херонаш а кхоллалуш. Цигаша хи чуоьхуш, и херонаш юзу. Iай оцу хих ша бо. Шано шен боккхачу ницкъаца херонан 6ердаш дlай-схьай тyьтry. Ламанан яккхий тlулган чхараш, кеглуш, охьа чукерча.
Лаьмнаш лилхинчу метте мохо гlаш а, чан а, диттийн хlуш а кхоьхьу. Цигахь 6ецан хелигаш а, дечиган кондарш а, дитrаш а кхуьу. Оцу дечиган орамаш тIулг иккхинчу метrехула дlа охьадоьлху. Оцу орамаша кхин а дlай-схьай тyьттy лилхинчу меттигийн агIонаш. Даиманна иза хьал лаьтrа тlулган лаьмнашкахь. Цундела лелха, херца, атало ламанан чхараш. Бlеннаш, эзарнаш шераш дlаоьху. Даккхийчу лаьмнийн когашкахь Iаьа даккхийчу а, кегийчу а тlулгийн 6аьрзнаш.
Догlа догlуш, яккхий йочанаш хилча а, ло дешча, а охьахьовдучу хин Iовраша и тlулгаш шайца охьаидадо. Хиша гена охьахьо уьш керча а деш. И тlулгаш вовшах хьекхалуш шарло, царех rlyм а, сацкъар а хуьлу.
Хьажал хьайна хаьийла
1. Xlун хуьлу чlогlачу xlyмaннa йохйича а, шелйича а?
2. Тlулг цкъа бохлуш, тlaккxa шеллуш хийцамаш хилча, экха хlунда эккха?
3. Тlулгаш лелхарехь хино xlун дакъа лоцу, цо xlун до?
Дитташа тlулг эккхийтарна xlун до? Лаьмнаш духуш, тlулгаш аталyш, царех xlyн хуьлу?
Iаламехъ ламанан даккъаш, тlулгаш лелха, атало меллаша,амма массо а хенахъ.
Иза хуълу цуънца йовхо, шело хийцалуш хил ар бахъна долym, хино а, диттийн орамаша а ницкъ тle а луш.
ТIедиллар
Дийца, Iаламехъ муха хуълуш ду тlулгаш лелхар?
Кхин дlа йолчу урокехъ шуна хуур ду лаъттан тlоъхларчу чкъурах дерг. Цкъа хъалха дагадаийта, шун кертара латта муха ду. Семса ду я саз ду, т1уьна ду, я декъа ду? Дlаюъйш йолчу xlумaннa xlун оъшу?
ЛАРДЕЛАШ ЛАТТА
Лаьттан тlоьхуларчу чкъурах хьалайолу буц, дlаюьйш мел йолу xlyмa. Уьш хьала а йовлу, кхиа а кхуьу, уьш кхиийта, царна мел оьшу xlyмa, оцу лаьтган чкъураца хилар бахьана долуш.
Лаьттаца ерш.

1. Бекъа лаьтган бlал хи чу кхусар бу вай. Вайна гур ду xlaвaaн лоппаргаш хьаласийсаш. Лаьтгаца хlаваъ хилар ду иза.
2. Керла латта цlера тle лоцур ду вай. Лаьтга тlоьхула шийла ангали лаьцча, хьацар тухур ду. Цо гойту, лаьтгаца хи хилар.
3. Латта, дага герга даххалц цlара тlоьхула латтор ду вай, цунах кхагара хьожа яллалц, иза кlyp а оьхуш дага доладаллалц. Цо гойту оцу лаьттаца яхкарш хилар. И яхкарш хуьлу кхеллех а, бацах а лаьттах дlауьйш мел йолчу xlумaнax.
4. Латта дагор ду вай. И даьгча буха йиснарг хи чу тосур ю. Иза хих дlаэлалц кега а йина, жимма собар дича, хи буха юьжур ю. Оцу буха дижиначу чкъурана бухахь гlyм хир ю, тlоьхула сацкъаран тача хир ду. Цо гойту лаьтгаца гlyм а, сацкъар ахилар.
5. Лаьтгаца хилла хи луьтгур ду вай. Цунах цхьа жимма хин тlадамаш ангали тle Iaнop ду. И ангали цlар тle а лаьцна дохдича, хи Iaьнape доьрзур ду. Ткъа оцу ангали тlexь кlай тача дуьсур ду. Цо гойту лаьтгаца туьха хилар.
Оцу зеран белхаша вайна хоуьйту, лаьттаца хlаваъ, хи, яхкарш, гlyм, сацкъар, туьха хилар. Цул совнах, садолу хIумнаш а ю лаьттаца: микробаш, нlаьний, кхин йолу садолу хIумнаш, диттийн бецийн орамаш а ду.
БЕЦО, ДИТТАША, ХЬАЛА МЕЛ ЙОЛУЧУ СОЬНАЛЛАША ХIУН
Бецийн орамаша садоыIy лаьтгаца долчу хlавааца.
Оцу орамаша лаьтгаца долу хи хьала- узу. Оцу хица орамаша хьала худу цуьнца долу туьха а. Туьха, иза соьналлин а, муьлххачу дlайийначу xlумaнaн а кхача бу. И туьха доцуш соьналла кхуь ур яц. Вай зеран болх беш гучуделира лаьтгаца туьха кlезиг хилар. Иза дlаюьиш кхиош йолчу хlумнаша, хасстоьмаша хьалаэцча, лаьттаца ца дуьсуш кхачор дара. Иза кхача ца долийту яхкарша. Хьуна гиний, нахарца охана деш, б1ал карчабо, буц, къух, массо а соьналла кIела а йоьдуш. И соьналлаш яхкало. Цаьрца долу туьха юха а лаьттах дIаоь.
Яхкарш лаьттаца йолчу микробаша хаддаза сийсаш туьхе ерзайо. Яхкарш хьалайолучу хIуманийн, соьналлин кхача бу. И яхкарш лаьттаца алсам мел ю, ялта а, хасстоьмаш а хьекъа.
Лаьттаца йолчу садолчу хIуманаша лаьттан чкъурах Iуьргаш, хершнаш доху. Оцу Iуьргашкахула, хершнашкахула хи а, хIаваъ а кхочу лаьтте. Уьш лаьтто дIахуду, дIаоь. Иштта ду цара латта тодар, тодиначу лаьтта тIехь ялта а, хасстоьмаш а хьекъар.
МУХА КХОЛЛАЛО ЛАЬТТАН ТIОЬХУЛАРЧУ ЧКЪУРАХ КХАЧА
Вайна хууш ду, Iаламехь лаьмнаш, тIулгаш лелхаш, аталуш, царех жагIа а, гIум а хуьлуш хилар.
Цунах семса чкъор кхоллало, шеца кегий тIулгаш а, жагIа а, гIум а, сацкъар а болуш. Цаьрца кIезиг ю ялта хьекъо гIа-буц кхио кхачийн зирхаташ. Делахь а, цхьа соьналлаш ца кхуьуш ца дуьсу и семса чкъор. Оцу соьналлех юха а яхкарш хуьлу. Цо алсамдоху ялта хьекъа а, гIа-буц яла а оьшуш долу кхачийн зирхаташ. И соьналлаш яхкало, садолу хIумнаш, микробаш шайх латар бахьана долуш. Цу кеппара, даиманна, вуно меллаша, тlулгех, гlaмapx, сацкъарх кхоллало лаьттан тlоьхулара чкъор. Оцу лаьттан чкъураца дуккха асадолу хIумнаш хуьлу. Цара юха а латта тодарна гlo до. Iаламехь массо а xlyмa вовшашца дозуш ду.
Стен дохадо латта
Бlеннаш, эзарнаш шерашкахь кхоллалуш долу лаьттан тlоьхулара чкъор адамаша шаьш доха до атта а, сиха а, мехаш долчу меттехь мухалле а. Tlepa хьун хьаькхна дlаяьккхича, соьналлаш дlаяьхча, мохо а, хиша а идош дlахьо, шех xlумa хьалайолуш долу семса и лаьттан чкъор. Буха йисна екъа шера экъа юьш, ерзош xlyмa лело пайденна ца хуьлу. Дитташа, хьаннаша, гlaбецо тадо латта. Церан орамаша сацадой лаьтта иза, мохо а, хин Iовраша а дlа ца хьош. Цундела йоцчохь хьун йогlар чlогlа пайдехь ду.
Ойла е
1. Iалам дийна доцург а, дийна дерг а вай къастийра.
Дийна доцу Iалам дийна долчух муха уьйш ду? Лаьттан тlоьхулара чкъор Iамош, xIун билгалонаш гира хьуна?
2. Лаьттан тlоьхлара чкъор мел мехала ду адамашна?
З. Дитташ тlepa охьадоьжна гla дага ца деш дитар пайдехь xIунда ду?
Хьажал хьайна хаьийла
1. XIун хуьлу лаьттан тlоьхуларчу чкъураца?
2. Муха кхоллало цуьнца ялташ хьекъо оьшуш долу кхачанан зирхаташ?
З. Муха хуур ду лаьттан тlоьхуларчу чкъураца хlаваъ, хи, яхкарш, гlум, сацкъар, туьха хилар?
4. Xlун тайпа садолу хIумнаш ю лаьттан тlоьхларчу чкъураца?
5. Xlун дакъа лоцу цара латта тадеш?
6. Муха кхоллало лаьттан тlоьхулара чкъор?
7. Пайдехь хlунда ду хьун йогlар?
ХАА ЛУЪЧУННА
Василий Васильевич Докучаев
Латта лелорах лаьцна Iилма кхоьллина оьрсийн Iилманчас Василий Васильевич Докучаевс. Цо яздина латтанаш муха ду, уьш муха кхоладелла, латта муха дохадо.
Василий Васильевич Докучаев, дукха меттигашкахь хилла латта, муха ду хьоьжуш. Цо дукха а книгаш язийна латта лелорах лаьцна. Царех коьртаниг "Русский чернозем" аьлла ю. Иза дерриге а дуьненан Iилманчашна евзаш ю. Iаьржа латта ялта, хасстоьмаш хьекъо токхо йолуш ду. Цунах лаьцна ю и книга. Латта вайна рицкъ латтош ду. Цо вай кхобу.
В.В. Докучаевс яздо, латта муха лело деза. Цу тlехь ялта, xlун дича, муха хьекъа, иза муха лардан деза. Цо яздо, цхьана мeттexь дlаюьйш йолу xlyмa, хуьйцуш ен езар. И ца дича, латrа аз ло. Хьун дlаяккха мегар дац. Иза дlаяьккхича, хиш дакъало, лаьтrаца йолу тlуналла дlайолу. В.В. Докучаевс латта лелорах лаьцна язбина Iилманан белхаш юьртан бахам лелорехь доккха маьIнa долуш бу.

АКХАРОЙН, ОЛХАЗАРИЙН, ДИТТИЙН, БЕЦИЙН ДАХАРXloкxy декъехь шуна хуур ду:
-хlун тайпанаш ду акхаройн, олхазарийн, диттийн, бецийн;
-адамийн дахарехь цара xlун пайда ло;
-хlун кхерам бу царна тахана, уьш муха лардан деза;
ОРАМАТИЙН ТАЙПАНАШ
Олуш хезний хьуна, бlаьста яьлча, "аренаша сийна духар дуьйхина", олуш? Иза иштта дан а ду. Массо а меттехь аренаш, хьаннаш, бошмаш баьццара бос оьций дlаxIуьтту. Дитташа гla докху, доханна дежийлаш, цанаш, заза доккхий, куз тесча санна хазло. Бецаш Iамочу Iилманах "Ботаника" олу.
Билгал яхал суьрташ тlехь хьайна евзаш йолу бецаш. Цаьрца гайтина пхи тайпа дарбана бецаш: сагалбуц, хинбурч, муьжг, цицигацlога, бодсовсорг. Уьш вовшех тера яц. Цхьана тайпана ерш вовшах тера ю. Xlopa бецан дийна дегI ду. Уьш вовшех тера яцахь а, царех дукханнен меженаш иштта ю: орам, гlад, гla, заза, стом, хlуш.
Айхьа цIахь тидам бе:

1. Хьажа, xlун тайпа бецаш ю шун бешахь, кертахь?
2. Билгалдаккха цхьайолчийн гlад, гla, заза, етом. етом, боха а бай, цуьнан хlушка хьажа.
3.Яран бецан меженаш билгалъяха.
Орамаш муха ду хьажа, наггахь ерг бухаяккхий, я белаца ахкий.
Вайн махкахь вуно дукхадарбанан бецаш ю.
Къаьеттина дукха ю уьш лаьмнийн басешца а, шерачу аренийн цаналашлахь а. "Нана а, десте а" цlе йолу яр хин бердаш текхначохь хуьлу. Цицигацlога хин тогlешкахь тlуьначу меттехь хуьлу. Iаьмнашкахь, уьшлашкахь шач, къаж, эрз кхуь у. Заза доккхуш йолу бецаш а дукха ю. Церан етом а хуьлу, xly а хуьлу. Масала, цlазам, мангалкомар. Дукха бу хьуьнан акха стоьмаш: кхораш, хьаьмцаш, стеш, муьргаш, муьетаргаш, коканаш, элхьамачаш, хьаьреахьечаш, акха Iежаш, бlаьлланган бlараш, пепнаш. Вайн хьаннаш хаза а, беркате а ю.

Дукха тайпанаш ду дитийн а: наж, хьех, поп, мах, маъ, тaлл, къахк, къахьшто, гlaммaгI, дуушто, цlарз, цIуна, чайбал, муш, акхтарг, эльхьмач, бlаьлланг, муьрг. Царах цхьаерш гlишлош ян а, гlирсаш бан а пайдехь ю.
Хьажал хьайна хаьийла
1. Xlyн меженаш ю ярийн, дарбана бецийн?
2. Билгал яха хьайна евзаш йолу дарбана бецаш.
3. Хьажа, хьуьнчохь хьайна евзийла вай цlераш яьхна дечигаш?
ТIедиллар
1.Хьажа шайн бешахь xIун тайпа бецаш ю. Билгал яха церан меженаш. Хьажа, уьш вовшех тера ю, яц.
2. Царах лаций дийца хьайна хиънарг.
ДIаязде хьайн тептар тIe
Бецаш.
Кхин дlайолчу урокехь шуна хуур ду, xIум тайпа дийнаташ ду Iаламехь. Хьажал хьайна муьлха акхарой, олхазарш девза. XIун тайпа даьхни леладо цlахь адамаша? Зlакаран даьхни стенах олу? Хаьий хьуна, акхаройх, олхазарех лаьцна кицанаш?

ДИЙНАТИЙН ТАЙПАНАШ
Чохь садолчу массо а xlyмaнex дийнаташ олу: говр, етт, газа, котам, чlара, пхьид, полла, лаьхьа, хьоза, и.дI.кх. Дийнатех лаьцна долчу Iилманах "Зоологи" олу. Дийнатийн тайпанаш ду:
Сагалматаш - дукха когаш болуш а, кегий асадолу хlуманаш.

Чlерий - шайна тlехь пелагаш долуш ду.
Пхьидаш - хи чохь а, лаьттахь а ехаш йолу дийнаташ, тlepa чкъор дуткъа а, кlеда а долуш.
Текхаргаш - текхаш йолу дийнаташ, тlехь шера декъа чкъор а долуш: лаьхьий, моьлкъарчий, тlехь у долуш йолу уьнтlпхьидаш, крокодилаш.
Олхазарш - тlехь мас йолу диЙнаташ.
Даьхний, акхарой - тlехь тlapгla болу дийнаташ. Кхузахь вай массо а дийнатийн тайпа ца яьхна
билгал. Дийнаташ дукха ду, дийцина вер а воцуш. Делахь а вайн махкахь хуьлуш йолчехь цхьа ерш ю вай билгал йохурш.
Дийнаташ - даьхний кхин а шина декъе декъало: цlахь кхобу, караlамина даьхни а, акхарой ду.
Ойла ел
1. Цхьайолу дийнаташ даккхий ду, вуьш вуно кегийра ду. Билгал дахал уьш.
2. Йийца цlераш хи чохь хуьлчу дийнатийн, лаьттан букъ тlехь йолчийн, лаьттах йолчийн, дитташ тlехь хуьлучиин.
3. Цlераш яха муьлха олхазарш девза хьуна, xlун тайпа акхарой девза.
Дийнаташ тайп-тайпана ду. Царна юккъехь садолу хIумнаш а ю, чlерий а ду, лаьттаца а, хица а хуьлуш ерш а ю, текхаргаш а ю, акхарой а, олхазарш а ду.
ТIедиллар
Тидам бе:
1. Ia тlедеъча, акхарой муха хийцало.
2. Цlахь кхобучу доханна Iай xlун до.
3. Шайн цlера даьхни Iалашде хи амалош, хьалха докъар а дуьллуш.
4. Цlахь кхобучу доханна Iай xlун до.
Шайн цlера даьхни Iалашде хи амалош, хьалха докъар а дуьллуш.
ДIаядзе хьайн тептар тIe
Дийнаташ.
Кхин дlа хин йолчу урокехь вайна евзар ю бецийн къайленаш. Хуур ду адамашна, дийнаташна уьш ца хилча ца йолиЙла. Жоп ло, соьналлаша - бецо а, диттийн гlаша а хlаваъ муха цlандо?
ДИТТИЙН ГIА – БЕЦИЙН ДАХАР
Дитташ а, гlа-бецаш а дийначех лору. Цара садоь1у, кхача буу, уьш кхуь у, деба, яла але. Садеlар иштrа ду: цара шайн массо а меженашца хlаваэра схьаоьцу кислород, дакъалгаш а, орамашца лаьтrара хьаJIаузу хи. Ткъа оцу хица цунах дlаийна туьха ду. Дитrан, бецан гlодехула гlашка, орамаша хьалаузуш долу хи кхочу. Оцу гlаша хlаваэра схьаоьцу углекисли газ. И газ, хи вовшех а уьйш, цунах шекар а, крахмал а хуьлу. Дитrийн, rla-бецан кхача бу иза а. Хи, орамаша лаьтrара хьала а узуш, гlодехула гlашка кхочу, гlаша углекисли газ хlаваэра схьаоьцу и берриге а болх маьлхан серлонца бо. Цундела хууш ду адамаш а, кхин долу дийнаташ а, гlа-буц йоцуш, дахалург ца- хилар. Цхьана а адаме, цхьана а садолчу xlyмaHe а хих я углекисли газах, я шекарах, кхин долу кхачанан зирхаташ ца дало. Иза дало дитrашка а, rla-беце а. Ткъа и кхачанан зирхаташ адамашна а, кхин долчу дийнаташна а ца хилчи ца долуш ду. Кхин цхьа къайле а гучуяьлла Iилманчашна. Гlа-бецо а, болх беш, шеца кислород кхуллу. Цо иза хlаваэ дlахоьцу. Цундела хlавааца углекисли газ кlезиг ю, кислород дукха ду. Iилманчаша тоьшалла до, хьаннаш, гlа-бецаш ца хилча, хlаваэхь кислород хир дацара, аьлла. И кислород ца хилча, адамаш а, кхин долу дийнаташ а лаьттан букъ тlехь дахалур дацара, бохуш. Цундела вай чlогlа хама бан беза, лардан а деза и Iалам, хь уьн чуьра дитташ Tlepa бецан хелиг Tle кхаччалц. Цуьнан хьесап дан хууш волчо, и къайле евзаш волчо диттан цхьа синтар кагдийр дацара, кхоъмаза буц хьошур яцара. Вайн декхар ду йоцчохь, хьун йогlар, йолуш ерг - ларья, цlахь, кертахь стоьмийн дитт догlар, иза Iалашдар.
Хьажал хьайна хаьийла
1. Са муха доьIy дитто, гlа-бецо? Цо шена кхача муха латтабо?
2. Xlун болх бо диттан орамо, гlадо, гlаша?
3. Маьлхан серло йоцуш, хlунда ца мега дитташ, rla-бецаш?
4. Хьун а, гlа-буц а йоцуш, адамаш, кхин долу дийнаташ хI унда ца мега?
Маьлхан серлонгахь, диттийн бецийн гlаша хих, углекисли газах шекар, кхин долу кхачанан зирхаташ кхуллу. И кхачанан зирхаташ адамашна а, кхин долчу дийнаташна а оьшу. Гlа-бецо кислород ло. Массо а садолчу xlyмaннa ца хилча, ца долуш долу. Цундела Iалам лардар - адамийн дахар лардар ду. Церан могушалла Iалашъяр ду.
ТIедиллар
1.Тидам бе, муха хийцало диттийн, гlа-бецийн дахар гуьйре еъча, Iадоьлча, бlаьста йолуш? Xlун бахьана долуш хийцало церан дахар?
2.Гурахь шайн уьйтlахь, кертахь стоьмийн синтарш догIa, царна хи а тоха.
Кxин дIа йолчу урокехь шуна хуур ду дийнarийн дахар муха ду, , церан вовшашца дозуш хиларан зlенаш муха ю. Юха а дагадаийта, дийнаташна дахарехь xlyн оьша. Билгалдаха буц юуш долу дийнаташ. Девзий хьуна акхарой? Цара xIyн юу? Вовшех муха ларло уьш?
ДИЙНАТИЙН ДАХАР
Хьан хIун юу
Тайп-тайпанчу дийнаташа тайп-тайпана кхача буу.
Цхьадолу дийнаташ буц юуш ду. Цхьадерш садолу хIумнаш юуш ду. Цхьадолчу дийнаташа ижонна толлу. Царах акхарой олу. Массо а тайпа xlyмa юуш дийнаташ а ду.
Дийнатийн кхача бааран зIе
Дийнаташа гlа-буц юу я дийнаташ дуу. Цундела массо асадолу xlумa вовшашца дозуш ю кхачанан зlенашца. Масала, пхьагало динан чкъор дуу, пхьагал барзо юу. Кхачанан зlе иштта кхоллало: дитт-пхьагал-борз. Кхин цхьа масал. Дахко ялта дуу, дахка цициго буу, кхачанан зlе ишта кхоллало: ялта-дахка-цициг.
Кхачанан хьалхара зlе дитташний, гlа-бецаний тlepa йолало. Шолгlа зlе гlа-буц юучу дийнаташна тlepa йолало, хьалхарчух иза дlахlоттало. Кхоалгlа зlе - садолу хlумнаш юуш долчу дийнаташна а, акхарошна а тlepa йолало хьалхарчу шиннах дlахотталуш. Масала, алкханчано садолу хlумнаш юу, и алкханч аьрзуно юу. Кхачанан зlе ишта кхоллало: садолу xlумa – алкханча-аьрзу.

ТIедиллар
Дийца, вовшашца кхачанан зlе муха кхоллало: кla, дахка, аьрзу,борз, буц, газа, ча, моза, накхармоза.
Цхьана махкахь адамаша аьрзунаш, берзалой яйина хилла цара акхакотамаш, бецамеаш, пхьагалаш юу аьлла. Аьрзунаш а, берзалой а дlаяьлча, цкъа юьхьанца дебба дуккха а яьржина уьш. Tlaккxa цlеххьана дlаевлла. Адамаш, хиллачух ца кхеташ, цецдевлла. Тlаьхо хиъна царна. Берзалоший, аьрзунаший уьне, айпе ерг, едда кlелхьара яла rlopa доцуш ерг лоцуш хилла акха котам а, лекъ а, бецамеъ а. Берзалой, аьрзунаш яйина дlаяьхча, уьне, айпе йолчарех лазар ун даьржина елла уьш. Цо гойту аккхарой а пайдехь хилар.
ДИЙНАТИЙН АМАЛАШ
Цхьогалан шена ижо лаца аьтто хуьлу, бай-й ког бокхуш, таба хаарна, хIума дика хезаш хиларна, цергаш ира хиларна. Бухlанан даккхий бlаьргаш ду, буьйсанна са дика го, масс кlеда ю, ядар тата доцуш ду, мlараш ира ю. Цундела ижо лаца а, иза сацо а аьтту бу цуьнан. Ткъа оцу къизачу акхаройх кlелхьаръяла аьтто ло пхьагална чехка яда хаарна. Иза схьалаца тlаьхьаяьлла борз а, я цхьогал а тlаьхьа ца кхуьу цунна. Mocтaгlex лар яла аьтто бо цунна бос хийцабаларо: аьхка ша кхерстачу меттигех дlаоь цуьнан бос. Iай, лайх ца къаьсташ, кlайло. Моьлкъа зуьно цlога лаьцча, цlога каг а лой, и цlога зуьнехь а дуьсуш, бодий кlелхьара болу. Цуьнан цlога юха дахло. Цlоз баьццара бос болуш хиларо кlелхьарадоккху шен Mocтaгlex бос бацах дlауьйш хиларна. Делакотаман бос къеггина цlе бу, тlехь Iаьржа тlедарчий а долуш. Иза миччахьа охьахиъча а атта го. Иза, цхьана а xlумaннo ца юу, чам къаьхьа хиларна.
Ойла ел
1.Кхачанан зlе гla - беца тlepa хlунда йолало?
2.Xlун хир дара олхазарш дацахьара бошмашна а, хьаннашнаа
3.Xlун юу аьрзуно, гlиргlано?
4.Стенна оьшу экханна ира цергаш, само, таба хаар?

Хьажал хьайна хаьийла
1. Муьлхачу тайпанашка декъало дийнаташ, церан
дааре хьаьжжина?
2. Xlopa тайпанера билгалдаха хьайна девзачарех дийнаташ.
3. Дааршца зlе хотталурш билгалдахал хьайна девзачарех дийнаташ.
4. Муьлхха а тайпа акхарой лардан дезаш хlунда ду?
Масал даладе дийнаташ шаьш долчу меттигех дlатардаларан, хIун маьIнa ду?
Дийнаташ гlа-буц юуш а ду, садолу хlумнаш юуш а ду, жижиг дууш а ду, массо а тайпа xlумa юуш а ду. Дийнаташ гlа-буц яарца а, кхин болчу кхачанца а вовшашца зlе йогlуш ду. Адамаша муьлхха а дийнаташ хlаллакдича, цара оцу дийнаташна а, шайна а зен до.
ТIедиллар
1. Хьайн тидам ма хиллара схьадийца, дийнаташа
шаьш Iаьнна кечам муха бо.
2. Тидам бе, муьлхачу адийнатан дахар муха ду Iай а, аьхка а.
3. Хьажа, масала олхазарша дика xlун юу.
Кхин дlа йолчу урокехь вай Iaмop ду бецийн, гla-бецийн ярийн, диттийн, хас-стоьмийн, стоьмийн xly муха хуьлу и xly муха даьржа, дитт стенах, муха кхуьу. Садолчу хlуманаша xlун до. Вай и дийцале, дагалаца бешо заза доккхучу хенахь зазана тlехуьйшуш муьлха мозий тосаделла хьуна, цара xlун до? Ахьа айхьа кертахь стоьмийн дитт кхиадой? ДоьгIний ахьа цхьа а синтар?
МУХА ДУ ДИТТИЙН, ГIА-БЕЦИЙН КХИАР, ЦЕРАН ДАРЖАР, ДЕБАР
Садолу хIумнаш а, цара xlyp тохар а.
Бецийн а, бошмийн а зазанашна тIe хуьйшуш накхармозий, зlугарчий, полларчий гина вайна. Цара оцу зазанийн мерза мутт схьаоьцу. Дургал олу цунах. Iилманчаша зеран болх бина: хьорматан ши га къастийна, цхьана барамехь чlениг йолуш. Цу шиннах цхьана гана гондахьа хин киса хьарчийна, накхармоза тlекхачалур боцуш. Важа га хецна дитина. Шина а гена тlехь зазадаьккхина. Хецна дитинчу га тlехь 33 хьормат латийна. Накхармозий тle ца кхаьчначу га тlехь цхьа а ца латийна. Накхар мозаша шаьш дажарал совнах, боккха пайдабо стоьмийн дитташна тlехь стом латийта. Цара зазан тlepa зазан xlyp туху.
Xlун ду и xlyp тохар?
Зазанца мерза мутт хилла ца Ia. Цуьнца зирхаташ ду-вуно кегий можа буьртигаш. Накхармоза зазанна тle хиинчу хенахь, чо болчу цуьнан дегlах лета и зирхаташ. И накхармоза зазан тlepa - зазан тle хуьйшуш, и зирхаташ вукху зазанийн зирхатех дlаоь. Цунах олу xlyp тохар. Оцу xlyp тоьхначу зазанах етом кхуьу. И xlyp тоьхна доцчу зазанах етом ца кхуь у. Накхармозий а, зlугарчий а, полларчий а зазана xlyp тухуш ду. Цара гlодо етом кхиош а, стоьмийн бошмаш дебош а.
ХIУ ДАРЖАР
Мохо а, хино а, дийнаташа а, адамаша а даржадо бецийн, стоьмийн xly. Масала, хин берда йистошца, хьун йолчу меттехь акха Iаж а, хьунан кхор а, кхин болу стоьмаш а хуьлу. И стоьмаш хилча, хи чу оьгу. Хино гена охьахьо уьш. Тулгlеша берда йисте тосу уьш.

Цигахь, Iежан xIy доьжначохь Iожан синтар долу, кхоран xIy доьжначохь, кхуран синтар долу. Уьш хьала кхуьу.
БаI адамийн бедарх лета, уьетагIийн тIapгIaнax а, бежанах алета. Царна тIepa и баI охьабоьжначохь, цуьнан xIyx Iаьа болу. Цуьнан бухара орам - Iаьа баа мегаш бу. Цуьнан хьалаяьллачу яран гIодах буьйда долчу хенах "IуьIургъ" олу. И гIад къанделча, буьххьехь латабо и баI. Ишшта даьржа бижабоIан xIy а. БежаIуьнан - баппа. Хьалха можа зезаг хуьлу цуьнан. Оцу зезаган гIад хара хуьлу. ХIуш кхиъча, горга лоппарг санна дIахIутту иза. ХIуп аьлча а, жимма мох баьлча, а мохо дIахьо цуьнан хIуш. XIy тepa дIа буткъа хьаеа-гIад ду, цуьнан йоьхьехь четар а долуш. Оцу четаро вуно гена дIахьо цуьнан цхьацца xIy.
XIyx xIумa хьала муха йолу
Вай хьалха ма диццара, xIyx зIийдиг хьала ялийта, иза кхиийта, йовхо, хи, хIаваъ оьшу. XIун буьртиг лаьттах боьллича, хьалха орам хоьцу цо, тIaккxa зIийдиг йолу, дун тIаьхьа rIa долу, гIад кхуьу, тIaккxa зазадокху, зазанах стом кхуьу, стоьма чохь х1уш хуьлу.
Билгал даккха деза.
Ойла ел
1. Муьлххачу бецан гIад, заза, цуьнан хIуду?
2. XIун башхаллаш йовза, церан даржар муха ду, хьажа.

3. Бlаьста бешо зазадаьккхинчу хенахь, накхарш беша кlел ара хlунда доху?
Хьажа хьайна хаьийла
1. Зазанийн xlyp тохар муха хуьлу? Xlyp тоьхначу зазанах xlyн кхуьу?
2. Стоьмийн а, бецийн а xly муха даьржа?
3. Xly хьаладалийта а, синтар кхиийта а xlyн оьшу?
Дукхах долу ораматаш xIyцa даьржаш а, xIyx кхуьуш а ду. Стом латабо xlyp кхеттачу зазанах. Xly даржадо мохо, хе, дийнаташа, адамаша.
ТIедиллар
1. Тидам бе, бlаьста стоьмийн дитташа заза даьккхича.
Хьайна зеделлачух лаций берашна дийца.
Кхин дlа йолчу урокехь вай дуьцур ду акхарой, олхазарш, сагалматаш, чlерий муха деба. Дагадаийта, тидам биний ахьа, чlегlардиго шайн paгly кlелахь бен беш, цо шен кIорнешна яахlума тlекхоьхьуш? Цо муха Iалашйо уьш?
САГАЛМАТИЙН ДЕБАРПолла муха хуьлу, муха деба дуьйцур ду вай. Масала, ниттаца кхуьуш болу полла. Цо ниттан гla тle зирх тосу. Оцу зирхах кхоьбарчий хуьлу. Xlopa кхоьбан чуьра денлой нlаьна ара- болу, полланах тера а боцуш. Цо ниттан гla дуу, сиха кхуьу иза. Цо шена гондахьа чкъор дуьллу. Цхьа кlеззиг хан яьлча, и чкъор доха а дой, чуьра полла араболу. Вукху массо а кхоьбарчех а иштrа хуьлу полларчий. Массо а сагалматийн ца хуьлу кхоьбарчий. Цхьаерш тесначу зирхах хьалакхуьу.
ЧIерий а, лаьттаций, хиций хуьлуш йолу дийнаташ а, текхаргаш а дебар
Бlаьста яьлча, стен чlеро хи чу Iов тосу. Оцу lаьвнан буьртигех чlеракlорнеш денло, боккхачу чlерах тера а йолуш. Уьш кхуьу.
Бlаьста яьлча, вайна хеза уьшлашкахь, lаьмнашкахь пхьидаш екаш. Цу хенахь стечу пхьидаша хи чу Iов тосу. Масех де даьлча, оцу laвнaн буьртигех, сесий санна хlумнаш хуьлу, кортий цlогий долуш. Уьш хи чохь яжа а ежаш, хьалакхуьу. Анда евлича, пхьидаш хуьлу царех. Пхьидаш хи чохь а, лаьттахь а еха. Даиманна хи чохь ехаш а ю цхьайолу пхьидаш.
Стечу моьлкъарчаший, лехьанаший, уьнтlе пхьидаший хlоаш до. Оцу хlоаш чуьра денло моьлкъан кIорнеш, лаьхьан кIорнеш, уьнтlе пхьидан кIорнеш. Уьш, онда ма евлли, вуьш санна дlалела.
ОЛХАЗАРИЙН ДЕБАР
Массо а олхазарша бlаьста баннаш до. Оцу баннаш чохь хlоаш а дой, тойна ховшу уьш. Шайн догIмашца хlоаш дохдо цара. Масала, бедан кIорнеш xloa чуьра схьа ма евлли, нанна тlаьхьа а хlуттий, юьйлало. Шайн нанна санна нека дан а хаа царна. XIoa чуьра схьайовлуш дуьйна адо хуьлу царна тlехь. Шаьш тlахаьлла а хуьлу уьш.
Цхьадолчу олхазарийн кIорнеш, тlехь мас йоцуш, ерзина хуьлу. Уьш, наноша яа хlума тle акхоьхьуш, кхаба езаш хуьлу. Нанас а, дас а кхобу уьш. Масала, стечу а боьршачу а, алкханчан шайн кIорнеш юзо xIop дийнахь 30-33-зза тIеяхьа xIумa. Цара кIорнеш юзо кхоьхуш ерш, ялташна зе деш йолу сагалматаш ю. БIаьсте чекхйолуш, аьхке юлуш,
кIорнеша, хьала а кхуьий, баннаш дIатосу. TIe месаш евллехь а, тIемашца йовдар ледара хуьлу церан. Шаьш яжа Iамаза хуьлу. Цундела дайший, наноший Iалаш йо уьш, жIалех а, цицигах а, кхин долчу акхаройх а лар а йо.

АКХАРОЙН ДЕБАР
Акхароша кIорнеш йо. Якхош, тура яош кхобу цара уьш. Ia юккъе даханчу хенахь шен хари чохь ехка ча. Ши кIорни йо чано. Кегийра хуьлу цуьнан кIорнеш. БIаьста яьлча, шайн нанна тIаьхьара дIа ца йовлу уьш. Нанас лар йо шен ши кIорни. ЯахIума лаха Iамайо цо и шиъ. Дукхах долчу акхароша бIаьста йо кIорнеш. Цхьогалан кIорнеш шайн лаьттах даьккхинчу ор чохь Ia. Тарсалан кIорнеш диттан хари чохь Ia. Диттан хари чохь бо тарсало бен. Цхьогалан а, тарсалан а кIорнеш, ян ма йинехь, са ца гуш, бlаьрзе хуьлу. Пхьагалан кIорнеш йинчу дийнахь дуьйна сагуш а, йолалуш а хуьлу.
Массо а экхано лар а йо, Iалаш а йо шайн кIорнеш.
Ойла ел
1. Акхарой, олхазарш муха деба? Муха Iалашйо цара
шайн кIорнеш?
2. Бlаьста акхарошна таллар бехкам бина хlунда ду?
Хьажал хьайна хаьийла
1. Хи чохь чlерий муха кхуьу?
2. Керла xlун Iемина хьуна олхазарийн дебарх? Xlун башхо йолуш ду акхаройн дебар а, олхазарийн дебар а?
Онда йовлале, муха Iалашйо цара шайн кIорнеш?
Акхароша кIорнеш йо, уьш, ешшехь, дийна а хуьлу. Кхечу дийнаташа хlоаш до, я Iов тосу. Олхазарша, тойна а ховший, хlоаш луьйсуш, доху кIорнеш.

Сагалматаша зирх тосу, царах кхоьбарчий хуьлу, юха уьш денло, вукхаьрга нисло. Чlеран Iаьвнах - Iоьвнан буьртиг денлушшехь, чlеран кIорни хуьлу. Пхьидан Iаьвнах денъелларш сесанах тера хуьлу. Онда евлича, пхьидаш хуьлу царах.
ТIедиллар
1. Дlаязде хьайн тептар тle керла хьайна евзинчу акхаройн цlераш.
2. Хьайна уггаре а дукха дезачу экханах лаций цхьа дийцар язда хьажа.
3. Шайн уьйтlахь, кертахь муьлха олхазарш хуьлу хьажа: кхокха, хьоза, хlуьрцlаьлдиг. Тергал де, муха ду церан дахар, муха ю церан амалаш.
