 |
«Х1ун ду-те?»Х1ун ду-те замано лелорг,
Де-дийно сан дахар хуьйцуш?
Ца хуьлу дахарехь хетарг,
Леларах хьо цуьнца къуьйсуш.
Ойланца луьсту ас зама,
1аматан аг1онаш санна,
Ца к1ордош, къийсамехь ваха,
Дагахь ду массо а ханна.
Парг1ата сайн махкахь ваха,
Езнера суна сайн маршо,
Ойланца боьхачу наха,
Х1аллакйи маршонан марзо.
1аьржачу ницкъашца къуьйсуш,
Сан ойла, хьо хьийза б1аьрза.
Ойланца боьха верг хуьйцуш,
Хилийта вайн дахар мерза.
Кханенан верас а хилла,
Лоьху ас маршонан некъаш.
Къийсамехь денделла илли,
Хезаш ду сан дагчохь декаш. |
 |