 |
Опрос |
 |
 |
| Какая тематика Вам наиболее интересна? |
|
 |
 |
 |
 |
|
|
 |
Ойланийн некъаш Эдильсултанов Лом Вахаевич |
 |
 |
«Ца лаьа суна»
Лелориг х1ун ду-те,
Боьхачу наха,
Дагчуьра бойуш синкъерам?
Кху т1еман къизалло
Ца вуьту ваха,
Вайн йоцу кхане — бу кхерам
Дог дилла дуьненах
Ца лаьа суна,
Къаналла герга а лоьцуш.
Балане ойланаш
Бехке ю цунна,
Хиллера цара лаг лоцуш.
Дог дилла безамах
Ца лаьа суна,
Евзашехь безаман ч1аг1о.
Хастаман довха дош
Лоьху ас хьуна,
Бохбайта хьан деган aгlo.
Дог дилла доттаг1чух
Ца лаьа суна,
Хуъушехь тешаме вуйла.
Замано кховдийнарг
Д1агайта цунна,
Цу Дала со векал войла.
Дог дилла Даймахках
Ца лаьа суна,
Схьаоьцуш 1ожаллин амат.
Дахаре кхийдачо
Дог ойу хьуна,
Цунах ахь ма леха г1алат.
Хилларг ган теш воцуш
Висинчу меттехь,
Даймахке хьожу сан ойла.
Г1аролехь лаьттачохь
К1ентан дог сеццехь,
Цу Дала и декъал войла.
Б1ешераш ас луьйсу
Ойланийн к1арахь,
Со цера лар эцна воьду.
Шайн ц1ийца вайн дайша
Маршонан арахь
Лехначу некъах со хьоьгу.
Дог дилла диканах
Ца лаьа суна,
Дикано латтадо дахар.
Машаре т1ам хоьцуш,
Йог1ур ю хьуна,
Вайн махкахь
Парг1ате зама!
|
 |
 |
|
 |
 |
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
|
 |
 |
Информация |
 |
 |
 |
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости. |
 |
 |
 |
 |
|